|
|
|
Ассаламу Iалайкум!
АллахIа
диканца бекхам бойла хаттарна жоп даларна, хIара кхин цхьа хаттар кхол
деллера тхан:
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Iакъикъат дейта кхечу махкахь цхьаъ векал ван мегар ду шена атта долччу некъаца, масала телефон тохарца, кехат яздарца, хабар дахьийтарца, иштта кхидIа а. Ахь эр ду, масала - «Ас хьо векил во сайн берана (кIантана, йоIана) хьенехана тIера Iакъикъат ден» - йа иштта и санна долу дешнаш. Кхузахь «векил вар» бохучуьнах коьрта лууш дерг – ахь хьайн берана тIера Iакъикъат дейта пурба далар ду, цундела къаьсттина и дешнаш ца аьлчи а мегаш ду, Дала мукъа лахь. Амма ден бакъйолу цIе а ца йоккхуш, ахь ма-аллара цуьнан «кунйа» цIарца векил вар – иза Iелам-наха хьахош гина дац суна, ткъа айса цунна жоп дала суна ца хаьа.
Ткъа дика хуург АллахI ву!
11.09.2008
|