|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Муса-пайхамара АллахIаца къамел муха дина, доьххьара?
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!
Лекха хинволчу АллахIа аьлла Къуръан чохь:
(Оха бахкийтира элчанаш, хьоьга оха бийцина берш а, оха бахкийтира элчанаш, хьоьга оха бийцаза берш а; АллахIа къамел дира Мусаца, къамел дарца) [Сурат «Ан-Нисаъ» 164 айат].
Кхечу айатехь а, хьадисашкахь а деана ду АллахIа – сийлахь-цIена ву Иза – Мусага къамел дина хилар, цундела Муса-пайхамар – Делера салам хуьлда цунна – вевзаш ву «АллахIан къамелахо» аьлла. Къуръано а, Суннато а вайна билггал, шеко йоцуш хоуьйту, Ша кхоьллина долчу массо хIуманна тIехулахь-лекхахь волчу АллахIа хIокху лаьттахь волчу Муса-пайхамарца юкъахь юкъарло а йоцуш, Мусанна хаза а хезаш къамел дина хилар. Оцу айаташкахь деана долу дешнаш - «къамел дира» - бохуш долу, церан маьIна вайна девзаш ду, иза – хаза а хезаш къамел дар ду, и бохург хIун ду муьлхха а адамана хаьа, вай цу маьIнех теша дезаш ду, хIунда аьлча иза иштта ду аьлла вайга Дала а, Пайхамара а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хаийтина. Масийтта айатехь а, хьадисашкахь а деана ду Лекха хинволчу АллахIа къамел дина хилар, цундела вай теша Цо Шена луучу хенахь къамел дина хиларх а, деш хиларх а, дийриг хиларх а. Цу юкъа догIу, Къуръан Делан къамел хиларх вай тешар, Къуръан Дала дина къамел хиларх вай тешар. Ткъа и къамел муха хилла бохучу хаттарна жоп вайна довзийтина дац, йа Дала а, йа Пайхамара а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цундела вайн бакъо яц и хаттар дан, вайна мегаш дац цуьнан духе кхиа гIерта. АллахIа Шен Къуръан тIехь а, Цуьнан Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шен нийса долчу Суннатехь а хьахийна долчу АллахIан сифатех тешар тIехь ду вайна, Цуьнан сийлахьаллийца а, Цуьнан возаллийца а хила хьакъ долччу агIор, тIаккха церах тешначул тIаьхьа, оцу сифатийн хьокъехь «муха?» боху хаттар дар дихкина ду вайна, и хаттар дар мегаш дац вайна. ХIунда мегаш дац? Цкъа делахь, вайна АллахIан сифаташ муха ду ма-дарра довзийла яц, вайн хьекъалш цунна тIе кхуьийла яц. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: (Дац цунах тера цхьа а хIума, Иза хезаш а, гуш а ву). [Сурат «Аш-Шура» 11 айат] ШолгIа делахь вайна оцу сифатийн «муха?» бохучу хаттарна жоп дийцина дац Дала, йа довзийтина а дац. Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – волчу хенахь и сифаташ дуьйцуш доллушехь, йа цо а, йа асхьабаша а и хаттар дина дац, и дан мегаш хиллехьара цара дина хир дара иза. Ткъа цара иза дина ца хиларо вайна гойту и хаттар дар «бидIат» - керла юкъа даьккхина харц хIума хилар. Имам Малика – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла, шега цхьаммо АллахI Шен Iарш тIехула лакхаваларх лаьцна «муха?» аьлла хаьттича: - «Лакхавалар бохучуьнан маьIна девзаш ду, «муха?» бохург хьекъал тIекхуьур долуш дац, цунах (лакхаваларх) тешар важиб ду, цунах лаьцна хаттар дар бидIат ду, ткъа хьо тилла стаг ву» - иза аьллчул тIаьхьа араваккхийтина цо иза шен мажлисера.[1] Кхин а аьлла Имам Малика – Дала къинхетам бойла цунах –: «Верлаш ларлолаш бидIатех». Цуьнга хаьттина: «ХIун ду и бидIаташ?» Цо аьлла: «БидIатан охIлу – уьш АллахIан цIерех а, Цуьнан сифатех а, Цуьнан къамелах а, Цуьнан Iилманах а, Цуьнан ницкъах а лаьцна къамелаш дийриш бу, асхьабаша а, диканца царна тIахьа баьзна хиллачу табиIунаша а Iадда дитина долу хIума Iадда ца дуьтуш (цара ца дийцинарг дуьйцуш)».1
Тахана цхьа тоба ю, йа хьалхабевллачара Iехош лелош белахь а, йа шайна хуушехь лелаш белахь а, асхьабаша а, табиIунаша а, баккхийчу Iелам-наха а мегар дац аьлла долу хIумнаш юьхьар лаьцна, цхьанне хIуманан кхетам боцучу юкъарчу нахана юкъахь и хIумнаш дуьйцуш, уьш даржош, нахе Делах лаьцна ойланаш йойтуш, нехан хьекъалш тIекхуьур доцу хаттарш церан кортош чохь гIиттош, шаьш бохучунна стаг реза ца хилча цунна мушрик ву олуш, цунах керста веш. Цара даржош долу хIума – Делан сифатех лаьцна нахе ойланаш йайтар ду, церан маьIна хIара ду йа важ ду бахар ду. Ткъа и хIума мегаш хIума дац, бусалба стаг кIез-кIеззиг вуьгуш керстаналлий тIе вуьгуш долу хIума ду. Имам Ибн Къудамас – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Юкъарчу наха лелош долчу сакхтех ду – сийлахь-цIена а, лекха а волчу АллахIан сифатех а, Цуьнан къамелах а лаьцна хеттарш дар. Хьуна хаийла: шайтIано цхьа стаг Iилман къамелаш дан воьлча ша Iелам-стаг а, дикаллин да а ву моттуьйту цунна. Иштта и хIума марздо шайтIано цунна, шена хаа а ца хууш цо керстаналла деш долу дешнаш аллалц. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Адамаш хеттарш дан дуьйлалур ду, шаьш аллалц: «ХIара АллахI ву хIара Iалам кхоьллинарг, ткъа АллахI хьан кхоьллина?»[2] Цундела, наха Iилманан къайленаш хеттар уггар даккхийчу сакхтех ду, цара сифатийн маьIнеш лехар уьш галбохуш долу хIума ду, уьш нисбийр долу хIума дац. Цундела, стага дан дезарг – Къуръан тIехь деана долчух тешар ду, тIаккха Элчано деанчух теша а тешна къобул дар ду, леха а ца лоьхуш, (и санна дерг Iадда а дитина) шен Iибадат дар ду».[3] Кхин а аьлла цо: «АллахIах лаьцна ойланаш йар мегаш дац, хIунда аьлча хьекъалш Цунах лаьцна ойланаш йан девлча хьере хуьлу, АллахI воккха ву нехан хьекъалшка чулацалур воцуш, дегнашка Шен куц хIоттадалур доцуш. (Дац Цунах тера цхьа а хIума, Иза хезаш а, гуш а ву)[4]». Оцу шен дешнашна тешаллийна хIара нийса хьадис далийна цо: IабдуллахI ибн Iумар ибн Ал-ХаттIаба – Дела реза хуьлда цаьршинна – аьлла: Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Аш ойла йе АллахIан ниIматашна (билгалонашна) тIехь, аш ойла ма йе АллахIах лаце».[5]
[1] «Шархьус-суннахI», Имам Ал-БагIавий. [2] Абу Давуд, Ибнус-Сунний, Ассилсилатус-СахьихьахI. [3] «Мухтасар минхIаджил-къосидин» - «Китабу афатил-лисан». [4] Сурат «Аш-Шура» 11 айат. [5] «Ал-МуIджам Ал-АвсатI», Ат-ТIабараний; «ШуIабул-Ийман», Ал-БайхIакъий; «МаджмаIуз-Заваид», Ал-ХIайсамий; «Ассилсилатус-сахьихьахI», Ал-Албани.
|