Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Де дика хуьйла!

Соьгахь йолу книга тIехь доIанаш ду Iарбой маттахь йаздина, нохчийн маттахь перевод а йина, масала: "Алхьамду лиллахIиллази ахьйана баIда ма аматана ва илайхIиннушур"... Хастам бу АллахIана, вай деллачул тIаьхьа дендина волчу, Цуьнга доьрзур долуш а ду вай.

И доIа сайна атта ма-хеттара аьлча мегаш дуй? Со хIу ала гIерташ ю хьуна аьлча, нохчи маттахь аьлчи мегаш дуй и, хIунда аьлча Iарбо маттахь и айса нийса ца дешарна кхоьру со.

Баркалла.

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Далла езийла хьо!

Коьрта дерг оцу доIанийн маьIна ду. Цундела, хьайна атта долччу кепара, нохчийн маттахь деша а мегар ду ахь уьш, Iаьрбийн маттара дерг Iадда а дитина.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

2010-08-06 = ‏25‏/08‏/1431