Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум!

Каш чохь нIаьнеша дуур доцуш дилха дан а дуй? Делахь, муьлхачу нехан ду и?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Билггал долчу суннатехь нийсачу хьадисаца деанарг пайхамарийн – Делера салават а, салам а хуьлда царна – дилха лаьтто дуур дац аьлла ду. Абу Давуда а, Насаийс а, Ибн Маджас а, кхечара а дийцина хьадис, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –  элира аьлла: «Бакъдолуш, шун уггар дезчу денойх ду пIераскана де. Цу дийнахь кхоьллина Адам, цу дийнахь эр ду (къемат де тIехIуттуш «сур» чу) хIуп, цу дийнахь хьокхур бу (адамаш дойъур болу) мохь. Ткъа аш совдаккха цу дийнахь суна салават диллар, бакъдолуш шун салават соьга схьакхачош ду». ТIаккха цхьана стага элира: «ХIай Делан Элча! Тхан салават хьоьга дIа муха кхачадо, хьо лаьтто виъна хирг хилча?». Цо жоп делира тIаккха: «Бакъдолуш, АллахIа хьарам дина латтана пайхамаран догIмаш даар». ХIара хьадис нийса хьадис ду, Шейх Ал-Албáнúс ма-аллара.[1]

Цхьана кепара цхьа нах лаьтто буур бац аьлла деана хIара доцург нийса хьадис дац, цундела, Iелам-наха аьлла, билггал лаьтто буур боцурш пайхамарш бу, амма кхиболу нах – царна Дала Шена луучунна и дозалла дала мега.

Имам Ал-Áлýсийс бах: «Пайхамарийн – Делера салават а, салам а хуьлда царна –  догIмаш лаьтто дуур долуш дац, хьадисехь деана ма-дарра, кхиболчарна хир дац иза».[2]  

Цхьаболчу Iелам-наха шахIидийн догIмаш а лаьтто дуур дац аьлла. Схьагарехь, цара иза аларан бахьана, асхьабаш болчу хенахь дуьйна схьа вуно дукха шахIидийн догIмаш талхаза карош хилла хилар ду. Масала, Бухарис дийцина, Жабиран – Дела реза хуьлда цунна – дешнаш, цо Ухьудехь дIакхелхина волу шен да ялх бутт баьллачул кхечанхьа дIаволлархьама схьаваьккхича, иза доьххьара каш чувуьллучу хенахь санна вара аьлла. Кхин а, БайхIакъийс дийцина, МуIáвийа – Дела реза хуьлда цунна – халиф волчу заманахь (46 хI/ш) Хьамзатан – Дела реза хуьлда цунна – каш уллерачу шовдано латта дIатакхийна цуьнан каш гучудаьккхича, Хьамзатан – Дела реза хуьлда цунна – дакъа хийцадалаза карийнера аьлла.

Делахь а, шахIидийн догIмаш латтано дуур дац аьлла Пайхамарера – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хьадис доцу дела, цхьаболчу Iелам-наха аьлла, билггал дуур доцу догIмаш пайхамарийн догIмаш ду, амма шахIидийн а, кхечу дикачу нехан а догIмаш Дала церах Шена луучуьнан дегI латтане ца доьуьйтуш дита а мега, цуьнан возаллийна, цуьнан сий деш, делахь а билггал чIагIдина олийла яц массо шахIидан дилха лаьтто дуур дац аьлла. Цундела, гIазотехь дIакхелхина шахIидан дакъа телхина карадар иза шахIид вац бохург дац, йа шахIид хилар дакъа талха ца талхарца доьзна а дац, иштта иза билгал деш хьадис доцу дела.[3]

 

Иза девзинчул тIаьхьа… Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шул хьалха хиллачу цхьана нахах цхьа стаг хилла дIавоьдуш, тIедуьйхина шалха (ши) духар долуш, ша шех воккхавеш дозаллаш деш, шен кIуж а шарбина, (кураллийца иза воьдуш волуш) АллахIа цIеххьана латта дIаса а декъадалийтина чувожийна иза. Къемат де кхаччалц оцу юкъахь чуиэгаш хир ву иза».[4] ХIокху хьадисан маьIна деш, Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъоланийс – Дала къинхетам бойла цунах – бах: «ХIокху хьадисан маьIнийца гуш дерг латтано оцу стеган дегI дуур ца хилар ду, цундела оцу маьIнийца иштта къайлах-хаттар далур ду – веллачул тIаьхьа шен дегI дахкалур доцу керста мила ву? – аьлла».[5]

Цхьаболчу Iелам-наха, оцу хьадисехь вуьйцуш волу, лаьтта юкъакхоьссина волу стаг Къóрýн ву аьлла, Къуръан тIехь долчу айатана тIе а доьгIна.[6] Делахь а, Къуръан тIехь иза къемат де кхаччалц чуиэгаш хир ву аьлла дац, йа оцу вай дийцинчу хьадисехь и стаг Къóрýн ву аьлла а дац. ТIаккха, тафсиран Iелам-наха а, цхьаболчу хьадисан Iелам-наха а масийтта агIонашкара схьа дийцина, Къóрýн а, латта дIаса а декъадалийтина, АллахIа иза цу чукхоьссинчул тIаьхьа, хIора дийнахь дегIан локхаллин барамехь къемат де кхаччалч чуиэгаш хир ву иза аьлла. Ткъа нагахь санна Бухарис а, Муслима а дийцинчу оцу хьадисехь вуьйцуш верг Къóрýн а воцуш цхьа кхи стаг велахь, Къóрýнах лаьцна дийцина долу кхидолу хабарш хьадисан Iилманца нийса а делахь, Хьафиз Ибн Хьаджара аьллачуьнца дуьстича Къóрýн къемат де кхаччалц дакъа дахкалур доцу шолгIа керста стаг хуьлу.

 

Ткъа дика хууш верг АллахI ву!

 

 

 

 


 


[1] «Сохьúхьу Сунан Абú Дáвýд», «Сохьúхьу Сунан Ан-Насáий», «Сохьúхьу Сунан Ибн МáджахI», «Ас-Силсилатус-сохьúхьахI» - Ал-Албáнú.

[2] «Ал-Айáтул-Баййинáт», 1\78, Имам Ал-Алýсий.

[3] Иза аьллачерах ву, масала таханлера Шейх IабдуллахI Ал-ФакъихI.

[4] Бухари, Муслим, Ахьмад.

[5] «Фатхьул-Бáрú Шархь Сахьúхьил-Бухáрú», 16/334, Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъолáний.

[6] Масала Ибн Касира а, ТIантIовийс а. Цаьршимма шиммо а и хьадис далийна Къóрýн лаьтта юкъакхоссар дуьйцучу айатан маьIна деш, иза къемат де кхаччалц чуиэгаш хир ву аьлла. Имам Ал-Муннавийс, «Файдул-Къадúр» тIехь бах, оцу хьадисехь вуьйцург Къорун ву аьлла а ду, Ал-ХIайзан ву аьлла а ду. Иза Къорун ца хилар хетачех ву Имам Муллá Iалий Ал-Къóрий; цо аьлла «Миркъóтул-Мафáтúхь Шархь Мишкáтил-Масóбúхь» тIехь: «Хьадисан дийцарехь а, оцу стеган цIе ца яккхарехь а гуш дерг иза Къорун ца хилар ду».