|
|
|
Ийманан арканаш
ШолгIа рукн:
Малийкех тешар
2 – Малийкех тешаран хьукма а,
бусалба динехь йолу цуьнан меттиг а
3 – Малийкех тешаран дакъош а,
уьш довзийтар а
4 – Адамаша лардан дезаш долу
малийкин хьакъ
5 – Малийкех тешарх хуьлуш болу
пайда
__________________________________________________
1 – Малийкех тешар довзийтар.
Малийкех тешар бохург – иза Дала нуьрах
кхоьллина малийкаш боккъул хиларх тешар ду. Малийкаш Дала нуьрах кхоьллина
ду. Уьш массо а муьтIахь ду АллахIана. Шайна Дала динчу омрунна Iеса ца хуьлу
уьш цкъа а, Дала шайга де аьлларг а до цара.
Цкъа а кIад ца луш Далла тасбихь деш ду уьш дийнахь а, буса а. Ткъа
церан дукхалла Далла бен хууш яц. Дала тайп-тайпана белхаш а, гIуллакхаш а
дехкина царна тIе. Лекхачу АллахIа аьлла:
(Муххале а, дикалла (суьпалла) ю – АллахIах а, къемат
дийнах а, малийкех а, жайнех а, элчанех а тешар) [Сурат «Албакъарат» 177 аят].
Кхин
а аьлла Лекха хин волчу Дала:
(Элча тешна шена шен Делера доссийначух, иштта Ийман
диллинарш а, массо уьш тешна АллахIах а, Цуьнан малийкех а, Цуьнан жайнех а,
Цуьнан элчанех а; (цара олу) оха къестам ца бо Цуьнан цхьа а элчанашна
юккъахь, (кхин а) аьлла цара: тхуна хаза а хезна, тхо муьтIахь а хилла; хIай
тхан Дела, Хьан гечдар доьху оха, дерзар Хьоьга а ду тхан) [Сурат «Албакъарат» 285 аят].
Жабраил-малийкан хьадисехь деана ду:
Жабраила Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хаьттинчу
хенахь: “Иманах лаьцна дийцахь суна” – аьлла, Пайхамара – Делера салават а,
салам а хуьлда цунна – жоп делла цунна:
«Ийман бохург – иза хьо тешар ду АллахIах а,
Цуьнан малийкех а, Цуьнан жайнех а, Цуьнан элчанех а, къемат дийнах а, иштта
хьо къадрах (билгалдаккхарх) тешар а – дика делахь а, вон делахь а».
[Муслим].
2 – Малийкех тешаран хьукма а, бусалба динехь йолу
цуьнан меттиг а.
Малийкех тешар – иза Ийманан ялх арканех
(бIогIамех) цхьа рукн (бIогIам) ду, оцу массо арканех тешна хилча бен Ийман
къобул хуьлуш а дац, нийса хуьлуш а дац.
Берриг бусалба нехан цхьа барт болуш хIума
ду малийкех тешар важиб (парз) хилар. Ткъа малийкаш дац бохуш верг, йа Дала
хьахийна долу цхьадолу малийкаш дац бохуш верг куфр (керстаналла) деш ву,
Къуръанна а, Суннатна а, бусалба нехан бартана а дуьхьалваьлла а ву. Лекха
хин волчу АллахIа аьлла Къуръан чохь:
(Ткъа цатешнарг АллахIах, Цуьнан малийкех а, Цуьнан
жайнех а, Цуьнан элчанех а, къемат дийнах а, иза тилла, гена даьллачу
тиларца(иза ву шен тиларехь генаваьлла)) [Сурат «Аннисаъ» 136 аят].
3 – Малийкех тешаран дакъош а, уьш довзийтар а.
Малийкех тешар шина кепара ду:
1 – Массо
агIо хьахош йоцуш, амма массо агIо шена чулоцуш долу юкъара доцца долу тешар;
2 –
Массо агIо хьахош долу духхенгара тешар.
Юкъара доцца долчу тешарна юкъадогIуш
масех хIума ду, оцу хIуманашна тIедоьгIна а ду иза. Уьш кху лахахь дерш ду:
1 -
Малийкаш хиларца мукIарло дар, уьш Делан халкъах цхьа халкъ ду аьлла тешар.
Малийкаш Дала Шена Iибадат дайта кхоьллина ду. Малийкаш хилар цхьа а шеко
йоцуш бакъ ду. Вайна уьш гуш цахиларо ца гойту уьш цахилар, хIунда аьлча мел
дукха хIумнаш ю Дала хIокху Iалам чохь кхоьллина, вайна гуш а йоцуш,
бакъъалла а ян а йолуш. Ткъа вайн Пайхамарна – Делера салават а, салам а
хуьлда цунна – Жабраил-малийк шен суьртехь ша ма-дарра шозза гина. Иштта
цхьаболчу асхьабашна а – Дела реза хуьлда царна – цхьадолу малийкаш гина адамийн
куьцехь. Имам Ахьмада дийцина «Алмуснад» цIе йолчу шен жайни чохь, МасIуда
кIанта IабдуллахIа элира аьлла:
«Делан Элчанна – Делера салават а, салам а
хуьлда цунна – Жабраил гина ша ма-дарра, шен бакъдолчу суьртехь, цуьнан ялх
бIе тIам а бу, хIора тIемо анайист дIа а лоцур йолуш».
Муслима дийцинчу Жабраил-малийкан
хьадисехь ду: Жабраил – Делера салам маршалла хуьлда цунна – Пайхамарна
тIедеара стеган куьцахь, тIедуьйхина шарула кIай духар а долуш, кIарула
Iаьржа месаш а йолуш, шена тIехь цхьа а некъан лар а йоцуш гуш, асхьабашна
цхьанненна а воьвзаш воцучу стеган куьцехь…
2 –
Дала царна елла йолчу меттигал уьш дозаллехь сов цадахар.
Малийкаш
Делан лайш ду, Шена лиъначу хенахь Дала царна омру деш а ду. Дала уьш даздина
ду, Шена герга дигна а ду. Царна юккъехь Делан геланчаш а ду, вахьйунца а,
иштта кхечу гIуллакхашца а Дала дуьнентIе дохкуьйтуш долу. Амма церан ницкъ
бац Дала царна белларг бен, Цо дайтинарг бен хIумма а дан луш а дац цаьрга.
Уьш Далла гергахь иштта деза доллушехь, йа шайна а, йа кхечарна а дан дика а,
вон а дац церан, Далла лиънарг бен. Цундела, АллахIана дан дезаш долчу
Iибадатах цхьа а дакъа царна дан мегаш дац. Керстанаша малийкашна Делан
сифаташ делла, Жабраил-малийках цара Дела ву алар санна. Лекхачу Дала аьлла:
(Цара аьлла: Къинхетаме волчо (Дала) Шена бер эцна.
ЦIена ву Иза (оцуьнах)! Муххале а, уьш (малийкаш) Цуьнан сийлахь лайш ду.
Цуьнан дашал хьалха ца довлу уьш (Цул хьалха дош ца олу цара), Цуьнан омрунца
Iамал еш а ду уьш) [Сурат «Алъанбияъ» 26-27 аяташ].
Кхин
а бах Дала Къуръан чохь:
(Уьш (малийкаш) Далла Iеса ца хуьлу Цо шайна деш
долчу омрунна, шайга де аьлларг дан а до цара) [Сурат «Аттахьрим» 6 аят].
ХIокху кепара малийкех тешар хIора бусалба
стагна а, зудчунна а тIехь важиб (парз) ду. Иза Iамо дезаш а ду, цунах теша
дезаш а ду, иза ца хууш верг ца хаьара аьлла кIелхьара а ца волу.
Массо агIо йовзуьйтуш долчу Иманна юкъа
догIуш долу хIумнаш хIорш ду:
1 – Малийкаш стенах
кхоьллина ду хаар.
Лекхачу Дала малийкаш нуьрах кхоьллина,
жинаш цIерах кхоьллина, адамаш латтанах кхоьллина. Малийкин кхоллар
Адам-пайхамар – Делера салам хуьлда цунна – кхоллале хьалха хилла. Хьадисехь
деана ду:
«Малийкаш нуьрах кхоьллина ду, жинаш цIерах
кхоьллина ду, Адам шуна довзийтинчух (латтанах) кхоьллина ву». [Муслим].
2 – Малийкин дукхалла.
Малийкаш Делан халкъах цхьа халкъ ду. Амма
уьш дукха хиларна, уьш мел ду дагар далур долуш дац. Церан дукхалла Далла бен
хууш а яц. Стигланашкахь биъ пIелг биллал меттиг яц шена тIехь йа сужуд деш,
йа (тасбихь деш) лаьтташ малийк доцуш. ВорхIалгIачу стиглахь долчу ЦIа чу
хIора дийнахь кхузткъе итт эзар малийк доьду, тIаккха цкъа цу чудахнарг
шолгIа юха цу чу кхача а ца ло, уьш дукха хиларна. Къемат дийнахь жоьжахате
схьаялор ю, цуьнан кхузткъе итт эзар урх хир ю, хIора урх лаьцна кхузткъе итт
эзар малийк а хир ду, иза схьатекхош догIуш.
Лекха
хин волчу АллахIа аьлла:
(Цхьанна а ца девза хьан Делан эскарш, Цунна Шена бен) [Сурат «Алмуддассир» 31 аят].
Хьадисехь
деана ду, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна - элира аьлла:
«Шена
тIехь болу мохь базбеллачу стиглано «ахI» дира, цуьнан бакъо а яра иза дан –
ког биллал меттиг яц оцу стиглахь шена тIехь сужуд деш, йа рукуI деш малийк
долуш бен».
Стиглахь долу, шена зиярат деш долчу
цIийнах лаьцна аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна-:
«ХIора
дийнахь кхузткъе итт эзар малийк доьду цу чу, цкъа цу чу дахнарш юха а ца
доьрзу цу чу». [Бухари, Муслим].
Кхин
а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –:
«Оцу дийнахь жоьжахате схьаялор ю, цуьнан
кхузткъе итт эзар урх а хир ю, хIора урх лаьцна кхузткъе итт эзар малийк а
хир ду». [Муслим].
Иштта хаьа вайна малийкин дукха хилар.
ХIара, жоьжахати ялош догΙур ду бохуш
вай дийцинарш диъ эзар исс бIе миллион (4 900 000 000) малийк
хуьлу, ткъа вайна ца хууш мел хир ду уьш?! Сийлахь ЦIена ву-кх уьш кхоьллина
верг, уьш дIасадаржийна верг, церан дукхалла хууш верг.
3 – Малийкин цIерш.
Дала вайна Шен Къуръан чохь яьхна йолчу а,
Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – яьхна йолчу а малийкин цIерех тешар тIехь ду вайна.
Малийкашна юккъахь уггар дезнаш хIара кхоъ ду:
- Жибрил. Жабраил оле цIе а йоккху цуьнан
цкъацкъа. Жабраилна тIедиллина хилла вайн Пайхамарна – Делера салават а,
салам а хуьлда цунна – шеца дегнийн дахар долу “вахьйу” тIедоссор.
-
Мийкаийл. Мийкал а олу цунах цкъацкъа. Дала шега омру динчу метте, латта
дендеш долу догIа даийтарна тIехIоттийна ду иза.
-
Исрафил. Дуьненан дахар чекхдаьлла хилар хоуьйтуш, шена чохь догIмаш даим
дийна лаьттар долуш долу эхартан дахар дола деллий хоуьйтуш зурман чу мох
хIуп алар тIедиллина ду цунна.
4 – Малийкийн сифаташ.
Малийкаш баккъалла а долуш долу Делан
халкъах цхьа халкъ ду. Церан баккъалла а долу догIмаш ду. Церан, уьш кхуллучу
дийнахь дуьйна схьа долу сифаташ а, амалшца доьзна долу сифаташ а ду. Оцу
сифатех цхьадерш довзуьйтур ду вай:
●
Малийкаш даккхий догIмаш долуш ду. Дала уьш даккхий кхоьллина, дуьненахь а,
стигланашкахь а Ша царна тIедехкинчу белхашка хьаьжжина;
●
Церан тIемаш ду. Дала уьш тIемаш долуш кхоьллина, цхьадерш шишша тIам болуш,
вуьйжаш кхоккха тIам болуш, вуьйжаш биъ-биъ тIам болуш а. Кхин а дукха тIемаш
дерш а ду царна юккъехь. Масала, Пайхамарна – Делера салават а, салам а
хуьлда цунна – ша ма-дарра гина долчу Жабраил-малийкан ялх бIе тIам бу,
анайист дIа а лоцу цо шен тIемашца. Лекхачу АллахIа аьлла Къуръан чохь:
(Хастам бу АллахIана, стигланаш а, латта а кхоьллина
волчу, малийкаш геланчаш а дина волчу, шишша а, кхоккха а, биъ-биъ а тIемаш
долуш долу. Шена лиъча кхин совнаха а кхуллу Цо)1
[Сурат «ФатIир» 1 аят]. ●
Малийкашна яъа а, мала а хIумма а оьшуш
яц. Дала уьш кхоьллина даар а, малар а царна оьшуш доцуш. Церан йа бераш а ца
хуьлу, йа маре а ца до цара; ●
Малийкаш хьекъал долуш а ду, дегнаш
долуш а ду. Уьш Деле дист а хуьлу, Дела цаьрга а вист хуьлу. Адам-пайхамаре
а, иштта кхин болчу пайхамаршка а дист хилла уьш;
●
Малийкаш кхечу куьца довлало. Дала царна ницкъ белла божарийн куьца
довла, вуьшта аьлча, божарийн суьртехь нахана гуча довла. ХIокхо вайна гойту
цIуна Iибадат дечара малийкаш Делан йоьIарий бу алар харц хилар. Ткъа муха
довлу и малийкаш адамийн куьце? Иза вайна хууш дац, амма уьш адамех чIогIа
терчу куьце довлуш хилар бакъ ду, царна а, адамашна а юккъахь къастам балур
боцуш; ●
Малийкаш лийр долуш ду. Дерриг малийкаш
ду лийр долуш Къемат дийнахь, са оьцу малийк а цхьаьна. ТIаккха юха хьлагIовттор долуш а ду уьш, Дала
тIедехкина белхаш дайта. ● Малийкаша Iибадат до. Уьш Далла – ЦIена а,
Лекха а ву Иза – Iибадат деш ду, ламаз а, доIа а, тасбихь а, рукуI а, сужуд
а, кхерар а, Иза везар а, иштта кхин долу Iибадаташ а санна. Церан Iибадатан
сифаташ ду хIорш:
-
КIад ца луш, гIел ца луш, даим ду Далла цара Iибадат дар…
-
Ихлас (цIенчу даггара цхьаьна Делан доьхьа) долуш ду церан Iибадат…
-
Уьш даим Далла муьтIахь ду, цкъа а Цунна Iеса хуьлуш а дац, хIунда аьлча уьш
Дала кхоьллина, цаьргара гIалат далийтур доцуш, цара цкъа а къа а латор
доцуш…
-
Далла хьастаделла, эсала, муьтIахь ду уьш, дукха Iибадат деш а ду уьш. Лекха
хин волчу Дала аьлла:
(Тасбихь деш ду уьш буьйсанна а, дийнахь а, кIад
(гIел) а ца луш) [Сурат «Алъанбияъ» 20 аят].
5 – Малийкийн Iамалш.
Малийкаша
Дала шайна тIеехкина йолу сий долу Iамалш йо. Цара еш йолу Iамалш а, церан
цхьаболу болх а буьйцур бу вай:
1 –
Уьш Iаршан киранхой ду (Къемат дийнахь Делан Iарш лелор дерш малийкаш ду);
2 –
Элчанашна тIе вахьйу доссор;
3 –
Ялсамане а, жоьжахате а ларъяр;
4 –
Мархаш а, догIа а, ораматаш а лелор;
5 –
ЦIузам чу мох тохар а ду царах цхьанна тIедиллина;
6 –
Адамийн Iамалш дIаязъяр;
7 – Адамаш
лар дар. Малийкаша адамаш лар деш ду, амма Дала яздинарг тIедеъча цара адам
Iад дуьту, иштта, язделларг хуьлу;
8 –
Адам дикане кхойкхуш, даим адамашца ду уьш;
9 –
Адам ненан кийрахь кхоллалучу хенахь, цуьнан са цунна чу даккхар, цуьнан
рицкъ а, цуьнан Iамал а дIаязъяр, иза дакъаза даьлла адам хир ду, йа ирс
долуш адам хир ду аьлла дIаяздар;
10 –
Адамаш лечу хенахь церан синош схьаэцар;
11 –
Каш чохь адамашка хаттам бар, цул тIаьхьа царна йа Iазап, йа ялсаманин
хазалла ялар;
12 –
Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – умматера наха цуьнга
салам делча иза цуьнга дIакхачор. Цундела, нагахь санна цхьанна Пайхамаре –
Делера салават а, салам а хуьлда цунна – салам дала лаахь, оьшуш дац цуьнан
коша тIе ваха, муххале а, иза миччахь велахь а, цо ша волчахь Пайхамарна –
Делера салават а, салам а хуьлда цунна – салават диллича, салам а делча, иза
Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дIакхочур ду, иза цуьнга
дIакхачош малийкаш долу дела, Дала оцу балхана тIехIиттийна. Ткъа Мединате зиярате
вогIуш верг Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – маьждиге
зиярат дан ва веза, цу чохь ламаз дан ниййат а дина.
Малийкин кхин а дуккха ю Iамалш, хIара вай
йийцинарш царах уггар дукха евзаш ерш бен яц. Цунна тешалла ду Лекхачу АллахIан
дешнаш:
(Iарш лелош долу малийкаш а, цунна гонаха долу
малийкаш а тасбихь деш ду шайн Далла хастам барца,2 Цунах тешаш а ду,3 Ийман диллинчу (Делах тешаш болчу)
нахана гечдар доьхуш а ду) [Сурат «ГIафир» 7 аят].
(Ахь ала: Жабраил (малийкан) мостагI хилларг – (цунна
хаийла) цо (Жабраила) иза (Къуръан) доссийна хилар хьан даг чу, Делан
пурбанца) [Сурат «Албакъарат» 97 аят].
(Хьуна гича зуламхой,
(балар чу бирзина болу), баларан халонашкахь;
малийкаша шайн куьйгаш дIасадаржийна (цаьрга олуш): арадаха шайн синош) [Сурат «Ал-АнIам» 93 аят].
4 – Адамаша Лар дан дезаш долу малийкин хьакъ.
●
Церах тешар; ● Уьш
дезар, уьш даздар, церан дозалла дийцар; ● Вочу
агIор уьш хьехор мегаш доци хаар, уьш сийсаз дар а, йа царна хIума алар а мегаш доци хаар; ●
Малийкашна цадезаш долчу хIумнах
генавалар, цунах ларвалар, хIунда
аьлча, адамашна вон хеташ, новкъарло еш долу хIума царна а вон хета дела, царна цо новкъарло
а йо дела.4
5 – Малийкех тешарх хуьлуш болу пайда.
●
Ийман кхочуш дар. Малийкех тешаш хилча
бен вайн Ийман кхочуш хуьлуш дац, нийса хуьлуш а дац. ● Уьш
Кхоьллинчун сийлахьалла йовзар, Цуьнан паччахьалла а, Цуьнан ницкъ а бовзар.
Кхоьллина йолчу хIуманан йоккхалло и хIума кхоьллинчун воккхалла гойтуш
хиларе терра, малийкаш кхоьллина волчу Делан
воккхалла
евза вайна царах теша а тешна, уьш доьвзича; ●
Бусалба стеган Ийман совдалар, оцу
малийкийн сифаташ а, церан хьелаш а, церан белхаш а довзарца; ● Дала Шех
тешачарна малийкашца гIо дечу хенахь, адамашна кхерамазалла а, синпаргIато а
хилар; ●
Малийкаша уггар дикачу агIор деш долу
Iибадат бахьана долуш уьш дезар, цара вайна – Делах тешаш болчарна – Деле
гечдар доьхуш хилар хаар; ●
Iесаллаш а, къинош а, вон Iамалш а
цаезар; ● Дала Шен
лайшна тIехь еш йолчу тергонна Цунна шукр дар, Цунна хастам бар. Дала
малийкаш хIиттийна вай лардайта а, вайн Iамалш дIаязъяйта а, иштта кхин долу
вайна дика долу гIуллакхаш дайта а, цундела, вайна иза хиъча, вай Цунна шукр
а, хастам а бан беза.
nnn |