Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

 

Къинхетаме а, Къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!

 

Солáтул аввáбúн – Деле боьрзучеран ламаз1

 

1.   Аввáбúн ламазан хьукм.

2. Аввáбúн ламазан дозалла.

3. Аввáбúн ламазан хан.

4. Аввáбúн ламазан ракаIаташ.

5. Аввáбúн ламазан куц.

PDF

_________________________________________________

 

 

1 - Аввáбúн ламазан хьукм.

 

   Аввáбúн ламаз хьадисашкахь ши маьIна долуш деана ду.

·        Цхьа маьIна: иза Духьá ламаз ду аьлла деана ду. Духьа ламазан хан малх гоьмукъан йохалле хьалабаьлчахьана дуьйна, делкъа хан кхаччалц ю. «Сахьихь Муслим» тIехь а, «Сунан Аддáримий» тIехь а даьхкина хьадисаш, Аввáбúн ламаз Духьá ламаз ду аьлла.

·        ШолгIа маьIна: иза маьркIижна а, пхьуьйра а ламаз юкъахь деш долу ламаз ду аьлла ду. Тирмизийс дийцинчу хьадисехь а, Ибн Абú Шайбас дийцинчу хьадисашкахь а, иштта кхечара дийцинчу хьадисашкахь а деана ду, ПайхамараДелера салават а, салам а хуьлда цуннамаьркIижна а, пхьуьйрана а юкъахь деш долу суннат ламаз Аввáбúн ламаз ду аьлла хилар. Имам МáвардийсДала къинхетам бойла цунахаьлла: «ПайхамараДелера салават а, салам а хуьлда цуннадеш хилла и ламаз, цунах «Аввáбúн ламаз» олуш а хилла цо».

   ШафиIийн мазхIаберчу жайнашкахь «Аввáбúн ламаз» аьлла дуьйцуш дерг маьркIижна а, пхьуьйрана а юкъахь деш долу ламаз ду. Хьанафий а, Хьанбалий мазхIабан Iелам-наха яздинчу жайнашкахь оцу цIарца хьехош дерг Духьá ламаз ду.

   Имам ШирбúнийсДала къинхетам бойла цунахаьлла «МугIнил Мухьтáж» жайни тIехь: «Оцу шина хьадисах хаало вайна, «Аввáбúн ламаз» аьлла йолу цIе Духьа ламазах а, маьркIижна а, пхьуьйрана а юкъахь дечу ламазах а йоккхуш хилар».

   Имам ШавкáнийсДала къинхетам бойла цунахаьлла «Найлул Автр» тIехь: «МаьркIижна а, пхьуьйрана а юкъахь деш долчу ламазах ПайхамараДелера салават а, салам а хуьлда цунна – «Аввáбúн ламаз» аьлла хилар хьадисехь деана ду. И хьадис «Сахьихь» жайни тIехь деанчу вукха хьадисана доьхьал догIуш дацДухьá ламаз «Аввáбúн ламаз» ду аьлла деана долчу. ХIунда аьлча цу шинне хенахь динчуьнан ламаз «Аввáбúн ламазДеле тоба дарца боьрзуш болчеран ламаз» хуьлу».

   Тахана вайна юкъахь «Аввáбúн ламаз» аьлча доьвзаш дерг суьйранна деш долу ламаз ду. Амма Iуьйранна деш долу ламаз «Аввáбúн ламаз» цIарца доьвзаш дац, «Духьá ламаз» цIарца доьвзаш ду. Цундела, Iелам-наха иштта аларца вайна хаьа, и ший а ламаз суннат хилар, цаьршинан шен-шен хан а хилар.

 

2 - Аввáбúн ламазан дозалла.

   Тирмизийс дийцинчу хьадисехь деана ду, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цу ламазах лаьцна элира аьлла: «МаьркIижна а, пхьуьйрана а юкъахь ялх ракаIат динчунна язбийр бу шийтта шарахь Iибадат динчунна болу мел».

   Кхин а цуьнан дозалла вайна доьвза, Имам Мáвардийс – Дала къинхетам бойла цунах – ма-аллара, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – иза деш хилла хиларца а, цо цуьнан: «Деле боьрзучеран ламаз ду иза» - оле, цIе йоккхуш хилла хиларца а.

 

3 - Аввáбúн ламазан хан.

   Цуьнан хан маьркIижа ламазан суннат динчул тIаьхьа дуьйна, пхьуьйра ламаз хан кхаччалц ю.

 

4 - Аввáбúн ламазан ракаIаташ.

   Цуьнан уггар кIеззиг ракаIаташ шиъ ду. Юкъара ракаIаташ ялх ду. Уггар дукха ракаIаташ ткъа ду. Лакхахь дийцинчу хьадисехь деанарг ялх бен ца хилар, кхин дан ца деза бохург дац, хIунда аьлча хьадисан некъаш масийтта долу дела.

 

5 - Аввáбúн ламазан куц.

   Аввáбúн ламаз кхидолу ламазаш санна ду, хIора шина ракаIатехь салам а луш деш ду иза.

   Ниййат дечу хенахь, «Аввáбúн ламаз дан ниййат до ас» аьлла дан деза.

   Ламаз дина ваьллачул тIаьхьа хIара доIа дийр ду:

   «АллóхIумма саддиднú бил úмáни, вахьфазхIу Iалаййа фú хьайáтú, ва Iинда вафáтú, ва баIда мамáтú».[1]

«АллóхIумма иннú аставдиIука úмáнú, фú хьайáтú, ва Iинда мамáтú, ва баIда мамáтú, фахьфазхIу Iалаййа, иннака Iалá кулли шайъин къодúр».[2] хIара кхозза дийр ду.

 

 

Шейх Мухьаммад Хьасан ХьабаннакахI Ал-Майдáнийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла:

 «Суннат ламазех ду Аввáбúн-ламаз – тоба деш, Деле реза хиларе боьрзучеран ламаз. ГIопул хиларан ламаз а олу цунах, цу ламазан хенахь дукхах болу нах юург яарца а, мерг маларца а, шайн дегIан марзонашца а Дела дагавáрах гIопул хуьлу дела, къаьсттина мархин баттахь. Цу ламазах гIопул хилла ца Iаш, шайн маьркIижа ламазах а гIопул хуьле, иза а тIаьхьатотту дуккха а наха, дегIан марзонаш бахьана долуш.

 Аввáбúн-ламазан хан маьркIижа ламаз динчул тIаьхьа пхьуьйра хан кхаччалц ю.

Цуьнан уггар кIеззиг ракаIаташ шиъ ду, юкъара ракаIаташ ялх ду, уггар дукха ракаIаташ ткъа ракаIат ду.

И ламаз дита ца дуьтуш даим дар – хIокху дуьненах стаг къаьстачу хенахь, цуьнан къастар хаза а, Дела реза волуш а хиларан бахьанех ду. Йа АллахI! Тавфикъ ло ахь тхуна цу тIехь, и дан аьтту а хилийта Ахь тхан даим».[3]

 

          



1 ХIокху ламазах дерг лохучу хенахь ас пайда ийцира хIокху жайнех:  «НихIáйатуттадрúб фú назми гIóйатиттакърúб» цIе йолчу фикъхI жайни маьIна деш яздинчу Шейх Мухьаммад Хьасан жайнах а; «МугIнил Мухьтáж»; «ИIáнатуттIóлибúн»; «НихIáйатуззайн»; «Мусаннаф Ибн Абú ШайбахI»; «Сунанул БайхIакъий Алкубрó»; «Найлул автIóр».

[1] «Йа АллахI! Ийманаца нисве Ахь со; соьца ларде Ахь иза сан дахарехь а, со лечу хенахь а, со веллачул тIаьхьа а».

[2] «Йа АллахI! Ас Хьан кера ло сайн Ийман, сайн дахарехь а, со лечу хенахь а, со веллачул тIаьхьа а. Ткъа Ахь соьца лардехьа иза, Хьо баккъалла а массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш верг ву-кх».

[3] «НихIáйатуттадрúб фú назми гIóйатиттакърúб» цIе йолчу фикъхI жайни маьIна деш яздинчу жайни тIехь ду Шейх Мухьаммада цу ламазах лаьцна аьлларг.