|
|
|
Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца! «Пайхамарийн дийцарш»
Абул-Хьасан Iалий Ан-Надавий – Дала къинхетам бойла цунах –
_______________________________________________
"ИбрахIим пайхамар" Делера салам хуьлда цунна
ЦIУНАШ ДОХКАРХО
Дуккха денош хьалха. ЧIогIа дукха денош хьалха. Цхьана юьртахь цхьа стаг хилла, чIогIа гIараваьлла волу. Цу стеган цIе Азар хилла. Азар цIунаш духкуш хилла. Цу юьртахь цхьа доккха цIа хилла. Цу цIа чохь цIунаш хилла, чIогIа дукха цIунаш хилла. Адамаша цу цIунашна сужуд деш хилла. Азара а цу цIунашна сужуд деш хилла. Азара цу цIунашна Iибадат деш хилла.
АЗАРАН КIАНТ
Азаран цхьа кхетаме кIант хилла, чIогIа кхетаме. Оцу кIентан цIе ИбрахIим хилла. ИбрахIимана адамаш гуш хилла, цIунашна сужудаш деш. Цунна гуш хилла нах, цIунашна Iибадат деш. ИбрахIимана хууш хилла и цIунаш тIулгаш дуй. Цунна хууш хилла цIунаш дист а ца хуьлий, царна хаза а ца хезий. Цунна хууш хилла цIунаша зен а ца дой, йа пайда а ца бой. Цунна гуш хилла, моза цIунашна тIе охьахуьжуш, цара иза буха а ца тухуш. Цунна гуш хилла, дахко цIунийн даар дууш, цара иза саца а ца беш. ИбрахIима олуш хилла ша-шега: Наха цIунашна сужуд хIунда до? ИбрахIима хоттуш хилла ша-шега: Наха цIунашка деха хIунда доьху?
ИБРАХIИМАН ХЬЕХАР
ИбрахIима олуш хилла шен дега: ХIай сан да! ХIокху цIунашна Iибадат хIунда до ахь? ХIай сан да! ХIокху цIунашна сужудаш хIунда до ахь? ХIай сан да! ХIокху цIунашка деха а хIунда доьху ахь? Бакъдолуш, хIокху цIунаша къамел ма ца до, царна хаза а ма ца хеза! Бакъдолуш, хIокху цIунаша зен а ма ца до, пайда а ма ца бо! Муьлха бахьанийна дуьллу ахь царна даар а, малар а? Бакъдолуш, хIокху цIунаша - хIай сан да - яа а ма ца юу, мала а ма ца молу! Азар оьгIаз воьдуш хилла, иза кхеташ ца хилла. ИбрахIима шен къомана а хьехар деш хилла, нах оьгIаз боьлхуш хилла, уьш кхеташ ца хилла. ИбрахIима аьлла: Ас кегдийр ду цIунаш, нах дIабахча, тIаккха кхетар бу нах.
ИБРАХIИМА ЦIУНАШ КЕГДО
ТIедеъна деза де, хазахетта хилла нахана. Нах арабевлла дезчу денна, бераш а арадоьвлла. ИбрахIиман да а араваьлла; цо аьлла ИбрахIиме: Хьо ца волу тхоьца ара? ИбрахIима аьлла: Со цомгаш ву! Нах дIабахана, ИбрахIим цIахь виссина. ЦIунаш долчу веъна ИбрахIим Цо аьлла цIунашка: Къамел ца до аш? Хаза ца хеза шуна? ХIара даар а ду, малар а ду! Ца дуу аш? Ца молу аш? Тап аьлла Iаш хилла цIунаш, хIунда аьлча уьш дист хуьлуш доцу тIулгаш долу дела. ИбрахIима аьлла: {ХIун до аш? Дист ма ца хуьлу шу?} Тап аьлла Iийна цIунаш, дист ца хилла уьш. Эццахь оьгIаз вахана ИбрахIим, диг схьаэцна цо. ЦIунашна диг тоьхна цо, кегдина цо цIунаш. Уггар доккха цIу Iадда дитина ИбрахIима, диг цуьнан коча оьллина цо.
ХЬАН ДИНА ХIАРА?
Нах бухабаьхкина, цIунийн цIа чу бахана уьш. Нахана лиъна хилла цIунашна сужуд дан, хIунда аьлча и де деза де долу дела. Делахь а нах цецбевлла, Iадийна уьш. Халахетта нахана, оьгIаз бахана уьш. Цара аьлла : {Тхан деланашца хIара хIума хьан дина?}. {Цара аьлла: Тхуна хезира, ИбрахIим цIе йоккхучу цхьана кIанта уьш хьехош}. {Цара аьлла: Ахь дина хIара тхан деланашца, хIай ИбрахIим?}. {Цо аьлла: Муххале а, церах уггар доккхачо дина иза, цаьрга хаттийша, нагахь санна уьш дист хуьлуш делахь}. Нахана хууш хилла цIунаш тIулгаш дуй. Царна хууш хилла тIулгана хаза а ца хезий, иза бист а ца хуьлий. Царна хууш хилла, уггар доккха цIу а тIулг буй. Уггар доккха цIу доладала а, меттахдала а ницкъ болуш доций а. Уггар доккха цIу кхидолу цIунаш кегдан ницкъ болуш доций а. Цара аьлла ИбрахIиме: Хьуна хаа ма хаьа цIунаш дист ца хуьлий. ИбрахIима аьлла: Ткъа аш муха до цIунашна Iибадат, цара зен деш а, пайда беш а ца хилча? Аш муха доьху цIунашка, уьш дист хуьлуш а ца хилча, царна хезаш а ца хилча? Ца кхета шу цхьанне хIуманах, хьекъале ца хуьлу шу? ДIасевцца нах, эхь хетта царна!
ШИЙЛА ЦIЕ
Наха вовшах а кхетта, аьлла: ХIун до вай? ИбрахIима кегдина цIунаш, сийсаз бина деланаш! Хаттарш дина наха: ХIун тIаьхье хир ю ИбрахIимана? ХIун бекхам бу ИбрахIимана? Жоп хилла: {Вага ве иза, шайн деланашна гIо де}. Иштта хила а хилла: цIе латийна цара, ИбрахIим цу цIерга кхоьссина цара. ЦIе латийна цара, ИбрахIим цу цIерга кхоьссина цара. Делахь а АллахIа гIо дина ИбрахIимана, Цо аьлла цIере: {ХIай цIе, хьо хила ИбрахIимана шийла а, маьрша а} Иштта хила а хилла, цIе ИбрахIимана шийла а, маьрша а хилла. Нахана гина цIаро ИбрахIимана зен деш ца хилар. Нахана гина ИбрахIим самукъане хилар, ИбрахIим маьрша а хилар. Цецбевлла нах, Iадийна уьш.
МИЛА ВУ САН ДЕЛА?
Цхьана буьйсанна ИбрахIимана седа гина, тIаккха цо аьлла: ХIара ву сан дела! Ткъа, седа дIабайча, ИбрахIима аьлла: ХIан-хIа! Иза вац сан Дела! Бутт гина ИбрахIимана, тIаккха цо аьлла: ХIара ву сан дела. Бутт къайлабаьлча аьлла ИбрахIима: ХIан-хIа! ХIара вац сан Дела! Малх гучубаьлла, ИбрахIима аьлла: {ХIара ву сан дела, хIара боккха бу}. Ткъа, буьйсанна малх къайлабаьлча, ИбрахIима аьлла: ХIан-хIа! ХIара сан Дела вац. Баккъалла а, АллахI дийна ву, лийр волуш вац. Бакъдолуш, АллахI вуьсур волуш ву, воцуш хир волуш а вац. Бакъдолуш, АллахI нуьцкъала ву, цул толаме хIумма а дац. Седа гIийла бу, Iуьйрено толам боккху цунна тIехь. Бутт а гIийла бу, малхо толам боккху цунна тIехь. Малх а гIийла бу, буьйсано толам боккху цунна тIехь, марханаша а иэшабо иза. Суна гIо дийр дац седано, иза гIийла болу дела. Батто а гIо дийр дац суна, иза а гIийла болу дела. Маьлхо а гIо дийр дац суна, иза а гIийла болу дела. АллахIа гIо дийр ду суна. ХIунда аьлча АллахI дийна волу дела, лийр воцуш волу дела. Иза вуьсур волуш волу дела, воцуш хир вац Иза. Иза нуьцкъала волу дела, цул толаме хIумма а дац.
САН ДЕЛА АЛЛАХI ВУ
ИбрахIимана хиъна АллахI шен Дела вуй. ХIунда аьлча АллахI дийна волу дела, лийр волуш воцу дела. АллахI вуьссур волуш волу дела, воцуш хир вац иза. АллахI нуьцкъала волу дела, цул толаме хIумма а дац. ИбрахIимана хиъна АллахI седанан Дела вуй. АллахI беттан а Дела вуй. АллахI маьлхан а Дела вуй. АллахI Iаламийн Дела вуй. АллахIа нисвина ИбрахIим, пайхамар а, гергара а вина Цо иза. АллахIа омру дина ИбрахIимана шен къоме кхайкхам бе аьлла, цIунашна цаьрга Iибадат ма дайта аьлла.
ИБРАХIИМАН КХАЙКХАМ
ИбрахIима Деле кхайкхина шен къам, цо дуьхьало йина цара цIунашна Iибадат дарна. ИбрахIима аьлла шен къоме: ХIун ду аш шена Iибадат деш дерг? {Цара аьлла: Оха Iибадат до цIунашна}. ИбрахIима аьлла: {Хезий царна аш шайга кхайкхича?} {Йа пайда бой цара шуна, йа зен дой цара?} {Цара аьлла: Муххале а, тхуна карийна тхайн дайша иштта деш}. ИбрахIима аьлла: Ткъа ас дийр дац хIокху цIунашна Iибадат. Муххале а, со хIокху цIунашна мостагI ву. Ас Iаламийн Дена до Iибадат. {Со кхоьллина волчу, Цо нис веш а ву со}. {Суна даар а луш, малар а луш волчу}. {Со цомгаш хилча суна дарба а до Цо}. {Со вала валийтина, тIаккха со ден а вийр ву Цо}. Бакъдолуш, цIунаша кхолла а ца кхуллу, нис а ца во. Бакъдолуш цара цхьанна а даар а ца ло, малар а ца ло. Цхьаъ цомгаш хилча дарба а ца до цара. Бакъдолуш, цхьа а вала а ца волуьйту цара, йа ден а ца во.
ПАЧЧАХЬАНА ХЬАЛХА
ГIалахь чIогIа воккха паччахь хилла, чIогIа зуламе паччахь хилла. Адамаша цу паччахьана сужуд деш хилла. Паччахьна хезна, ИбрахIим АллахIана сужуд деш ву, кхечунна цхьанна а сужуд деш вац олуш. Паччахь оьгIаз вахна, цо ИбрахIим ша волчу схьакхайкхина. ИбрахIим схьавеъна, ИбрахIим Дела воцучух цхьаннех а кхоьруш ца хилла. Паччахьо аьлла: Хьан Дела мила ву, хIай ИбрахIим? ИбрахIима аьлла: Сан Дела АллахI ву! Паччахьо аьлла: АллахI мила ву, хIай ИбрахIим? ИбрахIима аьлла: {(Адамаш) ден а деш, дала а доьлуьйтуш верг ву} Паччахьо аьлла: {Ас дендо адамаш, дала а долуьйту} Паччахьо цхьа стаг схьа а кхайкхина, иза вийна. Кхин цхьа стаг схьа а кхайкхина, иза Iадда витна. Цо аьлла: Ас ден а во, ас вала а волуьйту, ас цхьа стаг вен а вийра, ас цхьаъ (дийна) Iадда а витира. Паччахь чIогIа Iовдал хилла, иштта и санна хилла берриг Делаца накъостий беш берш а. ИбрахIимана лиъна паччахь кхетийта, цуьнан къам а кхетийта. ТIаккха ИбрахIима аьлла паччахье: {Ткъа АллахIа малх хьалаболуьйту малхбалехьара, ахь хьалабалийтал иза малхбузехьара!}. ТIаккха паччахь ала хIума а доцуш висна. Паччахьна тIаккха эхь хетта, цунна дала жоп цунна ца карийна.
ДЕГА КХАЙКХАМ БАР.
ИбрахIимана лиъна шен дега а кхайкхам бан, Цо аьлла цуьнга: {ХIай сан дада! ХIунда до ахь Iибадат, хезаш а, гуш а доцучунна?} ХIунда до ахь Iибадат, пайда а, зен а ца дечунна? {ХIай сан дада! Ма де шайтIанна Iибадат}! ХIай сан дада! Къинхетаме волчунна де Iибадат! ОьгIаз вахана ИбрахIиман да, Цо аьлла: Ас тухур ю хьуна, Iадда вита со хIумма а ца бохуш. ИбрахIим кIеда-мерза хилла, цо аьлла шен дега: {Маршалла ду хьуна}. Цо аьлла цуьнга: Со дIавоьду кхузара, ас кхойкхур ву сайн Деле. Халахетта чIогIа ИбрахIимана, лиъна цунна дIаваха кхечу махка, шен Элана Iибадат дан, АллахIе адамаш кхайкха.
МАККА ВАХАР
ОьгIаз дахана ИбрахIиман къам, оьгIаз вахана паччахь а, оьгIаз вахана ИбрахIиман да а. ИбрахIимана лиъна кхечу махка ваха, цигахь АллахIана Iибадат дан, адамаш АллахIе кхайкха. Араваьлла ИбрахIим шен махкара, Iодика йина цо шен ден. Макка агIор вирзина ИбрахIим, шеца цхьаьна шен зуда ХIажар а йолуш. Макка шена чохь буц а, дитташ а доцуш хилла. Макка шена чохь гIу а, татол а доцуш хилла. Макка шена чохь дийнат а, адам а доцуш хилла. ДIакхаьчча ИбрахIим Макка, цигахь сецна иза. ИбрахIима дитина шен зуда ХIажар а, шен кIант ИсмаIил а (цигахь). ИбрахIимана дIаваха лиъча, цуьнан зудчо ХIажара аьлла цуьнга: Со кхузахь юьту ахь, кхузахь хи а дац? Йа даар а дац! АллахIа омру диний хьуна иштта? ИбрахIима аьлла: ХIаъ! ХIажара аьлла: Делахь, Цо тхо эрна дайтур дац!
ЗАМЗАМ ГIУ
Цкъа хьагвелла ИсмаIил, Цуьнан нанна цунна хи мало лиъна, делахь а стенгахь ду хи? Маккий чохь гIу а яц, Маккий чохь татол а дац! ХIажара хи лоьхуш хилла, Сафа тIера Марват тIе а, Мапват тIера Сафа тIе а дIаса а уьдуш. АллахIа гIо дина ХIажарна, Цо гIо дина ИсмаIилана а, Цо кхоьллина цаьршинна хи. Арадаьлла хи лаьттара, ИсмаIила а мелла, ХIажара а мелла (иза). (Кхин дIа а) дисина хи, Замзам гIу хилла иза. АллахIа беркат дина Замзамах, иза ю гIу, хьаьжин цIа баьхкича наха шена чура хи молуш йолу, Замзаман хи шайн мехкашка дIахьо цара. Ахь меллий Замзам хи?
ИБРАХIИМАН ГIАН
ИбрахIим цхьа хан яьлча вухавеъна Макка. Цунна гина ИсмаIил, цунна гина ХIажар, Самукъадаьлла ИбрахIиман шен кIантах ИсмаIилах. ИсмаIил жима кIант хилла, ведда а лелаш, ловза а ловзуш, шен деца ара а вуьйлуш. ИбрахIимана ИсмаIмил чIогIа дукха везаш хилла. Цхьана буьйсанна ИбрахIимана гIенах гина, ша ИсмаIилана урс хьокхуш. ИбрахIим бакъ пайхамар хилла, цуьнан гIан а бакъ гIан хилла. ИбрахIим Делан гергара доттагI хилла, цунна тIаккха лиъна, гIенах Дала шена омру динарг дан. ИбрахIима аьлла: {Бакъдолуш, суна гина гIенах айса хьуна урс хьокхуш, хьажахь хьо хьайна хIу хета} {Цо аьлла: ХIай сан дада, хьайна омру дина дерг де ахь, Дала мукъа лахь со собуре болчерах карор ву хьуна} ИбрахIима схьаэцна шеца ИсмаIил, цо схьаэцна шеца урс. ИбрахIим Мина дIакхаьчча, ИсмаIилана урс хьакха лиъна цунна. ИсмаIил дIавижина лаьтта. ИбрахIимана урс хьакха лиъна, ИсмаIилан лаг тIе урс диллина цо. Делахь а АллахI хьажа лууш хилла, Шен гергарчу доттагIчо Ша омру динарг кхочуш дой а. Дела веза цунна алсам, йа шен кIант веза а. ИбрахIим чекхваьлла талламах. АллахIа Жабраил малийк дахийтина ялсаманера ка эцна, цо аьлла: ХIокхунна хьакха урс, ИсмаIилана ма хьакха урс. АллахIана дезна ИбрахIима динарг, Цо омру дина бусалба нахана, Iийд-дийнахь гIурба дерца. Делера салават хуьлда (Цуьнан) гергарчу дотттагIна ИбрахIимана, Цуьнан маршалла а хуьлда цунна. Делера салават хуьлда ИсмIилана, Цуьнан маршалла а хуьлда цунна.
КАIБАТ
ИбрахIим цул тIаьхьа дIа а вахана, вухавеъна, АллахIан цхьа цIа дан лиъна цунна. ЦIенош дукха хилла. Делан цIа ца хилла, шена чохь АллахIана Iибадат деш долу. ИсмаIилана а лиъна шен деца АллахIан цIа дан. ИбрахIима а, ИсмаIила а тIулгаш деъна лаьмнашкара. ИбрахIима КаIбат деш хилла шен куьйга, ИсмаIила а КаIбат деш хилла шен куьйга. ИбрахIима Дела хьахош хилла, доIа деш хилла. ИсмаIила а Дела хьахош хилла, доIа деш хилла. {Тхан Дела! Къобал де Ахь тхоьгара, баккъалла а Хьо Хезаш верг а, Хууш верг а ву-кх} Къобал дина АллахIа ИбрахIимера а, ИсмаIилера а, Цо беркат дина КаIбатах. Вай КаIабате доьрзу хIора ламазехь. Хьаджан деношкахь бусалба нах КаIбат тIе боьлху. КаIбатана гонах тIаваф до цара, цунна уллохь ламазаш а до цара. АллахIа беркат дина КаIбатах, Цо къобал дина ИбрахIимера а, ИсмаIилера а (цаьршинан гIуллакх). Делера салават хуьлда ИбрахIимана, Цуьнан маршалла а хуьлда цунна. Делера салават хуьлда ИсмаIилана, Цуьнан маршалла а хуьлда цунна. Делера салават хуьлда Мухьаммадна, Цуьнан маршалла а хуьлда цунна.
ДЕЗА ЦIА (БАЙТУЛ МАКЪДИС)
ИбрахIиман кхин цхьа зуда хилла, СарахI цIе а йолуш. ИбрахIиман кхин цхьа кIант а хилла, Сарера схьа, Исхьакъ цIе а йолуш. ИбрахIим Шемахь ваьхна, Исхьакъ а ваьхна. Исхьакъа Делан цIа дина Шемахь, шен дас а, шен вешо а Маккахь цIа даре терра. Исхьакъа Шемахь дина долу и маьждиг Деза ЦIа (Байтул Макъдис) ду. Иза Акъса маьждиг ду, шена гонах Дала беркат дина долу, Дала беркат дина Исхьакъан берех, ИсмаIилан берех беркат даре терра, царна юкъахь пайхамарш а хилла, паччахьаш а хилла. Исхьакъан кIант хилла, ЙаIкъуб (Якъуб) цIе а йолуш, иза пайхамар хилла. Якъубан шийтта кIант хилла, церах ву Юсуф, Якъубан воI. Къуръан тIехь Юсуфах лаьцна тамашийна дийцар ду.
__________________________________________________
|