|
|
|
МИЛА ВУ БУСАЛБА СТАГ?
Шейх Iалий Ат-ТIантIáвий Дала къинхетам бойла цунах 1909 - 1999 шш.
Зорбане даьккхина 1939 шарахь.
МИЛА ВУ БУСАЛБА СТАГ?
Вайн дин хIокху кхаа хIуманах хIоттаделла ду: Iилма (довзар) а, кхетам (тешар) а, Iамал (болх) а.
Бусалба стаг – иза девзинарг ву, хиънарг ву, сийлахь а, нуьцкъала а волчу АллахIа, Ша элчанаш ца бохкуьйтуш цхьа зама яьлча, Мухьаммад – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элча вина ваийтина хилар, даим дуьсур долчу шариIатца, массо хенаца а, меттигца а догIуш долчу. АллахIа Шена тIелаьцна, оцу шариIатана тIаьхьабаьзнарш дуьненахь а, эхартахь а ирсе хилийтар, Цо иза Iаламашна делла къинхетам бина, массо нахана куьйгалла а дина. АллахIа элчанна тIе доссийна жайна, цу юкъахь доцуш цхьа а хIума дац, иза Къуръан ду, АллахIан хьалхалера (кхоллаза) къамел. АллахIа Исламаца кхочушдина чекхдаьхна дерриге эалчаналлаш а, динаш а, цундела, пайхамарийн мохIур долчу Мухьаммадал тIаьхьа кхин пайхамар вац.
Иза – девзинарг ву, хиънарг ву, Исламан бIогIам а, цуьнан бух а, цуьнан тогар а, цуьнан серло а АллахIан жайна а, Цуьнан пайхамаран суннат а хилар. Къуръан тIехь деанарг а, пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – билггал аьлла дерг а динера ду. Ткъа иза доцург кхидерг, цхьацца наха юкъадаьхна долу хIуманаш, йа цхьаболчара совнаха цунна тIедиттина долу хIуманаш, йа Къуръан тIехь а доцуш, йа нийсачу хьадисехь а доцуш, йа цаьршинца дуьстина даьккхина а доцуш, йа цаьршиннах схьаэцна а доцуш, йа бусалба умматан Iелам-нехан бартхилла а доцуш долу, уьш дерриге динах хIуманаш дац, хIокху лаьтта тIехь мел болчара уьш ду бахахь а.
Иза – девзинарг ву, хиънарг ву, Ислам кхидолчу динех тера ца хилар а, иза цаьрца дусталур ца хилар а, хIунда аьлча иза – дин а, низам а, куьйгалла а, гIиллакхаш а долу дела. Цо билгалйо лайна а, цуьнан Элана а юкъахь хила еза юкъаметтиг, цо хIиттадо наха вовшашна юкъахь лело деза низамаш, цо билгалдо бусалба пачхьалкхана а, кхийолчу пачхьалкхашна а юкъахь хила езачу юкъаметтиган бакъонаш. Ислам цхьаьна ду бусалба стагца, иза Iуйьранна араваьлча а, суьйранна цIа воьрзуш а, иза лакха хьалаваьлча а, иза лаха охьавоьссича а. Иза цунах ца къаьста бIаьрга негIар тухучу ханна а, ког биллал йолчу меттигна а. Дуьненахь цхьа а Iамал, цхьа а болх, цхьа а гIуллакх дац, Исламаца доьзна доцуш, шен хьокъехь АллахIан хьукм цо билгал деш доцуш. Йа мегаш гIуллакх хила деза иза, ша динчунна йа Iазап а, йа мел а хир боцуш долу; йа дича дика дерг хила деза иза, дича мел а болуш, ца дича Iазап а хир доцуш; йа тIедоьжна важиб хила деза иза, динчунна мел а болуш, ца динчунна таIзар а хир долуш; йа ца дича дика дерг хила деза иза, Iадда дитича мел а болуш, динчунна Iазап а хир доцуш; йа хьарам хила деза иза, Iадда дитинчунна мел а болуш, динчунна таIзар а хир долуш. ХIара пхи хьукм ду – важиб а, дича дика дерг а, мегаш дерг а, Iадда дитича дика дерг а, хьарам дерг – хIора гIуллакхан динца йолу юкъаметтиг билгалйоккхург, цхьа а болх а, гIуллакх а, Iамал а яц оцу пхеаннах цхьанна кIел ца йогIуш. Цундела бусалба стага ца олу цкъа а - «ХIара гIуллакх динан дозанел арахь ду, динца цуьнан юкъаметтиг а яц» - кхин а ша ца аларе терра – «Ислам пачхьалкхах къаста деза» - хIунда аьлча пачхьалкх динан дакъанех цхьа дакъа ду, «Барóат» Къуръанах къаста йиш йоцуш цуьнан цхьа сурат ду, ткъа иза дерриге пачхьалкхан белхаш дуьйцуш ду.
Иза – девзинарг ву, хиънарг ву, Бусалба Низам – ШариIат – уггар дуьзна низам хилар, иза, Европин дерриге низамаш шех схьадевлла долчу Риман низамал а мехала а, чулацаме а, кхачаме а хилар. Иза тешна верг ву, вайн дахаран низамаш, адамийн юкъаметтигца а, вочунна бекхам барца а, даьхнаца а, куьйгалла дарца а, пачхьалкхан коьрта низмца а доьзна долу дерриге низамаш а, бакъонаш а вайн ШариIатера схьадевлла хила дезаш хиларх, вайн динера схьаэцна хила дезаш хиларх.
Иза – девзинарг ву, хиънарг ву, Къуръан тIера цхьа айат керстадинарг, йа динехь массарна а девзаш-гIарадаьлла долу цхьа хьукм духатоьхнарг Исламера араволуш хилар.
Иза – девзинарг ву, хиънарг ву, тайп-тайпана хьолашна хьукманаш дохуш иджтихIад дар ШарIехь оьшуш хIума хилар, иджтихIад дечунна, иза цу тIехь гIалат валахь а, мел хуьлуш а хилар, цо къахьегарна а, шен ницкъ цунна баларна а цунна дика бекхам беш. Ткъа нагахь санна цо иджтихIад дина даьккхина хьукм нийса хилахь – кхин цхьа мел а хуьлу цунна, нийса хиларан мел. Кхин а, бусалба стаг – иза хууш верг ву, динан баххашкахь иджтихIад дар мегаш ца хилар, хIунда аьлча, и баххаш доьххьала дIа шайх лаьцна йа айат, йа хьадис долуш долу дела, ткъа айат а, хьадис а долчу хаттар тIехь иджтихIад дар торуш дац. Кхин а, бусалба стаг – иза хууш верг ву, баххаш ларалуш доцучу хаттаршкахь Iелам-нехан бекъамаш зене ца хилар, хIунда аьлча уьш хIора а элчанера – Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна – жоп лохуш волу дела, хуьлийла иза хьанафú, йа шáфиIú, йа мáликú, йа хьанбалú. Муххале а, уьш иштта бекъабалар АллахIера къинхетам бу, умматана паргIато а ю. Ткъа, зене дерг динан баххашкахь бекъбалар ду, тешар тIехь а, кхетам тIехь, и санна долчарна тIехь а. Иштта бекъабеллачерах цхьаъ ву нийса верг, биссинарш тилар чохь бу, хIунда аьлча бакъ дерг масийтта хуьлийла дац. Ткъа нийсонна тIехь верг – иза пайхамаран а – Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна – цуьнан асхьабийн а, уггар дика хилла долчу доьххьара бIешарахьлера бусалба нехан а некъа тIехь верг ву.
Иза – девзинарг ву, хиънарг ву, «ЛаилахIа иллаллахI, Мухьаммадун росулуллахI» а аьлла, Къуръанна а, суннатна а доьхьал болу кхетам а боцуш, хьарам дерг хьанал а ца деш, хьанал дерг хьарам а ца деш верг бусалба хилар, кхиболчу бусалба нехан доллу хьукманаш а цуьнан а хилар, вай цуьнца динан вежаралло цхьанатухуш а хилар. Бусалба стагана керста ву ала мегаш дац, динан баххех цхьа бух цо керста беш бацахь, йа Iелам-наха массара а керстаналла лерина хIума цо дина а дацахь.
Иза – девзинарг ву, хиънарг ву, ислам-дин нийсачу Iилманца а, пайданечу корматаллийца а, дикачу кхиамца а бIостаналла йолуш доций, иза цунна доьхьал доций, иза атта а, паргIат а, кIеда а дин дуй, иза готта а, шога а, хало еш а дин доций.
Бусалба стаг – иза тешнарг ву, хIокху Iаламан цхьа Дела хиларх, хьалхалера а волуш, вуьссур а волуш, хезаш а, гуш а волуш волу, Шен кхачамаллин куцош а долуш волу, кхачамбацаран куцох цIена а волу. Кхин а, иза тешнарг ву, массо хIума кхоьллинарг Иза хиларх а, чаккхе а, дерзар а Цуьнга хирг хиларх а. Бусалба стаг – иза Цунна цхьанна Iибадат дийриг ву, даим Иза дагахь латториг ву, Иза ша гуш вуй хуург ву, пайда бийриг а, зен дийриг а Иза вуй хуург ву, дика Цуьнан керахь дуй а, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш вуй а хуург ву. Бусалба стага цхьаьнгга а доIа ца до Цуьнца цхьаьна, адамашка дан луш доцу цхьа а хьашт ца доьху цо Цуьнга бен, гIо а ца лоху цо Цуьнгара бен, баккъалла долчу кхерарца кхера а ца кхоьру иза Цунах бен. Адамаш реза дархьама Иза оьгIаз а ца вохуьйту цо, Иза шена реза хилчахьана кхиверг оьгIаз вахарх бен-башха а ца хета цунна.
Иза – тешнарг ву, АллахIа тайп-тайпана кхолларш кхоьллина хиларх. Церах цхьадерг чIогIачу хIуманах кхоьллина ду, адамаш а, дийнаташ а, седарчий а санна. Церах важадерш нуьре хIуманах кхоьллина ду, малийкаш санна. Малийкаш – уьш АллахIан кхолламех цхьа кхоллар ду, уьш дуккха а ду, цара хIумма яа а ца юу, мала а ца молу, шайна АллахIа омру динчунна Цунна Iеса а ца хуьлу уьш. Шайга де-аьлларг а до цара, буьйсанна а, дийнахь а тасбихь деш ду уьш, кIад ца луш. Кхин а Цуьнан кхолламех ду жинаш. Царна вай го, вайна уьш ца го. Царна юкъахь ийман диллинарш а ду, царна юкъахь керстанаш а ду. Церах ду шайтIанаш а – уьш дерриге шайца вон долуш ду, царна юкъахь диканаш дац.
Иза – тешнарг ву, АллахIа, адамех къинхетам беш, царна юкъара цхьа къонахий хаьржина хиларх, даккхийчу къинойх ларбина а болуш, кхачамбацарех цIанбина а болуш. ТIаккха Цо царна Жабраил дахийтина – малийкех цхьа малийк ду иза – цо цаьрга дIакхачийна АллахIан кхайкхам. АллахIа царна Iамийна дуьненахь уьш ирсе бийр болу хIума а, эхартахь уьш Iазапах кIелхьара бохур болу хIума а. Кхин а Цо царна тIедожийна хилла и кхайкхам шайн къаьмнашка дIакхачор. Уьш – элчанаш бу. Церах доьххьарниг Адам ву, церах тIаьххьарниг Мухьаммад ву, АллахIан къинхетам-маршалла хуьлда царна массарна. АллахIа, Шена лиънехьара деккъа цхьа жайна а доссийна, массо нахах цхьа уммат дина хир дара, делахь а, Цуьнан хьекъалаллийца хила дезна кхайкхаман кхачамалла жим-жима кхуьуш кхиар, дуьнекхиаран (цивилизацин) кхачамалла кхиар санна. Цундела, хIора (керла) кхайкхам шел хьалхарниг хийца а хуьйцуш, иза кхочуш беш богIуш хилла, ткъа, тIаьххьара а Мухьаммадан – АллахIан къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна – кхайкхам тоьллачу кхачамаллехь беана, шел тIаьхьа шена тIе оьшуш кхин цхьа а хIума доцуш. Иза иштта бáран ши бахьана ду: Хьалхарниг: Мухьаммадана беллачу кхайкхаман лард-амал шеца кIедалла йолуш ю, иза шен кегийчу хьукманашкахь хан-зама кхиарца кхиа йиш йолуш бу; цундела массо хенахь керла болуш санна гуш хуьлу иза, хьалхе девзаш хилла доцу маьIнаш а, керла агIонаш а гучуюьйлу цуьнан хIорозза, иза, къаьсттина уьш гучуюьйлучу заманна боссийна болуш санна. ШолгIа бахьана – адамийн дахаран лард-амал а, Ислам доладелчахьана дуьйна таханенга кхаччалц, адамаш цхьанакхетарга таьIна хилар ду. Тахана вайна ма-гарра, адамашна юкъахь зIе хилар паргIатдаларо уьш цхьана доьзалан бераш санна хилийтина, малхбаленан чаккхенгахь аьлла дош малхбузенан чаккхенгахь хаза а хезаш. И бахьана долуш, кхайкхам дIакхачор аттачу даьлла, къаьмнийн дукхалла бахьана долуш элчанаш совбаха хьашт доцуш.
Иза – тешнарг ву, «вахьйу» (АллахIа пайхамараллийца лун хаам) бохучуьнан маьIна элчанна тIе малийк доссар хиларх. Иза, байтахошна (поэташна) а, яздархошна а бевзаш болу синна луш болу хаам бац.[1] Иза – тешнарг ву, «вахьйу» адамо бахьанаш лелорца кхочуш ца хиларх. Муххале а, иза АллахIа луш долу хIума ду, къахьегарца хуьлуш доцу, талламца а, Iилманца а, ойла йарца а шена тIекхачалуш а доцу. Цундела ца олу пайхамарна, «иза – йоккха похIма йолун стаг ву, йа байтахо ву, йа философ ву», хIунда аьлча и дерриге хIуманаш пайхамараллех къаьсташ ду, цунах тера дац, пайхамараллин даржал дуккха а лахара гIуллакхаш ду уьш. Бусалба кхетамана доьхьал догIуш а ду иза иштта алар.[2]
Иза – тешнарг ву, АллахIа Шен виъ элчанна тIе жайнаш диссийна хиларх. Иштта, Мусанна тIе Таврат доссийна Цо, Давудана тIе Забур а, Iийсанна тIе Инжил а, Мухьаммадана тIе Къуръан а доссийна Цо, АллахIан къинхетам-маршалла хуьлда царна массарна. Ткъа хIора къомо шайн жайнаш хийца а хийцина, талхийна, цхьа Къуръан ша охьа ма-доссора диссина, хIунда аьлча АллахIа Шена тIелаьцна долу дела иза лардар: [Бакъдолуш, Оха Тхаьш досса а дина Къуръан, Оха лардеш а ду иза].
Иза – тешнарг ву, АллахIа массо адамаш къемат дийнахь гулдийр хиларх. Веллачуьнан са цуьнга юхадерзор ду Цо, иза пана хилла дIаваьллехь а, цунах латта хиллехь а, цуьнан дегI дага а дина, цунах чим хиллехь а, иза акхароша диъна хиллехь а, йа олхазарша дIасадаьккхина хиллехь а. ТIаккха Цо хьесап дийр ду царна, дуьненахь цара лелийначунна - дика хиллачарна диканца бекхам а бина, даиманна ялсамани бохуьтур бу Цо уьш, вон хиллачарна таIзар деш жоьжахати бохуьйтур бу Цо уьш.
Иза – тешнарг ву, АллахIа гечдеш ца хиларх, Iибадат дарехь Шеца накъостий барна; Цо гечдеш хиларх иза доцучунна, Шена луучунна; ша валале хьалха тоба динчуьнан къа дIадойъур хиларх, цкъаъа иза дан а ца дича санна, нагахь санна цу тобанца цхьаьна къа Iаддитар а хир делахь, ша кхин цу тIе юхавоьрзур вац аьлла хадам болуш сацам а бийр белахь, хьалха хиллачунна дохко а вер велахь. Иштта долу тоба ду и къа дIадойъуш долу бакъдолу тоба. ТIаккха, цул тIаьхьа иза юха а оцу къина тIеверзахь, юха а цо бакъдолу тоба дахь, юха а АллахIа гечдийр ду цунна, цуьнан и къинош хIурдан чопа санна дукха хилахь а: [Ахь ала (Сан цIарах): «(Къинош леторца) шаьш шайна зен дина долу Сан лайш! Ма дилла дог АллахIан къинхетамах; бакъдолуш, АллахIа гечдо массо къиношна]. Ткъа, шен къина тоба а дина, делахь а цу тIера ца волуш верг, йа юха а цу тIеверза ойла йолуш верг – иза шен Делаца ловза гIертарг санна ву, Дала лардойла вай цунах.
Иза – тешнарг ву, массо хIума АллахIан хIоттамца, Цуьнан билгалдаккхарца лелаш хиларх; АллахIа Шен хIора лайна цуьнан ирс а, цуьнан дакъазалла а, цуьнан рицкъ а, декъна даьлла хиларх. Хьуна хIоттийна хилларг дIакхочур ду хьоьга, хьо мел гIийла хиларх а, кхечунна хIоттийнарг даккха а лур дац хьоьга. Хьан дахарехь диссина цхьа де делахь, хIокху дуьнена тIера массо нах вовшах кхетча а, цаьрга вен лур вац хьо. Хьан Iожаллин хан тIекхачахь, валар тIекхочур ду хьуна, хьо лекхачу бIов чохь хилахь а. Къоламаш хьалаайдина девлла, тептарш дакъаделла а девлла. АллахIа хIоттийна кхел юхатоха цхьаъа вац, Цуьнан лаам сацо а цхьаъа вац. ХIетте а, АллахIа вайна омру дина (тIедожийна) Iамал йар а, къахьегар а.
Бусалба стаг, оцу массо хIуманал тIаьхьа – иза, къера а хуьлуш, тешалла дийриг ву, шена Iибадат дан хьакъ долуш АллахI воцург кхин дела ца хиларца, Мухьаммад АллахIан элча а хиларца; иза, дан ма-дезза ламаз дийриг ву, шен-шен хенахь, цуьнан важибаш а, суннаташ а лар а деш, АллахIана хьаста а луш; иза, рамадан баттахь марха кхобург ву, АллахIах теша а тешаш, цуьнгара ял хиларга дог а дохуш; иза, дог реза а долуш, шен даьхни тIера закат луш верг а ву, шен ницкъ кхачахь хьадж динарг а ву.
ТIаккха, иза йа харц а ца лоь, цо йа гIийбат а ца до, йа нахана юкъахь мотт-эладита а ца леладо, цхьанненна а новкъарло а ца йо, йа цхьанна а зулам а ца до. Иза шен бIаьрг а, куьг а, бехкеметтиг а вочунах цIена латтош хуьлу. Иза уггар дикачу гIиллакхашка кхиа гIерташ хуьлу. Хьекъале дерг миччахь делахь а схьаоьцу цо. Ша-шена дезарг шен бусалба вешина а деза цунна. Боьхачу гIуллакхана а, лартIехь доцучунна а генахь Iа иза. Дикаллийна а, АллахIах кхерарна а тIехь гIоьнча ву иза, къа латорна а, дозанал тIехваларна а гIоьнча вац иза. Вон хIума шен куьйга сацадо цо, иштта сацо ницкъ ца кхачахь шен маттаца сацадо цо, и дан а ницкъ ца кхачахь шен дагца духатуху цо иза, дагца мукъа а вониг духатохар – ийманан уггар гIийла дакъа ду. Бусалба нехан хьаккъаш кхочуш до цо: церах гIийлачунна накъосталла до цо, мискачунна гIо до цо, цомгачуьнга хьажа воьду иза, церан зударех шен бIаьргаш духатуху цо, церан сий а лардо цо. Бусалба нахана юкъара хIора воккха-стаг шен да лору цо, хIора жима-стаг шен ваша лору цо, хIора жима-кIант шен кIант лору цо, хIора жима-йоI шен йоI лору цо, хIора зуда шен йиша лору цо. ТIаккха, къаьркъанах лар а ло иза, риба Iадда а дуьту цо. Шеконаш йолчу хIуманех кхера а кхоьру иза, цаьрга ша хьарам долчу хIуманна тIе ца вигийта; дихкина долчу дозанна уллехула а ца хьийза иза, ша цул тIех ца валийта.
И массо хIума АллахIа доьхьа до цо, шен ма-хуьллу иза шен дегIа а, сина а доьхьа хилийтарх гена а волуш, ша, шеца цхьаьна дегIан а, синан а лаамаш болу адам дуй а, ша церах къастийла доций а хууш, ткъа АллахIа цуьнга хаттам бийр бац цуьнан ницкъ кхочуш хиллачунна бен.
Иштта ву бакъволу бусалба стаг а, зуда а… Везан Дела, йа АллахI, бакъдолу бусалба нах де Ахь тхо!
[1] Iиракъан Iедало шайн ишколашкахь хьехийта хIоттийначу терахь-Iилманан Iамат тIехь – Дарвиш Ал-Микъдадийс яздина долчу – 62 агIона тIехь деана ду, «вахьйу – синна луш болу хаам бу аьлла». (ХIара алар яздечу хенахь хилларг ду Шейха дуьйцург. Олхазар) [2] ХIара хаттар сан дедас – АллахIа къинхетам бойла цунах – гIаттийнера, хIара алар яздинчу шарахь, Дамаскехь, пайхамар вина де даздеш вовшахкхеттачу тойнехь. И бахьана долуш йоккха хало лайра цо, и бахьана долуш Сири-пачхьалкхан уггар лакхара малхбузенан агIор Дайруз-Зур олучу метте генаваьккхарца таIзар дира цунна. Цу гIуллакхан хиламашка хьо хьажа «Iалий Ат-ТIантIáвийн дагалецамашка», 4\174. (Шейх Iалийн кIента-кIентан МуджахIидан билгалдаккхар) |