Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

 

Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!

 

«Пайхамарийн дийцарш»

 

Абул-Хьасан Iалий Ан-Надавий

– Дала къинхетам бойла цунах –

 

_______________________________________________

 

 

 

"Нухьан хIурда-кема"

 

 

 

 

АДАМАЛ ТIАЬХЬА

 

Дала беркат дина Адаман тIаьхьенах, цунах хилла дуккха а божарий а, зударий а.

ДIасаяьржина Адаман тIаьхье, алсам хилла иза.

Ткъа, Адам вуха а веана, цунна шен бераш гича, цунна доьвзар дацара уьш.

Цуьнга аьлча: ХIара хьан тIаьхье ю, хIай Адам! - иза цецвер вара чIогIа.

Цо эр дара: Сийлахь-цIена ву АллахI! ХIорш массо а сан бераш ду? ХIара ерриг а сан тIаьхье ю?

Адаман тIаьхьенан дуккха а ярташ хилла, цара дуккха а цIенош дина.

Цара латта охуш хилла, ялта дуьйш хилла, уьш бехаш хилла.

Адамаш шайн де Адаман дин тIехь хилла, АллахIана Iибадат деш, Цуьнца хIумма а накъост а ца луьйцуш!

Адамаш цхьа уммат хилла, шайн да Адам а волуш, шайн Дела АллахI а волуш.

 

 

ШАЙТIАНАН ХЬАГI

 

Делахь а, муха хир ду Иблис а, цуьнан тIаьхье а цунна реза?

Адамаш АллахIана Iибадат деш дац хIинца а?

Адамаш цхьа уммат дац хIинца а, бекъам ца хуьлуш?

Иза хуьлийла дац! Иза хуьлийла дац!

Адаман тIаьхье ялсамани чу гIур ду, Иблис а, цуьнан тIахье а цIерга гIур ду?

Иза хуьлийла дац, иза хуьлийла дац!

Цо сужуд ца дира Адамана, цундела АллахIа иза лаьллира, цунна неIалт элира.

Адаман кIенташна дIа доькъур дацара цо, уьш а шеца цIерга бахийта?

Ца хилса ца долу иза! Ца хилча ца долу иза.

 

 

ШАЙТIАНАН ОЙЛА

 

ШайтIано ойла йина, адамаш цIунашна Iибадат даре кхайкха деза аьлла, тIаккха уьш цIерга дахийтархьама, цкъа а уьш ялсамани ца дахийтархьама.

ШайтIанна хууш хилла, АллахIа Шеца накъост лацар геч ца дой, кхин дерг ша дерг гечдой, Шена лиъча.

ШайтIанна лиъна цундела уьш Делаца накъост варе кхайкха.

Уьш цкъа а ялсамани ца бахийта.

Делахь а, муха хир бу цу тIе некъ, нах АллахIана Iибадат деш хилча?

Иза нахана тIе а дахана, цо цаьрга аьлча:

{ЦIунашна Iибадат де, АллахIана Iибадат ма де}.

Наха цунна вон дешнаш эр ду, цара цунна тухур ю.

Цара эр ду: Делаца ларло тхо! Тхайн Делаца накъост лоцур вара оха? ЦIунашна Iибадат дийр дара оха?

Бакъдолуш, хьо генадаьккхина долу шайтIа ду! Бакъдолуш, хьо боьха шайтIа ду!

 

 

ШАЙТIАНАН ХIИЛЛА

 

Делахь а, шайтIанна неI карийна, цу чухула нехан коьртеш ша кхочур долу.

Цхьа нах хилла (цхьана хенахь), АллахIах кхоьруш хилла уьш, дийнахь-буса а Цунна Iибадат деш хилла уьш.

Иза дукха хьехош хилла цара.

АллахI везаш хилла царна,

АллахIана а безаш хилла уьш, Царна жоп луш хилла Цо, адамашна а безаш хилла уьш, базбеш хилла уьш,

шайтIанна хууш хилла иза дикка.

И нах белла хилла, Делан къинхетаме дехьбоьвлла хилла уьш!

ШайтIа нахана тIе дахана, цо хьахийна и нах.

Цо аьлла: Муха вара шуна юкъахь хьенех а, хьенех а, хьенех а?

Цара аьлла: Сийлахь-цIена ву АллахI! Делан къонахий а, Цуьнан эвлаяаш а бара уьш!

Цара доIа дича Цо жоп лора царна, Цара дехча дала а лора царна.

 

 

ДИКЧУ НЕХАН СУЬРТАШ

 

ШайтIано аьлла: Муха бу шун цаьрга болу сингаттам?

Цара аьлла: ЧIогIа бу.

Цо аьлла: Муха ду шун царна сагатдалар?

Цара аьлла: Доккха ду.

Цо аьлла: ХIора дийнахь цаьрга хьовса хIунда ца хьовсу шу?

Цара аьлла: И муха дан лур ду, уьш белла хилча?

Цо аьлла: Суьрташ де церан, тIаккха хIора Iуьйранна хьовса цаьрга.

Дика хетта нахана Иблиса аьлларг, дикчу нехан суьрташ дехкина цара, цу суьрташка хьовсуш хилла уьш хIора дийнахь,

уьш шайна гича, и дика нах дага богIуш хилла царна.

 

 

СУЬРТАШ ТIЕРА ДIА ХIОЛЛАМАШ ТIЕ

 

Суьрташ тIера уьш дехьа боьвлла хIолламаш тIе.

Цара йина дикчу нахана дуккха хIолламаш,

цара уьш ехкина шайн цIенош чохь а, шайн маьждигаш чохь а.

АллахIана Iибадат деш хилла уьш, Цуьнца цхьа а хIума накъост а ца лоцуш.

Царна хууш хилла уьш дикчу нехан хIолламаш юй.

Иза тIулг а буй, шайна пайда а ца беш, шайна зен а ца деш, шайна рицкъ а ца луш, делахь а цара беркат лохуш цаьргара, уьш йазйеш хилла цара,

хIунда аьлча уьш дикчу нехан хIолламаш йолу дела.

Алсам евлла и хIолламаш царна юккъехь, алсам даьлла уьш йазйар а.

Шайна юкъахь цхьа дика стаг велча, цунна а хIоллам йан буьйла белла уьш, цуьнан цIе туьллуш хилла цара цунна.

 

 

ХIОЛЛАМАШ ТIЕРА ДIА ЦIУНАШ ТIЕ

 

Иштта дIа бахана хIорш,

бершна гина шайн дайша цаьргара беркат лохуш, царна гина шайн дайша уьйш йазйеш, чIогIа йазйарца йазйеш.

царна уьш гуш хилла цу хIолламашна барташ дохуш,

царна тIе куьйгаш хьоькхуш, царна гергахь Деле доьхуш.

Царна уьш гуш хилла царна гергахь шайн кортош охьа оьхуьйтуш, рукуIаш деш, тIаккха кIенташа дайша динчунна кхин а тIетоьхна,

царна сужудаш дан боьвлла уьш.

Цаьрга деха хIиттина уьш, царна гIурба дуьйш хилла цара.

Иштта, и цIунаш деланаш хилла, адамаш царна Iибадат дан боьвлла, хьалха шаьш АллахIана Iибадат даре терра.

Алсамдоьвлла и цIунаш царна юкъахь, хIара Вадд ю,

дIораниг СуваI ю, хIара ЙагIус ю, дIогараниг ЙаIукъ ю, хIара Наср ю.

 

 

ДЕЛАН ОЬГIАЗЛО

 

ОьгIаз вахана АллахI нахана, чIогIа оьгIаз.

ХIунда ца воьду АллахI нахана оьгIаз, неIалт а хIунда эр дац цо?

ХIокхунна кхоьллина Цо уьш? ХIокху хIуманан доьхьа луш ду Цо царна рицкъа?

Делан лаьтта тIехь лелаш бу уьш, Делаца керст деш а бу уьш?!

АллахIан рицкъ дууш а бу уьш, АллахIаца накъост а лоцуш бу уьш?!

Баккъалла а, доккха зулам ду иза!

ОьгIаз вахана Дела нахана, сацийна Цо догIу, гатто йина Цо царна.

Жимделла ялта, жимйелла тIаьхье.

Делахь а адамаш хьекъале ца даьхкина, делахь а адамаша тоба ца дина.

 

 

ЭЛЧА

 

АллахIана лиъна царна элча вахийта царна юкъара цхьа стаг, цаьрга вист а хуьлуш, царна хьехар а деш.

АллахI вист ца хуьлу цхьаццанга,

АллахIа ца олу хIора цхьаьнга: иштта а де, иштта а де.

Паччахьаш бист ца хуьлу цхьаццанга.

Паччахьаш ца боьлху хIора цхьанна тIе, шаьш хIоранга а олуш: иштта а де, иштта а де.

Паччахьаш адамаш ду кхидолу адамаш санна, хIора цхьаьнна а ницкъ кхочу уьш ган а, церан къамел хаза а,

Ткъа, цхьаьнне а ницкъ бац АллахI ган а, Цуьнан къамел хаза а, цуьнга вистхила а.

цхьаьнне а ницкъ ца кхочу цу тIехь АллахIана линчуьнан бен, АллахIана лиъча бен!

Цундела АллахIана лиъна адамашна элча вахийта, цаьрга вист а хуьлуш, царна хьехар а деш.

 

 

АДАМ, ЙА МАЛИЙК

 

АллахIана лиъна и элча адам хила, иза адамашна юкъара цхьаъ хила,

нахана иза вовза а воьвзаш, царна цуьнан къамел а доьвзаш. Элча малийк хилча, наха эр дара: ХIун ду тхуна а, цунна а?

Иза малийк ду, тхо адамаш ду.

Оха яа а юу, мала а молу, тхан охIлу а, тIаьхье а ю, ткъа оха муха дийр ду АллахIана Iибадат?

Элча адам хилча, цо эр ду: Ас яа а юу, мала а молу, сан охIлу а, тIаьхье а ю, ас АллахIана Iибадат а до, ткъа аш хIунда ца до АллахIана Iибадат?

Элча малийк хилча, адамаша эр дара: Хьо хьаг а ца ло, мац а ца ло,

хьо цомгаш а ца хуьлу, дала а ца ле, цундела ахь даим АллахIана Iибадат до, Иза хьехаво!

Тхо адамаш ду, тхо хьаг а ло, мац а ло, цомгаш а хуьлу, дала а ле,

ткъа оха муха дийр ду АллахIана Iибадат даим, оха муха хьехор ву Иза даим?

Элча адам хилча, цо эр ду: Со шу санна ву, хьаг а ло со, мац а ло, цомгаш а хуьлу со, вала а ле, АллахIана Iибадат а до ас, Иза хьеха а во,

ткъа аш хIунда ца до АллахIана Iибадат, Иза хьаха а хIунда ца во аш?

ТIаккха дIахедар ду адамийн къамел, царна карор дац бахьана.

 

 

ЭЛЧА НУХЬ

 

АллахIана лиъна Нухь цуьнан къомана элча ван.

Къома юкъахь хилла хьолахой а, паччахьаш а,

делахь а, АллахIара Нухь хаьржина Шен кхайкхамана. Церах цхьа а ца хаьржина Цо.

АллахIана хаьа Шен кхайкхам хьан лелор бу,

АллахIана хаьа Шен тешамалла хьан лелор ду.

Нухь дика а, комаьрша а стаг хилла,

Нухь хьекъале а, кIеда-мерза а стаг хилла.

Нухь хьехар деш а, къахеташ а стаг хилла,Нухь бакъ луьш а, тешаме а хилла. АллахIа хаьржина Нухь Шен кхайкхамана, Цо доссийна цунна тIе:

{Кхерам ло ахь хьайн къоме, лазаме долу Iазап царна дале хьалха}.

Нухь гIаьттина шен къома юкъахь, нахе олуш:

{Бакъдолуш со шуна тешаме элча ву}.

 

 

ХIУН ЖОП ДЕЛЛА ЦУННА КЪОМО?

 

Шен къома юкъахь Нухь хьалагIаьттича, олуш:

{Бакъдолуш со шуна тешаме элча ву}.

Цхьаболу нах гIевттина, олуш: Маца хилла хIара пайхамар?

Селхана тхоьх цхьа стаг вара хIара, тахана олуш ву хIара: "Со Делан Элча ву шуна!"

Нухьан доттагIаша аьлла:

ХIара тхоьца ловзуш вара жималлехь, тхоьца хиъна Iийна ву хIора дийнахь, маца деъна цуьнга пайхамаралла? Буьйсанна, йа дийнахь?

Хьолахоша а, кураллаш ечара а аьлла: АллахIана ца карийна иза воцург кхин цхьа а?

Массо адамаш дала-м ца делла? Къома юкъахь къен ста бен ца карийна?

ЖехIил наха а аьлла:

{ХIара шу санна адам бен дац}.

Кхин а цара аьлла:

{АллахIа Шена лиънехьара диссор дара малийкаш; тхуна хезна дац хIара хIума тхайн хьалхарчу дайшкахь}.

Цхьаболчу наха а аьлла: Нухь шена паччахьалла а, сийлахьалла а кхачийта лууш ву цу некъаца.

 

 

НУХЬАНА А, ЦУЬНАН КЪОМАНА А ЮКЪАХЬ

 

Нахана хеташ хилла, цIунашна Iибадат дар - иза бакъ дерг ду аьлла,

цIунашна Iибадат дар - иза хьекъале дерг а ду аьлла.

Царна хеташ хилла, цIунашна Iибадат ца деш верг тилар чохь а, сонталлий чохь а ву аьлла.

Цара олуш хилла: Тхан дай а хилла цIунашна Iибадат деш, ткъа оха хIунда дийр дац царна Iибадат?

Нухьана хеташ хилла цIунашна Iибадат дар тилар хилар, цIунашна Iибадат дар сонталла хилар.

Нухьана хеташ хилла, дай тилар чохь а, сонталлий чохь а хилла хилар.

Дайн да волу Адам а, ца хилла цIунашна Iибадат деш ца хилла хилар, муххале а иза АллахIана Iибадат деш хилла хилар.

Къам тилар чохь а, сонталлий чохь а хилар, уьш тIулгана Iибадат деш болу дела, шаьш кхоьллина волчу АллахIана цара Iибадат ца до дела.

ГIаьттина Нухь къома юкъахь, шен уггар лекхачу озаца олуш:

{ХIай сан къам, Iибадат де АллахIана, Иза воцург кхин Дела вац шуна, бакъдолуш, доккхачу дийнан лазаме долчу Iазапах кхоьру со шуна}.

{Цуьнан къома юкъара цхьана наха аьлла: Тхуна хьо хета гуш долчу тилар чохь}.

{Цо аьлла: ХIай сан къам, тилар дац соьца, делахь а Iаламийн Делан элча ву со, ас шуьга кхачабо сайн Делан кхайкхамаш, хьехар а до ас шуна, шуна ца хуург а хаьа суна Делера схьа}.

 

 

ЛЕДАРА НАХ ХIИТТИНА ХЬУНА ТIАЬХЬА

 

Дукха кхахьегна Нухьа, шен къоме иман диллийта гIерташ, цаьрга АллахIана Iибадат дайта а, цIунаш Iадда дитийта а гIерташ.

Делахь а, Нухьаца иман ца диллина цуьнан къомах цхьаболчу наха бен.

Цуьнца иман ца диллина, шайн куьйга болх а беш, хаьанл рицкъа дууш болу цхьаболу наха бен.

Амма цуьнан къома юкъара хьолахой - церан куралло совцийна уьш Нухьана муьтIахь хиларх.

Уьш дIахьовзийна церан даьхнино а, бераша а, эхартан ойла йарх, цара олуш хилла: Тхо сий долу нах ду, хIорш ледара нах бу.

Нухьа уьш АллахIе кхайкхича, цара аьлла:

{Тхо тешар ду хьох, хьуна тIаьхьа хIиттинарш ледара нах хилча?}.

Цара Нухье и миска нах лахкар дехна.

Делахь а, Нухьа духьалваьлла, цо аьлла:

{Делах тешаш берш лохкур болуш вац со}.

Сан неI паччахьан неI яц,

{Со кхетаме волу кхерам балархо бен вац}.

Нухьана хууш хилла, и миска нах баккъалла а цIенчу даггара Делах тешаш буй.

АллахI оьгIаз гIур вуй а, ша хIара миска нах лаьхкича, шена Цо цкъа а тIаккха гIо а дийр доций.

Нухьа аьлла:

{ХIай сан къам! Ас уьш лаьхкича, Далла хьалха гIо хьан дийр ду суна?}.

 

 

ХЬОЛАХОЙН ТЕШАЛЛА

 

Хьолахоша аьлла: Нухьан кхайкхам бакъ а бац, дика а бац.

ХIунда?

ХIунда аьлча, вайна даим гина долу дела, массо дикаллехь вай хьалхара хилар.

Даарх уггар диканиг ду вайн, духарх уггар хазаниг а ду вайн.

Массо хIуманна тIехь нах тIаьхьабозуш бу вайна.

Вайна гина, вайх дика галдаьлла тIех ца долий, кху гIалахь иза вайл тIех ца эккхий.

Ткъа хIара дина дика делхьара, оцу миска наханачал хьалха вайна деана хир дара иза.

{Иза дика делхьара вай хьалхадоьвлла хир цу тIехь церал}.

 

 

НУХЬАН КХАЙКХАМ

 

Кхайкхам бина Нухьа шен къоме, къахьегна цо хьехар деш.

{Цо аьлла: ХIай сан къам, бакъдолуш со шуна кхетаме волу кхерам балархо ву, Iибадат де АллахIана, кхера а кхера Цунах, муьтIахь а хила суна, тIаккха Цо гечдийр ду шун къинош, тIаьхьа а тоттур ду Цо (Шен Iазап) цхьанна ханна, бакъдолуш, Делан хан тIекхаьчна яьлча иза тIаьхьатоттуш яц, хууш делара-кх шуна}.

АллахIа догIа сацийна хилла церах, оьгIаз вахана Иза царна, жимделла ялташ а, тIаьхье а.

Нухьа аьлла: ХIай сан къам! Аш ийман диллахь, АллахI реза хир ву шуна, хIара Iазап дIадер ду шуна.

ДогIанаш дохкуьйтур ду цо шуна, беркат дийр ду Цо шуна рицкъанах а, берех а.

Кхайкхина Нухьа шен къам АллахIе, цо аьлла цаьрга: АллахI ца воьвза шуна?

ХIара Делан билгалонаш ю шуна гонах, ца хьовсу шу цаьрга?

Стиглане а, латтане а ца хьовсу шу? Малхе а, батте а ца хьовсу шу...?

Хьа кхоьллина стигланаш? Царна юкъахь бутт нуьре а хьа бина, малх тогар санна а хьа бина?

Шу а хьа кхоьллина, шуна латта а мотт санна хьа дина?

Делахь а, Нухьан къам хьекъал чу ца деъна! Делахь а, Нухьан къам АллахIах ца тешна!

Муххале а, Нухьа шаьш АллахIе кхайкхича, шайн лергаш чу шайн пIелгаш доьхкина цара.

Муха кхетар ву хезаш воцург? Муха хещар ду, хаза ца луучунна?

 

 

НУХЬАН ДОIА

 

Дукха къахьегна Нухьа, ехачу хенахь Iийнахь иза шен къоме кхайкхам беш.

Шовзткъе итт шо доцург, эзар шарахь Iийна Нухь шен къома юкъахь, уьш АллахIе кхойкхуш.

Делахь а, Нухьан къам ца тешна АллахIах.

Цара ца дитина цIунашна Iибадат дар, уьш ца бирзина АллахIе.

ХIун хан кхаччалц хьежа веза Нухь? Меллалц ган беза цунна дуьненан бохам? Меллалц ган деза цунна тIулгана Iибадат деш хилар?

Меллалц ган беза цунна нах, АлахIан рицкъа а дууш, Иза воцучунна Iибадат а деш?

ОьгIаз хIунда ца воьду Нухь? Ша воцучо кхин цхьамма а ца дина долу собар ма дина цо!

Цхьа эзар шарахь, шовзткъе итт шо доцург. АллахI воккха ву-кх массо хIумнал, АллахI воккха ву-кх массо хIумнал.

АллахIа вахьйу доссийна Нухье:

{Кхин ийман дуьллур дац хьан къомо юкъара цхьамма а, хIинццалц диллинчо бен}.

Нухьа шайга кхин цкъа а кхайкхам бича, цуьнан къомо аьлла:

{ХIай Нухь! Къевсина ахь тхоьца, дукха боккха хилла хьан къовсам, айхьа тхуна хир ду баьхнарг хилийта тхуна, нагахь санна хьо бакъ луьш болчерах велахь}.

Дела доьхьа оьгIаз вахана Нухь, догдиллина цо церах, аьлла цо: Йа АллахI! Дуьнена тIехь керста нахах цхьа а ма вита Ахь.

 

 

ХIУРДА-КЕМА

 

АллахIа жоп делла Нухьан доIийна, Цунна лиъна цуьнан къам хи буха дахийта.

Делахь а, АллахIана лууш хилла Нухь а, ийман диллинарш а кIелхьара бовла.

Цо омру дина Нухьана, доккха хIурда-кема де аьлла.

ДIаволавелла Нухь доккха кема дан.

Цуьнан къомана гина иза и болх беш, тIаккха дан хIума карийна царна.

Сийсазлонаш йан боьвлла уьш цунах.

ХIара хIун ду хIай Нухь? Хьох дечика-пхьар маца хилла?

Оха ца алара хьоьга ма хийша оцу лахарчу нахаца охьа?

Делахь а хьуна ца хезира оха дуьйцург, хьо охьахийжира дечика-пхьерашца а, аьчка-пхьерашца а, цундела хьох хилла дечика-пхьар!

ХIара хIурда-кема стенга доьдуш ду хIай Нухь? Хьан гIуллакхаш дерриге тамашийна хIума ду.

ГIум юкъахь дIагIур ду хIара, йа лома тIе хьаладер ду иза?

ХIорд кхузара дIа чIогIа генахь бу, жинаша дIухьур ду иза, йа стерчаша дIатакхор ду иза?

Нухьана хезаш хилла и дерриг хIума, цо собар деш хилла, цул чIогIа дерг а хеззера цунна, хIетахь а собар дира цо.

Делахь а, цкъацкъа олуш хилла цо цаьрга:

{Аш тхо сийсаз дахь а, оха шу а дийр ду сийсаз, аш тхо сийсаз даре терра!}.

 

 

ХИ ТIЕДАЛАР

 

ТIекхаьчна Дала хир ду аьлларг, Делаца ларло вай!

Стиглано догIа делхийна, делхийна, делхийна, делхийна.

Стигал, хи чохь ца соцу цаца болуш санна (дилхина догIа).

Лаьттах хьаладаьлла хи, дIадоладелла иза, нахана массо агIор гуо баллалц.

АллахIа вахьйу делла Нухье: Хьайца съьаэца хьайн къомах а, хьайн охIлунах а хьайца тешнарг.

АллахIа вахьйу делла Нухье, хIора дийнатах а, олхазарх а шишша шеца схьаэца аьлла, боьрша а, стен а.

ХIунда аьлча хи тIедалар доккха долу дела, адам а, дийнат а цунах кIелхьара дер доцу дела.

Иштта дан а дина Нухьа, цуьнца кеман тIехь хилла цуьнан къома юкъара цуьнца ийман диллинарш.

ХIора дийнатах а, олхазарх а шишша.

ДIадоладелла хIурда-кема, уьш а эцна, лаьмнаш санна йолчу тулгIеш юкъахь.

Къам хьаладаьлла массо лекхачу метте, хIора гу тIе, Делан Iазапах уьдуш.

Делахь а, Делах вада меттиг яц, Цуьнга цхьаьнга йоцург.

 

 

НУХЬАН КIАНТ

 

Нухьан цхьа кIант хилла, керста динчаьрца хилла иза.

Нухьана гина шен кIант, тIедолучу хи юкъахь, цо аьлла:

{ХIай сан кIант! ТIехаа тхоьца, ма хила керст динчаьрца}.

{Цо аьлла: Со гIур ву лома тIе, цо ларвийр ву со хих}.

{Цо аьлла: Делан омрунах тахана ларвархо вац, Цо къинхетам бинчунна бен}.

{Цаьршинна юкъайоьлла тулгIе, иза хилла хи буха баханчех}.

Са хьоьвзина Нухьан шен кIантана. Муха хьовзар дац цуьнан цунна са, иза цуьнан кIант хилча?

Цунна лиъна шен кIант къемат дийнахь цIерах кIелхьара валийта, селхана хих иза кIелхьара ца ваьлла хилча.

Баккъалла а, цIе хил чIогIа ю, эхартан Iазап а хало ду. Дала цуьнга цуьнан охIлу кIелхьарадоккхур ду ца аьллера? Дера (аьллера)!

Бакъдолуш, Делан ваIд бакъ ду.

Цунна лиъна тIаккха шен кIантана Далла гергахь шафаIат дан.

 

 

ИЗА ХЬАН ОХIЛУНАХ ВАЦ

 

{Нухь къайкхина шен Деле, цо аьлла: Сан кIант сан охIлунах ву-кх, бакъдолуш Хьан ваIд бакъ а ду-кх, Хьо кхел йечарна юкъахь уггар дика кхелахо а ву-кх}.

Делахь а, Дела гергарлоне ца хьожу, муххале а Иза Iамалшка хьожу.

АллахIа къобал ца до Шеца накъост лаьцначарна дина шафаIат а.

Делаца накъост лаьцнарг пайхамаран охIлунах вац, цуьнан кIант иза велахь а.

Дала семо йина Нухьана цу тIехь, Цо аьлла:

{ХIай Нухь, бакъдолуш иза хьан охIунах вац, иза дика йоцу Iамал ю, ткъа ахь хаттане а ма хатта хьайгахь Iилма доцу хIума, Ас хьехар до хьуна, хьо жехIил нахах ца хилийта}.

Семо хилла Нухьана цунах, цо тоба дина АллахIе, цо аьлла:

{Сан Дела, со ларло Хьоьца айса Хьоьга сайгахь Iилма доцу хIума дехарх, нагахь Ахь суна геч а дина, сох къинхетам ца бахь, со эшам хиллачерах хир ву}.

 

 

ХИ ТIЕДАЛАРАЛ ТIАЬХЬА

 

АллахIана лиънарг хиллачул тIаьхьа, керста нах хи буха баханчул тIаьхьа, стиглано сацийна (догIа), дIахуьйдина хи.

Джуди лома тIехь нисделла сецна хIурда-кема,

{Аьлла: Ма геналла ю-кх зуламе хиллачу нахана}.

Аьлла: ХIай Нухь, охьавосса маьрша.

Охьавоьссина Нухь а, хIурда-кеман тIера накъостий а, лаьтта тIехь маьрша дIабуьйлабелла уьш.

Нухьан къома юкъара керстанаш хIаллакьхилла, стигал а, латта а делха а ца дилхина царна тIехь.

Дала беркат дина Нухьан тIаьхьенах, уьш дIасабаьржина лаьтта тIехь, цара дуьзна дуьне.

Цу юкъахь хилла умматаш, цу юкъахь хилла пайхамарш а, паччахьаш а.

{Маршалла ду Нухьана Iаламашкахь}.

{Маршалла ду Нухьана Iаламашкахь}.

 

 

                         __________________________________________________

                  Коьрта агIо     Жайнийн цIерш