|
|
| Видео |
|
Хаттар:
Ассаламу Iалайкум ва
рохьматуллахIи ва баракатухI.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Ахь лаьцна болу некъ Iилма Iаморехь нийса некъ бу. Iеламнаха олуш ду, нийса Iилма Iамош хилча жимачунна тIера доккхачунна тIе а волуш Iамо деза олий. ТIаккха, фикъхI Iилма Iамо волалуш волчу мутаIеламо цхьана мазхIабехь дерг Iамо а деза, дикка ша́ бух боьттина валлалц. ФикъхI Iилмангахь оцу кепара Iамош хилча муьлха жайна дешча дика хир ду дийца хьовсур дув ай, жима-жиманиг хьалха а доккхуш: 1. Уггар хьалха Iамийча дика дерг «Сафи́натуннаджа́» цIе йолу жайна ду (سفينة النجا), ал-Хьадрамийс яздина долу. Жима жайна ду иза, ламаз а, марха а дуьйцуш долу. Цуьнан дика долу шархь «Найлурраджа́ шархь сафи́натиннаджа́» (نيل الرجا شرح سفينة النجا) ду бохуш дуьйцу, аш-Ша́тIирийс яздина долу. 2. ШолгIа Iамийча дика дерг «Ал-Мукъаддиматул-хьадрамиййахI» (المقدمة الحضرمية) ду, IабдуллахI ал-Хьадрамийс яздина долу. ХIара жайна деккъа Iибадаташ – ламаз, марха, закат, хьадж – дуьйцуш ду, жима а долуш, дика жайна ду. ХIокхуьнан шархь деш яздина дуккха а жайнаш ду, церах ду СаIид Ба́Iишн ал-Хьадрамийс яздина дерг а (شرح المقدمة الحضرمية المسمى "بشرى الكريم بشرح مسائل التعليم ), Ибн Хьаджар ал-ХIайтамийс яздина дерг а «Ал-МанхIаджул-къави́м» ( المنهج القويم ). Доьххьара шархь шолгIачул атта хила а тарло кхетарна а, дешарна а. Вуьшта, МустIафа ал-БугIо́ цIе йолчу Iеламстага маьIна дина а ду цуьнан, доцца, маттаца (аудио). 3. КхоалгIа жайна «Матн аби шужа́I» ду (متن أبي شجاع، الغاية والتقريب), Абу Шужа́Iа яздина долу. ХIокху жайни тIехь, цхьа Iибадатан да́къош дийцина ца Iаш, фикъхIан дерриге да́къош дуьйцу. ХIокхуьнан маьIна деш яздина жайнаш а дукха ду. Суна хетарехь, хIара жайна доьшучу хенахь хIокхуьнца цхьаьна дешахь а, йа хIара дешначул тIаьхьа юха дешахь а дешча дика хир дерг «Тухьфатул-лабиб» (تحفة اللبيب) цIе йолу жайна, Ибн Дакъи́къ ал-Iийда яздина долу. Дукха хьолехь оцу «Матн аби шужа́Iана» далилаш далош яздина ду иза. Иштта цунна далилаш далош яздина ду «Ат-тазхIи́б фи́ адиллати матнил-гIо́йати ват-такъри́б» ( التذهيب في أدلة متن الغاية والتقريب ) жайна, и яздинарг МустIафа ал-БугIо́ ву. Имам Ибн Дакъи́къ ал-Iийда яздинарг дешар хьалхе йолуш ду аьлла хета суна, хIунда аьлча цу тIехь далилаш дукха а ду, и яздинарг хьалхалера Iеламстаг а ву, воккха Iеламстаг а ву, гIараваьлла вевзаш Iеламстаг а ву, цундела иза Iилманан агIор мехала ду шолгIачул а. Ткъа и шиъ ший а цхьаьна дешаделча вуно дика ду, хIунда аьлча цхьа кIеззиг йолчу меттигашкахь «Тухьфатул-лаби́б» тIехь далилана далош долу хьадисаш гIийла ду олуш ду, церан метта цу хаттарехь йа нийса хьадис хуьлуш ду, йа кхин нийса далил хуьлуш ду. ТIаккха, цул тIаьхьа деша мегар долу цуьнан шархь «Шархь Ибн Къо́сим» ( شرح ابن قاسم الغزي على متن أبي شجاع ) ду. ХIара доьшучу хенахь ца кхетарг девзар ду «Хьашийатул-ба́жу́рий» ( حاشية الباجوري على شرح ابن قاسم على متن أبي شجاع) тIе хьаьжча. ТIаккха «Кифа́йатул-ахйа́р» ( كفاية الأخيار في حل غاية الاختصار ) ду, Такъиййудди́н ал-Хьиснийс яздина долу. 4. ДоьалгIа жайна «Iумдатус-са́лик ва Iуддатун-на́сик» ( عمدة السالك وعدة الناسك ) ду, Ибн ан-Накъи́б ал-Мисрийс яздина долу. ХIокхуьнан ши шархь ду: ал-ГIамро́вийс яздина доца шархь «Анва́рул-маса́лик» ( أنوار المسالك شرح عمدة السالك وعدة الناسك ), МустIафа ал-БугIо́с яздина долу де́хо́ шархь «Танвирул-маса́лик» ( تنوير المسالك بشرح و أدلة عمدة السالك و عدة الناسك ). 5. ПхоьалгIа жайна шафиIий мазхIаб Iаморехь уггар коьртаниг дуй-те аьлла долу жайна ду: «МинхIажут-тIо́либи́н» ( منهاج الطالبين وعمدة المفتين ). Имам Нававийс яздина ду иза. Цуьнан маьIна деш уггар гIарадевлла девзаш долу жайнаш диъ ду: 1- «Шархьул-махьаллий Iалал-минхIа́ж» ( شرح المحلي على المنهاج، كنز الراغبين شرح منهاج الطالبين), Джала́луд-ди́н ал-Махьаллийс яздина ду иза, вайн махкахь «Маьхьалш» олу цунах. ХIара доцца маьIна деш яздина ду, кхидIа вай дуьйцур дерш деха ду; 2 - «НихIа́йатул-мухьта́ж» (نهاية المحتاج إلى شرح المنهاج), Шамсуд-ди́н ар-Рамлийс яздина долу; 3 - «Тухьфатул-мухьтаж» (تحفة المحتاج بشرح المنهاج ), Ибн Хьаджар ал-ХIайтамийс яздина долу; 4 – «МугIнил-мухьта́ж» (مغني المحتاج إلى معرفة ألفاظ المنهاج ), ал-ХатIи́б аш-Ширби́ний. Алсам доьшуш дерш а, гIарадевлла лелош дерш и диъ шархь ду оцу жайнин. ТIаьххьарчу шерашкахь зорбане кечдина арадаьккхина кхин цхьа шархь а ду цуьнан, мутаIеламана иза оцу тIаьххьарчу кхаа шархьал гIолий а хета суна. «Ан-наджмул-ваххIа́ж» ( النجم الوهاج بشرح المنهاج ) цIе йолуш ду иза, Камалуд-ди́н ад-Дами́рийс яздина. «Шархьул-махьаллий» дешначул тIаьхьа хIара уггар гIолий ду аьлла хета суна Iилма Iамош волчунна, хIунда аьлча оцу вукху кхаанна тIехь доцучу кепара маьIна достуш ду хIокху жайно, чулацам церан массеран а цхьатера белахь а. ТIаккха, хIокху Имам Нававийн жайнийна далилаш далош яздина ду «Тухьфатул-мухьта́ж ила адиллатил-минхIа́ж» ( تحفة المحتاج إلى أدلة المنهاج ) цIе йолу жайна, Ибнул-Мулаккъина яздина долу. Наггахь оцу вукху жайнашкахь доцу пайданаш каро тарло хIокху тIехь а. ТIаккха… Таханлерачу аттачу маттаца чIогIа дика лоруш долуш жайнаш ду таханлерачу Iеламнаха яздина. «Ал-фикъхIуш-ша́фиIиййул-муйассар» олуш ду аз-Зухьайлийс яздина. «Ал-фикъхIул-манхIаджий» олуш а ду, МустIафа́ ал-БугIо́с а, СаIид ал-Хинна а, Iалий аш-Шурбаджийс а яздина. «Ал-муIтамад» олуш а ду, Мухьаммад аз-Зухьайлийс яздина. Доьххьарниг уггар жиманиг ду церах, кхоалгIаниг уггар доккханиг а ду. Шена луучо, «Матн Аби Шужа́I» а, цуьнца доьзна долу жайнаш а дешначул тIаьхьа, кхидIа и вай дийцина долу жайнаш а ца доьшуш, хIара кхоъ деша а мегар ду, хьалхалера Iеламнехан маттаца кIорггера Iилма Iамо ойла яцахь. Ткъа кхидолу Iилманаш а Iамош кIорге ва́ла ниййат делахь, таханлерачара яздинарш хьалхалерачара яздинчерах кхетарна гIо хилийтархьама деша деза, жиманиг «Кифа́йатул-ахйа́р» дешале а доьшуш, юккъерачу барамехь дерг цул тIаьхьа а доьшуш, уггар доккханиг «МинхIажут-тIо́либи́наца» а доьшуш. Иштта ду суна цу некъах лаьцна гIолий хетарг. Цхьаболчу Iеламнаха кхидолу жайнаш гIолий ду ала а мега церах цхьадолчерал, йа кхин совнаха жайнаш юкъадахка а мега, масала «Зубад Ибн Расла́н», йа «Ал-икъна́I» делахь а, иштта кхидIа а. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! Хьуна Дала гIо дойла, Дала аьтту бойла, Дала Iилма а, кхетам а лойла! 28.02.2011 = 25.03.1432
| КхидIа |