Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум! Аукционехь х1ума эцар мега, ца мега аьлла хезнера суна. Магочара Элчано шен маьждигехь хьанехан х1ума йоьхкина боху. Цамагочара мах т1е мах бина кхечун мах бохор ду боху .
Т1ехул т1е аукционехь и аукцион вовшах тухучара ахь цхьа х1ума эцча шайна цхьа ял йоккху хьоьгара шаьш и вовшах тоьхна хьан эца аьтто барна . Цуьнан хьукма довза лаар мелла а даьстина
Дала ял лойла тхуна жоп даларехь къахьегарна

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

1) Аукционехь хIума йохкаран-иэцаран куц.

Аукционехь хIума йохкар а, иэцар а масийтта кепара ду. Цигахь юхку схьа а эцна дIаяхьалуш йолу хIуманаш а, цу юкъа буьллу цхьана меттехь бан беза болх а, цу юкъабуьллу цхьана хIуманах схьаболу пайда а, цу юкъа йохку мехах лело луш йолу хIуманаш а, иштта кхи дIа а. Цхьайолу аукционаш шайн низам долуш ю, юкъавоьдуш волчо цхьа мах дIа а луш, хуьлуш дерг ша-дерг кехат тIехь дIа а яздеш. Кхин а, аукционаш интернет чухула йо, церан а шайн низам а, къепе а ю. Ткъа аукционехь хIума йохкаран юкъара куц иштта ду: юхкуш йолу хIума юкъа а юьллий, иэца луучаьрга дIакхайкхадо, и хIума юхкуш ю олий, тIаккха цхьамма цунах бала ша реза волун мах аьлча, юкъалелачо, йа юхкучо олу – «кхин цхьамма а сов боккхий?» - тIаккха шолгIачо кхин а алсам мах олу, кхоалгIачо кхин а алсам олу, иштта дIадоьду и гIуллакх, тIаьххьара цхьанна тIехь саццалц. И тIаьххьара мах аьллачунна дIаюхку тIаккха и хIума. Мах алсам боккхуш йохкар ду иза, оьрсийн маттара «тендер» цунна доьхьал долчу агIор йохкар ду – мелла а борах цхьа болх байтар.

 

2) Аукционехь хIума йохкаран-иэцаран хьукм.

Хьалхалерачу цхьаболчу Iелам-наха – церах цхьаъ ву Имам ИбрóхIúм Ан-НахаIий – аукционехь санна хIума йохкар дика ца лерина. Хьарам ду-м ца аьлла цара, делахь а «макрýхI» лерина цара иза. Цара иза иштта лараран бахьана хьадис хилла, оцу кепара йохка-иэцар ца магош долу. Делахь а, и хьадис мухьаддисинаша гIийла ду аьлла, цундела цунна тIедоьгIна хьукм даккхар нийса ца хилла.

Имам Ал-АвзáIийс а, Имам Исхьакъ ибн РóхIивайхIас а – Дала къинхетам бойла цаьршинах – оцу кепара хIонс а, велачуьнан ирс а бен дохка мегар дац аьлла. Цаьршинан тешалла а цхьа гIийла хьадис хилла.

Ткъа хIетахьлерачу дукхах болчу Iелам-наха магийна - «кхин а сов мах хьан ло?» - олучу кепара муьлхха а ШарIо йохка магош йолу хIума йохкар а, иэцар а. Церан тешалла ду хьадис, Имам Тирмизийс дийцина долу, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьана ансархочуьнан цхьа кIади а, яй а боьхкина хилла аьлла – «хьан оьцу хIара?» - а олуш, тIаккха цхьамма ша цхьана дирхIамах оьцу аьлча, «кхин а сов хьан доккху» - аьлла хаьттина цо шозза-кхозза, тIаккха цхьамма ша шина дирхIамах оьцу аьлча, цунна дIайоьхкина цо и хIуманаш. Иза доцург а, церан тешалла ду, бусалба наха даим иштта хIуманаш юхкуш-оьцуш хилла хилар а, нахана иштта йохка-иэцар хьашт хилар а.

ТIаккха, и дика ца хеташ хилла болу Iелам-нах дIабевллачул тIаьхьа, массо Iелам-нехан барт хилла оцу кепара йохка-иэцар мегаш хиларна тIехь. Церан и барт хилла хилар, Имам Ибн Iабдил-Барра а, Имам Нававийс а, кхин а масийтта Iелам-стага хьахийна.

Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъолáнийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла, «Сахьихьул-Бухáрú» тIехь, Имам Бухарис – Дала къинхетам бойла цунах – иштта йохка-иэцар мегаш хиларна далийна долу хьадисан маьIна дечу юкъахь: «Кхин а сов мах хьан ло?» - олуш юхкуш йолчу хIуманна аьлла болчу мехал сов мах алар хьарам дац, массеран а барт хилла хIума ду иза, Ибн Iабдил-Барра ма-дийццара».

Имам Ал-Iирóкъийс бах – Дала къинхетам бойла цунах – «ТIорхьут-Тасрúб» тIехь, цхьана хьадисан маьIна деш: «Оцу хьадисехь тешалла ду – «кхин а сов мах хьан ло?» - олуш йохка-иэцар ян мегаш хиларна. Имам Нававийс аьлла: Иза хIинца массеран а барт хилла хIума ду, цхьаболчу хьалхалерачу Iелам-нахаца гIийла къовсам бара цу тIехь хьалха».

Оцу Iелам-нехан дешнашца вайна го, оцу кепара йохка-иэцар массо бусалба нехан бартаца мегаш хилар, ткъа аукцион оцу йохка-иэцаран кепех цхьа кеп ю, цундела иза а мегаш ю, массо Iелам-нехан барт хиларца. Иза мегаш хилар тIечIагIдеш сацам бина, таханлера, Бусалба Конференцин Цхьанакхетаман («Муназзамат Ал-Муътамар Ал-Исламий») цхьа дакъа долчу Бусалба ФикъхIан Маджлисо а. Цара бина сацам хIара бу:

 

«БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала саййидина Мухьаммадин хотаминнабиййин, ва Iала алихIи ва сохьбихIи аджмаIин.

Сацам 73 (8/4)

Аукционехь махбарх лаьцна

Бусалба ФикъхIан Дуьненаюкъара Маджлисо, Бруней пачхьалкхехь, Дарус-Саламера, Бандар Сери Бежванехь, хIижратан терахьца 1414 шарахь Мухьаррам беттан 1-7 деношкахь (21-27 июнь 1993) цхьанакхеттачул тIаьхьа, аукционехьь махбарх лаьцна шега кхаьчна болу Iилман-талламаш Iамийначул тIаьхьа, и гIуллакх дийцаре даре ладоьгIначул тIаьхьа, аукционехь махбар тахана даьржина долу дела, цхьадолчу хьолашкахь цу юкъахь дуьйлуш долчу мегаш доцучу хIуманаша и махбарш ШариIатаца догIуш долчу цхьана низаме дерзо дезар гайтина дела, пачхьалкхашкахь и махбар цхьана низаме балоре терра цуьнан низам нисдан деза дела, оцу махбаран хьукманаш билгалдохуш, кху лахахь болу сацам би:

1 – Мах совбаккхаран йохка-иэцар – иза шина агIоно вовшашкара цхьа пайда оьцуш махбар ду, хIума иэца лууш болчаьрга аукционе кхайкхам беш, йа маттаца, йа язбина. И махбар кхочуш хуьлу юхкуш верг (оьцуш волчо аьллачу механа) реза хиллачул тIаьхьа.

2 – Мах совбаккхаран йохка-иэцар масийтта кепара хуьлу, шех лууш долчу маьIне хьаьжжина, йохкар-иэцар а, мехах лело ялар а, кхидерг а санна; цуьнан куьце а хьаьжжина, шен лаамца еш йолу аукцион санна, муьлхха а нахана юкъахь хуьлуш йолу, йа ца йича ца йолуш йолу аукцион санна, кхиэло цхьа хIума юхкуш тIейожош ерг санна. Аукцион хьашт ю юкъара а, къаьсттина долахь а йолу кхоллараллашна а, пачхьалкхан кхоллараллашна а, нахана а.

3 – Мах совбаккхаран йохка-иэцар ечу хенахь лелош долу низам – яздеш дерг а, урхаллин а, низаман а бакъонаш а, билламаш а – ШариIатан хьукманашна доьхьал догIуш хила ца деза.

4 – Аукцион юкъаваха луучуьнгара тешамана даьхни дехар ШариIатехь мегаш ду, цу юкъахь цхьа хIума ца эцна волчунна юхадала а деза и даьхни, ткъа цхьа хIума иэцначо тешамана делла даьхни иэцна йолчу хIуманан меха юкъахь дIалара деза.

5 – Аукцион юкъавогIучуьнгара билламийн тептаран мах баккхар ШариIатехь ца мага бахьана дац, хIунда аьлча иза цуьнан бакъболу мах болу дела. Бакъду оцу тептаран шен мехал сов хила ца беза цу юкъавахийтаран мах.

6 – Бусалба банко а, йа цхьана кхечо а, шен саяккхаран проекташ аукцион юккъе йахка мегаш ду, тIейолу са алсам хилийтархьама…

7 – Харцонца, Iехорца мах хьалабаккха гIертар хьарам ду. Иштта мах хьалабаккхарх ду:

А – Иэца лууш воцучо мах совбаккхар, баккъалла а иэца гIертарг Iеха а вина, цуьнгара мах алсам баккхархьама;

Б – Иэца лууш воцург юхкуш йолчу хIуманах цецвийлар, цунах воккхавер, и хIума хестор, шена и хIума дикка евзаш йолуш санна, оьцуш верг Iеха а вина, цуьнга лаккхара мехах эцийтархьама;

В – ХIума юхкуш волчо, йа цуьнан векило, йа юкъалелачо, ша цунах хIоккхул мах белла бохуш, ша белла боцу мах бийцар, оьцуш верг Iехорхьама.

Г – Тахана керлаюкъадевллачу хьарам долчу Iехорех ду, хабарийн гIирсашца – хезаш, боьшуш, гуш болчу – юхкуш йолчу хIуманан баккъалла а доцу куьцаш дийцар, боцу мах а бийцар, иэца лууш верг Iеха а вина, цуьнга и хIума эцийтархьама.

Ткъа, дика хуург АллахI ву».

 

Мах совбоккхуш йохка-иэцар магоран ши биллам бу, и шиъ цхьаболчу Iелам-наха ца хьахабо, массарна а бевзаш болу дела, вукхара хьахабо. И шиъ иштта бу: оцу йохка-иэцарна юкъавоьдург цхьанне а зен дан ниййат долуш хила мегар дац; оцу юкъавоьдуш верг юхкуш йолу хIума баккъалла а иэца лууш хила веза, вацахь – хьарам долчу агIор мах совбаккхар хуьлу цо дийриг.  

 

3) Цхьамма бина мах бохор.

Цхьана стага кхечуьнца цхьана хIума йохкар-иэцар тIехь барт бинехь, цаьршинан шинне а дог оцу механа реза хиллачул тIаьхьа, йа цхьамма кхечуьнгара цхьа хIума эцна яьллачул тIаьхьа, царна юкъа а гIоьртина, ас кхин а диканиг юхкур ю хьуна аьлла, йа ас кхин йорах лур ю хьуна аьлла, йа цхьана кхечу агIор церан мах бохор хьарам ду, дуккха а хьадисаш ду иза ца магош даьхкина.

Ибн Iумара – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Шен вешо йоьхкинчунна тIехула хIума йохкийла аш».[1] Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Шен вешо цхьа хIума юхкучу хенахь, юхкучуьнан а, оьцучуьнан а цхьана меха тIехь барт хилча, цаьршинна юкъа маволийла шух цхьа а керлачу мехаца».[2]

Ткъа, аукционехь юхкуш йолчу хIуманца и хьарамалла ца хуьлу, хIунда аьлча юхкуш волчо хIорозза а олуш ду, шега цхьамма цхьа мах аьлча - «кхин а сов мах хьан ло?» - олий. Цо гойту, юхкуш волчо мах аьллачунна иза дIайохка сацам бина ца хилар, цаьршинан иза йохкар-иэцар тIехь барт хилла ца хилар. Амма аукцион дIакъевлинчул тIаьхьа, юхкуш верг оьцучо тIаьххьара аьллачу механа реза хиллачул тIаьхьа керла мах алар – иза хьарам ду.

Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – Муслима дийцинчу оцу хьадисийн маьIна деш олу: «Юхкуш волчунна а, оьцуш волчунна а юкъахь цхьа мах билгал а баьлла, оьцучо – «ас хIокху мехах оьцу иза» - аьллачул тIаьхьа царна юкъе а вахана керла мах алар хьарам ду, меха тIехь барт хиллабаьллачул тIаьхьа. Амма – «кхин а сов мах хьан ло?» - олучу кепара юхкуш йолчу хIуманна тIе мах тохар хьарам дац».

Уьзза маьIна долуш дешнаш олу оцу хьадисийн маьIна мел динчу Iелам-наха.[3] Цуьнца а, лакхахь вай хьахийна болчу, аукционехь хIума иэцар мегаш хилар тIехь хиллачу бартаца а хаьа вайна, аукционехь хIума иэцар а, цигахь шен мах алар а хьарам долчу кепара махбохорна юкъара къастийна магийна хилар.

 

4) Амма аукцион вовшахтоьхначара цхьа хIума иэцначуьнгара шайна цхьа мах баккхар – иза жимма алсам талла ца теллича, хIинцца цунна жоп лойла дац сан. Дала мукъа лахь, кеста жоп дала хьовсур ду вай цунна.

 

Дика хууш верг АллахI ву!

 

 

 

 

 


 


[1] Бухари, Муслим.

[2] Бухари, Муслим.

[3] Хьажа: «Фатхьул-Бáрú», Ибн Хьаджар Ал-Iаскъолáний; «Тухьфатул-Ахьвазий», Ал-Мубáракфýрий; «ТIорхьут-Тасрúб», Ал-Iирóкъий; «Найлул-АвтIóр», Аш-Шавкáний.