Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

 МАРХА КХАБАР

 

 

Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!

АллахIан къинхетам а, маршалла а хуьлда Цуьнан Элчанна

Мухьаммадна а, цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна а.

 

 

 

(1)
МАРХА КХАБАР ДОВЗИЙТАР – ЦУЬНАН ХЬУКМ

ЦУЬНАН БИЛЛАМАШ – ЦУЬНАН БАХХАШ

МАРХА ДОХОН ХIУМАНАШ

 

1.      "Марха кхабар" бохучуьнан маьIна хIун ду? Цуьнан хадам хIун бу?

"Марха кхабар" бохург – Iуьйра ламаз хан тIехIоьттича дуьйна, малх чубуьзна баллалц йолчу юкъахь юучух-молучух а, зудчуьнца цхьаьна Iерах а, вочу хIуманех а, къинойх а, иштта кхийолчу марха дохочу хIуманех а ларвалар ду. 

 

2.      Марха кхабар маца парз дина хилла?

Рамадан бутт марха кхабар парз дина хилла хIижратан шолгIачу шеран шаIбан баттахь. Вайн умматал хьалха долчу къаьмнашна а, умматашна а девзаш хилла марха кхабар.

 

3.      Рамадан баттахь марха кхабаран дозалла мел ду?

Рамадан баттахь мара кхабар вуно чIогIа деза а ду, мелехь а ду, хIунда аьлча ша и бутт чIогIа беза бутт а бу, цу баттахь марха кхабар парз Iибадат дар а ду. Цуьнан дозалла дуьйцуш дуккха а хьадисаш ду. Церах ду Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлларг: «Рамадан баттахь, иза бакъ хиларх а, парз хиларх а теша а тешаш, шена мел хиларга дог а дохуш марханаш кхаьбначунна гечдийр ду цуьнан дIадаханчу къиношна».[1]

 

4.      Рамадан баттахь марха кхаба дезаран далил (тешалла) хIун ду?

Рамадан баттахь марха кхаба дезаран далил Къуръан а, суннат а, массо бусалба нехан барт а бу.

Лекха хинволчу АллахIа аьлла сийлахь Къуръан тIехь:

[ХIай Делах тешна дерш! (Парз дина) тIедожийна шуна марха кхабар, шул хьалха хиллачарна тIехь парз ма-дарра, шу хилийта Делах кхоьруш].[2]

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:

«Ислам пхеа хIуманна тIедоьгIна ду: АллахI воцург кхин Дела а вац, Мухьаммад Цуьнан элча а ву аьлла тешалла дарна а, ламаз дарна а, закат даларна а, рамадан бутт марха кхабарна а, Делан цIентIе хьадж дарна а».[3]

 

5.      Бахьана а доцуш рамадан баттахь марха ца кхаьбначу стеган хьукм хIун ду?

Нагахь санна и стаг цу баттахь марха кхабар парз дац бохуш доьхьал ваьлла велахь – иза керста ву, шен динах дIакъаьстина стаг ву, цундела иза тоба даре кхайкха веза. Нагахь санна цо тоба дахь къобал дийр ду иза, тоба ца дахь – Дала тIедиллина долу декхар чекхдоккхуш вуьйр ву и стаг. Иштта доьхьало еш волу стаг шен динах араваьлла ларар хIокху билламца доьзна ду: нагахь санна и стаг бусалба дин керла тIелаьцна велахь, йа Iелам-нахана генахь велахь, Рамадан баттахь марха парз хилар девзар доцучу агIор, ишттачу хьолехь и стаг керста лоруш вац марха парз дац аьлла цо тIе ца лацахь.

Нагахь санна и стаг марха парз хиларна доьхьал ваьлла а воцуш, делахь а цхьа а бахьана доцуш цо марха кхабар Iадда дитахь – масала, цо алахь: "марха кхабар парз ду суна тIехь, делахь а ас ца кхобу иза" – и санна волу стаг Iеса стаг ву, керста вац. Бусалба нехан паччахьна а, куьйгалхочунна а тIехь ду и стаг сацор, марха кхобучу юкъана иза юучух-молучух вухатохар.

 

6.      Марха кхабаран уггар коьрта хьекъале бахьанаш хIун ду?

1 – Кхаба ма-дезза кхаьбначу мархано АллахIах тешаш волчу стеган дог самадоккху, АллахI шега хьожуш вуй, шен терго еш вуй хоуьйту.

2 – Рамадан бутт шеран массо беттанаш юккъехь беза бутт бу, сийлахь бутт бу, цундела АллахIана лаьа шен лайша иза Шена Iибадат дарца а, Шена Iамал йарца бузийта.

3 – Бусалба стаг шен дахарехь даим вуьзна хиларо цуьнан синхаам а, кхетам а шóгаллин бахьанех бузу, дозанал тIехваларан бахьанех бузу, ткъа и шиъ ший а бусалба стеган амалца догIуш дац, цуьнца хила хьакъ долуш дац, цундела, марха кхабаро туодо бусалба стеган са, цо луьтту цуьнан синхаам а, кхетам а.

4 – Бусалба юкъараллин латтаман уггар коьрта баххех цхьа бух бу уьш вовший къинхетаме а, вовший дог оьцуш а хилар. Ткъа хьал долчу стеган дагна къечу стагца хила беза къинхетам бовза ма-безза бевзар бац къеллин лазамаш а, цуьнан халонаш а евзича бен, мацалла а, цуьнан хало а хааелча бен. Ткъа мархин батто хьалдолчунна къечуьнан хьал ма-дарра довзуьйту, цо иза къечуьнца цхьаьна цуьнан лазамашкахь а, хьал ца тоарехь а вóхуьйту. Цундела, марха кхабар хьолахойн дегнаш чохь къинхетамалла а, догэцар а кхуллу бахьана ду.

 

7.      Рамадан бутт дIаболабалар стенах доьзна ду? Муха хаьа иза болабалар?

Иза дIаболабалар шина хIуманца билгалдолуш ду:

Хьалхарниг: ШаIбан беттан ткъеиттолгIачу буса бутт гар ду. Иза билгалхуьлу, къеданна хьалха тешаме волчу бусалба стага тешалла дича, шена цу буса бутт гина аьлла.

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шайна и бутт гарца марха кхаба а кхаба, шайна иза гарца даста а даста. Нагахь санна мархаш йолуш шайна иза ца гахь, ШаIбан бутт ткъеитт де хьалабузийта».[4]

Ибн Iумара – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Нах гулбелира бутт гой хьовса, тIаккха ас Делан Элчане – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира сайна бутт гина аьлла, тIаккха цо ша а марха лецира, нахана а омру дира и гарца марха лаца аьлла».[5]

Ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, цхьана Iаьрбочо Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – волчу а веана, элира аьлла: «Бакъдолуш суна бутт гина». ТIаккха цо хаьттира цуьнга: «АллахI воцург кхин дела вац аьлла тешалла дой ахь?». Цо жоп делира: «ХIаъ». Цо юха а хаьттира: «Мухьаммад АллахIан элча хиларца тешалла дой ахь?». Цо жоп делира: «ХIаъ». ТIаккха цо элира: «Делахь, дIакхайкхаде нахана юкъахь, хIай Билал, кхана марха кхаба але».[6]

ШолгIаниг: ШаIбан беттан ткъеитт де дузар. Стиглахь мархаш хилар бахьана долуш бутт ца гича, йа цхьаммо а къеданна хьалха шена бутт гина аьлла тешалла ца дича, шаIбан беттан ткъеитт дузийта деза, хIунда аьлча иза бух болу дела, бутт гарца бен хийцалуш боцу.

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шайна и бутт гарца марха кхаба а кхаба, шайна иза гарца даста а даста. Нагахь санна мархаш йолуш шайна иза ца гахь, шаIбан бутт ткъеитт де хьалабузийта».[7]

Цхьана махкахь бутт гича, цунна уллохь долчу мехкашкахь а марха лаца деза, генарчу мехкашкахь лаца ца деза, хIунда аьлча ул-уллохь долу мехкаш – масала Нохчийчоь, ГIалгIийчоь, ДегIаста – цхьа мохк санна долу дела. Ткъа вовший генахь долу мехкаш иштта дац, масала Нохчийчоь а, Туркойн мохк а санна.

Мохк генахь лоруш бу нагахь санна оцу шина мехкан бутт лаьтта цIа а, цу шинан мехкан беттан мур а тайп-тайпана белахь. Цу тIе а доьгIна, Iелам-наха аьлла: нагахь санна цхьана генарчу махкахь болчарна мархин бутт тIехIоьттина бацахь, тIаккха хIокху бутт гинчу махкара цхьаъ цу махка водахь, цо цаьрца цхьаьне даста деза марха, шен ткъеитт де хьаладуьзна делахь а, хIунда аьлча иза цу махка дехьаваларца церах цхьаъ хилла дIахIоьттина, цундела цунна тIехь а церан доллу хьукм ду. Иштта, нагахь санна цхьаъ бутт ганза болчу махкара бутт гинчу махка водахь, цо цаьрца цхьаьне даста деза марха, ша ткъе бархI бен кхаьбна доцуш нислуш хилахь а, ткъе исс бен доцуш нислахь а, масала царна шайн ткъе исс де чекхдаьлча бутт гича, цаьрца достур ду цо, цундела цуьнан ткъе бархI бен нислур дац. Делахь а, ткъе бархI бен шен ца нисделлехь, марха даьстинчул тIаьхьа цхьа марха доькхуш тIекхобур ду цо, хIунда аьлча цхьа бутт ткъе исс денца бен буьзна ца хуьлу.

Марха достучу Iийд-дийнахь, цхьа стаг Iийд-де тIехIоттаза болчу кхечу махка водахь, цу дийнахь марха долуш санна яахIума ца юуш Iан веза иза, цу мехкан охIлунца цхьаьне.

 

8.      Мархин бутт болабаларца шена вевзарг декъал ван мегий?

Мархин бутт тIебáрца шена луург декъал ван мегар ду, вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шен асхьабашка олуш хилла, цаьрга кхаъ боккхуш, мархин баттахь Iамал йар цаьрга совдаккхийтархьама: «Рамадан бутт тIебеана шуна, беркате бутт. Нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа парз дина тIедиллина шуна хIокху баттахь марха кхабар. ХIокху баттахь дIайоьллу стигланийн неIарш, хIокху баттахь дIачIогIу жоьжахатин неIарш, дIадоьхку хецаделла шайтIанаш. ХIокху батта чохь буьйса ю, иза эзар баттал еза ю – цуьнан диканах ваьлларг массо диканах ваьлла».[8]

 

9.      Марха важиб хилла тIедожаран билламаш хIун бу?

1 – Бусалба хилар. Керстанна тIехь дац марха кхабар.

2 – Кхиъна ваьлла а, хьекъал чохь а хилар. Кхиаза долчу берана (пхийттара валаза волчунна) тIехь парз дац марханаш кхабар, делахь а, цуьнан дас-нанас кхабийта деза цуьнга марханаш ворхI шо кхаьчча дуьйна, нагахь санна цуьнан уьш кхаба ницкъ кхачахь. Итт шо кхаьчначул тIаьхьа цо ца кхабахь дов дан а, меллаша тоха а мегар ду цунна.

3 – Марха кхаба ца магош долчу бахьанех, йа марха даста магош долчу бахьанех цIена хилар.

 

10.  Марха кхаба ца магош долу бахьанаш хIун ду?

Марха кхаба ца магош долу бахьанаш ду:

А) Мархин беттан цхьана дийнан цхьана хена чохь зудчунна тIе ламазна ца мегаш йолу беттан хан хIоттар, йа бер дуьненчу даларал тIаьхьа йолу хан хIоттар. Иштта и ши хан тIехIоьттинчу зударшна мегаш дац марха кхаба.

Б) Iуьйранна сарралц йолчу ханна кхетам чура валар, йа коьртана галвалар. Ткъа нагахь санна цу дийнан цхьайолчу юкъана веана а юха кхетамчу вагIахь, яахIума ца юуш марха дIакхаба деза.

 

11.   Марха даста бакъо лун бахьанаш хIун ду?

Марха даста бакъо лун бахьанаш хIорш ду:

А) ЧIогIа зен деш йолу, йа чIогIа лазам латтош йолу, йа чIогIа хало еш йолу цамгар. Иштта цамгар хилча марха даста мегаш ду. Нагахь санна валарна кхерам болчу кепара и цамгар чIогIа чIагIлахь важиб хилла тIедужу марха дастар.

Б) Мегаш долчу бахьанна, дерриге де чулоцуш а болуш, 83 километарал кIеззиг а боцуш болчу новкъахь хилар. Ишттачу новкъа аравалахь марха даста мегаш ду.

Хьамзат ибн Iамр Ал-Асламийс – Дела реза хуьлда цунна – аьлла хилла: «ХIай АллахIан Элча! Бакъдолуш, суна сайгахь ницкъ карабо некъахь волуш а марха кхаба, хIумма а дуй суна тIехь ас кхаьбча?» ТIаккха АллахIан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Иза (некъахь волчо марха ца кхабар) АллахIа магийна долу хIума ду, иза схьаэцар дика хIума ду, ткъа, кхаба луучо марха кхаьбча цунна тIехь а хIумма а дац».[9] Цундела, Iелам-наха аьлла, кхабалучо некъахь хилча а марха кхабар гIолий ду, хало хуьлучо ца кхабар гIолий ду.

Новкъа валаза а волуш Iуьйренга а ваьлла, марха а лаьцна, тIаккха новкъа волуш хилча марха даста мегар дац, хуьлуш чIогIа хало а, зен а дацахь.

В) Марха кхаба луш ца хилар. Марха кхабар тIехь дац йа къаналла, йа дIаер яц аьлла хеташ йолу цамгар бахьана долуш иза кхаба ца лучунна, хIунда аьлча марха тIехь дац кхабалучунна бен.

 

12.   Ханна воккха хилар бахьана долуш марха ца кхабалучу къена стага а, зудчо а хIун дан деза?

Вай ма-аллара, цунна тIехь дац марха кхабар, делахь а цо хIора ша ца кхобучу денна тIера мискачу нахана цхьацца кан (600 грамм) даар дала деза сагIийна, шен махкара наха лелочу юкъарчу даарх. Иза доцург кхин хIумма а дац цунна тIехь. Ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цаьршинна – аьлла: «Воккха къена стагана магийна ду марха а ца кхобуш хIора денна тIера мискачунна юург йалар; марха доькхуш кхаба а ца деза цо».[10] Цуьнгара кхечу хьадисехь иштта а ду: «… марха ца кхаба луш волчу къена стагана магийна ду…».[11]

 

13.   Дарба дан лур дац аьлла хеташ йолу цамгар йолчо хIун дан деза?

Цуьнан хьукм а къена стеган хьукм ду, цундела цунна а тIехь дац марха кхабар, ткъа ша ца кхаьбначу хIора денна тIера цхьацца кан даар лур ду цо сагIийна, мискачу нахана.

 

14.   Берах йолчу зудчунна а, бер дакхош йолчу зудчунна а марха ца кхаба мегий?

Нагахь санна берах йолу зуда, йа бер дакхош йолу зуда, марха кхаьбча шена цхьа зен хиларх кхоьруш елахь, йа шен берана цхьа зен хиларх кхоьруш елахь, цунна мегаш ду марха ца кхаба, хIунда аьлча иза шена зен хиларх кхоьруш волчу цомгачух тера ю.

 

15.   Оцу бахьанех цхьа бахьана долуш марха ца кхаьбначо хIун дан деза?

Цара дан дезарг дуьйцур ду жимма тIаьхьа, «Марха ца кхаьбначо а, дохийначо а, иза доькхуш кхабар» аьлла долчу дакъана юкъахь.

 

16.   Марха кхабар нийса хиларан билламаш хIун бу?

1 – Бусалба хилар. Керста стеган марха нийса хуьлуш дац, къобал хуьлуш дац.

2 – Хьекъал чохь хилар, хIума къасто хууш хилар. Коьртана галваьллачуьнан марха а, хIума къасточу хене далаза долчу беран марха а нийса дац, хIунда аьлча цаьршимма ниййат ца до дела. ХIума къасто хууш долчу беран марха нийса лору, цуьнга кхабалахь кхабийта а деза цуьнга иза ворхI шо кхаьчча дуьйна, итт шо кхаьчначул цо иза дитахь тоха а еза цунна, ламазехь санна. Иштта и даран бахьана цунна ламаз а, марха а жимчахь дуьйна марздалийтар ду.

3 – Марха кхабар ца магош долчу бахьанех цIена хилар. Уьш ду - зудчуьнан ламазна ца мегаш йолу беттан хан тIехIоттар а, бер дуьненчу даларал тIаьхьа йолу хан тIехIоттар а, йа Iуьйранна сарралц йолчу ханна кхетам чуьра валар, йа коьртана галвалар.

 

17.   Мархин баххаш (бIогIамий) хIун ду? Марха кхабар стенна тIедоьгIна ду?

Уьш масех ду, церах цхьаъ галдалахь марха нийса хуьлуш дац.

Хьалхара бух: Ниййат дар ду.

Ниййат дар – иза марха кхаба лаам хилар ду, цуьнан меттиг дог ду, цундела дагца а ца деш маттаца дича кхочуш хуьлуш дац иза. Ниййат дар важиб хиларан тешалла (далил) Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хьадис ду: «Iамалш ниййаташка хьаьжжина ю».[12]

Нагахь санна кхобург рамадан беттан марха делахь, цуьнан ниййатехь хIара лахара хIуманаш кхочуш хилар билламе ду:

1 – Буьйсанна ниййат дар. МаьркIижа хенал тIаьхьа дуьйна Iуьйра хан хилале хьалха, буйьсанна лаам хила беза тIедогIучу дийнахь марха кхаба. Нагахь санна Iуйьра хан тIекхачале марха кхаба лаам ца хилахь ниййат а нийса ца хуьлу, марха а нийса ца хуьлу, галдолу. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Iуьйра хан хилале хьалха ниййат ца динчуьнан марха (нийса) марха дац».[13]

2 – Марха билгалдар. Кхаба лууш долу марха билгалдан деза, масала, шен дагчохь сацам бан беза, «кхана рамадан беттан марха кхобур ду ас» аьлла. Нагахь санна «рамадан беттан марха» аьлла билгал а ца деш, иштта дIа марха кхобур ду аьлла бен лаам ца хилахь, ниййат нийса ца хуьлу.

3 – ХIора денна ниййат юх-юха дар. ХIора буса Iуьйра хан хилале хьалха тIедогIучу дийнахь марха кхаба ниййат дан деза. Берриге баттахь марха кхаба дина ниййат тоьаш дац, хIунда аьлча рамадан баттахь марханаш кхабар цхьа Iибадат дац, муххале а масийтта Iибадат ду, хIора дийнахь карладовлуш долу, ткъа хIора Iибадатана шенна дина ниййат хила деза. Цуьнан тешалла лакхара ниййатах лаьцна долу ши хьадис ду.

Нагахь санна кхобург суннат марха делахь, цуьнан ниййат нийса хиларан биллам бац Iуьйра хан хилале ниййат дар а, марха билгалдар а, цундела суннат марха нийса хуьлу Iуьйра ламаз хенахь дуьйна яахIума яанза волчо делкъа хан хилале хьалха ниййат дича а, марха билгал а ца деш. Iаишас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – со йолчу а вогIий, олура: «Делкъанна яахIума юй хьан?» ТIаккха ас олура: «ХIан-хIа». ТIаккха цо олура: «Делахь ас марха кхобур ду».[14]

 

18.   Марха кхабаран кхоччуш долу ниййат муха ду?

«Кхана, хIокху шеран, рамадан беттан парз марха лекха хинволчу АллахIа доьхьа кхаба ниййат ди ас» - аьлла лаам хилар ду.

 

19.   Буьйсанна ниййат а дина, дIа а вижина, Iуьйкъанна юха хьалагIаьттича ниййат юха дан дезий?

Ниййат динчул тIаьхьа наб а йина хьалагIаьттича ниййат юха дан ца деза, цхьана буьйсанна цкъа дича тоьаш ду.

 

ШолгIа бух: Марха дохош долчу хIуманех ларвалар.

 

20.   Марха дохон хIуманаш муьлхарш ду?

Марха дохон хIуманаш хIорш ду:

1 – ЯахIума яар а, молу хIума малар а, нагахь санна хаа а хууш йиъна-мелла елахь. Йиънарг-мелларг мел кIеззиг елахь а, хаа а хууш йиъна-мелла елахь марха духу. Марха кхобуш хилар диц а делла, мел дукха яахIума йиъча а, молург мелча а марха ца духу. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Марха кхобуш волчо виц а велла яахIума яахь, йа цхьаъ малахь, цо шен марха кхидIа а дIакхобийла,  кхочушдойла, цунна яийнарг а, малийнарг а АллахI ву».[15] Тирмизийс а, Ибн Мáджас а дийцина иштта хьадис: «Вицвелла хIума йиинчо, йа цхьаъ меллачо мархо ма дохадойла, иза АллахIа цунна делла рицкъ ду». Хьакима а дийцина иштта хьадис: «Рамадан баттахь вицвелла марха дохийначунна тIехь дац и марха декхар а, гIуда (каффарат) далар а». И кхо хьадис нийса ду.

2 – БIаьргана гуш йолу цхьа хIума адамана кийра йахар, багахула, йа мера чухула, йа лергахула, йа хьалхара а, тIехьара а бехкеметтехула. Оцу меттигашкахула, бIаьрго лоцуш, цунна гуш йолу хIума хIуъа елахь а адаман кийра йодахь, марха духу. Оцу меттигашкахула цхьа хIума кийра яхча марха дохар хаа а хууш кийра яхийтарца доьзна ду, ткъа нагахь санна виц а велла кийра хIума йодахь марха духуш дац, вицвелла яахIума йиъча а, мерг мелча а ца дохаре терра.

Масала, лерга буттучу тIадамо а, мера чу буттучу тIадамо а марха дохадо, нагахь санна уьш кийра кхачахь. БIаьрга тоьхначо тIадамо марха ца дохадо. ТIехьара бехкеметтигехула тоьхначу махано марха дохадо, ткъа пхенах тоьхначу махано а, дилханах тоьхначу махано а марха ца дохадо.

Кийра йа моза, йа чуьрк, йа некъара чан йахча а марха ца духу, цунах ларвала чIогIа хала долу дела. Иштта марха ца духу шен туй диъча а, иза ца дууш ларвалар хала долу дела. Делахь а, шеца цхьаьна боьху лоруш йолу хIума а йолуш туй диъча – масала доьлах цIий даьлча – бага дIа а ца юьлуш туй даахь марха духу.

Ламаз оьцуш бага хи кхорзуш а, мера чу хи кхорзуш а ца хууш кийра хи додахь марха ца духу, нагахь санна дукъа кIорге ца кхаьрзинехь, кIорге кхаьрзина хиллехь марха духу, хIунда аьлча и хи ма де аьлларг дар бахьана долуш кийра кхаьчна долу дела. ЛакъúтI ибн Сабурас – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, ша Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хаьттира аьлла: «ХIай АллахIан Элча! Ламаз эцарх лаце дийцахь суна». Цо аьлла тIаккха: «Ламаз кхоччуш эца ахь (массо меттиган тергам беш, парз а, суннат а лардеш), (куьгийн а, когийн а) пIелгаш юккъе куьйган пIелг хьокхуш хи а кхачийта ахь, мера чу дикка хи а кхарза ахь, хьой марха кхобуш вацахь».[16]

Цергаш юкъахь йиссина яахIума ца хууш туйнаца кийра йахча а марха ца духу, нагахь санна иза дIа а къастийна, дIакхоссалур йоцуш хиллехь, хIунда аьлча цу хьолехь бехке дац иза, шега да лург ца деш цо ца дитарна. Ткъа шега иза дIа а къастийна, дIакхоссалур йоллушехь цо иза кийра яхийтинехь марха духу.

Цхьана агIор, ца луъушехь, нуьцкъах цхьа хIума яийча а, малийча а марха ца духу, хIунда аьлча иза цуьнан лаамца хилла доцу дела.

 

21.   Салецар цамгар (астма) йолчо бага молха тоьхча (пульверизаторца), марха духий?

Цхьаболчу Iелам-наха, бага и молха тоьхча марха ца духу аьлла, сивак хьаькхча ца дохаре терра. Делахь а, цхьаболчу Iелам-наха и молха тоьхча марха духу аьлла,  молханийн Iилманчаша оцу молханан цхьадолу дакъа хьера чу кхочу олу дела. Цундела, ларвала хьажа веза иза ца тухуш. Нагахь санна са лацар чIогIа чIагIлахь, марха ца духу аьллачу Iелам-нехан дашна тIе а доьгIна тоха мегар ду и молха, цомгаш волчунна аттонна.

 

22.   Салацар цамгарна а, кхечу цамгаршна а дарбанна метта кIел дуьллучу молхано марха дохадой?

Нагахь санна и молха даша а дешна дIадолуш молха делахь цо марха дохадо, дешаш доцу молха делахь ца дохадо аьлла цхьаболчу Iелам-наха, вукхара иза мухха хилча а ца дохадо аьлла. Цундела, оцу молхана меттана йа пхенах, йа дилханах маха тоьхча мегар делахь, йа суьйранна марха даьстинчул тIаьхьа молха мелча мегар делахь, цу молханах ларвала хьажа веза.

 

23.   Лоьро хьерана таллам бен куьзга кийра дахийтича марха духий?

Духу. Иза бIаьргана гуш йолу хIума ю, кийра йоьдуш, цундела цуьнца марха духу.

 

24.   Легашкара шатт а яьккхина, иза дIакхоьссича марха духий?

Легашкара шатт а яьккхина, дIакхоьссича марха ца духу.

 

25.   ЯахIуманан чам баьккхича марха духий?

ЯахIуманан чам баьккхича марха ца духу нагахь санна иза легашка ца кхачахь, амма иза легашка кхачахь марха духу.

 

26.   Марха кхобуш хилча (пастанца) цергаш йила мегий? Цо марха дохадой?

Пастанца цергаш йила мега нагахь санна кийра хIумма а кхочуьйтур яцахь. ХIетте а, марха кхобуш волуш пастанца цергаш ца йилар дика ду, хIунда аьлча цуьнан чам а, хьожа а чIогIа йолу дела, цунах цхьа хIума кийра ца кхочуьйтуш ларвала хала долу дела. Амма пастанца а ца юьлуш, вуьшта цергаш йилча хIумма а дац, легашка хIумма а ца кхачийтичахьана, ламаз оьцуш бага хи кхорзуш санна.

 

27.   Марха долчо сивак хьакха мегий?

ШафиIийн мазхIабехь, марха долчо делккъалц сивак хьаькхча хIумма а дац, делкъал тIаьхьа сивак хьакхар «макрухI» ду, дика дац, - «марха долчуьнан багара йогIу хьожа Далла гергахь миск-хьожанал цIена а, хаза а ю» - аьлла долчу хьадисана тIе а доьгIна. Делахь а, Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла, далилаца (кхидолчу хьадисашца) чIогIа дерг а, ШафиIийн мазхIабера цхьаболчу Iелам-наха а, кхечу мазхIабийн Iелам-наха а, ша а хаьржина дерг сивак хьакхар муьлххачу хенахь а мегаш хилар ду. Цундела, шена луучо делкъал тIаьхьа а хьакха мегар ду сивак, цуьнан тIуналла а, цунах дакъош а легашка а ца кхочуьйтуш.

 

3 – Шена хаа а хууш ша Iеттавайтар. Ша шена Iеттавайтинчуьнан марха духуш ду, цунна билггал шен кийра хIумма а юха ца яханий хууш делахь а. Амма нагахь санна лаа а ца лууш, марха кхобург бахьана а доцуш иза Iеттийча марха ца духу, шена лаа а ца лууш цу Iетторах цхьа хIума юха шен кийра яханий цунна хиъча а. Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Лаа а ца лууш Iеттийначо марха доькхуш кхаба ца деза, ткъа лаа а лууш ша Iеттавайтинчо марха доькхуш юха кхаба деза».[17]

 

4 – Зудчуьнца хаа а хууш эвхьаза гIуллакх хилийтар. Рамадан беттан деношкахь зудчуьнца эвхьаза гIуллакх хилийта мегаш дац, иза хьарам ду. Цундела, нагахь санна стеган бехкеметтиган корта зудчуьнан бехкеметтиг чохь къайлабалахь марха духу, цуьнан оралла ара ца ялахь а. Рамадан беттан буьйсанна и юкъаметтиг хилийтар мегаш ду, цундела шена луучо, суьйранна марха даьстинчул тIаьхьа дуьйна Iуьйранна юха а марха лоцу хан кхаччалц йолчу юкъахь хилийта мегар ду иштта юкъаметтиг.

 

28.   Мархин беттан дийнахь майрачунна а, зудчунна а юкъахь иштта и эвхьаза юкъаметтиг хилча, цаьршинан марха шиннениг а духий?

Цаьршинан марха шиннениг а духу, и де доькхуш кхаба дезаш хилар тIехь стаг а, зуда а цхьатерра ду. Кхин а алсам цунах лаьцна дуьйцур ду жимма тIаьхьа.

 

5 – Лаа а лууш оралла араялийтар. Стага, лаа а лууш оралла ара ялийтахь, масала зудчунна барт баккхарца, йа иштта кхидолу бахьанаш лелорца, йа шен куьйга оралла араяккхахь, марха духу. Нагахь санна лаа а ца лууш, марха кхобучо лелийна бахьана а доцуш оралла араялахь марха ца духу.

 

29.  Рамадан баттахь майрачо-зудчо вовший барт баккха мегий?

Рамадан баттахь стага зудчунна барт баккхар а, зудчо стагана барт баккхар а хьарам ду нагахь санна барт боккхучуьнан дегIан марзо барт баьккхича меттах йолуш елахь, хIунда аьлча иза марха дохочу бахьанашна тIевуьгу цхьа бахьана долу дела. Барт баьккхича дегIан марзо меттах йолуш воцучунна а иза ца боккхуш Iадбитича гIолий ду, марха даьстина валлалц, шеконийн некъ дIакъовлуш.

Iаишата – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – барт боккхура ша марха кхобуш а волуш, куьг а Iуттура ша марха кхобуш а волуш, делахь а иза шул массерал а чIогIа шен синан хьашташ шен карахь латталуш вара».[18]

 

6 – Зудчуьнан ламазана ца мегаш йолу беттан хан тIехIоттар а, бер дуьненчу даларал тIаьхьа йолу хан тIехIоттар а. Дийнан цхьана хена чохь зудчунна и ши хьал тIехIоттахь, маьркIижа хан хилале хьалха цхьа масех минот хьалха тIе хIоьттинехь а, цуьнан и марха духу, цо и де юха доькхуш кхаба а деза.

7 – Коьртана галвалар а, бусалба динах юхавáлар (керстаналла дар) а. И шиъ ший а марха нийса ца хуьлуьйтучу бахьанех ду, хIунда аьлча цу шина бахьанийца стаг Iибадат дан охIлу волчура волу.

 

30.  Марха дохочу хIуманех цхьа хIума, Iуьйра хан тIехIоттаза ю моьттуш динехь, йа малх чубуьзна баьлла моьттуш динехь, марха нийса хуьлий?

Марха кхобучо хIокху марха дохочу хIуманех цхьа хIума, Iуьйра хан тIехIоттаза ю моьттуш дахь, тIаккха Iуьйра хан тIехIоьттина хилла хилар билгалдалахь, цуьнан марха духу, галдолу, делахь а и де марха долуш санна чекхдаккха деза цо, мархин беттан лерамана, тIаккха и де юха доькхуш кхаба а деза цо.

Иштта, нагахь санна де чекхдолуш, малх чубуьзна баьлла моьттуш марха дастахь, тIаккха иза чубуьзна хилла ца хилар билгалдалахь, и марха духу, и де доькхуш кхаба а деза.

 

31.   Талламана цIий даьккхича а, цомгачунна цIий делча а марха духий?

Оцу шинне а хьолехь марха ца духу, делахь а пхенашкара цIий ца даккхар а, дегIах дарбанна цIий ца даккхар а дика ду, хIунда аьлча иштта цIий даккхаро гIел во дела.

 

32.   Марха кхобург лийча мегий?

Мега, делахь а кийра хи кхачийтарх ларвала веза. Iаишас а, Умм Саламас а – Дела реза хуьлда цаьршинна – аьлла: «Делан Элчанна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тIехIоттара Iуьйра ламазан хан, иза шен зудчунах лийчар тIедоьжна а волуш, тIаккха лийча а луьйче, марха кхобура цо».[19]

 

33.   Магийна долу бахьана а доцуш парз марха дохо мегий?

Дала магийна долу бахьана а доцуш парз марха дохор доккха къа ду, иза мегаш ца хилар хоуьйтуш масийтта хьадис ду. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Со вижна а волуш, цхьа ши стаг веара суна тIе. Сан куьг схьа а лаьцна, цхьана боккха-халчу лома тIе валийра цаьршимма со. ТIаккха цаьршимма элира: «Хьалавала». Ас элира: «Ницкъ тоьар бац сан». Цаьршимма элира: «Охашимма атта дийр ду хьуна хьалавалар». Со цу тIе хьалаваьлча, цIеххьана суна хезира чIогIа аьзнаш. Ас элира: «ХIун аьзнаш ду хIорш?» Цаьршимма элира: «ХIара жоьжахатин охIлунан угIар ду». ТIаккха со кхидIа вуьгуш а волуш, суна гира адамаш, голин пхенаш тIехь хьалаихкина долу, этIийна багош а йолуш, багара охьауьхуш цIийш а долуш. Ас элира: «ХIорш муьлш бу?» Цаьршима элира: «Шайн марха досту хан тIехIоттаза а йолуш марха достуш хилларш бу».[20]

 


 

 

(2)

МАРХА КХАБАРАН ГIИЛЛАКХАШ А,
МАРХА КХОБУЧО ДИТА ДЕЗА ХIУМАНАШ А

 

1.      Марха кхобуш дича дика долу хIуманаш хIун ду?

А) Хан тIе ма хIоьттинехь сихха марха дастар. АллахIан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Адамашкара дика хедар дац цара марха сихха мел досту».[21] Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – кхин а аьлла: «Нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа аьлла: «Суна Сайн лайх уггар дукха везарг марха сихха достург ву».[22]

 

2.      Марха сихха дастар хIунда дезаш хилла Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –?

Абу Давуда а, Ибн Мáджас а, кхечара а дийцина, Абу ХIурайратера – Дела реза хуьлда цунна – схьа, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «(Бусалба) дин лекха лаьттар ду наха марха сихха мел досту, жуьгташа а, керстанаша а марха дастар тIаьхьатотту дела». Жуьгтех а, керстанех а бусалба нах тар ца балийтархьама а, бусалба дин атта долу дела а, марха кхобучунна цунах гIо хуьлу дела а, хан билггал тIехIоьттиний хиинчул тIаьхьа сихха марха дастар дика лору бусалба динехь.

 

3.      Малх чубуьзначул тIаьхьа седарчий гучудовллалц марха ца достуш собар дан дезий?

Ца деза, муххале а малх чу ма-буьзнна марха даста деза. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Сан уммат сан суннат тIехь лаьтташ хир ду, марха достуш седарчий гучудовларга хьоьжуш иза мел ца Iа».[23]

 

4.      МаьркIижа ламаз даллалц собар дан дезий марха ца достуш?

Ца деза, муххале а, маьркIижа ламазана азан дича хин къурд бина а марха дастар дика ду, шена лаахь гIеххьа хIума кхалла а мегар ду. Анас ибн Малика – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Суна цкъаъа гина дац Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – марха а даьстина бен маьркIижа ламаз деш, хин къурд бой а (марха достура цо) ламазал хьалха».[24]

 

5.      Марха стенца даьстича дика ду?

Нагахь санна елахь, хурманца марха дастар дика ду. Хурма яцахь хица дастар дика ду. Анаса – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша ламаз дале хьалха марха достура тIедачу хурманашца, тIеданаш ца хилча йекъачаьрца достура, уьш а ца хилча хин къурдаш деш марха достура цо».[25] Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – кхин а аьлла: «Шух цхьаъ марха достуш хилахь, хурманца достийла цо иза, ткъа шена иза ца кара йахь хица достийла, бакъдолуш иза цIена ду».[26]

 

Б) Iуьйкъе йар. Iуьйкъе йар – иза Iуьйкъанна яахIума яар ду. Iуьйкъе буьйса юкъал тIех яьлча дIайолало. Iуьйкъе еш шена еззачул яахIума яа мегаш ду, цуьнан дозалла кIеззиг бен ца йиъча а, хи бен ца мелча а кхочуш хуьлуш ду. Iуьйкъе йаран дозаллех лаьцна Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Iуьйкъе йе аш, бакъдолуш Iуьйкъе йарца беркат ду шуна».[27] «Iуьйкъанна юуш йолу яахIума беркате ю шуна, цундела аш иза Iад ма йиталаш цхьа хин къурд бей а, бакъдолуш, нуьцкъала а, сийлахь а волу Дела а,  Цуьнан малийкаш а Iуьйкъе еш болчарна салават дуьллуш бу шуна».[28] «Жайнин охIлунан (жуьгтийн а, керстанийн а) мархийна а, вайн мархийна а юккъахь йолу башхалла Iуйкъанна хIума кхаллар ю».[29] «Иза (Iуьйкъенан кхача) беркате кхача бу».[30] «Бакъдолуш хIара (Iуьйкъе йар) АллахIа шуна делла беркат ду, ткъа аш Iадда ма дита иза».[31] Сáрийатан кIанта Iирбáда – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «АллахIан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – со кхайкхира рамадан баттахь Iуьйкъе йан, цо соьга элира: «Вало беркате кхачане».[32]

Хица йина а Iуьйкъе йарх лаьцна Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Iуьйкъе йе аш, хин къурдаца мукъане а».[33]

 

В) Iуьйкъе йар тIаьхьататтар. Iуьйкъенан хан буьйса юкъал тIех яьлча дIайолало, делахь а суннат ду Iуьйкъанна яахIума яар мелла а тIаьхьататтар, Iуьйренна герга кхаччалц, Iуьйра хан хилале цхьажимма хьалха юург яа а йиъна, мерг мала а мелла ша вер волччул. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Марха дастар хьалххе хилийта аш, Iуйькъе йар тIаьхьататта аш».[34] СахIл ибн СаIда – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Сайн цIахь Iуьйкъе йора ас, тIаккха сихлора со (маьждиге) АллахIан Элчанца – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – сужуд дан кхиархьама».[35] Зайд ибн Сáбита – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Оха Iуьйкъе йира АллахIан Элчанца – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тIаккха хьала а гIевттина ламаз дира оха». Зайде хаьттина тIаккха: «Мел хан йара Iуьйкъенна а, ламазна а юкъахь?» Цо жоп делла: «Шовзткъе-итт айат дешшал».[36] ХIокху тIаьххьарчу хьадисан маьIна деш Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Оцу хьадисехь билгало ю, Iуйкъе йар Iуьйра ханна улле кхаччалц тIаьхьататтарна».[37]

 

Г) Вон къамел Iаддитар. Марха кхобучо вон къамел Iадда дита деза, боьха дешнаш алар а, харц лер а, гIийбат дар а, эладита лелор а санна дерг а, иштта кхидолу вон къамелаш а. Кхин а, марха кхобург ларвала веза шен синан лаамашна тIаьхьа вахарх, масала зударшка хьежарх а, эшаршка ладегIарх а. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Харц дерг дийцар а, цуьнца Iамал яр а Iад ца дуьтуш верг – Далла оьшуш дац цо даар а, малар а Iаддитар».[38]  Кхечу хьадисехь а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Боьха къамел дар а, харц лер а Iад ца дуьтург – АллахIана хьашт дац цо даар а, малар а Iаддитарца».[39] «Пуьташ боттар а, цуьнца Iамал йар а, сонта хилар а Iад ца дуьтуш верг – АллахIана оьшуш дац цо даар а, малар а Iадитар».[40] «Марха кхабар ларвалар ду; нагахь санна шух цхьаъ марха кхобуш хилахь вон къамел а ма де, вон хIума а ма де, гал волу хIума а ма де; нагахь санна марха кхобуш волчух цхьаъ лата гIерташ хилахь, йа цуьнга вон вист хуьлуш хилахь цо олийла: «Бакъдолуш, со марха кхобуш ву».[41]  «Марха кхабар юучух а, молучух а вухакхетар (хилла Iаш) дац, муххале а иза эрна къамелах а, боьха къамелах а вухакхетар а, и шиъ Iаддитар а ду».[42]

И массо хIума вуьшта а мегаш дац, делахь а марха кхобуш волуш кхин а чIогIа хьарам ду уьш, марха къобал ца хиларан бахьанаш а ду уьш. Цундела аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Марха кхобург хила мега, оцу марханах мацалла бен шена хуьлуш (дика) хIумма а доцуш, Iуьйкъанна ламазаш дийриг а хила мега, сема Iар бен цунах шена хуьлуш (дика) хIумма а доцуш».[43]

 

ГI) Шена тIе лийчар доьжнехь, Iуьйра хан хилале хьалха лийчар, шен марха ша цIена а волуш дIадоладалийтархьама.

 

6.      Марха кхаба ниййат динчул тIаьхьа, лийчар тIедоьжна а волуш сахуьленга ваьлча марха нийса хуьлий? КхидIа а кхаба мегий иза?

Мархин баттахь, лийчар тIедоьжна а волуш сахуьленга ваьлча марха нийса хуьлу, иштта сахуьленга валар ца мегаш дац, делахь а лакхахь ма-аллара Iуьйра хан хилале лийчича дика ду. Iаишас а, Умм Саламас а – Дела реза хуьлда цаьршинна – аьлла: «Делан Элчанна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тIехIоттара Iуьйра ламазан хан, иза шен зудчунах лийчар тIедоьжна а волуш, тIаккха лийча а луьйче, марха кхобура цо».[44] Кхин а, Имам Муслима дийцинчу хьадисехь ду, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – лийчар тIедоьжна а волуш ша Iуьйренга ваьллачу дийнахь марха а кхобура, и де доькхуш а ца кхобура цо, аьлла. Имам Муслима кхин цхьа хьадис а дийцина Iаишатера – Дела реза хуьлда цунна – схьа, «Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – волчу цхьа стаг веара, тIаккха цо цуьнга элира – неIара тIехьа йолчу суна хаза а хезаш – «ХIай Делан Элча, со джунуб а волуш Iуьйра ламазан хан тIехIутту суна, марха кхаба дезий ас?» Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира тIаккха: «Суна а хIутту Iуьйра ламазан хан тIе, со джунуб а волуш, (хIетте а) ас марха а кхобу». Цо элира тIаккха: «Хьо тхо санна ма вац хIай Делан Элча, хьуна Дала геч ма дина хьан къинойх хьалха хилларг а, тIаьхьа хилларг а!» ТIаккха цо элира: «ВаллахIи (АллахIаца дуй буу ас), шух уггар чIогIа Делах кхоьрург а, Цунах кхера везаш долу хIуманаш уггар дика девзарг а хиларга догдохуш ма ву со».

Амма, - «иштта Iуьйренга ваьллачуьнан марха марха дац» - аьлла долу хьадис оцу хьадисаша шен хьукм дIадаьккхина (мансух) хьадис лерина Iелам-наха.

 

Д) Суьйранна марха достуш хIара дешнаш алар: «АллóхIумма лака сумту, ва Iалá ризкъика афтIорту, захIабаззамау, вабталлатил-Iурýкъу, ва сабатал-аджру иншáаллóхI». МаьIна: «Йа АллахI! Хьан доьхьа марха кхеби ас, Хьан рицкъанца даста а даьсти ас; дIаели хьогалла, тIундели пхенаш, Дала мукъа лахь мел а хили». Марха достуш дешча дика долчу доIанех а, зикрах а цхьаъ ду иза, ткъа кхин а алсам уьш довза луург хьажа Имам Нававийн «Ал-Азкáр» жайни юкъара «Мархин беттан азкарийн жайна» дакъане.

 

Е) Марха кхобучаьрга марха дастийтар, царна яахIума йаларца. Шен царна яахIума йала таро ца хилахь, цхьана хурманца, йа хица марха дастийтича а мелехь ду. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Марха долчуьнга марха дастийтинчунна а, гIазоте воьдург кечвинчунна а цаьршиннах хIоранне а санна мел хир бу».[45] «Марха долчуьнга марха дастийтинчунна марха кхаьбначунна санна мел хир бу, марха кхаьбначуьнан мелах эшалуш хIумма а доцуш».[46]

 

Ж) Къуръан дукха дешар, лекха хинволу АллахI дукха хьехор, Иза дукха хестор, сагIа дукха далар, дика Iамалш а, суннат ламазаш а дукха дар, иштта кхин йолу дика Iамалш а дуккха йар. Ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цунна – аьлла:

 «Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – нахана юккъахь дика хIума уггар дукха деш верг вара. Иза уггар комаьрша хуьлу хан мархин бутт бара, Жабраил-малийкаца иза цхьанакхетачу хенахь. Жабраил-малийк мархин беттан хIора буьйсанна цхьанакхетара цуьнца, тIаккха цо цунна Къуръан Iамадора. Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шеца Жабраил цхьанакхетачу юкъахь чIогIа комаьрша хуьлура, арахь хуьлу сиха мох санна сиха дара цуьнан сагIа далар, и мох массо метте кхачаре терра цуьнан сагIин беркат массарна а кхочура».[47]

 

З) Маьждигехь «иIтикáф» дар. ИIтикаф дар муьлхха хенахь а мелехь ду, делахь а къаьсттина иза дазло рамадан беттан тIаьххьарчу итт дийнахь, хIунда аьлча Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – рамадан беттан тIаьххьарчу итт дийнахь иIтикаф деш хилла хIора шарахь, ша валлалц.[48] Иза велла шо тIекхаччалц итт-итт дийнахь деш хилла цо иIтикаф, цу шарахь ткъа дийнахь дина цо иза, АллахIера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна.[49]

ИIтикафан бехкамаш а, цуьнан гIиллакхаш а догIур ду жимма тIаьхьа.

 

И) Тарáвúхь ламаз дар. Тарáвúхь ламазаш къаьсттина мархин баттахь деш ламазаш ду. Вай долчахь «тархь» а, «терхь» а, «терхьаш» а олу церах. Цу ламазах лаьцна вай дуьцур ду къаьстина.

 

7.      Марха кхобучо дита деза хIуманаш хIун ду?

Марха кхобучо дита деза хIуманаш лакхахь дийцинчу гIиллакхашца ца догIург дар ду. Церах цхьадерг хьарам дерг ду, масала гIийбат дар а, мотт-эладита лелор а, харц лер а, харц тешалла дар а, боьха мотт лебар а, иштта кхидIа а. Церах важадерг ца дича дика долу хIуманаш ду, масала марха дастар тIаьхьататтар а, Iуьйкъе дукха хьалхе йар а, иштта кхидIа а.


 

 

 

(3)

МАРХА ЦА КХАЬБНАЧО А,

ДОХИЙНАЧО А, ИЗА ДОЬКХУШ КХАБАР А,

ЦУЬНЦА ЦХЬАЬНА ДАН ДЕЗАРГ А

 

1.      Цомгаш хилар бахьана долуш, йа некъахь хилар бахьана долуш, йа цхьа кхин бахьана долуш, йа цхьа а бахьана а доцуш, цхьаъ, йа масех марха ца кхобуш дитинчо хIун дан деза?

Марха ца кхобуш дитинчо ша дитина марханаш доькхуш кхаба деза, тIебогIу мархин бутт тIекхачале. Шега кхабалушшехь цо и шен диссина марханаш шолгIа мархин бутт тIекхачале доькхуш ца кхабахь къа хуьлу цунна. Шен диссина марханаш шолгIа мархин бутт тIекхаччалц тIаьхьататтар хьарам дуй хуъушехь, цхьамма – стага йа зудчо – и марханаш шолгIа мархин бутт тIекхаччалц доькхуш ца кхобуш дитахь, цкъа и шена тIехIоьттина болу мархин беттан марханаш а кхаьбна, тIаккха цул тIаьхьа доькхуш кхаба деза цо уьш, оццул уьш тIахьататтарна гIуда а дужу цунна тIе – хIора мархина тIера цхьацца кан (600-650 грамм) даар дала а деза цо мискачу нахана. Нагахь санна цо шега кхабалушшехь и марханаш доькхуш ца кхобуш масийтта мархин бутт тIекхачийтахь, хIора шарахь цхьаццозза тIекхета и гIуда.

 

2.      Масех шарахь тIаьхьий-хьалхий, цхьанна тIе, марха ца кхаба мегаш долу бахьанаш хIиттинехь – масала масех шарахь цамгар лаьттинехь, йа цкъа берах а хилла, тIаккха бер дакхош зуда хиллехь – ишттачунна тIе а дужий гIуда?

Ишттачунна тIе гIуда ца дужу, хIунда аьлча цо шена марха ца кхаба мегаш бахьана лаьтташ а долуш ца кхаьбна шен диссина марханаш доькхуш. Марха ца кхаба магош долу бахьана дIадаьлча, доькхуш кхаба аьтту боллушехь ца кхаьбначунна тIедужуш ду гIуда.

 

3.      Цара дала деза гIуда – даар – муьлха даар ду?

Иза ша вехачу махкахь наха лелош долу юкъара даар ду, масала вайн долчахь цхьацца кIошташкахь иза ахьар хила тарло, йа дуга хила тарло, иштта кхидIа а.

 

4.      Кхабаза диссина марха а долуш веллачунна хIун дан деза?

Кхабаза диссина марха а долуш велларг шина кепара ву:

- Доькхуш кхабалур доцучу хьолехь а волуш велларг.

- Доькхуш кхабалур долу хан тIе а хIоьттина, кхабалушшехь ца кхобуш велларг.

Амма доькхуш кхабалур доцучу хьолехь а волуш велларг – цунна тIехь къа дац, цунна тIера цхьамма а хIумма а дан ца деза, хIунда аьлча цо шега кхабалушшехь ца кхобуш ца дитина уьш, цуьнгара ледарло бахьанехь ца диссина уьш кхабаза.

Амма доькхуш кхабалур долу хан тIе а хIоьттина, шега кхабалушшехь ца кхобуш велларг – цуьнан муьлхха а гергарчу стага цуьнан диссина марханаш цунна тIера дIакхаьбча дика а ду, уьш кхаьбначунна мел а бу. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шена тIехь марха а долуш веллачуьнан марханаш цуьнан гергарчо кхобур ду цунна тIера».[50]

Ткъа цхьана гергара воцучу стагана лаахь, веллачунна тIера цуьнан диссина марханаш дIакхаба, цо кхаба а мегаш ду уьш, нагахь санна цо веллачуьнан гергарчаьргара цхьаьнгара пурба даккхахь, йа веллачо цуьнга кхабийта аьлла весет дина хиллехь. Нагахь санна гергара воцучу стага гергарчуьнан пурба а доцуш, йа веллачуьнан весет тIехь иза хьахийна а воцуш, цунна тIера марханаш кхабахь, уьш нийса а дац, веллачунна тIера довлуш а дац. Ткъа нагахь санна цхьамма а цунна тIера марханаш дIа ца кхабахь, цо дитинчу даьхних хIора денна тIера цхьацца кан даар дала деза мискачу нахана. Нагахь санна веллачо дитина даьхни дацахь, йа иза тоьаш дацахь, цхьамма кхечо дала мегар ду тIаккха цунна тIера и даар, хIора диссинчу мархина тIера цхьацца кан. Иштта тIера довлу цуьнан диссина марханаш.

 

5.      Ламазана ца мегаш йолу беттан хан тIехIоьттинчу зудчо марха кхаба мегаш ца хилча, цо ца кхобуш дитинчу марханашна хIун дан деза?

Цо шен кхабаза диссина марханаш рамадан бутт дIабаьлча доькхуш кхаба деза, тIебогIу рамадан бутт тIекхачале, лакхахь вай ма-дийццара. Iаишата – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – заманахь, тхуна тIехIуттура ламазана ца мегаш йолу беттан хан, тIаккха тхуна омру дора марха доькхуш кхабарца, тхуна омру ца дора ламаз доькхуш дарца».[51]

 

6.      Доьзалхочух паргIат яьлла йолчу зудчо ша цIанйаллалц йолчу юкъахь марха кхаба мегаш ца хилча, ца кхобуш дитинчу марханашна хIун дан деза цо?

Цо а шен кхабаза диссина марханаш доькхуш кхаба деза шолгIа мархин бутт тIекхачале, хьалхарчу хаттарехь вай ма-дийццара. ХIокхуьнан хьукм а, хIокхул хьалхарчу хаттарера зудчуьнан хьукм а цхьаъ ду.

 

7.      Доьзалхочух йолчу зудчунна а, бер дакхош йолчу зудчунна а марха ца кхаба мегаш хилча, цаьршимма ца кхобуш дитинчу марханашна хIун дан деза?

Цаьршимма марха ца кхабар шина бахьанах цхьаъ долуш хир ду: йа ша шена цхьа зен хиларх кхоьруш елахь, йа шен берана цхьа зен хиларх кхоьруш елахь. Ткъа нагахь санна зен хиларан кхерам ша шена хиллехь, деккъа и марханаш доькхуш кхаьбчахьана йолу иза, шолгIа мархин бутт тIекхачале, вай доьххьара а, шолгIа а хаттарехь ма-дийццара. Иштта доькхуш кхаьбчахьана йолу иза и кхерам шена а, шен берана а цхьаьне хиллехь. Нагахь санна цо марха ца кхабар шен берана зен хиларан кхерам болуш хиллехь – масала, марха кхаьбча бер дожарна кхерам белахь, йа шура жим а йелла, берана зен хиларан кхерам белахь – тIаккха цо марханаш доькхуш кхаба а деза, хIора марханна тIера цхьацца кан (600 грамм) даар дала а деза мискачу нахана, шен махкахь лелош долчу юкъара даарх.

 

8.      Рамадан беттан дийнахь шен зудчуьнца эвхьаза юкъаметтиг хиллачо хIун дан деза?

Рамадан беттан дийнахь шен зудчуьнца эвхьаза юкъаметтиг яийтинчо, шена иштта юкъаметтиг хилийтар хьарам дуй хуъушехь, вицвелла а воцуш, марха даста магош болчу некъа ваьлла некъахо а воцуш эвхьаза юкъаметтиг хилийтинехь, цунна тIе кхо хIума дужу, ша динчунна бехказа валархьама:

Хьалхарниг: Деле шена гечдар деха деза;

ШолгIаниг: Ша дохийна долу марханан де шолгIа мархин бутт тIекхачале доькхуш кхаба деза;

КхоалгIаниг: Каффарат дан деза (гIуда дIатакха деза): нагахь санна велахь цхьа лай паргIат ваккхарца (хIокху заманахь иза нислур хир дац), лай паргIат ца ваккхалахь, денош юкъахь а ца дуьтуш тIаьхьий-хьалхий ши бутт марха кхабарца, и шиъ ца кхабалахь шен махкара юкъарчу даарца цхьацца кан даар а луш кхузткъа миска стагана кхача баларца.

Бухарис а, Муслима а, Абу Давуда а дийцина: "...цхьана стага, Делан Элчанна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тIе а веана элира аьлла: "ХIаллакьхилла-кх со!" Цо хаьттира: "Стен хIаллакьвина хьо?" Цо элира: "Рамадан баттахь сайн зудчуьнца эвхьаза гIуллакх хилла сан". Цо элира тIаккха: "Лай паргIат ваккхалур вуй хьоьга?" Цо элира: "ХIан-хIа". ТIаккха цо элира: "ТIаьхьий-хьалхий ши бутт марханаш кхаба лур дуй хьоьга?" Цо элира: "ХIан-хIа". ТIаккха цо элира: "Кхузткъа миска стагана бала кхача хир буй хьан?" Цо элира: "ХIан-хIа". ТIаккха иза охьахиира, цул тIахьа Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьана хIумана чохь хурманаш еара (пхийтта сахь хиллал), тIаккха цо элира цуьнга: "ХIорш ло делахь сагIийна". Абу Давуда дийцинчу хьадисехь иштта аьлла а ду: "...(цуьнан метта) цхьа де а кхаба, АллахIе гечдар а деха".

Иштта зудчуьнца и гIуллакх даийтича, зудчуьнан а, майрачуьнан а марха духу, делахь а цу дийнахь марха досту хан тIекхаччалц шаьшшинан марха долуш санна Iен деза и шиъ, юучух-молучух ца кхеташ.

 

9.      Мархин беттан дийнахь майрачунна а, зудчунна а юкъахь эвхьаза гIуллакх масийтта дийнахь дагIахь хIун дан деза?

Нагахь санна иштта гIуллакх мархин беттан шина, я кхаа дийнахь, я кхин а дукха деношкахь деанехь, и гIуллакх деана долу хIора де доькхуш кхаба а деза шолгIа мархин бутт тIекхачале, хIора денна тIера цхьацца каффарат дан (гIуда такха) а деза, масала кхаа дийнахь эвхьаза гIуллакх деанехь кхо де доькхуш кхаба а деза, кхозза гIуда такха а деза.

 

10.  Мархин беттан дийнахь эвхьаза гIуллакх даийтарца марха дохийначу майрачо а, зудчо а каффарат (гIуда) шиммо а дала дезий?

Каффарат дала дезар цхьана стагана (майрачунна) бен тIехь дац. Зудчо дала ца деза каффарат.

 

11.   Нагахь санна цхьамма ша марха кхобуш хилар диц а делла, йа и гIуллакх хилийтар хьарам дуй ца хууш, шен зудчуьнца мархин беттан дийнахь эвхьаза юкъаметтиг хилийтича, цунна тIе а дужий каффарат (гIуда)?

Ца дужу. Вицвалар бахьана долуш, йа хьарам хилар ца хаар бахьана долуш шен зудчуьнца мархин беттан дийнахь эвхьаза юкъаметтиг яийтинчунна тIе каффарат ца дужу, делахь а и де доькхуш кхаба деза цо.

 

12.   Зудчуьнца эвхьаза юкъаметтиг яийтарца а доцуш, кхечу кепара марха дохийча, масала яахIума яарца, гIуда (каффарат) тIе дужий?

Ца дужу. ГIуда тIедожар эвхьаза юкъаметтиг яийтарца доьзна ду. Делахь а, гIуда тIе ца дожахь а, ша къа латорна гечдар деха а деза, и де доькхуш кхаба а деза.

 

 

 

 

(4)

ЦА КХАБАР ДИКА ДОЛУ МАРХА А,

КХАБАР ХЬАРАМ ДОЛУ МАРХА А

 

1.      Ца кхаьбча дика долу марха бохург хIун ду?

Иза – ца кхобуш Iаддитича мел а болуш, кхаьбча цхьа а мел а, къа а доцуш долу марха ду.

 

2.      Маца хуьлу марха ца кхьабча дика долуш?

Марха ца кхаьбча дика долуш хуьлу масех хьолехь:

Къаьсттина цхьана пIераскана дийнахь марха кхаьбча.

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шух цхьамма пIераскана дийнахь марха ма кхобийла, цул хьалха цхьа де, йа цул тIаьхьа цхьа де кхаьбна бен».[52] Абу ХIурайрата – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Пайхамарера – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – схьа: «Кхечу буьйсанашна юкъара пIераскан буьйса къаста ма йойла аш ламазана, кхечу деношна юкъара пIераскан де а къаста ма дойла аш мархийна. Нагахь санна шух цхьаъ шен хьалхе дуьйна цхьа марха кхобуш велахь мегар ду пIераскана дийнахь и марха кхаба».[53] Джувайрийата – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша йолчу чу веара аьлла, пIераскана дийнахь, ша марха кхобуш а йолуш. ТIаккха цо цуьнга аьлла: «Селхана марха кхебирий ахь?» Цо жоп делла: «ХIан-хIа». Цо хаьттина: «Кхана марха кхаба лууш юй хьо?». Цо аьлла: «ХIан-хIа». ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Делахь даста хьайн марха». Цо иштта омру дича, марха дохийна цо.[54]

Оцу хьадисашкахь ма-дарра, пIераскана дийнал хьалха, йа тIаьхьа, цуьнца цхьаьна кхин де марха кхобур дацахь, къаьсттина пIераскана дийнахь марха кхобур дац. Ткъа нагахь санна цхьамма цхьацца де юкъахь дуьтуш кхобучу марханийн деношна юкъахь, йа беттан юккъера кхаа дийна юкъахь пIераскан де нислахь, мегар ду иза ша цхьаъ кхаба.

Къаьсттина цхьана шоьта дийнахь марха кхаьбча.

Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда ц