Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Ассаламу Iалайкум!

Iакъикъатан ахча цIа дахьийтина, цIахь Iакъикъат дейта меги? Масала европехь башха къен нах бац и дао, суна вай цIахь дайта лаара и.

Ларамца, АбдуллахI

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Кхечу махкахь бехачу шен гергарчу нахана, йа цхьана кхечаьрга Iакъикъатана уьстагI эццал долу ахча дIа а дахьийтина, цаьрга цигахь Iакъикъат дейта мегаш ду. Иза ахь хьайн меттана кхиниг векал вар ду, ткъа иза мегаш ду.

Имам Мухьаммад ибн Сулайман Ал-Курдийс - Дала къинхетам бойла цунах - шега цунах лаьцна хаьттича, аьлла: "Иза мегар а ду, нийса а ду. ГIурбанна а, Iакъикъатана а хьайба иэцийта а, цаьршинна урс хьакхийта а кхиниг векал ван мегаш ду, и шиъ иэцар а, цаьршинна урс хьакхар а и шиъ доьйтуш верг волчу махкахь а доцуш кхечу махкахь хир делахь а. ... Вайн Iелам-нехан къамелах схьагуш дерг - иза нийса хилар ду". [1]

Цхьайолчу хенахь иштта дар гIолий хила а мега. Масала, европехь Iаш волчуьнан цIера да-нана, йиша-ваша, йа кхиболу гергарнаш вайн даймахкахь цIахь белахь, уьш мелла а гIийла бахкаш белахь, цаьргахь мелла а мискалла елахь, Iакъикъатана уьстагI иэца ахча царна дIа а дахьийтина, Iакъикъат цаьрга дейтича шина хIуманан мел хир бу Дала мукъа лахь: хьайн берана тIера Iакъикъат деран а, хьайн гергарчу нахаца гергарло чIагIдаран а, юкъаметтиг туойаран а.

Бакъду, хьайн берана тIера Iакъикъат дейта векал бан беза ахь, айхьа шайна ахча дIадохьуьйтуш берш.

Тахана Iуьйранна сайн цIерачаьрга нохчийчохь Iакъикъат де элира ас а, хIара хаттар а цуьнца цхьаьна тахана нисдели.

 

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

 

10.09.2008


 

[1] Хьажа: "ИIанатут-ТIолибин", 2\335, Шейх Абу Бакр Ад-ДумйатIий. Таханлера Iелам-нахах иза мегаш ду аьллачерах ву Шейх Iабдуррахьман ибн Джибрин; кхин а:  «Фатава Аш-Шейх Мухьаммад Солихь Ал-Мунадджид», фатван лоьмар 85039; «Фатава Аш-Шабакатил-ИсламиййахI», фатван лоьмар 17790; иштта кхиболу Iелам-нах а.