Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

 

 

 

Ассаламу Iалайкум! Аукционехь машен иэцар муха ду ШариIатехь?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Аукционехь машен иэцар мегаш ду – кхийолу хIума иэцар мегаш хилар санна – нагахь санна юхкуш волчо оцу машенан хьал а, куцош а довзуьйтуш юхкуш елахь, оьцуш волчунна и машен ша ма-йарра йовза йиш елахь. Тахана дуккха а машенийн аукционашкахь машен лато а йиш яц, цуьнан мотор йовза а йиш яц, и машен ма-йарра йовза йиш яц, ткъа иза Iехор ду, машенан боцу мах баккхар а ду, цундела, аукционашкахь иштта и билламаш хIиттор ШариIатаца догIуш дац.

 

Ткъа дика хууш верг АллахI ву!