|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! ХIора Iуьйранна, суьйранна азкараш доьшуш хилча, бозбунчалла а, шайтIанашка а (аIузубиллахI) хIумма далур дуй?
Жоп: БисмиллахIир-рохьманир-рохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Цхьаъа шеко йоцуш, Суннатехь даьхкина долу азкараш дешар бозбунчаллех а, шайтIанех а, хьагI лацарх а, бIаьрг хиларх а, иштта кхидолчу дуккха а вонех ларвеш долчу бахьанех цхьа бахьана ду, доккха бахьана а ду. Вонах ларвен бахьана хиларал совнаха, и азкараш дешар вуно чIогIа мелехь хIума ду, дагардина ца валлал. Ша́ АллахI-Далла бен хуийла доцуш дукха ял хуьлуш хIума ду иза. Бакъду, азкараш дешар цхьаъа шеко йоцуш вочух ларвен хIума делахь а, цхьайолчу хенахь уьш дешна хилча а цамгар кхета тарло. Азкараш дешна хилча муха кхетар ю иза аьлча – цуьнан шен бахьанаш ду. Цу бахьанех ду, масала:[1] - АллахIана Шен лай зе́н лаар, масала иза собаре хуьлу йа ца хуьлу хьожуш. АллахIана Шен цхьа лай зе́н лиъча, Цо иза зуьйр ву, лайно мел дукха бахьанаш лелийнехь а. Делахь а, иза иштта хир дара аьлла бахьанаш ца лелор Iаддитар нийса дац, хIунда аьлча бахьанаш лелор вайна тIедожийна декхар ду; - АллахIа Шен лай и бала баларца даржехь совваккхар, йа цуьнан къиношна цо и бала ла́р бахьана долуш гечдар; - азкараш доьшучо уьш шен цхьана маттаца бен ца дешар, дог-ойла ша́ доьшучуьнца а йоцуш; - азкараш доьшург ша́ доьшучунах а, цуьнан маьIнех а билггал тешаш ца хилар; - азкараш дешначул тIаьхьа сов чIогIа халахетар хилар, йа чIогIа оьгIаз вахар. ОьгIаз вахар шайтIанера ду, цундела, азкарашца хIоттийна долу лардар цо гIелдо. Азкараш дешначул тIаьхьа а иштта и хIуманаш бахьана долуш цамгар кхетар нисдала йиш йолуш ду, делахь а хаа деза, уьш дешначул тIаьхьа кхетар йолчу цамгаран зен уьш дешаза хилча санна хир дац, мелхо а уьш дешна хилча дуккха а кIеззиг хир ду цамгаран зен. Ткъа цамгарех а, зенах а, шайтIанех а, бозбунчаллех а, массо вочу хIуманех а ларвеш долу азкараш а, доIанаш а довза а, деша а, лело а аьтту бу вайн матте вай гочдина долу хIара жайнаш дешарца: «Бусалба стеган гIап», «Къуръан тIера а, Суннатера а доIанаш», «Ал-Азкар». ТIаккха, цамгар хилла яьллачул тIаьхьа дан деза дарба а, иза хилале хьалха лелон деза лардарш а дуьйцу хIокху жайнахь: «Къуръанаца а, Суннатца а дарба дар». Дала маршалла дойла цомгачунна, Дала ларвойла могаш верг! Дика хуург сийлахь АллахI ву! 31.10.2009 |