|
|
| Видео |
|
Шейх Салман. Хаттар - жоп.
Шейх Салман ал-IавдахI
дуьненна а гIарабевлла бевзаш болчу Iеламнахах ву. Цо яздеш долу а, олуш долу а хIума чIогIа пайдане, маслаIате хуьлу.
Тахана суна шуна довзийта
луурш цо дина цхьадолу хьехарш ду,
Къовларш
юкъахь дерг соьгара ду, важадерг Шейх Салмана яздина ду.
ДАХАР
Хаттар: Кхиаме долчу адаман куцош (амалш) хIун ду аьлла хета хьуна? Жоп: Кхиаме долу адам – иза собаре долу адам, къар ца луш долу адам ду; шена тIеIитталуш йолу халонаш ла́н кийча долу адам ду, шен Делах тешар гIел а ца долуьйтуш, ша шех тешар дIа а ца до́луьйтуш; даим хIума Iамош долуш, хуьлуш болчу хийцамашца до́гIуш хуьлуш, цхьана меттехь саца а ца соцуш, йа оцу хийцамашка ша ла́ла а ца дойтуш. Оцу массо хIуманал хьалха а, тIаьхьа а догIуш Дала аьтту бар а, Цуьнгара гIо хилар а ду.
~ Хаттар: Маца совца деза вай хийцадала гIертачура? Хуьлуш йолчу доьхьалонаша (адамаша а, хиламаша а) ахь хийцавала гIерташ хьоьгуш долу къа доьхьалонашна доьхьал хьоьгуш хуьлуьйту, ткъа иза ша́ оцу хийцамна дIадаха дезаш дара… Хийцавала гIертачура сацар бохург хуьлуш дан а дуй? Жоп: Дикачу агIор хийцадала гIертачура совца ца деза вай кхачамаллин дарже вай кхаччалц (ткъа иза-м хир доцург ма-дай, кхачамалла долуш цхьа АллахI бен ма-ваций). Хийцавалар социйла дац валарца бен. «Ахь Iибадат де ахь хьайн Далла, билггал дерг (Iожалла) хьайга кхаччалц». Сурат «Ал-Хьижр», 99 айат. (Хьой велла дIаваллалц Iибадат де аьлла Дала Шен пайхамаре (Делера салават а, салам а хуьлда цунна), даим даржехь лакхаволуш, хIора дийнахь селханчул дика хуьлуш, Далла герга вахар хIора дийнахь алсамдо́луш хилар ду иза, ткъа иза дикачу агIор хийцавалар а ду).
~ Хаттар: Сайн дахар безаме (йа безамца) муха хуьлуьйтур дара ас? Жоп: Олуш долу дош дика хилийтарца а, велавелла-векхавелла хиларца а, кхечеран вонаш дицдан Iамарца.
~ Хаттар: Шейх Салмана лелош йолу спорт хIун ю? Жоп: Волавалар ду. Тоба вовшахкхетар нислуш хилахь наггахь футбол а ловзу со.
~ Хаттар: Шейх Салмане санна къамел а далуш, цуьнга санна хIума дийцаре а далуш хила хIун дан деза? Сайна хетачух сайца къамел дийриг муха кхетавалур вара соьга? Сайна хетарг тIе муха лацадалайтур дара соьга? Жоп: Юкъара ца волуш йоьшуш хиларца, адамашка ладогIарца а, хьекъале ойла йайтарца а.
~ Хаттар: Шен цхьаболу лаамаш, догдахарш адамана кхочуш хуьлуш ца хилар гича, шеца селхана цхьаьна доьшуш хилларш тахана шена хьоьхуш гича, ша тахана вехаш долчух къаьсташ долу дахаран «зезаг» цунна дезаш хилла хилча, дайна даьлла массо хIума аьлла цунна хеташ хилча… Жоп: Аьтту ца хилар а, кацаялар а дика хьехархо ву, адам шех Iемаш волу. Аьтту боцу стаг ву ца олу вай дуьнена тIехь, аьтту болуш стаг ву а ца олу вай; мелхо а даим къар ца луш дIагIерташ долу адам а ду, халонна хьалха юхадолий цуьнан карадоьдуш долу адам а ду олу вай. Хьекъале волчо цкъаъа догдилла ца деза. Шена тIе мел халонаш хIиттарх, цакхиамаш хIиттарх, даим тешна хила веза иза шена хьалха дерг дика хиларх. ТIейогIучу ханна даим дикачунга догдохуш, дикачунна тIетевжаш а хила веза иза.
~ Хаттар: Мас шо кхаччалц ю адамо шен ойланаш а, лаамаш а, дагахь дерш а кхочуш дан мегар долу хан? Цхьаъа хан юй цу балхана билгаляьлла? Жоп: Валарга кхаччалц ю. Хьо садоьIуш мел ву/мел ю, болх бан а, къахьега а, гIуллакх дан а аьтту бу хьан.
~ Хаттар: Массо адамаш политикахой хIунда хилла, пачхьалкхашна критика еш? Динан гIуллакх лелориш а, бераш а, хIокху лаьтта тIехь лелаш мел верг а! Жоп: ХIунда аьлча пачхьалкхено дерриге адамаш карадерзийна чулоцуш долу дела, доьххьара уьш дуьненчу довлучу хенахь дуьйна делла дIадовллалц! ~ Хаттар: Кегийчу нахана («юношески возрастехь» болчарна) хIун хьехар дийр дара ахь? Шайн дахаран оцу халчу муьрехь цара лелон дезарг хIун ду? Жоп: Дика ла́масташ (амалш, «привычкаш») Iамо а, кхолла а гIорта беза уьш. Шайн хан пайдане долчуьнца яккха еза, масала ешарца а, спортаца а, цхьана хазчу метте дахарца а. Баккхийчерах пайда эца беза цара, церах Iама а беза уьш. Вочу амалех ларбала беза уьш: сигаьрка озарх а, зудаберашка хьежарх а, компьютерни ловзарш марздалийтарх а, телевизорга дукха хьежар марздалийтарх а, иштта кхидIа а.
~ Хаттар: Даим лаам хилла бара сан, дагчохь хилла дара сан, дешар дешна хир ю-кх со бохуш, лаккхара тешаллаш-дипломаш долуш. Делахь а и сан лаам со йалале хьалха белла дIабелира. Арахьарчу махка деша бахийта хIоттийначу къовсам юкъахь йара со 9 бутт хьалха, делахь а Дала яздина ца хиллера иза суна. Суна тIехIиттина болчу хиламаша новкъарло йира суна сан лаамаш кхочуш хилийтарна. ЧIогIа халахийтира суна иза, йилхира со. Делахь а, айса сайга олура ас, диканна хир ду иза суна олий, хIунда аьлча оцу юкъа йахале а, йаханчул тIаьхьа а дуккха «истихара» а динера ас. ХIетте а дагахьбаллам биссина сан. Дикачуьнга чIогIа догдохуш-м ю со, реза а-м ю со… Сайн чевнна дарба хир долуш, сингаттам дIаайбийр болуш долу хьехар каро лаьара суна сайна хьоьгахь, тхан дика да, Шейх Салман… Жоп: Хьайн дахар а, хьайн тIаьхьло а цхьана Iалашонна чудерзадей ма хилийта, и Iалашо хьоьга кхочуш ца йайелча массо хIума доьхна дIадер долчу кепара. Хьайна ца хиллачуьнан меттана ахь лело мегар долуш дуккха кхидолу хIуманаш ду хьуна. Дуьненахь цхьаъа хIума дуй-те аьлла хьал ду, ша́ дан ца луш диссича шен меттина кхин дан хIума доцуш. Хьайна чура хьайн лаам, хьайн дагахьдерг юха самадаккха. Хьайн аьтту болчуьнца, хьайга далуш долчуьнца хьайн болх бе. АллахIа хьайна гIо дийр хиларх а, Шен комаьршаллийца а, Шен ницкъаца а Цо хьуна луург кхочуш хуьлуьйтур хиларх а билггал тешаш хила.
~ Хаттар: ХIокху дахарехь вайн баккхий лаамаш бу, догдахарш ду, тIегIертарг ду. Цхьаволчунна лор хила лаьа, вукхунна инженер, вукхунна кеманхо, и.кх.дI. Делахь а цкъацкъа иштта хIара хIума догIу коьрте: «Дуьне дIадер долуш ду… Ткъа къахьегна хIун до?». Ахь хIун хьехар дийр дара тхуна? Жоп: Дуьне дIадер долуш хилча вай мелла а сиха ве́шан лаамаш а, догдахарш а кхочушдан хьовса деза, шариIатца уьш догIуш мел ду. Валар тIеда́ре хьоьжуш охьа а хевшина Iен ца деза вай.
~ Хаттар: Со хьо санна муха хилалур ю? Жоп: Массо хIуманна цхьатера долу ши адам Дала кхоьллина дац. Дика а, кхиаме а, лаккхарчу дахарехь а хилалур ю хьо собаре хиларца а, ешарца а, хаза гIиллакхаш а, дика амалш а ахь хьайна марзйарца а.
~ Хаттар: Хьо даим цхьа синтем болуш, синпаргIато йолуш го суна. Хьуна тхуначул дика ма девза хIинца вайна гонаха хуьлуш дерг. Къемат де хIоттаран билгалонаш а ма евза хьуна. Шейх, къемат де хIоттарх лаьцна даим дукха ойланаш еш ю со, сайн цIийнадас цхьа хIусам оьцур йара аьлча йа тIейогIучу хенах лаьцна цо цхьа хIума аьлча сайгахь цхьаъа шовкъ йолуш ца хета суна, дуьне дIадаьлла даьлла аьлла хеташ хуьлу со. ХIун хьехар дийр дара ахь суна? И сан хьал а, и суна хетарш а нийса дуй-те? Шейх Сафар Хьавалийс яздина жайна а дешнера ас, цу тIехь цо бохура «оьгIазлонан де» 2012 шарахь хила мегаш ду. Жоп: И хьан хьал оьшучул сов ду, дозанал тIехдаьлла ду. Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла ма ду: «Нагахь санна шух цхьанне керахь синтар а долуш Къемат де тIехIоттахь, шега иза дIаде́луш хилахь дIадоьйла цо иза».
~ Хаттар: Долалуш долчу керлачу шарца хIун хьехар дийр дара ахь суна? Керла шарна муха кечам бийр бара ас, муха тIелоцур дара ас иза? Дахаран агIонашкахь ас хIокху шарахь дича дика хир долу хIуманаш дуй хьан суна дийца? Жоп: Къахьегарца а, дахарца забаре ца хиларца а хьехар хир ду сан хьуна. Дика амалш, хаза гIиллакхаш кхолладалийта хьайгахь эра ду ас хьоьга, масала ешар а, дикачуьнга догдахар а, низамехь хилар (къепе ларйеш хилар) а, цIано ларйеш хилар а, хIума хаза лелор а, хаза дош олуш хилар а…
~ Хаттар: Даим дикачуьнга догдахар а, дикачу агIор ойла йар а дуьйцуш хуьлу хьо. Шейх, хIокху ойла йохош болчу даймахкахь сирла хьажар мичара дера ду? Жоп: Мел чIогIа долчу боданашкахь а карайо дикачуьнга догдохуш волчунна шех тассавала серло, иза мел жима елахь а.
~ Хаттар: Сайн ненаца йолу сайн юкъаметтиг хийца муха хуьйцур йара ас? Цхьайолчу хенахь суна чов йеш долу дешнаш олу цо. Ас цкъацкъа доьхьал жоп ло, цкъацкъа хIумма ца олуш IадIа со, тIаккха сайлахь цо аьлларг дагадогIий йоьлхуш Iа со… Жоп: Кхечара вайх лаьцна олуш дерг оццул чIогIа дагах кхоьтуьйтуш тIелаца ца деза вай. ОьгIаз ваханчохь цхьаъ ала тарло цхьамма, ойла хьевзинчохь ала а тарло, шайна баккъалла ала лууш а доцуш, шаьш цунах тешаш а боцуш… ХIума тIех муха долуьйтур дара а, диц муха дийр дара а Iамаде хьайна. ОьгIаз ваханчохь иштта сиха олуш долчу дешнашкахьа догкIеда а ма хила.
ДОЬЗАЛ
Хаттар: Вайн юкъараллехь хIоьттина лаьтташ проблема ю, дуккха хьелашкахь майра шен зудчуьнца сапаргIат ца хуьлу, йа зуда шен майрачуьнца синтеме ца хуьлу. Доцург дац ас дуьйцург, гуш дерг ду, наха вовшашлахь хьехориг ду. Майрачунна цхьа зуда гича, башхула яц иза муьлхха махкара елахь а, муьлхха болх беш елахь а, сихонца мохь хьокху цо: «Хьажал, неха зударий вайн зударий санна бац!» - олий. Вай зуда ялорехь, йа доьзал кхолларехь цхьа сакхт ду-те? Йа тхуна гуш доцуш цхьа кхин сакхт ду-те цигахь? Жоп: Доьзалан уьйр куц хаза хиларца хIоттаелла зIе яц. Вовший тешаме хилар, цхьаьна дика дахар дIадахьар, вовший гIоьнчий хилар, вовшашна синтем хилар, хIинца долуш долчуьнца а, тIедогIу долчуьнца а дика накъостий хилар, бераш кхиор, дика доьзал кхоллар… (и маьIнеш дукхах болчарна девзаш дац, йа уьш лелош дац; доьзал кхоллар куц-кепан хазаллийна тIехь лаьтташ ду). Доьзала хIоттам чIогIа кхераме сакхташ долуш бу вайн.
~ Хаттар: Дуккха юхайийлинчул тIаьхьа, кхоьруш Iийначул тIаьхьа, хьан йоI (хIара хаттар деш йолу йоI) маре йоьдуш ю… Сайн дахаран некъ сайца цхьаьна дIабахьа ас лехна волчуьнца суна хила лууш, ас дукха лехна долу хIуманаш массо кхочушхилла дац со маре йоьдучуьнца. Оцу балхо со гIеххьа гIайгIанехь латтайо. Делахь а, хIума массо агIор кхачамалла долуш ца хуьлу дела, сайна кхаьчначунна реза хилла со. И сайн керла дахар ас нийса дIадолор долуш, суна цу балхана пайдане хир долуш, гIо дийр долуш, суна дан хьехар хир дарий хьан? Жоп: «Хазалла а ца хуьлу кхачамалла долуш». Хьо хьой а яц массо хIума дика долуш, массо агIор кхачамалла долуш («совершенная» яц хьо а). Хьайн дахаран накъост (хIусамда) дикка вовза веза хьуна, тIаккха хьекъале юкъаметтиг лелон а еза ахь цуьнца. Иза оьгIаз вохуьйтуш, цунна ца де́зош долу хIуманаш хIун ду билгалде хьайна, дикка церах кхета а хьажа, хьайгара уьш ца довлийтархьама. Доьзалан дахарехь болу кхиам («успех семейной жизни») хIума могуьйтуш, тардолуьйтуш хиларца а боьзна бу, ойла даим дика хилийтарца (аьлларг а, лелларг а, даьлларг а вочу агIор ца туьдуш, дикачу агIор тидарца) а боьзна бу, хьайна доьхьал хир долчу хIумане ца хьоьжуш даим дика деш хила хьан ницкъ кхачарца а боьзна бу.
~ Хаттар: 1 шо кхаьчна доьзалхо ву сан. ХIинце дуьйна, Къуран цунна дезар долчу кепара муха кхиор вара ас иза? Къуран дагахь Iамор мас шо кхаьчча доло мегар ду цунна? Кхин а, хьуна хетарехь, доьзалан дахар кхиаме хиларан къайле («секрет успеха семейной жизни») хIун ю? Жоп: Доьзалан дахар кхиаме хиларан къайле безам а бу, хIума тардолуьйтуш-могуьйтуш хилар а ду, саццаза хьоьгара хуьлуш долу дика а ду. Хьайн доьзалхочунна безам ло хьайгара. Цуьнан кхиаре хьаьжжина Iамаде цунна Къуръан а. Кхетош-кхиорах («воспитаних») лаьцна цхьа киншка а еша.
~ Хаттар: Хьуна хаа ма-хаьий, шейх, Дала хьо Iалашварг, безам цхьаъа бахьана а доцуш кхоллалуш хилар, массо заманахь а, массо меттехь а. Дала иза яздина а хилла, стагна а, зудчунна а юкъахь безам кхоллабелча, вовший дезаш долчу шимма мах бале хьалха вовший къамел дар муха ду? Дистхиларан бахьана хIун ду – йоI алсам йовзар ду, мах бинчул тIаьхьа евзича иза йитарх кхоьруш. Жоп: Вовший дезаш долчу шинна гIолий цхьаъа хIума хилла дац захало а дина, доьзал кхолларал. Шун шина доьзална юкъахь барт хилла баьлла белахь, ахь иза ялор а ю, иза хьоьга йогIур а ю аьлла (оьрсаша «помолвка» олург санна), иштта барт хиллачул тIаьхьа хьо цуьнца зIене валар вон хIума дац, тIедогIу долчу дахарх лаьцна барт бан а, цунах лаьцна дийца а. Оцу юкъадогIу хьуна иза йовзар а, цунна хьо вовзар а. Цуьнан доьзална хууш а долуш хила деза хьо цуьнца зIене валар.
БЕРАШ КХИОР
Хаттар: Божабераш а, зудабераш а (кегийнах) вон лелаш хилча, муха хIун лело деза цаьрца уьш дика хилийта? Ахь муха юкъаметтиг лелайо хьайн берашца? Жоп: Со царна герга хила хьожу, цаьрца цхьаьна цхьадолчу хIуманца самукъадаккха хьожу, церан доттагIий бовза хьожу. Со цаьрца (сайн берашца) кIеда-мерза хуьлу. Ас церан лерам бо. КIезга елахь а церан дикчу агIонашца йа дикчу гIуллакхашца уьш хаста а бо ас. АллахIе доIа а до ас, уьш нийсонна тIенисбар доьхуш, царна дикалла йоьхуш.
~ Хаттар: 5 шо кхачаза долчу берашна Пайхамар везар а (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна), цуьнан асхьабаш а безар а муха марздийр дара-те? Жоп: Царна хаза дийцарш дийцарца а, церан хьекъалца йогIуш йолу нашидашка (иллешка, назманашка) ладогIийтарца а, шайн леларца аш гойтуш долчу хазчу масалца а, пайхамарийн а, асхьабийн а дикаллаш царна юьйцуш хьехорца а.
~ Хаттар: ТIе а ца теIош, девнаш а ца деш, сайн кIантана дин дезар а, дика хIума лелор а муха марздийр дара-те ас? Со шена тIаьхьара яьлчахьана аьлла а доцуш, со дIасецчахьана аьлла а доцуш, шена лаа лууш цуьнга шен хенахь ламаз муха дойтур дара-те ас? Лаккхарчу гIуллакхашка лаам болуш а муха хуьлуьйтур вара-те ас иза? Ас лелочунах хуьлуш долу жамI (результат) нисса бIостанехьа дерг а ца хуьлуьйтуш, дов а ца деш, ешар а, хIума довзар а муха марздийр дара-те ас цунна? Хьуна хаийта боху ас, сан кIант хIинца а вакхош бен вац, делахь а иза кхиорехь сайн дIайолайалар доьххьара дуьйна нийса хилийта лаьа суна. (Иштта хила еза дика нана а, дика да а, хьалхе дуьйна шен берийн кхиарца а, дахарца а, леларца а бала кхочуш, хоттуш, йоьшуш, шена оьшург нийсачу некъаца довза гIерташ. Олхазар) Жоп: Вай ве́шан берашна герга хила деза. Цаьрца забар еш хила деза вай, царна вай доьзуьйтуш а хила деза вай. Церан кхолларехь керла долу хIума довза гIерташ а, церан леларехь керла дерг довза гIерташ а хила деза вай. МаьIне долчу хIуманаш тIехь вай лелош болу некъ кхетор хила беза. Масала, ламаз схьалаьцча, цуьнан хьукм довзийта деза берашна, церан дахарехь цо беш болу дика Iаткъам а бовзийта беза, и.кх.дI.
~ Хаттар: Жимчу стагаца («юноша») лелон беза нийса некъ хIун бу? Цуьнан леларехь дика агIонаш муха хилайталур ю? Жоп: Цунна хьой езар йолу бахьанаш лело деза ахь. Цуьнца забар еш хила а еза хьо. Дикка цуьнга ладогIа деза ахь. Цуьнан синхIоттам бовза а беза хьуна, цунна дезарг довза а деза хьуна. Иза ша шех тешийта веза ахь. Шайн леларехь шу дика масал хила а деза цунна.
~ Хаттар: Бусалба динца а, шен деца-ненаца дика хир волчу кепара а сайн доьзалхо кхиорехь суна гIо хир долу хьехарш эшара суна хьоьгара… Шен цхьа шо кхаьчначу хенахь дуьйна даим тхох леташ хуьлу иза, тIара туху, йа шена уллера хIума тIеластайо. Тхо цкъаъа шога хилла а дац цуьнца. Жоп: Вайн проблемех цхьа проблема ю (йоккха проблема! жима а йоцуш) вай еша ца ешар, бераш кхетош-кхиорехь вай ваьшна бевзаш болчу кIеззигчу хаамашна тIетовжар, йа вай кегий долчу хенахь вайн дай-наноша вайна хьоьхуш хиллачунна тIетийжаш Iар (кхин совдовла ца хьовсуш). Кхетош-кхиорах («воспитаних») лаьцна цхьа масех жайна деша лаьа суна ахь, хьайн доьзалхочуьнан синхIоттам бовза гIорта а лаьа суна хьо, цуьнца юкъаметтиг муха лело еза довза гIорта а лаьа суна хьо.
~ Хаттар: АллахIах лаьцна бераша деш долчу хеттаршна жоп муха дала деза оха, масала кхачамбацарех цIена волчу АллахIан куц-кеп муха ду бохуш долчу хаттарна жоп муха дала деза оха? Жоп: АллахIах тешаш болчарна Иза ялсамани чохь гур хилар довзийта деза царна. Делахь а, адамашна цхьанна а ца хаьа (йа хаийла а дац) Цуьнан куц-кеп муха ду. «Массо агIор чулоцучу кепара вовзийла а дац царна Иза». Сурат «ТIо́хIа́», 110 айат.
ЕШАР
Хаттар: Волалуш волчу яздархочо шен яздар туодархьама хIун дан деза? Жоп: Цо дуккха еша еза, еша еза, еша еза! Яздархо ешархо ву цкъа доьххьара.
~ Хаттар: Айса ешна ерг, сайна хезна дерг а алссам дагахь муха латталур ду соьга? Жоп: Юх-юха ешарца а, пайданаш дIаяздарца а, маьIне долчух лаьцна йоьшучу хенахь дикка тидам тIебахийтарца а.
~ Хаттар: Ша́ кхиаме хилийтарх («ша́кхиарх», «саморазвитих») лаьцна долчу жайнех лаьцна хIун аьлла хета хьуна, Iаьрбийн матте гочдина долчу? Ахь церах дешна долу жайнаш муьлхарш ду, муьлхарш деша эра дара ахь тхоьга? Жоп: Масийтта жайна дешна ас церах. Пайдане ду уьш, хIунда аьлча адамашна зеделла долчунна тIедоьгIна ду уьш.
~ Хаттар: Сайца ешаран говзаллаш кхиорехь хIун лелийча дика хир ду ас, тIейогIучу хенахь ас даим лелош суна дезаш долу хIума хир долчу кепара и ешар? Ешаран дуккха долу пайданаш хилийта лаьа суна сайна… Жоп: Хаза а долуш, хьан лаамашца а, хьан чомаца а догIуш долуш долчу кегийчу дийцарш тIера дIадоло мегар ду ешарна марзвалар. Хьой марзваллалц йолчу ханна, доьххьара йолчу юкъахь, оьцуш долу жайнаш (киншкаш) а кегий хилийта, йоьшучу хенахь дукха къахьега дезар доцуш.
~ Хаттар: Бусалба динца а, шен деца-ненаца дика хир волчу кепара а сайн доьзалхо кхиорехь суна гIо хир долу хьехарш эшара суна хьоьгара… Шен цхьа шо кхаьчначу хенахь дуьйна даим тхох леташ хуьлу иза, тIара туху, йа шена уллера хIума тIеластайо. Тхо цкъаъа шога хилла а дац цуьнца. Жоп: Вайн проблемех цхьа проблема ю (йоккха проблема! жима а йоцуш) вай еша ца ешар, бераш кхетош-кхиорехь вай ваьшна бевзаш болчу кIеззигчу хаамашна тIетовжар, йа вай кегий долчу хенахь вайн дай-наноша вайна хьоьхуш хиллачунна тIетийжаш Iар (кхин совдовла ца хьовсуш). Кхетош-кхиорах («воспитаних») лаьцна цхьа масех жайна деша лаьа суна ахь, хьайн доьзалхочуьнан синхIоттам бовза гIорта а лаьа суна хьо, цуьнца юкъаметтиг муха лело еза довза гIорта а лаьа суна хьо.
КХИДЕРГ, ХЬАРАМ-ХЬАНАЛ
Хаттар: Соьца цхьа Iеса хIума ду, цунах дIакъаста лууш а ву со… Тоба до ас, юха а и хIума до́лу соьгара, тоба до ас, юха а и до́лу соьгара… Хьоьгара хьехар эшара суна, Шейх. Жоп: Гечдар доьхучара а, тоба дечара а саца ма саца хьо, и хIума хьайгара эзарза до́луш хилахь а…
~ Хаттар: Сурат дешначул тIаьхьа «СадакъаллохIул-Iази́м» алар муха ду, ламаз тIехь, йа вуьшта а? Жоп: ХIумма дац и аьлча. ~ Хаттар: «Шайн хьашташ кхочушде уьш къайлахь латторца» бохучу дешнех лаьцна хIун аьлла хета хьуна? Жоп: И дешнаш Пайхамаран (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) хьадис ду аьлла дийцина ду, цуьнан иснад вон иснад дац. Ткъа цунах лууш дерг – кхайкхийча зен хуьлуш долу хIуманаш ду. Цундела хилла Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) ша цхьанхьа тIаме ваха араволуш хилча, шена луург цхьана кхечу бахьанца хьулдеш. ~ Хаттар: Музыкин (эшарийн) хьукм хIун ду? Цхьаболчара иза мегаш ю олу, цхьана кхечу кепара олуш берш а бу. Iеламнахана юкъахь иштта къевсина хIума дуй иза? Делахь, муха ду иза? Жоп: ХIокху хаттарехь масех агIо ю: 1 – ДегIан лаамаш меттах бохуш йолу эшарш (хуьлийла иза шен дешнашца, йа хелхаршца) хьарам хилар тIехь цхьаъа къовсам бац, уьш хьарам ю массо Iеламнехан бартхиларца. 2 – Хаза аьзнаш, масала хинан гIовгIа, диттийн гIовгIа, мехийн гIовгIа, иштта кхидIа а – уьш дерриге Делан хаза кхоллар ду. Церах тера ду адамийн хаза аьзнаш а, церах тера долу кхидолу аьзнаш а. (Уьш хьарам дац бохург ду иза). 3 – ЛадогIа лаам а боцуш цхьа хIума хазар зене дац (къа хуьлуш хIума дац). ЛадогIар ду зене дерг. 4 – Iеламнаха тайп-тайпана дийцина дерг кхидIа дерг ду, и лакхахь дерг а доцуш (дегIан лаамаш меттах бохуш йоцу эшарш а, вон лаамаш а, вон ойланаш а кхоллайолуьйтуш йоцу эшарш а, музыкийца цхьаьна лоькхуш хилча). Дукхах болчу Iеламнаха уьш а магийна яц. ~ Хаттар: Зударий цхьанакхетачу меттигашкахь гIийбат дар саца муха лур дара-те? Соьга айса сайн дола дало, делахь а чохь берш гIийбат деш хуьлу, царна юкъахь сан гергарнаш а хуьлу, со хьала а гIаьттина дIайахар нийса хир дац. Жоп: Нагахь санна хьо иштта йолчу меттера ара ца йолуш соцуш хилахь, дуьйцуш долу хIума кхечунна тIе дIахьовзо хьажа, мегаш долу хIума дийца хьажа. Шайна гIийбат деш болчу нахана хьайлахь гечдар а деха.
~ Хаттар: Суна хаьа хIокху гIулкхах лаьцна яьлла йоккха гIовгIа йарий. Делахь а, ас айса хьоьга хатта а хаьттина, ахь суна жоп луш хилча, цхьа ша-тайпана хIума ду иза суна. Вина де даздар мегаш ду-те йа мегаш дац-те? Довзийтахьа суна иза. Жоп: Бакъду иза. Ас мосуьйттозза аьлла дара, цхьана (жимчу) кIанта йа (жимчу) йоIа ша вина/йина де даздар мегаш долчу хIуманашна юкъадогIуш ду, Iибадат хила цхьаъа агIо яц цуьнан. Ткъа цхьаъа хIуманна «бидIат» (керла юкъадаьккхина мегаш доцу хIума) олийла дац нагахь санна иза динца доьзна хIума делахь бен, йа АллахIана герга вуьгуш лелош долу хIума делахь бен. (Билгалдаккхар: Цхьаболчу Iеламнаха ца магадо вина де даздар, иза «бидIат» ду олий. Цундела боху Шейх Салмана кхузахь, кегийчу бераша шайн и де даздар Iибадат ларалуш хIума дац, цара иза шайна цунах ме́л хуьлу аьлла деш хIума дац, йа Далла герга баха гIерташ деш хIума дац, мелхо а иза «Iадаташца» (Iибадат ларалуш доцу дахарера хIуманашца) доьзна ду. Ткъа «бидIат» - иза Iибадатца доьзна долчу хIуманна бен ца олуш. Ткъа баккхийчара-м и берийн ловзарш ишта́-вуьшта́ лелор дац. Олхазар) ~ Хаттар: Кехат тIехь зорба тоьхна долчу Къуръан тIера доьшуш хилча а, электронни Къуръан тIера доьшуш хилча а цхьатерра ме́л буй Къуран дешарна? Жоп: ХIаъ, и шиъ цхьатера ду. Ткъа дика хуург АллахI ву.
|