Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Шен дений нанний хьалха шен зудчун цIе яккхар а, зудчо шен майрчун цIе яккхар а муха ду Ислам динехь?

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Ислам динехь иза Iадате хьаьжжина ду. Iадаташка доьрзуш долчу хIуманех ду иза, цундела, нагахь санна иза Iадато дика лоруш дацахь дика хир дац иза, дика лоруш делахь дика хир ду иза.

«Зудчо шен майрачуьнан цIе яккхар (иштта майрачо шен зудчуьнан цIе яккхар а) къилахь хIума дац, хIунда аьлча иза ца магош далил доцу дела. Делахь а, и санна долчу хIуманашкахь нахана юкъахь лелаш долу Iадат а, Iедал а шариIато лардеш ду. Масала, цхьана махкахь болчу нехан Iедалехь зудчо шен майрачуьнан цIе йоккхуш яцахь, цо цуьнан «беран да» (масала, Ахьмада да) аьлла цIе йоккхуш елахь, цо цуьнга шен цIарца кхайкхар царна вон хIума хеташ делахь,  йа оцу майрачунна дезош дацахь (зудчо) шега шен цIарца кхайкхар, зудчо лардан деза и хIума, хIунда аьлча шен майрачуьнца дика хила езаш ю (шариIатехь), ткъа иза дика хиларха дац цунна ца де́зош долчуьнца иза цуьнга йистхилар, йа адамашна юкъахь вон лоруш долчуьнца иза йистхилар».[1]

«Амма нах болчахь майрачуьнан цIе, йа зудчуьнан цIе яккхар – иза оцу нахана юкъахь лелаш долчу Iадате хьаьжжина ду. Цхьаболчу наха вон лоруш хIума ду иза… Цхьадолчу адамашна юкъахь, йа цхьаболчу нахана (къаьмнашна) юкъахь гIолий дерг «беран да» аьлла цIе яккхар ду. И хIума лар ца дар бахьана долуш, иза атта хетар бахьана долуш, дуккха а бохамаш а, халонаш а эгна хилла ду».[2]

Ткъа вайн къома юкъахь шен дена-нанна хьалха а, йа гергарчарна хьалха а, йа цхьанне нахана хьалха а майрачо шен хIусамненан цIе йоккхуш Iедал дац, мелхо а иштта цIе яккхар иэхье́ лоруш ду. Иштта лоруш ду зудчо шен хIусамден цIе яккхар а. Ткъа вайн иштта Iадат хилар вон хIума дац, мелхо а шеца дика маьIна долуш ду: эвхьазло юкъа ца йолар а, майрачуьнан-зудчуьнан къайлах дахар мелла а хьулдина хилар а, эхь хеташ хилар а, дена-нанна хьалха а, стунцахошна-марзахошна хьалха а гIиллакхе хилар а, иштта кхидIа а. И маьIнеш вуно дика маьIнеш ду, шариIато дика лоруш а ду. Ткъа, шариIато дика лоручу маьнIи тIевуьгуш долу Iадат а шариIато дика лоруш ду, Шейх Iабдуррахьман Ас-СаIдийс (Дала къинхетам бойла цунах) ма-аллара.

Цундела, нахана хьалха шен зудчуьнан цIе яккхарх майра а ларвала веза, шен майрачуьнан цIе яккхарх зуда а ларйала еза.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

28/08/2010 = ‏28‏/08‏/2010


 

[1] «Фатава ал-ислам суал ва джаваб», № 21532.

[2] Уьзза жайна, № 13778.