Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу 1алайкум тхан лераме бусулба ваша!

Бокс хьарам йу бог1уш хезнера суна, хьарам йуй иза?

боксе лела мегар дуй? бусулба дино х1у бог1у цунах лаьцна?

Дала диканца бекхам бойла хьуна.

Вассаламу 1алайкум!

 

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Бусалба дино дика лоруш ду, бусалба стеган дегI могаш латтош, иза туодеш, бусалба стагана ницкъ луш долу гIуллакхаш. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Ницкъ болу бусалба стаг (АллахIах тешаш верг) АллахIана гергахь дика а, алсам везаш а ву гIийла бусалба стагал а, цаьршинца шиннеца а дикалла а ю».[1] Бусалба стаг ницкъ болуш хуьлуьйтуш долу бахьанаш лелор а дика лоруш ду бусалба дино, дика лерина ца Iаш цхьайолчу хенахь цхьадолу бахьанаш лелор парз дина тIедохкуш а ду, масала тIамна кечам барна юкъадогIуш долу дерриге бахьанаш лелор парз ду бусалба нахана тIехь.

Оцу бахьанашна юкъадогIу спорт лелор а. Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – волчу хенахь а бусалба нахана девзаш, цара лелош хилла спортан цхьадолу дакъош, масала ондалла къовсуш латар, говраш хахкар, нийсалла Iад тохар, сихалла къовсуш вадар, иштта кхидIа а.

Ткъа бокс – тахана массарна а евзаш, спорт юкъара латаран дакъанех цхьа дакъа ду. Суна хаарехь, бокс шина декъе екъало:

- Говзанчаллийна лелон бокс (оьрсийн маттара – профессиональный бокс);

- Безамаллийна лелон бокс (оьрсийн маттара – любительский бокс).

Цаьршинан хIоранне а бусалба динехь шен хьукм ду.

1 – Говзанчаллийна лелон бокс бусалба динехь хьарам ю. ХIунда ю иза хьарам? Цу боксехь хуьлуш-лелош долу зенаш бахьанехь ю.

Уггар хьалха, цу боксехь уггар дика лоруш лаьтта вожош буй тохар, шена доьхьал леташ верг мелла чIогIа лазор, шен ницкъ ма-ббу чIогIа шена доьхьал летачунна тохар. ЧIогIа мел туьйхи а даржаш совдоху оцу боксана кхиэл ечара. Леташ верг лаза чIогIа мел ви хазахета хьовсуш болчарна, уьш баккхийбе цуьнан корта галбаьлча, иза лазийна лаьтта охьавоьжча. Доцца аьлча, шен ма-хуьллу чIогIа лазо а, зен дан а дезаш оцу боксехь леташ волчо, ткъа иза бусалба дино хьарам дина ду. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Стага ша шена зен дар а, кхечунна зен дар а мегаш дац».[2]

ШолгIа агIор, юьхь тIе тохар уггар дика а, уггар лараме а, даржашкахь уггар алсам а лоруш ду цигахь. Юьхь тIе тоьхнарг бен уггар дика тоьхна лоруш яц оцу боксехь. Ткъа, юьхь тIе тохар бусалба дино хьарам дина ду. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шух цхьамма шен вешина тухуш хилахь, юьхь тIе тохарх ларлойла иза».[3] Кхечу хьадисехь: «…юьхь тIе ма тухийла цо» - аьлла а ду. Зина дина хиллачу цхьана зудчунна тIулгаш тухучу хенахь, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тухучаьрга аьлла: «…верлаш, юьхь тIе ма тохалаш».[4] Оцу хьадисехь – «шен вешина тухуш хилахь» - бохург, цхьаъ хьайх лата волавелча айхьа доьхьало ечу хенахь а, Дала хIоттийна таIзар чекхдоккхучу хенахь а, керста-наха доьхьал ДжихIад дечу хенахь а юьхь тIе ма тухийла ахь бохург ду.[5] Ткъа, бусалба динехь вен везарг вуьйчу хенахь а – зина динарг вуьйш а, гIазотехь керста стаг вуьйш а – юьхь тIе тохар хьарам хилча, вуьшта болчу нахана тоха ца магар кхин а хьалха ду.[6]

КхоалгIа агIор, цу боксехь леташ болчеран могшаллийна дукха зен хуьлу, царна тайп-тайпана лазарш хуьлу, масала цкъа а дарба ца далучу кепара коьртан тIум галйолу (сотрясение мозга), бIаьрса дов, меженаш кегйо, цхьадолчу хьолашкахь стаг вала а ле. Масала, 1945 – 1983 шераш юкъахь кхо бIе шовзткъе-итт (350) боксахо велла бах, цунах хилла зенаш бахьана долуш.[7]  Ткъа ша шен могшалла галйаккхар а, ша шена зен дар а бусалба дино хьарам дина. Лекха хинволчу АллахIа аьлла Къуръан тIехь: {Аш ма кхисса шаьш хIаллакьхиларга шайн куьйга}.[8] Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Стага ша шена зен дар а, кхечунна зен дар а мегаш дац».

ДоьалгIа агIор, Iелам-наха билгалдина ду, цхьана стага ша ве аьлла кхечунна пурба делча, иза вен мегаш ца хилар, цо иза вийча цунна догIуш долу таIзар дан дезаш хилар. Иштта ду кхузахь а, леташ волу шиъ вовший зенаш дан реза велахь а мегаш дац цаьршинна зен дар.

Цундела, оцу боксаца и массо вон агIонаш йолу дела, бусалба дино хьарам йо иза. Иза хьарам хилар тIехь барт хилла Бусалба ФикъхIан Цхьанакхетаман Мажлиса а, цара сацам бина иза бусалба динехь хьарам хилар.

 

2 – Безамаллийна лелон бокс. ХIокху кепара йолчу боксехь, лакхахь вай дийцина долу цхьадолу даккхий вонаш а, зенаш а дац бах, уьш а доцуш Iама таро ю бах. Цундела, шена а, кхечунна а зен хир доцучу кепара хIара бокс лелалур елахь, мегар ю хIара, амма нагахь санна шардарш (тренировкаш) дечу хенахь вовший зен дийр долчу агIор дийр делахь мегар яц, хьарам хир ю.

Амма боксе лелар – лела а, Iамо а мегар ду, шиъ вовшах леташ санна шардарш дечу хенахь юьхьах тохарх а, чIогIа лазочу агIор тохарх а ларлур велахь. Нагахь санна ларвалалур вацахь и шардарш дан мегар дац, кхидерг дан мегар ду. Ткъа, суна схьахетарехь, цхьаьнца лета ца летча а тоъал Iама мега иза, латарца доцу кхидолу шардарш даим деш хилча.

 

Дика хуург АллахI ву!

 

 

 


 


[1] Муслим.

[2] Ибн МаджахI, Ахьмад, Хьаким. Ибн Ас-Солахьа дика хьадис лерина иза. Цуьнан маьIни тIехь барт хилла бу массо бусалба нехан.

[3] Бухари, Муслим.

[4] Абу Давуд, Насáий.

[5] «ТIорхьут-Тасрúб», 8/177, Имам Ал-Iирóкъий; «Субулус-Салáм». 7/161, Имам Ас-СонIáний.

[6] «Фатхьул-Бáрú», 8/31, Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъолáний.

[7] Мухьаммад Солихь Ал-Мунаджжида боксах лаьцна деллачу фатва тIехь даладо и терахь.

[8] Сурат «Ал-Бакъарат» 195 айат.