Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

 

Къинхетаме а, Къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!

 

Солáтуттасбúхь  -  Тасбихь ламаз [1]

 

1.      Тасбихь ламазан хьукм.

2.      Тасбихь ламазан дозалла.

3.      Тасбихь ламазан хан.

4.      Тасбихь ламаз доькхуш дар.

5.      Тасбихь ламаз юха-юха дар.

6.      Тасбихь-ламаз даран куц.

 

PDF
__________________________________________________

 

1 – Тасбихь ламазан хьукм.

Iелам-нехан шина кепара дешнаш ду тасбихь-ламазах лаьцна. Цхьаболчу Iелам-наха иза дар суннат ду аьлла, дика а ду аьлла. Цхьаболчара иза суннат дац аьлла.

Iелам-нах оцу ламаз тIехь иштта бекъабаларан бахьана и ламаз дуьйцуш долу хьадис нийса хиларна тIехь уьш бекъабалар ду. Цхьаболчара и хьадис нийса ду аьлла, вукхара «дика» хьадис ду аьлла, вукхара «заьIап» ду аьлла, вукхара «кхоьллина» хьадис ду аьлла.

И хьадис масийтта Iелам-стага дийцина ду шайн хьадисийн жайнаш чохь: Тирмизийс а, ДарукъутIнийс а, Ибн Мáджас а, Абу Давуда а, Хьакима а, иштта кхин болчара а.

Ал-Мунзирийс аьлла шен «АттаргIúбу ваттархIúб» жайни чохь: «И хьадис масийтта Iелам-стага нийса ду аьлла. Церах ву: Абу Бакр Ал-Áджуррий а, Абу Мухьаммад Iабдуррахьúм Ал-Мисрий а, Абул Хьасан Ал-Макъдисий а».

Кхин а и хьадис нийса ду аьлла Хьакима а, Ибн Хузаймас а; Абу Муса Ал-Маданийс иза нийса хиларехь жайна яздина.

Ибнул Джавзийс «Кхоьллина хьадисаш» олучу шен жайни юкъахь далийна иза.

И воцучо цхьаболчу кхечу Iелам-наха «заьIап» ду аьлла иза, масала: Имам Нававийс шен цхьадолчу жайнаш тIехь, масала «Аттахькъúкъ» жайни тIехь а, «Шархьул мухIаззаб» тIехь а. Делахь а, «ТахIзúбул асмáи валлугIóт» жайни тIехь а, «Ал-Азкáр» жайни тIехь а иза «дика» хьадис лерина цо.

Иштта цо санна шалха хьукм дина цунна Ибн Хьаджар Ал-Iаскъалáнийс а, «Талхúсул Хьабúр» тIехь «заьIап» лерина цо иза, «Алхисóлул мукаффирахI» тIехь а, «Амáлил азкáр» тIехь а «дика» лерина цо иза.

ТIаьххьара, цу хьадисан нийса хьукм довзуьйтуш, Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамийс шен «Фатáва» жайни тIехь делла фатван дакъа далор ду ас. Имам Ахьмад ибн Хьаджар Ал-ХIайтамийс аьлла – Дала къинхетам бойла цунах -:

«Тасбихь-ламазан хьадисан нийса долу хьукм – иза «кхечуьнца дика»[2] хьадис хилар ду. И хьадис нийса ду аьллачара – Ибн Хузаймас а, Хьакима а санна – иза аларан бахьана «дика» хьадис дуккха а некъашца деъча, цунна «нийса» хьадис олуш хилар хир ду. И хьадис «заьIап» ду аьллачара – Нававийс шен цхьадолчу жайнашкахь а, цул тIаьхьа баьхкинчара а санна – иштта аларан бахьана цуьнан хIора некъ схьалаьцча, иза цхьана некъаца заьIап хилар хир ду. Ткъа иза «дика» ду аьллачо ас хьахийначу бахьанийна аьлла иза. Цу тIехь хаьа вайна, Iелам-наха цунах тайп-тайпана аьллачу дешнашкахь къастам ца хилар. И ду церах цхьаболчара шина тайпана цуьнан хьукм даккхаран бахьана а, цкъа «дика» ду олуш, юха «заьIап» ду олуш, Имам Нававийс а санна, Бусалба динан Шейхо Ибн Хьаджар Ал-Iаскъалáнийс а санна».

ХIокху Iелам-стага вайна гайти, тасбихь-ламаз дуьйцучу хьадисан хьукм. Ткъа, цу ламаз тIехь Iелам-нах бекъабаларан бахьана хьадисан хьукм хилча, тIаккха и хьадис – вайна ма-гарра – «кхечуьнца дика» хьадис а хилча, вайна хаало дуккха баккхийчу Iелам-наха и ламаз де алар а, цуьнан дозалла дийцар а нийса хилар.

ДIадерзош эр ду вай: тасбихь-ламаз дар суннат ду, иза деза ламаз а ду. Имам Тáджуддин Ассубкийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Цу ламазан дозалла шена хезначул тIаьхьа иза ца деш дуьтур дац динца ледарло йеш волчо бен».    

 

2 – Тасбихь ламазан дозалла.

Тирмизийс дийцина долчу, тасбихь ламаз дуьйцучу хьадисехь деана, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шен девешига Iаббасе – Дела реза хуьлда цунна – элира аьлла: «Ваша! Ас дика хIума ала хьоьга? Ас пайдане хIума ала хьоьга?» ТIаккха цо жоп делла: «Алахьа хIай Делан Элча!» Цо аьлла тIаккха: «Ваша! Диъ ракаIат ламаз де ахь…» ТIаккха цо дийцина тасбихь ламазан куц. Цул тIаьхьа аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Хьан къинош юькъа гIум санна делахь а, Дала гечдийр ду хьуна царна (цу ламазца)». Iаббаса – Дела реза хуьлда цунна – хаьттина тIаккха: «ХIай Дела Элча! Цхьана дийнахь хьаьнга далур ду оццул тасбихь?» Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла тIаккха: «Хьайга цхьана дийнахь иза ца далахь, цхьана кIирнах дан хьажа хьо. Цхьана кIирнах а хьайга ца далахь, цхьана баттах дан хьажа хьо иза». Иштта олуш дIавахна иза цуьнга: «Цхьана шарахь цкъа мукъане дан хьажа хьо иза» олуш.

 

3 - Тасбихь-ламазан хан.

Цхьаболчу Iелам-наха хан тоьхна билгал яьхна цхьайолу хенаш, цу хенашкахь дича тасбихь-ламаз кхечу хенел а деза ду аьлла. Делахь а, Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамийс иза цхьана хенан ламаз дац аьлла, муьлххачу хенахь а дан мегаш ламаз ду аьлла, суннат ламаз дан ца мегаш йолу хенаш йоцург. Дийнахь а, буьйсанна а иза дар суннат ду, суннат ламаз дан ца мегаш йолчу хенахь ца дичахьана. Суннат ламаз дан ца мегаш йолчу хенахь мегаш дац иза дар.

 

4 – Тасбихь-ламаз доькхуш дар.

Тасбихь ламаз доькхуш деш дац, хIунда аьлча иза цхьа хан йолуш ламаз доцу дела.

 

5 – Тасбихь-ламаз юха-юха дар.

Иза юха-юха дар а суннат ду, дукха мел-дин а мел бу иза дечунна. Цхьана сахьтехь мосуьйттозза дича а суннат ду иза.

 

6 – Тасбихь-ламаз даран куц.

Тасбихь-ламаз диъ ракаIат ду. И диъ ракаIат цхьана саламца а, йа шина саламца а дан мегаш ду. ХIора ракаIатехь цхьацца Фатихьат деша деза, цул тIаьхьа сурат а деша деза, тIаккха пхийттозза хIара тасбихь дан деза:

«СубхьáналлóхIи вал хьамду лиллáхIи, ва лáилáхIа иллаллóхIу валлóхIу акбар, ва лá хьавла ва лá къуввата иллá биллáхIил Iалиййил Iазúм».

Цул тIаьхьа, рукуIе ваханчул тIаьхьа, рукуIан тасбихь дIадаьллачул тIаьхьа, иттозза юха а дан деза и тасбихь рукуIехь. ТIаккха рукуIера хьалатаьIча а иттозза дан деза, сужудехь а иттозза дан деза, шина сужуд юкъахь охьахиъча а иттозза дан дезза, шолгIачу сужудехь а иттозза дан деза. ТIаккха йа рукуIе хьалагIаттале охьахиинчахь а иттозза дан деза, йа ташшаххIуд (эттахьиг) дешначул тIаьхьа а иттозза дан деза. Оцу кепара, цхьана ракаIатехь кхузткъе пхийтта тасбихь хуьлу иза, оцу деа ракаIатехь хIора ракаIатехь а иштта дан деза.

И тасбихь шена хезар долччул бен кхин чIогIа ца дешар суннат ду. Амма Фатихьат а, цул тIаьхьа долу сурат а, нагахь санна и ламаз дийнахь деш делахь шена хеззачал бен чIогIа доьшур дац, нагахь санна буьйсанна деш делахь и шиъ чIогIа доьшур ду, кхин долчу ламазашкахь санна.

Оцу тасбихьех цхьа тасбихь дицделча, йа ца олуш дисча, вицваларан сужуд дан ца оьшу.

 

Чекхдели тасбихь-ламазах лаьцна яздар.

 

 

Коьрта агIо

          

 



[1] ХIара яздечу хенахь ас пайда ийцира Тирмизийн «Сунан» жайнах а, цуьнан маьIна дечу «Тухьфатул Ахьвазú» жайнах а, Нававийн «Ал-Азкáр» а, «Аттахькъúкъ» а жайнех а, Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамийн «Ал-Фатáвá» жайнах а, IамрúтIúйс яздинчу «НихIáйатут-тадрúб» цIе йолчу жайнах а. Дела реза хуьлда царна массарна а, Дала вайн цаьрца цхьана йалсаманехь цхьана а тохийла.

[2] «Кхечуьнца дика» хилар бохург – цхьана некъаца деана долу хьадис заьIап хилча, цуьнан санна болчу некъаца цуьнан маьIна долуш кхин хьадис а деана хилча, «кхечуьнца дика» хьадис хуьлу иза. Цхьатера маьIна долуш шина заьIапчу некъаца, йа кхаа, йа беа – иштта кхин дIа а – некъашца хьадис деъча, цуьнан некъаш дукха чIогIа заьIап дацахь, и хьадисаш «дикаллин» дарже хьала довлу, вовшийн цара тIечIагIдар бахьана долуш, цундела олу и санна долчу хьадисана: «кхечуьнца дика» хьадис.