|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! «Аборт» яйтинчо муха декха деза и ша латийна къа? 12-13 шо хьалха лера ду и. Ша латийна къинна марханаш кхаба деза аьлла дешнера ас.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Мегаш доцучу кепара бера дIадаккхийтарца къа латийначо, ша́ иштта и бер дерна шена хилла долу къа тIерадоккхуш, уггар хьалха цу балхана даггара тоба дан деза, шегара даьллачунна дохковала веза, АллахIе шена гечдар деха а деза. Цул тIаьхьа, ненан кийрахь долчу беран сада́ларан ша́ бахьана хиларна, ша́ динарг Деле шена гечдайта, тIаьхьий-хьалхий 2 бутт марханаш кхаба деза, ниййат дечу хенахь ша уьш кхабаран бахьана дага а лоцуш. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 2010.11.04 = 1431.11.27
| КхидIа |