Исламан арканаш
КхоалгIа рукн: Закат далар
__________________________________________________Закат бохучу дешан маьIна.Iаьрбийн маттахь «Закат» бохучун маьIна кхиар а, алсамдалар а бохург ду. Хастам барах а, дикаллех а, цIандарх а олу закат. Ткъа даьхний юкъара луш долчу цхьана дакъанах закат аьлла, и дIалуш долу даьхни бахьана долуш, бухадуьсуш долчунна беркат алсамдолу дела, оцу даьхнин да цо вочу хIумнех дIацIанво дела, Делера гечдар хиларца. ШарIехь «Закат» бохучу дешан маьIна хIара ду: Адамашна юкъара къастийначу цхьана тобанна, шен-шен хенахь даьхни тIера дIадала дезаш долу хьакъ. Закат даларан бусалба динехь йолун меттиг а, иза даларан пайда а.Закат далар Бусалба динан пхеа бIогIамех цхьа бIогIам а, рукн а ду. Дала дуккха а меттигашкахь ламазца цхьана хIуттуш хьахийна а ду иза. Масала: ×Ламаз а де аш, закат а ло ашØ [Сурат «Ал-Бакъарат» 43 аят]. Лекха хинволчу Дала аьлла: ×…Ламаз а де, закат а ло…Ø [Сурат «Албаййинат» 5 аят]. Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Ислам пхеа хIуманна тIедоьгIна ду…» царна юкъахь цо хьахийра: «Закат далар а…» (Бухари, Муслим). Дала закат даккха аьлла ду, адамийн синош а, дегнаш а сутараллех а, бIаьрмецигаллех а, дукха даьхни дезарах а дIацIандалийтархьама; мискачу нехан а, гIо оьшуш болчу нехан а дог оьцуш; шена тIера закат луш долу даьхни цIандеш, иза алсамдалийта, цунна беркат хуьлуьйтуш, массо зенах а, бохамех а иза лардалийта; хIора къоман дахарца а, иза ирс долуш хиларца а доьзна долу юкъара хьашташ кхочуш хилийта. Лекха хинволчу Дала Шен Къуръан чохь хьахийна Ша и закат даккхийтаран пайда: ×Ахь схьаэца церан даьхни тIера сагIа, уьш цIанбеш долу, айхьа церан синош а цIандеш долуØ [Сурат «Ат-Тавбат» 103 аят]. Закат даларан хьукм.Закат далар хIора бусалба стагна тIехь парз ду, нагахь санна цуьнан закат даккхал даьхни а хилахь, цу даьхнийца закатан билламаш кхочуш а хилахь. Шен хьекъал чохь воцучунна тIера а, берана тIера а даккха дезаш ду иза цаьршинан дас, йа цуьнан метта волчо. Нагахь санна иза дала дезаш дац аьлла цхьаъ доьхьал валахь, ша хууш а волуш Дала цунах аьлларг, оцу хьолехь иза бусалба волчара араволуш ву, керста хуьлуш а ву. Ткъа нагахь санна закат ца луш цхьаъ доьхьал валахь – дала дезаш дац а ца бохуш – делахь а ша бIаьрмециг хиларна, йа цуьнан гIулкх атта хетарна, оцу хьолехь и стаг даккхийчу къинойх доккха къа латош ву, песикъ стаг лоруш а ву. Нагахь санна иза оцу хьолехь а волуш дуьненчура дIавалахь, иза лахь, Делан лаамехь ву иза, Шена лаахь гечдийр ду Цо, Шена лаахь Iазап дийр ду, хIунда аьлча Сийлахь волчу Дала аьлла долу дела: ×Бакъдолуш, Дала геч ца до Шеца накъост варна, цул лахара долчунна геч до Цо Шена луучуннаØ [Сурат «Ан-Нисаъ» 48 аят]. Иштта доьхьал ваьллачу стагера закат схьаэца дезаш а ду, цунна къедано цхьана агIор таIзар дан дезаш а ду, цо хьарам долу хIума дина дела. Беркате а, Лекха а волчу АллахIа кхерам тесна закат ца луш доьхьал ваьллачунна: ×Деший а‚ детий а гулдеш болчаьрга‚ Делан новкъахь цуьнца харж ца еш – ахь кхаъ баккха цаьрга лазош долчу Iазапца. (Къемат) дийнахь жоьжахатин цIергахь цIе юьллур ю церан даьхнех‚ цуьнца (цIарца) дагор ду церан хьаьжнаш а‚ церан агIонаш а‚ церан баккъаш а: "ХIара ду аша шайна гулдинарг‚ Iовша шайна шаьш гулдина хилларг" - (малийкаша) олушØ [Сурат «Ат-Тавбат» 34-35 аяташ]. Абу ХIурайрата – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Шен даьхнех закат дIацалуш волу цхьа а стаг вуьтур вац жоьжахатин цIе цунах ца латош. Экъанаш санна кечдийр ду цунна цуьнан и даьхни, тIаккха цуьнан ший а агIона тIе а, цуьнан хьаж тIе а йохкур ю и цIеран экъанаш. Иза ишттачу хьолехь лаьттар ву шовзткъе итт эзар шарахь, Дала Шен лайшна юкъахь хьукм дина чекхдаллалц. ТIаккха цул тIаьхьа гур бу цунна шен кхин дIа болу некъ: йа ялсамане, йа жоьжахате…» (Бухари, Муслим, хIара дешнаш Муслима а ду). Закат даккха дезаран билламаш.Закат даккха дезаран а, иза тIедожаран а пхи биллам бу: Хьалхарниг: Бусалба хилар. Керстанна тIехь дац иза. ШолгIаниг: Маьрша хилар. Лай волчу стагна тIехь дац закат даккхар дукхах болчу Iелам-нахана гергахь. Иштта, Мукáтаб волчу лайна а тIехь дац иза, хIунда аьлча цуьнан ахча ца дуьсу дела. КхолагIаниг: Закат даккхал болу барам кхочуш хилар. Нагахь санна даьхни оцу барамал кIеззиг хилахь закат тIе ца дужу. ДоьалгIаниг: Даьхни ша-дерг долахь хилар. Яздина долчу декхарна тIе а закат ца дужу; иштта масийттаммо барт бина юкъахь лелочу гIулкхах йолу са дIасаеккъалц цунна тIе а закат ца дужу, цхьаьнга декхар деллачул тIаьхьа стагна тIе мискалла ягIахь цуьнан декхар юха дерззалц оцу декхарна а закат тIе ца дужу. Дикчу меттехь «вакъф»[1] дина долчу даьхнийна а закат тIе ца дужу – гIазотан тIемалошна доьгIна долу даьхни а, маьждигашна доьгIна долу даьхни а, мискачу нахана доьгIна долу даьхни а санна долу -. ПхоьалгIаниг: Шо дузар. Цхьа а даьхни тIехь закат ца хуьлу, цунна тIехь цхьа шо хьаладуззалц, лаьттара хьадоккхуш долу даьхни доцург – стоьмаш а, ялта а санна долу. Лаьттара хьаладолуш долчу даьхни тIера закат даларан хан и даьхни схьагулдича хуьлуш ю, шо дуззалц Iан ца веза, Лекха хинволчу Дала аьлла долу дела: ×Аш цуьнан хьакъ дIало (шаьш) и (ялта) чудерзийначу дийнахьØ [Сурат «Ал-АнIам» 141]. Лаьттах хьаладоху маьIданийн а, лаьтта бухахь карочу хазнийн а закат даларан хан уьш лаьтта бухара хьаладоху хан ю, уьш а лаьттах хьалайохуш йолун дела. Хьайбанийн а, йохкаэцаран йолан а закат даларан хан - цаьршинан бухе а хьоже – цаьршинан доьххьара хиллачу даьхнин шо кхачар ю. ТIаккха шегахь долуш дерг оцу доьххьара хиллачунна тIе а тоьхна, цхьаьне закат лур ду, нагахь санна барам бузахь. Закат даларехь билламе дац даьхнин да кхиъна ваьлла хилар а, йа хьекъал чохь хилар а, цундела, беран даьхни тIера а, шен кхетамехь воцчу стеган даьхни тIера а закат дала дезаш ду дукхах болчу Iелам-нахана гергахь. Закат дала дезаш долу даьхни.Закат дала дезаш долу даьхни пхиъ ду: 1 – Деши а, дети а, цаьршина метта тахана юкъахь лелаш долу кехат ахча а.Царна тIера дала дезачу закатан барам даьхнин иттолгIачу декъа доьалгIа дакъа ду, йа вуьшта аьлча 2,5% ду. Нагахь санна, хIокху лахахь хьахор болу барам санна дукха даьхний а хилахь, иза оцу барамехь а долуш цунна тIехь цхьа шо а далахь, цунна тIера дала дезачу закатан барам хIара бу (2,5%). Шена тIера закат даккха дезаш болун дешин барам 20 (ткъа) «мискъáл» бу, цхьа «мискъал» 4,25 грамм ю, цундела, граммашкахь лерича 85 грамм деши долчо цунна тIера 2,5% закат дала деза. Шена тIера закат даккха дезаш болун детин барам 200 (ши бIе) дирхIам бу, цхьа дирхIам 2,975 грамм лоруш ду, цундела, 595 грамм дети долчо цунна тIера 2,5% закат дала деза. Тахана лелаш долу кехатан ахчан барам, цунна тIехь шо дуьзначул тIаьхьа, закат даккха хан тIекхаьчча, йа 85 грамм дешин мехаца лара деза, йа 595 грамм детин мехаца лара деза. Цундела оцу кехатан ахчан барам хийцалуш хуьлу цуьнах догIучу дешин а, детин а мехе хьаьжжина. Иза иштта хуьлу дела, шегахь ахча дерг хьажа веза, шегахь йа 85 грамм деши эццал, йа 595 грамм дети эццал ахча дуй, нагахь санна иза кхочуш хилахь, иза шен долахь а долуш цунна тIехь шо хан а ялахь, цо цунах 2,5% закат дала деза, оцу ахчанан цIераш тайп-тайпана хиларга а ца хьоьжуш – рийал, динар, франк, евро, сом, йа кхин дерг а – йа и ахча кехатах хиларга а, йа аьчка хиларга а, йа кхечу хIумнах дина хиларга а ца хьоьжуш. Ткъа вайна массарна а хууш ду ахчанан мах цхьацца хенахь хийцалуш хилар, цундела, закат луш верг хьажа везаш болчу бараман хан ахча долахь а долуш шо тIехIоьттина йолу хан ю. Дешин а, детин а, ахчан а барам кхочуш а хилла, и кхо хIума оцу барамал совдалахь, 2,5% закат дала деза оцу совдаьллачух а.[2] Цуьнан тешалла ду, Iелас – Дела реза хуьлда цунна – дийцина долу хьадис, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Нагахь санна хьан ши бIе (200) дирхIам а хилахь, уьш хьан а долуш цхьа шо а далахь царна тIехь закат ду пхи (5) дирхIам, кхин хьуна тIехь хIумма а дац хьан ткъа (20) динар а хилла цхьа шо даллалц, тIаккха церах ах динар дала деза ахь, ткъа цул совдаьлларг и санна лара деза; даьхни долахь а долуш цхьа шо даллалц цхьанна а тIехь закат дац». [Абу Давуд]. Зударша хазаллийна духа кечдина долу деши, нагахь санна гул а деш дIадуьллуш делахь цунна тIера закат догIу массо агIор. Амма нагахь иза зударша лелош делахь, йа леладайта эцца делахь цунна тIехь закат дац, Iелам-нехан шина кепара аьллачу хьукманах нийсачунна тIе а доьгIна аьлча. Доьххьаралерачух закат дала дезаран тешалла деших а, детих а закат дала деза олуш долчу хьадисийн юкъара маьIна а ду, Абу Давуда а, Насáийс а, Тирмизийс а далийна хьадис а ду, Iамр ибн ШуIайбан дас шен дегара – Дела реза хуьлда цунна – дийцина долу, шен йоI а ялош цхьа зуда еара аьлла, Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – волча, оцу йоьIан куьйгах стомма дешин ши хIоз а болуш. ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла нене: «ХIокхуьнан закат луш юй хьо?» Цо аьлла: «ХIан-хIа». ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Къемат дийнахь Дала хьайх и шиъ бахьана долуш цIеран ши хIоз хьовзор дезар дуй хьуна?» ТIаккха цу зудчо и шиъ хьа а баьккхина, Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дIабелла: «И шиъ Делан а, Цуьнан Элчанан а бу хIинца» - аьлла. Кхин а цхьа тешалла ду оцу хьукманна, Абу Давуда а, иштта кхечара а далийна долу хьадис, Iаишата – Дела реза хуьлда цунна – дийцина долу. Цо аьлла: «Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – со йолча чувеара, тIаккха цунна сан керахь детин мохIурш гира, тIаккха цо соьга хаьттира: «ХIара хIун ю, хIай Iаишат?» Ас элира: «Ас хьуна кечйалархьама дина ду хIорш, хIай Делан Элча» ТIаккха цо элира: «Церан закат дIалой ахь?» Ас элира: «ХIан-хIа» ТIаккха цо элира: «Иза тоьаш ду-кх хьуна жоьжахати чу яха». Деши а, дети а доцуш кхин долу маьIданаш – жовхIарш а, мехала тIулгаш а – шайна тIера закат дала дезаш дац цхьанне а Iелам-стагана гергахь. Амма нагахь санна уьш йохка-эцар лелорна дехкина делахь, тIаккха царна тIера закат дала деза, йохка-эцарна лелош долчу кхечу даьхнех санна. 2 – ЦIахь кхобуш долу хьайбан даьхни а.Оцу хьайбанашна юкъара закат дала дезаш дерш кхоъ ду: эмкалш а, бежнаш а, уьстагIий а. Царна тIера закат дала деза нагахь санна уьш шеран дукхах йолчу хенахь шаьш дежаш делахь, хIунда аьлча дукхах йолчу ханна ша йолу хенан хьукм хуьлу дела. Цуьнан тешалла ду Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ши хьадис: «ХIора ежаш мел йолчу эмкалшна тIера закат догIу». [Ахьмад, Абу Давуд, Насаий]. «УьстагIех дала дезаш долу сагIа дежаш долчерах дерг ду». [Бухари]. Царна тIера закат ца догIу нагахь санна уьш ШарIо хIоттийначу бараме кхочуш ца хилахь а, уьш оцу барамехь а долуш цхьа шо ца далахь а. Оцу даьхнийн тIера закат даллал хила беза барам а, дала дезарг а:
ХIокху лакхахь балийначу барамашна тешалла ду Анаса – Дела реза хуьлда цунна – дийцина хьадис, Абу Бакара – Дела реза хуьлда цунна – ша Бахьрайне вохуьйтучу хенахь шега хIара кехат яздинера аьлла: «Къинхетаме а, Къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца! ХIара Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – бусалба нахана тIедожийна долу парз сагIа ду, Дала цуьнга цуьнца омру дина хилла а ду. Нагахь санна цхьана бусалба стаге ша ма-дарра иза дала деза алахь, юха а ца волуш дIалойла цо иза, нагахь санна дала дезачул совнаха ло алахь ма лойла цо иза. Ткъе йиъ эмкална тIера дуьйна дIа хIора пхеанна тIера 1 шо кхаьчна 1 уьстагI бу. Ткъе пхеанга хьалакхаьчначул тIаьхьа ткъе-пхийттанна тIекхаччалц 1 шо кхаьчна эмкал ю. Ткъе-ялхийттанга хьалакхаьчначул тIаьхьа шовзткъе пхеанга кхаччалц 2 шо кхаьчна сте 1 эмкал ю. Шовзткъе ялханна тIе кхаьчначул тIаьхьа кхузткъа тIе кхаччалц 3 шо кхаьчна 1 эмкал ю – бугIе еана йолу. Кхузткъе цхьанна тIе кхаьчначул тIаьхьа кхузткъе-пхийттанга кхаччалц 4 шо кхаьчна йолу 1 эмкал ю. Кхузткъе-ялхийттанга кхаьчначул тIаьхьа дезткъе-иттанга кхаччалц 2 шо кхаьчна йолу 2 эмкал ю. Дезткъе-цхьайттанга кхаьчначул тIаьхьа цхьа бIе ткъа эмкал тIе кхаччалц 3 шо кхаьчна 2 эмкал ю – бугIе еана йолу. Нагахь санна цхьа бIе ткъа эмкалал совйалахь, хIора шовзткъанна тIера 2 шо кхаьчна 1 эмкал ю, хIора шовзткъе-иттанна тIера 3 шо кхаьчна 1 эмкал ю, ткъа шен йиъ эмкал бен йоцучунна тIехь (парз) сагIа дац – церан дена иза лаъалц[3] – ткъа нагахь санна пхеа эмкале хьалакхачахь царна тIера 1 шо кхаьчна 1 уьстагI бу. УьстагIашна тIера догIу сагIа – церах дежаш долчарна тIера –: шовзткъа уьстагI хилахь 1 шо кхаьчна 1 уьстагI богIу цхьа бIе ткъа (120) уьстагI тIе хьалакхаччалц. Нагахь санна цхьа бIе ткъаннал сов балахь ши бIе уьстагI тIе кхаччалц 1 шо кхаьчна 2 уьстагI богIу. Нагахь санна ши бIе уьстагIал совбалахь кхаа бIе тIе кхаччалц 1 шо кхаьчна 3 уьстагI богIу. Нагахь санна кхаа бIенал совдовлахь, тIаккха хIора 100 уьстагI тIера 1 шо кхаьчна 1 уьстагI бу. Нагахь сана, дежаш долу уьстагIий шовзткъа уьстагIал цхьа уьстагI хилла а кIеззиг хилахь – царна тIехь (парз) сагIа дац, церан дена иза лаъалц».1 [Бухари]. Оцу барамашна кхин а тешалла ду МуIазера – Дела реза хуьлда цунна – схьадеана хьадис, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – иза Йемене вохуьйтучу хенахь цунна омру дина хиллера аьлла, хIора ткъе-итт бежинна тIера 1 шо кхаьчна 1 эса схьаэца аьлла, хIора шовзткъанна тIера 2 шо кхаьчна 1 шинар схьаэца аьлла. [Ахьмад, Абу Давуд, Тирмизий, Насаий, Ибн МажахI]. Дежаш долчу хьайбанаша дина долу эсий, йа Iахарий, йа эмкалан кIорнеш царна тIетоха еза нагахь санна барам кхочуш а хилла закат доккхуш хилахь. Нагахь санна уьш даккхийчу хьайбанашна тIетоьхча бен барам кхочуш хуьлуш ца хилахь, уьш тIетоьхча барам буьзча хенахь дуьйна дIа цхьа шо далийта деза царна тIера закат дала. Нагахь санна и хьайбанаш йохка-эцарна лелош делахь церан закат йохка-эцарна лелош йолчу хIуманна тIера санна дала деза, мас корта бу хьаьжжина дала ца деза. Цхьа хIума дIасаяхьа, я беш аха, я кхечу гIулкхана лелош долчу хьайбанашна тIера а закат ца догIу,[4] Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – дийцина хьадис долу дела: «Бусалба стагана тIехь дац шен лайна а, говрана а тIера закат далар». [Бухари, Муслим]. 3 – Ялтанаш а, стоьмаш а.Ялтийна тIера а, стоьмашна тIера а закат далар важиб ду дукхах болчу Iелам-нахана гергахь. Цара аьлла болун цуьнан барам пхи «васакъ» бу, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьллачу дашна тIе а доьгIна: «Пхеа «васакъал» лахарчу барам тIехь закат дац» [Бухари, Муслим]. «Васакъ» - кхузткъа сахь хиллал болун барам бу. Цундела ялтанийн а, стоьмийн а закатан барам кхо бIе сахь бу. Цуьнан таханлера барам буьстича иза 653 кийла хуьлу, дикчу кIаца лерича. Ялтийна тIера а, стоьмашна тIера а закат даккхарехь билламе дац цхьа шо дузар, Дала Къуръан чохь аьлла долу дела: ×Аш цуьнан хьакъ дIало (шаьш) и (ялта) чудерзийначу дийнахьØ [Сурат «Ал-АнIам» 141]. Ялтийна а, стоьмашна тIера дала дезаш долчу закатан барам иттолгIа дакъа бу, нагахь санна цунна хитохар хало йоцуш хиллехь. Къа а хьоьгуш, ахча а духкуш кхиийначу ялтанах дала дезарг 5% ду, Делан элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьллачу дашна: «Стиглара а, татолаш чура а, шовданаш тIера а хи а догIуш кхиъначунна тIера, йа ша шен орамашца хи молуш кхиъначунна тIера иттолгIа дакъа ду. Цхьана хIуманна тIехь схьа а дохьуш хи тухуш кхиийначунна тIера иттолгIачу декъан ах дакъа ду». [Бухари]. 4 – Йохкаэцаран са а, йа цунна кечдина долу даьхни а.Бусалба стага мах лело кечйина йолун массо хIума а юкъа йогIу хIокху декъана, цундела хIара дакъа уггар доккха дакъа ду, дукхах долу даьхнин тайпанаш юкъалоцуш долу. Оцу хIуманашна тIера закат догIу ШарIо биллинчу бараме уьш кхачахь. Церан барам шеца лоруш дерг дешин а, детин а бараме церан мах кхачар ду – йа ткъа динар: 85 грамм деши, йа ши бIе дирхIам: 585 грамм дети -. Махлелорна кечдина долу хIума долахь долуш цхьа шо даьллачул тIаьхьа цуьнан мах мел бу хьажа веза, тIаккха барам кхочуш белахь, мискачу нахана уггар гIолий долччу агIор закат даккха деза. Цуьнан мехе хьожучу хенахь и хIума эцна йолчу мехе хьажа ца веза, муххале а, цхьа шо дуьзначул тIаьхьа закат доккху хан тIекхаьчча цуьнан болун мах лара беза. ХIокху декъана тIера дала дезаш долчу закатан барам ша-болчу механ 2,5% ду. Шегахь долчу коьрта ахчанна а, даьхнина а тIетоха еза шена цуьнца махлелийча хилла йолун са. Нагахь санна и са коьрта ахчанна тIетоьхча бен закат тIедожаран барам кхочуш хуьлуш ца хилахь, и тIетоьхча барам кхочуш хиллачу хенахь дуьйна дIа цхьа шо далийта деза цунах закат далархьама. 5 – МаьIданаш а, хазнаш а.А) МаьIданаш: уьш лаьттах хьала мел доккху хIума ду, цу латта бухахь кхоллалуш долу, мехала а долу, орамат а доцу. Цуьнан масала ду: деши, дети, эчиг, цIаста, яхонт, мехкадаьтта, иштта кхин йолу хIума а. Оцу маьIданашна тIера закат догIу, Къуръан тIера аятан юкъарчу маIнийна тIе а доьгIна: ×ХIай Делах тешнарш! Шаьш даьккхинчу дикчу даьхнех сагIа луш хила, Оха шуна лаьттах схьадаьккхинчух а (сагIа ло)Ø [Сурат «Ал-Бакъарат» 267]. Оцу аятан маьIне диллича, шеко яц маьIданаш Дала вайна лаьттах схьадаьхна хилар. Дукхах болчу Iелам-наха маьIданашна тIера закат далар тIедожарна билламе дина церан барам кхочуш хилар. Иштта цара аьлла, церах дIадала дезаш дерг 2,5% ду аьлла, деших-детих долчунах а тар дина. Церах закат даларна билламе дац цхьа шо хан ялар уьш долахь а долуш, цундела уьш керакхачарца тIедужуш ду церан закат. Б) Хазна: Иза бусалба дин дале хьалха лаьттах доьллина хилла, йа иза деанчул тIаьхьа а, хьалха хиллачу керста наха бусалба нехан мехкашкахь, йа шайн мехкашкахь лаьттах дIадоьллина хилла мехала долу хIума ду, шена ша-долчунна тIехь, йа цхьадолчунна тIехь керстаналлин билгало а йолуш долу, церан цIерш санна йолу, йа церан паччахьийн цIерш, йа церан суьрташ, йа жаIарш, йа церан цIуш[5] тIехь долу суьрташ санна йолу. Амма нагахь санна цунна тIехь, йа цунах цхьадолчу хIуманна тIехь бусалба нехан билгало хилахь – Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цIе санна ерг, йа бусалба нехан цхьана паччахьийн цIе, йа Къуръан тIера цхьа аят – иштта билгало тIехь хилахь иза бусалба нехан ян а яйна, тIаккха карийна хIума лоруш ю. Нагахь санна цу тIехь цхьа а билгало ца хилахь – иза пхьегIа хиларца, йа хазаллийна кечдина деши-дети хиларца – тIаккха а иза карийна хIума лоруш ю, дола яккха мегаш а яц дIакхайкхийначул тIаьхьа бен, хIунда аьлча иза бусалба стеган даьхни долу дела, цуьнан долара дIа даьлла лоруш а доцуш долу. Оцу хазнех керста нехан хилар хиъначунна тIера закат догIу, цуьнан пхоьалгIа дакъа. Цунна тешалла ду Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – дийцина хьадис, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Карийначу хазни тIера а пхоьалгIа дакъа догIу». Дукхах болчу Iелам-нахана гергахь цунна тIера пхоьалгIа дакъа догIу, иза дукха хилахь а, йа кIеззиг хилахь а. Иза дIадала езаш йолу меттиг хIонс дIалуш йолу меттиг ю церан. ПхоьалгIа дакъа дIаделлачул тIаьхьа дуьсуш дерг и хазна карийначунна дуьсуш ду, Iумара – Дела реза хуьлда цунна – пхоьалгIа дакъа схьаэцначул тIаьхьа диснарг карийначунна дIаделла хиларна. Закат дIахьажо дезаш йолу меттигаш.Шайна закат догIуш долу нах бархI тайпана бу: 1 – Къе нах бу, шайн дахарехь оьшуш долу хIума ца карош болу, йа цунах оьшург цхьадерг бен доцуш болу. Ишттачу нахана цхьана шарана царна тоъал закатах даьхни дала деза. 2 – Миска нах бу, шайн дахарехь шайна оьшуш долчу хIуманан цхьа ах дакъа гергга дерг долуш болу. ХIокху тайпана берш хьалхарчу тайпанал гIоли бу дахарехь, делахь а, хIокхарна а дала деза закатах цхьадолу даьхни цхьана шарна царна тоьъачал. 3 – Закат тIехь болх бийриш бу. ХIорш и закат дала дезачуьнгара иза схьа а оьцуш, иза лар а деш, тIаккха паччахьан омрунца иза дала дезачунна дIа а луш цу тIехь болх беш берш бу. ХIокху тайпана болчарна цара бинчу балхе хьаьжжина закат юкъара ял ло. 4 – Шайн дегнаш бусалба динна тIедерза герга долу нах бу. Уьш шина тайпана бу: керста нах а, бусалба нах а. - Керста стагана закат тIера даьхни дала мегаш ду нагахь санна цо бусалба дин тIелоцур ду аьлла догдохуш хьал делахь, йа цунна иза делча бусалба нах цуьнан вонах кIелхьара боьвр белахь, йа иштта цунах тера долчу хьолашкахь. Иштта иза дала магар Хьанбалий мазхIабехь ду, ШафиIий мазхIабехь мегаш дац керста-нахана закатах дакъа далар. - Бусалба стагана цу юкъара даьхни ло, цуьнан дин чIагIдалийта, цо дин тIелаьцна дукха хан йацахь, йа и санна волчо дин тIелоцур ду аьлла хеташ хьал делахь, иштта и санна долчу кхечу хьолашкахь. 5 – Лайш бу. Шен элано «ахь шена хIоккхул даьхни лахь ша хьо дIахоьцур ву» аьлла дIа а язвина, дIа дала даьхни а доцуш волу лай ву кхузахь закат догIуш верг. Ишттачу лайна закат юкъара дакъа ло, лай волчара иза паргIат валийта. Цхьа болчу Iелам-наха кхин а магийна, закат юкъара ахчанах лайш эцар, эцначул тIаьхьа уьш дIахецархьама. 6 – Шайна тIехь декхарш дерш бу. Уьш шина тайпана бу: Ша бахьана долуш декхарийла вахнарг а, кхиниг бахьана долуш декхарийла вахнарг а. - Ша бахьана долуш декхарийлахь верг ву, шен сина хьашташ кхочушдархьама декхарийла вахнарг. Цунна закат юкъара дакъа ло, шена тIера декхар дIатакхийта. - Кхиниг бахьана долуш декхарийлахь верг ву, дика хIума дархьама декхарийла вахана верг. Ишттачунна а закат юкъара даьхни ло, цунна декхар тIерадаккхархьама, иза цхьана юкъахь хьалдолуш лоруш велахь а. 7 – Делан некъахь луш а ду закат. Делан некъахь аьлла, юкъарчу маьIнийца аьлча цунах лууш дерг ГIазот ду. Пачхьалкхо луш ял йоцуш, шаьш шайна лаарна гIазот деш болчу тIемалошна закат юкъара даьхни дала деза бусалба нехан ахчанан цIа чура. 8 – Некъахо ву. Иза новкъа ваьлла некъахо ву, шен махка шен цIентIе юхаверза ахча доцуш висна волу. Ишттачунна а закат юкъара ахча дала деза, иза шен махка юхаверзалур волччул. Лекха хинволчу АллахIа хIара бархI тайпана болу нах хьахийна хIокху Шен аятехь: ×СагIа далар догIуш ду къечу нахана а, мискачарна а, цу (закат) тIехь болх бечарна а, дегнаш дин тIедерза герга болчарна а, лайшна а, декхарш долчарна а, Делан некъахь а, некъахочунна а; (царна иза догIуш ду) АллахIера парз хилла; АллахI Хууш а, Хьекъале а вуØ [Сурат «Аттавбат» 60 аят]. Марха достуш луш долу закат. (Сахь даккхар).1 – Сахь даккхаран пайданаш.Сахь даккхаран пайданех ду: марха кхаьбнарг, цуьнгара мархийн баттахь даьллачу вочу къамелах а, эрна къамелах а дIацIанвалийтар; мискачу нахана яа хIума хилийтар; Iийд дийнахь церан хIумма еха езаш цахилийтар. И маьIна долуш Ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цаьршинна – хьадис ду: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – марха дастаран закат парз дина, марха кхаьбнарг цуьнгара мархийн баттахь даьллачу вочу къамелах а, эрна къамелах а дIацIанвалийта, мискачу нахана яа хIума а хилийта». [Абу Давуд, Ибн МажахI]. 2 – Сахь даккхаран хьукм.Иза парз ду хIора бусалба стагна а, зудчунна а тIехь, жимчунна а, воккхачунна а тIехь, маьрша волчунна а, лайна а тIехь. Цунна тешалла ду Ибн Iумара – Дела реза хуьлда цаьршинна – дийцина хьадис: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – парз дина тIедиллира мархи беттан закат далар – хурманийн цхьа сахь далар, йа мекхан цхьа сахь далар – иза парз дира лайна а, маьрша волчунна а тIехь, стагна а, зудчунна а тIехь, жимчунна а, воккхачунна а тIехь, бусалба нахах болчарна тIехь. Цо омру дира иза даккха аьлла, нах Iийд ламазе арабовлале». [Бухари, Муслим]. Кийрахь долчу берана тIера сахь даккхар а мелехь ду. ХIора бусалба стагна тIехь ду шена тIера сахь даккхар а, ша напха латто дезачарна тIера сахь даккхар а – зуда елахь а, йа гергарнаш белахь а. Делахь а, нагахь санна Iийд дийнахь а, буса а шена тоъал яахIума яцахь, я ша напха латто безачарна цу дийнахь-буса тоъал яахIума яцахь сахь даккхар тIехь дац. 3 – Даккха дезачу саьхьан барам.Махкахь уггар дукха юуш йолчу яахIуманах цхьа сахь ду важиб дерг, масала: цхьа сахь кIа, йа мукх, йа хурманаш, йа кишмиш, йа наьхча, йа дуга, йа хьаьжкIаш. Цхьа сахь таханлерчу барамца лерича 2 кила а, 176 грамм а хуьлу. Дукхах болчу Iелам-нахана гергахь дааран метта цуьнан мах бала мегаш дац, хIунда аьлча иза Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – омру динчуьнца догIуш доцу дела, асхьабаша – Дела реза хуьлда царна – динчунна доьхьал а долу дела. 4 – Сахь даккхаран хан.Сахь даккхаран ши хан ю: даккха мегаш йолун хан – Iийд дийнал цхьа де, йа ши де хьалха[6]; даьккхича гIолий долу хан – Iийд дийнахь Iуьйре гучуйолучу хенахь, Iийд ламаз дан хан хилале цхьажимма хьалха. Оцу хенахь даьккхича дика хилар гойту Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – омру дина хиларо, нах Iийд ламазе арабовлале даккха аьлла. Iийд ламазал тIаьхьа даккха мегаш дац иза, хIетте а, цхьамма иза Iийд ламаз динчул тIаьхьа даккхахь цунна цуьнах сагIа хир ду, делахь а иза иштта тIаьхьататтарна къа хир ду цунна. 5 - Саьхьаш дIахьажош йолу меттигаш.Саьхьаш къечу нахана а, юккъарчу хьолехь болчу мискачарна а дIадала дезаш ду, уьш кхечарал совнаха иза дала хьакъ долуш хиларна.
v v v
| ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
[1] «Вакъф» бохург – цхьана хIуманна цIе тоьхна, Дела доьхьа делла хIума ду.
[2] Масала, дешин барам 85 грамм хилча, тIаккха цхьаьнгахь 100 грамм деши хилча, цо цунах 2,5% закат дала деза, 2,5 грамм деши хуьлу иза.
[3] Парз а доцуш, вуьшта шена мелана сагIа даккха цунна лаахь, иза доккхур ду цо, амма парз сагIа – закат – дац цунна тIехь оцу барамал кIеззиг хилахь.
[4] Масала, стерчий хуьлу охуна дан лелош, йа дечке дуьгуш, йа кхечу гIулкхана лелош.
[5] ЦIу – иза жаIарш а, тIулгаш а, дитташ а, йа иштта кхин йолун хIумнаш а ю, наха шайна сужуд деш, йа шайгара гIо доьхуш, шайна Iибадат деш йолу.
[6] Мархин бутт дIаболабеллачул тIаьхьа муьлхха хенахь а даккха мега иза.