Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Дена-нанна (царна цу дешар мах ца хууш, уьш шешша исламан тIера боцуш) лууш доцуш Iилма Iамо Iилма долчу махка деша вахар муха ду, шарIо мага дой иза?

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Дена-нанна муьтIахь хилар а, и шиъ реза дар а хIора бусалба стеган декхар ду, важиб ду. АллахIа Ша цхьаъварца (тавхьидаца) цхьаьна хьахош ду деца-ненаца дика хилар, цаьршинна муьтIахь хилар. ХIора стагана тIедоьжна (фард-Iайн) доцучу гIазоте ваха а ца магадо шарIо, нагахь санна да-нанна цунна реза дацахь. Суннат ламазехь а волуш, нанас кхайкхича, ламаз дитина а цунна жоп дала деза аьлла дуьйцу Iелам-наха, ненан дозалла а, цуьнан хьакъ доккха хилар а дуьйцуш.

И шиъ оьгIаз дахийтар а, цаьршинна халахетар дар а даккхийчу къинойх доккха къа лору бусалба дино.

Амма да-нана реза доццушехь Iилма Iамо вахарх лаьцна аьлча, цхьайолчу хенахь, и шиъ реза дацахь а Iилма Iамор тIедужу бах цхьаболчу Iелам-наха. Иза, Iилма Iамор важиб хуьлу хьал ду, хIора стагана а хаа деза Iилма Iаморца доьзна ду.

Ткъа иштта хьал стагехь билггал ду йа дац хаа тахана хала ду.

Цундела, нагахь санна хьо кхечу махка вахийта хьан да-нана реза дацахь, хьуна гIолий дерг – и шиъ хьайн ма-хуьллу реза дан хьажар ду. КIеда, мерза дийца хьажа цаьршинна, кхето хьажа и шиъ, хьайн лаам а, хьайн самукъа а Iилманца хилар довзийта хьажа. Цкъа а хьажа, шозза а хьажа, баттахь а хьажа, шарахь а хьажа. И шиъ реза дарехь къахьега, Деле доIа а де, цаьршинан дог хьайн лаамна деллар доьхуш.

Ткъа нагахь санна хьан лаам баккъалла а чIогIа белахь, иза даггара а белахь, ахь хьайн да-нана кхечу махка вахийта реза даллалц йолчу юкъахь хьоьга Iилма Iамалур ду хьой вехачу муьлххачу а меттехь. Хьой кхечу махка вахча айхьа доьххьара дуьйна Iамо дезарг хьо вол-волчахь а Iамалур ду хьоьга. Тахана, тайп-тайпана хьуьжарш йоцуш а, бусалба институташ йоцуш а меттигаш йан а яц. Цундела, хьайна дас-нанас бакъо йаллалц йолчу юкъахь а хьайн хан эрна ма йайъа. Кхечу махка Iилма Iамо вахале хьалха ахь цхьа дош Iамийча а, цунах хьуна цигахь доккха гIо хир ду.

Хьадисехь деана ду: «Iилма Iамош леларг АллахIан новкъахь ву, иза шен цIен тIе (хIусаме) вухаверззалц».[1]

АллахI-Дала аьтту бойла хьан а, кхиболчу бусалба нехан а, Ша реза волчу массо хIуманна тIехь.

 

28.08.2008


 

[1] Тирмизий.