|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Iакъикъат дуьйш ниййат муха до?
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Iакъикъат дуьйчу хенахь коьрта дерг ша дуьйш долу хьайба Iакъикъатана дуьйш ду аьлла дагчохь ниййат хилар ду, иштта ниййат дацахь иза Iакъикъат лоруш дац. Ниййат иштта дан мегар ду: «Ас ниййат до хIара уьстагI сайн Дела доьхьа хIокху хьенехана тIера Iакъикъатана бе». Йа цхьана кхечу агIор, шен дешнашца дича а мегар ду. Ниййат динчул тIаьхьа, хIара дешнаш эр ду: - «БисмиллáхIи АллóхIу акбар! АллóхIумма лака ва илайка Iакъúкъату ……. (тIадамаш болчахь шена тIера Iакъикъат дуьйш воьлчуьнан цIе йоккхур ю)» - (АллахIан цIарца (урс хьокху ас), АллахI массо хIуманал воккха ву! Йа АллахI! ХIара хьенехан Iакъикъат ду, Хьан доьхьа а, Хьоьга а ду хIара!) [1]
[1] Иза алар деана Абу ЙаIлáс а, Баззáра а, Ибнул-Мунзира а, БайхIакъийс а дийцинчу хьадисашкахь. БайхIакъийс дийцинаррг Имам Нававийс дика хьадис ду аьлла.
|