|
|
|
Ийманан арканаш
КхоалгIа рукн: Жайнех тешар
1
– Жайнех тешар бохучун маьIна
3
– Нахана жайнаш оьшуш хилар
а, уьш диссоран пайда а, бахьана а
4
– Муха хила деза жайнех тешар?
5
– Къуръанал хьалха хиллачу
жайнийн хабарш къобул дар
6
– Къуръан чохь а, Суннатехь а
хьахийна долу стиглара диссийна жайнаш
__________________________________________________
АллахIа Шен элчанашна – Делера къинхетам
а, маршалла а хуьлда царна – тIедиссийначу жайнех тешар Иманан арканех
кхоалгIа рукн ду. Лекха хин волчу Дала Шен элчанаш кхетаме йолчу билгалонашца
бахкийтина, царна тIе жайнаш а диссийна, Шен халкъах къинхетам беш, Шен халкъ
нисдалийтархьама, цуьнан дуьненан а, эхартан а ирс кхочуш хилийтархьама. И
жайнаш адамашна некъ хилийта, уьш оцу некъа дIабахийта. Нахана юккъахь
къовсам а, цакхетам а хилча, иза къастош дерш Ша диссийна жайнаш хилийта.
Лекха хин волчу АллахIа аьлла Къуръан чохь:
(Бакъ
долуш, Оха (АллахIа) дахийтира Тхайн геланчаш (малийкаш, пайхамаршна тIе)
кхетаме, сирлачу билгалонашца, Оха цаьрца жайна а,1 терза (нийсо) а доссийра, нах нийсонна тIехь латтийта) [Сурат «Алхьадид» 25 аят].
(Адамаш (дерриге а) цхьа уммат дара (массара а Дала
бохург деш, тIаккха цхьаболчара куфр дира), тIаккха Дала бахийтира царна пайхамарш,
кхаъ боккхуш а болу (ялсаманица, Делах тешачарна), кхерам луш а болу (Делах
цатешачарна), цаьрца жайна а доссийра Цо бакъонца, (оцу жайнашца) нахана
юккъахь кхел яйта, уьш бекъабеллачу хIуманна тIехь) [Сурат «Албакъарат» 213 аят].
1 – Жайнех тешар бохучун маьIна.
Жайнех тешар бохург – иза Делан жайнаш
хилар бакъ дар ду, Цо уьш Шен элчанашна тIедиссийна хилар бакъ дар а ду. Оцу
жайнаш чохь дерг Делан баккъалла а долу къамел хилар а, и жайнаш нахана нур
хилар а, куьйгалла хилар а бакъ дар а ду. Оцу жайнаш чохь дерг бакъ а ду,
нийса а ду, царна чохь ерг нийсо а ю, оцу нийсонна тIехь хила везаш а ву,
цуьнца Iамал ян езаш а ю аьлла тешна хилар а ду.
И жайнаш мел ду цхьа Дела воцчунна хууш
дац. Сийлахьчу Дала аьлла:
(Дела вист а хилира Муса-пайхамаре, къамел деш) [Сурат «Аннисаъ» 164 аят].
Кхин
а аьлла Везачу Дала:
(Нагахь санна Делаца накъост веш болчерах цхьамма
хьоьгара кIелхьаравалар (ахь ша лар вар) дехахь – тIелаца иза, Делан дешнаш
цунна хазийтархьама) [Сурат «Аттавбат» 6 аят].
2 – Жайнех тешаран хьукма
Дала Шен элчанашна тIедиссийна долчу массо
жайнех тешар важиб (парз) ду, иштта, оцу жайнаш чохь дерг Делан баккъалла а
долу къамел хиларх тешар а важиб ду, цунах теша дезаш а ду вай. И массо
жайнаш Делера охьадиссийна хиларх а, уьш кхоьллина цахиларх а тешар тIехь ду
вайна. Ткъа уьш духатоьхнарг, йа царах цхьадерш духатоьхнарг куфр
(керстаналла) деш ву (Дала лар дойла вай цунах). Лекхачу Дала аьлла Къуръан
чохь:
(ХIай Ийман диллинарш! Шу теша АллахIах, Цуьнан
элчанех а, Цо Шен элчанна тIедоссийна долчу жайнах (Къуръанах) а, Цо хьалха
диссийначу жайнех а. Ткъа АллахIах а, Цуьнан малийкех а, Цуьнан жайнех а,
Цуьнан элчанех а, ТIаьххьарчу (Къемат) дийнах а цатешнарг – баккъалла а, иза
тилла генадаьллачу тиларца) [Сурат «Аннисаъ» 136 аят].
Кхин
а аьлла Лекхачу Дала:
(ХIара Оха доссийна беркате жайна ду, ткъа шу хила
цунна тIаьхьа доьлхуш (цуьнан куьйгаллийца лелаш), кхера а кхера (Цуьнца
керстаналла дарх), шух къинхетам бан мега тIаккха) [Сурат «АлъанIам» 155 аят].
3 – Нахана жайнаш оьшуш хилар а, уьш диссоран пайда а,
бахьана а.
● Элчанна
тIедоссийна долу жайна умматана шен дин довзуьйтуш долу жайна хилийтар; ●
Адамашна юккъахь хуьлуш болчу
къестамашна а, бекъабаларшна а нийсонца хьукма деш дерг элчанна тIедоссийна
долу жайна хилийтар; ● Пайхамар
– Делера салават а, салам а хуьлда цунна – веллачул тIаьхьа, мел дукха хан
яларх а, мел гена меттиг хиларх а, бусалба дин оцу жайнехула лардалийта,
нахана юккъера бусалба дин дIа цадалийта; ● АллахIана
Шен халкъана тIехь и жайнаш тоьшалла хилийта лаар, хIунда аьлча оцу жайнаш
бохучунна тIера цера дIасабовла меттиг йоцу дела. Лекхачу Дала аьлла:
(Адамаш (дерриге а) цхьа уммат дара (массара а Дала
бохург деш, тIаккха цхьаболчара куфр дира), тIаккха Дала бахийтира царна пайхамарш,
кхаъ боккхуш а болу (ялсаманица, Делах тешачарна), кхерам луш а болу (Делах
цатешачарна), цаьрца жайна а доссийра Цо бакъонца, (оцу жайнашца) нахана
юккъахь кхел яйта, уьш бекъабеллачу хIуманна тIехь) [Сурат «Албакъарат» 213 аят].
4 – Муха хила деза жайнех тешар?
Жайнех тешар шина кепара ду:
1 –
Массо агIо хьахош долу духхенгара тешар.
2 –
Массо агIо чулоцуш а долуш, юкъара доцца долу тешар.
Юкъара доцца долу тешар – иза Дала Шен
элчанашна тIе жайнаш диссийна хиларх тешар ду.
Ткъа массо агIо хьахош долу, духхенгара
тешар – иза Дала Къуръан чохь цIе яккхина долчу жайнех тешар ду. Цо цIе
яьккхина долу жайнаш хIорш ду: Къуръан, Таврат, Забур, Инжил, ИбрахIиман а,
Мусанан а жайнаш. Иштта хIокху тешаран шолгIачу декъана юкъадогIуш ду, Делан,
Цо цIе яккхина а доцуш, кхин жайнаш хиларх а тешар, и жайнаш Цо Шен элчанашна
тIедиссийна хиларх а тешар. Ткъа Делан жайнийн дукхалла цхьа Дела воцчунна
хууш яц.
Делан дерриге жайнаш Дела цхьаъ вар кхочуш
хилийтархьама диссийна ду, Iибадат а, дика Iамалш а Цуьнан доьхьа
хилийтархьама диссийн а ду. Делаца гIоьнчий бар а, дуьненчохь бохамаш бар а
цамагош даьхкина ду уьш массо, цундела, массо пайхамарийн кхайкхам цхьаъ
хилла бу, церан хьукманаш а, цхьайолу Iамалш а тайп-тайпана хиллехь а.
Жайнех тешар – иза хьалха хилла болчу
элчанашна тIе уьш диссийна хиларх тешар а ду, цуьнца мукIарло дар а ду, амма
Къуръанах тешар – иза Къуръан къобул дар а, цунна тIехь долчуьнца лелар а, цо
бохург дар а ду. Лекхачу Дала аьлла:
(Элча тешна шена шен Делера доссийначух, иштта Ийман
диллинарш а, массо уьш тешна АллахIах а, Цуьнан малийкех а, Цуьнан жайнех а,
Цуьнан элчанех а; (цара олу) оха къестам ца бо Цуьнан цхьа а элчанашна
юккъахь, (кхин а) аьлла цара: тхуна хаза а хезна, тхо муьтIахь а хилла; хIай
тхан Дела, Хьан гечдар доьху оха, дерзар Хьоьга а ду тхан) [Сурат «Албакъарат» 285 аят].
Кхин
а аьлла Сийлахьчу Дала:
(Шайн Делера шайна доссийначунна тIехь хила шу, Иза
(АллахI) бен шайн доладан цхьа а ма лаца аш) [Сурат «Ал-АIраф» 3 аят].
Къуръан шел хьалха хиллачу жайнех къаьсташ
ду масийтта башхаллашца, царах уггар коьртанаш хIорш ю: ● Къуръанан
матте а, маьIне а, цо бийцинчу Iилманан хаамашка а цул хьалха хилла жайнаш
кхачалур доцуш, Iаламат чIогIа тамашийна, башха ду Къуръан; ● Вайн
Пайхамарца Мухьаммадца – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –
пайхамаралла хадийна чекхдаьлла хиларе тера, Къуръан а ду жайнашна юккъахь
уггар тIаьхьа доссийна жайна, шел тIаьхьа кхин жайна доссор доцуш а ду; ● Дала Шена
тIелаьцна ду Къуръан лардар шена чохь хийцам хиларх а, галдаккхарх а, ткъа
кхин долу Къуръанал хьалха хилла долу жайнаш наха хийцина а ду, галдаьхна а
ду; ● Къуръан
шел хьалха хилла жайнаш бакъ деш деана ду, царна чохь долу маьIнаш лар деш
ду, церан галдахар нисдеш а ду; ● Къуръан
шел хьалха долу массо стиглара доссийначу жайнийн хьукма дIадоккхуш, уьш
нахана юккъахь лелар дIадоккхуш жайна ду; Лекхачу Дала аьлла:
((ХIара Къуръан) харц долу хабар хилла дац, муххале
а, шел хьалха долчу (жайнашна) тIечIагIдар а, уьш бакъдар а ду, массо
хIуманах кхетош а ду, куьйгалла а ду, къинхетам а бу (хIара Къуръан Делах)
тешаш болчарна) [Сурат «Юсуф» 111 аят].
5 – Къуръанал хьалха хиллачу жайнийн хабарш къобул дар.
Вайна
хаьа, Къуръанал хьалха хиллачу жайнаш чохь деънарг, Дала Шен элчанашна –
Делера салават а, салам а хуьлда царна – тIедоссийнарг бакъ хилар цхьа а шеко
йоцуш. Амма иза вайна хаар, тахана керста нахехь а, жуьгташкахь а долчу
жайнаш тIехь дерг бакъ дан деза бохург дац. ХIунда аьлча, уьш хийцина а,
галдаьхна а долу дела. Цундела, уьш Дала Шен элчанашна – Делера салават а,
салам а хуьлда царна – тIедиссийначу кепара шайн баххаш тIехь дац. Дала вайна
Къуръан чохь довзийтина оцу хьалхалерачу жайнаш тIехь долчух цхьадерг. Цо
вайна довзийтинчух ду: шен боцу мохь, кхечуьнан мохь цхьаммо а хьур ца хилар,
адамо динарг бен цунна эхартахь хирг цахилар, цо лелийнарг гур долуш хилар,
цунна богIуш болу бекхам цунна бийр хилар. Лекха хин волчу Дала аьлла:
(Йа ца хаийтина цунна Мусанан жайнаш чохь дерг?
(Тешаме хилла волчу,
шена
тIедиллинарг) кхочуш дина волчу ИбрахIиман (жайнаш чохь дерг) а? Кхечуьнан
мохь (къинош) цхьаммо а хьур бац (аьлла дерг). Цо лелийнарг (эхартахь) гур
долуш а ду (аьлла дерг). ТIаккха цунна цунах бекхам а бийр бу, кхоччуш болу
бекхам (аьлла дерг)) [Сурат «Аннажм» 36-41 аяташ].
Кхин
а аьлла Сийлахь Лекхачу АллахIа:
(Муххале, дуьненан дахар гIоли хета шуна. Ткъа Эхарт
дика а, дуьсур долуш а ма ду. Баккъалла а, хIара ду хьалхарчу жайнаш чохь.
ИбрахIиман а, Мусанан а жайнаш чохь) [Сурат «Ал-АIла» 16-19 аяташ].
Ткъа оцу хьалхалера жайнаш чохь долу
ахькамаш (Дала де аьлла тIедехкина долу парзаш а, ма де аьлла ца магийна
хIумнаш а) схьалаьцча, вайна Iибадат хилла тIедужуш дерг Къуръан чохь дерг
ду, хьалхалера жайнаш чохь дерг дац. ТIакхха вай оцу ахькамашка хьаьвсича,
вайна царах вайн шариIатана доьхьал дерг кара дахь вайна цуьнца Iамал ян
мегаш дац. Иза харц ду аьлла дац иза, муххале а, шен хенахь бакъ хилла ду
иза, делахь а, вайна тIехь дац цуьнца Iамал яр, вайн шариIатца цуьнан лелар
дIадаьккхина долу дела. Ткъа нагахь санна царах цхьаъ вайн шариIатца догIуш
делахь, иза бакъ ду, вайн шарIо иза бакъ хилар вайна хаийтина а ду.2
6 – Къуръан чохь а, Суннатехь а хьахийна долу стиглара
диссийна жайнаш.
1 – Къуръан.
Иза Делан къамел ду, пайхамарийн а,
элчанийн а мохIур долчу Мухьаммадна
–
Делера салават а, салам а хуьлда царна –
тIедоссийна а ду. Иштта, иза стиглара диссийначу
жайнех тIаьххьара жайна ду. Дала Шена тIелаьцна ду, галдаккхарх а, хийцарх а
иза лар дар. Цул хьалха хиллачу жайнийн хьукма а, лелар а дIадоккхуш даийтина
а ду иза Дала. Лекха хин волчу АллахIа аьлла:
(Баккъалла а, Оха доссийна «зикр» (Къуръан),
баккъалла а, Оха лардеш а ду иза) [Сурат «Алхьижр» 3 аят].
Кхин
а аьлла Сийлахьчу Дала:
(Оха хьуна
тIедоссийна Жайна, бакъонца, шел хьалха долу жайна бакъдеш, цунна тIехь
тешалла долуш, ткъа ахь хьукма де царна юккъахь Дала доссийначуьнца) [Сурат «Алмаидат» 48 аят].
2 – Таврат.
Иза Дала Мусанна – Делера салам хуьлда
цунна – тIедоссийна хилла жайна ду. Цуьнца хьукма деш хилла жуьгташна
бахийтинчу пайхамарша а, церан дешначу наха а. Иза царна куьйгалла а дина,
нур а дина делла хилла ду. Ткъа вай шех теша дезаш долу Таврат – иза Дала
Мусанна тIедоссийна хилларг ду, тахана керста нахехь а, жуьгташкахь а долу,
галдаьккхина долу Таврат дац.
Лекха
хин волчу Дала аьлла Къуръан чохь:
(Баккъалла а, Оха доссийна Таврат, шена чохь
куьйгалла (нийса некъ) а, нур а долуш, цуьнца жуьгташна (юккъахь) хьукма
(кхел) до (дора) пайхамарша, Далла муьтIахь хилла болчу, (иштта, жуьгтийн)
молланаша а, Iелам наха а (хьукма дора) шайга лар дан делла долчуьнца
(Тавратаца)) [Сурат «Алмаидат» 44 аят].
3
– Инжил.
Иза Дала Iийсанна – Делера салам хуьлда цунна
– тIедоссийна хилла жайна ду, шена чохь бакъо а, нийсо а йолуш, шел хьалха
долу стиглара жайнаш бакъдеш а долуш. Ткъа вай шех теша дезаш долу Инжил иза
Дала Iийсанна – Делера салам хуьлда цунна – тIедоссийна хилла долу жайна ду,
шен нийсачу баххаш тIехь долу, тахана керстанашкахь долу галдаьхна долу
Инжилаш дац. Лекхачу АллахIа аьлла:
(Церан (пайхамарийн) лорашна тIаьхьа вахийтира Оха
Марйаман кIант Iийса, шел хьалха долу Таврат тIечIагIдеш, Оха цунна Инжил а
делира, шена чохь куьйгалла а, нур а долуш долу, Таврат бакъдеш а долу, ша
куьйгалла а, хьехам а болуш (Делах) кхоьруш болчарна) [Сурат «Алмаидат» 46 аят].
Таврат чохь а, Инжил чохь а хиллачу
хабарех ду – вайн Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Элча
вина воуьйтур ву аьлла кхаъ баккхар. Лекха хин волчу Дала аьлла Къуръан чохь
Ша къинхетам хьенах бийр бу хоуьтуш:
(Элчанна, Пайхамарна тIаьхьа хIиттинчарна, язъян а,
еша а ца хууш волчу, шайн Таврат чохь а, Инжил чохь а царна вуьйцуш карош
волчу, цаьрга диканиг де олуш, вочу хIумнах уьш юхатухуш волчу, царна цIена
хIумнаш хьанал деш, цIена доцург хьарам деш волчу, царна тIехь хилла йолу
хало а, гаттонаш а дIаойъуш волчу)3 [Сурат «Ал-АIраф» 157 аят].
4 – Забур.
Иза Дала Давудана – Делера салам хуьлда
цунна – тIедоссийна хилла жайна ду. Ткъа вай шех теша дезаш долу Забур – иза
Дала цунна тIедоссийна хилла Забур ду, жуьгташа галдаьккхина дерг дац.
Забурах лаьцна Дала аьлла Къуръан чохь:
(Давуде Забур а делира Оха) [Сурат «Аннисаъ» 163 аят].
5 – ИбрахIиман а, Мусанан а
жайнаш.
Уьш Дала ИбрахIиме а, Мусага а – Делера
салам хуьлда цаьршинна – делла хилла жайнаш ду. Уьш дерриг а дайна ду, царах
хууш хIумма а дац, Сийлахьчу Къуръан чохь, йа Суннатехь царах лаьцна деана
доцург. Церан хьокъехь Дала аьлла Къуръан чохь:
(Йа ца хаийтина цунна Мусанан жайнаш чохь дерг?
(Тешаме хилла волчу,
шена
тIедиллинарг) кхочуш дина волчу ИбрахIиман (жайнаш чохь дерг) а? Кхечуьнан
мохь (къинош) цхьаммо а хьур бац (аьлла дерг). Цо лелийнарг (эхартахь) гур
долуш а ду (аьлла дерг). ТIаккха цунна цунах бекхам а бийр бу, кхоччуш болу
бекхам (аьлла дерг)) [Сурат «Аннажм» 36-41 аяташ].
Кхин
а аьлла Дала царах лаьцна:
(Муххале, дуьненан дахар гIоли хета шуна. Ткъа Эхарт
дика а, дуьсур долуш а ма ду. Баккъалла а, хIара ду хьалхарчу жайнаш чохь.
ИбрахIиман а, Мусанан а жайнаш чохь) [Сурат «Ал-АIла» 16-19 аяташ].
nnn |
1
Жайнаш диссийра бохург ду цуьнан маьIна.
2
Иза иштта делахь а, вайна церан жайнаш деша
а доьшуш лело мегаш дац.
3
Дала адамашна довзуьйтуш ду хIокху аятехь, жуьгтех а,
керста нахах а Ша къинхетам муьлхачерах бийр бу. Оцу аятехь дуьйцуш долу
сифаташ долуш волчу Мухьаммад Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда
цунна – тIаьхьахIиттинчерах бийр бу Ша бах Дала къинхетам. Оцо вайна хоуьйту,
бусалба дин лелош боцу нах – жуьгтий белахь а, керстанаш (христианаш) белахь а
– уьш ялсамане гIур ца хилар, Дала церах къинхетам бийр цахилар а. Амма вайна
иза хиъча а, вайн бакъо яц царна зулам дан уьш керста бара аьлла, хIунда аьлча
Дела массо хIуманна тIехь нийсо езаш волу дела.