Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Беллачарна дийна берш хезий? Царна дийначара дийриг-лелориг хаьий?

 

АIузу биллахIи минашшайтIониррожим. БисмиллахIиррохьманиррохьим.

 

Беллачарна дийна болчара деш-лелош дерг хаа а хаьа, беллачарна дийна болчара шайга олуш дерг хаза а хеза. Царна иштта хууш хилар а, хезаш хилар а довзуьйтуш даьхкина дуккха а хьадисаш ду. Церах цхьадерш хIорш ду:

 

 · Бадрехь тIом хиллачул тIаьхьа, цигахь байъина хиллачу мушрикашка Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хIоранне а цIе а йоккхуш кхайкха а кхайкхина, аьлла хилла: «Шайн Дала шуна кечдина хилларг бакъ дуй хиин шуна? Бакъдолуш суна хии сайн Дала суна кечдина хилларг бакъ дуй». ТIаккха Iумара – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Декъий хилла дIабевллачу нахе къамел деш ву хьо?» Цо жоп дела тIаккха: «Бакъонца со ваайтина волчуьнца дуй буу ас, царначул гIолий ма ца хеза шуна хIинца ас бохург, делахь а жоп ца далало цаьрга».

ХIара хьадис Бухарис а, Муслима а дийцина. Муслима а, Ибн МардавайхIис а дийцинчу уьзза хьадисехь деана ду, Iумара – Дела реза хуьлда цунна – иштта аьлла хиллера аьлла: «ХIай Делан Элча! Кхо де даьллачул тIаьхьа а къамел до ахь цаьрга, йа царна хеза ткъа? АллахIа бах: {… ткъа хьоьга хазайталур дац беллачаьрга}. ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Сайн са Шен керахь долчуьнца дуй буу ас, церал кхин чIогIа хезаш ма дац шу! Делахь а жоп ца далало цаьрга».

 

· Насаийс а, Ибн Маджас а дийцина, кешнашка вахча дан деза доIа дуьйцу хьадис, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – иштта доIа де элира аьлла: «Делера маршалла хуьлда шуна, хIокху хIусамийн охIлу, АллахIах тешаш хиллачарах берш а, бусалба хиллачарах берш а. Дала мукъалахь, тхо а шух дIакхетар долуш ду. Дала вайх хьалхабоьвллачарна а, тIаьхьа богIур болчарна а гечдойла. Ас Деле тхайна а, шуна а къинхетам боьху». И доIа вайна ма-гарра беллачаьрга вист хуьлуш деш доIа ду.

 

· Муслима дийцинчу хьадисехь, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Бакъдолуш, веллачу стагана  Iазап хуьлу цуьнан охIлу цунна тIаьхьа делхарца». Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – бах, оцу хьадисан маьIна деш: «Шен охIлу шена тIаьхьа доьлхуш цунна хеза дела Iазап хуьлу цунна, хало хуьлу цунна и бахьана долуш».

 

· Имам Муслима дийцинчу хьадисехь деана ду, велларг дIавоьллинчул тIаьхьа, адамаш цунна уллора дIадоьлхучу хенахь, цунна церан когийн болар хеза аьлла.

 

· Имам Ибнул-Къаййима дийцина «Ар-Рухь» жайни тIехь, Имам Ибн  Iабдил-Барра – Дала къинхетам бойла цаьршиннах – аьлларг: «Билгал девзаш деана ду Пайхамарера схьа – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цо аьлларг: «Цхьа бусалба стаг шена дуьненахь вевзаш хиллачу шен бусалба вешин каш уллех волучу хенахь цо цуьнга салам лахь – Дала цу веллачуьнан са цунна чу юха дерзор ду, цуьнга цуьнан саламна жоп далийта».

 

Уьш доцурш а кхин а дуккха хьадисаш а ду, асхьабийн дешнаш а ду,  Iелам-нехан дешнаш а ду и маь Iна довзуьйтуш.

 

Иза девзинчул тIаьхьа… Къуръан тIехь ши айат ду, беллачарна хезаш ца хилар гойтуш. Цаьршиннах цхьаъ «Ар-Рум» сурат тIера 52 айат ду, Дала Пайхамарга олуш: {… ткъа хьоьга хазайталур дац беллачаьрга}. ШолгIа айат «ФатIир» сурат тIера 22 айат ду, юха а Дала Пайхамарга олуш: {…кешнаш чохь болчаьрга хазайталур долуш а вац хьо}.

Доьххьара дIа хьаьжча оцу айатийн маьIна – беллачарна хезийла дац бохург санна хуьлу, амма цаьршинан нийса маьIна – керста нахе, мушрикашка айхьа дуьйцург къобал дайталур дац хьоьга бохург ду, уьш белла нах санна болу дела, Дала уьш беллачу нахах тера лерина дела. Оцу айатийн иштта и маьIна ду аьлла  Iелам-наха, масала Имам Ибн Таймиййас а, Имам КъуртIубийс а, Имам Ибн Касира а, Имам СуйутIийс а – Дала къинхетам бойла церах –. Оцу айатийн и маьIна хилар билггал гойту вайна вай доьххьара дийцинчу хьадисехь, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шега  Iумара цу шина айатах цхьаннах лаьцна шега хаьттича, цо деллачу жоьпо.

 

Амма  Iаишас – Дела реза хуьлда цунна – беллачарна ца хеза аьлла маьIна долуш аьлла долу дешнаш – цхьаболчу  Iелам-наха цуьнан маьIна оцу айатийн маьIна санна ду аьлла, вуьшта аьлча: «царна пайда бийр болчу хазарца ца хеза царна, Делах тешар къобал дойтуш долчу хазарца ца хеза царна, делахь а хаа-м хаьа царна шайна хилларг». Иза мухха делахь а,  билггал долчу Пайхамаран хьадисашкахь вайна гуш дерг беллачарна хезаш хилар ду, цундела вай хьалха даккха дезаш дерг Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дешнаш ду.

 

ТIаьххьара, хIара дIадерзош билгалдаккха деза цхьа хIума: схьагарехь, хIара хаттар даран бахьана беллачаьргара Делера санна орцу дехар ду, цаьргара Делера санна гIо дехар ду. Дийна болчара дуьйцург беллачарна хезаш хилар тешалла а дац, йа бахьана а дац Деле санна цаьргара гIо-орцу лахарна, муххале а иза мегаш дац, даккхийчу къинойх цхьаъ ду, Дала лардойла вай Шеца гIоьнчий лецарх.

 

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!