|
|
|
Къинхетаме а, къинхетам беш а Жоп луш долу доIанаш нийса довзаран хаамаш Имам
СуйýтIú – Дала
къинхетам бойла цунах – Гочдархо: Адама Султана Олхазар Пайхамаран шахьар Мединат. 27 ШаIбан 1425 ш. 11/10/2004. _____________________________
_____________________________
Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!
Хастам бу АллахIана, вай кхолла а кхоьллина, Ша бохучух
кхетийта вайна кхетам а белла, Ша везийта вайна дегнаш а делла, Шега доIа
дайта вайна мотт а, ши куьг а, цIена лаам а белла, тIаккха -
×Соьга деха, Ас жоп лур ду шунаØ[1] - аьлла волчу. Делера уггар дика хастор а, уггар
кхачаме къинхетам а, уггар дукха маршаллаш а хуьлда вайн Пайхамарна,
«Бакъдолуш, АллахI оьгIаз воьду Шега деха ца дехча»[2] - аьлла, вайна Сийлахь Лекхачу АллахIан лаам
схьабовзийтина волчу.
Цул тIаьхьа:
Цхьа а вац вайх Лекха хинволчу Деле дан дехар доцуш,
Цуьнга дан доIа доцуш, Цуьнгара деха хьашт доцуш, халонехь Цуьнга кхайкха
луур доцуш. ХIора а ву вай доIина жоп луш волчу АллахIе доIа даран марзо эца
лууш, Цуьнга доьхуш бIаьргах доьвллачу хин-тIадамийн Iаткъам бовза лууш,
Iуьйранна доIа дича дисинчу денна хуьлуш болу ницкъ бовза лууш, суьйранна
доIа дича буьйсанна хуьлуш болу синтем шеца даим хилийта лууш. И ша-дерг
кхочуш дан хала дац. И дерриг хIума цхьа кIеззиг йолчу Iамалца хIора стагна а
хила йиш йолуш ду. И Iамал – доIа дар ю. ДоIа дар – хьаставелла Деле верзар
ду, стага шен гIийлалла Делан нуьцкъалле кховдор ду, массо хIуманна тIехь
ницкъ кхочуш волчуьнга шен луъург дехар ду, шена орца эшча билггалчу тешарца
Цуьнга кхайкхар ду, шена тIе хало хIоьттича санна паргIатчу хенахь а Деле ши
куьг хьалаайдар ду, ша сужуде ваханчу меттехь, шен дог Цуьнан Воккхаллийна
хьалха кIад деллачу меттехь, Иза везар чIагIделлачу меттехь, дагчохь дерг
дешнашца схьа алалур доцучу хьоле кхаьчча, хьан бIаьргех – хIай Делан лай –
хи далар ду иза. Цул доккха Iибадат хир дуй-те аьлла хIума ду иза, халонаша
а, баланаша а, сингаттамаша а дуьзна долчу хIокху дуьненахь адамана цул
чIогIу оьшуш хIума дан а дуй-те аьлла шена тIехь ойла йан мегар долуш хIума
ду иза. Iибадатан тIум ю иза. И ца дича Дела оьгIаз воьду хIума ду иза. Цундела
дукха чIогIа тидаме лаьцна хилла ду доIа дар Iелам-наха. Цара иза чIогIа
лерина хиларан билгалонех цхьа билгало ю, хIинца хьан керахь долу хIара жима
жайна, Имам СуйýтIúс – Дала къинхетам бойла цунах – яздина
долу. Жима делахь а, Делах тешар алсамдаккхар а, Деле доIа муха, муьлхачу
меттехь, маца дича гIолий ду хаар а, Iилманан дуккха а пайданаш довзар а шена
чохь гулдина жайна ду хIара. Иштта сайна хIара карийча, кхуьнах болу пайда
алсам хилийта гочдира ас хIара, хIокхул хьалха - «Къуръан тIера а, Суннатера
а доIанаш» - аьлла цIе йолу жайна санна.
ХIокху
жайни тIехь ас бина болу болх иштта бу:
·
Имам
СуйýтIийн – Дала къинхетам бойла цунах – дахарх лаьцна яздира цхьа
кIеззиг.
·
Жайна
а гочдира ас, хьадисаш Имама далийначу жайнашца тоам а бина Iад а дуьтуш, маьIна
дан дезачуьнан жимма алсам маьIна а деш, хьадисаш юкъахь даьхкинчу доIанийн
ма-дарра дIадешар вайн хIокху элпашца яз а деш, церан вайн маттахь маьIна а
деш.
·
АгIонийн
лахахь долу дерриг билгалдахарш соьгара ду.
·
Цу
билгалдахаршкахь хьахош долу хьадисан Iилманан пайданаш ас схьаийцира
Iаьрбийн маттара хIара жайна то а дина, кеч а дина, нис а дина арахецна волчу
мутаIелимо динчу билгалдахарш тIера.
ТIаьххьара, ас Деле доьху хIара болх Цо Шен доьхьа
бар, хIокхунах хIара яздинчу Имамана а, суна а къемат-дийнахь дика тешалла
дар. Кхин а ас доьху Деле, Имам СуйýтIийна а, суна а, сан дена-нанна
а, къаьсттина сан денанна а гечдар, Цо вайх массерах Шен къинхетам бар,
бакъдолуш Иза Шен лайшха къинхетам беш ву-кх!
Делера салават а, салам а хуьлда Делан Элчанна Мухьаммадна
а, цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна а, къемат-де кхаччалц диканца цунна
тIаьхьаваьзначунна а. Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!Хастам бу АллахIана, Шега догдохуш верг вуха ца тухуш волчу, Шега кхойкхуш верг а вуха ца тухуш волчу. Салават а, салам а хуьлда вайн элана Мухьаммадна а, цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна а: къаьсттина цIена йолчу тобанна. ХIара жима жайна ду жоп луш долчу доIанех лаьцна, доIа деш волчуьнца муьлха сифаташ хилча цуьнан доIийна жоп лур ду дуьйцуш долу, йа муьлхачу езчу хенахь а, меттигехь а доIа дича жоп ло дуьйцуш долу, йа дикчу хьадисашкахь деана муьлха доIа дар деза ду дуьйцур долу. Ас хIокху жайнина цIе тоьхна: «Жоп луш долу доIанаш нийса довзаран хаамаш». Ас АллахIе доьху сайна гIо дар а, дика а, хаза а чаккхе йалар а. Ас хIара жайна декъна деа декъе:
[Хьалхара дакъа: ДоIа деш волчунах доьзна дерг] [ШолгIа дакъа: ДоIа даран хенах лаьцна дерг] [КхоалгIа дакъа: ДоIа дар деза долчу меттигех лаьцна дерг] [ДоьалгIа дакъа: Дезчу доIанах лаьцна дерг].[3] Хьалхара дакъа: ДоIа деш волчуьнах доьзна дергАбу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Кхо доIа ду шайна Дала жоп лур долуш: шена зулам динчуьнан доIа а, некъахочуьнан доIа а, дас-нанас шайн берана дуьхьал дина доIа а». Бухáрúс «Ал-Адабул Муфрид» тIехь а, Абу Давýда а, Тирмизúс а дийцина иза.
Ахьмада а, Баззáра а дийцина дикчу иснадаца, Абу ХIурайрера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Шена зулам хиллачуьнан доIа жоп луш ду, иза харц стаг велахь а; цуьнан харцо цунна шена хир йолуш ю».
Ахьмада Анасера дийцинчу хьадисехь деана ду: - «… иза керста велахь а» - аьлла.
Ибн Мáджас дийцина, Умм Хьакúмера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Дас (шен берана) дина долу доIа жоп лучу доIанех хуьлу».
Тирмизúс дийцина. Абу ХIурайрера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Кхаа стеган доIа духа тухуш дац: марха кхаьбначо марха достучу хенахь дина доIа а, нийсо еш волчу паччахьан доIа а, шена зулам хиллачуьнан доIа а».
БайхIакъúс дийцина «ШуIабул Иймáн» жайни тIехь, Абу ХIурайрера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлларг: «Кхо стаг ву АллахIа шайн доIанаш духа ца тухуш: дукха Дела хьехош верг а, шена зулам хилларг а, нийсо еш волу паччахь а».
Абу НаIúма дийцина «АлхьилйахI» жайни тIехь, Вáсилатера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлларг: «Виъ стаг ву, шайн доIина жоп луш волуш: нийсонна тIехь волу паччахь а, къайлах шен (бусалба) вешина (диканца) доIа деш верг а, шена зулам хилларг а, шен дена-нанна доIа деш верг а».
ТIабарáнúс дийцина «Алкабúр» жайни тIехь, Ибн Iаббасера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Ши доIа ду, шаьшшина а, Далла а юкъахь пардо доцуш: шена зулам хиллачо дина доIа а, цхьана стага къайлах шен (бусалба) вешина дина доIа а».
Бухáрúс «Ал-Адаб» жайни тIехь а, Абу Дáвýда а, Тирмизúс а дийцина, Iамран кIантера IабдуллахIера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлларг: «Уггар сиха (жоп луш долу) доIа дуьхьал воцучу стагна, къайлах (диканца) дина доIа ду».
Бухáрúс «Ал-Адаб» жайни тIехь дийцина, Абу Дардáэра схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – олуш хилла аьлла: «Бусалба стага шен вешина къайлах дина доIа жоп луш ду; цу стеган коьртехь лаьтташ хуьлу малийк, цо шен вешина диканца доIа мел до цу малийко олу: «Áмúн! Хьуна а хуьлийла уьзза».
Бухáрúс «Ал-Адаб» жайни тIехь дийцина, Санáбихьийна Абу Бакара олуш хезза аьлла: «Делан доьхьа вежаралла долчу стага шен вешина дина доIа жоп луш ду».
Баззáра дийцина, Хьусойнан кIантера Iимранера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Бусалба стага шен бусалба вешина къайлах дина доIа духатухуш дац».
БайхIакъúс дийцина «ШуIаб» жайни тIехь, Ибн Iаббасера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Пхи доIа ду шайна жоп луш долуш: шена зулам хиллачуьнан доIа а, цо толам баккхалц; хьадж деш волчуьнан доIа а, иза чекхдаллалц; гIазот деш волчуьнан доIа а, иза вухаверззалц; цомгаш волчуьнан доIа а, иза товаллалц; цхьамма шен вешина къайлах деш долу доIа а; ткъа хIокху доIанех уггар сиха шена жоп луш дерг - цхьамма шен вешина къайлах деш долу доIа ду».
Дайламúс дийцина, Iаббасан кIантера IабдуллахIера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Шух цхьамма ихьрáм доьхкуш доIа деш хилахь, шен доIанал тIахьа «Áмúн» олийла цо. Ша - «Йа АллахI! Гечде Ахь суна» - алахь, цо олийла «Áмúн». Хьайбанна неIалт а ма кхайкхадойла цо, адамана неIалт а ма олийла цо, бакъдолуш адамо дина доIа жоп луш ду. Шен доIанехь АллахIах тешаш болу божарий а, зударий а юкъалаьцначунна жоп лур ду».
Ибн Мáджас дийцина, Абу ХIурайрера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Хьадж деш берш а, Iумрат деш берш а Делан векалш бу, цара доIа дахь царна жоп лур ду Цо, цара гечдар дехахь царна геч а дийр ду Цо».
Цо дийцина кхин а, Ибн Iумарера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлларг: «Делан некъахь гIазот деш верг а, хьадж деш верг а, Iумрат деш верг а Делан векалш бу. Цо кхайкхам бина цаьрга, цара жоп делла. Цара дехна Цуьнга, цара дехнарг Цо царна а делла».
Баззáра а дийцина уьзза хьадис, Жабирера схьа.
Баззáра дийцина, Абу ХIурайрера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлларг: «Кхаа стеган доIа духа ца тохар Делан хьакъ ду: марха кхобуш волчо марха достуш дина доIа а, шена зулам хиллачо шена толам хиллалц дина доIа а, некъахочо ша юхаверззалц дина доIа а».
Насáúс дийцина, Ибн Iамрера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Марха кхаьбначо марха достуш деш доIа ду, Дала духатухуш доцуш».
Ибн Мáджас дийцина, Ибн Iумарера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Хьой цомгаш верг волча чуваьлча, цуьнга хьайна доIа де ала ахь, цуьнан доIа малийкийн доIа санна ду».
СаIúд ибн Мансýра далийна шен «Сунан» жайни тIехь, Абу Дардáа аьлларг: «Делах тешаш волчу, шена цхьа бала хилла волчу стаге доIа дайта хьайна».
Дайламúс дийцина, Салмáнера схьа, Пайхамарера схьа – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – «шегахь цхьа бала болчуьнан доIа жоп луш ду» - аьлла.
ТIабарáнúс дийцина «АвсатI» жайни тIехь, Анасера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Цомгаш волчо дина доIа жоп луш ду».
Тирмизúс а, Хьáкима а дийцина, Абу ХIурайрера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Сингаттамехь а, халонашкахь а шен доIина жоп далар дезачо ша паргIат волчу хенахь доIа алсам дойла».
Ахьмада дийцина, Ибн Iумарера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Шен доIина жоп дала а луучо, шен сингаттам дIаайбала а луучо халонехь волчу мискачу стаган гIо дойла».
Дайламúс дийцина, Абу ХIурайрера схьа, Пайхамарера схьа – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Халонехь волчу мискачу стеган доIанах кхера шу».
ТIабарáнúс дийцина «АвсатI» жайни тIехь, мегар долуш долчу иснáдаца, Анасера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлларг: «Бакъдолуш, АллахIана эхь хета къежвеллачу бусалба воккхачу стага дехнарг цунна ца дала, нагахь санна иза нийсонна тIехь велахь, суннат тIехь возуш а велахь».
Дайламúс дийцина, Ибн Iумарера схьа, Пайхамарера схьа – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Цхьамма шена дика дича, шена и дика динчунна цо деш долу доIа духатухуш дац».
БайхIакъúс дийцина «ШуIаб» жайни тIехь, Абу Умáматера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Къуръан дагахь хууш волчо деш доIа ду, шена жоп луш долу. Цо доIа до, тIаккха цунна жоп ло».
Хьáкима дийцина, Хьубаййиб ибн Масламат АлфихIрийгара схьа, цо аьлларг: «Суна хезира Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – олуш: «Цхьа гулам вовшахкхетар бац, церах цхьаболчара доIа дича, вукхара «áмúн» аьлча, царна Дала жоп делла бен».
Абу НаIúма дийцина «АлхьилйáхI» жайни тIехь, Анасера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Кхаа стеган доIа цкъа а цхьанакхетар дац, церан доIин куьйгаш Дала духа ца тоха хьакъ хилла бен».
ШолгIа дакъа: ДоIа даран
хенах лаьцна дерг
СахIл ибн СаIда аьлла: «Цхьа ши сахьт ду шаьшшинна стигланан неIарш хьайоьллуш, шаьшшинна чохь доIа динчуьнан доIа духатохар кIеззиг а хуьлуш: азан[4] дечу хенахь а, тIеман ши агIо тIамана дуьхь-дуьхьал кхетачу хенахь а». Бухáрúс «Ал-Адаб» жайни тIехь дийцина иза.
Хьáкима дийцина «Алмустадрак» жайни тIехь, СаIдан кIантера СахIлера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Ши доIа духатухуш дац: азан деш дина доIа а, тIеман «бала тIехIоьттича» а, церах цхьаверг тоьлла валлалц».
Абу Дáвýда а, Тирмизúс а, Хьáкима а дийцина, Анасера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Азанна а, къаматна а юкъахь дина доIа жоп луш ду».
Хьáкима дийцина, Абу Умáматера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Ламазана кхойкхуш верг кхайкхича стигланан неIарш дIайоьллу, доIина жоп а ло. Ткъа шега цхьа сингаттам боьссинчо, йа хало тIехIоьттинчо ларйойла ламазе кхайкхаран хан, тIаккха цунна тIаьхьара а але, цул тIаьхьа олийла цо: - «АллóхIумма робба хIáзúхIид-даIватис-сóдикъотил мустаджáбатил мустаджáбу лахIá, даIватил хьаккъи, ва калиматит-такъвá, ахьйинá IалайхIá, ва амитнá IалайхIá, вабIаснá IалайхIá, иджIалнá мин хийáри ахIлихIá ахьйáан ва амвáтан»[5] - цул тIаьхьа цо доьхур ду шен хьашт».
Муслима дийцина, Жабира аьлларг: «Суна хезира Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – олуш: «Буьйсанна йогIуш цхьа хан ю, шена чохь бусалба стага Делера дуьненан а, эхартан а диканаш дехча Дала уьш цунна луш йолу. И хан хIора буьйсанна хуьлуш ю».
Хьáкима а, Тирмизúс а дийцина, Ибн Iаббасера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – буьйсанан тIаьххьарчу кхоалгIачу декъа чохь элира аьлла: «ХIара хан тешалла деш хан ю, хIокху хенахь дина доIа жоп луш а ду».
ТIабарáнúс дийцина нийсачу санадца,[6] Iусман ибн АбилIáс Ассакъафийгара схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлларг: «Буьйса юккъе йахча стигланан неIарш дIайоьллу, тIаккха кхайкхархо кхойкху: «Вуй цхьа а доIа деш, цунна жоп лур долуш? Вуй цхьа а доьхуш, ша дехнарг шена далийта? Вуй цхьа а сингаттаме, шен сингаттам шена тIера хьалаайбайта?». ТIаккха цхьа а доIа дина бусалба стаг ца вуьсу Дала шена жоп делла бен, шен бехкечу меттигца зина деш лелаш йолу зуда а йоцург, ясакх схьагулйеш а воцург».[7]
Баззáра а, ТIабарáнúс а дийцина нийсачу санадца, Ибн Iумара аьлларг: «Цхьана стага хаьттира Делан Элчане – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – «Муьлха хан ю буьйсанна доIина гIолий жоп луш ерг?» - аьлла, тIаккха цо элира: «Буьйсанан тIаьххьара хан ю».
ТIабарáнúс дийцина заьIапчу санадца, Абу Умáматера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Стигланан неIарш дIа а йоьллу, доIина жоп а ло йеа меттехь: Делан некъахь тIом беш берш шайн мостагIчуьнца тIамехь лата буьйлабелча а, догIа догIучу хенахь а, ламазна къамат дечу хенахь а, КаIбат гича доIа дича а».
Абу НаIúма дийцина «АлхьилйахI» жайни тIехь, Iаишата аьлларг: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Кхо хан ю бусалба стага доIа дича цунна жоп луш – гергарло дохор а, къа хуьлуш долу хIума а цо ца дехахь -: ламазе кхойкхуш волчо азан деш, иза дIасаццалц а; ши тIеман агIо тIамана вовшахлетча, Дала царна юкъахь Шен кхел чекхйаккхалц а; догIа догIучу хенахь, иза саццалц а».
СаIúд ибн Мансýра дийцина, IатIáа аьлларг: «Кхаа хьолехь дIайоьллу стигланан неIарш, цу хенашкахь доIа дар ларде аш: азан деш а, догIа догIуш а, тIеман ши агIо тIамана чуччайахча а».
Абу НаIúма дийцина «АлхьилйахI» жайни тIехь, IабдуллахI ибн Авфáс аьлларг: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «ХIуманийн IиндагIаш дIадайча, мехаш хьаькхна доьвлча, шайн хьашташ хьалаайде АллахIе, бакъдолуш и хан Деле боьрзучеран хан ю».
Кхин а дийцина цо, СаIдан кIантера СахIлера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Шу доIа деш хила IиндагIаш дIадовлучу хенахь».
ТIабарáнúс дийцина, Ибн Iаббаса аьлларг: «Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – малх стигала юкъара чимчаргIа санна дехьа баьлча диъ ракаIат ламаз дора. Ас элира цуьнга: «ХIай Делан Элча! ХIара хIун ламаз ду?» Цо элира: «И ламаз динарг ерриг буьйсанна ламаз дича санна ву. ХIара стигланан неIарш дIайоьллу хан ю, доIина жоп луш йолу хан а ю».
Шина шейхо (Бухáрúс а, Муслима а) дийцина, Абу ХIурайрера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – пIераскан де хьахийра аьлла, тIаккха элира цо: «…Цу дийнахь цхьа хан ю, бусалба стаг цу хенахь ламаз деш нислахь, Деле цхьа хIума доьхуш нислахь, Дала цунна цо дехнарг лур долуш».
СаIид ибн Мансýра дийцина шен «Сунан» жайни тIехь, ХьантIабан кIентан IабдуллахIан кIантера МуттIалибера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Уггар дезчу доIанех ду Iарафат-дийнахь дина доIа».
Дайламúс дийцина, Абу Умáматера схьа, Пайхамарера – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – схьа: «Пхеа буьйсанна дина доIа духатухуш дац: Раджаб беттан хьалхарчу буьйсанна а, ШаIбáна беттан юккъарчу буьйсанна а, пIераскана буьйсанна а, марха дастаран а, гIурба деран а шина буьйсанна а».
ТIабарáнúс дийцина, Сóмитан кIантера Iубáдатера, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьана дийнахь элира аьлла – мархин бутт тIекхаьчча а болуш -: «Рамзан-бутт тIебеъна шуна, беркатан бутт, Дала цу баттахь Шегара тоамалла лур ду шуна, къинхетам а боссор бу, къинош а дIадойъур ду, доIина жоп а лур ду».
Кхин а дийцина цо «Ал-АвсатI» жайни тIехь, ХаттIабан кIантера Iумарера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Рамзан-баттахь Дела хьахош волчунна гечдина ду. Цу баттахь Деле доьхуш верг Дала вухатухур вац».
БайхIакъúс дийцина «ШуIаб» жайни тIехь, Анасера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Къуръан дешна чекхдаьккхича хIоразза дина доIа жоп луш ду».
Кхечу некъаца кхин а дийцина цо, хIокху дешнашца: «Къуръан дешна чекхдаьккхинчуьнан жоп луш долу доIа а ду, ялсаманехь дитт а ду».
Абу Бакр ибн Абйада дийцина шен гIарадаьлла долчу жайни тIехь, Аййýб Ассахтайáнúс аьлларг: «Тхоьга кхаьчча, хIара áйат доьшучу хенахь дина доIа жоп луш ду аьлла: ×Куллу ман IалайхIá фáнØ».[8]
ТIабарáнúс дийцина, Iирбáдийгара схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Парз-ламаз динчул тIахьа дина доIа жоп луш ду».
Ибн Iасáкира дийцина Хьадджáджан дахар ша дуьцучу хенахь, Абу Мусагара схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Шен цхьа хьашт долчо, и шен хьашт Деле доьхийла парз-ламаз динчул тIаьхьа».
Кхин а дийцина цо, Ибн Iаббáсера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Суна ца магийна со сужудехь волуш а, рукýIехь волуш а Къуръан дешар. РукýI шаьш дечу хенахь Дела вазве аш, сужуд шаьш дечу хенахь дикка доIа де аш, жоп дала герга ду шуна тIаккха».
Тирмизúс дийцина, Ибн Iумарера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Цхьана Делан лайна доIа дар атта дина хилахь, цо доIа дойла, бакъдолуш АллахIа жоп ло».
Ахьмада дийцина «ЗухIд» жайни тIехь, Халид Алхьиззáа аьлларг: «Iийса-пайхамара – Делера салам хуьлда цунна – олуш хилла: «Шайн дегI дега а дича, шайн баIаьргех хи а даьлча, ишттачу меттехь доIа де аш».
ТIабарáнúс дийцина дикчу санадца, Абу РахIм АссамIийгара схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Шайна гергахь доIина жоп луш долчу хIуманех ду: хьоршам тохар».
КхоалгIа дакъа: ДоIа дар деза долчу меттигех лаьцна дерг
Бухарис дийцина «Ал-Адаб» жайни тIехь, Ахьмада а, Баззáра а дийцина дикчу санадца, IабдуллахIа кIанта Жабира аьлларг: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хIокху маьждигехь – Толаман маьждигехь[9] – доIа дира оршот дийнахь а, шинари дийнахь а, кхаарин дийнахь а, тIаккха цо кхаарин дийнахь шина ламаза юкъахь динчу доIина жоп делира цунна. Цул тIаьхьа дуьйна, сайна тIе цхьа хала хIума хIоьттича, ас цу хенахь ламаз а оьций, кхаарин дийнахь оцу шина ламаз юкъахь Лекха хинволчу Деле доIа дора, даим Дала суна жоп а лора».
ТIабарáнúс дийцина, Ибн Iаббасера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «КаIбатан Iаьржа тIулг болчу агIонна а, ИбрахIим-пайхамар лаьттинчу меттигна а юкъахь йолу меттиг «Мултазам» цIе йолу меттиг ю. Шеца цхьа лазар долчо цу меттехь доIа дийр дац Дала шена жоп делла бен».
СаIид ибн Мансура а, БайхIакъúс а дийцина, Ибн Iаббаса аьлларг: «Мултазам» цIе йолу меттиг Iаьржа тIулг болчу агIонна а, ИбрахIим-пайхамар лаьттинчу меттигна а юкъахь ерг ю. Цу меттехь Деле цхьаъ дехча, Дала цунна цо дехнарг лур ду».
Абу НаIúма дийцина «АссохьáбахI» жайни тIехь, Ваккъáсан кIантера РабúIера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Кхо меттиг ю, Делан лайно цу меттигашкахь дина доIа духатухуш доцуш: цхьа стаг цхьана эрна арахь волуш, цхьана АллахIана бен иза гуш а воцуш цо дина доIа а; цхьана тобанца дIавоьдуш волуш, накъосташа дIатесна Iадвитинчу стага дина доIа а; буьйсанан тIаьххьарчу декъан хенахь хьалагIаьттина дина долу доIа а».
ДоьалгIа дакъа: Дезчу доIанах лаьцна дерг
Бухáрúс дийцина «Ал-Адаб» жайни тIехь, Анаса аьлларг: «Со цхьана хенахь Пайхамарца а волуш – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –, цхьана стага хIара доIа дира: «Йá бадúIас-самáвáти, йá хьаййу, йá къаййýму, иннú асъалука!»[10] аьлла. ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Цо хIуна доIа дира хаьий шуна? Сайн са Шен керахь долчуьнца дуй ма-буу ас, цо доIа дира Делан цIарца, шеца доIа динчунна Дала жоп луш йолчу».
Хьáкима дийцина, Анаса аьлларг: «Тхо Пайхамарца – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьаьна а долуш, цхьа стаг вара ламаз деш. Ша рукуI а, сужуд а дича, доIа дира цо. Цу доIина юкъахь цо элира: «АллóхIумма иннú асъалука бианна лакал хьамду, лá илáхIа иллá анта, бадúIас-самáвáти вал арди, йá зал джалáли вал икрóми, йá хьаййу, йá къаййýму!»[11] ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Цо доIа ди АллахIе Цуьнан уггар йоккхачу цIарца, шеца доIа динчунна Цо жоп луш а йолу, шеца дехначунна Цо дехнарг луш а йолу».
Хьáкима дийцина, Анасера схьа, Делан Элчанна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьана стага олуш хезира аьлла: «АллóхIумма иннú асъалука бианна лакал хьамду, лá илáхIа иллá анта, алхьаннáнул маннáну, бадúIус-самáвáти вал арди, зул джалáли вал икрóми, асъалукал джанната, ва аIýзу бика минан-нáр!»[12] ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Иза доIа деш вара АллахIе Цуьнан уггар йоккхачу цIарца, шеца доIа динчунна Цо жоп луш а йолу, шеца дехначунна Цо дехнарг луш а йолу».
Бухáрúс дийцина «Ал-Адаб» жайни тIехь, Ибн Iаббáса аьлларг: «Шегахь йа сингаттам болчо, йа сахьийзар долчо, йа паччахьах кхоьруш волчо, хIокху дешнашца цо доIа дахь жоп лур ду цунна: «Асъалука билá илáхIа иллá анта, роббус-самáвáтис-сабIи, ва роббул Iаршил Iазúми, ва асъалука билá илáхIа иллá анта, роббус-самáвáтис-сабIи, ва роббул Iаршил карúми, ва асъалука билá илáхIа иллá анта, роббус-самáвáтис-сабIи, вал арадúнас-сабIи, ва мá фúхIинна, иннака Iалá кулли шайъин къодúр».[13] Цул тIаьхьа АллахIе шена луъург доьхийла цо».
Хьáкима дийцина, Бурайдера схьа, Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьана стага олуш хезира аьлла: - «АллóхIумма иннú асъалука бианнака анталлóхIу лá илáхIа иллá антал ахьадус-самад, аллазú лам йалид ва лам йýлад, ва лам йакул-лахIý куфуван ахьад»[14] - тIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Бакъдолуш, ахь АллахIе дийхи Цуьнан уггар йоккхачу цIарца, шеца дехначунна Цо дехнарг луш а йолчу, шеца доIа динчунна Цо жоп луш а йолчу».
Баззáра а, Абу-Шшайха «Ассавáб» жайни тIехь а дийцина, Iаишатера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Делан лайно доьазза – «Йá робб! Йá робб! Йá робб! Йá робб!»[15] - аьлча, АллахIа олу: «Со хезаш ву, Сан лай! Деха Соьга, дехнарг лур ду хьуна!»
ДáракъутIнúс а дийцина Жабирера схьа уьзза хьадис.
ТIабарáнúс дийцина «Ал-АвсатI» жайни тIехь, Анасера схьа, Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьана Iуьйранна Iаишат йолчу чувахана хиллера аьлла. ТIаккха Iаишата аьлла цуьнга: «ХIай Делан Элча! АллахIан цIе Iамаехьа суна, шеца доIа динчунна Цо жоп луш а йолу, шеца дехначунна Цо дехнарг луш а йолу». ТIаккха иза дIавирзира цунах. ТIаккха Iаишата хьала а гIаьттина, ламаз а эцна, элира: «АллóхIумма иннú асъалука минал хойри куллихIи, мá Iалимту минхIу, ва мá лам аIлам, ва бисмикал Iазúмил-лазú изá дуIúта бихIú аджабта, ва изá суилта бихIú аIтIойта».[16] ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «ВаллáхIи! (Делаца дуй буу ас)! Оцу цIерашна юкъахь ма ю и цIе!»
Кхин а дийцина цо «Алкабúр» жайни тIехь, Ибн Iаббасера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Шеца доIа дича Дала доIина жоп луш йолу Цуьнан уггар йеза цIе хIокху áйат юкъахь ю, «Áл-Iимрáн» сурат тIехь: - ×Къулил-лáхIумма мáликал мулки…Ø[17] - и áйат чекхдаллалц».
Кхин а дийцина цо «Алкабúр» а, «Ал-АвсатI» а жайнаш тIехь дикчу санадца, Абу Суфйáнан кIанта МуIáвийас аьлларг: «Суна хезира Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – олуш: «ХIокху пхеа дашца доIа динчунна Дала цо дехнарг лур ду: «Лá илáхIа иллаллóхIу валлóхIу акбар, лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахIу, лахIул мулку, ва лахIул хьамду, ва хIува Iалá кулли шайъин къодúр, лá илáхIа иллаллóхIу ва лá хьавла ва лá къуввата иллá биллáхIи».[18]
Кхин а дийцина цо «Алкабúр» жайни тIехь, Ибн Iумарера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – малхбуза ламаз деш а волуш, цунна хьалхахула цуьнан ламаз дохош жIаьла даьлла хиллера аьлла. ТIаккха СаIд инб Абú Ваккъóса цу жIаьлина доIа дина, Дала иза тIаккха хIаллакдина. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша ламаз дина ваьлча аьлла СаIде: «Муха доIа дира ахь цунна?» Цо аьлла: «Субхьáнака лá илáхIа иллá анта…[19] хIара жIаьла хIаллакде Ахь, цо Хьан пайхамаран ламаз дохадале». ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Ахь доIа дина дешнашца, стигланашна а латтана а юкъахь болчарна ахь цаьрца доIа динехь а хьуна жоп лур дара».
Кхин а дийцина ТIабарáнúс «Ал-АвсатI» жайни тIехь дикчу санадца, Хьасанера схьа, Джундубан кIанта Самурас шега элира аьлла: «Ас цхьа хьадис дийца хьуна, сайна Делан Элчанера – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – мосийттозза хезна долу, Абу Бакарера а, Iумарера а мосийттозза хезна долу: «Ша Iуьйренга ваьлча а, суьйренга ваьлча а хIара дешнаш аьллачо Деле цхьаъ дехахь, Дала цунна лур цо дехнарг: «АллóхIумма анта халакътанú, ва анта тахIдúнú, ва анта тутIIимунú, ва анта таскъúнú, ва анта тумúтунú, ва анта тухьйúнú».[20] Самурас аьлла: IабдуллахI ибн Салáм сайна гича, ас дийцира цунна иза, тIаккха цо элира: «И дешнаш Дала Муса-пайхамарна – Делера салам хуьлда цунна – делла хилла ду. Цо хIора дийнахь ворхIозза доьхуш хилла цу дешнашца, цо дехна долу хIуъа хIума луш а хилла цунна Дала».
ТIабарáнúс дийцина Ибн Iаббáсера схьа, цхьана стага элира аьлла: «ХIай Делан Элча! Духа ца тухуш долу доIа дан а дуй?» Цо жоп делира цунна: «ХIаъ! Ахь ала: «Асъалука бисмикал аIлал аIаззил аджаллил акрам».[21]
Хьáкима дийцина, Абу Ваккъосан кIантера СаIдера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Зун-Нуна ша наначIеран кийрахь волуш дина доIа ду хIара: - ×Лá илáхIа иллá анта субхьáнака иннú кунту миназ-зóлимúнØ[22] - оцу доIанца цхьа а бусалба стага доIа дийр дац, Дала шена цуьнца жоп делла бен».
Хьáкима дийцина, IабдуллахI ибн МасIýдера схьа, цо доIа дина хилла аьлла: «АллóхIумма иннú асъалука úмáнан лá йартадду, ва наIúман лá йанфаду, ва мурóфакъата набиййика Мухьаммадин фú аIлал джаннати, джаннатил хулди».[23] ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла цуьнга: «Деха хIинца, жоп лур ду хьуна».
Хьáкима дийцина, Анасера схьа, Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьана стагана уллох тIехволучу хенахь, цунна хезза хиллера аьлла оцу стага олуш: «Йá архьамар-рóхьимúн!»[24] ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла цуьнга: «Деха хьайна хIинца, бакъдолуш АллахI хьаьжна хьоьга!»
Хьáкима дийцина, Абу Умáматера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «ХIара дешнаш – «Йá архьамар-рóхьимúн!» – олучу стагна тIехIоттийна малийк ду, цо уьш кхозза аьлча малийко олу: «Бакъалла а, къинхетам бечерах уггар къинхетаме верг хьоьга вирзина, деха хьайна».
Хьáкима дийцина, Абу ХIурайрера схьа, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ………[25]
Абу ЙаIлáс а, ТIабарáнúс а, Ибн Аби Аддунйáс «Ал-Адóхьú» жайни тIехь а дийцина, Ибн МасIýдера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Iарафат-буьйсанна хIара дешнаш эзарза ала а аьлла, шена луург дехча, цуьнан дехарна жоп лур ду, цо гергарло дохор а, йа къа хуьлуш долу хIума а ца дехахь: «Субхьáналлазú фиссамáи IаршухIу, субхьáналлазú фил арди мавтIиухIу, субхьáналлазú фил бахьри сабúлухIу, субхьáналлазú финнáри султIóнухIу, субхьáналлазú фил джаннати рохьматухIу, субхьáналлазú фил къубýри къодóухIу, субхьáналлазú фил хIавáи рýхьухIу, субхьáналлазú рофаIас-самáа, субхьáналлазú вадоIал арда, субхьáналлазú лá манжá минхIу иллá илайхIи».[26]
ТIабарáнúс дийцина «Ал-АвсатI» жайни тIехь, Анасера схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлларг: «нагахь хьо хьайн цхьа хьашт доьхуш хилахь, хьайн цу тIехь аьтту хилийта а хьайна лаахь, ахь ала: «Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIу лá шарúка лахIул Iаллиййул Iазúм, роббул Iаршил Iазúм, алхьамду лиллáхIи роббил Iáламúн. ×КааннахIум йавма йаравнахIá лам йалбасý иллá сáIатам-мин-нахIáрин, балáгI.. фахIал йухIлаку иллал къовмул фáсикъýнØ, ×кааннахIум йавма йаравнахIá лам йалбасý иллá Iашиййатан ав духьáхIáØ. АллóхIумма иннú асъалука мýджибáти рохьматика, ва Iазáима магIфиротика, валгIонúмата мин кулли биррин, вассалáмата мин кулли исм. АллóхIумма лá тадаI занбан иллá гIафартахIу, ва лá хIамман иллá фарраджтахIу, ва |