Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум варахьматуллахI! Ис баттахь кийрахь доьзалхо лаьттана, юха дуьненчу даьлчи делла дара и баьр, лоьраша ши де хилла бахара и дIадаьлла, оцу берана Iакъикъат дие оьший?

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Нагахь санна бер ненан кийрахь далар нисделлехь, цуьнан далар цунна чу са кхоьллинчул тIаьхьа а хиллехь (120 де даьллачул тIаьхьа, йа вуьшта аьлча биъ бутт кхаьчначул тIаьхьа), цунна тIера Iакъикъат дер суннат ду, хIунда аьлча иза чу са кхоьллина а долуш, шеца дахар а долуш адам долу дела, иштта долчу беро – иза ненан кийрахь долуш делла хиллехь а – Къемат дийнахь шен дена-нанна шафаIат а дийр долу дела.

Амма нагахь санна и бер далар чу са кхоллале хиллехь, тIаккха цунна тIера Iакъикъат ден ца оьшу, хIунда аьлча иза шена чохь дахар долу адам лоруш дац.[1]

Цигара схьа девза вайна ахь хоьттучу хаттарна жоп а: оцу берана тIера Iакъикъат ден аьтту белахь, дийча дика ду, мелехь ду.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

23.03.2010 = ‏07‏/04‏/1431


 

[1] Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий, «Ал-фата́ва́ ал-фикъхIиййатул-кубро́», 4/257; Шейх Ибн Iусаймин, «МажмуI фатава ва расаил ибн Iусаймин», 25/226.