|
|
|
ХIара жайна
Исламан аркáнаш – баххаш – дуьйцуш ду. Аркáнаш боху дош Iаьрбийн маттара нохчийн матте схьаэцна дош ду. Iаьрбийн маттахь цуьнан цхьаллин терахь – рукн ду,
дукхаллин терахь – аркáн ду. Цундела, вайн маттехь иза лелош хилча,
«аркáн» аьлла Iаьрбийн маттара дукхаллин
терахьца лелийча нийса ца догIу дела, «аркáнаш» аьлла догIур ду жайни
юкъахь. Цуьнан цхьаллин терахь Iаьрбийн маттахь
ма-дарра «рукн» аьлла догIур ду. Лакхахь хьуна ма-гарра, «рукн» бохучу дешан
маьIна «бух», «бIогIам» бохург ду. Исламан пхеа арканех хIора рукнаца доьзна долу коьрта-коьрта хIума ду хIокху жайно хьуна дуьйцур дерг. «ЛáилáхIа иллаллáхI» бохучу дешан маьIна а, ламазан билламаш а, закат даккхаран хьукманаш а, мархин бутт кхабарх лаьцна дерг а, Хьадж даран куц а, иштта кхин дуккха хIума карор ду шуна хIокху тIехь. Кхин дIа жайнийца дуьту ас шу… |
|
|
|
|
|
Хьалхара рукн – тешалла дар, АллахI воцург кхин Дела а вац, Мухьаммад Цуьнан элча а ву аьлла. |
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|