Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Исламан арканаш

 

ПхоьалгIа рукн – Хьаьжи цIа вахар

 

Хьадж дар бохучуьнан маьIна

Хьаьжи цIа вахаран хьукм

Хьадж даран дозалла а, цуьнан пайданаш а

Хьадж дар парз хиларан билламаш

Кхечунна тIера хьадж дар

Хьадж маца дан дезаш ду: ницкъ ма-кхаьччинехь дан деза, йа жимма тIаьхьататта а мега иза?

Ихьрам дехкаран куц

Ихьрам дихкича дан ца мегаш долу хIуманаш

Хьадж даран арканаш а, церан тешаллаш а

Хьадж даран вáжибаш

Хьадж даран сифат

 
____________________________________________________
 
Хьадж дар бохучуьнан маьIна.

Iаьрбийн маттахь «Алхьадж» бохучу дешан маьIна – Iалашо а, цхьана метте кхача лаар а бохург ду.

Хьадж даран ШарIехь долу маьIна иштта ду: Макка ваха Iалашо хилар, хьадж тIерадаккхархьама, шен сифатца а, шен хенахь а, шен билламашца а.

  
   Хьаьжин цIа вахаран хьукм.

Массо а бусалба уммата барт хилла бу шен ницкъ кхочуш волчунна шен дахарехь цкъа хьаьжин цIа вахар парз ду аьлла. Иштта церан массеран а барт хилла Хьадж дар Исламан пхеа баххех цхьа бух хиларна тIехь. Лекха хинволчу АллахIа аьлла:

[АллахIан (хьакъ) ду нахана тIехь - цара хьадж дар, шайх новкъа ваха ницкъ кхаьчначо[1], ткъа нагахь цхьамма иза керста дахь – (цунна хаийла) АллахI Iаламера хIума оьшуш ца хилар] (Сурат "Áл-Iимран" 97 аят).

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:

«Ислам пхеа хIуманна тIедоьгIна ду: АллахI воцург кхин Дела а вац аьлла, Мухьаммад Цуьнан элча а ву аьлла тешалла дарна а, ламаз дарна а, закат даларна а, Рамзана бутт марха кхабарана а, Делан ЦIентIе хьадж дарна а». (Бухари, Муслим).

Кхин а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –:

«ХIай адамаш! Бакъдолуш, АллахIа шуна тIехь парз дина (Шен) ЦIентIе хьадж дар, цундела хьадж де!» (Муслим).

  
   Хьадж даран дозалла а, цуьнан пайданаш а.

Хьаьжин цIа вахаран дозаллех лаьцна дукха аяташ а, хьадисаш а ду даьхкина. Церах цхьадерш хьахор ду вай:

Лекха хинволчу Дала аьлла:

[ДIакхайкхаде нахана хьадж дар: уьш (муъма нах) богIур бу хьуна гIаш а‚ массо озачу (говрана а, эмкална а) тIехь а‚ шаьш йогIуш йолчу массо генарчу меттигашкара. (Уьш богIур бу) тешалла дан, шайна хир болчу пайданашна‚ Делан цIе а хьехаян цхьана билгалчу деношкахь‚ Цо шайна рицкъанна делла долчу хьайбанна тIехь (гIурбанна иза дуьйш)…] [Сурат «Ал-Хьадж» 27-28 аяташ].

Хьадж дарехь массо а бусалба нахана даккхий дуьненан а, эхартан а пайданаш ду. Масала цу чохь гуллуш ду тайп-тайпана Iибадаташ – КаIбатана гонаха тIаваф дар а, Сафа-ломана а, Марват-ломана а юкъахь СаIйу дар а, Iарафатехь а, Минахь а, Муздалифатехь а хан яккхар а, тIулгаш кхиссар а, Минахь буьйсанаш яхар а, хьаьжин цIахь дуьйш долу хьайба дер а, корта дIабашар а, дукха Дела хьехор а – и ша-дерг Далла герга кхачар доьхьа деш ду, Цунна муьтIахь хилар а гойтуш, Цуьнга хьаставаларца верза а воьрзуш. Цундела, и ша-дерг шена чохь цхьанакхетта долу дела хилла ду иза уггар даккхийчу бахьанех, ялсамани чувахарна а, къиношна гечдарна а. Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, шена хезира аьлла, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – олуш:

«ХIокху ЦIентIе хьадж динарг – нагахь санна цо шегара вон къамел а ца далийтахь, къинош а ца довлийтахь – шен нанас винчу хенахь ма-хиллара къинойх цIанвелла юхавоьрзур ву». (Бухари, Муслим).

Кхин а дийцина цо – Дела реза хуьлда цунна – Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла:

«Цхьа Iумрат кхечу Iумрат тIекхаччалц йолчу юкъана каффарат ду, къобал дина долчу хьаджан бекхам ялсамани бен яц». (Бухари, Муслим).

Кхин а аьлла Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна –:

«Делан Элчане – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –  хаьттинера: «Уггар еза Iамал муьлхург ю?» - аьлла, тIаккха цо элира: «Делах а, Цуьнан Элчанах а тешар ду». Юха а хаьттира цуьнга: «Цул тIаьхьа муьлхург ю?» - аьлла. ТIаккха цо элира: «Делан некъахь ГIазот дар ю». Юха а хаьттира цуьнга: «Цул тIаьхьа муьлхург ю?» - аьлла. Цо жоп делира: «Къобал дина долу хьадж ду». (Бухари, Муслим).

IабдуллахI ибн МасIуда дийцина – Дела реза хуьлда цунна – Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –  элира аьлла:

«Хьадж дар а, Iумрат дар а цхьанахIуттуш хила шу, бакъдолуш, цаьршимма къелла а, къинош а дIадоху шуна, куьрко эчигна а, детина а, дешина а юкъара боьха хIума дIадоккхуш санна. Бакъдолуш, къобал дина долчу хьаджан мел ялсамани бен яц шуна». (Тирмизий).

Хьаьжин цIа вахаран пайданех ду гена-генарчу меттигашкара бусалба нах Далла уггар дукхаезачу меттехь цхьанакхетар а, уьш вовший бовзар а, дикчу хIуманна а, Делах кхерарна а тIехь цара вовший гIо дар а, олучу дашехь а, деш долчу зикрехь а, еш йолчу Iамалшкахь а уьш берриг цхьатера хилар а. Иштта оцу хIумнаша бусалба нахана хьехам а, кхетам а ло, уьш массо хIуманна тIехь цхьаьна хилабезарна – кхетамашца а, Iибадаташца а, Iалашонашца а, некъашца а. Бусалба нах иштта цхьанакхетарца уьш вовший бовза а боьвза, герга а боьлху, вовшийн хьал-де хаттарца самукъа а долу цера. И маьIна долуш ду Лекха хинволчу Дала Къуръан чохь аьлларг:

[ХIай адамаш! Оха шу кхоьллина стагах а, зудчух а; Оха шух дина (тайп-тайпана) къаьмнаш а, тайпанаш а шу вовший довзийта; баккъалла а, шух Далла гергахь уггар сийлахь верг (Цуьнах) дукха кхоьруш верг ву; бакъдолуш, Дела хууш а, доьвзаш а ву] [Сурат «Ал-Хьуджурат» 13 аят].    

  
   Хьадж дар парз хиларан билламаш.

Iелам-нахана юкъахь цхьа а хилпало яц хьадж даран пхи биллам хиларца: бусалба хилар а, хьекъал чохь хилар а, пхийттара ваьлла хилар а, маьрша хилар а, ницкъ кхачар а.

Зудчуьнан совнаха биллам бу, цуьнца новкъа ваха цуьнан гергарчу божарех цхьа стаг хилар. Цунна тешалла ду Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – дийцинчу хьадисехь аьлларг:

«Делах а тешаш, Къемат дийнах а тешаш йолчу зудчунна мегаш дац цхьана дийнахь некъ бан шеца шен уллера гергара стаг а воцуш». (Бухари, Муслим).

И билламаш Iелам-наха кхаа декъе беккъа:

Хьалхара дакъа: важиб хиларан а, хьадж нийса хиларан а ши биллам бу – бусалба хилар а, хьекъал чохь хилар а. Цундела, керста динчу стагна а,  хьекъал чохь воцчу стагна а хьадж тIехь а дац, цаьршима хьадж дича нийса хуьлуш а дац, хIунда аьлча и шиъ Iибадатан охIлу воцу дела.

ШолгIа дакъа: важиб хиларан а, хьадж тIерадаларан а ши биллам бу – пхийттара ваьлла хилар а, маьрша хилар а. ХIара ши биллам хьадж нийса хиларан ши биллам бац, цундела, йа беро хьадж дича, йа лайно хьадж дича цаьршинан хьадж нийса хуьлу, делахь а, бусалба дино тIедиллина долу хьадж тIера ца долу цаьршинна.  

КхоалгIа дакъа: хьадж важиб хиларан цхьа биллам бу – хьадж дан ницкъ кхачар. Цундела, ша ницкъ кхочуш воццушехь, чIогIа йоккхачу халонца, яахIума а йоцуш, йа тIехиъна дIаваха хIума а йоцуш цхьаммо хьадж дахь иза нийса а, кхочуш а хуьлу, делахь а, доьххьара дуьйна тIехь дацара цунна иза, иза ницкъ кхочуш ца хиларна.

  
   Кхечунна тIера хьадж дар.

Iелам-нахана юкъахь цхьа а хилпало (къастам) яц хьадж дан таро а йоцуш цхьаъ хьадж а ца деш дIакхалхар нислахь, хьадж даран парз цунна тIерадолуш хиларна тIехь. Амма шен таро йоллушехь, иза дан а ца деш веллачунна тIера долу иза, йа ца долу? Iелам-нехан дешнех нийса дерг – Даламукъалахь – иза тIерадолуш цахилар ду. Веллачу стеган, йа еллачу зудчун верасашна а, уллерчу гергарчарна а тIехь ду оцу веллачунна тIера цуьнан даьхнийца хьадж дар – веллачо иштта де аьлла весет динехь а, йа ца динехь а -. И хьадж дар оцу веллачунна тIедоьжна лаьтташ ду, цуьнан таро хилчахьана дуьйна, кхин долу декхарш санна. Цуьнан тешалла ду Ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цаьршинна – дийцина хьадис, цхьана зудчо хьадж дан чIагIо йина хиллера аьлла, тIаккха иза дале елла хиллера иза аьлла. ТIаккха цул тIаьхьа оцу зудчун ваша веана хилла Пайхамар волчу – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тIаккха цо цуьнга хьаттина шен йишас йинчу чIагIонах лаьцна. ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла цуьнга: «Хьайн йишийна тIехь декхар хилча иза дIалур дарий ахь?» Цо жоп делла,  лур дара ша аьлла. ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:

 «Делан декхар а тIерадаккха делахь, Иза кхин а чIогIа хьакъ долуш ву Шен декхарш дIадала». Насáийс дийцина и хьадис.

  
   Шена тIера хьадж даза волчо кхечуьнна тIера хьадж дан мега, йа ца мега?

ХIокху хаттарна нийса долу жоп ца магар ду. Цкъа хьалха шена тIера хьадж а ца деш, кхечунна тIера хьадж дан мегаш дац. Цунна тешалла ду гIарадаьлла доьвзаш долу хьадис. Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьана стага «Лаббайка Iан Шубрумата»-«Шубруматана тIера хьадж доьхку ас» олуш хезза хилла. ТIаккха цо хаьттина цуьнга: «Шубрумат мила ву?» Иза шен ваша ву, йа цхьа гергара стаг ву аьлла жоп делла цо.[2] ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хаьттина: «Хьайна тIера хьадж диний ахь?» Вукхо: «Ца дина» - аьлла. ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла цуьнга: «Цкъа хьайна тIера хьадж де, тIаккха Шубруматана тIера а хьадж дер ахь». (Ахьмад, Абу Давуд, Ибн МáджахI, БайхIакъий).

Кхечунна тIера хьадж дан магарна юкъадогIу, шен дегIаца гIийло лаьтташ, дIасалела ницкъ ца кхочуш волчунна тIера хьадж дан магар. Цуьнан тешалла ду Фадл ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цаьршинна – дийцина хьадис. Цу хьадисехь деана ду, ХасIам-тайпанара цхьана зудчо аьлла хиллера аьлла: «ХIай Делан Элча! Дала Шен лайшна хьадж даран парз тIедиллар сан да къена волчу хенахь, иза цхьана хIуманна тIехиъна Iа ца валлал хьолехь волчу хенахь нисделлера, цунна тIера хьадж дан мегар дуй суна?» Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цунна жоп делла: «ХIаъ, мегар ду». ХIара хаттар хилла хан Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тIаьххьара хьадж де хан хилла. (Бухари, Муслим).

  
  
Хьадж маца дан дезаш ду: ницкъ ма-кхаьччинехь дан деза, йа жимма т
I
аьхьататта а мега иза?

Iелам-нехан дешнех гIолий дерг – Дала мукъалахь – иза шен ницкъ ма-кхаьчча дан дезар ду, иза важиб хиларан билламаш кхочуш хиларца. Иза иштта хилар гойтуш ду хIокху аятийн юкъара маьIна:

  [АллахIана (хьакъ) ду нахана тIехь - цара хьадж дар, шайх новкъа ваха ницкъ кхаьчначо] [Сурат «Áл-Iимран» 97 аят].

 [Аш кхоччуш долу хьадж а, Iумрат а де, Делан доьхьа] [Сурат «Ал-Бакъарат» 196 аят].

Ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цаьршинна – дийцинчу хьадисехь а деана ду Делан Элчан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дош:

«Парз хьадж дан сихо йе аш, бакъдолуш, шух цхьанна а ца хаьа шена тIе хIун хIутту» (Абу Давуд, Ахьмад, Хьаким).

  

   Хьадж даран арканаш [3].

Хьадж даран арканаш диъ ду: [4]

1)      Ихьрам (Ниййат дар, хьадж дехкар).

2)      Iарафатехь хан яккхар.

3)      Ифадат тIаваф дар.

4)      Сафа-ломана а, Марват-ломана а юкъахь дIасавахар.

ХIара арканаш массо кхочуш хиларца бен хьадж кхочуш хуьлуш дац.

ХIинца хIора рукн а, цунна юкъадогIу хьукманаш дуьйцур ду вай.

   Хьалхара рукн: Ихьрам (Ниййат дар, хьадж дехкар).

- Ихьрам дехкар бохучун маьIна: иза хьадж даран Iамалш йан дIаволавала ниййат дар ду.

- Ихьрам дехкаран хан а, меттигаш а.

Ихьрам дехкаран хан – хьадж даран беттанаш ду, Лекха хинволчу Дала шайх лаьцна хIара аят доссийна долу:

[Хьадж даран девзаш долу беттанаш ду] [Сурат «Ал-Бакъарат» 197 аят]. 

И беттанаш хIара кхоъ бу: Шаввал, Зул-КъаIдахI, Зул-ХьидджахI.

Ихьрам дехкаран меттигаш хьадж дан лууш верг ихьрам а ца доьхкуш шайл тIехвала ца мегаш долу пхи доза ду:

1 – «Зул-ХьулайфахI». ХIинца цуьнан йоккхуш йолу цIе «Áбáр Iалий» ю. Мединатан охIлун доза ду иза. Маккийна 336 километар генахь ю и меттиг.

2 – «Ал-ДжухьфахI». Иза цхьа юрт ю, цунна а, ЦIечу хIурдана а юкъахь 10 километар юкъ ю. Маккийна 180 километар генахь ю и меттиг. Мисран а, Шéман а, МагIрибан а охIлун а, церал тIехьа болчу Андалусан охIлун а, Европерчу нехан а доза ду иза. Тахана хьадж дан богIуш болчара «РóбигI» олучу меттехь доьхку Ихьрам, хIунда аьлча и шиъ ул-уллехь йолу дела.  

3 – «Йаламлам». ХIинца цуьнан йолу цIе «СаIдиййахI» ю. «ТихIáмат» олучу меттехь долчу лаьмнех цхьа лам бу иза. Маккийна 72 километар генахь ю и меттиг. Йеменан охIлун а, Индонезин а, Индин а, Китайн а охIлун а доза ду иза.

4 – «Къарнул Манáзил». ХIинца цуьнан йолу цIе «Ассайлул кабúр» ю. Маккийна 72 километар генахь ю иза. Наждера а, ТIáифера а схьабогIучеран доза ду иза. 

5 – «Зáту Iиркъ».  ХIинца «ДарúбахI» олу цунах. Иза цхьа жимо лам бу. Маккийна 72 километар генахь бу иза. Малхбузен охIлун а, Iиракъан охIлун а, Ирана охIлун а доза ду иза.

И меттигаш дозанаш ду, хьадж дан, йа Iумрат дан лууш верг ихьрам а ца доьхкуш шайл тIехвала ца мегаш долу. И меттигаш Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – билгал яьхна ю. Ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цаьршинна –  ша дуьйцучу хьадисехь аьлла:

«Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Мединатан охIлунна доза туьйхира “Зул-ХьулайфахI”, Шéман охIлунна доза туьйхира “Ал-ДжухьфахI”, Наждан охIлунна доза туьйхира “Къарнул Манáзил”, Йеменан охIлунна доза туьйхира “Йаламлам”. И дозанаш оцу меттигашкара богIучарна а ду, цигара а боцуш, оцу дозанашкахула чекхбовлуш болчарна а ду, хьадж дан а лууш, йа Iумрат дан а лууш болчарна. Нагахь санна оцу дозанел чоьхьа хилахь, цо миччара дIадоладахь а мегаш ду цунна, Маккий охIлунна а Маккара дIадоло мегаш ду». (Бухари, Муслим).

Муслима Жабирера схьа дийцина кхин цхьа хьадис а ду, – Дела реза хуьлда цунна –: «Iирáкъан охIлун доза “Зáту-Iиркъ” ду».

Нагахь санна цхьаъ нисса оцу меттигашкахула дIавоьдуш ца хилахь, цо ихьрам дехка деза церах шена уггар уллехь нисйеллачу меттера. Кеман тIехь волчо а ша оцу дозанех цхьана дозанна тIекхаьчча ихьрам дехка деза, ша кеман тIехь а волуш, ша Джидде аэропорте дIакхаьчча доьхкур ду ша аьлла тIаьхьататта а мегар дац иза, цхьаболчу хьаьжоша ма-дарра. Иза Джиддехь дехкархьама тIаьхьататта мегар дац, хIунда аьлча Джидда цу чохь Iаш болчу нахана бен доза доцу дела, цара бен цигара дIа хьадж а, Iумрат а дехка мегаш доцу дела. Ткъа нагахь санна цхьамма Джиддехь Iаш а воцуш, цигахь ихьрам дехкахь, цо хьадж даран арканех цхьа рукн дитина хуьлу, цундела цо уьстагI бен беза.

Нагахь санна цхьаъ кеманца а воцуш, ихьрам а ца доьхкуш оцу дозанел тIехвалахь, иза вухаван веза. Вуха а ца вогIуш, цо кхечу меттера ихьрам дехкахь цунна а тIедужу уьстагI бер, йа аьттан ворхIалгIа дакъа эцар, тIаккха и жижиг Маккара мискачу нахана дIасадекъар, цунах хIумма яа а ца юуш.

 
   Ихьрам дехкаран куц. 

Ихьрам дехкале цунна кечвалар мелехь ду, лийча а луьйчуш, цIан а луш, шена дIаяккха мегаш йолу мас дIа а йоккхуш, шен дегIах IатIар а тухуш. Борша-стага ша ихьрам дехкале тIера дIаяккха еза тегна йолу хIума, тIаккха цо тIеюха еза кIайчу кIадин цIена ши кийсак.

Ихьрам дехкаран цIе йолуш ламаз дар тIехь дац[5],  делахь а, нагахь санна парз ламаз хан тIехIоьттина хилахь, иза дан а дина, цул тIаьхьа дехка мегар ду, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ламазал тIаьхьа хьадж дихкина дела. Ихьрам доьхкучу хенахь стеган бакъо ю кхаа кепара долчу хьаджах цхьаъ дехка: йа «ТаматтуI», йа «Къирáн», йа «Ифрáд».

 - «ТаматтуI» бохург хьадж даран беттанашкахь цкъа хьалха Iумрат а дихкина, иза дан а дина, тIаккха оццу шарахь хьадж дехкар ду.

 - «Къирáн» бохург Iумрат а, хьадж а цхьаьна дехкар бохург ду, йа Iумрат а дихкина, тIаккха ша Iумратан тIаваф дале хьадж дехкар бохург ду. Цхьана дозане ша кхаьчча, Iумрат а, хьадж а цхьане доьхкур ду «Къирáн» да луучо, йа Iумрат а дихкина, тIаккха ша цуьнан тIаваф дале кхин тIе хьадж доьхкур ду, тIаккха цу шинненна а тIаваф а, саIйу а дийр ду.

 - «Ифрáд» бохург цхьана дозанера хьадж дехкар бохург ду, Iумрат а ца хьахош, тIаккха, шен хьадж дIадаллалц ихьрам дихкина Iад а дуьтуш.[6]   

Йа «ТаматтуI»,  йа «Къирáн» дихкинчунна тIехь ду уьстагI бер нагахь санна ша Маккий охIлунах вацахь.

Iелам-нахана юкъахь хилпало хилла, хIокху кхаа кепара долчу хьаджех уггар дезаниг харжарна тIехь. Цхьаболчу баккхийчу Iелам-наха «ТаматтуI» деза ду аьлла.[7]

ХIокху кхаа кепара долчу хьаджех ша цхьаьнца ихьрам дихкинчул тIаьхьа «Лаббайк» алар дIадоло деза: «Лаббайкал-лóхIумма лаббайк, лаббайка лá шарúка лака лаббайк, иннал хьамда, ванниIмата, лака вал мулк, лá шарúка лака».[8]

ХIара «Лаббайк» алар дукха хила деза ихьрам дихкинчул тIаьхьа, божарша шайн аз айдича а дика ду иза олучу хенахь.

 
   Ихьрам дихкича дан ца мегаш долу хIуманаш.

Ихьрам дихкича дан ца мегаш дерг исс хIума ду:

1 – Шен дегIа тIера чо дIабаккхар, хадорца а, йа вуьшта а. Лекха хинволчу Дала аьлла Къуръан чохь:

[Аш шайн кортош дIа а ма даша, шаьш дийна долу хьайба кхача дезаче дIакхаччалц] [Сурат «Ал-Бакъарат» 196 аят].

2 – МаIарш хедор. МаIарш хедо мегаш дац Ихьрам дихкина волчу хенахь, хIунда аьлча, дегIан паргIатонан а, аттон а дакъа долу дела уьш хедорца, цундела, уьш хедор мас дIайаккхар санна хуьлу. Нагахь санна цхьа бахьана делахь, тIаккха хадо мегар ду маIар а, мас а[9].

3 – Коьрта тIе хIума тилларца, йа цхьа хIума цу тIе йилларца корта дIакъовлар. Корта дIакъовла мегаш дац, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – коьрта хIума тилла цамагийна дела. Кхин а цунна тешалла ду, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлларг, эмкало цIингаш тоьхна велла хиллачу цхьана хьажочух лаьцна:

«…Цуьнан корта цхьанне хIуманца дIа а ма къовла, бакъдолуш, иза гIаттор ву Къемат дийнахь «Лаббайк» олуш волуш». (Бухари, Муслим).

Iумара кIанта IабдуллахIа а – Дела реза хуьлда цунна – олуш хилла: «Стеган ихьрам коьртаца ду, зудчуьнан ихьрам юьхьаца ду». (БайхIакъий).

4 – Божарша шайн дегIа тIе а, когаш тIе а тегна хIума юхар. Иза ца магаран тешалла ду Iумаран кIанта IабдуллахIа – Дела реза хуьлда цаьршинна – аьлларг:

«Делан Элчане – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хаьттира цхьана дийнахь, Ихьрам дихкинчо тIедухучу духарх лаьцна, тIаккха цо элира: «Ихьрам дихкинчо тIеюхур яц коч а, чалба а, куй болу плащ а, хеча а, «варс»[10] кхетта коч а, «заIфарáн» кхетта коч а, ши маьхьсе[11] а юхур яц, шена ши тударг ца карайахь бен. Нагахь санна ши тударг кара а ца йина, ша маьхьсеш юхуш хилахь, шен шина хьорканал лаха йаллалц дIахадайойла цо и ши маьхьсе». (Бухари, Муслим).

5 – Хаза хьожу йогIу хIума тохар. Иштта хIума тоха мегаш дац ихьрам дихкина волчу хенахь, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ихьрам дихкина хиллачу цхьана стаге IатIар кхетта меттиг дIайилийтина дела. Кхин а цунна тешалла ду лакхахь далийна долу хьадис, эмкало цIингаш тоьхна велла хиллачу цхьана хьажочух лаьцна долу:

«…Хаза хьожа йогIучу хIуманах а ма кхетийта иза». (Бухари, Муслим).

Цундела, стагна а, зудчунна а хьарам ду хаза хьожа йогIу хIума шайх кхетийтар, шаьш ихьрам дихкина долчу хенахь, жимма хьалха деана хиллачу Ибн Iумаран – Дела реза хуьлда цаьршинна – хьадисана тIе а доьгIна.

6 – Лаьтта тIера талла мегаш йолу акхаро йер. Ихьрам дихкинчу хенахь талла мегаш йолу акхаро  йе мегаш дац, лекха хинволчу Делан дашна тIе а доьгIна:

[ХIай (Делах) тешнарш! Аш дийнаташ ма дайъа, шаьш ихьрам дихкина долчу хенахь] [Сурат «Ал-Мáидат» 95 аят].

Ша и дийнат дуьйш дацахь а, йа лазош дацахь а мегаш дац царна таллар дан, лекха хинволчу Дала иза магийна доцу дела:

[Хьарам дина ду шуна таллар дар, аренан дийнаташна, шу ихьрам дихкина мел ду] [Сурат «Ал-Мáидат» 96 аят].

7 – Зуда ялор, йа йахийтар. Ихьрам дихкина волчунна мегаш дац шена зуда ялор а, йа кхечунна яло вахар а, йа кхечуьнга шен гергара цхьаъ йахийтар а. Iусмана – Дела реза хуьлда цунна – дийцина хьадис, вайн Пайхамарера схьа – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –:

«Ихьрам дихкинчо зуда яла а ца йо, йа йаха а ца йохуьйту, йа еха нах а ца бохуьйту». (Муслим).

8 – Шен зудчуьнца оьвхьаза гIуллакх ца хилийтар. Иза ца магаран тешалла ду Къуръан тIера аят:

[Оцу беттанашкахь хьадж дихкинчунна (мегаш) дац зудчуьнца гIуллакх хилийтар] [Сурат «Ал-Бакъарат» 197 аят].

Ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цунна – аьлла, оцу аятан маьIна деш: «Рафас» бохург – зудчуьнца гIуллакх хилийтар ду, цуьнан и маьIна хиларан тешалла хIара аят а ду:

[Хьанал ду шуна мархин беттан буьйсанна шайн зудчуьнца гIуллакх хилийтар] [Сурат «Ал-Бакъарат» 187 аят].

9 – Эвхьаза гIулкх хилийтар а доцуш, цул лахара долу хIумнаш довлийтар. Ихьрам дихкина волчу хенахь шен зудчунна барт баккха а, йа оьвхьаза куьг кхетийта а мегаш дац, и санна долу кхин долу оьвхьаза хIума далийта а мегаш дац, хIунда аьлча цо кхин дIа долчунна тIевуьгу дела.

Оцу хIуманашкахь зуда а стаг санна ларйала езаш ю. Ихьрам дихкинчул тIаьхьа зуда стагах къаьсташ йолуш цхьа масех хIума ду: зудчун ихьрам цуьнан юьхь тIехь ду, цундела, стага корта дIакъовла ца магаре терра, зудчунна а ца мега шен юьхь дIакъовла, дуьхьал кIадий тасарца, йа кхечу агIор. Зудчунна хьарам ду каранаш духар а, ша ихьрам дихкина йолчу хенахь. Иза мегаш ца хиларан тешалла ду Ибн Iумара – Дела реза хуьлда цаьршинна – дийцина хьадис, вайн Пайхамарера схьа – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –:

«…Ихьрам дихкина йолчу зудчо шен юьхь дIа а ца къовлу, каранаш а ца духу» (Бухáрú).  

Iумара кIанта IабдуллахIа – Дела реза хуьлда цаьршинна – аьлла:

«Стеган Ихьрам коьртаца ду, зудчун Ихьрам юьхьаца ду». (БайхIакъий).

   Iаишата а – Дела реза хуьлда цунна – аьлла:

«Тхо Делан Элчанца – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хьадж дихкина а долуш тхуна уллох нах тIехбовлуш хилча тхо цхьаболчара шайн коьрта тIера йовлакх шен юьхьа тIеозара, тIаккха уьш тIехбоьвлча яххьаш дIаястара оха». (Абу Давуд, Ибн МáжахI, Ахьмад).

   Кхин долчу хIуманашна тIехь зудчунна хьарам ду стагна хьарам дерг, аятийн а, хьадисийн а юкъарчу маьIнийна иза а юкъайогIуш йолу дела: мас дIаяккхар а, маIарш хедор а, дийнат дер а, иштта кхин дерш а, тегна хIума юхар а, мачаш юхар а, корта дIакъовлар а доцург.

  
   Хьадж даран арканаш а, церан тешаллаш а.

Хьадж даран арканаш диъ ду:[12]

Хьалхара рукн: Ихьрам дехкар. Иза рукн хиларан тешалла Делан Элчан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хьадис ду:

«Iамалш стеган ниййате хьаьжжина ю…» (Бухари, Муслим).

ШолгIа рукн: Iарафатехь хан яккхар. Цуьнан тешалла Делан Элчан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хьадис ду:

«Хьадж дар – Iарафатехь хан яккхар ду». (Ахьмад, Абу Давуд, Тирмизий, Насáий, ибн МаджахI).

КхоалгIа рукн: Ифáдат-тIаваф дар. Цуьнан тешалла ду Лекха хинволчо аьлларг:

[Цара тIаваф дойла, Ширачу ЦIенна[13] гонаха]. [Сурат «Ал-Хьаджж» 29 аят].                  

ДоьалгIа рукн: Сафа-ломана а, Марват-ломана а юкъахь дIасавахар (саIйу дар). Цуьнан тешалла ду Делан Элчан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хьадис:

«СаIйу де аш, бакъдолуш, Дала шуна тIедожийна ду саIйу дар». (Ахьмад, БайхIакъий).

 
   Хьадж даран вáжибаш.

Хьадж даран важибаш ворхI ду:[14]

- Ихьрамана тоьхначу дозанера ихьрам дехкар.

- Дийнахь Iарафате дIакхаьчнарг малх чубуззалц цигахь Iар.

- Муздалифатехь буьйса яккхар.

- ТIаьххьарчу деношкахь Минахь буьйсанаш яхар.

- ТIулгаш кхиссар.

- Корта башар, йа ларгар.

- Iодика йаран тIаваф дар.

 
   Хьадж даран сифат.

Хьадж дехка волалуш волчунна суннат ду лийчар а, шен дегIах хаза хьожа йогIу хIума тохар а – шен коьртах а, мажах а – лекха а, лаха а кIайн ши кIади тIедухар а. Зудчо шена луург йоха йиш ю, цхьана билламца – шен дегIан хазаллаш нахана гайта а ца гойтуш.

Ша хьадж дехкаран дозане кхаьчча шен перз ламаз дийр ду – нагахь санна хан тIехIоьттина елахь – цул тIаьхьа ихьрам дехкар дIадолорхьама. Нагахь санна перз ламаз хан тIехIоьттина ца хилахь, ламаз эцаран ши ракаIат суннат ламаз дийр ду, ихьрам дехкаран суннатан ниййатца а доцуш, хIунда аьлча Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – иштта дина хилла аьлла чIагIделла доцу дела[15]. 

Ша ламаз дина ваьлча хьадж дехка ниййат дийр ду. Нагахь санна ша «ТаматтуI» доьхкуш велахь иштта эр ду: «ЛаббайкаллóхIумма Iумратан». Нагахь санна ша «Ифрáд» доьхкуш велахь иштта эр ду: «ЛаббайкаллóхIумма хьаджжан». Нагахь санна ша «Къирáн» доьхкуш велахь иштта эр ду: «ЛаббайкаллóхIумма хьаджжан ва Iумратан». И дешнаш олучу хенахь стага шен аз хьалаайдийр ду, зудчо меллаша эр ду. «Талбийат» дукха дар а суннат ду.

Ша Макка дIакхаьчча тIаваф дийр ду доьххьара. ТIаваф дIадолор «Iаьржачу тIулга» тIера хила деза, Хьаьжин цIа шен аьрру агIор а хуьлуьйтуш. ТIаккха «Iаьржачу тIулгана» тIекхача хьожур ву, тIаккха ша тIекхачахь цунна барт боккхур бу, йа аьтту куьг хьокхур ду цунна тIе – шен ницкъ кхачаре хьаьжжина, нахана новкъарло а ца еш – хIара доIа а доьшуш: «АллóхIумма иймáнан бика, ва тасдúкъан бикитáбика, ва вафáан биIахIдика, ваттибáIан лисуннати набиййика»[16]. Ткъа нагахь санна адам дукха а хилла, ша цунна тIекхачар ца нислахь, «АллóхIу акбар» а олуш, и лекхара доIа а деш, шен аьтту куьг цунна тIе хьажор ду. Иштта дIадолийна тIаваф дийр ду, ворхI го боккхуш, ша Йемена агIор йолчу Хьаьжин цIийнан агIоне[17] кхаьчча цунна тIе куьг а хьокхуш, цуьнах барт а ца боккхуш.

ТIаваф даран суннатех ду, стага хьалхарчу кхаа гонехь ког сихха баккхар, водуш санна. Цуьнан тешалла ду Ибн Iумара – Дела реза хуьлда цаьршинна – дийцина долу хьадис: "Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша доьххьара тIаваф дечу хенахь хьалхара кхо го ког сихчу когаца боккхура, биссина биъ паргIат волавелла боккхура".

Кхин а цуьнан суннатех ду ша тIедуьйхина долу кIади шен аьтту пхьаьрсан кIелхула даккхар, аьтту пхьарс гучу а боккхуш, аьрруниг дIа а къовлуш. Ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цаьршинна – аьлла:

«Делан Элчано а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –, цуьнан асхьабаша а шайн аьтту пхьаьрсаш гучу а дехира, хьалхарчу кхаа гонехь ког сихха боккхуш буьйла а белира». Иштта и пхьарс гучубаккхар тIаваф деш боккхуш болчу ворхI гонехь бен суннат дац, кхин йолчу хенахь иза гучубаьккхина лелор суннат дац.

Ша тIаваф деш доIа дийр ду, шена лууш долчу хIуманца. ДоIа дечу хенахь Далла хьасталур ву, шен дог а, ойланаш а цу доIийна тIе а йохуьйтуш.

Йеменан агIонна а, «Iаьржачу тIулгана» юккъахь хIара доIа дийр ду: «Роббанá áтинá фиддунйá хьасанатан, ва фил áхирати хьасанатан, ва къинá Iазáбаннáр». [18]

ХIора го боккхуш цIетоьхна долу доIанаш дар Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – суннатера бух болуш дац, муххале а, уьш наха шайггара лелош ду.

ТIаваф кхаа кепара ду: «Ифáдат» (Хьадж даран коьрта тIаваф) а, «Къудýм» (доьххьара Макка дIакхаьчча деш дерг) а, «ВадáI» (Iодика йаран тIаваф) а. Хьалхарниг рукн ду, шолгIаниг суннат ду, кхоалгIаниг важиб ду.

Ша тIаваф дина ваьлча, ши ракаIат суннат ламаз дийр ду, ИбрахIим-пайхамар хIоьттина Iийна меттигна тIехьа дIа а хIоьттина, иза шена мел генахь елахь а. Коьртаниг иза шена а, КаIбатна а юкъахь хилийтар ду. Хьалхарчу ракаIатехь «Къул йá аййухIал кáфирун» сурат доьшур ду, шолгIачу ракаIатехь «Къул хIуваллóхIу ахьад» сурат доьшур ду. Суннатехь деана ма-дарра, хIара ши ракаIат дукха дах ца деш дар суннат ду.

ТIаккха, тIаваф а, суннат ламаз а динчул тIаьхьа, Сафа-ломана а, Марват-ломана а юкъахь «СаIйу» дийр ду, цаьршинна юкъахь ворхIазза дIасавахарца, Сафа-ломана тIера дIа а долош, Марват-ломаца чекх а доккхуш. Ша Сафа-лома тIекхаьчча хIара аят дешар суннат ду:

[Баккъалла а, Сафа а, Марват а АллахIан билгалонех (ши лам) бу. ХьаьжцIа веанчо а‚ Iумрат дечо а царна гуо баьккхича хIумма а дац. Шена тIедиллинчул совнаха диканиг дича – бакъдолуш и Дела баркалла олуш а‚ хууш а ву (цо деш дерг)] [Сурат «Ал-Бакъарат» 158 аят].

ТIаккха Сафа-лома тIе хьалавер ву, тIаккха къилбехьа КаIбат тIе а вирзина, шен ши куьг хьала а айъина, Дела  хестош, иза воккхаварца вазвеш, хIара дешнаш эр ду:

"АллóхIу акбар, АллóхIу акбар, АллóхIу акбар. Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахI, лахIулмулку, ва лахIулхьамду ва хIува Iалá кулли шайъин къодúр. Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахI, анджаза ваIдахI, ва насара IабдахI, ва хIазамал ахьзáба вахьдахI"[19].

И дешначул тIаьхьа доIа дийр ду, шена луъу хIума доьхуш, дуьненан а, эхартан а диканаш доьхуш. И доIа кхозза юх-юха дича а дика ду.

ТIаккха цу лома тIера охьа а воьссина, Марват-лам болчу агIор дIаволалур ву. Ша дIа-схьа воьдучу хенахь, баьццарчу шина билгалонна юкъахь жимма сихо вадар суннат ду, нагахь санна ша вадалахь цхьанна а новкъарло а ца еш. Марват-лома тIе ша дIакхаьчча, цу тIе хьала а ваьлла, къилбехьа а вирзина, ши куьг хьала а айдина, ша Сафа-лома тIе хьалаваьлча аьлларг эр ду.

Ша СаIйу дечу хенахь хIара доIа дича а дика ду, хIунда аьлча, Ибн Iумара а, Ибн масIуда а – Дела реза хуьлда царна – иза дина аьлла дийцина долу дела:

 «РоббигIфир, вархьам, иннака антал аIаззул акрам».[20]

СаIйу дечу хенахь ламаз керахь хилар суннат ду, делахь а, нагахь санна ламаз керахь а доцуш цхьамма СаIйу дахь, иза кхочуш хуьлуш ду, нийса лоруш а ду. Беттан деношкахь йолчу зудчо СаIйу дича а нийса лоруш ду, хIунда аьлча СаIйу дечу хенахь оцу кепара долу цIена хилар билламе доцу дела.

СаIйу динчул тIаьхьа, ша «ТаматтуI» деш хиллехь шен коьрта тIера месаш дIалоргур ю, ша болу корта чу а лоцуш. Зудчо пIелган буьхьиган барамехь дIалоргур ю, кхин сов ца лоргуш. Нагахь санна «Къирáн», йа «Ифрáд» деш велахь, шен ихьрамах дIа а ца къаьсташ, гIурбан де кхаччалц собар дийр ду, тIулгаш кхийсинчул тIаьхьа ихьрам тIерадаккхархьама.

ТIаккха, Зул-Хьиджжат беттан борхIалгIачу дийнахь, «ТаматтуI» деш волчо хьадж доьхкур ду, ша Маккахь Iаш волчу меттера. Цо санна шаьш бол-болчара хьадж доьхкур ду Маккин охIлуно а. И доьхкучу хенахь цо дийр ду, ша хьалха Iумрат доьхкуш диннарг – лийчар а, цIано йар а, кхин дерг а. Ихьрам дехкархьама Хьаьжин цIентIе вахар суннат лоруш дац, хIунда аьлча иза Пайхамарера – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – деана а доцу дела, йа цуьнан асхьабаша де аьлла а доцу дела. Бухарис а, Муслима а далийначу хьадисехь ду, IабдуллахIа кIанта Жабира – Дела реза хуьлда цунна – дийцина долчу, Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шайга элира аьлла:

 «Ихьрам дихкина доцуш Iан йиш ю шун, борхIалгIа де тIекхаччалц, тIаккха хьадж дехка аш».

Муслима дийцинчу хьадисехь а ду, Жабира – Дела реза хуьлда цунна – аьлларг:

«Оха хьадж доьхкучу хенахь, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тхуна омру дира тхо Минá доьлхучу хенахь хьадж дехка аьлла, цундела оха «АбтIахь» олучу меттера хьадж дихкира».

«ТаматтуI» деш волчо, ша цу дийнахь хьадж доьхкучу хенахь иштта ала деза: «Лаббайка хьаджжан».

Цу дийнахь Минá вахар суннат ду, цигахь делкъа а, малхбуза а, маьркIижа а, пхьуйра а ламазаш а деш, дацдина, тIеттIа а ца узуш. Цу дийнан буьйса – Iарафат буьйса – Минахь яккхар а суннат ду, Муслима Жабирера дийцинчу хьадисана.

Iарафат дийнахь – иссолгIачу дийнахь – Iуьйранна малх хьалабаьлча Iарафате дIагIур ву. Цига дIакхаьчча, делкъа хан хиллалц «Намират» олучу меттехь сацар дика ду нагахь санна шен аьтту хилахь[21], вайн Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша Iарафате воьдучу хенахь цигахула воьдуш хилла дела. Нагахь санна шен цигахь саца аьтту ца хилахь, ма-воддара Iарафате дIавахча а хIумма а дац. Делкъа хан тIехIоьттича, делкъа а, малхбуза а ламаз дийр ду, дац а деш шишша ракаIат, тIе а узуш. ТIаккха «Жабалур-рохьмат» - «Къинхетаман лам» - болча гIур ву. Цигахь ша доIийна дIахIуттучу хенахь, и лам шена а, къилбийна а юккъахь хилийтар дика ду, нагахь санна шен аьтту хилахь. Нагахь санна шега иштта ца далахь, къилбехьа воьрзур ву, лома тIе а ца воьрзуш. Оцу меттехь дуккха а Дела хьехор чIогIа дика ду, шен ма-хуьллу дукха доIанаш дар а, Далла хьаставалар а, Къуръан дешар а, дика ду, шен ши куьг доIийна хьала а айдеш. Усамата дийцина – Дела реза хуьлда цунна –:

«Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Iарафатехь волчу хенахь, цунна уллохь вара со. Цо шен ши куьг хьалаайдира, доIа дечу хенахь. Иза иштта доIа деш волуш, цуьнан эмкало ластийна разваьккхира иза, тIаккха цуьнан керар архаш охьаийгира. ТIаккха цо цхьана куьйга урх дIа а лаьцна, важа куьг хьала а айдина доIа дира». (Насаий).

Муслиман «Сахьихь» жайни чохь иштта хьадис а ду:

«Иза (Пайхамар) доIа деш лаьттира, малх чу а буьзна, маьлхан можа зIаьнарш гучара йовллалц».

Iарафат дийнахь дина долу доIа уггар дика доIа ду. Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:

«Уггар дика доIа Iарафат-дийнахь дина доIа ду. Ткъа ас а, сол хьалха хиллачу пайхамарша а аьлла уггар дика доIа хIара ду: «Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахIу, лахIул мулку, ва лахIул хьамду, ва хIува Iалá кулли шайъин къодúр»[22]. (Муслим).

Iарафатехь волчунна тIехь ду шен Дела шена хьашт хилар дагахь латтор, шена Иза оьшуш хилар гайтар, Цунна хьаставалар, и еза меттиг а, хан а эрна дIацайахийтар. Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:

 «Дала Шен лайш цIерах хьалхабохуш долчу деношна юкъахь Iарафатал доккха де дац. Иза герга вогIу цу дийнахь, Шен лайш малийкашна хьалха хестош, тIаккха цо олу: ХIун лууш баьхкина хIара (Сан лайш)?!»  (Муслим).

Iарафатехь Iар хьаджан арканехь цхьа рукн ду. Цигахь яккха езаш йолу хан малх чубуззалц ю. Хьаьжочунна тIехь ду ша Iарафат чоьхьа ву, йа арахьа ву хьажар, Iарафатан доза довзар, хIунда аьлча дуккха а хьаьжоша тергам ца бо цуьнан, Iарфатан дозанал арахьа а Iа уьш, цундела церан хьадж нийса ца хуьлу, галдаьлла хуьлу.

Цу суьйранна малх чубуьзначул тIаьхьа Муздалифат олучу метте дIагIур ву, меллаша, гIовгIанаш а ца йохуш, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла долу дела: «ХIай адамаш! ПаргIат гIо, паргIат гIо». (Муслим).

Ша Муздалифате дIакхаьчча, маьркIижа а, пхьуьйра а ламаз дийр ду, маьркIижниг пхьуйрачуьнна тIеоьзна а деш, маьркIижниг кхо ракаIат а, пхьуьйраниг ши ракаIат дацдина а деш. И ши ламаз Муздалифатехь бен ца дар суннат ду, Делан Элчанна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тIаьхьа возуш. Делахь а, Пхьуьйра хан дIаер ю аьлла ша кхоьруш хилахь, миччахьа дичи а мегар ду и шиъ.

И буьйса цу Муздалифатехь йоккхур ю. Цу буьйсанна мел-вижна а дIавижа веза, ламазаш деш, йа Дела хьехош, йа цхьа кхин хIума деш Iийча дика хила мега аьлла дIацавуьжуш ца Iаш, вайн Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дIацавуьжуш ца Iийна дела. IабдуллахIа кIантера Жабирера схьа Муслима дийцина хьадис, Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Муздалифате веара аьлла, тIаккха маьркIижа а, пхьуьйра а ламаз дира цо, цкъа молла а кхойкхуш, ши икъамат а деш, цаьршинна юкъахь тасбихь а ца деш. Цул тIаьхьа иза дIатоьвжира, Iуьйра хан кхаччалц.

Шайн догIмашца гIело йолчарна а, бахьанаш долчарна а мегаш ду буьйса юкъал тIех а яьлла, бутт гучарабаьлча Муздалифатера Мина дIа а бахана тIулгаш кхисса. ГIело йоцург а, йа гIело йолчуьнца цхьаьна воцург а Iуьйра хан кхаччалц саца веза цигахь. Ткъа, тахана дуккха а хьаьжоша деш дерг – буьйса йолалуш тIулгаш кхиссарца, шайна атто хилийтархьама – Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – некъаца  догIуш дац.

Муздалифатехь Iуьйра ламаз динчул тIаьхьа, «Ал-МашIарул Хьарам» олучу меттехь соцур ву стигал дикка кIай йаллалц, къилбехьа а вирзина, ши куьг хьала а айдина доIанаш деш. Нагахь санна ша цу метте цакхачалахь, цигахь муьлххачу меттехь сецча а тоьар ду, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьллачу дашна тIе а доьгIна:

«Со кхузахь сецца. ХIара аре (Муздалифат) ша-ерг саца мегар долуш ю». (Муслим).

ТIаккха оцу Iуьйранна – гIурбан дийнахь – малх хьалабалале Минá дIагIур ву, тIаккха хьалхара тIулгаш кхуьйсур ду, «Джамратул IакъабахI» олучу меттехь – Маккийна юххехь йолу йоккха тIулгаш кхуьйсу меттиг ю иза. Цигахь ворхI тIулг кхуссур бу, хIора тIулг кхоь буьртиг санна а болуш. Массо Iелам-нехан барт хилла бу,  и тIулгаш муьлхха меттера а кхисса мега аьлла, делахь а, гIолий дерг Хьаьжин цIа шен аьрру агIор а дуьтуш, Минá шен аьтту агIор а юьтуш кхийсича ду, Ибн МасIудера – Дела реза хуьлда цунна – дийцинчу хьадисехь ма-дарра, "иза йоккха тIулгаш кхуьссучу метте веара аьлла, тIаккха Хьаьжин цIа шен аьрру агIор а дуьтуш, Минá шен аьтту агIор а юьтуш дIа а хIоьттина, ворхI тIулг кхоьссира цо, тIаккха элира: «Иштта кхиссира уьш шена тIе «Ал-Бакъарат» сурат доьссина волчо». (Бухари, Муслим).

Цигахь даккхий тIулгаш кхисса а мегаш дац, йа тударгаш кхисса а, йа мачаш кхисса а мегаш дац. И тIулгаш кхисса ша волавелча сацо мегаш ду ша ихьрам доьхкучу хенахь дуьйна дан долийна долу «талбийат» - (лаббайк).

ТIулгаш кхиссар хьалха даккхар суннат ду, цул тIаьхьа уьстагI бер ду – нагахь санна ша «ТаматтуI», йа «Къирáн» деш велахь – цул тIаьхьа корта дIабашар, йа ларгар ду. Божарша корта дIабаьшча гIолий ду, хIунда аьлча вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – корта дIабаьшначарна гечдар а, къинхетам а боьхуш кхозза доIа дина дела, лергинчарна цкъа доIа дина дела, Бухарис а, Муслима а дийцина ма-дарра.

Цул тIаьхьа, Макка гIур ву, «Ифáдат»-тIаваф дан.

Иштта и кхо-диъ хIума тIаьхьий-хьалхий дар суннат ду, IабдуллахIа кIантера Жабирера схьа Муслима дийцинчу хьадисана тIе а доьгIна. Цу юкъахь деана ду:

«Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дитт уллохь йолчу тIулгаш кхуьйсучу метте веара, тIаккха ворхI тIулг кхоьссира цо, хIора тIулг мел кхуссу «АллóхIу акбар» а олуш. И тIулгаш кхоьн буьртигаш санна даккхий дара. Цо уьш кхийсира тогIин чура дIа. ТIаккха иза вахара хьайбанаш дойьучу метте, тIаккха цо хьайбанна урс хьаькхира. ТIаккха Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шен эмкална тIе а хиъна Хьаьжин цIа долчхьа вахара, Маккахь делкъа ламаз а дира цо».

ХIокху кхаа-деа хIумнах цхьадерг тIаьхьатеттинчунна тIехь а, йа хьалхадаьккхинчунна тIехь а хIумма дац, Iамран кIантера IабдуллахIера – Дела реза хуьлда цунна – Бухарис а, Муслима а, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тIаьххьара динчу хьаджах лаьцна дийцинчу хьадисана тIе а доьгIна:

«Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – сецира, нах цуьнга хеттарш деш а бара. Цу дийнахь шега и хIумнаш тIаьхьий-хьалхий таттарх лаьцна хаьттинчуьнга кхин жоп ца делира цо, - «Хьайна лаахь иштта де, хIумма а дац» - аьлла бен». 

Хьаьжин цIийна гонаха ша тIаваф динчул тIаьхьа, ша «ТаматтуI» деш велахь шолгIа СаIйу дийр ду, хIунда аьлча цо доьххьара дина долу СаIйу Iумратана дара, хIинца хьадж даран СаIйу а дан деза дела. Ткъа нагахь санна ша «Къирáн», йа «Ифрáд» деш велахь, ша доьххьара тIаваф динчул тIаьхьа СаIйу динехь, хIинца СаIйу юха дан ца оьшу цо, Жабира – Дела реза хуьлда цунна – аьллачунна тIе а доьгIна:

«Пайхамара а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цуьнан асхьабаша а – Дела реза хуьлда царна – Сафа-ломана а, Марват-ломана а юкъахь гонаш ца дехира цкъа бен, доьххьара шаьш гонаш дохучу хенахь бен». (Муслим).

Зул-Хьиджжа беттан кхо де – цхьайттолгIа а, шийттолгIа а, кхойттолгIа а – дисина тIулгаш кхиссаран денош лоруш ду сихвелла Минáра ара ца ваьллачунна. Ткъа нагахь санна цхьанна сихха Минáра аравала лаахь, цо цхьайттолгIачу а, шийттолгIачу а дийнахь кхуьйсур ду, кхойталгIачу дийнахь дерш Iад дуьтур ду. Лекха хинволчу АллахIа аьлла:

[Аш Дела хьехаве билггал долчу деношкахь. Нагахь санна цхьаъ шина дийнахь сихвелла (араволуш) хилахь – къа дац цунна тIехь, тIаьхьависсуш хилахь а къа дац цунна тIехь, Делах кхийринчунна] [Сурат «Ал-Бакъарат» 203 аят].

Цу деношкахь тIулгаш кхиссар дIадоло деза хьалхарчу жимчу тIулгаш кхуьссучу меттера – Хúф-маьждигана герга ерг ю иза – ворхI тIулг а кхуссуш, тIаккха юккъерачу меттехь ворхI кхосса беза, тIаккха ТIаьххьарчу Йоккхачу меттехь ворхI тIулг кхосса беза, оцу хIора меттехь хIора тIулг мел кхуссу «АллóхIу акбар» а олуш. Хьалхарчу меттехь тIулгаш кхиссинчул тIаьхьа, цунна гена доццуш къилбехьа а вирзина, и меттиг шен аьрру агIор а юьтуш дIа а хIоьттина дехха доIа дар суннат ду. Юккъерачу меттехь тIулгаш кхиссинчул тIаьхьа а къилбехьа а вирзина, и меттиг шен аьтту агIор а юьтуш дIа а хIоьттина дехха доIа дар а суннат ду. ТIаьххьарчу меттехь тIулгаш кхиссинчул тIаьхьа хIоьттина а ца Iаш дIаваха веза.

И тIулгаш кхиссаран хан дIайолало делкъа хенахь. Цунна тешалла ду Ибн Iумара – Дела реза хуьлда цаьршинна – дийцина хьадис:

«Тхо хан ларйеш Iара хIетахь, ткъа, малх стигал юкъара тIехбаьлча дIакхуьссура оха тIулгаш». (Бухари).

Массо Iелам-нехан барт хилла бу, и тIулгаш кхиссаран тIаьххьара хан цу беттан кхойтталгIачу дийнахь малх чубуззалц ю аьлла. Нагахь санна цу дийнахь малх чубузале тIулгаш ца кхиссинчо цул тIаьхьа кхисса а ца мега, уьстагI а бужу цунна тIе.  

Оцу шина дийнан ши буьйса – цхьайттолгIа а, шийттолгIа а – Минáхь йоккхур ю, нагахь санна шийттолгIачу дийнахь малх чубузале цигара ара ца валахь кхойттолгIа де кхаччалц цигахь саца веза, кхойттолгIачу дийнахь тIулгаш кхисса а деза.

Нагахь санна цхьаъ Маккара дIаваха новкъаволуш хилахь, Маккара аравала ца мега цунна Iодика йаран тIаваф даллалц, хIунда аьлча, и тIаваф хьаджан важибех цхьа важиб долу дела, дукхах болчу Iелам-нахана гергахь. И Iодика йаран тIаваф тIерадужу беттан денош лардеш йолчу зудчунна, Ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цаьршинна – дийцина хьадис долу дела, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла:

«Цхьа а дIа ма гIойла (Маккара) тIаьххьара цо дийр дерг Хьаьжин цIийна гонаха тIаваф хиллалц».

И хьадис кхечу некъаца а деана ду:

 «Делахь а, цо (Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –) тIерадаьккхира иза беттан деношкахь йолчу зудчунна». (Мáлик).

Дуккха а Iелам-нахана гергахь «Ифáдат» тIаваф дича Iодика йаран тIаваф тIера долуш ду, нагахь санна цо «Ифáдат» дар ша дIавоьду хан кхаччалц тIаьхьатеттина хиллехь[23].

Хьаьжин цIера шен махка вухавирзинчунна суннат ду, Ибн Iумарера схьа – Дела реза хуьлда цаьршинна – Бухарис дийцинчу хьадисехь деана долу доIа дар. Ибн Iумара – Дела реза хуьлда цаьршинна – аьлла:

«Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –   ша тIом бечара а, йа хьаьжин цIера, йа Iумратера а вухавирзича, цхьа лекхочу гу тIе а волий хIара алара: «Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахI, лахIулмулку, ва лахIулхьамду ва хIува Iалá кулли шайъин къодúр. Áйибýна, тáибýна, Iáбидýна, лироббинá хьáмидýн. СадакъаллóхIу ваIдахIу, ва насара IабдахI, ва хIазамал ахьзáба вахьдахI».[24]

 

 ï

v   v   v

 

 


 

[1] Ницкъ кхачаран маьIна – машен тIехь, йа кеман тIехь дIавахар лалур хилар а ду, новкъахь яа яахIума хилар а ду, некъана дала ахча хилар а ду.

[2] И хьадис дийцинчун шеко хилла, цо шен ваша ву аьлла-те, йа шен гергара стаг ву аьлла-те бохуш.

[3] Арканаш – Iаьрбийн дош ду, дукхаллин терахьехь а ду иза. Цуьнан цхьаллин терахь «рукн» ду. Цуьнан маьIна – бIогIам а, бух а бохург ду. Арканех цхьаъ а кхочуш ца дича Iамал нийса а, кхочуш а хуьлуш яц, гал хилла лоруш ю.

[4] Цхьаболчу Iелам-наха диъ бен дац аьлла уьш, цхьаболчара пхиъ ду аьлла «Корта дIабашар» тIетоьхна. ГIолий а, нийса а дерг корта дIабашар а дан дезаш рукн хилар ду. Цуьнан тешалле хьажа 113 агIона тIехь.

[5] Ихьрам дехкаран ламаз дар парз дац, делахь а дича дика ду, хIунда аьлча иза суннат долу дела. Хьажа: «Хьáшийату Ибн Хьажар Iалал Ийдóхь» 152; «Шархьул Махьаллий Iалал МинхIáж» 2/126.

[6] ХIокху «Ифрад»-хьаджал тIаьхьа Iумрат дар а дика ду.

[7] Цхьаболчара «Къирáн» ду а аьлла. Делахь а гIолий дерг «Ифрад» ду, церах муьлхха дича а мегаш а ду.

[8] ХIокху дешнийн маьIна иштта ду: «Со муьтIахь волуш ладугIуш ву Хьоьга йа АллахI, Со муьтIахь волуш ладугIуш ву Хьоьга, Хьуна  муьтIахь волуш Хьоьга ладугIуш ву со, цхьа а накъост вац Хьоьца,  Со муьтIахь волуш ладугIуш ву Хьоьга. Баккъалла а, хастам а, ниIмат а Хьан ду, паччахьалла а Хьан ду, цхьа а накъост вац Хьоьца».  Хьажа: «Бусалба стеган гIап», 115 доIа.

[9] Масала, кагйелла йолу маIар, Iитталуш лазош елахь, йа цхьана кхечу агIор новкъарло еш, сагатдеш елахь.

[10] «Варс» - хаза хьожа йогIу IатIар доккхучу диттан цIе ю иза. «ЗаIфарáн» - хаза хьожу йогIу IатIар доккхучу ораматан цIе ю. Оцу хьадисехь и шиъ хьахоран бахьана а, кхузахь лууш дерг а IатIар тоьхна, йа хаза хьожа хIума хьакхаелла духар духа мегаш ца хилар ду.