Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум!

Хаттар дукха хуьлу сан, делахь а шайн йиш елахь жоп лур аш.
Чохь аквариум я олхазарийн клетка мегаш юй те ?

Дала ял лойла

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Чохь аквариум, йа олхазарийн цIелиг (клетка) хилар мегаш ду.

Анас ибн Малика – Дела реза хуьлда цунна – дийцина: «Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тхо долчу вогIура. Сан цхьа жима ваша вара, Абу Iумайр аьлла цIе йоккхуш волу, цуьнан цхьа жима хьоза дара – цуьнца ловзура иза – ткъа и хьоза деллера. Цхьана дийнахь Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – иза волчу чуваьлча, сингаттаме гира цунна иза, тIаккха цо элира: «ХIун хилла цунна?» Цунна жоп делира: «Цуьнан жима хьоза делла». ТIаккха цо элира: «ХIай Абу Iумайр, хIун хилла хьан хьозанна?». Цул тIаьхьа шена ламазана тасса хIума а яийтина, ламаз дира цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна.[1]

ХIокху хьадисан маьIна деш, ша яздинчу жимчу жайнахь – «Абу Iумайран хьадисан пайданаш» – Имам Ибнул-Къóсс цIе йолчу Iелам-стага – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Оцу хьадисехь тешалла ду, олхазар цIелиг чохь латто мегаш хиларна а, иза тIемадаьлла дIа ца дахийта цуьнан тIам хадо мегаш хиларна а. ХIунда аьлча, цо ловзош хилла долу и хьоза йа цIелиг чохь латтош хилла хила деза цо, йа ког дIабихкина латтош хилла хила деза, йа иштта цхьана кхечу агIор хилла хила деза, йа тIам хадийна хилла хила деза. Цаьршиннах билгал цхьаъ хилахь – иза тоьаш ду, ткъа кхи дIа дерг цуьнца дустуш ду, хIунда аьлча (хьоза сацорехь) уьзза маьIна долуш хир ду иза. Бакъду, цхьаболчу асхьабашна дезош ца хилла олхазаран тIам хадор а, иза цIелиг чохь латтор а».

Имам Бухарин хьадисийн маьIна деш, оцу хьадисан пайданаш дуьйцучу хенахь, Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъоланийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Оцу хьадисехь (тешалла) ду… жима бер олхазарца ловза мегаш хилар, ловза мегаш долчу хIуманца шаьшшинан бер дас-нанас ловзуш Iадда дита мегаш хилар а, беран самукъа дер долу мегаш йолу хIума оьцуш ахча дохка мегаш хилар а, цIелиг чохь а, и санна кхечу хIумана чохь а олхазар латто мегаш хилар а…».[2]

Аквариум чохь чIерий лелор а, цIелиг чохь олхазарш лелор а, бусалба дино магош долчу хазаллашна а, самукъадаккхарна а юкъадогIуш ду, ткъа иза мегаш хиларан цхьа масех биллам бу бусалба дино хIоттош:

1.  Оцу хазаллашца куралла йар а, кхечарна тIехь лакхавала гIертар а ца хилар. Уьш оьцучу хенахь оцу ниййатца ца иэцар, иэцначул тIаьхьа а шена и хIума дага ца даийтар, дуккха а сонта нахана санна.

2.  Оцу хазаллашца хан йоккхуш, Дала шена тIедиллина долчу важибех цхьаъа а важибан хан тIаьхьа ца таттар, уьш бахьанехь шен важибаш тIаьхьа ца диссийтар.

3.  ЧIерий а, олхазарш а, иштта уьш санна долу кхидолу дийнаташ а кхабарехь а, церан дола дарехь а мало ца йар, церан хьакъ дIадалар тIехь тIалам бар – юучуьнца а, молчуьнца а, иштта кхидIа а. Ткъа, цициг чу а доьллина, яахIума луш хьийзор бахьана долуш цхьа зуда жоьжахати яхана аьлла долу хьадис а, хьогаллин халонехь хиллачу цхьана жIаьлийна хи малийна волу цхьа стаг ялсамани вахана аьлла долу хьадис а вайна массарна а девзаш ду. Олхазарш цIелиг чохь латтор а, церан тIам хадор а цхьаболчу асхьабашна ца дезор – и бахьана долуш хилла олий туьду Iелам-наха. Цундела, ша церан тIалам ца беш латтор делахь, уьш хьийзор делахь, царна Iазап хуьлуьйтур делахь, мегаш дац уьш иэцар а, лелор а.[3]

 

 

Ткъа дика хууш верг АллахI ву!


 

[1] Бухари, Муслим, Абу Давуд, Тирмизи, Ибн МаджахI, Ахьмад.

[2] «Фатхьул-Бáрú» 17/407, Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъоланий.

[3] «Фатáвá Ал-АзхIар», 10/150, Шейх IатIиййахI Ас-Сокър.