|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Вайн цхьа бусалба йиша ю хоьттуш: Мáлик цIе тилла мегар дуй берана, йа Iабдул-Мáлик цIе йолчу берана Мáлик аьлла цIе яккха мегар дуй бохуш. Дала диканца бекхам бойла.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Мегар ду. Шейх Бакр Абу Зайда (Дала къинхетам бойла цунах), берана цIе тилларх лаьцна яздинчу жайни тIехь масалш далийна тахка мегар йолчу цIерашна, царна юкъахь ю Ма́лик аьлла йолу цIе.[1] Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 23.11.2010 = 1431-12-17
| КхидIа |