|
|
|
Къинхетаме а, къинхетам беш а Къуръанаца а, Суннатца а дарба дар Шейх
СаIид ибн Iалий АлкъахьтIаний Гочдархо: Адама Султана Олхазар Пайхамаран шахьар Мединат 4 Зул-КъаIдахI 1425 хI\ш 16/12/2004 _______________________________________________________________
________________________________________________________________
ЖАЙНА ЯЗДИНЧУЬНАН ДЕШХЬАЛХЕ
Берриге хастам бу АллахIана.
Иза хеста а во вай, Цуьнгара гIо а доьху вай,
Цуьнгара гечдар а доьху вай. АллахIаца ларло вай
вешан синойн вонех, вешан Iамалийн вонех.
Дала нисвинарг галваккха цхьа
а вац, Цо галваьккхинарг нисван а цхьа а вац.
Ас тешалла до АллахI воцург кхин Дела вац аьлла – Ша
Цхьаъ ву Иза, накъост а вац Цуьнан –, кхин а ас
тешалла до Мухьаммад Цуьнан лай а, Цуьнан элча а хиларца – Делера салават
хуьлда цунна а, цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна а, къемат де кхаччалц
царна тIаьхьабаьзначарна а, дуккха
маршаллаш а хуьлда царна –:
Цул тIаьхьа:
Шеко яц, Сийлахь Къуръан а, Пайхамарера – Делера
салават а, салам а хуьлда цунна – схьадеанчу
Суннатехь долу доIанаш а пайдане а, кхачаме а дарба хилар.
[Ахь ала: иза (Къуръан) Делах тешначарна куьйгалла а ду, дарба а ду].
[1]
[Оха доссадо Къуръанах (аяташ), Делах тешачарна дарба
а, къинхетам а шайца болуш долу]
[2]
ХIокху аятехь еана йолу дакъалг «мин» -
билгал хIума гойтуш дакъалг ю. Цундела, Къуръан ша-дерг
дарба ду, лакхарчу аятехь деана ма-дарра. [ХIай адамаш! Шуьга кхаьчна
хьехам шун Делера, кийрахь дерг туодеш долу дарба, нийса куьйгалла, Делах тешаш болчарна къинхетам]
[3]
Къуръан кхачаме долу дарба ду массо деган а, дегIан а цамгаршна, дуьненан а, эхартан а цамгаршна,
делахь а, массо неха ца нисло цуьнца дарба лелор. Цомгаш волчо баккъалла а лело ма-деззара, дикка цуьнца дарба лелийча, цунах теша
а тешаш, ша-дерг иза тIе а лоцуш,
даггара цо цуьнца шена дарба дича, цхьане цамгаро йийр яц цу Къуръанан
дарбанна дуьхьало. Муха йан лур ю цамгаршка дуьхьало, стиглан а, лаьттан а Эла волчу Делан къамелана доьхьал, ша лаьмнаш
тIе доссийча уьш лалийна дIадохур долуш долчу, йа ша лаьтта тIе доссийча иза
хадийна юкъах чекхдер долуш долчу. Цхьа а цамгар яц
– дегнийн цамгар, йа дегIан цамгар – Къуръан чохь цунна дарба дан некъ
гайтаза, йа цуьнан бахьанаш довзийтаза, йа цунах ларвалар муха хила деза
хаийтаза. Дала и хIуманаш хоуьйту, Шен Жайнах кхетар Ша
деллачунна. Дала – Нуьцкъала а, Сийлахь а ву Иза –
хьахийна Къуръан чохь дегнийн а, догIмийн а цамгарш а, дегнийн а, догIмийн а
дарбанаш а.
Дегнийн цамгарш шина кепара ю: цакхетаман а, шеконан а цамгар а; дегIан марзонан а, лааман а цамгар а.
Ткъа Дала – ЦIена а, Лекха а ву Иза – хьахийна
дегнийн цамгарш ша-ша хьахош, тIаккха оцу цамгарийн бахьанаш а хьахийна Цо,
церан дарба а хьахийна Цо. [Йа ца тоьъна царна Оха хьуна тIе жайна доссор, (ахь)
шайна доьшуш долу; баккъалла а, цуьнца къинхетам а, хьехам а
бу Делах тешаш болчу нахана]
[4]
Имам Ибнул Къаййима – Дала къинхетам бойла цунах –
аьлла: «Ткъа, Къуръано шена дарба ца динчунна Дала
дарба дийр дац, Къуръанах тоам ца хиллачунна Дала тоам а бийр бац».
Амма дегIан цамгарш –
Къуръано гайтина вайна царна дарба даран баххаш а, церан коьрта дарбанаш а,
церан бакъонаш а. Иза цо гайтар муха хуьлу хьуна аьлча: Къуръан тIехь ю дегIан цамгаршна дарба даран ерриг бакъонаш. И
бакъонаш кхоъ ю: могшалла ларйар, зен дечу хIуманах ларвалар, зене йолу
хIуманаш дегIах дIакъастор; оцу кеппара, кхин йолу агIонаш
а оцу кхаа декъаца йовзар. Ткъа адамо баккъалла а
Къуръанаца дикка дарба дахьара, цунна гур бара цуьнан тамашийна Iаткъам,
сихонца дарба луш болу. Имам Ибнул Къаййима – Дала къинхетам бойла цунах –
аьлла: «Суна тIе цхьа хан хIоьттинера, со Маккахь волуш цомгуш хилла, йа лор а ца карош, йа молха а ца карош. Цу хенахь ас сайна
дарба дора «Фатихьат» суратца. Суна карабора цуьнан тамашийна Iаткъам. Замзам-хи схьа а оьций,
цу тIехь мосуьйттазза доьшура ас и сурат, тIаккха дIамолура ас иза. Суна
карийра иза кхоччуш дарба. Цул тIаьхьа дуккха а
лазаршкахь и дарба леладора ас сайна, кхин ца хиллал чIогIа пайда а хуьлура
суна. Цхьа хIума лозуш волчо соьга шен лазам хьахийча, и дарба хьехара ас,
тIаккха церах дуккха а нах сихонца туолора».
Иштта, пайхамаран нийсачу Суннатехь долчу
«рукъйаташца» дарба лелор а уггар пайдане долчу
дарбанех ду. Ткъа, доIа дар – доIа духатухуш долчу бахьанех иза цIена хилахь
– вон хIума духатохаран а, дезарг хиларан а уггар
пайдане долчу бахьанех ду. ДоIа дар уггар пайдане долчу дарбанех ду,
къаьсттина дикка Деле доьхуш иза дича. ДоIа баланан
мостагI ду, иза буха а тухуш, цунна дарба а деш, иза
боссарна доьхьало йо цо, йа боьссинчул тIаьхьа жимбо цо иза. «ДоIано гIо до доьссина даьллачунна а, доссаза долчунна а.
Цундела – хIай Делан лайш – доIа де аш», «Цхьане
хIумано юха ца туху кхел, доIано бен; цхьане хIумано ца яхйо хан, дикалло
бен». Делахь а, кхузахь цхьа хIума ду, вай шена тIе тидам
бахийта безаш: áйаташ а, азкáраш а, доIанаш а, лардарш а –
шайца дарба лелош долу – уьш ша-дерш шаьш пайдане дарбанаш ду, делахь а,
царна оьшу и дарба лелош волчуьнан ницкъ а, иза ша лелориг дикка къобал деш
хилар а, цуьнгара Iаткъам хилар а. Цундела, иштта дарба лелийначул
тIаьхьа стаг туо ца лахь, бахьана – дарба лелош волчо кхоччуш Iаткъам ца бар ду, йа шена дарба леладойтуш волчо уьш кхоччуш къобал
ца дар ду, йа цу дарбанца цхьа онда дуьхьало хилар ду, цамгар цуьнга дIа ца
йоккхуьйтуш. Рукъайтца дарба дар шина агIонца хуьлуш
ду: цомгаш волчуьнгара цхьа агIо а, дарба лелош волчуьнгара цхьа агIо а.
Цомгаш волчуьнан агIор хила дезарг -
цуьнан са нуьцкъала хилар а, иза баккъалла а Лекха хинволчу АллахIе верзар а,
иза баккъалла а Къуръан муъма-нахана дарба а, къинхетам а хиларх тешар а, дог
а, мотт а цхьанакхетачу агIор иза цамгарх ларвалар а ду.
И хIуманаш цо лелор цо шен мостагIчунна доьхьал тIом бар санна ду, ткъа
тIемалочуьнга толам баккхалур бац шина хIуманца бен: герз ша нийса а, дика а хиларца а; куьг ницкъ болуш хиларца а. Цу шиннах
цхьа хIума галдаьлча, герзо дукха пайда бийр бац, ткъа и шиъ ший а галдаьлла хилча хIун хир ду цунах: дог доьхна хилча,
шеца Дела цхьаъ вар доцуш, Далла тIе болх биллар доцуш, Делах кхерар доцуш,
Деле верзар доцуш – шеца цхьа а герз доцуш. Къуръанаца а, Суннатца
а дарба лелош волчуьнан агIор хила дезарг а и ши хIума ду, цомгаш волчуьнгахь
хила дезаш долу. Цундела аьлла Ибн Аттúна – Дала къинхетам бойла цунах
–: «Лардаршца а, кхечу рукъайташаца а, Делан цIерашца
а дарба дар – иза синдарба ду. Нагахь санна и рукъйат дикчу нехан маттаца
хилахь дарба хир ду, Делан пурбанца».
Массо Iелам-нехан барт
хилла бу, рукъйатца дарба лело мегаш хиларна тIехь, нагахь санна кхо бехкам
вовшахкхетахь:
1.
Рукъйаташ Лекха хинволчу Делан
Къамелаца хилар, йа Цуьнан цIерашца хилар, йа Цуьнан сифáташца хилар,
йа Цуьнан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда
цунна – къамелаца хилар;
2.
Рукъйат Iаьрбийн маттахь хилар, йа
цхьана кхечу маттахь хилар, олучуьнан маьIна кхетаме
а долуш.
3.
Баккъалла Iаткъам беш верг Лекха
хинволу АллахI хиларх тешар, Цуьнан ницкъаца бен цу рукъйато Iаткъам беш ца
хиларх тешар, и рукъйат Дала дарба даран бахьанех
цхьа бахьана хиларх тешар.
Рукъйатца
дарба даран иштта доккха маьIна хиларна, ас сайн «Дела хьахор а, доIа а,
Къуръан тIера а, Суннатера а рукъйатца дарба дар а»
цIе йолчу жайни тIера дацдина схьадаьккхира хIара жайна, тIаккха кхин а –
Дала мукъалахь – пайдане хир долу хIуманаш тIе а туьйхира кхунна. Нуьцкъала
а, Сийлахь а волчу АллахIе доьху ас Цуьнан хазчу
цIерашца а, Цуьнан лекхачу сифáташца а, Цо хIара болх Шен Сийлахьчу
юьхьа доьхьа бар, хIокхуьнца суна а пайда бар а, хIара дешначунна а пайда бар
а, зорбатоьхначунна а, йа хIара арахецарна тIехь дакъа лаьцначунна а пайда
бар а, массо бусалба нахана а пайда бар а, бакъдолуш Иза ву и хIума керахь дерг а, цу тIехь ницкъ кхочуш верг а. Делера
салават а, салам а, беркат а хуьлда вайн Пайхамарна
Мухьамаддна а, цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна а, къемат де кхаччалц
диканца царна тIаьхьабаьзначарна а.
Лекха хинволчу Деле хьашт долуш верг
СаIид ибн Iалий ибн ВахIф
АлкъахIтIáний
Яздина 18/6/1414 хI.ш.
1 – Бозбунчаллийна дарба дар.
Бозбунчаллийна
долу Делера дарба шина декъехь ду:
Хьалхара дакъа: Бозбунчалла хилале цунах ларвеш
долу хIуманаш:
1.
Дала
тIедехкина долу массо хIуманаш кхочушдар, Дала
хьарам дина долу массо хIума Iаддитар, массо вочу хIуманна тоба дар.
2.
Сийлахь
Къуръан дукха дешар, хIора дийнахь шена цу тIера
вирд хIоттор.
3.
Мегаш
долчу лардаршца а, доIанашца а, азкáрашца а
ларвалар. Церах ду: «БисмиллáхIиллазú лá йадурру
маIасмихIú шайъун фил арди ва лá
фиссамáи ва хIувассамúIул Iалúм» - Iуьйранна а,
суьйранна а кхокх-кхозза алар; хIора ламазал тIаьхьа а, дIавуьжуш а,
Iуьйранна а, суьйранна а «Áйатул курсийй» дешар; Iуьйранна а,
суьйранна а, дIавуьжуш а кхокх-кхозза «Къул хIуваллóхIу ахьад» а, ши
«Къул аIýзу» а дешар; хIора дийнахь бIозза
хIара алар: «Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý
лá шарúка лахI, лахIул мулку ва лахIул хьамду ва хIува
Iалá кулли шайъин къодúр»;
Iуьйранна-суьйранна деш долу азкараш а, ламазел тIаьхьа деш долу зикр а,
дIавижаран зикр а, самаваларан зикр а, хIусам чуваларан а, чура араваларан а зикр а, цхьана хIуманна тIехааран зикр а,
маьждиг чуваларан а, цу чура араваларан зикр а, даим дешар, цхьа цамгаран
бала болу стаг гича деш долу доIа даим дар, иштта кхидолу азкáраш даим
леладар – ас дуккха и азкараш хьахийна хьуна «Бусалба стеган гIап» жайни
тIехь, церан хьолашка хьаьжжина а, тайп-тайпанчу меттигашка а, хенашка а хьаьжжина а. Цхьа а шеко яц и азкараш а, доIанаш
а дар бозбунчалла а, бIаьрг хилар а, жинийн хьу хьакхадалар а духатухуш долчу
бахьанех хилар – Делан пурбанца – иштта и азкараш а, доIанаш а уггар
даккхийчу дарбанех ду, и вон цамгарш Iоттаеллачул тIаьхьа а
лело дезаш долу.
4.
Нагахь
таро хилахь Iуьйранна мецчу чоьнна тIе ворхI хурма йаар, Делан Элчанан –
Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хьадисана
тIе а доьгIна: «Iаджва
[5] ворхI хурманна тIехь Iуьйре йинчунна цу дийнахь зен
дийр дац дIоьвшо а, бозубнчалло а». ГIолий ду и
хурманаш Мединатера хилар, шина кIошта юкъара, Муслима дийцинчу хьадисехь
деана ма-дарра. Ткъа Шейх Iабдул-Iазиз инб Бáза
аларехь – Дала къинхетам бойла цунах – Мединатера ерриг хурманашца а ду и
дарба, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла долу
дела: «Ша Iуьйренга волучу хенахь цуьнан шина йиста
юкъара ворхI хурма йиънарг…» Хьадис. Кхин а цо
схьааларехь, и дарба хир ду Мединатера йоцу ворхI хурма йуучунна а.
ШолгIа дакъа: Бозбунчалла хиллачул тIаьхьа цунна дарба дар. Иза масийтта агIор ду:
Хьалхара агIо:
Бозбунчаллийна йоьхкина йолу хIуманаш схьаяхар, ШарIо магийна долчу некъашца уьш стенгахь ю хиъначул тIаьхьа. ХIара агIо цомгаш
волчунна уггар чIогIа дарба хуьлуш йолу агIо ю.
ШолгIа агIо: ШарIехь мегаш йолчу рукъйатца дарба дар. Цу юкъа догIу:
·
Баьццарчу сидран
[6]
ворхI гIа шина тIулга юкъахь йа цхьана кхечу хIуманца ата а отий, лийча тоьар
долччул цу аьттачу гIашна тIе цхьана хIумана чу хи а
дуттий, хIара аяташ деша деза цу хи тIе:
«АIýзу
биллáхIи минашшайтIóнирроджúм»
[АллóхIу лá илáхIа иллá
хIувалхьаййул къоййýм, лá таъхузухIý синатуввалá
навм, лахIý мá фиссамáвáти ва мá
фил ард, манзаллазú йашфаIу IиндахIý иллá биизнихI,
йаIламу мá байна айдúхIим ва мá холфахIум, ва лá
йухьúтIýна бишайъиммин IилмихIú иллá бимá
шáа, васиIа курсиййухIуссамáвáти вал ард, ва лá йаýдухIý хьифзухIумá, ва
хIувал Iалиййул Iазúм].[7]
[Ва авхьайнá илá Мýсá ан
алкъи Iасóка фаизá хIийа талкъофу мá йаъфикýн.
ФавакъоIал хьаккъу ва батIала мá кáнý йаIмалýн.
ФагIулибý хIунáлика ванкъолабý сóгIирúн.
Ва улкъийассахьароту сáджидúн. Къóлý
áманнá бироббил Iáламúн. Робби Мýсá
ва ХIáрýн].[8]
[Ва къóла
фирIавнуътýнú бикулли сáхьирин Iалúм.
Фаламмá джáассахьароту къóла лахIум Мýсá
алкъý мá антум мулкъýн. Фаламмá алкъов
къóла Мýсá мá джиътум бихIиссихьру,
инналлóхIа сайубтIилухIý инналлóхIа лá йуслихьу
Iамалал муфсидúн. Ва йухьиккъуллóхIул хьаккъо
бикалимáтихIú ва лав карихIал муджримýн].[9]
[Къóлý йá Мýсá
иммá ан тулкъийа ва иммá ан накýна аввала ман
алкъó. Къóла бал алкъý, фаизá хьибáлухIум
ва IисиййухIум йухоййалу илайхIи мин сихьрихIим аннахIá тасIá.
Фаавджаса фú нафсихIú
хúфатамМýсá. Къулнá лá тахаф иннака антал
аIлá. Ва алкъи мá фú йамúника талкъоф мá
сонаIý, иннамá сонаIý кайду сáхьирив-валá
йуфлихьуссáхьиру хьайсу атá. Фаулкъийассахьарату суджжадан
къóлý áманнá биробби ХIáрýна
ва Мýсá].[10]
«БисмиллáхIиррохьмáниррохьúм».
[Къул йá аййухIал кáфирýн.
Лá аIбуду мá таIбудýн. Ва лá антум
Iáбидýна мá аIбуду ва лá ана
Iáбидум-мá Iабаттум. Ва лá антум Iáбидýна
мá аIбуду, лакум дúнукум ва лийа
дúн].[11]
«БисмиллáхIиррохьмáниррохьúм».
[Къул хIуваллóхIу
ахьад. АллóхIуссомад. Лам йалид ва лам йýлад, ва лам йакул-лахIý куфуван
ахьад].[12]
«БисмиллáхIиррохьмáниррохьúм».
[Къул аIýзу бироббил
фалакъ. Мин шарри мá халакъ. Ва мин шарри гIóсикъин
изá вакъоб. Ва мин шарриннаффáсáти фил Iукъод. Ва мин шарри хьáсидин изá хьасад].[13]
«БисмиллáхIиррохьмáниррохьúм».
[Къул аIýзу бироббиннáс.
Маликиннáс. ИлáхIиннáс. Мин шаррил васвáсил
хоннáс. Аллазú йувасвису фú
судýриннáс. Минал джиннати ваннáс].[14]
И лакхахь хьахийнарг цу хи тIехь дешначул тIаьхьа, и
хи мер ду кхозза, тIаккха дисинчуьнца луьйчур ву.
Дала мукъалахь, иштта и хIума дича цамгар дIаер ю.
Нагахь санна иза юха-юха а дан дезаш хьал хилахь,
цамгар дIаяллалц юха-юха дича а хIумма а дац. ХIара дарба масийттозза лелийна
а ду, цуьнца дарба хилла а ду, Дала цунах дукха
пайда бина а бу. Шен хIусамнанна герга ца гIорталуш волчу стагна
а дика дарба ду иза.[15]
· Сурат
«Алфáтихьат» а, «Áйатул курсий» а, «Албакъарат» суратан тIаьххьара
ши айат а, сурат «Ал-Ихлáс» (КъулхIу) а, ши «Къул аIýзу» а деша
кхозза, йа кхин а дукха, хьайн шина куьйга тIе хIуп
а олуш, хьайн лозуш йолчу метте аьтту куьг а хьокхуш.[16]
· Ларвар
доьхуш долу дIоанаш а, дарбан доIанаш а, массо дика
чулоцуш долу доIанаш а:
1
– «АсъалуллóхIал Iазúм, роббал
Iаршил Iазúм, ан йашфийака».
[17] (ворхIозза эр ду).
2
– Цомгаш волчо шен куьг шен лозуш йолчу меттиг тIе а
диллина, кхозза - «БисмиллáхI» - а аьлла, хIара доьшур ду ворхIозза:
«АIýзу биллáхIи ва къудротихIú
мин шарри мá аджиду ва ухьáзиру».[18] 3 – «АллóхIумма роббаннáси, азхIибил баъса, вашфи анташшáфú, лá шифáа иллá шифáука, шифáан лá йугIóдиру сакъомá». [19]
4 – «АIýзу бикалимáтиллáхIит-тáммати
мин кулли шайтIóнин ва хIáмматин, ва мин кулли Iайнин
лáмматин».
[20]
5 - «АIýзу
бикалимáтиллáхIит-тáммáти мин шарри мá
халакъ».
[21]
6 - «АIýзу
бикалимáтиллáхIит-тáммáти мин гIодобихIú
ва IикъóбихIú, ва шарри IибáдихIú, ва мин
хIамазáтишшайáтIúн, ва ан йахьдурýни».
[22]
7
– «АIýзу бикалимáтиллáхIит-тáммáти,
аллатú лá йуджáвизухIунна баррун ва лá фáджирун мин шарри мá халакъ, ва бараа ва
зараа, ва мин шарри мá йанзилу минассамáи, ва мин шарри
мá йаIруджу фúхIá, ва мин шарри ма зараа фил арди, ва
мин шарри мá йахруджу минхIá, ва мин шарри фитаниллайли
ваннахIáри, ва мин шарри кулли тIóрикъин
иллá тIóрикъан йатIрукъу бихайрин, йá рохьмáн».
[23]
8
– «АллóхIумма роббассамáвáтиссабIи, ва роббал Iаршил
Iазúми, роббанá ва робба кулли шайъин, фáликъол
хьабби ваннавá, ва мунзилаттаврóти валъинджúли
валкъуръáни, аIýзу бика мин шарри кулли шайъин, анта
áхизун бинáсийатихI. Антал аввалу фалайса къоблака шайъун, ва
антал áхиру, фалайса баIдака шайъун, ва антаззóхIиру, фалайса
фавкъака шайъун, ва антал бáтIину, фалайса дýнака
шайъун».
[24]
9
– «БисмиллáхIи аркъúка, мин кулли
шайъин йуъзúка, ва мин шарри кулли нафсин ав Iайнин хьáсидин,
аллóхIу йашфúка, бисмиллáхIи аркъúка».
[25]
10 – «БисмиллáхIи йубрúка, ва мин кулли дáин йашфúка, ва мин шарри хьáсидин
изá хьасад, ва мин шарри кулли зú Iайн».
[26]
11 – «БисмиллáхIи аркъúка, мин
кулли шайъин йуъзúка, мин хьасади хьáсидин, ва мин кулли
зú Iайнин, аллóхIу йашфúка».
[27]
ХIара лардаран доIанаш а, дарбане доIанаш
а пайденна ду бозбунчалла лелийначунна дарба деш а, бIаьрг хиларна дарба деш
а, жинийн хьу хьакхаделла волчунна дарба деш а, кхийолчу массо цамгаршна
дарба деш а. Уьш массо агIор дарбане долу доIанаш ду, Лекха хинволчу Делан
пурбанца цара пайда а бийр бу.
КхоалгIа агIо: Шена тIехь бозбунчаллин
Iаткъам хаабеллачу дегIан межена тIера, йа цунна уллора ца оьшу цIий
арадаккхар. Нагахь санна и дан аьтту ца хилахь, хIокхул хьалха хьахийна долу
дарба тоьар ду, цу тIехь Далла хастам а бу.
ЙоьалгIа агIо: Вайна массарна а доьвзаш
долчу дарбанашца пайда эцар. Къуръано а, Суннато а
хьахийна Iаламо вайна луш долу дарбанаш ду, нагахь санна вай баккъалла теша а
тешаш, Деле дарба хилийтар а доьхуш, церах хуьлуш болу пайда Делера буй а
хууш, Дала Шена лиъча цу дарбанашца пайда бой а хууш вай уьш лелийча, Дала
мукъалахь церах дарба хир ду. Масала, ораматех а, кхечу цхьацца хIуманех
схьадохуш дарбанаш ду, дарбанчаша уьш лела а деш,
церах билггал пайда хуьлий а хууш долу. Цундела и санна долчу дарбанех пайда
эцарх хIумма а дац, хьарам долу хIуманаш церах
хьакхалуш ца хилчахьана. Делан пурбанца пайда беш дочу дарбанех ду – масала –
моз а, Iаьржа тмин а, Замзам-хи а, догIун-хи а.
Лекха хинволчу АллахIа аьлла:
×Оха доссийна стиглара хи, беркате долуØ.
[28] Иштта дарбане ду зайтдаьтта а, Делан Элчано –
Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла долу
дела: «Зайтдаьтта даа аш, иза хьакха а хьакха аш,
бакъдолуш иза беркате долчу диттах схьадолуш ду».
[29] Цуьнца дарба лелорца а, и даьтта лелорца а,
жайнашкахь дешарца а чIагIделла сецна ду и
зайтдаьтта уггар дика даьтта хилар. Кхин а оцу
дарбанашна юкъадогIу лийчар а, дегIаца цIена лелар а, хаза хьожа йогIу хIума
тухуш хилар а.
2 – БIаьрг хиларна
дарба дар
БIаьрг хиларна дарба дар масех дакъа долуш ду:
Хьалхара дакъа: БIаьрг хилале хьалха
дан дезарг ду, иза а масийтта агIо йолуш
ду:
1
– Азкáрашца а, доIанашца а, ларвалар доьхуш дечу доIанашца
а ша ларвалар, йа бIаьрг хиларна кхерам болуш верг цаьрца ларвар,
бозбунчаллийна дарба даран хьалхарчу декъа юкъахь даьхкина долу доIанаш а
деш.
2
– Ша цхьанна бIаьрг хилийтарна кхоьруш волчо шена йа шеца, йа шен берашца, йа
шен даьхница, йа шен вежаршца, йа цхьана кхечу хIуманца шена хазахеташ долу
хIума гича, цунна беркат хилийта аьлла доIа дан
деза, масала: «Далла лиънарг ду-кх иза! Делера бен ницкъ бац-кх! Везан Дела
беркат де ахь цунна!» - аьлла, хIунда аьлча Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла долу дела: «Шайна шайн вешица
цхьа хазахоьтуьйтуш долу хIума гича, цунна Деле
беркат деха аш».
[30]
3 – Шена бIаьрг хила мега аьлла хеташ волчу стеган
дикаллаш йийца ца юьйцуш къайлайахийта еза.
[31]
ШолгIа дакъа: БIаьрг
хиллачул тIаьхьа дарба дар. Иза а масех
агIо йолуш ду:
1
– БIаьрг хилийтинарг воьвзаш велахь, цуьнга ламаз
оьцуьйту, тIаккха шена бIаьрг хилларг цо ламаз эцначу хица личийта веза.
[32]
2
– Бозбунчаллийна дарба дечу декъана юкъахь деана долу доIанаш а, «КъулхIу» а,
ши «Къул аIýзу» а, «Фатихьат» а, «Айатул Курсий» а, «Албакъарат»
суратан тIаьххьара айаташ а дуккха а деша деза,
куьйгаш тIе хIуп а олуш, тIаккха шен аьтту куьг шен лозуш йолчу метта тIе а
хьокхуш.
3
– И айаташ а, доIанаш а цIенчу хи тIехь доьшур ду, цу тIе хIуп а олуш,
тIаккха и хи мер ду бIаьрг хилла волчо, цунах
диснарг бIаьрг хилла волчунна тIедуттур ду.
[33] Йа зайтдаьттина тIе и айаташ а, доIанаш
а дешна, и зайтдаьтта шен дегIах хьокхур ду.
[34] Нагахь санна таро хилахь Замзам тIехь уьш дешча кхин а кхачаме дика хир ду, таро ца хилахь доIгун-хи тIехь
дешча а дика хир ду.
4
– Цхьана кехат тIехь Къуръанан айаташ а яздина,
тIаккха и кехаташ тIада а деш, царна тIера йоза цхьана хи чохь даша а дина,
бIаьрг хилла волчуьнга и хи малийта деза.
[35] Иштта яздича дика хир
долчу айатех ду сурат «Алфáтихьат» а, «Айатул Курсий» а, «Албакъарат»
суратан тIаьххьара ши айат а, «КъулхIу» а, ши «Къул аIýзу» а,
бозбунчаллийна дарба дечу декъана юкъахь даьхкина долу доIанаш а.
КхоалгIа дакъа: БIаьрг
ца хуьлуьйтуш долу бахьанаш лелор. И бахьанаш иштта ду:
1
– БIаьрг хиларан вонах АллахIаца ларвалар.
2
– Делах кхерар, Делан омрунна муьтIахь хилар, Цо ма
де аьлларг ца дар. Делан Элчано – Делера салават а, салам
а хуьлда цунна – аьлла: «АллахIан хьокъехь дерг ларде ахь, тIаккха Цо хьо а ларвийр ву».
[36]
3
– ХьагI лелош волчуьнца собаре хилар, цунна къинтIера валар, цуьнца дов ца
дар, цунна арз а ца дар, «цунна вониг дийр ду ас»
аьлла шен дагчу хIума ца даийтар.
4
– Болх Далла тIе биллар, болх Цуьнан кера дIабалар.
Далла тIе болх биллинчунна Иза тоьаш ву, цунна кхин
оьшуш хIума дац.
5 – ХьагI лелош волчуьнах кхера ца оьшу, шен даге даим цунах лаьцна
ойланаш йайта а ца оьшу. ХIара
хIума уггар пайдане долу дарба ду.
6
– Деле верзар, Цуьнца догцIена хилар, Иза резавар
лахар – Сийлахь-ЦIена ву Иза -.
7
– Шен къиношна тоба дан деза, хIунда аьлча къиноша стеган мостагIашка цунна
тIехь толам боккхуьйту,
×шуна хилла болу бала – аш шайн куьйга лелийна долу
хIуманаш бахьана долуш бу; Цо дуккха а хIуманна геч
а до шунаØ.
[37]
8
– СагIа дала деза, нахана дика дан деза шен таро
йолччул. Нахана дика даро чIогIа тамашийна йоккха
дуьхьало йо бала тIебáрна а, бIаьрг хиларна а, хьогIан вонна а.
9
– ХьагI лелош волчуьнца а дика хуьлуш, доьвне
ваьллачуьнца а дика хуьлуш, вон дан гIертачуьнца а дика хуьлуш церан вонан
цIераш дIайайъар. И нах хьоьца хьагI лелорехь сов мел-бовлу, вон хIуманца сов
мел-бовлу, доьвнаца сов мел-бовлу, хьо цаьрца дика
хиларца сов вала веза, царна хьехар дарца сов вала веза, церах къахетарца сов
вала веза. Делера цхьа доккха дакъа долуш волчу стаге бен далуш хIума дац
хIара, (церан хьал баккъалла доьвзича бен кхетар волу хIума
а дац).
[38]
10 – Нуьцкъала а, Хьекъале а волу Дела цхьаъ
вар цIена хилийтар, цу тIехь шен дог цIан дар. Цуьнан пурбанца бен хьулуш дац
цхьа а зен а, пайда а – Сийлахь ЦIена ву Иза – Иза
ву и ша-дерг Шегахь долуш верг, Цуьнан керахь ду хIара бахьанаш кхочуш
хилийтар. «Тавхьид» - Дела цхьаъ вар уггар йоккха гIап ю, стаг вочу хIуманах
ларвеш долу уггар доккха лардар ду, цхьаъ цу чуваьллачул тIаьхьа шеко йоцуш
маьрша хуьлуш а ву.
ХIара итт бахьана ду, хьагI лелочуьнан вон а, бIаьрг
хиларан вон а, бозбунчаллин вон а шайца духатухуш
долу.
3 – Жинийн хьу хьакхадаларна, йа жин
адамана чудаларна дарба дар
Шена чу жин даларна а, жинийн хьу хьакхадаларна а дарба
дар шина декъе декъалуш ду:
Хьалхара дакъа – и лазар кхетале дан дезарг:
Бусалба стаг ларвала веза иштта лазар шена
кхетийтарх, дерриг парзаш кхочушдарца а, Дала тIедехкина кхидолу хIуманаш
кхочушдарца а, Цо хьарам динчу массо хIуманах генаваларца а, шегара дийлинчу
дерриге къиношна дохко а ваьлла тоба дарца а, Дела а
хьахош, доIанаш деш а шайтIанех
ларваларца а, суннатехь даьхкина долу лардарш дешарца а.
|