Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Ийманан арканаш

 

Хьалхара рукн: Сийлахь Лекхачу АллахIах тешар

 

 

АллахIах тешар кхочушхилар

Дела цхьаъ вар кхочуш дар

Iибадатан маьIна

Дела цхьаъ хиларан а, Иза цхьаъ ван везаран а баххаш, тешаллаш а

 
__________________________________________________
 

1 – АллахIах тешар кхочушхилар.

  

АллахIах тешар кхочуш хуьлу кху лахахь вай дуьйцур долчу хIуманашца:

1 – Вай тешна хила деза хIокху Iаламан цхьа Дела хиларх, Цо цхьамма хIара Iалам кхоьллина хиларх. ХIара Iалам Цуьнан долахь ду, Цо лелош а ду. ХIокху Iаламан массо гIуллакхаш – рицкъ далар а, ницкъ балар а, са кхоллар а, са дIаэцар а, дика хилийтар а, зенаш а, вонаш а хилийтар а – и массо хIума цхьана Делан керахь а ду, Цо лелош а ду. Шена луург дан а до Цо, Шена луъучу хьукманца кхел а йо Цо, Шена луург нуьцкъала а во Цо, Шена луург сийсаз вой гIел а во Цо. Цуьнан керахь ду стигланийн а, латтанийн а паччахьалла. Массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш а ву Иза. Массо хIума хууш а ву Иза. Шел совнаха долу хIума ца хилча а мегаш а ву Иза. Ша мел болу болх Цуьнан керахь бу, дерриг дика а Цуьнан керахь ду. Шен балхехь цхьа а накъост вац Цуьнца, Цуьнан кхелана дуьхьал толам болуш цхьа а вац. Муххале а, дерриг халкъ – малийкаш а, адамаш а, жинаш а – Цуьнан лайш ду, Цуьнан паччахьаллера а, Цуьнан ницкъана кIелхьара а, Цуьнан лаамера а арадовлуш а дац. Цуьнан гIуллакхийн а, Цуьнан белхан а цхьа а доза дац, йа дагар далур долуш а дац уьш.

И дерриге сифаташ цхьа АллахIана бен хила хьакъ доцуш ду. Цхьа а вац Цуьнца оцу сифаташкахь цхьаьна вогIуш. И сифаташ цхьа АллахI воцучунна дала мегар долуш дац, йа и хIумнаш АллахI воцучуьнга кхечуьнга дан ло ала мегар а дац. Лекхачу АллахIа аьлла:

ХIай адамаш! Iибадат де шайн Далла, шу кхоьллина волчу, шул хьалхарниш а кхоьллина волчу, шу хила мега тIаккха (Делах) кхоьруш. (Аш Iибадат де АллахIана), дина волчунна латта куз санна (даржийна), стигал а гIишло (санна); стиглара хи а доссийначу, цуьнца стоьмаш а кхиийначу, шуна рицкъанна) [Сурат «Албакъарат» 21-22 аяташ].

Кхин а аьлла Лекхачу АллахIа:

Ахь ала: йа АллахI! (ХIай) паччахьаллин Паччахь, Ахь паччахьалла ло Хьайна луучунна, Ахь паччахьалла дIадоккху Хьайна луучуьнгара, Хьайна лууш верг нуьцкъала во Ахь, Хьайна лууш верг сийсаз вой гIел а во Ахь, Хьан керахь ду (дерриге) дика, баккъалла а массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву Хьо) [Сурат «Ал-Iимран» 26 аят].

Кхин а аьлла Лекхачу АллахIа:

Лаьтта тIехь цхьа а дийна хIума дац шен рицкъа АллахIехь долуш бен, Цунна хаьа оцу дийначу хIуманан еха меттиг (иза стенгахь хуьлу) а, иза соцу меттиг а; и дерриг а билгалдолчу жайни чохь (Лавхьул Махьфуз чохь дIаяздина) ду) [Сурат «ХIуд» 6 аят]. 

Кхин а аьлла Лекха хин волчу АллахIа:

Цуьнан (керахь) ду кхоллар а, болх а; сийлахь-беркате хили АллахI, Iаламийн Эла) [Сурат «Ал-аIраф» 54 аят].

2 – АллахIах тешар шайца кхочуш хуьлуш долчу хIуманех шолгIаниг ду: вай тешна хилар, АллахIан цIераш а, кхачамаллин сифаташ а хила тарлучех, угаре хазаниш ю аьлла. Оцу цIерех а, сифатех а цхьаерш Дала Шен лайшна йовзийтина Къуръан чохь а, пайхамарийн а, элчанийн а мохIур долчу Мухьаммадан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Суннатехь а.

ЦIена а, Лекха а волчу АллахIа аьлла Шен Сийлахьчу Къуръан чохь:

АллахIан хаза цIерш ю, ткъа аш кхайкха Цуьнга цаьрца, Цуьнан цIерш хуьйцуш берш Iадда а бита аш, царна бекхам хир бу цара деш хиллачунна) [Сурат «Ал-аIраф» 180 аят].

Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Баккъалла а, АллахIан йезткъе ткъаесна цIе ю, уьш Iамийнарг ялсамане гIур волуш, ткъа Иза (АллахI) цхьаъ ву, шалза хIума дезаш а ву» [Бухари, Муслим].

АллахIан хаза цIераш ю аьлла тешна хилар шина хIуманна тIедоьгIна ду:

1 – АллахIан хаза цIерш а, лекха сифаташ а хиларх тешар, Цуьнан кхачамалла гойтуш йолу, цхьане а кепара шайца эшам а боцуш йолу. Оцу цIерашкахь а, сифаташкахь а АллахIах тера хила йиш яц цхьа а Цуьнан халкъ (кхоллар). Цуьнан цIерашна а, сифаташна а юккъехь а, Цуьнан халкъан (кхолларийн) сифаташна юккъехь а вовшашца тера цхьа а хIума дац. Масала АллахIан цIерех цхьа цIе ю «Дийна верг» аьлла, цунах схьадаьлла сифат а ду «Дийна хилар». И шиъ ший а АллахIана хила хьакъ долчу кепара цIе а сифат а ю аьлла тешна хила везаш ву. Ткъа Иза дийна хиларан сифат даим кхачамаллин маьIна долуш сифат ду. Оцу сифат чохь гулбелла массо кепара болу кхачамаллаш – Iилма (хууш хилар) а, ницкъ а, иштта кхин дерш а. И сифат АллахIан даим хилла ду, и сифат доцуш АллахI цкъа а хилла а вац, йа и сифат Цуьнгара дIадер долуш а дац, пана хир долуш а дац. Цундела АллахI даим дийна хилла а ву, хир волуш а ву. Лекхачу АллахIа аьлла:

АллахI – Иза воцург кхин Дела вац, Дийна верг ву Иза, даим волуш а ву Иза, наб озор а ца хуьлу Цуьнан, наб кхета а ца кхета Цунна (набаран тар тосуш а вац Иза, вац йа хьашт долуш а набаран)) [Сурат «Ал-бакъарат» 255 аят].

2 – Лекха волу АллахI массо эшаме долчу сифатех цIена хиларх тешар, наб яр санна долу, йа цахаар санна, йа зулам дар, йа гIорасиз хилар а санна долу. Иза цIена ву Цуьнан халкъ Цунах тера хиларх. Цундела вайна тIехь ду АллахIа а, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – юхатоьхна долу сифаташ духатохар, цаьршимма юхатоьхна йолчу эшаме сифаташна  доьхьал  йолу  кхачамаллин сифаташ АллахIан хиларх тешар а.

Масала, вай набаран а, наб озоран  а сифат духатоьхчи, вай тIечIагIдо АллахIан кхачамаллин сифат «Даим сема хилар» аьлла долу. Оцу кепара, хIора эшаме сифат духатохарехь цунна доьхьал долу кхачаме сифат тIечIагIдар ду. ХIунда аьлча, цхьа АллахI бен воцу дела, массо агIор кхачамалла йолуш верг а, ерриг кхачамалла Шеца йолуш верг а. Ткъа кхин берш массо а шайца эшам болуш бу.

Лекхачу АллахIа аьлла:

Дац Цунах тера цхьа а хIума, Иза Хезаш а, Гуш а ву) [Сурат «Аш-шура» 11 аят].

Кхин а аьлла Везчу АллахIа:

Хьан Дела (Шен) лайшца зуламе вац) [Сурат «Фуссилат» 46 аят].

Кхин а аьлла Сийлахьчу Дала:

АллахI вацара (вац) стигланашкахь а, йа лаьтта тIехь а долчу цхьана а хIумано Шен гIора гIелдийр долуш)1 [Сурат «ФатIир» 44 аят].

Кхин а аьлла лекха хин волчу Дала:

Хилла вац Хьан Дела вицвелла) [Сурат «Марйам» 64 аят].

АллахIан цIерех а, сифатех а, Цуьнан балхах а тешар – иза бу цхьаъ бен боцу АллахI вовзуьйту некъ а, Цунна Iибадат дар довзуьйту некъ а, хIунда аьлча, Дала Шен халкъана Ша хIокху дуьненахь гайтар дихкина, амма Цо царна хIара Iилманан неI йиллина, оцу чухула халкъана шаьш Iибадат деш волу шайн Эла вовзийта, цаьрга нийса Iибадат а дайта хIокху нийсачу цIеначу хаамашца.

Iибадат деш волчунна ша и Iибадат деш волчуьнан сифаташ доьвзаш хилча, шена мила ву хуучунна бен деш ца хуьлу шен Iибадат. Ткъа АллахIан цIерш хуьйцуш болчара доцуш долчу хIуманна Iибадат до, АллахI Шен халкъах (кхолларх) тарвеш болчара цIуна Iибадат до, хIунда аьлча цара шайн Дела Цуьнан халкъах (кхолларх) тар во дела. Амма бакъ волчу бусалба стага Цхьаъ волчу АллахIана до ша деш долу Iибадат, Ша массарна хьашт волчу АллахIана йо ша еш йолу Iамал а. Бусалба стага шен Iамал цхьа АллахIа доьхьа йо, цхьа а Ша вина а воцчу АллахIан доьхьа, Ша цхьамма а вина а воцчу АллахIа доьхьа, Шех тера цхьа а хилла а воцчу Дела доьхьа…   

   АллахIан хаза цIерш тIечIагIйарехь а, церан маьIнех кхетарехь а лардан дезаш ду вай лахахь далон долу хIумнаш:

1 – Къуръан чохь а, Суннатехь а хьахийна йолу массо АллахIан цIерех теша дезаш ду вай, царна хIумма а тIе а ца тухуш, йа тIера дIа а ца доккхуш. Лекха хин волчу Дала аьлла Къуръан чохь:

Иза АллахI ву, вац кхин Дела Иза воцург, Паччахь ву Иза, Сийлахь цIена ву Иза, берриге эшамех ЦIена верг ву Иза, Тешаме ву Иза, Шен лайшна тIехь теш ву Иза, Шеца хила хьакъ доцчу кхачамбацарех веза верг ву Иза, цIена ву АллахI цара (Цуьнца) накъост варх) [Сурат «Ал-хьашр» 23 аят]. 

Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Суннатехь а деана ду хьадис: «Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хезира цхьана стага олуш: “Йа АллахI! Ас Хьоьга доьху Хьуна хастам хиларца, Хьо воцург кхин Дела вац, Хьо ву Къинхетаме верг, стигланаш а, латтанаш а кхоьллина верг. ХIай Сийлахь верг, Комаьрша верг, хIай Даим Дийна верг, хIай Даим Волуш верг…” ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: “Цо стенца дийхира хаьий шуна?” Асхьабаша элира: “Дела а, Цуьнан Элча а ву дика хууш верг ”. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тIаккха элира: “Сайн са Шен керахь долчуьнца (АллахIаца) дуй буу ас, АллахIан уггар йоккхачу цIарца деха а ма дийхира цо, цуьнца доIа динчунна (Дала) жоп лур долуш а, цуьнца дехначунна дехнарг (Дала) лур долуш а йолчу». [Абу Давуд, Ахьмад].   

2 – АллахIа Шена Шен цIерш Ша техкина хиларх теша дезаш ду вай. Цуьнан халкъан бакъо яц Цунна цIе йала, йа Цо Ша Шен яьккхина йоцу цIе Цуьнан ю ала а. Иза ву Ша хастийнарг оцу Шен цIерашца, Сийлахь а Нуьцкъала а ву Иза.

3 – АллахIан хазчу цIерша вайна довзуьйтуш ду уггар йоккха кхачамалла йолуш долу маьIнаш а, оцу маьIнашкахь цхьана а тайпана кхачамбацар цахилар а. Цундела, оцу маьIнех теша дезаш ду вай, и маьIнаш схьадоьвлла йолчу цIерех тешаре терра.

4 – Оцу АллахIан хазчу цIерех довлуш долчу маьIнийн ларам бан безаш ду вай, уьш цхьана а агIор йа хийца а, йа галдаха а бакъо а яц вайн.

5 – АллахIан хIора цIарах долуш долчу хьукманах теша дезаш ду вай, оцу хьукманашца Iамал ян дезаш а ду вай.

ХIокху пхеа хIуманах дикка вай кхетийта цхьа масала далор ду вай, АллахIан “Хезаш верг” аьлла йолчу цIарца. Оцу цIарехь вай лар дан дезаш долу пхи хIума иштта хир ду:

- “Хезаш верг” аьлла йолу цIе АллахIан цIерех цхьа цIе ю аьлла тешар, иза Къуръан чохь а, Суннатехь а хьахийна йолу дела;

- И цIе Шена яккхинарг а, тиллинарг а АллахI ву аьлла тешар. Цо и цIе Шена яьккхина хиларх а, Сийлахьчу Къуръан чохь йоссийна хиларх а тешар;

- Оцу цIарна чохь хезаш хиларан маьIна хиларх тешар, Хезаш хилар АллахIан сифатех цхьа сифат хиларх тешар;

- Хезаш хиларан сифатан ларам бан безаш хилар, иза хийца а, йа цуьнан маьIна галдаьккхина, цуьнан маьIна кхин ду алар а мегаш цахилар;

- АллахI массо хIума хезаш хиларх тешар, Цуьнан хазаро дерриге аьзнаш чулоцуш хиларх тешар. Оцу цIарах схьадолучу хьукманца Iамал яр: АллахI вайна тIехула вай хезаш вуй а хууш, Цунах кхерар, АллахIана гергахь мел къайлах долу хIума а къайла гIур доций хууш, цунах лаьцна кIорггера кхетам хилар а.

ХIинццалц схьа вай дийцинарг АллахIан цIерех тешарехь лардан дезаш долу хIумнаш дара, ткъа хIинца вай довзуьйтур ду АллахIан сифатех тешарехь лардан дезаш долу хIумнаш:

1 – Къуръан чохь а, Суннатехь а даьхкина долу дерриге сифаташ къобул дар, уьш тIечIагIдар, хийца а ца хуьцуш, гал а ца дохуш.

2 – КIорггера тешар хилар а, хууш хилар а, АллахIан сифаташ кхачамаллин сифаташ ду аьлла, массо эшамаллех а, кхачамбацарех а цIена а долуш.

3 – АллахIан сифаташ а, Цуьнан халкъан сифаташ а цхьатера доций хаар, йа уьш цхьатера хила йиш йолуш доций а хаар. ХIунда аьлча АллахIах тера цхьа а хIума дац, йа Цуьнан сифаташкахь а, йа Цуьнан балхаца а, гIуллакхца а. Лекха хин волчу Дала аьлла Шен Сийлахьчу Къуръан чохь:

Дац Цунах (АллахIах) тера цхьа а хIума, Иза Хезаш а, Гуш а ву) [Сурат «Аш-шура» 11 аят].

4 – АллахIан сифаташ муха ю шена хуур ца хиларх кхетар, уьш муха ду аьлла царна тIаьхьа ша кхиалур цахилар хаар. ХIунда аьлча, АллахIана Шена бен ца хаьа иза, ткъа Цо кхоьллинчу халкъана иза хаа цхьа а некъ бац. 2

5 – Оцу сифатех схьадовлуш долчу хьукманех а, тIаьхьенах а тешар, хIунда аьлча хIора сифато гойтуш йолу дела, цхьацца тайпанара Iибадаташ дан дезаран агIонаш.

И пхи хIума гIоли довзийта масала далор ду вай «АллахI Шен Iаршана тIехулахь хиларан» сифатца. ХIокху сифатехь лар дан деза хIара пхи маьIна:

- Къуръан чохь а, Суннатехь а и сифат деана долу дела иза тIечIагIдан дезаш ду, и сифат хиларх теша везаш а ву. Лекха хин волчу Дала аьлла:

Къинхетаме верг ву Иза, Iарш тIехула  лакхаваьлла Иза) [Сурат «ТIахIа» 5 аят].

- И сифат тIечIагIдан дезаш ду АллахIан хила хьакъ долчу кепара, Цуьнан Сийлахьаллийца йогIуш йолчу агIор. Ткъа оцу сифатан маьIна иштта ду: Шен Сийлахьаллийца догIуш ма-дарра АллахI Шен Iарша тIехулахь лекха ваьлла ву, Иза массо хIумнал Лекха ву, дерриге Iаламна тIехулахь а ву. Вуьшта аьлча, АллахIан лекхалла гойтуш ду и сифат.

- Кхоллархо волу АллахI Шен Iарш тIехь лекха валар тера дац Цо кхоьллина долчу Цуьнан халкъах цхьа адам Iарш тIехь нисдаларх а, йа иза Iарш тIе охьахаарх а. АллахI Iарш оьшуш вац, и Iарш ца хилча а волуш а ву, хир волуш а ву. Ткъа адамаш Iарш тIе ховшуш хилар церан эшамалла гойтуш ду, церан кхачамбацар гойтуш а ду. Оцу кепара, АллахI Iарш тIехь хилар тера дац адам Iарш тIехь хиларх, хIунда аьлча Лекха хин волчу АллахIа Ша аьлла дела:

Дац Цунах (АллахIах) тера цхьа а хIума, Иза Хезаш а, Гуш а ву) [Сурат «Аш-шура» 11 аят].

- АллахI Iарш тIехь муха ву хаа гIертар мегаш дац, йа иштта хаттар шен дагчу даийта мегаш а дац, хIунда аьлча иза АллахIан къайле йолу дела, цхьана АллахIана бен хууш йоцу.

- Оцу сифатах схьадовлуш долчу хьукманех а, тIаьхьенах а теша деза вай, АллахI Веза хилар санна долу, Цуьнан Сийлахьалла а, Возалла а санна долу.

ХIокху маьIнаша вайна хоуьйту, Дела дерриг халкъана тIехулахь, лекхахь хилар. Иза кхин а вайна хаало вай дегнаш Иза волчахьа хьаладерзарца, вай Цуьнга кхойкхучу хенахь, Цуьнгара вай доьхучу хенахь, вай Цуьнга доIа дечу хенахь. И маьIна долуш ду вай сужуде дахча олуш долу зикр: «Субхьана роббийал АIла» - «ЦIена ву сан Лекха Дела».

3 – Делах тешар шайца кхочуш хуьлуш долчу хIуманех кхоал- гIаниг ду вай тешар, дерриг Iибадат – гуш дерг а, къайлах дерг а – Шена дан хьакъ долуш верг Цхьаъ волу, Бакъ волу цхьа АллахI бен вац аьлла, Шеца цхьа а накъост а воцуш. Лекха хин волчу Дала аьлла Шен Сийлахьчу Къуръан чохь:

Бакъдолуш, Оха хIора умматана Элча вахийтина, АллахIана Iибадат а де, тIагIутах лар а ло аьлла (оцу нахе)) [Сурат «Ан-нахьл» 36 аят].

Иштта массо элчанаша аьлла ду шайн умматашка:

Iибадат де АллахIана, кхин Дела вац шуна Иза воцург) [Сурат «Ал-аIроф» 59 аят]. 

Кхин а аьлла Сийлахьчу Дала:

Царна омру дина дац АллахIана Iибадат де аьлла бен, динлелор цIенчу даггара Цуьнан доьхьа долуш, хьанифаша (динлелор) санна) [Сурат «Ал-баййинат» 5 аят].

Шина Шейха – Бухарис а, Муслима а –  шаьшшинан «Сахьихь» цIе йолчу шина жайни чохь дийцина ду хьадис, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – МуIаз цIе йолчу шен асхьабе элира аьлла:

«Лайшна тIехь долу Делан хьакъ а, Далла тIехь долу лайн хьакъ а  хIу ду хаьий хьуна хIай МуIаз? Ас (МуIаза) элира: “Дела а, Цуьнан Элча а ву дика хууш верг”. Цо (Элчано) элира: “Лайшна тIехь долу Делан хьакъ цара Цунна Iибадат дар ду хьуна, Цуьнца цхьа а накъост ца вар а ду хьуна. Ткъа Далла тIехь долу церан хьакъ,  Iибадат дарехь Шеца цхьа а накъост ца винчунна Iазап цадар ду хьуна».

Бакъ волу Дела Иза Шега дегнаш доьрзуш волу Дела ву, Иза дукха везарна дегнаш дузуш, кхечуьнга цхьа а безам ца буьсуш волу Дела ву, Шега дог дахаро кхечуьнга дог дахарх тоъам хуьлуьйтуш верг ву, Цуьнгара гIо лехча кхечуьнгара гIо леха ца оьшуш волу Дела ву, Цунах кхийрича кхечуьнах кхерам даг чу цабогIуш волу Дела ву. Лекха хин волчу вайн Дала АллахIа аьлла:

Иза (толам) цундела бу – АллахI волу дела Бакъ верг, АллахIе а ца кхойкхуш уьш кхойкхуш болу кхин берш харц болу дела, АллахI Лекха а, Воккха а волу дела) [Сурат «Ал-хьадж» 62 аят]. 

Оцу аято вайна гойтуш долу маьIна ду, лайша шайн Iамалца Дела цхьаъ вар бохург.

Ткъа Дела цхьаъ вар – тавхьид – боккха ларам болуш ду. Иза лараме хилар вайна гойтуш долчу хIуманех цхьадерш дуьйцур ду вай:

1 - Дела цхьаъ вар Бусалба динан юьхь ю. Дела цхьаъ вар Исламан Iалашо ю, цуьнан чаккхе а ю, цуьнан гуче а ю, цуьнан къайле а ю. Дела цхьаъ вар массо элчанийн кхайкхам а бу – Делера салам хуьлда царна.

2 - Дела цхьаъ варан доьхьа кхоьллина ду хIара дерриг Iалам – стигланаш а, латтанаш а, царна чохь дерг а, малийкаш а, адамаш а, жинаш а. И дерриге халкъ-Iалам кхолларан бахьана ду Дела цхьаъ вайтар. Цуьнан доьхьа бахкийтина Дала массо элчанаш. И кхочуш дархьама диссийна жайнаш. И бахьана долуш декъа делла а ду халкъаш бусалбанаш а, керстанаш а хилла, ирс долуш берш а, ирс доцуш берш а хилла.

3 – Дела цхьаъ вар адамашна тIехь долу доьххьара парз (важиб) ду. Стаг доьххьара бусалба хилар Дела цхьаъ варца хуьлуш ду. Дуьненчура иза ара волуш тIаьххьара оцу тIехь иза ара вала везаш дерг а ду.

 

2 – Дела цхьаъ вар кхочуш дар.

  

Дела цхьаъ вар кхочуш дар бохург – иза Делаца накъост варх а, Пайхамара а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –, цуьнан асхьабаша а лелийна доцучу, бусалба динан баххашна тIедоьгIна доцучу юкъадаьхначу хIумнех а, Iесаллех а, шен Iибадат цIандар  ду, оцу  хIумнех цунах эделларг дIадаккхар а ду.

Дела цхьаъ вар шина декъе декъалуш ду: важиб дерг а, мандуб (суннат) дерг а. Ткъа важиб дерг кхаа хIуманца кхочуш хуьлу:

1 – Дела цхьаъ варна нисса доьхьал долчу Делаца накъост варха шен Iибадат  дIацIандар.

2 – Дела цхьаъ варан баххашца а, иза кхочуш хиларца а цхьаьна догIуш доцучу, стаг керста веш долчу, Бусалба динна юкъадаьхначу хIумнех шен Iибадат а, шен Дела цхьаъ вар а дIацIандар.

3 – Дела цхьаъ варан мел кIеззиг беш йолчу, цунна тIехь чIогIа Iаткъам беш йолчу Iесаллех ларвалар.

   Ткъа мандуб долу Дела цхьаъ вар кхочуш дар иза - дича дика ду аьлла омру динарг дар ду. Цуьнан масалш ду:

1 – Ихьсанан лаккхара дарж кхочуш дар.

2 – КIорггера Делах тешаран лаккхара дарж кхочуш дар.

3 – Хазчу собаран лаккхара дарж кхочуш дар, АллахI воцучуьнга латкъам ца бар.

4 – АллахIе дехарца тоъам хуьлуш долу дарже кхача хьажар, Иза воцучуьнгара, Цуьнан халкъе дехарш ца дан хьажар.

5 – Цхьадолу магийна долу цамгарийн дарбанаш Iад дитарца, массо агIор АллахIана тIе таваккул дар, дегайовхо Цуьнца хилар, болх Цуьнан кера дIабалар, болх Цунна цхьанна тIебиллар кхочуш дар.3

6 – Суннат долчу Iибадаташца – къаьсттина ламазаш дарца – АллахI везаран а, Цунна ша везийтаран а дарже кхачар кхочуш дар.

Вай лекхахь ма дийццара, Дела цхьаъ вар кхочуш а дина, Делаца накъост варха цIена хилларг паргIат ву даиманна жоьжахати чувахарха. Жима а, доккха а долчу Делаца накъост варх цIена волчунна а, даккхийчу къинойх а, Iесаллех а ларвеллачунна а маршо ю дуьненахь а, эхартахь а. Лекха хин волчу Дала аьлла:

Баккъалла а, АллахIа геч ца до Шеца накъост варна, (амма) Цо геч до иза доцург Шена луучунна) [Сурат «Ан-нисаъ» 48 аят].

Кхин а аьлла Лекхачу Дала:

Ийман а диллина (Делах теша а тешна), шайн Ийман зуламца э ца динарш – царна ю маршо, уьш нисбелларш а бу) [Сурат «Ал-анIам» 82 аят].

Дела цхьаъ варна нисса бIостанехьа доьхьал ду Делаца накъост вар.

Делаца накъост вар кхаа тайпана ду:

1 – Доккха Делаца накъост вар. Доккха Делаца накъост вар Дела цхьаъ варан бухана доьхьал ду. Иза чIогIа доккха къа ду, Дала гечдеш къа а дац иза, тоба дича бен.ХIокхунна тIехь велларг даиманна жоьжахати чувоьдуш ву. Доккха Делаца накъост вар иза Iибадат дарехь Делаца накъост вар ду, Деле санна цуьнга деха а доьхуш, Дела везар санна иза веза а везаш, цунна тIе болх а буьллуш, цуьнга дог а дохуш, Делах кхераре терра цунах кхера а кхоьруш. Лекха хин волчу Сийлахь ЦIенчу Дала аьлла:

Баккъалла а, АллахIаца накъост  винарг – АллахIа хьарам йина цунна ялсамане, иза воьрзур волу меттиг (жоьжахатин) цIе ю, зулам-нахана цхьа а гIоьнчаш а (хир) бац) [Сурат «Ал-маидат» 72 аят].                             

 2 – Жима долу накъост вар. Иза Дела цхьаъ варан кхачамаллийна дуьхьал дерг ду. Жима Делаца накъост вар – иза доккхачу Делаца накъост варна тIевуьгуш мел болу некъ а бу, бахьана а ду. Цуьнан масала ду кIеззиг долу рияъ (шен цIе яккхийта гIерташ, нахана ша гайта гIерташ Iамала яр) а, Дела воцучуьнца дуй баар а.

3 – Къайлах долу, гуш доцу Делаца накъост вар. ХIара дакъа лаамашца а, ниййаташца а доьзна ду. Амма хIокху тайпанара долу Делаца накъост вар цкъацкъа йа доккханиг, йа жиманиг санна а хуьлу, лекхахь вай ма дийццара. Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – асхьаба Лубайда кIанта Махьмуда – Дела реза хуьлда цунна – дийцина:

«Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: “Уггар чIогIа со шуна кхоьруш верг жима Делаца накъост вар ду”. Асхьабаша элира: “ХIун ду и жима Делаца накъост вар хIай Делан Элча? ” Цо элира: “Рияъ ду”». [Ахьмад].

 

3 – Iибадатан маьIна.

 

Iибадат – иза АллахIана дезаш а долу, Иза реза а волу массо хIума вовшах тухуш йолу цIе ю. Цунна юкъа богIу кхетамаш а, деган Iамалш а, дегIан меженийн Iамалш а, массо АллахIана герга мел вуьгуш йолу Iамалш а, вон хIума Iад дитар а.

Иштта цунна юкъа догIу Дала Шен Къуръан чохь а, йа Шен Элчанан Мухьаммадан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Суннатехь а дийцина массо хIума. Цундела Iибадаташ тайп-тайпана ду. Iибадатах ду – дагца деш долу Iибадат: Иманан ялх арканаш а, кхерар а, догдахар а, таваккул а, безам а, цабезам а, иштта кхиндерш а. Иштта Iибадатех ду – гучахь деш долу Iибадаташ: ламаз а, закат а, марха кхабар а, хьадж дар а санна долу.

Iибадат нийса хиларан ши бехкам бу:

1 – Иза цIенчу даггара Делан доьхьа дар, Цуьнца накъост а ца веш. «ЛаилахIа иллаллахI – Кхин Дела вац АллахI воцург» аьлла тешалла даран маьIна ду хIокху бехкамца долу маьIна. Лекхачу АллахIа аьлла:

ХIаъ! АллахIан ду цIена дин, ткъа АллахI а воцуш кхинберш шайна накъостий лийцинарш – (цара олу) оха царна Iибадат ца до цаьрга тхо АллахIана герга дигийта бен. Баккъалла а, АллахIа хьукма дийр ду царна юккъахь уьш дIасакъаьстинчу хIуманна тIехь. Баккъалла а, АллахIа ца нисво харц луьш верг, керста верг) [Сурат «Аз-зумар» 3 аят].

Кхин а аьлла Лекха хин волчу Дала:

Царна омру дина дац АллахIана Iибадат де аьлла бен, динлелор цIенчу даггара Цуьнан доьхьа долуш, хьанифаша (динлелор) санна) [Сурат «Ал-баййинат» 5 аят].

2 – Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Суннат тIехь вазар, Iибадат цо ма-дарра дар, хIумма а тIе а ца тухуш, йа эша а ца деш. «Мухьаммад Делан элча ву» аьлла тешалла даран маьIна ду хIокху бехкамца дерг.

Лекха хин волчу Дала аьлла:

Ахь ала: нагахь санна шу Дела везаш делахь суна тIаьхьа хIитта, Далла дезар а ду шу (тIаккха), къиношна геч а дийр ду Цо шун) [Сурат «Áл-Iимран» 31 аят].   

Кхин а аьлла Сийлахь волчу АллахIа:

Шайна Пайхамара деанарг – схьаэца иза, цо шайна ца магийнарг – Iадда дита иза) [Сурат «Ал-хьашр»  7 аят].                                                

Кхин а аьлла Лекхачу Дала Къуръан чохь:

ХIан-хIа! Хьан Делор, уьш Делах тешаш хир ма бац цара хьоьга хьукма дайтталц, шайна юккъахь хиллачу къовсамна, тIаккха ахь динчу хьукманна шайн (дегнаш чохь) гатто а ца кара йойтуш, (хьан хьукманна) уьш муьтIахь а хиллалц) [Сурат «Ан-нисаъ» 65 аят].

Вай Делан лайш хилар шина бехкамца бен кхочуш ца хуьлу:

1 – Дела везар кхочушдар. Дела везар кхочуш хуьлу нагахь санна вай Дела везар а, Цунна дезаш долу хIума дезар а дерриг кхиндолчу хIумнал хьалхадаккхьахь.

2 – Далла муьтIахь хилар кхочуш дар, Цо де аьлларг дан а деш, ма де аьлларг Iадда а дуьтуш.

Ткъа Делан лайш хилар бохург ду: Дела кхоччуш везар а, Цунна кхачам боллуш муьтIахь хилар а, Цунах кхерар а, Цуьнга догдохуш хилар а. Иштта кхочуш хуьлу вай Делан лайш хилар. И кхочуш дарца Дела реза варе а, Цуьнан безаме а кхочу стаг, хIунда аьлча Далла Шен лай Ша тIедехкина долчу парзашца шена герга вар деза дела. Ткъа стага суннат долу Iибадаташ дукха мел до, Сийлахь-Лекхачу Далла герга хиларехь сов волу иза, Далла гергахь даржехь лекха волу иза, иштта цо и Iибадаташ дар бахьана хуьлу цунна Делан къинхетамца а, комаьршаллийца а ялсамане ваха. Лекха хин волчу Дала аьлла:

Деха шайн Деле, (шаьш) эсала а, муьтIахь а долуш, къайлах а (деха Цуьнга). Баккъалла а, Цунна ца беза тIехбовлуш берш (доIа деш аьзнаш ийдеш)) [Сурат «Ал-аIроф» 55 аят].

 

4 – Дела цхьаъ хиларан а, Иза цхьаъ ван везаран а  баххаш а, тешаллаш а.

 

Баккъалла а чIогIа дукха ду Дела цхьаъ хиларан тешаллаш а, баххаш а. Царна тIехь ойла йинчуьнан Дела цхьаъ хиларан хаам а сов бер бу, кхетам а чIагI лур бу. Царна тIехь ойла йинчунна гIоли хуур ду Дела Шен гIуллакхашкахь а, цIерашкахь а, сифаташкахь а цхьаъ хилар, Шех тера кхин цхьа а хIума доцуш.

Оцу тешаллех цхьадерш дуьйцур ду вай, ткъа дерриг дийцина вер а вац.

1 – ХIара Iалам кхолларан доккхалла а, цуьнан нийсалла а, цунна чохь долу халкъ тайп-тайпана хилар а, хIара Iалам лелош долу нийсса низам а. ХIокху хIуманна тIехь ойла йинарг, шен хьекъале оцу тIехь ойла яйтинарг билггал тешар ву Дела цхьаъ хиларх. Стигланаш а, латтанаш а кхолларан ойла йича, малх а, бутт а, адам а, дийнат а кхолларан ойла йича, ораматаш а, чохь са доцу хIумнаш а кхолларна тIехь а ойла йича стагана хаьа оцу массо хIуманан Кхоллархо хилар, Шен цIерашкахь а, сифаташкахь а, Ша Дела хиларехь а Шеца кхачамалла йолуш волу. ТIаккха стагана хаьа, цхьаъ волу и Кхоллархо бен Iибадат дан хьакъ долуш кхин цхьа а ца хилар. Лекха хин волчу Дала аьлла:

Оха чIогIа лаьтташ долу лаьмнаш дира лаьтта тIехь, иза меттах ца дилийта цаьрца, оцу лаьмнашкахь чIожнаш а, некъаш а дира Оха, уьш нийсачу некъа тIе нисбалийта. Стигал а йира Оха тхов санна, (ша) ларъеш йолу (охьайожарха); ткъа уьш (Делах ца тешаш берш) юха буьйлуш бу Тхан аятех (царна тIехь ойла ца еш)﴿ [Сурат «Ал-анбияъ» 31-33 аяташ].

Кхин а аьлла Сийлахьчу АллахIа: 

Цуьнан (АллахIан) аятех (билгалонех) ду стигланаш а, латта а кхоллар а, шун меттанаш а, бесаш а тайп-тайпана хилар а. Баккъалла а оцу хIуманашкахь аяташ (билгалонаш)  ма ю хууш болчарна﴿ [Сурат «Ар-рум» 22 аят].  

2 – Дала Шен элчанашка делла долу шарIаш а, Цо царна делла долу тешаллаш а, муIжизаташ а Дела цхьаъ хилар гойтуш ду, Iибадат дан хьакъ долуш Иза цхьаъ бен ца хилар гойтуш а ду. Дала Ша кхоьллинчу Шен халкъана делла долчу шариIатехь сирла тешалла ду, Хьекъале волчу, Ша кхоьллинарг доьвзаш волчу, оцу халкъана пайде дерг доьвзаш волчу Делера бен и ШариIат хилалург ца хиларна. Сийлахьчу Дала аьлла:

Оха бахийтира Тхайн геланчаш кхетаме сирлачу тешаллашца, цаьрца доссийра Оха жайна а, терза (нийсо) а, адамаш нийсонна тIехь латтийта﴿ [Сурат «Ал-хьадид» 25 аят].

Кхин а аьлла Лекхачу АллахIа:

Ахь ала: адамаш а, жинаш а вовшахкхетча, хIара Къуръан санна жайна дархьама – цаьрга далур дац и саннарг, уьш вовшийн гIоьнчий хилчи а﴿ [Сурат «Ал-исраъ» 88 аят].

3 – Вай дуьненчу довлучу хенахь дуьйна схьа Дала вайн дегнаш чу биллина болчу дегахаамо а, синхаамо а, тIечIагIдо Дела цхьаъ хилар. Ткъа и синхаам вай дегнашкахь чIагIбелла бу, цундела адамана зен хилар гуча доллушшехь оцу синхаамо вай Деле дерза до. Ткъа адаман хьекъал шеконех а, харц лаамех а цIена хилахь, цуьнан кхин дан хIума хир дац Дела цхьаъ хиларна мукIарло дар бен, шен даг чохь цунна карор дац Дела Шен цIерашца а, сифаташца а цхьаъ хилар бен, Цунах тера кхин цхьа а хIума дац аьлла болчу кхетамна тIетар бен, Цо Шен элчанашка – Делера салават а, салам а хуьлда царна – даийтина долчу шарIана муьтIахь хилар а бен. Лекха хин волчу Дала аьлла:

Ткъа ахь латта йе хьайн юхь дин тIехь (хьайн дин Дела дуьхьа хилийта), цунна тIетовш, (хьо латта) Дала адамашкахь кхоьллина болчу синхаамна тIехь (Бусалба дин тIехь); бац цхьа а хийцам Делан кхоллараллийна (Цуьнан дин кхечу динца хийцар мегар дац); иза (Дела цхьаъ вар) ду нийса дин, амма дукхах болчу нахана хаам ца хаьа. (Шу хила) Цуьнга доьрзуш, Цунах кхера а кхера, ламаз а де, Делаца накъост веш болчерах а ма хила﴿ [Сурат «Аррум» 30-31 аяташ].

Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:

«Дерриг деш долу бер (доьххьара дуьненчу долучу хенахь) “фитIрат” долуш дуьненчу долуш ду, амма цуьнан дас-нанас до и бер йа жуьгтийн динехь, йа керста динехь, йа цIарна Iибадат деш болчеран динехь. (Цуьнан масала ду) дийнато деш долу дийнат, шеца цхьа а эшам боцуш хуьлу иза. Шуна гой и (хIинца дуьненчу даьлла долу дийнат) лерг хадийна долуш? (цуьнца цхьане кепара эшам гой шуна? – аьлла хаьттина цо шен асхьабашка). ТIаккха цо дийшира Къуръан чура аят: Дала адамашкахь кхоьллина долу фитIрат (синхаам)﴿» 4 [Бухари].

 

 

nnn

 

 


 ï                ð

 

1  АллахIан ницкъ кхочур боцуш хIумма а дац бохург ду оцу аятан маьIна.

2 АллахIан хьокъехь долчу маьIнашкахь «Муха?» боху хаттар даийта мегар дац шен коьрта чу, хIунда аьлча адамийн хьекъал барам болуш ду, массо хIуманна тIаьхьа кхиалуш а дац. Ткъа нагахь санна иштта хаттар шена дагадагIахь «АIузу биллахIи мина-шшайтIониррожийм» аьлла Деле шайтIанах лар вар деха деза.

3 АллахI воцчунна тIе болх биллар, Цуьнца кхечуьна кера болх балар а мегаш дац, иза даккхийчу къинойх лоруш ду Бусалба динехь. Массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш волчу, дерриг Iалам цхьана хенахь гуш а, хезаш а волчу, Шена луург Шена луъучу хенахь хилийта йиш йолуш волчу АллахIан кера дIабала беза болх, таваккул Цунна тIе дан а деза. Вай иза муха дийр дац, Шена тIе болх биллинчунна Ша тоьаш ву шуна бохуш, Дала Ша вайга бохуш хилча.

4  Дела цхьаъ варна тIехь хуьлу ша долу бераш доьххьара дуьненчу довлучу хенахь бохург ду хьадисан маьIна.