|
|
|
Ийманан арканаш ПхоьалгIа рукн:
ТIаьххьарчу (къемат)
дийнах тешар
Къемат дийнах тешаран
пайданаш __________________________________________________
1 – Къемат дийнах тешар
довзийтар
ТIаьххьарчу (къемат) дийнах тешар – иза
вай тешар ду, хIара дуьненан дахар чекх дер долуш хиларх а, хIокху дахарера
вай арадоьвлча кхечу шолгIачу дахаре вай девр хиларх а. И шолгIа дахар
дIадолалуш ду вай даларца, тIаккха вай «барзахан» дахарехь хан яккхарца,
тIаккха къемат де хIоттарца, тIаккха вай хьалагIитторца, тIакхха цхьана метте
гул а дина, бекхам а бина, йа ялсамане чу, йа жоьжахати чу адамаш
дIасадахарца.
Къемат дийнах тешар Иманан бIогIамех
(арканех) цхьа бIогIам бу, ткъа царах массерах тешча бен стеган Ийман кхочуш
хуьлуш дац.
Къемат де хIуттур хилар духатоьхнарг,
цунах цатешнарг керста ву. Лекха хин волчу Дала аьлла Къуръан чохь:
(Муххале а, дикалла (суьпалла) ю – АллахIах а, къемат
дийнах а, малийкех а, жайнех а, элчанех а тешар) [Сурат «Албакъарат» 177 аят].
Пайхамара
– Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла, шега Жабраил-малийка
хаьттича: «Ийманах лаьцна дийцахь суна». Цо аьлла:
«Хьо
АллахIах тешар ду иза, (кхин а) Цуьнан малийкех а, Цуьнан жайнех а, Цуьнан
элчанех а, ТIаьххьарчу (къемат) дийнах а, кхин а хьо тешар ду иза къадрах
(Делан кхелах, хIоттамах), цуьнан диканах а, вонах а». [Муслим].
Къемат дийнах тешарх санна, и къемат де
дале хир йолчу цуьнан билгалонех тешар а тIехь ду вайна. И билгалонаш Iелам
наха шина декъе йекъна: кегийнаш а, яккхийнаш а.
1 –
Кегий билгалонаш – уьш къемат де хIоттаран сахьт герга дар гойтуш йолу
билгалонаш ю. Уьш чIогIа дукха ю. Ерриг гуча йоьвлла яц уьш хIинца а, амма
царах дукхах ерш гуча йоьвлла. Оцу кегийчу билгалонех ю: вайн Пайхамар –
Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ваийтар, адамашна юкъара тешамалла
дар, маьждигаш хаздеш кечдар, жаIуй шай-шай цIенош лекха дан гIерташ къийса
балар, жуьгташца тIом а баьлла уьш байъар, зама сиха дIайоьдуш хетар, Iамал
жима ялар, питанаш гуча довлар, байъарш дукха хилар, зина дар сов далар,
адамашна юккъехь талхар алсам далар. Лекха хин волчу Дала аьлла:
(Герга деана (къемат де хIоттаран) сахьт, бутт а бекъабелла) [Сурат «Алкъамар» 1 аят].
2 –
Яккхий билгалонаш – уьш нисса къемат денна хьалха хир ерш ю, и хIоттар
дIадоладалар хоуьйтуш кхерам луш йолу. Уьш итт билгало ю. Царах хIинца а цхьа
а гуча яьлла яц. ХIорш ю уьш яккхий билгалонаш: МахIди вар; Даджал аравалар;
Iийса – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – стиглара охьавоссар, ша нийсонца
хьукма деш а волуш, тIаккха цо ша охьавоьссича жаIарш а йохош, хьакхарчий а
йойъуш, Даджал а вуьйш, керста нахе ясакх а токхуьйтуш, Исламан ШариIат дIа а
хIоттийна цуьнца хьукма а деш; Яъджудж а, Маъджудж а цIе йолу ши къам
арадалар – Iийса-пайхамара доIа а дина лийр ду и ши къам; кхаа меттехь латта
чу дожар: малхбалехь а, малхбузехь а, Iаьрбийн гIайре тIехь а; стиглара охьа
боккха кIур балар, дерриг адамаш шена чу хьул деш; дуьненчура Къуръан
стигланашка дIаайдар; малх малхбузера хьала балар, доккха экха гуча далар;
Iадн цIе йолчу шахьарера схьа йоккха цIе ялар, Шема махка адамаш гул деш хир
йолу. Оцу цIеро адамаш Шема махка гулдар тIаьххьара билгало ю.
Имам Муслима дийцина шен жайни тIехь,
Усайдан кIанта АлгIифари Хьузайфас дийцина хьадис далийна. Хьузайфас
аьлла – Дела реза хуьлда цунна: «Тхо дист хуьлуш долуш тхуна тIе Пайхамар
веара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна, тIаккха цо элира: «ХIун
хьехош ду шу?» Асхьабаша элира: «(Къемат де хIоттаран) сахьт дуьйцуш ду тхо».
Цо элира: «Иза хIуттур дац, шуна цул хьалха итт билгало галлалц». Цо хьахийра
тIаккха: кIур а, Даджал а, экха а, малх малхбузера хьалабалар а, Марйаман
кIант Iийса охьавоссар а, Яъджудж а, кхо латта чудожар а: малхбалехь латта
чудожар, малхбузехь латта чудожар, Iаьрбийн гIайре тIехь латта чудожар а.
Царах уггар тIаьхьа йолу билгало цIе ю, Йаманера (Йеменера) ара ер йолу,
адамаш уьш гулдала дезачу метте дуьгур йолу» [Муслим].
Пайхамаран
– Делера салават а, салам а хуьлда цунна – кхин а цхьа хьадис цунах лаьцна:
«Сан
умматера тIаьххьарчарна юккъахь МахIди гуча вер ву, АллахIа цунна догIа
делхор ду, (тIаккха) лаьтто шен ораматаш хьаладохур ду; шортта даьхни а лур
ду, хьайбанаш а сов девр ду, уммат дазлур ду, иза вехар ву ворхI йа бархI
шарахь» [Хьаким, «Алмустадрак» жайни чохь].
И билгалонаш тIаьхьий-хьалхий хир ю аьлла
деана ду, тай тIехь туьтеш леларе тера. Цхьаъ гуча яьлча цунна тIаьххье шолгIаниг
гучайолуш гучайоьвр ю и билгалонаш, ткъа уьш чекхйоьвлча «сахьт» хIуттур ду,
Лекха хин волчу Делан пурбанца. «Сахьт» бохург – иза адамаш кешнаш чура
хьалагIовттур долу де ду, шайна хьесап дайта. Ткъа царах дикачунна ниIмат хир
ду, вочунна Iазап хир ду.
Лекха
хин волчу АллахIа аьлла:
(Де (ду иза), уьш кешнаш чура сихонца арабоьвр болу,
(цхьана) билгалонна (байракх) тIе сихбелла боьлхуш санна) [Сурат «АлмаIариж» 43 аят].
ХIара де Къуръан чохь масийтта цIарца
хьахийна ду. Къуръан чохь йолу цуьнан цхьайолу цIерш хIорш ю:
- Йавмул-къиямат (ХьалагIовтторан де, къемат
де);
- АлкъориIахI (Шен кхерамашца а, баланашца а
нехан дегнаш тохадолуьйтур долу де);
- Йавмул-хьисаб (Хьесап даран де);
- Йавмуддин (Бекхам баран де);
- АттIоммахI (ТIебужур болу боккха бала);
- АлвакъиIахI (Ца хIоьттича цадолуш долу
де);
- АлхьаккъахI ( Бакъдеш долу де, бакъдерг
толаме деш долу де);
- АссоххахI (Къора веш долу де);
- АлгIошийахI (ДIалоцуш дерг, массо хIума
чулоцуш го беш дерг);
Иштта, кхин цIерш а ю цуьнан Къуръан чохь.
Ткъа вай хьахийна йолу цIерш юккъехь йолуш
долу аяташ хIорш ду: ●
ГIовтторан де (Къемат де). Лекхачу АллахIа
аьлла:
(Ас дуй буу хьалагIовтторан (къемат) денца) [Сурат «Алкъиямат» 1 аят]. ● Шен кхерамашца а, баланашца а дегнаш тохадолуьйтур
долу де (АлкъориIат). Лекхачу АллахIа аьлла: (Тохадолуьйтуш дерг! ХIун ду иза - тохадалуьйтуш дерг?) [Сурат «Ал-КъориIат» 1-2 айаташ] ● Хьесап даран де (Йавмул-хьисаб). Лекхачу
АллахIа аьлла:
(Баккъалла а, АллахIан некъа тIера тилларш – царна
чIогIа Iазап (хир) ду, цара хьесап даран де дицдарна) [Сурат «Сод» 26 аят]. ● Бекхам баран де (Йавмуддин). Лекха хин
волчу АллахIа аьлла:
(Бакъалла а, къинош летийнарш (керста нах) цIергахь
ма бу. Цу чу гIур бу уьш бекхам бечу
дийнахь) [Сурат «АлъинфитIар» 14-15 аяташ]. ● ТIебужур болу боккха бала (АттIоммахI).
Лекха хин волчу Дала аьлла:
(Ткъа тIебеъча тIебужур болу боккха бала) [Сурат «Ан-назиIат» 34 аят]. ●
Ца хIоьттича цадолуш дерг (АлвакъиIахI).
Сийлахьчу АллахIа аьлла:
(Ца хIоьттича цадолуш дерг тIехIоьттича) [Сурат «Ал-вакъиIат» 1 аят].
●
Бакъдеш дерг (АлхьаккъахI). Везчу Дала
аьлла:
(Бакъ деш дерг! ХIун ду иза – бакъдеш дерг?) [Сурат «Ал-Хьаккъат» 1-2 аяташ]. ● Къора веш дерг (АссоххахI). Лекхачу
АллахIа аьлла:
(Ткъа деъча къора веш дерг) [Сурат «Iабаса» 33 аят].
● ДIалоцуш дерг, чулоцуш го беш дерг
(АлгIошийахI). Везчу Дала аьлла:
(Деаний (деана даьлла) хьоьга дIалоцуш долчуьнан
хабар) [Сурат «Ал-гIошийахI» 1 аят].
2 – Къемат дийнах тешаран сифат
ТIаьххьарчу дийнах тешар шина кепара ду,
малийкех тешар а, жайнех тешар а санна: массо агIо хьахош долу духхенгара
тешар, массо агIо чулоцуш а долуш, юкъара доцца долу тешар а.
Ткъа юкъара доцца долу тешар – иза вай
тешар ду, хьалхарниш а, тIаьхьарниш а Дала хьалагIиттор болуш долу де догIур
хиларх. ТIаккха цу дийнахь Дала царна
Шен Iилманца бекхам бийр болуш хиларх а тешар, цхьа тоба ялсамане чу а
йохуьйтуш, шолгIа тоба жоьжахати чу а йохуьйтуш. Лекха хин волчу Дала аьлла:
(Ахь ала:
баккъалла а, хьалхарниш а, тIаьхьарниш а. (Уьш) гулбийр болуш бу доьвзаш
долчу дийнахь хир йолчу ханна (къемат дийнахь хир йолчу цхьана ханна)) [Сурат «АлвакъиIат» 49-50 аяташ].
Ерриг агIо хьахош долу, духхенгара тешар –
иза вай деллачул тIаьхьа хир долчу массо хIумнах тешар ду. Цунна юкъа догIу:
1 –
Каш чохь адамаш зуьйр хилар.
И бохург ду – велларг дIавоьллинчул
тIаьхьа цуьнга хаттарш дийр хилар: цуьнан Делах лаьцна а, цуьнан динах лаьцна
а, цуьнан Пайхамарх Мухьаммадах – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –
лаьцна а. И хаттарш дан долийча, Ийман диллинарш Дала чIогIачу дашца
чIагIбийр бу. Хьадисехь деана ду, АллахIах тешаш волчуьнга и хаттарш дича, цо
жоп лур ду аьлла:
«Сан
Дела АллахI ву, сан дин Ислам ду, сан пайхамар Мухьаммад – Делера салават а,
салам а хуьлда цунна – ву» аьлла.
Хьадисашкахь деана долчуьнах тешар тIехь
ду вайна: шина малийко хаттарш дийр хиларх, и хаттарш муха дийр ду аьлла
деана долчух а, АллахIах тешаш хиллачо лур долчу жоьпах а, мунафикъо лур
долчу жоьпах а.
2 –
Каш чохь Iазап хилар а, ниIмат хилар а.
Кошан Iазапах а, ниIматах а тешар тIехь ду
вайна. Иштта вайна тIехь ду, и каш жоьжахатин оьрнех цхьа ор, йа ялсаманин
бошмашха цхьа беш хирг хиларх тешар, каш эхартан дахар дIадолалуш долу доьххьара
меттиг хиларх а тешар.
Кошан Iазапах хьалхаваьллачунна цул
тIаьхьа хиндерг атта хир ду, ткъа цунах хьалха ца ваьллачунна кхин а хала хир
ду цул тIаьхьа догIур дерг.
Каш чохь хир долу Iазап а, ниIмат а
дегIана а, синна а шинненна а хир долуш ду, цхьацца хенахь цхьана синна бен
ца хуьлуш а хир ду. Ткъа, Iазап
зуламхошна хир ду, амма ниIмат АллахIах тешаш хиллачарна хир ду.
Деллачу адамана «барзахехь» йа Iазап, йа
ниIмат хуьлу, и адам каш чу дIадоьллина делахь а, дацахь а. Башхалла яц, адам
дагийна хилча а, йа акхароша диъна хилча а, йа адамаш дуъучу олхазарша диъна
хилча а, и адам мухха деллехь а, цунна хила дезаш долу Iазап, йа ниIмат цунна
хир долуш ду. Лекхачу АллахIа аьлла:
(ЦIергахь багош бу уьш, Iуьйранна а, суьйранна а,
(ткъа) сахьт (къемат де) хIуттучу дийнахь эр ду малийкаша: «Чукхосса
ФирIавнан охIлу уггар чIогIа Iазап юккъе) [Сурат «Ал-гIофир» 46 аят].
Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а
хуьлда цунна – аьлла:
«Аш
шаьш дIа ца духкуш дуьтур дацахьара, ас АллахIе доьхур дара каш чохь хуьлу
Iазап шуна хазийта аьлла»
[Муслим].
3 –
«Сýр» (маIан) чу мох тохар (хIуп алар).
«Сýр» - иза маIа санна йолу зурма
ю, Исрафил-малийко – Делера салам хуьлда цунна – чу мох тухур болу. Доьххьара
мох тухур бу цо, тIаккха массо дийна хIумнаш лийр ю, Далла лиънарг йоцург.
ШолгIа мох тухур бу цо цу чу, тIаккха, Дала хIара дуьне кхоьлличахьана дуьйна
схьа, къемат де кхаччалц хилла долу дерриг халкъаш хьалагIовттур ду. Лекхачу
АллахIа аьлла:
(Мох туьйхи (тухур бу, хIуп эр ду) «сур» (зурман) чу,
тIаккха стигланашкахь берш а, лаьтта тIехь берш а бели (Iадийна лийр бу)
массо, АллахIана ца лиънарг воцург, тIаккха юха а цу чу мох туьйхи –
(тIаккха) уьш бу хIиттина Iаш, собар деш (хир долчунна)) [Сурат «Аззумар» 68 аят].
Вайн
Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:
«ТIаккха хIуп эр ду «сур» чу, иза хаза мел
хезнарг цецваьлла ладоьгIуш хир ву, цецваьлла хьалахьожур ву, тIаккха ша верг
лийр ву, тIаккха АллахIа догIа доуьйтур ду, йис санна долу, цунах адамийн
догIмаш хьалакхуьур ду, тIаккха юха а хIуп эр ду цу чу, тIаккха уьш хIиттина
Iаш хир бу, собар деш». [Муслим].
4 –
ХьалагIовттор.
Иза Дала белларш денбар ду, «сур» чу
шолгIа мох тохийтарца, Iаламийн Эла волчу АллахIана хьалха уьш хIиттийта.
Дуьххьара хIуп аьллачул тIаьхьа, дерриг
халкъ деллачул тIаьхьа – Далла ца лиънарг воцург, Дала пурба а делла, «сур»
чу хIуп аьлча, синош догIмаш чу юха дерзийтича, эццахь гIовттур ду адамаш
кешнаш чура хьала. Сихонца хьовдур бу уьш шаьш вовшах тоха дезачу метте,
когаш Iуьйра, кога юьйхина хIума а йоцуш, берзина болуш, тIедуьйхина духар
доцуш, хадоза (суннат база) а болуш, шайца цхьаьна цхьа а хIума а йоцуш.
Латтар дах лур ду цигахь тIаккха, малх герга балор бу царна, цуьнан йовхо сов
йоккхур ю. Хьацаро лаьцна хир бу уьш, оцу латтаран халоно лаьцна хир бу уьш.
Царах цхьаболу нах хир бу, шина хьоркане кхаччалц хьацар юккъехь, кхинберш
хир бу и хьацар голашка кхочуш долуш, цхьаберш хир бу гIода юккъе кхаччалц
хьацар юккъехь, вуьйжаш хир бу некха тIекхаччалц хьацар юккъехь, цхьаболчарна
хьацар белш тIекхаччалц хир ду, ткъа цхьаболу нах берриг хьацаро дIакъоьвлина
хир бу. И ша йолу халонаш цара йинчу Iамалшка хьаьжжина хир ю.
Вай гIовттор хилар шеко йоцуш бакъ ду. Иза
бакъ хилар ШарIо а, кхетамо а, хьекъало а гойту. Ткъа ШарIехь, иза бакъ хилар хоуьйтуш дуккха а аяташ ду
Делан Къуръан чохь, нийса дешнаш а ду Пайхамаран – Делера салават а, салам а
хуьлда цунна – суннатехь а. Лекха хин волчу АллахIа аьлла:
(Ахь ала: Муххале а! Сан Делор! ГIовттор долуш ма ду
шу) [Сурат «АттагIабун» 7 аят].
Кхин
а аьлла Сийлахь Лекхачу АллахIа:
(Оха доьххьара халкъ дIадолоре тера, (деллачул
тIаьхьа) юха а дерзор (дендийр) ду Оха иза) [Сурат «Алъанбияъ» 104 аят].
ГIовттор хилар бакъ хилар гойтуш ду
Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хьадис:
«ТIаккха
хIуп эр ду «сур» чу, иза хаза мел хезнарг цуьнга ладоьгIуш хир ву, ладугIуш
хьалахьожур ву, тIаккха ша верг лийр ву, тIаккха АллахIа догIа даайтур ду,
йис санна долу, цунах адамийн догIмаш хьлакхуьур ду, тIаккха юха а цу чу хIуп
эр ду, тIаккха уьш хIиттина Iаш хир бу, хьоьжуш, ладоьгIна». [Муслим].
АллахIан
кхин а дош ду:
(Цо элира: хьа денйийр ю даьIахкаш, уьш яхка елла а
йолуш? Ахь ала: уьш денйийр ю уьш доьххьара кхоьллинчо, Иза дерриг халкъ
доьвзаш (цаьрца дерг хууш) а ву) [Сурат «Йасин» 78-79 аяташ].
ГIовттор хилар кхетамо бакъдеш хилар вайна
го – белларш денбар Дала нахана гайтина хиларехь. «Албакъарат» сурат чохь пхи
масала ду, Дала иза нахана гайтина хилар дуьйцуш. И масалш хIорш ду: Мусан
къам, де а дийна Дала дендина долу; Исраилан кIентий (жуьгтий) байъинарг;
валарха боьвдда, шайн цIера арабоьвлла бахнарш; цхьана юрта юххехула волуш
хилла волу цхьа стаг, Дала ве а вийна юха денвина волу; ИбрахIиман – Делера салам
хуьда цунна – хьоза а.
Вай гIовттор хилар хъекъало бакъ дар шина
агIор ду:
- Сийлахь Лекха АллахI ву стигланаш а, латта
а, цаьршинна юккъехь дерг а кхоьллина верг. Ткъа уьш доьххьара кхоьллинарг
уьш деллачул тIаьхьа юха ца кхоллалуш хуьлийла дац.
- Къемат де хIуттучу хенахь, дуьне ша дерг
дакъа делла, делла хир ду, шена чохь цхьанне кепара дахар доцуш, тIаккха Дала
цунна тIе догIа доуьйтур ду, тIаккха ден лур ду дуьне, баьццара хир ду, шена
тIехь массо хIумнах шишша хIума йолуш. Ткъа и латта деллачул тIаьхьа дендеш
волчуьнга кхин йолу елла хIумнаш а ден йалур ю, адамаш а ден далур ду.
5 –
Адамаш гул дар а, хьесап дар а, бекхам бар а.
Вай теша дезаш ду адамаш гул дийр хиларх
а, цаьрга хаттам бийр хиларх а, царна юккъахь нийсо йийр хиларх а, адамаша
йинчу Iамалшна бекхам бийр хиларх а. Лекха хин волчу Дала аьлла:
(Оха уьш гулбийр бу, царах цхьа а вуьтур а вац) [Сурат «АлкахIф» 47 аят].
Кхин
а аьлла Лекха хин волчу АллахIа:
(Амма шен (Iамалш шена тIехь дIаяздина долу) тептар
аьтту агIор шега делларг – цо эр ду: схьаэца, деша сан тептар. Суна хаьара со
(сайн) хьесапана тIенислур вуй. Ткъа иза ша реза волчу дахарехь хир ву) [Сурат «Алхьаккъат» 19-21 аяташ].
Кхин
а аьлла Сийлахь Везчу АллахIа:
(Амма шен тептар аьрру агIор шега делларг – цо эр ду:
дависа, ма-делла делара соьга (хIара) тептар. Хьесап хIун ду а ма-хиъна
делара суна) [Сурат «Алхьаккъат» 25-26 аяташ].
Гул дар бохург – иза адамаш дигар ду,
вовшахтохаран метте, царна хьесап дан. Гул дарна а, гIовтторна а юккъахь йолу
башхалла ю – гIовттор иза догIмаш чу синош юхадерзор хилар, ткъа гул дар –
иза хьалагIиттийна долу адамаш вовшахтохаран метте дIадуьгур хилар.
Хьесап дар а, бекхам бар а – иза Дала Шен
лайш Шена хьалха дIа а хIиттийна, царна церан Iамалш йовзийтар ду.
Ткъа АллахIах теша а тешаш, Цунах кхоьруш
хиллачеран хьесап дар – церан Iамалш царна гайтар хир ду, цу Iамалшна юккъара
вон ерш Дала дуьненахь къайла яхийтина хир ю, эхартахь царна гечдина хир ду.
И царна гайтаран бахьана хир ду – царах Дала бина болу къинхетам царна
бовзийтар. Уьш гулбийр бу церан Иймане хьаьжжина. Малийкаш доьхьал догIур ду
царна ялсаманийца кхаьънаш дохуш, кхерамаллех уьш лар беш, цу халчу дийнан
халонех кхерабаларха уьш ларбеш. Ткъа церан яххьаш кIай хир ю. Цу дийнахь
церан яххьаш серло луш къегина хир ю, ела елла, хазахеташ хир ю.
Амма АллахIа бохург харц деш хилларш,
Цуьнан аятех дIабоьрзуш хилларш – царна хьесап дар хала хир ду. Доккхачу
хIуманна а, жимчу хIуманна а чIогIа лерина хьесап дийр ду царна. Шайн яххьаш
тIехь такхийна балор бу уьш къемат дийнахь, сийсаз бина, цара дуьненахь
динчунна бекхам беш, цара харц деш хиллачунна бекхам беш.
Къемат дийнахь шайна доьххьара хьесап дийр
берш Мухьаммадан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – уммат ду. Цаьрца
ялсамане чу гIур ву кхузткъе итт эзар, цхьа а хьесап а доцуш, Iазап а доцуш,
церан «тавхьид» – Дела цхьаъ вар – кхочуш хилар бахьана долуш. Оцу кепара
ялсамане гIур берш вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –
бийцина вайна, уьш муьлш бу хоуьйтуш:
«Шайна
“рукъйахI”1 яр ца лохуш берш,
лозуш йолу меттиг ягорца дарба ца лохуш берш, “хIара вон билгало ю” – бохуш
ойла ца йожош берш, шайн Далла тIе болх буьллуш берш».
Царах ву сийлахь волу асхьаб Михьсанан
кIант IуккашахI – Дела реза хуьлда цунна.
Лайшна тIехь долчу Делан хьокъашна юккъера
уггар хьалха шена хьесап дийр дерг ламаз ду, ткъа адамийн хьокъашна юккъера
уггар хьалха нахана юккъехь къастор дерг нехан цIий ду.
6 –
Хьавд.2
Вай теша дезаш ду Пайхамаран – Делера
салават а, салам а хуьлда цунна – Хьавдах. Хьавд – иза боккха Iам бу, сийлахь
хи молу меттиг а ю. Къемат дийнан майданашкахь хир бу иза, ялсамани чура
Кавсар хих хIоьттина а бу иза.
Мухьаммад-Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – умматера Ийман
диллинарш богIур бу цу тIе, цуьнан хи мала.
Ткъа оцу Хьавдан сифаташ иштта ду: шуьрел
кIай бу иза, лайл шийла бу иза, мозал мерза бу иза, миск-IатIарал хаза хьожа
йолуш бу иза, чIогIа боккха а бу иза. Цуьнан шоралла а, бахалла а цхьатерра
ю. Цуьнан хIора агIо баттахь некъ балла ю. Ялсамани чура тIе хидогIуш йолу
шиъ хи чудогIийла ю цуьнан, ткъа цуьнца йолу хи молу пхьегIаш стигларчу
седарчел дукха ю. Цу чура цкъа хи мелларг цул тIаьхьа цкъа а хьаг лур вац.
Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:
«Сан
Хьавд баттахь некъ балла ду, цуьнан хи шуьрел кIай ду, цуьнан хьожа
миск-IатIарал хаза а, цIена а ю, цуьнан кIудалш стиглара седарчий санна ю, цу
чура хи мелларг цкъа а хьаг лур вац». [Бухари].
7 –
ШафаIат дар.
Къемат дийнан латтаран бала нахана
чIагIбелла базбелча, церан цигахь латтар дахделча, шайн Далла хьалха шайна
шафаIат дахьара аьлла, пайхамаршна тIе гIур бу уьш, оцу латтаран халонех а,
баланех а шаьш хьалха дитахьара аьлла. Амма, собаран а, къахьегаман а дай
хилла болчу уггар безчу элчанаша тIеоьцур дац шафаIат дар, тIаьххьара вайн
Пайхамарна Мухьаммадна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –
тIекхаччалц, элчанашна мохIур дина ваийтина волчу, хьалха а, тIаьхьа а
цуьнгара йоьвллачу гIалатлонашна Дала гечдина волчу. ТIаккха иза – Делера
салават а, салам а хуьлда цунна – хIуттур ву, хьалхарчара а, тIаьхьарчара ша
хестор волчу метте, шен деза дарж а, еза меттиг а гуча ер йолчу метте. Цо –
Делера салават а, салам а хуьлда цунна – сужуд дийр ду Делан Iарш кIеллахь.
АллахIа тIаккха цунна дагчу тосур ду Ша хаставаран дешнаш, тIаккха цо –
Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Иза вазвийр ву, хастор ву, тIаккха
шен Деле пурба доьхур ду цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –
шафаIат дан, тIаккха АллахIа цунна пурба лур ду халкъашна шафаIат дан, лайшна
тIехIиттина йолу халонаш а, баланаш а чекхбовлийтархьама.
Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а
хуьлда цунна – аьлла:
«Баккъалла
а, малх герга богIур бу къемат дийнахь, ах лерга тIекхаччалц хьацар чохь хир
ду (цхьадолу адамаш), уьш ишттачу хьолехь а болуш, Адаме гIо доьхур ду цара,
тIаккха ИбрахIиме, тIаккха Мусага, тIаккха Iийсага, тIаккха Мухьаммаде гIо
доьхур ду. Цо шафаIат дийр ду тIаккха, халкъана юккъахь къастам бина балийта
аьлла. Иза гIур ву (ялсаманин) неIаран чIуг схьалоцуче кхаччалц3; цу дийнахь АллахIа иза гIаттор ву
хастамечу меттехь,4 гулдаран охIлуно5
массара а хастор ву иза» [Бухари].
ХIара доккха шафаIат дар Дала вайн Элчанна
– Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьанна делла ду. Иза доцург а,
кхин шафаIаташ а ду Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дийр
долуш. Уьш довзуьйтур ду вай:
1 –
Ялсаманин охIлунна Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дийр
долу шафаIат, уьш ялсамани чубахийта аьлла. Цуьнан тешалла Пайхамаран –
Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дош ду:
«Къемат
дийнахь ялсаманин неIаре вогIур ву со, тIаккха: “НеI дIаелла” – эр ду ас,
Хазина6 эр ду тIаккха: “Хьо мила ву?” Ас эр
ду: “Мухьаммад ву”. Цо эр ду тIаккха: “Хьол хьалха цхьанна а дIамаелла аьлла
омру дина дара суна”» [Муслим].
2 –
Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шафаIат дийр ду, диканаш
а, вонаш а цхьатерра нисделлачу нахана, уьш ялсамани чу бахийта аьлла. ХIокху
хьокъехь Пайхамарера – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – деана нийса
хьадис дац, йа иза воцчуьнгара а дац, делахь а, цхьаболчу Iеламнаха аьлла
иштта шафаIат хир ду аьлла.
3 –
Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шафаIат дийр ду
жоьжахати чу баха хьакъ хиллачу цхьаболчу нахана, уьш цу чу ма бахийтахьара
аьлла. Цуьнан тешалла ду цуьнан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –
дош а, цуьнан юккъера кхетар а:
«Суна
шафаIат дан магийна ду сан умматера даккхий къинош летийначарна» [Абу-Давуд].
4 –
Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шафаIат дийр ду ялсамани
чохь болчеран даржаш сов даха аьлла. Цуьнан тешалла ду цуьнан – Делера салават а, салам а хуьлда
цунна – дош:
«Йа
АллахI! Абу-Саламатана гечде Ахь, Айхьа нисбинчарна юккъахь цуьнан дарж сов
даккха Ахь» [Муслим].
5 –
Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьаболчу нахана шафаIат
дийр ду, хьесап а доцуш, Iазап а доцуш уьш ялсамани чу бахийта аьлла. Цуьнан
тешалла ду Михьсанан кIантах Iуккашатах лаьцна долу хьадис: хьесап а, Iазап а
доцуш ялсамани чу гIур болчу кхузткъе итт эзарна юккъахь ша а хилийта але
доIа дехьа аьлла цо Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –
аьлча, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – доIа дина:
«Йа
АллахI! Царах ве Ахь иза». [Бухари, Муслим].
6 –
Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шафаIат дийр ду, шен
умматера, даккхий къинош а летийна жоьжахати чубаханчарна, уьш цу чура арабовлийта аьлла. Цуьнан тешалла ду
Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дош:
«Суна
магийна ду шафаIат дан, сан умматера даккхий къинош летийначарна». [Абу
Давуд].
Кхин
а цхьа хьадис ду:
«Жоьжахати
чура цхьа нах арабоьвр бу Мухьаммадан шафаIатца, тIаккха ялсамани чу гIур бу
уьш, “жоьжахати чохь хилларш” – аьлла шайн цIе йоккхуш а болуш». [Бухари].
7 –
Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шафаIат дийр ду, Iазап
хила хьакъ болуш жоьжахати чу бахийтинчарна, церан Iазап дай де аьлла. Цуьнан
масала ду, цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шен девешина
Абу-ТIалибана дийр долу шафаIат. Иштта шафаIат хирг хиларан тешалла ду
Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дош:
«Къемат
дийнахь сан шафаIато пайда бан мега цунна, тIаккха (ас шафаIат дича), цуьнан
хьорканашка кхочуш йолчу, цуьнан хье кхехкор болчу жимчу цIерга вилла мега
иза» [Бухари, Муслим].
АллахIана гергахь шафаIат кхочуш ца хуьлу
ши бехкам кхочуш хиларца бен:
-
ШафаIат деш волчунна а, шена шафаIат дойтуш волчунна а АллахI реза хилар;
-
ШафаIат деш волчунна Дала шафаIат дан пурба далар. Лекха хин волчу АллахIа
аьлла:
(Цара шафаIат ца до Иза (АллахI) реза хиллачунна бен) [Сурат «Ал-анбияъ» 28 аят].
Кхин
а аьлла Сийлахь Везчу Дала:
(Мила ву иза – Цунна гергахь шафаIат деш верг, Цуьнан
пурбанца бен (Цуьнан пурба доцуш)?) [Сурат «Албакъарат» 255 аят].
8 –
Терза.
Терза дугIур хилар бакъ ду, цунах тешар
вайна тIехь а ду. Терза – иза, къемат дийнахь, Шен халкъан Iамалш оза Дала
дугIур долу терза ду, уьш оьзначул тIаьхьа царна церан Iамалшка хьаьжжина
бекхам бархьама. Иза вайна гуш а долуш, ши кад а болуш, юккъехь терза гойтуш болу
мотт а болуш терза хир ду. Цуьнца Iамалш узур ю, адамаша дуьненахь мел
лелийнарг а узур ду, йа Iамалш тIеязйина долу тептарш узур ду, йа адам ша
узур ду. Уьш массо озар хила а мегаш ду, амма терза даздалар а, дайдалар а
Iамалца а, гIуллакхца а бен хир дац, тептаршца а, адамца а хир дац.
Лекхачу
АллахIа аьлла:
(Оха хIиттор ду нийсонан терзанаш къемат дийнахь,
цхьанне хIуманна тIехь зулам а хир дац цхьа а синна (адамана); “хардалан”7 буьртиг санна хIума делахь а, Оха
схьадохьур ду иза; Тхо тоьаш ду (халкъана) хьесап деш хила) [Сурат «Алъанбияъ»47 аят].
Кхин
а аьлла Лекхачу АллахIа:
(Цу дийнахь хир долу (Iамалш) озар нийсонца (хир ду);
ткъа шен терза даз делларш – уьш бу уьш декъал хилларш. (Амма) шен терза
дайделларш – уьш бу уьш шаьш шайн синошна эшам бинарш, Тхан аяташца (уьш
къобал ца деш, духа детташ) зулам дар бахьана долуш) [Сурат «АлъаIраф» 8-9 аяташ].
Пайхамара
– Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «ЦIано
яр Иманан ах дакъа ду, “алхьамдулиллахI” бохучу дашо терза хьала а дузу». [Муслим].
Кхин
а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –:
9 –
«АссиротI» - ТIай.
Вай теша дезаш ду «сиротIах». «СиротI» -
иза тIай ду, жоьжахатина тIехула доьгIна долу, кхерамечу меттиг тIехула
доьгIна долу. Оцу тIай тIехула дехьа боьвр бу ялсамани чу боьлхаш берш. Оцу
тIехула дехьа бовлуш болчерах цхьаберш
бIаьрганегIар тухуш санна сиха дехьа боьвр бу, вуьйжаш мох хьаькхча
санна сиха дехьа боьвр бу, цхьаберш уггар дикчу говрийн сихонца дехьа боьвр
бу, цхьаберш боьвдда дехьа боьвр бу, цхьаберш буьйла белла боьвр бу,
тIаьххьарниш такхийна дехьа бохур бу. Оцу тIехула дехьавалар Iамалшка
хьаьжжина хир ду, дика Iамалш дукха мел хуьлу, дехьа валар сиха хир ду. Амма
цхьаберш дехьа цабовлуьйтуш чу эгор бу, жоьжахатин цIерга. Цу тIехула дехьа
ваьлларг ялсамане гIур ву.
Доьххьара оцу тIай тIехула дехьа вер верг
вайн Пайхамар Мухьаммад ву – Делера салават а, салам а хуьлда цунна -,
тIаккха цуьнан уммат ду.
Цу дийнахь вист хуьлуш цхьа а хир вац,
элчанаш боцурш. Ткъа элчанаша дийр долу доIа хир ду: «Йа АллахI! Маьрша дита
Ахь тхо, маьрша дита Ахь тхо (халонех хьалха дахахь тхо)».
Жоьжахати чохь мIерий хир ду, шайн
дукхалла хууш верг цхьа Сийлахь АллахI бен воцуш. АллахIана лиънарг цу чу
озор ву цара.
«СиротI»-тIайн сифаташ иштта ду: иза
туьрал ира ду, масал дуткъа ду, Дала цу тIехь чIагIбина ког бен тIехь саца
лур боцуш шера ду иза, Iаьржачу боданехь доьгIна хир ду иза. Тешам а,
гергарло а цхьацца агIор дIахIоттор ду цунна, тIаккха оцу тIехула дехьа
волучунна цаьршимма тешалла дийр ду – хIокхо со лардира, йа ца лардеш дайъира
– аьлла. Лекхачу АллахIа аьлла:
(Шух цхьа а вац цунна (жоьжахатина) тIевогIур волуш
бен, (и хир долуш хилар) хьан Дала Шена тIелаьцна сацам бу, чекх боккхур
болуш болу. ТIаккха Оха кIелхьара бохур бу ( ширках а, куфрах а) кхийринарш,
Iадда а буьтур бу зуламхой (ширк деш хилларш, куфр деш хилларш) цу чохь, шайн
голаш тIехIиттина а болуш) [Сурат «Марйам» 71-72 аяташ].
Пайхамара
– Делера салават а, салам а хуьлда цунна –
аьлла:
«СиротI-тIай
а дугIур ду жоьжахатин шина агIонна юккъехь, со а, сан уммат а хир ду цунна
тIехула доьххьара дехьа девр дерш» [Муслим].
Кхин
а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна:
«Жоьжахатин
тIай а дугIур ду…, ткъа доьххьара цу тIехула дехьа вер верг со хир ву; цу
дийнахь элчанийн доIа: “Йа АллахI! Маьрша дита Ахь тхо, маьрша дита Ахь тхо”
бохуш хир ду». [Бухари, Муслим].
Абу-СаIид
Алхудри цIе йолчу асхьаба – Дела реза хуьлда цунна – аьлла:
«Соьга
кхаьчча, тIай масал дуткъа ду аьлла а, туьрал ира ду аьлла а долу хабар»
[Муслим].
Кхин
а хьадис ду Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Тешам а, гергарло а дIахоьцур ду, тIаккха и шиъ хIуттур ду тIайн шина агIонна тIе – аьтту агIор а, аьрру агIор а – тIаккха шух хьалхарниг ткъес санна сиха дехьа вер ву… тIаккха мох санна (сиха дехьа вер ву), тIаккха олхазар тIема даьлла доьдуш санна, тIаккха ведда воьдуш санна, церан Iамалша дехьа бохур бу уьш8, шун Пайхамар тIайна тIехIоьттина хир ву – “Йа АллахI! Маьрша бита Ахь уьш, маьрша бита Ахь уьш” – бохуш, (уьш иштта дехьа бийр бу), адамийн Iамалш кIеззиг а хилла, Iамалшка хIумма а цадалучу хьоле кхаччалц, тIаккха (Iамалш кIеззиг ерг) дехьа цавалалуш хир ву, текхаш бен. Жоьжахатин шина агIор оьхкина мIерий хир ду, схьалаца аьлла шайга омра динарг схьалоцуш. ТIаккха царах хир ву, оцу мIераша дегIа тIехь сизаш а дина кIелхьараваьлларг а, тIекI-тIекIал кхуьйсуш жоьжахати чукхоьссинарг а» [Муслим]
10 –
«КъантIарахI» (Жоьжахатина а, ялсаманина а юккъехь йолу меттиг).
Вай теша дезаш ду, Ийман диллинарш тIайл
дехьа боьвллачул тIаьхьа, «къантIарахI» олучу меттехь совцор хиларх.
«КъантIарахI» – иза ялсаманина а,
жоьжахатина а юккъехь йолу меттиг ю. ЦIарал кIелхьара а боьвлла, тIайл дехьа
боьвллачул тIаьхьа, Ийман диллинарш совцор бу цигахь, ялсамани чу бахале
цаьрга шайна вовшашна юккъахь долчу хIумнаш тIехь бекхам байта. ТIаккха уьш
цIанбеллачул тIаьхьа, пурба лур ду царна ялсамани чу баха. Пайхамара – Делера
салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:
«АллахIах
тешаш хилларш кIелхьара боьвр бу цIарах, тIаккха уьш совцор бу “къантIарахI”
тIехь, ялсаманина а, жоьжахатина а юккъехь, тIаккха дуьненахь царна вовшашна
юккъахь хиллачу халахетаршна а, латкъамашна а, ваьснашна а цаьрга вовшийн
бекхам бойтур бу, (тIаккха) къастош дерг къастийначул тIаьхьа, мукъавоккхуш
верг мукъаваьккхинчул тIаьхьа, пурба лур ду царна ялсамани чу баха.
Мухьаммадан са Шен керахь долчу (Делор), шух хIоранна а шен ялсамани чохь
долу цIа гIоли доьвзар ма-ду, шен дуьненахь хиллачу цIийнал» [Бухари].
Ялсамани – иза сийлахьаллин хIусам ю,
АллахIа Шех кхоьруш хиллачарна къемат дийнахь яла кечйина йолу. Ялсамани чохь
лелаш татолаш ду, цу чохь лекха чоьнаш ю, хаза зударий а бу. Цу чохь синошна
мел деза хIума ду, бIаьргаша марзо мел оьцу хIума а ду. Цхьа а бIаьргана гина
доцу, цхьа а лергана хезна а доцу, адамийн дагчу цкъа а деъна а доцу хIумнаш
ду цу чохь. Цуьнан ниIмат чекх долуш дац, йа дайна дIадер долуш а дац. Цу чу
баханарш даим цу чохь хир бу, лийр а боцуш, йа цу чура дIахедар а боцуш. Цу
чохь йолу шад йиллал йолу меттиг дуьненал а, дуьнена чохь долчу массо хIуманал
а гIоли ю. Шовзткъа шарахь некъ бича санна йолчу генарчу меттехь а йогIу
ялсаманин хаза хьожа.
Ткъа цу чохь долу уггар доккха ниIмат –
иза «муъминунашна» (цу чохь болчу АллахIах тешаш болчарна) шайн бIаьргашца ша
ма-варра шайн Дела АллахI гар ду. Керста нахана дихкина ду АллахI гар,
ялсамани чохь бусалба нахана бен гур волуш а вац Иза – Сийлахь а, Лекха а ву Иза. Ткъа Ийман диллинчарна а АллахI
гур вац бохуш волчо керста нах а, АллахIах тешаш берш а цхьатера бо.
Ялсамани чохь бIе дарж ду, хIора даржана
юккъехь йолу меттиг стигланна а, латтанна а юккъахь санна йолу меттиг ю.
Ялсамани чохь уггар лекханиг Фирдавс-ялсамани ю. Цуьнан тхов Делан Iарш ду.
Цуьнан бархI неI ю. ХIора неIаран шина агIонна юккъехь йолу меттиг Маккийна
а, ХIажарна а юккъахь ерг санна йоккха меттиг ю, бакъдолуш, цхьа де а догIур
ду, и неI адамаша дIаюьзна йолуш. Ялсаманин охIлунна юккъахь уггар лахара
даржехь волчуьнан дуьне а, и санна кхин итт а хир ду. Лекха хин волчу АллахIа
аьлла ялсаманих лаьцна:
(…иза кечйина ю (Делах) кхоьруш болчарна) [Сурат «Ал-Iимран» 133 аят].
Ялсаманин
охIлу даим дийна хирг хиларх лаьцна а, уьш даим ялсамани чохь хирг хиларх
лаьцна а, ялсамане даим лаьттар йолуш хиларх лаьцна а аьлла Сийлахь Везчу
Дала:
(Церан бекхам церан Делехь бу – бошмаш (ялсамани, хир
ю царна) шайна кIелхула лелаш татолаш а долуш йолу, даиманна а цу чохь хир
бу уьш; реза хилла царна АллахI, уьш а реза хилла Цунна; иза (хир ду) шен
Делах кхийринчунна) [Сурат «Албаййинат» 8 аят].
Ткъа «цIе» (жоьжахате) – иза Iазапан
хIусам ю, керста нахана а, Iеса хиллачарна а Дала кечйина йолу. Цу чохь уггар
чIогIа Iазап ду, тайп-тайпана таIзарш а ду. И ларйеш долу малийкаш чIогIа
ницкъ болуш, кIоршаме ду. АллахIах ца тешна болу керста нах гуттаренна а цу
чу бухкур болуш бу. Церан даар «заккъум»9
ду, церан малар довха хиш а, хьацар а ду. ХIокху дуьненахь йолу цIе
жоьжахатехь йолчу цIеран йовхонан кхузткъе иттолгIа дакъа бен дац. Жоьжахатин
цIе дуьненан цIарал кхузткъе иссозза йовха ю.
Оцу цIарна кIорда ца бо шена чу кхуьйсуш
берш, муххале а цо олу: «Кхин совнаха вуй цхьа а?» Цуьнан ворхI неI ю, оцу
хIора неIарна чу гIур долуш тайп-тайпана адамаш а ду. Лекхачу АллахIа цIарах
лаьцна аьлла:
(…иза кечйина ю ца тешачарна (АллахIах)) [Сурат «Áл-Iимран» 131 аят].
Жоьжахатин
охIлу цу чохь даим хирг хиларх лаьцна а, иза даим лаьттар йолуш хиларх лаьцна
а аьлла Лекха хин волчу Дала:
(Баккъалла а, АллахIа наьIалт аьлла (Шен къинхетамах
гена бахарца, Шех) ца тешачарна, царна чIогIа цIе а кечйина Цо. Гуттаренна а
цу чохь хир бу уьш) [Сурат «Ал-Ахьзаб» 64-65 аяташ].
3 – Къемат дийнах тешаран пайданаш
Къемат дийнах тешаран дуккха а дика
пайданаш ду, царах цхьадерш дуьйцур ду вай: ● Дика Iамалш ян лаам сов балар, и Iамалш
ярна тIехь къахьегар; ●
Оцу дийнахь хир долчу таIзарх а, Iазапах а кхоьруш,
къинош леторах ларвалар, къиношна реза цахилар, Iесаллех гена валар; ●
Эхартахь шена ниIмат а, мел а хиларга дог
дохуш, Делах тешаш верг ша дуьне Iад дитарх воккха вер; ● ГIовттор хиларх тешар цхьаьна стеган
ирсан а, дерриг халкъан ирсан а бух бу. ХIунда аьлча, адам тешаш хилча, Дала
адамаш деллачул тIаьхьа хьалагIовттор хиларх, царна хьесап дийр хиларх, цара
йинчу Iамалшна царна бекхам бийр хиларх, цунах адам тешча, иза нислур ду Дала
бохучунна тIехь, иза дIахедар ду вонах а, цуьнан тIаьхьлонех а, нахана
юккъехь даьржара ду дика, яьржар ю дикалла а, маршо а.
nnn
1
“РукъйахI” – цомгаш волчунна тIехь доьшуш долу аяташ
а, доIанаш а ду. Уьш дешар мегаш ду, делахь а, шена уьш хьа доьшур дара-те
бохуш цомгаш волчо ша шена дешийта стаг ца лехар дика ду, Далла тIе болх
билларан агIо алсам ялийта. Цундела лерина и ца лохуш берш Дела цхьаъ вар кхочуш хиллачарна
юккъехь, болх АллахIана кера дIабалар
а, иза Цунна тIе биллар а церан чIогIа хиларна. Къуръан тIера
а, Суннатера а и доIанаш хьайна довза лаахь, хьо хьажа
«Къуръан тIера а,
Суннатера а дарбанан аяташ а, доIанаш а» цIе йолчу жайни тIе, Дела пурбанца
кеста гочдина долуьйтур ду ас иза.
2 Хьавд – вайн Пайхамарна – Делера салават а, салам а
хуьлда цунна – Дала белла Iам бу.
3 АллахIана герга гIур ву бохург ду иза.
4 Хастаме меттиг – иза цо дийр доккха шафаIат ду, цуьнга
бен дойтур доцуш долу.
5 Къемат дийнахь гулбинчу наха хастор ву иза бохург ду
цуьнан маьIна. («Фатхьул-Бари»).
6 Ялсамане лар еш долчу малийкан
цIе ю Хазин.
7 Хардал – кIолла ю (жима буьртиг бу). КIоллин
буьртигца далийна масала, мел жима делахь а, цхьа а хIума къемат дийнахь Iад
дуьтур цахилар гайта далийна ду.
8 Дехьабовларан сихаллехь шайн
Iамалшка хьаьжжина хир бу уьш.
9 «Заккъум» - жоьжахати чура, къаьхьа а долуш, вон
хьожа а йолуш долу дитт ду, цу тIера стоьмаш хир бу жоьжахатин охIлунан даар.
|