|
|
|
Исламан арканаш
ШолгIа рукн –
Ламаз дар. _________________________________________________
Шен маьIна доккха хиларехь
а, шен тешалла чIогIа кхетаме билгал
хиларехь а уггар коьрта лоруш ду ламаз. Бусалба дино боккха тидам тIебахийтина ламазна, доккха маьIна а делла цунна. Бусалба дино довзийтина цуьнан
дозалла а, кхечу
Iибадаташна юкъахь йолу цуьнан меттиг а, иза Далла а,
Цуьнан лайна юкъахь йолу зIе хилар а, оцу
ламазца хаалуш хилар а лайно шен Делан омрунаш мел лардеш ду.
Ламазан маьIна:
Iаьрбийн
маттахь ламаз - «Ассолату» бохург доIа боху маьIна долуш ду. Оцу
маьIнийца Дала Къуръан чохь аьлла:
×ДоIа де ахь царна,
бакъдолуш, хьан доIа царна синтем (а, къинхетам а) буØ [Сурат «Ат-Тавбат» 103].
ШариIатехь ламаз –
«Ассолату» - бохучуьнан маьIна иштта ду:
Иза
Iибадат ду,
шена чохь къастийна дешнаш а,
Iамалш а йолуш
долу, такбúраца дIа а долош, салам
даларца чекх а долуш долу.
Къастийна дешнаш бохучун маьIна: такбир а, къуръан дешар а, тасбихь дар а, доIа дар а, иштта кхин уьш санна дерг а бохург ду.
Къастийна
Iамалш бохучун маьIна: дIахIоттар а, рукуI дар а, сужуд
дар а, охьахаар а иштта и санна долу кхин долу хIумнаш а бохург ду.
Пайхамаршна а,
элчанашна а – Делера салават а, салам а хуьлда царна – гергахь ламаз лараме хилар.
Ламаз вайн Пайхамарал – Делера салават а, салам
а хуьлда цунна – хьалха хиллачу стиглара схьа деллачу динашна а тIедожийна хиллачу
Iибадатех
лоруш ду. Масала, хIара ИбрахIим-пайхамар
ву – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шен Деле доьхуш, шега а, шен тIаьхьене а и ламаз дайтар:
×Сан Дела! Со хилийта Ахь ламаз деш, сан зьурет (тIаьхьло) а (хилийта Ахь иштта, ламаз дечарех)Ø [Сурат «ИбрахIим» 40 аят].
ИсмаIил-пайхамар а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна
– хилла шен охIлунга ламаз дарца омру деш:
×Иза вара омру деш ламазца а, закатца аØ [Сурат «Марйам» 55 аят].
Лекха
хинволчу Дала аьлла, Муса-пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна
– вист хуьлуш:
×Баккъалла а, Со АллахI ву, Со воцург кхин Дела вац хьуна; ткъа ахь суна
Iибадат де, Со хьахош ламаз а деØ [Сурат «ТIахIа» 14 аят].
Кхин а Дала
Шен пайхамаре
Iийсага а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –
весет дина цуьнца. Иза вайна гойту хIокху Делан
дашо,
Iийсана аьлларг дуьйцуш долчу:
×Со миччахь хилахь а декъала хилийтира Цо (АллахIа) со, со дийна мел ву ламаз де аьлла весет а дира Цо
соьгаØ [Сурат «Марйам» 31].
Дала ламаз вайн Пайхамарна – Делера
салават а, салам а хуьлда цунна – парз дина тIедиллина стигланашкахь, "исраъ" а, "миIрадж" а –
Буьйсанна дIавигар а, Стигала хьалаваккхар а – аьлла цIе йолчу буса. Доьххьара иза парз динчу хенахь шовзткъе
итт ламаз хилла, цул тIаьхьа сийлахь цIена а,
лекха
а волчу Дала дайдина иза пхеа ламаз тIекхаччалц,
ткъа, вай дечу хенахь пхиъ бен дац уьш,
делахь а
мел хиларехь шовзткъе итт
санна ду уьш.
И вайна тIехь парз долу пхи ламаз массо бусалба нехан бартаца хIорш ду:
Iуьйра ламаз,
делкъа ламаз, малхбуза ламаз, маьркIижа ламаз,
пхьуьйра ламаз а. Уьш иштта хилар массо бусалба нехан барт хиларца сецна ду.
Ламаз дан
дезаран тешаллаш.
Ламаз дан
дезар дуккха а тешаллашна тIедоьгIна чIагIделла ду, церах цхьадерш хIорш ду:
Доьххьарниг
– Къуръан тIера тешаллаш.
Лекха
хинволчу Дала аьлла:
×Аш ламаз а дойла, закат а лойлаØ [Сурат «Ал-Бакъарат» 43 аят].
Кхин а аьлла
лекха хинволчу АллахIа:
×Бакъдолуш, ламаз, (Делах) тешаш болчарна шен-шен хенахь
(дан дезар) яздина тIедоьжна хилла дуØ [Сурат «Ан-Нисáъ» 103 аят].
Кхин а аьлла
лекха хинволчу Дала:
×Царна омра дина дацара АллахIана
Iибадат де аьлла бен,
динлелор цIенчу даггара Цуьнан доьхьа долуш, хьанифаш (ИбрахIиман дин тIехь АллахIана цхьанна
Iибадат деш
берш) санна, ламаз а де, закат а ло аьлла а бенØ [Сурат «Ал-Баййинат» 5 аят].
ШолгIаниг –
Суннатера тешаллаш.
1 – Ибн
Iумара – Дела реза хуьлда цунна – дийцина хьадис ду,
Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла:
«Бусалба дин
пхеа хIуманна тIедоьгIна ду: АллахI воцург кхин
дела а вац аьлла, Мухьаммад Цуьнан элча а ву аьлла тешалла дарна а, ламаз
дарна а, закат даларна а, хьаьжи цIен тIе хьадж дарна а, Рамадан бутт марха кхабарна а». (Шина
шейхо Бухарис а, Муслима дийцина иза).
2 – ХаттIабан кIанта
Iумара – Дела реза хуьлда цунна – дийцинчу хьадис юкъахь
деана ду Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –
элира аьлла:
«Ислам – иза
ахь тешалла дар ду АллахI воцург кхин
дела а
вац, Мухьаммад Цуьнан элча а ву аьлла, ахь ламаз дар а ду, ахь закат
далар а ду, ахь мархи бутт кхабар а ду, хьажи цIен тIе хьадж дар а ду нагахь санна хьайн некъаца ваха ницкъ
кхачахь…» (Муслим).
3 – Ибн
Iаббаса – Дела реза хуьлда цунна – дийцина хьадис ду,
Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – МуIаз Йемене вохуьйтучу хенахь, цуьнга элира
аьлла:
«Ахь уьш
кхайкха АллахI воцург кхин дела а вац аьлла, Мухьаммад цуьнан элча а
ву аьлла тешалла даре. ТIаккха, нагахь санна
цара ахь бохург а дина и тешалла дахь, ахь царна хаийта Дала царна тIе пхи ламаз диллина хилар хIора дийнахь а, буса а.…» (Бухарис а, Муслима а дийцина
ду и хьадис).
КхоалгIаниг: Массо
Iелам-нехан
хилла болчу бертан тешалла.
Берриг
бусалба нехан барт хилла хIума
ду пхи ламаз дан
дезаш хилар а, ламаз бусалба динан парзех цхьа парз хилар а.
Ламаз даран пайда а, цуьнан маьIна а.
Ламаз вайна тIедиллина ду цхьацца пайданашна а, къайленашна а. Церах
цхьаерш хьахор ю вай кху лахахь:
Адам,
сийлахь цIена а,
лекха а волчу АллахIан лай дуй
а, иза Цуьнан
долахь дуй а
хаийтар. Ламаз дарца хаало адамана ша Делан лай хилар, цундела иза даим ша
Кхоьллинчуьнца - сийлахь цIена а,
лекха а ву
Иза – дозуш хуьлу, даим Иза дагахь волуш хуьлу.
Ламазо Далла а, ламаз деш волчунна а
юкъахь йолу зIе чIагIйо, иза даим Дела хьехош хуьлуьйту.
Ламазо вочу хIуманах а, къинойх а вуха туху ламаз дийриг.
Къинойх а,
гIалатлонех а стаг дIацIанвеш дерг а ду ламаз. Иза иштта хилар вайна гойту
IабдуллахIан кIанта Жабира – Дела реза хуьлда цаьршинна – дийцинчу
хьадисо, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла:
«Ламазаш тера
ду шух цхьанне уьйтIахула охьадоьдучу хих, хIора дийнахь пхоьзза шу цу чохь луьйчуш долуш санна» (Муслим).
Ламаз дагна синтем а, синна паргIато а ю. Синан цIеналлийна
Iаткъам беш долчу
вонех и са кIелхьара доккхуш дерг а
ду ламаз. Цундела Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – синпаргIато луш долу
бахьана хилла
иза, шена цхьа хIума дазделча ламазе воьрзуш хилла иза – Делера салават
а, салам а хуьлда цунна –, цундела олуш хилла цо:
«ХIай Билал!
(Азан а дей,) садаIийтахь вайга ламаз дойтуш». (Ахьмад).
Хьанна тIехь ду ламаз
дар?
Ламаз дар тIехь ду хIора бусалба стагана, пхийттара ваьлла а волчу, хьекъал
чохь а волчу. Стагана а, зудчунна а цхьатерра тIехь ду ламаз дар. Керста стагана тIехь дац иза, йа вуьшта аьлча, кху дуьненахь цуьнга иза
де алар тIехь дац иза шен керстаналлий чохь мел ву, хIунда аьлча иза цо дичи а нийса ца хуьлу дела иза керста
мел ву, делахь а, эхартахь
Iазап хир ду цунна
цуьнах, бусалба дин тIе а лаьцна иза ше дан ницкъ кхоччушехь ца дина дела. Иза
иштта хилар вайна гойту лекха хинволчу Делан дашо:
×(Цаьрга эр ду:) Шу жоьжахати чу хьа дигна? Цара эр ду:
Тхо дацара ламаз деш болчаьрца. Тхо дацара мискачунна даар луш. Тхо дара
(харцонна) чуиэгаш, чуиэгачаьрца. Тхо дара харц деш бекхам баран де. Тхайга
кхаччалц баккъалла а долуш дерг (валар)Ø [Сурат «Ал-Муддассир» 42-47 аяташ].
Кхин а, ламаз дар тIехь дац берана, хIунда аьлча
Iибадат тIедожаран
билламаш цуьнгахь кхочуш боцу дела. Иштта иза тIехь дац кхетам чура ваьллачунна (коьртана галваьллачунна). Кхин а иза тIехь дац беттан денош лардеш йолчу зудчунна а, бер
динчул тIаьхьа долу денош лардеш йолчу зудчунна а,
къаьсттина цу деношкахь.
ШариIато цаьршинна тIерадоккху ламаз
дар,
цаьршинца иза дан цамагош долу бахьанаш хиларна.
Жимачу
беран - хуьлийла иза кIант, йа йоI
- дéна, йа цуьнан метта волчунна тIехь ду бере ламаз де олуш омру дар ворхI шаре иза кхаьчча, цул тIаьхьа итт шо кхаьчча цо ламаз деш
ца хилахь меллаша тоха а еза цо берана, хьадисехь деана ма-дарра, ламаз цунна
марздалийта а, цуьнга цуьнан тидам байта а.
Ламаз
дитинчуьнан хьукм.
Ламазана керста деш, цунна доьхьал ваьлларг бусалба динера иза аравоккхуш долу керстаналла дина лоруш ву.
Бусалба дин
Iад а дитина, бусалба динера араваьлла стаг лоруш ву
иза,
Дала шена тIедиллинарг
Iаддитарца иза Далла
Iеса хилла дела. Цундела цунна тIедожадо тоба дар, ткъа нагахь санна тоба а дина,
ламаз дан иза дIаволалахь - бусалба вуьссуш ву иза, амма цо тоба а ца
дахь, ламаз дан юха дIа а цаволалахь - бусалба динера араволуш ву иза, керста
стаг хуьлуш ву цунах. Иза иштта хилча, иза лийчо а ца мега, йа цунна марчо хьарчо
а ца мега, йа докъа ламаз дан а ца мега, йа бусалба нехан кешнашка дIаволла а ца мега, иза бусалба нахах воцу дела. Ламазан билламаш.1) Бусалба хилар; 2) Хьекъал чохь хилар;
3) ХIума къасто хууш хилар; 4) Ламазан хан тIехIоттар; 5) Къилбехьа верзар; 6) Iаврат дIакъовлар. Стеган Iоврат цIонгана тIера когийн голаш тIе кхаччалц ду, зудчуьнан Iоврат ши куьг а, юьхь а йоцург кхин долу дерриге дегI ду, цундела иза дIахьулдина хила дезаш ду; 7) Ламаз деш волчуьнан духар тIера а, цуьнан дегIа тIера а, ламаз дечу меттера а наджас (цIена йоцу хIума, боьхалла) дIаяккхар; 8) ЦIано яр. ХIокху билламо чулоцу: ламаз эцар а, джанабатах (зудчуьнца гIулкх хиларх) цIанлуш лийчар а. Ламазан хенаш.1 – Делкъа ламазан хан: Малх стигал юккъера малхбузехьа жимма дехьабаьлча дуьйна дIайолалой, цхьана хIумана IиндагIан дохалла цу хIуманан йохаллех терра дIанисдаллалц ю. 2 – Малхбуза ламазан хан: Делкъа ламазан хан дIаяьллачул тIаьхьа дуьйна дIайолалой, цхьана хIумана IиндагIан дохалла оцу хIуманан шозза йохалле кхаччалц ю; малх цIийбала болалун хан а ю иза.[1] 3 – МаьркIижа ламазан хан: Малх чубуьзчначул тIаьхьа дIайолалой, маьлхан цIе зIаьнарш а, малх чубуьзча хуьлуш йолу цIелла а дIаяллалц ю. 4 – Пхьуйра ламазан хан: МаьркIижа хан дIаяларца дIайолалой, Iуьйра ламазан хан хиллалц ю. 5 – Iуьйра хан: ШолгIа сатасар дIадоладелча дIайолалой, малх гучубала болабаллалц ю. Оцу хенашна тешалла ду IабдуллахI ибн Iамра – Дела реза хуьлда цунна – дийцина хьадис, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Делкъа ламазан хан малх стигал юккъера малхбузехьа жимма дехьабаьлча, адаман IиндагIан дахалла цуьнан дахалле кхаьчча дуьйна схьа, малхбуза хан кхаччалц ю. Малх буза хан малх цIий бала болабаллалц ю. МаьркIижа ламазан хан цIелла къайлаяллалц ю. Пхьуьйра ламазан хан буьйса юккъе яххалц ю. Iуьйра ламазан хан малх хьалабаллалц ю, ткъа нагахь санна малх хьалабалахь (суннат) ламаз ма де». (Муслим). Ламазан ракаIаташ.Массо парз ламазийн ракаIаташ дерриге вуьрхIийтта ракаIат ду. ХIокху кепехь ду уьш хIора ламазехь:
1)
Делкъа ламаз
диъ ракаIат ду;
2)
Малхбуза
ламаз диъ ракаIат ду;
3)
МаьркIижа ламаз кхо ракаIат ду;
4)
Пхьуьйра
ламаз диъ ракаIат ду;
5)
Iуьйра ламаз ши ракаIат ду.
Нагахь санна цхьамма шена хаа а хууш хIокху ракаIател
совдаккхахь, йа эшадахь цуьнан ламаз галдолу. Нагахь санна
цо иза
вицвелла динехь, вицваларан сужуд дичахьана дIанисло.
ХIара вай
дийцина ракаIаташ некъахочуьнан ламазехь доцурш ду. Некъахочунна мелехь
ду диъ ракаIат долу ламаз шина ракаIате дацдар. Бусалба стагана тIехь ду хIара ламазаш шен-шен хена чохь дар, ШарIехь къобул деш долчу бахьанашца ламаз тIаьхьадуьссуш дацахь, масала: наб кхетта висар, вицвелла висар, некъавоьдуш волуш шолгIачу ламазна т |