|
|
|
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Шен Iожалла тIе ца кхаьчча цхьаъа Делан кхоллар дала йиш яц. Мел сардам болларх а, адам шен Iожалла тIе ца кхаьчча дала йиш яц. Делахь а шена сардам боьллина долчу адаман Iожаллин бахьана и сардам хила йиш ю, йа цунна бала хиларан бахьана а сардам хила йиш ю, йа цу цхьа кхидолу зен хиларан бахьана а сардам хила йиш ю. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шаьш шайна доьхьал доIа ма дойла аш, шайн берашна доьхьал а доIа ма дойла аш, шайн даьхнина доьхьал а доIа ма дойла аш, АллахIа Шега дехначунна жоп луш йолчу хенахь шун и доIа нис а делла, аш дехнарг хила ца хилийтархьама».[1] «Массо кхачамбацарех цIена а, лекха а волчу АллахIа массо Шен кхолларна хан тоьхна Iожалла хIоттийна, шайн Iожалла тIекхаьчча цхьажимма йолчу ханна а тIаьхьа а тоттур дац церан валар, йа (хIоттийна йолчу Iожалал) хьалха а доккхур дац. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: ×Ткъа церан Iожаллин хан тIекхаьчча – цхьажимма йолчу ханна а тIаьхьа а тоттур яц церан Iожалла, йа (шен хенал) хьалха а йоккхур яцØ.[2] Кхин а аьлла лекха хинволчо: ×Хуьлийла дац цхьаъа са далар (дегIа чура са арадалар) АллахIан пурбанца бен, шен Iожаллийна хIоттийначу хенахь бенØ.[3] … Цундела, кхечуьнан керах велла волу стаг а шен Iожаллийна хIоттийначу хенахь велла ву. Лекха хинволчу АллахIана (хьалхе дуьйна) хууш хилла, тIаккха цул тIаьхьа Шен кхиэлаца билгал а дина цо хIара стаг цамгарх бахьана а даьлла лийр ву, хIара цхьамма кхечо ша ве́рах бахьана а даьлла лийр ву, хIара цхьа хIума тIейожар бахьана а хилла лийр ву, хIара ва́гарх баьхьана а хилла лийра ву, цхьа кхиверг хи буха вахар бахьана а хIоьттина лийр ву аьлла. Иштта ду кхидIа долу бахьанаш а. Ткъа лекха хинволчу АллахIа кхоьллина ду валар а, дахар а, Цо кхоьллина ду валаран бахьана а, дахаран бахьана а. МуIтазили болчара аьлла: кхечо вуьйш волчуьнан Iожаллин хан хадош ю (шен Iожаллийна хIоттийначу хенал хьалха вуьйш ву иза), иза вен ца вийнехьара кхидIа а вехар вара иза. ТIаккха иза цуьнан Iожаллин ши хан йолуш санна хуьлу. Ткъа иза харц хIума ду, нийса хIума дац».[4] «Цхьамма цхьана кхечу стеган дегIана зен дича, (цо иза вийча), АллахIана лаа а лиъна, Цо язйина йолу Iожаллин хан тIехIоьттича бен хуьлуш дац иза. Ткъа, (цхьамма хаттар дича): тIаккха и куьг бехке волчунна таIзар хIунда до вай? Дера до, хIунда аьлча цо кхечу адаман дегIана бохам бина дела».[5] Кхечо вийна волу стаг шен Iожаллийца бен леш вац, йа шен Iожалла тIехIоьттина ца хилча иза вен мел чIогIа гIертарх а иза лийр вац. ХIетте а стаг вер доккха къа ду, тIе чIир йоуьйту бахьана а ду. Оцу кеппара, шен Iожалла тIе ца хIоьттича, мел сардам болларх а стаг лийр вац, хIетте а сардам боллар вон къа ду. Дика хуург АллахI ву!
09.01.2009 |