|
|
| Видео |
| Хьешан тептар |
| Кехат язде соьга |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Суна хьалха ши выбор ю лаьтташ, йа Къуръан Iамадар, йа Iарбо мотт Iамабар, шии цхьани Iамада ца лара йо со, нахьв чIогIа халахета суна, дешнаш дукха ду, дуккха Iамо езаш хуьлу. ТIаккха шариIатехь ас цу шиннех муьлхаг хьалха Iамо деза? Йа Къуръан, йа Iарбо мотт? ДжазакаллахIу хайран!
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Ахь дан дезарг шариIатехь хIара ду а ца олуш, хьан хьолехь ахь хIун дича гIолий хета сайна эра ду ас, хьан пурбанца. Хьо мотт Iамочу тIегIана тIехь ю хIинца, хIинцца Iилма Iамо йолалуш ю хьо. Цундела, суна хетарехь, ахь алссам ойла тIеяхийта безарг мотт бу. Хьоьгуш долу къа кхечу хIуманел алсам Iаьрбийн мотт Iаморца хила деза хьан. ХIунда аьлча Iаьрбийн мотт Бусалба динан Iилманийн догIа ду. Къуръанах а кхетар яц хьо мотт хууш ца хилча. Суннатах а кхетар яц хьо. Кхидолчу Iилманех а кхетар яц хьо. Цундела, Iаьрбийн мотт Iамор тIехь кхечул алсам къахьега деза ахь. Шайхул-Ислам Ибн Таймиййас (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Нагахь санна цо Къуръан дагахь Iамийнехь, йа цунах цхьадерг дагахь Iамийнехь, иза цуьнан маьIнех кхеташ а вацахь… Къуръанан маьIнех ша кхоьтуьйтур волу хIума Iамор гIолий ду цунна, маьIнах кхеташ воцург юх-юха доьшучул а».[1] Делахь а, иза, хьо Къуръанах дIахада еза бохург дац. Мелхо а, Iаьрбийн мотт Iамочу хенахь уггар дика цу балхана гIо хуьлуьйтучу бахьанех цхьа бахьана ду Къуръан дешар. Иштта хьехар дора тхуна, оха мотт Iамочу хенахь. Иштта иза кара а дира тхуна. Дагахь ца Iамалахь, деша-м деша деза ахь иза дуккха, алсам мел дийши а хьуна мотт Iамарна пайдехьа ду иза. Иза хьоьга и шиъ цхьаьне дIадахьалуш ца хилча дерг ду. Амма нагахь санна хьайга цхьана кIирнах (масала́) 5 могI Iамалур белахь, йа кхин сов Iамалур белахь, мотт Iаморца цхьаьне, и дан мегар ду ахь. Нагахь санна хьоьга Iаммане Iамалуш дацахь, хьайн мотт Iамабе, дикка. ТIаккха, мотт Iаморехь хьуна гIо дийр долчу хIуманех ду хьуна ахь дуккха ешар. Ешар, ешар, ешар. Ас айса лелийначух цхьадерг а дуьйцур ду хьуна, ешарехь – кIирнах цкъа арадолуш долу журнал хилийта хьайн доьшуш, Iаьрбийн маттара, доьххьара дуьйна чекхдаллалц (от а до я, оьрсаша ма-аллара). Журнал тайп-тайпана теманаш йолуш хила деза: шариIатан Iилма а, дуьненаюкъара керланаш а, могшалла а, культура а, экономи а, ловзарш а, иштта кхидIа а. Иштта ду аьлла хетачу журналех ду, масала, «Ал-ваIй ал-исламий» цIе йолуш долу журнал, «Ал-МужтамаI» цIе йолуш дерг а (доьххьаралераниг Мисрехь духкуш долуш ду, шолгIаниг цкъачунна долчух тера дац). Айхьа вуьшта доьшуш долчу дешарца цхьаьна, иштта и теманаш ерриге гулйеш долу журнал хьо цхьана-шина шарахь доьшуш хилахь, хьуна вуно говза мотт Iемар бу, Дала мукъа лахь. Доьххьара хала хир ду хьуна, амма юхаяла мегар дац. Хьо саннарш вайн чIогIа кIеззиг бу. Дала аьтту бойла хьан! Дела реза хуьлда хьуна! Ткъа дика хуург сийлахь-веза волу АллахI ву! 17.01.2012 = 23.02.1433
|