|
|
| Видео |
|
Бусалба стеган гIап
Къуръан тIехь а, Суннатехь а долу зикр (Нохчийн маттахь)
Жайна кечдинарг:Шейх СаIид ибн Iалий ибн ВахIф Ал-KъахьтIаний
Жайна гочдинарг: Адама Султана Олхазар
Мединат 1423ХI – 2003 шш.
__________________________________________________
Сайн денанна Гуьмсетана … Суна доьххьара ламаз дан Iамийначунна… Со бусалба дин тIехь хьалакхиийначунна…
Йа АллахI! ХIай сан Веза Дела! ХIара жайна гочдарна суна хилла болу мел сан денене Гуьмсете дIакхачабе Ахь! Гочдархо: Адама Султана Олхазар. Мединат. Бусалба дин Iаморан университет. 19 май 2003 шо.
____________________________________________
Жайна яздинчуьнан дешхьалхе
ХIара дацдина жима жайна ду, ас сайн: «Зикр а, доIа а, рукъйатца дарба лелор а, Къуръан тIера а, Суннатера а схьаэцна долу» – аьлла цIе йолчу жайни тIера дацдина. Цу жайни юккъара зикрах лаьцна долу дакъа дацдина схьадаьккхира ас, лело атта хилийта. Ас зикран дешнаш бен ца даладо кхузахь, и зикр стенгахь деана ду дуьйцуш долу цхьаъ, я шиъ бен жайна а ца хьаха до. Ткъа нагахь санна хьуна и зикр дуьйцуш долу хьадис дийцина асхьаб вовза лаахь, я иза стенгахь ду хаа лаахь, хьо хьажа хIокху жайнин бухе (лекхахь хьахийна долчу жайни тIе). Ас АллахIе доьху, Цуьнан хазчу цIерашца, Цуьнан лекхачу сифаташца, Цо хIара жайна Шен доьхьа дар, хIокхуьнах суна сан дахарехь а, со веллачул тIаьхьа а пайда бар. Иштта хIара жайна дешначунна а, я зорбатоьхначунна, я хIара арахоьцуш дакъалаьцначунна а хIокхуьнах пайда бар доьху ас АллахIе. Баккъалла а АллахI – Сийлахь-ЦIена ву Иза – цу тIехь ницкъ кхочуш верг а, цунна гIо ден верг а ву. Делера салават а, салам а хуьлда вайн Пайхамарна Мухьаммадна, цуьнан охIлунна а, асхьабашна а, цIенчу даггара къемат де кхаччалц царна тIаьхьабаьзначарна а.
СаIид ибн Iалий ибн ВахIф Ал-КъахьтIаний. Сафар бутт, 1409 шо.
Дела хьахоран дозалла.
Лекха хинволчу АллахIа аьлла: ×Ткъа аш хьаха ве Со, Ас шу хьахор ду (тIаккха), Суна шукр а де, Соьца керстаналла а ма деØ [Сурат «Албакъарат» 152 аят]. ×ХIай АллахIах тешна дерш! АллахI хьаха ве, дуккха хьахорцаØ [Сурат «Алъахьзаб» 41 аят]. ×(Баккъалла а) АллахI дукха хьехош болу божарий а, зударий а – царна АллахIа гечдар а, боккха мел (ялсамане) а кечдинаØ [Сурат «Алъахьзаб» 35 аят]. ×Ахь хьаха ве хьайн Дела хьайн дагахь, (Цунна) муьтIахь а волуш, (Цунах) кхера а кхоьруш; дош чIогIа ай ца деш (юккъерачу озаца), Iуьйранна а, суьйранна а; гIопул болчарах а ма хила (Дела хьахийча а, ца хьахийча а бен доцуш болчарах)Ø [Сурат «АлъаIраф» 205 аят]. Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шен Дела хьахош верг а, ца хьахош верг а тера ву дийна а, велла а волчу шина стагах». Бухарис а, Муслима а дийцина ду хIара хьадис, ткъа Муслима дийцинарг иштта дешнаш долуш ду: «Шена чохь Дела хьахош долу цIа а, шена чохь Дела ца хьахош долу цIа а тера ду – елла а, дийна а йолчу шина хIумнах». Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – : «Ас йовзийта шуна, шун Iамалшна юкъара уггар диканиг, шун Далла гергахь уггар цIенниг, даржехь уггар лекханиг, деши а, дети а луш доккхучу сагIанал гIолениг, шайн мостагI ган а гина, цуьнан яьIни тIе аш хIума тохарал а, цо шун яьIни тIе хIума тохарал1 а диканиг»? Асхьабаша – Дела реза хуьлда царна – аьлла: «ХIаъ, дийцахьа тхуна иза». Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Сийлахь Лекха АллахI хьахор ду шуна иза». [Тирмизи, Ибн МаджахI]. Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Лекхачу АллахIа бах: “Со ницкъ кхочуш ву Сан лайна Соьга шех далур ду аьлла хеташ долу хIума дан2. Нагахь санна цо Со шен дагахь хьаха вахь Ас иза а хьахор ву, ткъа цо Со юкъараллехь хьаха вахь Ас иза цул дикачу юкъараллехь хьахор ву, ткъа иза Суна цхьа ша герга вагIахь, Со цунна цхьа дол герга вогIур ву, ткъа иза Суна цхьа дол герга вагIахь Со цунна кхин а герга хир ву, ткъа иза волвелла Суна герга вагIахь Со цунна сихонца герга гIур ву”». [Бухарий, Муслим]. Юсра кIанта IабдуллахIа дийцина, цхьана стага элира аьлла: «ХIай Делан Элча! Исламан Iибадаташ дукха ду, ас даим лелор долу хIума дийцахьа суна». Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла тIаккха: «АллахI хьехош, хьайн багара мотт даим тIеда хилийта» [Тирмизий, Ибн МаджахI]. Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Делан Жайни (Къуръан) тIера цхьа хьарф (элп) дешначунна цуьнца цхьа дика (мел) хир ду, и цхьаъ итт санна а хир ду. Ас ца бах ×Алиф Лам МимØ цхьа элп ду, муххале а, Алиф элп ду, Лам а элп ду, Мим а элп ду» [Тирмизий, Сахьихьул ДжамиIиссагIийр]. Iамира кIанта Iукъбата аьлла: «Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аравелира тхо Суффат3 чохь а долуш, тIаккха цо элира: “Шух муьлхачунна лаьа, хIора Iуьйранна БутIхьане, я Iакъикъе 4 воьдуш, шена ши эмкал ялош юха ван, цхьа а къа а ца латош?” ТIаккха оха элира: “ХIай Делан Элча! Тхуна массарна а лаьа иза”. Цо элира тIаккха: “Делахь шу Iуьйранна маьждиге а дахана, аш шайна Iилма Iамор, я Сийлахь а, Лекха а волчу Делан Жайни тIера ши аят дешар гIоли а, дика а ду шуна йиъ эмкалел, иштта кхин а оццул аяташ дешар гIоли ду шуна кхин а оццул эмкалел а”». [Муслим]. Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Шух цхьаъ цхьанхьа охьахиъча, цо цигахь Дела ца хьахавахь, Далла гергахь эшам хили цунна. Нагахь санна шух цхьаъ дIавижча, цо дIавуьжуш Дела ца хьахавахь, Далла гергахь эшам хили цунна» [Абу Давуд]. Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Цхьа а нах охьаховшур бац, шаьш хоьвшинчахь Дела а ца хьахош, шайн Пайхамарна салават а ца дуьллуш, АллахIана гергахь царна эшам хилла бен, Шена лаахь Iазап дийр ду Цо царна, Шена лаахь гечдийр ду Цо царна» [Тирмизий]. Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Цхьа а нах цхьана мажлисера (хоьвшина Iийначу меттера) Дела а ца хьахош хьалагIовттур бац, еллачу вир тIера гIовттуш санна бен, (къемат дийнахь) уьш дохкобоьвлла а бен» [Абу Давуд, Ахьмад, Сахьихьул ДжамиIиссагIийр].
1. Набарха самаваьлчи деш долу зикр. (1) "Алхьамду лиллáхIиллазú ахьйáнá баIда мá амáтанá ва илайхIиннушýр". «Хастам бу АллахIана, вай деллачул тIаьхьа дендина волчу, Цуьнга доьрзур долуш а ду вай». (2) "ЛáилáхIа иллаллáхIу вахьдахIу лá шарúка лахIу, лахIул мулку, ва лахIул хьамду, ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр. СубхьаналлóхIи, валхьамду лиллáхIи, ва лáилáхIа иллаллáхIу, валлóхIу акбар, ва лá хьавла ва лá къуввата иллá биллáхIил Iалиййил Iазúм, роббигIфир лú". «АллахI воцург кхин Дела вац, Цхьаъ ву Иза, Цуьнан накъост а вац. Паччахьалла а Цуьнан ду, хастам а Цунна бу. Иза массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш а ву. ЦIена ву АллахI, хастам а бу АллахIана, АллахI воцург кхин Дела а вац, Воккха а ву АллахI массо хIумнал. Лекхачу, Воккхачу АллахIаца бен ницкъ а бац, гIора а дац. Сан Дела суна гечде Ахь».5 (3) "Алхьамду лиллáхIиллазú Iáфáнú фú жасадú, ва радда Iалаййа рýхьú ва азина лú бизикрихI". «Хастам бу АллахIана, сан дегIан могшалла суна юха елла волчу, сан са а суна духа делла волчу, Ша хьахо суна пурба а делла волчу» (4) "Инна фú халкъиссамáвáти вал арди вахтилáфиллайли ваннахIáри лаáйáтин лиулил албáб. Аллазúна йазкурýналлóхIа къийáмавва къуIýдан ва Iалá жунýбихIим, ва йатафаккарýна фú халкъиссамáвáти вал арди, роббанá мá халакъта хIáзá бáтIилан субхьáнака факъинá Iазáбаннáри. Роббанá иннака ман тудхилиннáра факъад ахзайтахIу ва мá лиззóлимúна мин ансóр. Роббанá иннанá самиIнá мунáдийан йунáдú лилъúмáни ан áминý бироббикум фаáманнá, фагIфир ланá зунýбанá ва каффир Iаннá саййиáтинá ва таваффанá маIал абрóр. Роббанá ва áтинá мá ваIадтанá Iалá русулика ва лá тухзинá йавмал къийáмати иннака лá тухлифул мúIáд. Фастажáба лахIум роббухIум аннú лá удúIу Iамала Iáмилимминкум мин закарин ав унсá, баIдукум мимбаIд, фаллазúна хIáжарý ва ухрижý мин дийáрихIим ва ýзý фú сабúлú ва къóталý ва къутилý лаукаффиронна IанхIум саййиáтихIим ва лаудхиланнахIум жаннáтин тажрú мин тахьтихIал анхIáру, савáбан мин IиндиллáхIи, валлóхIу IиндахIу хьуснуссавáб. Лá йагIурроннака такъоллубуллазúна кафарý фил билáди. МатáIун къолúлун сумма маъвáхIум жахIаннаму ва биъсал михIáд. Лáкиниллазúнаттакъов роббахIум лахIум жаннáтун тажрú мин тахьтихIал анхIáру хóлидúна фúхIа, нузуламмин IиндиллáхIи ва мá IиндаллóхIи хойруллил абрóр. Ва инна мин ахIлил китáби ламаййуъмину биллáхIи ва мá унзила илайкум ва мá унзила илайхIим, хóшиIúна лиллáхIи лá йаштарýна биáйáтиллáхIи саманан къолúлан, улáика лахIум ажрухIум Iинда роббихIим, инналлóхIа сарúIул хьисáб. Йá аййухIаллазúна áманусбирý ва сóбирý ва рóбитIý, ваттакъуллóхIа лаIаллакум туфлихьýн". ×Баккъалла а, стигланаш а, латта а кхолларехь а, буьйса а, де а хийцадаларехь а, билгалонаш ю хьекъал долчарна. АллахI хьехош болчарна, ирахь болуш а, охьахевшина болуш а, шайн агIонаш тIехь (бийшина) болуш а; ойла еш болчарна, стигланаш а, латта а кхолларна тIехь, (шаьш олуш:) “ХIай тхан Дела, эрна ца кхоьллина-кх Ахь хIара (Iалам), ЦIена вукх Хьо (тхан Дела), цIеран Iазапах лар де Ахь тхо. Тхан Дела! Ахь цIерга вигнарг – бакъдолуш, цуьнан сий дайъина-кх Ахь; ткъа зуламхошна гIоьнчий а хир бац (къемат дийнахь). Тхан Дела! Тхуна кхайкхархо хезира Иймане кхойкхуш: “Теша шайн Делах” – бохуш, тIаккха тхо тийшира (Хьох), тхан Дела, гечдехьа тхуна тхан къиношна, къайла яхахь тхан вон Iамалш, дикачу нахана юккъахь далар а нис дехьа тхан. Тхан Дела! Хьайн элчанашна Айхьа ваIда динарг а ло Ахь тхуна, къемат дийнахь тхан сий а мадайъа Ахь, баккъалла а, (Хьайн) ваIд йоха ца йо-кх Ахь”. ТIаккха царна жоп делира церан Дала: “Баккъалла а, Ас йойъур яц аш йина Iамал, стага йинехь а, зудчо йинехь а, шу массо цхьатера ду (мел хиларехь), амма хIижрат динарш, шайн хIусамашкара арабаьхна берш, Сан некъахь халонаш лайнарш а, шаьш тIом бинарш а, (тIом беш) дIакхелхинарш а – бакъдолуш, Ас дIацIанйийр ю церах церан вон Iамалш, Ас уьш буьгур а бу шайна кIелхула татолаш лелачу бошмашка (ялсамани чу), АллахIера совгIат (ду иза царна), АллахIехь ма ду уггар хаза, дика совгIат (мел)”. Хьо хьега ма хьегалахь (хIай Мухьаммад), керста нах кху шахьаршкахь каде хиларх (церан даьхни, дахар сов хиларх). КIеззиг долу даьхни ду иза, тIаккха церан боьрзу меттиг жоьжахате ю, ма вон цIа а, мотт а бу-кх иза. Амма шайн Делах кхийринарш – царна бошмаш ю, шайна кIелхула татолаш лелаш долуш, даиманна царна чохь хир бу уьш, АллахIа (Шен дика лайш) тIелацар (иштта ду); ткъа дикачу нахана гIоли а, дика а ду АллахIехь дерг. Бакъдолуш, Жайнин охIлунах 6 бу АллахIах тешаш берш, шуна тIедоссийначу (Къуръанах) а, шайна тIедоссийначух а тешаш берш, эсала муьтIахь болуш АллахIана, (шайгахь долу) АллахIан аяташ дуьненан кIеззигчу мехах ца духку цара; царна церан мел бу церан Делехь; баккъалла а, АллахI сиха хьесап деш ву. ХIай Ийман диллинарш! Собаре хила, (шайн мостагIел чIогIа) собар долуш (цаьрца собар къуьйсуш) а хила, гIарол а де, АллахIах кхера а кхера, тIаккха декъал хила мега шуØ [Сурат «АлIимран» 190-200 аяташ].
2. Духар тIедухуш деш долу доIа. (5) "Алхьамду лиллáхIиллазú касáнú хIáзассавба ва разакъанúхIи мин гIайри хьавлин миннú ва лá къувватин". «АллахIана хастам бу, суна тIе хIара духар доьхна волчу, соьгара цхьа гIора а, ницкъ а боцуш суна хIара духар делла волчу».
3. Керла духар тIедухуш деш долу доIа. (6) "АллóхIумма лакалхьамду, анта касавтанúхIи, асъалука мин хайрихIú ва хайри мá суниIа лахIу, ва аIýзу бика мин шаррихIú ва шарри мá суниIа лахIу" «Йа АллахI! Хьуна хастам бу, Ахь дуьйхи суна тIе хIара духар. Ас хIокхун дика доьху Хьоьга, хIара духар дина долчу бахьанин дика а доьху Хьоьга. Со Хьоьца ларло хIокхун вонах, хIара дина долчу бахьанин вонах а».
4. Керла духар доьхначунна деш долу доIа. (7) "Тублú ва йухлифуллóхIу таIáлá". «Тиш даллалц лела дойла ахь хIара духар, Лекхачу Дала хIара Тиш делча кхиниг а лойла хьуна»7 (8) "Илбас жадúдан ва Iиш хьамúдан ва мут шахIúдан" «Керланиг йоха а йоха, хастам беш ваха а ваха, шахIид волуш (гIаьзотехь) вала а ле»
5. Шен духар охьадуьллуш олуш дерг. (9) "БисмиллáхI" «АллахIан цIарца!»
6. Нишка воьдуш деш долу доIа.(10) "БисмиллáхI, аллóхIумма иннú аIýзу бика миналхубуси валхабáиси" «АллахIан цIарца. Йа АллахI! Со лар ло Хьоьца массо вочу хIумнах а, боьршачу а, стечу а шайтIанех а».
7. Нишкара ара ваьлча деш долу доIа.(11) "ГIуфрóнака" «Гечдехьа суна сан Дела».
8. Ламаз эца волавалале олуш дерг.(12) "БисмиллáхI" «АллахIан цIарца».
9. Ламаз эцна ваьлча деш долу зикр.(13) "АшхIаду ан лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахIу, ва ашхIаду анна Мухьаммадан IабдухIý ва расýлухI" «Ас тешалла до АллахI воцург кхин Дела вац аьлла, накъост вац Цуьнан, Ша цхьаъ ву Иза, иштта ас тешалла до Мухьаммад цуьнан лай а, элча а ву аьлла». (14) "АллóхIуммаджъIалнú минаттаввáбúна ваджъIалнú миналмутатIаххIирúна" «Йа АллахI! Со тоба деш болчарах ве Ахь, цIано еш болчарах а ве Ахь». (15) "СубхьáнакаллóхIумма ва бихьамдика, ашхIаду ан лá илáхIа иллá анта, астагIфирука ва атýбу илайка" «ЦIена ву-кх Хьо йа АллахI, хастам а бу-кх Хьуна. Ас тешалла до Хьо воцург кхин Дела вац аьлла, Хьоьгара гечдар а доьху ас, Хьоьга тоба а до ас».
10. ХIусамера ара волуш деш долу доIа.(16) "БисмиллáхIи, таваккалту IалаллóхIи, ва лá хаьвла ва лá къуввата иллá биллáхI" «АллахIан цIарца (ара волу со). АллахIана тIе болх билли ас. Ницкъ а бац, гIора а дац АллахIера бен. » (17) "АллóхIумма иннú аIýзу бика ан адилла ав удалла, ав азилла, ав узалла, ав азлима, ав узлама, ав ажхIала, ав йужхIала Iалаййа" «Йа АллахI! Со Хьоьца ларло тиларх а, со кхечо тилорх а, галваларх а, кхечо со галваккхарх а, ас цхьанна зулам дарх а, суна зулам хиларх а, сонта леларх а, я кхечара соьца сонталла лела ярх а».
11. ХIусам чу волуш деш долу зикр."БисмиллáхIи валажнá, ва бисмиллáхIи харажнá ва Iалá роббинá таваккалнá" «АллахIан цIарца чу а даха вай, АллахIан цIарца ара а доьвли вай, болх вайн Далла АллахIана тIе а биллина вай».
12. Маьждиге воьдуш деш долу доIа. (19) "АллóхIуммаджъIал фú къалбú нýран, ва фú лисáнú нýран, ва фú самIú нýран, ва фú басарú нýран, ва мин фавкъú нýран, ва мин тахьтú нýран, ва Iан йамúнú нýран, ва Iан шимáлú нýран, ва мин амáмú нýран, ва мин халфú нýран, ваджъIал фú нафсú нýран, ва аIзим ли нýран, ва Iаззим лú нýран, ваджъIал лú нýран, ваджъIалнú нýран, АллóхIумма аIтIинú нýран, ваджъIал фú Iасабú нýран, ва фú лахьмú нýран, ва фú дамú нýран, ва фú шаIрú нýран ва фú башарú нýран. АллóхIуммаджъIал лú нýран фú къабрú, ва нýран фú Iизóмú, ва зиднú нýран, ва зиднú нýран, ва зиднú нýран, ва хIаб лú нýран Iалá нýрин" «Йа АллахI! Сан даг чохь нур де Ахь, сан маттаца нур де Ахь, сан хазарца нур де Ахь, сан бIаьрсица нур де Ахь, суна тIехула нур де Ахь, суна лаххула а нур де Ахь, сан аьтту агIор а нур де Ахь, сан аьрру агIор а нур де Ахь, суна хьалха а нур де Ахь, суна тIехьа а нур де Ахь, сан са чохь нур де Ахь, суна нур доккха де Ахь, суна нур кхин а совдаккха Ахь, суна сайна нур де Ахь, сох сайх а нур де Ахь. Йа АллахI! Суна нур ло Ахь, сан пхенаш чохь нур де Ахь, сан дилханца нур де Ахь, сан цIийца нур де Ахь, сан месашца нур де Ахь, сан дегIаца нур де Ахь. Йа АллахI! Суна сан каш чохь нур де Ахь, сан даьIахкашца нур де Ахь. Нур сов даккха Ахь суна, нур сов даккха Ахь суна, нур сов даккха Ахь суна. Нуьрана тIе кхин а нур ло Ахь суна». 13. Маьждиг чуволуш деш долу доIа.(20) «Воккхачу АллахIаца ларло со, Цуьнан Сийлахьчу юьхьца а ларло со, Цуьнан даим долчу паччахьаллийца а ларло со, къинхетамах генадаьккхина долчу шайтIанах. АллахIан цIарца (чуволу со), къинхетам а, маршалла а хуьлда Делан Элчанна. Йа АллахI! Хьайн къинхетаман неIарш дIаелла Ахь суна».8 14. Маьждиг чура ара волуш деш долу доIа.(21) «АллахIан цIарца! Къинхетам а, маршалла а хуьлда Делан Элчанна. Йа АллахI ас Хьан къинхетам боьху Хьоьга. Йа АллахI, Айхьа генадаьккхинчу шайтIанах ларве Ахь со».
15. Азан деш (молла кхойкхуш) хезча деш долу зикр.(22) Азан деш хезча, и деш волчо ма-аллара цунна тIаьхьара ала деза, «Хьаййа Iалассолáт, хьаййа Iалалфалáхь» аьлча: «Лá хьавла ва лá къуввата иллá биллáхI» ала деза хIоразза. Цуьнан маьIна: «Ницкъ а бац, гIора а дац АллахIера бен» бохург ду. (23) Азан деш волчо : «АшхIаду ан лáилáхIа иллаллáхI» олуш хезча, иза цуьнца ала а аьлла, хIара кхин а тIе аьлча дика хир ду: "Ва ана ашхIаду ан лá илáхIа иллллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахI, ва анна Мухьаммадан IабдухIý ва расýлухI. Родийту биллáхIи роббан, ва бимухьаммадин росýлан ва билъислáми дúнан" «Ас а до тешалла, цхьа АллахI воцург кхин Дела вац аьлла, Шеца накъост воцуш волу, Мухьаммад Цуьнан лай а, Цуьнан элча а ву аьлла. Со реза хили АллахI сайн Дела хиларна, Мухьаммад сайн элча хиларна а, Ислам сайн дин хиларна а». (24) Азан деш волчунна ша тIаьхьара аьлла ма-ваьлла, Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – салават дуьллур ду. (25) ТIаккха хIара доIа дийр ду: "АллóхIумма робба хIáзихIиддаIватиттáммати, вассолáтилкъóимати, áти Мухьаммаданилвасúлата валфадúлата, вабIасхIу макъóман махьмýдан, аллазú ваIадтахI, иннака лá тухлифул мúIáд" «Йа АллахI! ХIокху кхачаме долчу кхайкхаран Дела, дечу ламазан Дела, Мухьаммадна “василат”9 а, “фадилат”10 а ло Ахь, Айхьа цунна ваIду йина, лур ю аьлла йолчу хастамечу меттехь гIаттаве Ахь иза. Баккъалла а, Ахь Айхьа йина ваIд йоха ца йо-кх». (26) Азанна а, къаматна а юккъехь шена дезарг дехар дика ду, хIунда аьлча, цу хенахь дина доIа Дала духа тухуш дац.
16. Ламаз дIадихкинчул тIаьхьа деш долу доIанаш.(27) "АллóхIумма бáIид байнú ва байна хатIáйáйа камá бáIадта байнал машрикъи валмагIриби, аллóхIумма наккъинú мин хатIáйáйа камá йунаккъоссавбул абйаду минадданаси, аллóхIуммагIсилнú мин хатIóйáйа биссалджи, валмáи валбарад" «Йа АллахI! Сан къинош суна генадаха Ахь, Айхьа малхбале малхбузена генаяккхаре терра. Йа АллахI! Со сан къинойх дIацIан ве Ахь, моданех кIайн коч дIацIанлуш санна. Йа АллахI! Сан къинош суна тIера дIадила Ахь, лайца а, хица а, шаца а». (28) "СубхьáнакаллóхIумма ва бихьамдик, ва табáрокасмук, ва таIáлá джаддук, ва лá илáхIа гIайрук". «ЦIена ву-кх Хьо йа АллахI, хастам а бу Хьуна, Сийлахь ю Хьан цIе, лекха ю Хьан возалла, Хьо воцург кхин Дела а вац». (29) "ВаджжахIту важхIийа лиллазú фатIарассамáвáти валъарда хьанúфан ва мá ана миналмушрикúн. Инна солáтú, ва нусукú, ва махьйáйа ва мамáтú лиллáхIи роббилIáламúна, лá шарúка лахIу, ва бизáлика умирту ва ана миналмуслимúн. АллóхIумма анталмалику, лá илáхIа иллá анта. анта роббú, ва ана Iабдука. Заламту нафсú ваIтарафту бизанбú, фагIфир лú зунýбú джамúIан, иннахIý лá йагIфируззунýба иллá анта, вахIдинú лиахьсанил ахлáкъи, лá йахIдú лиахьсанихIá иллá анта, васриф Iаннú саййиахIá, лá йасрифу Iаннú саййиахIá иллá анта. Лаббайка ва саIдайка, валхайру куллухIý бийадайка, вашшарру лайса илайка, ана бика ва илайка, табáракта ва таIáлайта, астагIфирука ва атýбу илайк" «Ас ерзий сайн юхь, стигланаш а, латта а кхоьллинчуьнга, со “хьаниф”11 волуш, со Делаца накъост веш болчарах а вац. Баккъалла а, сан ламаз а, ас урс хьакхар а (гIурба дуьйш), сан дахар а, сан валар а АллахIан доьхьа ду, Iаламийн Эла волчу, накъост вац Цуьнца, иштта хилар суна тIедиллина а ду, со бусалба нахах а ву. Йа АллахI! Хьо Паччахь ву, Хьо воцург кхин Дела а вац, Хьо сан эла ву, со Хьан лай ву, ас сайн сина зулам дина, айса къалаторца ас мукIарло до, гечдехьа суна сан дерриге къиношна, баккъалла а, Хьо воцург кхин цхьа а вац-кх къиношна гечдеш. Со нисвехьа уггар хазчу гIиллакхашна тIе, уггар хазчу гIиллакхашна тIе Ахь бен ца нисво-кх. Церах вон дерш соьгара дIадахахьа, и вон гIиллакхаш Хьоьга бен соьгара дIацадахало-кх. Со муьтIахь ладугIуш ву Хьоьга, Хьуна гIуллакх дарца самукъане а ву со. Дерриг дика Хьан керахь ду, вон хIума Хьоьгара дац, со Хьан лаамца дийна ву, Хьоьга воьрзур волуш а ву. Сийлахь хили Хьо, Лекха хили Хьо. Хьоьгара гечдар доьху ас, Хьоьга тоба а до ас». (30) "АллóхIумма робба Джибрáúла ва Мúкáúла ва Исрóфúла, фáтIироссамáвáти валъарди, IáлималгIойби вашшахIáдати, анта тахькуму байна Iибáдика фúмá кáнý фúхIи йахталифýна. ИхIдинú лимахтулифа фúхIи миналхьаккъи биизника, иннака тахIдú ман ташáу илá сирóтIин мустакъúм". «Йа АллахI! ХIай Жабраилан а, Минкаилан а, Исрафилан а Дела! ХIай стигланаш а, латта а кхоьллинарг! Къайлах дерг а, гуш дерг а хууш верг, Хьо ву Хьайн лайшна юккъахь хьукм дийр верг, уьш дIасакъаьстинчу хIуманна тIехь. Нисвехьа со хилпалонашна юккъера нийсачунна тIе, баккъалла а, Хьайна лууш верг нийсачу некъа тIе нисво-кх Ахь». (31) "АллáхIу акбару кабúран, АллáхIу акбару кабúран, АллáхIу акбару кабúран, валхьамду лиллáхIи касúран, валхьамду лиллáхIи касúран, валхьамду лиллáхIи касúран, ва субхьáналлóхIи букратан ва асúлан" «АллахI массо хIумнал воккха ву, АллахI массо хIумнал воккха ву, АллахI массо хIумнал воккха ву. АллахIана дукха хастам бу, АллахIана дукха хастам бу, АллахIана дукха хастам бу. АллахI Iуьйранна а, суьйранна а Сийлахь ЦIена ву» (хIара лекхахь дерг кхозза доьшур ду, тIаккха хIара лахара доIа доьшур ду). "АIýзу биллáхIи минашшайтIóни: мин нафхихIú, ва нафсихIú, ва хIамзихI" «АллахIаца ларло со шайтIанах: цуьнан кураллех, цуьнан байтех, цуьнан тиларх (Iовдалаллех)». (32) "АллóхIумма лакалхьамду, анта нýруссамáвáти валъарди ва ман фúхIинна, ва лакалхьамду, анта къоййимуссамáвáти валъарди ва ман фúхIинна, ва лакалхьамду, анта роббуссамáвáти валъарди ва ман фúхIинна, ва лакалхьамду, лака мулкуссамáвáти валъарди ва ман фúхIинна, ва лакалхьамду, анта маликуссамáвáти вал арди ва лакалхьамду, анталхьаккъу, ва ваIдукалхьаккъу, ва къавлукалхьаккъу, ва ликъóукал хьаккъу, валжаннату хьаккъун, ваннáру хьаккъун, ваннабиййýна хьаккъун, ва Мухьаммадун, соллаллóхIу IалайхIи ва саллама, хьаккъун, вассáIату хьаккъун, аллóхIумма лака асламту, ваIалайка таваккалту, ва бика áманту, ва илайка анабту, ва бика хóсамту ва илайка хьáкамту, фагIфир лú мá къаддамту, ва мá аххарту, ва мá асрарту ва мá аIланту, анталмукъоддиму ва анталмуаххиру, лá илáхIа иллá анта, анта илáхIú, лá илáхIа иллá анта" «Йа АллахI! Хастам бу Хьуна, стигланийн а, лаьттан а, царна чохь болчеран а нур ду Хьо, хастам бу Хьуна, стигланаш а, латта а, царна чохь берш а латтош верг Хьо ву, хастам бу Хьуна, стигланийн а, лаьттан а, царна чохь болчеран а Дела Хьо ву, хастам бу Хьуна, стигланийн а, лаьттан а, царна чохь болчеран а паччахьалла Хьан ду, хастам бу Хьуна, стигланийн а, лаьттан а, царна чохь болчеран а Паччахь Хьо ву. Хастам бу Хьуна, Хьо бакъ ву, Хьан ваIд а бакъ ду, Хьан дош а бакъ ду, тхуна Хьо гур хилар а бакъ ду, ялсамане а бакъ ю, жоьжахате а бакъ ю, пайхамарш а бакъ бу, Мухьаммад а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – бакъ ву, “сахьт” (къемат де) а бакъ ду. Йа АллахI! Хьуна муьтIахь хили со, болх Хьуна тIе а билли ас, Хьох теша а тийши со, Хьоьга (хьаставелла) верза а вирзи со, Хьан доьхьа къийсам а хили сан, Хьан кхеле верза а вирзи со. Гечдехьа суна соьгара хьалха даьлларг а, соьгара тIаьхьа дер дерг а, ас къайлах динарг а, ас гучахь динарг а. Хьалха даккха деза хIума хьалха доккхуш верг ву Хьо, тIаьхьа татта дезарг тIаьхьа тоттуш верг ву Хьо, Хьо воцург кхин Дела вац, Хьо ву сан Дела, Хьо воцург кхин Дела вац».
17. РукуIехь деш долу доIа.(33) "Субхьáна роббийалIазúм" «ЦIена ву сан воккха Дела» кхозза эр ду. (34) "СубхьáнакаллóхIумма роббанá, ва бихьамдика, аллóхIуммагIфир лú" «ЦIена ву Хьо йа АллахI, тхан Дела, хастам а бу Хьуна, йа АллахI гечде Ахь суна». (35) "Суббýхьун, Къуддýсун, роббулмалáикати варрýхь" «Кхачаме а, ЦIена а (ву АллахI), малийкийн а, Жабраилан а Дела». (36) "АллóхIумма лака ракаIту, ва бика áманту, ва лака асламту, хошаIа лака самIú, ва басарú, ва муххú, ва Iазмú, ва Iасабú, ва мастакъалла бихIú къадамú" «Йа АллахI! Хьуна рукуI ди ас, Хьох теша а тийши со, Хьуна муьтIахь а хили со. Сан хазар а, сан бIаьрса а, сан хье а, сан тIум а, сан даьIахкаш а, сан пхенаш а, сан когаша лелош долу сан дегI а, эсала муьтIахь хили Хьуна». (37) "Субхьáна зилжабарýти, валмалакýти, валкибрийáи валIазомати" «Кхачаме цIена ву массо хIуманна тIехь ницкъ болуш верг, паччахьаллин да верг, кураллин а, дозаллин а да верг, возаллин а да верг».
18. РукуIера хьалатаьIча деш долу доIа.(38) "СамиIаллóхIу лиман хьамидахI" «Хезаш ву АллахI, Шена хастам беш верг» (39) "Роббанá ва лакалхьамду, хьамдан касúран, таййибан, мубáрокан фúхIи" «Тхан Дела, Хьуна хастам бу, шеца беркат долу, цIена, дукха хастам (бу Хьуна)». (40) "Роббанá ва лакалхьамду, милъассамáвáти, ва милъалъарди, ва мá байнахIумá, ва милъа мá шиъта мин шайъин баIду. АхIлассанáи валмажди, ахьаккъу ма къóлалIабду, ва куллунá лака Iабдун. АллóхIумма лá мáниIа лимá аIтIойта, ва лá муIтIийа лимá манаIта, ва лá йанфаIу залжадди минкалжадду" «Стигланаш юьззина, латта а дуьззина, цаьршинна юккъахь дерг а дуьззина (хастам бу Хьуна), кхин а дукха, Хьуна малуъу хастам бу Хьуна. ХIай хастаман а, возаллин а охIлу верг! (ХIара ас олуш дерг) хьайн лайно олуш долу уггар бакъ дерг ду – тхо массо Хьан лайш а ду : Йа АллахI! Ахь делларг сацо а, духатоха а цхьа вац, Ахь сацийнарг дала а цхьа вац, дуьненан ирс долчунна 12 цуьнан ирсо цунна пайда бийр бац, ткъа ирс Хьоьгара ду».
19. Сужудехь деш долу доIа.(41) "Субхьáна роббийал аIлá" «ЦIена ву сан Лекха Дела» кхозза эр ду. (42) "СубхьáнакаллóхIумма роббанá ва бихьамдика, аллóхIуммагIфир лú" «ЦIена ву Хьо йа АллахI, тхан Дела, хастам а бу Хьуна. Йа АллахI суна гечде Ахь». (43) "Суббýхьун, Къуддýсун, роббулмалáикати варрýхьи" «Кхачаме а, ЦIена а (ву АллахI), малийкин а, Жабраилан а Дела». (44) "АллóхIумма лака сажадту, ва бика áманту, ва лака асламту, сажада важхIú лиллазú халакъахIу, ва совварахIу, ва шаккъа самIахIý ва басарахI, табаракаллóхIу ахьсанулхóликъúна" «Йа АллахI! Хьуна сужуд ди ас, Хьох теша а тийши со, Хьуна муьтIахь а хили со, сан юьхьо сужуд ди ша кхоьллинчунна, шена куц деллачунна, шен бIаьрса а, хазар а кхоьллинчунна. Беркате ву АллахI, уггар хаза Кхоллархо». (45) "Субхьáна зилджабарýти, валмалакýти, валкибрийáи валIазомахI" «Кхачаме ЦIена ву массо хIуманна тIехь ницкъ болуш верг, паччахьаллин да верг, кураллин а, дозаллин а да верг, возаллин а да верг». (46) "АллóхIуммагIфир лú занбú куллахIу, диккъохIý ва джиллахIу, ва аввалахIу ва áхирахIу, ва IалáнийатахIý ва сиррохI" «Йа АллахI! Сан массо къиношна гечде Ахь, кегийчарна а, даккхийчарна а, хьалхалерачунна а, тIаьхьарчунна а, гучахь долчунна а, къайлах долчунна а». (47) "АллóхIумма иннú аIýзу биридóка мин сахотIика, ва бимуIáфáтика мин Iукъýбатик, ва аIýзу бика минка, ла ухьсú санáан Iалайка, анта камá аснайта Iалá нафсик" «Йа АллахI! Хьо реза хиларца ларло со Хьан оьгIазаллех, Хьан къинхетамца ларло со Хьан Iазапах, Хьоьца ларло со Хьох. Хьуна хастам бина вер вац со, Хьо Ахь Айхьа Хьайна хастам ма-барра ву».
20. Шина сужуд юккъехь охьахиъ ча деш долу доIа.(48) "РоббигIфир лú, роббигIфир лú"13 «Сан Дела! Гечде Ахь суна. Сан Дела! Гечде Ахь суна». (49) "АллóхIуммагIфир лú, вархьамнú, вахIдинú, ваджбурнú, ва Iáфинú, варзукънú варфаIнú" «Йа АллахI! Гечде Ахь суна, къинхетам бе Ахь сох, нисве Ахь со, синтем а бе Ахь суна, хьал то де Ахь сан, рицкъ ло Ахь суна, даржехь лакха ваккха Ахь со». 21. Къуръан доьшуш сужуд деш сужудехь деш долу доIа. (50) "Сажада важхIú лиллазú халакъахIу ва шаккъа самIахIу ва басарахIу бихьавлихIú ва къувватихI, фатабáрокаллóхIу ахьсанулхóликъúн" «Сан юьхьо сужуд ди ша Кхоьллинчунна, шен хазар а, бIаьрса а Шен ницкъаца а, гIорунца а кхоьллинчунна, ×Беркате ву АллахI, уггар хаза КхоллархоØ» (51) "АллóхIуммактуб лú бихIá Iиндака ажран, ва доI Iаннú бихIá визран, ваджъIалхIá лú Iиндака зухран, ва такъоббалхIá миннú кама такъоббалтахIá мин Iабдика Дáвýд" «Йа АллахI! ХIара (сужуд) Хьайна гергахь суна меле язде Ахь, цуьнца суна тIера мохь дIабаккха Ахь, Хьайна гергахь суна лар де Ахь иза, Айхьа Хьайн лай волчу Давуд (пайхамарера) къобал даре тера, соьгара а къобал де Ахь иза». 22.. ТашаххIуд (Аттахьиййат).14(52) "Аттахьиййáту лиллáхIи, вассолавáту ваттIаййибáту, ассалáму Iалайка, аййухIаннабиййу, ва рахьматуллóхIи ва барокáтухIу, ассалáму Iалайна ва Iалá IибáдиллáхIиссóлихьúн. АшхIаду аллá илáхIа иллаллóхIу, ва ашхIаду анна Мухьаммадан IабдухIý ва росýлухI" «Маршаллаш АллахIан ду, ламазаш а (Цуьнан доьхьа деш) ду, хастаме дешнаш а (Цунна ду), салам хуьлда хьуна хIай Пайхамар, АллахIан къинхетам а, Цуьнан массо беркате диканаш а (хуьлда хьуна). Салам хуьлда тхуна а, АллахIан дикчу лайшна а. Ас тешалла до АллахI воцург кхин Дела вац аьлла, Мухьаммад Цуьнан лай а, элча а ву аьлла». 23. ТашаххIудал тIаьхьа дуьллуш долу салават.(53) "АллóхIумма солли Iалá Мухьаммадин ва Iалá áли Мухьаммадин, камá соллайта Iалá ИбрóхIúма ва Iалá áли ИбрóхIúма, иннака хьамúдун мажúд. АллóхIумма бáрик Iалá Мухьаммадин ва Iалá áли Мухьаммадин камá баракта Iалá ИбрóхIúма ва Iалá áли ИбрóхIúма, иннака хьамúдун мажúд". «Йа АллахI! Мухьаммадах Хьайн къинхетам бе Ахь, хазчу хасторца хаставе Ахь иза, цуьнан охIлунах Хьайн къинхетам а бе Ахь, Айхьа ИбрахIим хесторе терра, цунах а, цуьнан охIлунах а Айхьа къинхетам баре терра, баккъалла а, Хьо хастам бан хьакъ долуш а, Веза а ву. Йа АллахI! Мухьаммадна а, цуьнан охIлунна а Хьайн беркат а, ниIмат а ло Ахь, Айхьа ИбрахIимна а, цуьнан охIлунна а даларе терра, баккъалла а, Хьо хастам бан хьакъ долуш а, Веза а ву». (54) "АллóхIумма солли Iалá Мухьаммадин ва Iалá азвáжихIú ва зурриййатихIú камá соллайта Iалá áли ИбрóхIúма, ва бáрик Iалá Мухьаммадин ва Iалá азвáжихIú ва зурриййатихIú камá бáрокта Iалá áли ИбрóхIúма, иннака хьамúдун мажúд". «Йа АллахI! Мухьаммадах Хьайн къинхетам бе Ахь, хазчу хасторца хаста а ве Ахь иза, цуьнан зударшна а, цуьнан тIаьхьенна а Хьайн беркат а, ниIмат а ло Ахь, Айхьа ИбрахIиман охIлунна ма даллара, баккъалла а, Хьо хастам бан хьакъ долуш а, Веза а ву». 24. ШолгIа ташаххIуд дешначул тIаьхьа, салам далале деш долу доIа. (55) "АллóхIумма иннú аIýзу бика мин Iазáбилкъабри, ва мин Iазáби джахIаннама, ва мин фитнатилмахьйá валмамáти, ва мин шарри фитнатил масúхьиддаджáл". «Йа АллахI! Со Хьоьца ларло кошан Iазапах, жоьжахатин Iазапах, вахаран а, валаран а питанах, Даджалан питанах а, вонах а». (56) "АллóхIумма иннú аIýзу бика мин Iазáбилкъабри, ва аIýзу бика мин фитнатил масúхьиддаджáли, ва аIýзу бика мин фитнатилмахьйá валмамáт. АллóхIумма иннú аIýзу бика миналмаъсами валмагIрам" «Йа АллахI! Со Хьоьца ларло кошан Iазапах, со Хьоьца ларло Даджалан питанах, со Хьоьца ларло вахаран а, валаран а питанах. Йа АллахI! Хьоьца ларло со къа латорах а, декхарх а». (57) "АллóхIумма иннú заламту нафсú зулман касúран, ва ла йагIфируззунýба иллá анта, фагIфир лú магIфиратан мин Iиндика вархьамнú, иннака антал гIофýруррохьúм" «Йа АллахI! Ас сайна дукха зулам дина, ткъа къиношна Ахь бен геч ца до, гечдехьа суна, Хьайн гечдарца, къинхетам а бехьа сох, баккъалла а, Хьо гечдеш а, Къинхетаме а ву-кх». (58) "АллóхIуммагIфир лú мá къаддамту ва мá аххарту, ва мá асрарту ва мá аIланту, ва мá асрафту, ва мá анта аIламу бихIú миннú, анталмукъаддиму ва анталмуаххиру, лá илáхIа иллá анта" «Йа АллахI! Соьгара хьалха даьллачунна а гечде Ахь, соьгара тIаьхьа дер долчунна а гечде Ахь, ас къайлах динчунна а, ас гучахь динчунна а, Хьайна суначул дика хуучунна а гечде Ахь. Хьалха даккха дезарг хьалха доккхуш верг ву Хьо, тIаьхьа татта дезарг тIаьхьа тоттуш верг ву Хьо, Хьо воцург кхин Дела вац». (59) "АллóхIумма аIиннú Iалá зикрика, ва шукрика ва хьусни Iибáдатик" «Йа АллахI! Суна гIо де Ахь Хьо хьехорна тIехь, Хьайна шукр дарехь, Хьайна хаза Iибадат дарехь». (60) "АллóхIумма иннú аIýзу бика минал бухли, ва аIýзу бика миналжубни, ва аIýзу бика мин ан урадда илá арзалилIумри, ва аIýзу бика мин фитнатиддунйá ва Iазáбилкъабр". «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца бIаьрмецигаллех, осалаллех а ларло со Хьоьца, къанвелча, уггар вочу, халчу хене валарх а ларло со Хьоьца, дуьненан питанех а, кошан Iазапах а ларло со Хьоьца». (61) "АллóхIумма иннú асъалукал-джанната ва аIýзу бика минаннáр" «Йа АллахI! Ас ялсамане йоьху Хьоьга, Хьоьца жоьжахатех лар а ло со». (62) "АллóхIумма биIилмикалгIайба, ва къудратика Iалáлхалкъи, ахьйинú мá Iалимтал хьайáта хайран лú, ва таваффанú изá Iалимтал вафáта хайран лú. АллóхIумма иннú асъалука хашйатака филгIайби вашшахIáдати, ва асъалука калиматал-хьаккъи фирридó валгIодоби, ва асъалукал къасда филгIинá валфакъри, ва асъалука наIúман лá йанфаду, ва асъалука къуррата Iайнин лá танкъатIиIу, ва асъалука бардалIайши баIдалмавти, ва асъалука лаззатанназари илá ваджхIика, вашшавкъа илá ликъóика фú гIайри даррóа мудирротин, ва лá фитнатин мудиллатин. АллóхIумма заййиннá бизúнатил úмáни, ваджъIалнá хIудáтан мухIтадúн". «Йа АллахI! Хьайна къайлах дерг хууш хиларца, Хьан кхолларан ницкъ хиларца, со дуьненахь вахар дика ду аьлла Хьайна хиъча – сан вахар дах де Ахь, со валар дика хилар Хьайна хиъча – со валар сих де Ахь. Йа АллахI! Со Хьайх къайлах а, гучахь а кхерийтар доьху ас Хьоьга, со резахиларехь а, оьгIазвахарехь а со бакъ луьш хилийтар а доьху ас Хьоьга, мискаллехь а, хьалдолуш хиларехь а юккъера хьал а доьху ас Хьоьга, чекх дер доцу ниIмат а доьху ас Хьоьга, чекх дер доцу самукъадалар а доьху ас Хьоьга, Хьан кхел лелла яллачул тIаьхьа Хьо реза хилар а доьху ас Хьоьга, Хьоьга хьажаран марзо а, бIаьрг бузар а доьху ас Хьоьга, Хьоьца цхьаьнакхетаре догдахар а доьху ас Хьоьга, суна зен а хир доцуш, я галвоккхуш долу питана а хир доцуш. Йа АллахI! Ийманан хазаллийца хаз дехьа тхо, нийсачу некъа тIе кхойкхуш а долуш, нийсачу некъа тIехь нисделла а дехьа тхо» (63) "АллóхIумма иннú асъалука, йá АллóхIу, бианнакал вáхьидул ахьадуссамад, аллазú лам йалид ва лам йýлад, ва лам йакун лахIý куфуван ахьад, ан тагIфира лú зунýбú, иннака анталгIофýруррохьúм". «Йа АллахI! Ас доьху Хьоьга хIай АллахI, Хьо цхьаъ хиларца, Хьо Хьой цхьаъ верг хиларца, Хьо даим волуш хиларца, Хьо халкъана оьшуш а волуш, Хьуна халкъера хIумма а оьшуш ца хиларца, бер хилла а воцчу, дех-ненах схьаваьлла а воцчу, Шеца цхьа а накъост хилла а воцчу, (ас доьху Хьоьга) суна сан къиношна гечдар, баккъалла а, Хьо Гечдеш верг а, Къинхетаме верг а ву-кх». (64) "АллóхIумма иннú асъалука бианна лакалхьамду лá илáхIа иллá анта вахьдака лá шарúка лака, алманнáну, йá бадúIассамáвáти валъарди, йá залджалáли валъикрóми, йá хьаййу, йá къаййýму, иннú асъалукал джанната ва аIýзу бика минаннáр". «Йа АллахI! Ас доьху Хьоьга берриг хастам Хьуна хиларца, Хьо воцург кхин Дела вац, Хьой цхьаъ ву Хьо, Хьоьца накъост а вац, Хьайгара массо дика хуьлуш верг ву Хьо, хIай стигланаш а, латта а кхоьллинарг, хIай Сийлахь верг, Комаьрша верг, хIай даим дийна верг, хIай даим волуш верг, ас ялсамане йоьху Хьоьга, Хьоьца жоьжахатех лар а ло со». (65) "АллóхIумма иннú асъалука бианнú ашхIаду аннака анталлóхIу лá илáхIа иллá антал ахьадуссамаду, аллазú лам йалид, ва лам йýлад ва лам йакун лахIý куфуван ахьад". «Йа АллахI! Баккъалла а, ас доьху Хьоьга айса тешалла дарца: Хьо АллахI-Дела ву аьлла, Хьо воцург кхин Дела вац аьлла, Хьо Хьой цхьаъ верг ву аьлла, Хьо даим волуш верг ву аьлла, Хьо халкъана оьшуш а волуш, Хьуна халкъера хIумма а оьшуш доцуш верг ву аьлла, бер хилла а воцчу, дех-ненах схьаваьлла а воцчу, Шеца цхьа а накъост хилла а воцчу (Хьоьга доьху ас, доIийна жоп ло Ахь)». 25. Ламазехь салам деллачул тIаьхьа доьшуш долу зикр (тасбихь). (66) "АстагIфируллóхI" «АллахIе гечдар доьху ас» (кхозза эр ду). "АллóхIумма антассалáму ва минкассалáму, табáракта йá залжалáли вал-икрóм" «Йа АллахI! Хьо массо кхачамбацарех маьрша верг ву, маршо Хьоьгара а ю, беркате ву Хьо, хIай Сийлахьаллин а, Комаьршаллин а да верг». (67) "Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр. АллóхIумма лá мáниIа лимá аIтIойта, ва лá муIтIийа лимá манаIта, ва лá йанфаIу залжадди минкал жадд". «АллахI воцург кхин Дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву. Йа АллахI! Ахь делларг сацо а, духатоха а цхьа вац, Ахь сацийнарг дала а цхьа вац, дуьненан ирс долчунна цуьнан ирсо цунна пайда бийр бац, ткъа ирс Хьоьгара ду». (68) "Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахIу, лахIулмулку, ва лахIулхьамду, ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр. Лá хьавла ва лá къуввата иллá биллáхI, лá илáхIа иллаллóхIу ва лá наIбуду иллá иййáхI. ЛахIунниIмату, ва лахIулфадлу, ва лахIуссанáул хьасан. Лá илáхIа иллаллóхIу мухлисúна лахIуддúна ва лав карихIалкáфирýн". «АллахI воцург кхин Дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву. Ницкъ а бац, гIора а дац АллахIера доцург. АллахI воцург кхин Дела вац, Цунна цхьанна бен вай Iибадат деш а дац, ниIмат а Цуьнан ду, дозалла а Цуьнан ду, хаза хестор а Цуьнан хьакъ ду, АллахI воцург кхин Дела вац (олу вай), цIенчу даггара, Цуьнан доьхьа, керста нахана иза цадезахь а». (69) "СубхьáналлóхIи, валхьамду лиллáхIи, валлóхIу акбар". «ЦIена ву АллахI (33-зза эр ду), Хастам бу АллахIана (33-зза эр ду), Массо хIумнал воккха ву АллахI (33-зза эр ду)». "Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIу лá шарúка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр". «АллахI воцург кхин Дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву». (70) "БисмиллáхIиррохьмáниррохьúм. Къул хIуваллóхIу ахьад. АллóхIуссомад. Лам йалид ва лам йýлад. Ва лам йакуллахIу куфуван ахьад". «Къинхетаме а, Къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!» ×Ахь ала: Иза АллахI ву, Цхьаъ волу. Даим дийна волу, массо халкъана оьшуш волу, Шена халкъера хIумма а оьшуш воцу АллахI ву. Цхьа а вац Цунах схьа ваьлла, я дех-ненах схьаваьлла а вац Иза. Накъост хилла а вац Цуьнан цхьа аØ. (Сурат «Ал-ихлас»). "БисмиллáхIиррохьмáниррохьúм. Къул аIýзу бироббил фалакъ. Мин шарри мá холакъ. Ва мин шарри гIóсикъин изá вакъоб. Ва мин шарриннаффáсáти фил Iукъод. Ва мин шарри хьáсидин изá хьасад". «Къинхетаме а, Къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!» ×Ахь ала: со ларло сатасаран Делаца. Цо кхоьллинчу массо хIуманан вонах. Бодане буьйса тIееъча, цуьнан вонах а. Шеддашна тIе хIупп бохучу зударийн вонах а. ХьагI йолчуьнан вонах а, цо хьагI лелочу хенахьØ. (Сурат «Алфалакъ») "БисмиллáхIиррохьмáниррохьúм. Къул аIýзу бироббиннáс. Маликиннáс. ИлáхIиннáс. Мин шаррил васвáсил хоннáс. Аллазú йувасвису фú судýриннáс. Минал жиннати ваннáс". «Къинхетаме а, Къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!» ×Ахь ала: со ларло Адамийн Элаца. Адамийн Паччахьца. Адамийн Делаца. Дела хьахийча гучара долучун (вонах), дагчу вон ойланаш туьйсучун вонах. Адамийн дегнаш чу вон ойланаш кхуьссуш долчу. Адамашха а, жинашха а долчухØ. (Сурат «Аннас») (71) "АллóхIу лá илáхIа иллá хIувалхьаййул къоййýм, лá таъхузухIý синатуввалá навм, лахIý мá фиссамáвáти ва мá фил ард, манзаллазú йашфаIу IиндахIý иллá биизнихI, йаIламу мá байна айдúхIим ва мá холфахIум, ва лá йухьúтIýна бишайъиммин IилмихIú иллá бимá шáа, васиIа курсиййухIуссамáвáти вал ард, ва лá йаýдухIý хьифзухIумá, ва хIувал Iалиййул Iазúм". Айатул-курси доьшур ду: ×АллахI – Иза воцург кхин Дела вац, Дийна верг ву Иза, даим волуш а ву Иза, наб озор а ца хуьлу Цуьнан, наб кхета а ца кхета Цунна, Цуьнан ду стигланашкахь а, лаьтта тIехь а дерг, мила ву Цунна гергахь шафаIат дийр дерг, Цуьнан пурбанца бен? царна хьалха дерг а хаьа Цунна, царна тIехьа дерг а (хаьа Цунна), Цуьнан Iилманах цхьа а хIума ца хаьа царна – Цунна лиъначунна бен, стигланаш а, латта а чулаьцна ду Цуьнан «курсийй»,15 и шиъ лардаро хало а ца йо Цунна, Лекха верг а, Воккха верг а ву ИзаØ. (хIора ламазал тIаьхьа). (72) Iуьйра а, маьркIижа а ламаз дича итт-иттозза эр ду хIара: "Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIу лá шарúка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду, йухьйú ва йумúту ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр". «АллахI воцург кхин Дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, (Шена луъург) ден во Цо, вала а волуьйту. Иза массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву». (73) "АллóхIумма иннú асъалука Iилман нáфиIан, ва ризкъан тIаййибан, ва Iамалан мутакъаббалан". «Йа АллахI! Ас доьху Хьоьга пайдане долу Iилма а, цIена рицкъ а, къобул хир йолу Iамал а». 26. Цхьа гIулллакх дале, ша оцу гIуллакхах дикчунна тIенисвар доьхуш деш долчу ламазехь дан деза доIа. (ХIара доIа шена Iаьрбийн мотт ца хуучо вайн маттахь дича гIолий хир ду).(74) IабдуллахIан кIанта Жабира – Дела реза хуьлда цунна – дийцина: Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тхуна Къуръан тIера сурат санна Iамадора, хIора гIуллакхехь Деле и гIуллакх дика дар дехар. Цо алара тхоьга: «Шайна цхьа хIума дан дага деанчо, ши ракаIат (ламаз) дойла, перз ламаз а доцуш (суннат ламаз), тIаккха цо олийла: "АллóхIумма иннú астахúрука биIилмика, ва астакъдирука бикъудратика, ва асъалука мин фадликалIазúм, фаиннака такъдиру ва лá акъдиру, ва таIламу ва лá аIламу, ва анта IаллáмулгIуйýб. АллóхIумма ин кунта таIламу анна хIазалъамра хайрун лú фú дúнú, ва маIáшú ва Iáкъибати амрú, факъдурхIу лú, ва йассирхIу лú, сумма бáрик лú фúхIи. Ва ин кунта таIламу анна хIáзалъамра шаррун лú фú дúнú, ва маIáшú ва Iáкъибати амрú, фасрифхIу Iаннú, васрифнú IанхIу, вакъдур лийалхайра хьайсу кáна, сумма ардинú бихI" “Йа АллахI! Со Хьоьгара доьхуш ву Ахь Хьайн Iилманца суна дика дар а, Хьайн ницкъаца Ахь ницкъ балар а. Ас Хьан боккха къинхетам боьху Хьоьга, бакъдолуш Хьо ницкъ болуш ву, ткъа со ницкъ кхочуш вац, Хьуна хаьа, суна ца хьаьа, Хьо къайлах дерг хууш верг ву. Йа АллахI! Хьан Iилмангахь делахь: хIара сан гIуллакх (шена лууш долчун цIе йоккхур ю) суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан тIаьхьлонехь а (йа иштта эр ду: герга йолчу хенахь а, я генарчу хенахь) дика хилар, суна ницкъ ло Ахь оцу гIуллакх тIехь, суна иза атта а де Ахь, юха суна цунах беркат а де Ахь. Ткъа нагахь санна Хьан Iилмангахь делахь, хIара гIуллакх суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан тIаьхьлонехь а вон хирг хилар, суна гена даккха ахь иза, со цунна тIера дIа а верза ве Ахь, цул диканиг дан ницкъ а ло Ахь суна, иза миччахь делахь а, юха со цунна реза а ве Ахь”» Цкъа а дохко вер вац вай Кхоьллинчуьнга диканца гIо а дехна, АллахIах тешаш болчарах дагаваьлларг а, шен гIуллакх кхачам боллуш теллинарг а. Лекха хинволчу АллахIа аьлла Къуръан чохь: ×Царах дага а вала хьо (хьайн) гIуллакхехь, ткъа хьайн цунна тIехь сацам хиллехь – тIаккха ахь АллахIана тIе билла болхØ (Сурат «АлIимран» 159 аят). 27. Iуьйранна а, суьйранна а доьшуш долу зикр. "Алхьамду лиллáхIи вахьдахI, вассолáту вассалáму Iалá ман лá набиййа баIдахI" «Хастам бу цхьана АллахIана, къинхетам а, маршалла а хуьлда шел тIаьхьа кхин пайхамар воцучунна». (75) "АIýзу биллáхIи минашшайтIóниррожúм". «Со ларло АллахIаца, Цо Шен къинхетамах генадаьккхинчу шайтIанах». "АллóхIу лá илáхIа иллá хIувалхьаййул къоййýм, лá таъхузухIý синатуввалá навм, лахIý мá фиссамáвáти ва мá фил ард, манзаллазú йашфаIу IиндахIý иллá биизнихI, йаIламу мá байна айдúхIим ва мá холфахIум, ва лá йухьúтIýна бишайъиммин IилмихIú иллá бимá шáа, васиIа курсий- йухIуссамáвáти вал ард, ва лá йаýдухIý хьифзухIумá, ва хIувал Iалиййул Iазúм" ×АллахI – Иза воцург кхин Дела вац, Дийна верг ву Иза, даим волуш а ву Иза, наб озор а ца хуьлу Цуьнан, наб кхета а ца кхета Цунна, Цуьнан ду стигланашкахь а, лаьтта тIехь а дерг, мила ву Цунна гергахь шафаIат дийр дерг Цуьнан пурбанца бен? царна хьалха дерг а хаьа Цунна, царна тIехьа дерг а (хаьа Цунна), Цуьнан Iилманах цхьа а хIума ца хаьа царна – Цунна лиъначунна бен; стигланаш а, латта а чулоцуш ду Цуьнан «курсийй», и шиъ лардаро хало а ца йо Цунна, Лекха верг а, Воккха верг а ву ИзаØ. (76) Сурат «Ал-ихлас» (КъулхIу) доьшур ду кхозза. Сурат «Ал-фалакъ» (Къул аIузу) доьшур ду кхозза. Сурат «Ан-нас» (Къул аIузу бироббиннас) доьшур ду кхозза. (77) "Асбахьнá16 ва асбахьал мулку лиллáхIи вальхамду лиллáхIи, лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр. Робби асъалука хайра мá фú хIáзал йавми ва хайра мá баIдахI, ва аIýзу бика мин шарри мá фú хIáзал йавми ва шарри мá баIдахI. Робби аIýзу бика минал касали ва сýилкибар, робби аIýзу бика мин Iазáбин финнáри ва Iазáбин филкъабр". «Iуьйренга доьвли вай, хIокху Iуьйранна17 паччахьалла а АллахIан ду, АллахIана хастам а бу, АллахI воцург кхин Дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву. Сан Эла! Ас Хьоьга доьху хIокху дийнахь долу дика а, хIокхул тIаьхьа долу дика а, со Хьоьца лар а ло хIокху дийнахь долчу вонах, хIокхул тIаьхьа долчу вонах а. Сан Эла! Со Хьоьца ларло малонах, къаналлин вонах. Сан Эла! Со Хьоьца ларло цIергахь долчу Iазапах а, каш чохь долчу Iазапах а». (78) "АллóхIумма бика асбахьнá, ва бика амсайнá18, ва бика нахьйá, ва бика намýту, ва илайканнушýр". «Йа АллахI! Хьан пурбанца Iуьйренга доьвли тхо, Хьан пурбанца суьйренга а довлу тхо, Хьан пурбанца даха а деха тхо, Хьан лаамца дала а ле тхо, Хьоьга дерзар а ду тхан». (79) "АллóхIумма анта роббú, лá илáхIа иллá анта, халакътанú, ва ана Iабдука, ва ана Iалá IахIдика ва ваIдика мастатIаIту. АIýзу бика мин шарри мá санаIту, абýу лака биниIматика Iалаййа, ва абýу бизанбú, фагIфир лú, фаиннахIý лá йагIфируззунýба иллá анта" «Йа АллахI! Хьо ву сан Эла, Хьо воцург кхин Дела вац, Ахь кхоьллина со, со Хьан лай ву, сайн ницкъ кхочучу кепара Хьан ваIд тIехь (Хьуна муьтIахь) ву со, со ларло Хьоьца айса динчун вонах, со къера ву Ахь суна динчу ниIматна, со къера ву сайн къиношна а, ткъа Ахь гечдехьа суна, баккъалла а къиношна гечдеш верг Хьо бен вац-кх». (80) "АллóхIумма иннú асбахьту19 ушхIидука, ва ушхIиду хьамалата Iаршика, ва малáикатака, ва джамúIа халкъика, аннака анталлóхIу лá илáхIа иллá анта вахьдака лá шарúка лака, ва анна Мухьаммадан Iабдука ва расýлук". «Йа АллахI! Со Iуьйренга ваьлла, Хьо а теш волуш, Хьан Iарш лелош долу малийкаш а теш долуш, ша долу Хьан халкъ а, малийкаш а теш долуш со тешалла деш хиларна: Хьо АллахI ву аьлла, Хьо воцург кхин Дела а вац аьлла, Хьо цхьаъ ву аьлла, Хьоьца накъост а вац аьлла, Мухьаммад Хьан лай а, Элча а ву аьлла». (Доьазза эр ду иза). (81) "АллóхIумма мá асбахьа20 бú мин ниIматин ав биахьадин мин халкъика, фаминка вахьдака лá шарúка лака, фалакалхьамду ва лакашшукр" «Йа АллахI! ХIокху Iуьйранна соьца долу ниIмат а, я Ахь кхоьллина долчу Хьан халкъаца долу ниIмат а Хьоьгара цхьаьнгара ду, цхьа а накъост вац Хьоьца, хастам бу-кх Хьуна, шукр (баркалла) а ду-кх Хьуна». (82) "АллóхIумма Iáфинú фú баданú, аллóхIумма Iáфинú фú самIú, аллóхIумма Iáфинú фú басарú, лá илáхIа иллá анта. АллóхIумма иннú аIýзу бика миналкуфри валфакъри, ва аIýзу бика мин Iазáбилкъабри, лá илáхIа иллá анта". «Йа АллахI! Суна сан дегIан могшалла ло Ахь, йа АллахI, суна сан хазаран могшалла ло Ахь, йа АллахI, суна са бIаьрсин могшалла ло Ахь, Хьо воцург кхин Дела вац. Йа АллахI! Со ларло Хьоьца керстаналлех а, мискаллех а, кхин а ларло со Хьоьца кошан Iазапах а; Хьо воцург кхин Дела вац». (кхозза эр ду). (83) "ХьасбийаллóхIу, лá илáхIа иллá хIува, IалайхIи таваккалту, ва хIува роббул Iаршил Iазúм". «АллахI кхачаме ву суна, Иза воцург кхин Дела вац, болх Цунна тIе билли ас, Иза – доккхачу Iаршан Эла ву». (7зза эр ду). (84) "АллóхIумма иннú асъалукал Iафва валIáфийата фиддунйá вал áхирати, аллóхIумма иннú асъалукал Iафва валIáфийата фú дúнú ва дунйáйа, ва ахIлú, ва мáлú. АллóхIуммастур Iаврáтú, ва áмин равIáтú, аллóхIуммахьфазнú мин байни йадаййа, ва мин халфú, ва Iан йамúнú, ва Iан шимáлú ва мин фавкъú, ва аIýзу биIазаматика ан угIтáла мин тахьтú". «Йа АллахI! Ас гечдар доьху Хьоьга, ирс а (беркат а) доьху Хьоьга, дуьненахь а, эхартахь а. Йа АллахI! Ас гечдар доьху Хьоьга, сан динехь а, сан дахарехь а, сан охIлунна а, сан даьхнина а беркат а доьху Хьоьга. Йа АллахI! Сан (вон) къайленаш къайла яхийта Ахь, сан кхерамаш а суна кхерамаза бе Ахь. Йа АллахI! Со ларве Ахь хьалха а, тIехьа а, аьтту агIор а, аьрру агIор а, тIехула а. (Йа АллахI) Хьан воккхаллийца ларло со, Iехийна со цхьамма верах а». (85) "АллóхIумма IáлималгIайби вашшахIáдати, фáтIирассамáвáти валъарди, робба кулли шайъин ва малúкахIý, ашхIаду аллá илáхIа иллá анта, аIýзу бика мин шарри нафсú, ва мин шарришшайтIóни ва ширкихIú, ва ан акътарифа Iалá нафсú сýан, ав ажуррахIý илá муслим". «Йа АллахI! ХIай къайлах дерг а, гучахь дерг а хууш верг! ХIай стигланаш а, латта а кхоьллина верг! ХIай массо хIуманан Эла, массо хIуманан паччахь! Ас тешалла до Хьо воцург кхин Дела цахиларца, сайн син вонах лар ло со Хьоьца, шайтIанан вонах а, цуьнан ширках а лар ло со Хьоьца, ас айса сайна вониг дарх а, йа и вониг кхечу бусалба стагана тIе дехьадаккхарх а лар ло со Хьоьца». (86) "БисмиллáхIиллазú лá йадурру маIасмихIú шайъун филъарди, ва лá фиссамáи, ва хIувассамúIул Iалúм" «АллахIан цIарца, Шен цIарца хилча лаьттахь а, стиглахь а долчу цхьа а хIумано зен ца деш волчу (АллахIан цIарца), Иза Хезаш а, Хууш а ву». (кхозза эр ду иза). (87) "Родúту биллáхIи роббан, ва бил ислáми дúнан, ва бимухьаммадин соллаллóхIу IалайхIи ва саллама набиййан". «АллахI сайн Дела хиларна реза хили со, Ислам сайн дин хиларна реза хили со, Мухьаммад – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – сайн Элча хиларна а реза хили со». (кхозза эр ду). (88) "Йá хьаййу, йá къоййýму, бирохьматика астагIúсу, аслихь лú шаънú куллахIý, ва лá такилнú илá нафсú тIарфата Iайн". «ХIай дийна верг, хIай даим верг! Хьан къинхетамца гIо лоьху ас, сан дерриг гIуллакхаш суна нисдей, туо де Ахь, со сайх цхьаннах воьзна Iадда а ма вита Ахь, бIаьрган негIар туххучул а». (89) "Асбахьнá ва асбахьалмулку21 лиллáхIи роббил Iáламúна. АллóхIумма иннú асъалука хайра хIáзал йавми, фатхьахIý, ва насрахIý, ва нýрахIý, ва баракатахIý, ва хIудáхIу, ва аIýзу бика мин шарри мá фúхIи ва шарри мá баIдахI". «Тхо Iуьйренга доьвлла, хIокху Iуьйранна паччахьалла а АллахIан ду, Iаламийн Эла волчу. Йа АллахI! Ас хIокху дийнан дика доьху Хьоьга: хIокхун толам а, хIокхун гIо а, хIокхун нур а, хIокхун беркат а, хIокхун нийсо а йоьху Хьоьга. Со Хьоьца лар а ло хIокхунна чохь долчу вонах а, хIокхул тIаьхьа долчу вонах а». (90) "Асбахьнá22 Iалá фитIратил ислáми, ва Iалá калиматил ихлáси, ва Iалá дúни набиййинá Мухьаммадин, соллаллóхIу IалайхIи ва саллама, ва Iалá миллати абúнá ИбрóхIúма хьанúфан муслиман ва мá кáна минал мушрикúн". «Вай Iуьйренга доьвлла бусалба дин тIехь, ихласан (Iамал Делан доьхьа хиларан) дош тIехь а, вайн Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дин тIехь а, вайн ден ИбрахIиман миллат тIехь а – цхьана АллахIана Iибадат деш волу хьаниф хилла волчу, бусалба хилла волчу, АллахIаца накъост вечарах а ца хилла волчу». (91) "СубхьáналлóхIи ва бихьамдихI". «ЦIена ву АллахI, хастам а бу Цунна». (100зза эр ду иза). (92) "Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр" «АллахI воцург кхин Дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву». (иттозза эр ду, а 1зза эр ду нагахь санна ша мало ахь). (93) "Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр". «АллахI воцург кхин Дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву». (100зза эр ду Iуьйранна). (94) "СубхьáналлóхIи ва бихьамдихIú, Iадада халкъихIú, ва ридó нафсихIú, ва зината IаршихIú, ва мидáда калимáтихI" «ЦIена ву АллахI, хастам а бу Цунна: Цо кхоьллина мел долу хIума санна дукха, Иза Ша реза волччул, Цуьнан Iарш деза хилар санна, Цуьнан (чекхдоьвр доцу) дешнаш санна дукха». (95) "АллóхIумма иннú асъалука Iилман нáфиIан, ва ризкъан тIаййибан, ва Iамалан мутакъоббалан". «Йа АллахI! Ас пайдане долу Iилма доьху Хьоьга, цIена, дика рицкъ а доьху Хьоьга, къобал хир йолу Iамал а йоьху Хьоьга» (Iуьйранна эр ду иза). (96) "АстагIфируллóхIа ва атýбу илайхI". «Ас АллахIе гечдар доьху, Цуьнга тоба а до ас». (100-зза эр ду иза дийнахь). (97) "АIýзу бикалимáтиллáхIиттáммáти мин шарри мá халакъ". «Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца, Цо кхоьллинчу массо хIуманийн вонах». (кхозза эр ду иза ша суьйренга ваьллачо). (98) "АллóхIумма солли ва саллим Iалá набиййинá Мухьаммад". «Йа АллахI! Тхан Пайхамарх Мухьаммадах къинхетам бе Ахь, маршалла а ло ахь Цунна». 28. ДIавуьжуш деш долу зикр. (99) Шен ши куьг хьала а лаьцна, цаьршинна тIе хIупп олуш санна мох а тоьхна, оцу шина куьйга тIе хIара доьшур ду: Сурат «Ал-ихлас» (КъулхIу) доьшур ду ша дерг. Сурат «Ал-фалакъ» (Къул аIузу бироббил фалакъ…) доьшур ду ша дерг. Сурат «Ан-нас» (Къул аIузу бироббиннас) доьшур ду дерриг. ТIаккха и шен ши куьг шен дегIа тIехьокхур ду, и шиъ кхочу-кхочучу метте. Иштта кхозза дийр ду иза, хIоразза и кхо сурат а доьшуш. (100) «Айатул – курсий доьшур ду». "АллóхIу лá илáхIа иллá хIувалхьаййул къоййýм, лá таъхузухIý синатувва лá навм, лахIý мá фиссамáвáти ва мá фил ард, манзаллазú йашфаIу IиндахIý иллá биизнихI, йаIламу мá байна айдúхIим ва мá холфахIум, ва лá йухьúтIýна бишайъиммин IилмихIú иллá бимá шáа, васиIа курсиййухIуссамáвáти вал ард, ва лá йаýдухIý хьифзухIумá, ва хIувал Iалиййул Iазúм" ×АллахI – Иза воцург кхин Дела вац, Дийна верг ву Иза, даим волуш а ву Иза, наб озор а ца хуьлу Цуьнан, наб кхета а ца кхета Цунна, Цуьнан ду стигланашкахь а, лаьтта тIехь а дерг, мила ву Цунна гергахь шафаIат дийр дерг Цуьнан пурбанца бен? царна хьалха дерг а хаьа Цунна, царна тIехьа дерг а (хаьа Цунна), Цуьнан Iилманах цхьа а хIума ца хаьа царна – Цунна лиъначунна бен, стигланаш а, латта а чулоцуш ду Цуьнан «курсийй», и шиъ лардаро хало а ца йо Цунна, Лекха верг а, Воккха верг а ву ИзаØ. (101) "Áманарросýлу бимá унзила илайхIи мирроббихIú вал муъминýна, куллун áмана биллáхIи ва малáикатихIú ва кутубихIú ва русулихIú лá нуфаррикъу байна ахьадиммиррусулихI, ва къóлý самиIнá ва атIоIнá, гIуфрóнака роббанá ва илайкал масúр. Лá йукаллифуллóхIу нафсан иллá вусIахIá, лахIá мá касабат ва IалайхIá мактасабат, роббанá лá туáхизнá ин насúнá ав ахтIоънá, роббанá ва лá тахьмил Iалайнá исрон камá хьамалтахIý Iалаллазúна мин къоблинá, роббанá ва лá тухьаммилнá мá лá тIóкъата ланá бихI, ваIфу Iаннá вагIфир ланá вархьамнá, анта мавлáнá, фансурнá Iалал къовмил кáфирúн". ×Элча тешна шена шен Делера доссийначух, иштта Ийман диллинарш а, массо уьш тешна АллахIах а, Цуьнан малийкех а, Цуьнан жайнех а, Цуьнан элчанех а; (цара олу) оха къестам ца бо Цуьнан цхьа а элчанашна юккъахь, (кхин а) аьлла цара: тхуна хаза а хезна, тхо муьтIахь а хилла; хIай тхан Дела, Хьан гечдар доьху оха, дерзар Хьоьга а ду тхан. АллахIа адамана тIе ца дуьллу цуьнан ницкъ ца кхочург; цунна (пайденна) хир ду цо динарг (иза дика делахь), цунна доьхьал а хир ду цо динарг (иза вон делахь); хIай тхан Дела, тхоьгара бехк ма баккха Ахь тхо дицделлачунна, йа тхо галдоьвллачунна (тхоьгара даьллачунна); хIай тхан Дела, тхуна тIе ма яхка Ахь хала Iамалш, Айхьа тхол хьалха хиллачарна (Хьайна Iеса хиллачарна) тIе ма йахккара, тхан ницкъ кхочур боцург а ма дилла Ахь тхуна тIе, тхан къинош дIа а айде Ахь тхуна тIера, тхуна геч а де Ахь, тхох къинхетам а бе Ахь, Хьо тхан Эла ву, ткъа Ахь гIо де Ахь тхуна керста нахана доьхьалØ (Сурат «Албакъарат» 285-286 аяташ). (102) "Бисмика роббú вадоIту жанбú, ва бика арфаIухI, фа ин амсакта нафсú фархьамхIá, ва ин арсалтахIá фахьфазхIá бимá тахьфазу бихIú Iибáдакассóлихьúн". «Хьан цIарца – хIай сан Дела – дIавуьжуш ву со, цуьнца хьала а гIотту со, ткъа нагахь санна Ахь сан са сацадахь (юха суна чу ца дерзош), цунах къинхетам бе Ахь, ткъа Ахь иза суна чу юхадерзадахь, иза лар де Ахь, Айхьа Хьайн дика лайш лар баре терра». (103) "АллóхIумма иннака халакъта нафсú ва анта таваффáхIá, лака мамáтухIá ва махьйáхIá. Ин ахьйайтахIá фахьфазхIá, ва ин аматтаха фагIфир лахIá. АллóхIумма иннú асъалукал IáфийахI". «Йа АллахI! Баккъалла а, Ахь кхоьллина сан са, Ахь хуьлуьйтур ду цуьнан далар а, Хьан керахь ду цуьнан дахар а, цуьнан далар а, ткъа нагахь санна Айхьа иза дийна дитахь лар де Ахь иза, ткъа Айхьа иза долуьйтуш хилахь цунна гечде Ахь. Йа АллахI! Ас дика могшалла йоьху Хьоьга». (104) "АллóхIумма къинú Iазáбака йавма табIасу Iибáдак". «Йа АллахI! Со Хьайн Iазапах лар ве Ахь, Айхьа Хьайн лайш гIовттор болчу дийнахь». (105) "БисмикаллóхIумма амýту ва ахьйá". «Хьан цIарца – йа АллахI –валар а хир ду сан, (Хьан цIарца) ваха а веха со». (106) "СубхьáналлáхI" «ЦIена ву АллахI» (ткъе кхойттозза эр ду). "Алхьамду лиллáхI" «Хастам бу АллахIана» (ткъе кхойттозза эр ду). "АллáхIу акбар" «АллахI массо хIуманал воккха ву» (ткъе кхойттозза эр ду). (107) "АллóхIумма роббассамáвáтиссабIи, ва роббал Iаршил Iазúми, роббанá ва робба кулли шайъин, фáликъол хьабби ваннавá, ва мунзилаттаврóти валъинжúли валфуркъóни, аIýзу бика мин шарри кулли шайъин, анта áхизун бинáсийатихI. АллóхIумма антал аввалу фалайса къоблака шайъун, ва антал áхиру, фалайса баIдака шайъун, ва антаззóхIиру, фалайса фавкъака шайъун, ва антал бáтIину, фалайса дýнака шайъун, икъди Iаннаддайна, ва агIнинá миналфакър". «Йа АллахI! ХIай ворхIе стигланийн Дела, лаьттан а Дела, доккхачу Iаршан а Дела, хIай тхан а, массо хIуманан а Дела, буьртиг а, хурманан лаг а кхиош волу Дела, хIай Таврат а, Инжил а, Къуръан а доссийна верг, со Хьоьца ларло массо хIуманан вонах, Хьо ву иза керахь долуш верг. Йа АллахI! Хьо ву Хьалхарниг, Хьол Хьалха хIумма а хилла дац, Хьо ву ТIаьххьарниг а (массо белча а вуьсур верг, Хьайн сифаташца), Хьол тIаьхьа хIумма а дац, Хьо ву толаме верг, Хьол лекха хIумма а дац, Хьо ву Къайлах верг (а, къайлах дерг хууш верг а), Хьол герга хIумма а дац, (йа АллахI), тхуна тIера декхар дIадаккха Ахь, тхо мискаллех хьалха а даха Ахь». (108) "Алхьамду лиллáхIиллазú атIIаманá, ва сакъóнá, ва кафáнá, ва áвáнá, факам мимман лá кáфийа лахIý ва лá муъвийа". «Хастам бу АллахIана, вайна даар делла волчу, вайна хи а малийна волчу, вайна Шех тоъам бина волчу, вай Шена тIетовжийтина, тIелаьцна волчу, ткъа мел дукха бу, шайна кхачам бан цхьа а воцуш, тIетовжа а, тIелаца а цхьа а воцуш». (109) "АллóхIумма Iáлимал гIойби вашшахIáдати, фáтIироссамáвáти вал арди, робба кулли шайъин ва малúкахI, ашхIаду аллá илáхIа иллá анта, аIýзу бика мин шарри нафсú, ва мин шарришшайтIóни ва ширкихIи, ва ан акътарифа Iалá нафсú сýан, ав ажуррохIý илá муслим". «Йа АллахI! ХIай къайлах дерг а, гучахь дерг а хууш верг, стигланаш а, латта а кхоьллина верг, массо хIума кхиош-кхобуш верг, массо хIума Хьайн долахь долуш верг, ас тешалла до Хьо воцург кхин Дела цахиларца, со ларло Хьоьца сайн син вонах, шайтIанан вонах а, цуьнан ширках а, ас айса сайна вониг дарх а, йа и вониг кхечу бусалба стагана тIе дехьадаккхарх а лар ло со Хьоьца». (110) Къуръан тIера 32-гIа сурат «Ассаждат» а доьшур ду, 67-гIа сурат «Алмулк» (Табарак) а доьшур ду. (111) "АллóхIумма асламту нафсú илайка, ва фаввадту амрú илайка, ва ваджжахIту ваджхIú илайка, ва алжаъту зохIрú илайка, рогIбатан ва рохIбатан илайка. Лá малжаа ва лá манжá минка иллá илайка, áманту бикитáбикаллазú анзалта, ва бинабиййикаллазú арсалта". «Йа АллахI! Ас сайн са Хьоьга дIадели, сайн болх а Хьоьга дIабели, сайн юьхь а Хьоьга ерзий, Хьоьга верза а вирзи со, Хьоьга дог а дохуш, Хьох кхера а кхоьруш. Верза меттиг а, кIелхьара вала меттиг а яц сан Хьоьгара йоцург, со тешна Ахь доссийначу жайнах а, Ахь ваийтинчу Пайхамарх а».
29. Буьйсанна вижинчара сама а ваьлла, ха хорцуш доьшуш долу зикр. (112) "Лá илáхIа иллаллóхIул вáхьидул къоххIáру, роббуссамáвáти вал арди ва мá байнахIумал Iазúзул гIаффáр". «АллахI воцург кхин Дела вац, цхьаъ ву Иза, толаме верг ву Иза, стигланийн а, лаьттан а, цаьршинна юккъахь долчун а Эла ву Иза, нуьцкъала а, гечдеш а ву Иза». 30. Буьйсанна кхеравелла самаваьлча а, набарха кхералуш волчо а деш долу доIа.(113) "АIýзу бикалимáтиллахIиттáммáти мин гIодобихIú ва IикъóбихI, ва шарри IибáдихI, ва мин хIамазáтишшайáтIúни ва ан йахьдурýни" «Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца Цуьнан оьгIазлонах а, Цуьнан Iазапах а, Цуьнан лайн вонах а, шайтIанийн вочу ойланех а, уьш сайна доьхьал дахкарх а». 31. Дика гIан гинчо, йа вон гIан гинчо дан дезарг.(114) Шен аьрру агIор кIеззиг туй кхуссуш санна хIупп эр ду кхозза. ТIаккха АллахIаца лар лур ву, шайтIанах а, шена гинчу гIенан вонах а. Масала: «Везан Дела! Со Хьоьца ларло шайтIанах а, сайна гинчу гIенан вонах а» аьлла эр ду кхозза. Вон гIан гинехь иза цхьаьнга дийцар дика дац. Ша вижина Iаш хилла йолу шен агIо хийца еза, масала аьрру агIона тIехь вижина хиллехь аьтту агIон тIе вуьжур ву. (115) Шена лаахь хьала а гIаьттина ламаз дича а дика хир ду. 32. Витр ламазехь деш долу къунут-доIа.(116) "АллóхIуммахIдинú фúман хIадайта, ва Iáфинú фúман Iáфайта, ва тавалланú фúман таваллайта, ва бáрик лú фúмá аIтIайта, ва къинú шарра мá къодойта, фаиннака такъдú ва лá йукъдó Iалайка, иннахIу лá йазиллу ман вáлайта, ва лá йаIиззу ман Iáдайта. Табáракта роббанá ва таIáлайта". «Йа АллахI! Айхьа нисбинчарна юккъахь нисве Ахь со, Айхьа массо вочу хIумнах а, цамгарех а цIанбинчарна юкъахь цIанве Ахь со, Айхьа Хьайн бартхой бинчарна юккъахь Хьайн бартхо а ве Ахь сох, Айхьа суна деллачунна беркат а де Ахь суна, Айхьа йинчу кхелан вонах а лар ве Ахь со, баккъалла а Хьо кхел еш ву, Хьуна кхел яр хилалуш а дац, Ахь Хьайн бартхо винарг сийсаз валуш вац, Хьан мостагI хиллачун ницкъ а хир бац, беркате ву Хьо тхан Эла, лекха а ву Хьо». (117) "АллóхIумма иннú аIýзу биридóка мин сахатIика, ва бимуIáфáтика мин Iукъýбатика, ва аIýзу бика минка, лá ухьсú санáан Iалайка, анта камá аснайта Iалá нафсик". «Йа АллахI! Баккъалла а, со ларло Хьо резахиларца Хьан оьгIазлонах, Ахь гечдарца Хьан Iазапах, Хьоьца Хьох а ларло со, соьга хеставалур вац Хьо тоъал, Хьо Ахь Айхьа Хьой хеста ма-варра ву». (118) "АллóхIумма иййáка наIбуду, ва лака нусоллú ва насжуду, ва илайка насIá ва нахьфиду, наржý рохьматака, ва нахшá Iазáбака, инна Iазáбака билкáфирúна мулхьакъ. АллóхIумма иннá настаIúнука, ва настагIфирука, ва нуснú Iалайкал хайра ва лá накфурука, ва нуъмину бика, ва нахIдау лака ва нахлаIу ман йакфурук". «Йа АллахI! Хьуна цхьанна Iибадат до оха, Хьуна ламаз а, сужуд а до оха, Хьуна герга а гIерта тхо, Хьуна лолла а лела до Оха. Хьан къинхетаме дог доху оха, Хьан Iазапах кхера а кхоьру тхо, баккъалла а, Хьан Iазап керста нахана тIекхочур долуш ду. Йа АллахI! Оха гIо доьху Хьоьгара, Оха гечдар доьху Хьоьгара, диканца Хьо хеста а во оха, Хьоьца керстаналла а ца до оха, Хьох теша а теша тхо, Хьуна муьтIахь а ду тхо, Хьоьца керстаналла деш берш буха а туху оха». 33. Витр ламазехь салам деллачул тIаьхьа деш долу доIа. (119) "Субхьáнал маликил къуддýси, роббил малáикати варрýхь". «ЦIена ву Паччахь, Сийлахь ЦIена верг». (кхозза эр ду иза, кхоалгIа олучу хенахь шен аз дах а деш, хIокху тIаьхьадогIучуьнца хIотта а хIуттуш ). "Роббил-малáикати варрýхь" «Малийкин а, Жабраилан а Эла». 34. Сагатдаран а, гIайгIане хиларан а доIа.(120) "АллóхIумма иннú Iабдука, ибну Iабдика, ибну аматика, нáсийатú бийадика, мáдин фиййа хьукмука, Iадлюн фиййа къодóука, асъалука бикуллисмин хIува лака, саммайта бихIú нафсака, ав анзалтахIý фú китáбика, ав IалламтахIý ахьадан мин халкъика, авистаъсарта бихIú фú IилмилгIойби Iиндака, ан таджъIалал къуръáна рабúIа къалбú, ва нýра содрú, ва жалáа хьузнú ва захIáба хIаммú". «Йа АллахI! Баккъалла а, Хьан лай ву со, Хьан лайн кIант а ву со, Хьан лай йолчу (сайн ненан) кIант а ву со, сан болх Хьан керахь бу, Хьан хьукм суна тIехь чекхдолуш а ду, Ахь йина кхел суна нийса а ю. Ас Хьан массо цIарца доьху Хьоьга, Ахь Айхьа Хьайна яккхина йолчу, йа Ахь Хьайн Жайни тIехь йоссийна йолчу, йа Ахь Айхьа кхоьллинчу Хьайн халкъах цхьанна Iамийна йолчу, йа Ахь Хьайна гергахь Хьайн къайленехь сацийна йолчу, (ас доьху Хьоьга) Къуръан сан деган бIаьсте йар, сан кийран нур иза дар, сан сингаттам дIаойъуш дерг иза дар, сан сагатдалар а дIадоккхуш дерг иза дар». (121) "АллóхIумма иннú аIýзу бика минал хIамми валхьазани, валIажзи валкасали, валбухли валжубни, ва долаIиддайни, ва гIолабатиррижáл". «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца сингаттамах а, сагатдаларх а, кIелвисарх а, малонах а, сутараллех а, осалаллех а, декхаро лацарх а, суна тIехь толам баккхарх а». 35. Шегахь гIайгIа-бала болчо деш долу доIа. (122) "Лá илáхIа иллаллóхIул-Iазúмул-хьалúму, лá илáхIа иллаллóхIу, роббул-Iаршил-Iазúми, лá илáхIа иллаллóхIу, роббуссамáвáти, ва роббул-арди, ва роббул-Iаршил-карúм". «АллахI воцург кхин Дела вац, Воккха а, Эсала а ву Иза, АллахI воцург кхин Дела вац, доккхачу Iаршан да ву Иза, АллахI воцург кхин Дела вац, стигланийн Эла ву Иза, лаьттан а Эла ву Иза, сийлахьчу Iаршан да а ву Иза». (123) "АллóхIумма рохьматака аржý, фала такилнú илá нафсú тIарфата Iайнин, ва аслихь лú шаънú куллахIý, лá илáхIа иллá анта". «Йа АллахI! Хьан къинхетаме дог доху ас, ткъа Ахь со ма вита сох сайх воьзна, бIаьрга негIар тухучу юкъана а, сан ша-долу гIуллакхаш то а де Ахь, Хьо воцург кхин Дела вац». (124) "Лá илáхIа иллá анта, субхьáнака, иннú кунту миназзóлимúн". «Хьо воцург кхин Дела вац, ЦIена ву Хьо, баккъалла а, со зулам динчарах хилла-кх». (125) "АллóхIу, АллóхIу роббú, лá ушрику бихIú шайъан". «АллахI, АллахI ву сан Эла, ас Цуьнца накъост веш а вац». 36. МостагIчунна, а зуламе волчу паччахьана а доьхьал кхетча деш долу доIа.(126) "АллóхIумма иннá наджъIалука фú нухьýрихIим, ва наIýзу бика мин шурýрихIим". «Йа АллахI! Оха Хьо тхаьшна хьалха хилар доьху Хьоьга, тхол хьалха уьш хIаллакбеш, церан вонех Хьоьца лар а ло тхо». (127) "АллóхIумма анта Iадудú, ва анта нáсирú, бика ахьýлу, ва бика асýлу, ва бика укъóтилу". «Йа АллахI! Хьо ву со тIетоьвжаш верг, Хьо ву сан ГIоьнча, Хьоьца лар ло со цара со Iехаварх, Хьоьца тIелатар а до ас, Хьо сайн накъост волуш тIом а бо ас». (128) "ХьасбуналлóхIу ва ниIмал-вакúл". «АллахI кхачаме ву вайна, ма дика Доладархо ву-кх Иза».
37. Паччахьан зуламах кхоьруш волчо деш долу доIа.(129) "АллóхIумма роббассамáвáтиссабIи ва роббал Iаршил Iазúми, кун лú джáран мин (ша кхоьруш волчун цIе йоккхур ю) ва ахьзáбихIú мин халáикъика, ан йафрутIа Iалаййа ахьадун минхIум ав йатIгIó. Iазза джáрука, ва джалла санáука ва лá илáхIа иллá анта". «Йа АллахI! ХIай ворхIе стигланан Эла, хIай доккхачу Iаршан Эла, со – “хьенехах” (паччахьан цIе йоккхур ю) – лар веш хила Хьо, Айхьа кхоьллинчу хIумнашна юкъара цуьнан тобанех а со лар веш хила Хьо, цаьрга суна зен ца дойтуш, я суна тIехь зулам а ца дайтуш. Хьан ларвар чIогIа нуьцкъала ду, Хьуна беш болу хастам сийлахь бу, Хьо воцург кхин Дела а вац». (130) "АллóхIу акбар, АллóхIу аIаззу мин халкъихIú жамúIан, АллóхIу аIаззу миммá ахóфу ва ахьзару. АIýзу биллáхIиллазú лá илáхIа иллá хIувал мумсикиссамáвáтиссабIи ан йакъоIна Iалал арди иллá биизнихI, мин шарри Iабдика (ша кхоьруш волчун цIе йоккхур ю) ва жунýдихIú, ва атбáIихIú ва ашйаIихIú, миналжинни вал-инси. АллóхIумма кун лú жáран мин шаррихIим, жалла санáука, ва Iазза жáрука, ва табáракасмука, ва лá илáхIа гIойрук". «АллахI массо хIумнал воккха ву, АллахI Ша кхоьллинчу массо хIумнал ницкъ болуш ву, со кхоьручу а, со шех ларлуш долчу а массо хIумнал ницкъ болуш ву АллахI, со лар ло АллахIаца, Ша воцург кхин Дела воцуш волчу, ворхI стигал – Шена лиъча бен – лаьтта тIе ца йожуьйтуш латтош волчу, (со ларло Хьоьца йа АллахI) Хьан лайн – хьенехан – вонах а, цуьнан эскарех а, цунна тIаьхьахIиттинчарах а, цуьнан тобанех а, жинех а, адамех а. Йа АллахI! Церан вонах со ларвеш хила Хьо, Хьуна беш болу хастам сийлахь бу, Хьан ларвар нуьцкъала чIогIа ду, Хьан цIе беркате ю, Хьо воцург кхин Дела а вац». (хIара кхозза эр ду).
38. МостагIчунна доьхьал деш долу доIа. (131)"АллóхIумма мунзилалкитáби сарúIалхьисáби, ихIзимил ахьзáба, аллóхуммахIзимхIум ва залзилхIум" «Йа АллахI! ХIай Жайна доссийна верг, хьесап сиха деш верг, тобанаш иэша е Ахь, йа АллахI, уьш иэша бе Ахь, уьш бега бе Ахь».
39. Шен цхьана адамех кхерам хилча деш долу доIа. (132) "АллóхIуммакфинúхIим бимá шиъта" «Йа АллахI! Хьайна луъучуьнца со церах лар ве Ахь».
40. Шен Ийманехь шеконаш кхоллалучо дан деза доIа. (133) «АллахIаца лар ло со шеконех а, шайтIанах а» аьлла, йа шена лаахь кхечу дешнашца аьлла а, АллахIаца лар вала веза. ТIаккха шегахь кхоллаелла йолу шеко дIаяккха еза. (134) "Áманту биллáхIи ва русулихI" «Со тешна АллахIах а, Цуьнан элчанех а». (135) Къуръан тIера хIара аят доьшур ду: “ХIувал аввалу вал áхиру, ваззóхIиру, валбáтIину, ва хIува бикулли шайъин Iалúм” × Иза ву Хьалхарниг а, ТIаьххьарниг а (массо белча а вуьссур верг, Шен сифаташца), Толаме верг а, Къайлах верг а (а, къайлах дерг хууш верг а), Иза массо хIума хууш а вуØ [Сурат «Алхьадид» 3 аят]. 41. Шена тIехь декхар долчо деш долу доIа.(136) "АллóхIуммакфинú бихьалáлика Iан хьарóмика, вагIнинú бифадлика Iамман сивáка" «Йа АллахI! Айхьа хьанал динчунца суна тоам бе Ахь Айхьа хьарам динчунах, Хьайн къинхетамца Хьайх цхьаннах суна тоам а бе Ахь, кхечаьрга сан хIумма а деха ца дезаш». (137) "АллóхIумма иннú аIýзу бика минал хIамми вал хьазани, валIажзи валкасали, валбухли валджубни, ва долаIиддайни ва гIалабатирриджáл" «Йа АллахI! Со Хьоьца ларло гIайгIанах а, сингаттамах а, кIелвисарх а, малонах а, сутараллех а, осалаллех а, декхаро лацарх а, суна тIехь толам баккхарх а». 42. Ламаз тIехь а, Къуръан доьшуш волуш а вон ойланаш дагаяьхкинчо деш долу доIа. (138) "АIýзу биллáхIи минашшайтIóнирражúм" «Со АллахIаца ларло Цо Шена генадаьккхинчу шайтIанах» эр ду, тIаккха шен аьрру агIор туй кхуссуш санна хIупп эр ду кхозза. 43. Шена цхьа гIуллакх дазделлачо а, йа иза дар халахеташ волчо а деш долу доIа.(139) "АллóхIумма лá сахIла иллá мá жаIалтахIý сахIлан, ва анта таджъIалул хьазна изá шиъта сахIлан!" «Йа АллахI! Ахь атта динарг бен атта хIумма а дац, Ахь Хьайна лиъча сингаттам атта бой дIабоккху».
44. Къа латийначо дан дезарг а, ала дезарг а. (140) Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Цхьамма къа латийча, цо кхоччуш ламаз а эцна, тIаккха хьала а гIаьттина ши ракаIат ламаз а дина, тIаккха шена АллахIе гечдар дехахь, АллахIа цунна гечдийр ду». 45. ШайтIа а, цуьнан вон ойланаш а гена йохуш долу доIа.(141) АллахIаца ларлур ву Цо Шена генадаьккхинчу шайтIанах. (142) Азан дийр ду (молла кхойкхуш олуш долу дешнаш эр ду). (143) Къуръан доьшур ду, шортта Дела хьахор ву. 46. Ша реза воцу хIума хилча, йа шена луург ца хилча деш долу доIа.(144) "КъадаруллóхIи ва мá шáа фаIал". «Делан кхел ю лелларг, Шена луург дина Цо». 47. Керла бер динчу дена деш долу доIа а, цо доьхьал олуш дерг а.(145) "БáрокаллóхIу лака филмавхIýби лака, ва шакартал-вáхIиба, ва балагIа ашуддахIý ва рузикъта биррохI" «Дала беркат дойла хьуна Дала деллачу берана, Хьайна иза деллачунна шукр а дойла Ахь, доккха хиллалц кхиа а кхуьийла иза, цуьнан дикалла а хуьлда хьуна». ТIаккха бер долчо иштта жоп лур ду: "БáрокаллóхIу лака, ва бáрака Iалайка, ва джазакаллóхIу хайран, ва разакъакаллóхIу мислахIý ва аджзала савáбак" «Дала беркат дойла хьох а, хьуна а, Дала диканца бекхам а бойла хьуна, Дала и саннарг дала а лойла хьуна, Дала мел сов а боккхийла хьан». 48. Бераш лардар доьхуш деш долу доIа.(146) Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шен йоьIа ши кIант Хьасан а, Хьусайн а ларвар доьхуш хIара олуш хилла: "УIúзукумá бикалимáтиллáхIиттáммати мин кулли шайтIóнин ва хIáмматин, ва мин кулли Iайнин лáммахI" «АллахIан кхачаме долчу дешнашца ларво ас шуьшиъ массо шайтIанах а, вочу экханах а, массо вочу бIаьргах а». 49. Цомгаш верг волча ваханчо цунна деш долу доIа. (147) "Лá баъса, тIахIýрун иншáаллóхI" «Вон хIумма а дац, Дала мукъалахь хьо цIанлуш дIадоьрзур ду». (148) "АсъалуллóхIал Iазúма, роббал Iаршил Iазúми, ан йашфийака" «Воккхачу АллахIе доьху ас, доккхачу Iаршан Деле доьху ас хьо то вар» (ворхIозза эр ду иза). 50. Цомгаш верг волча вахаран дозалла.(149) Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Бусалба стаг шен цомгаш волу бусалба вешига хьажа вахча, и волча дIакхаччалц иза воьдуш хир ву ялсаманин бошмашна юккъехула, цомгаш верг волчахь иза охьахаъалц, тIаккха иза охьахиъча, цунна тIехь хир бу къинхетам; иза цига Iуьйранна вахнехь кхузткъе итт эзар малийк хир ду цунна къинхетам боьхуш суьйре кхаччалц, иза суьйранна вахнехь а кхузткъе итт эзар малийк хир ду цунна къинхетам боьхуш Iуьйре кхаччалц». 51. Ша дийна ца виса мега аьлла хеташ волчу цомгаш стага деш долу доIа.(150) "АллóхIуммагIфир лú, вархьамнú ва алхьикънú биррофúкъил аIлá" «Йа АллахI! Суна гечде Ахь, сох къинхетам а бе Ахь, лаккхарчу хIусамашкахь (ялсаманехь) болчарах дIа а тоха Ахь со». (151) Iаишата дийцина – Дела реза хуьлда цунна: «Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша лечу хенахь шен ши куьг хи чу а Iуттий, юха и шиъ шен юьхь тIе хьакхара, “АллахI воцург кхин Дела вац, баккъалла а, валарца яккхий халонаш ю-кх” – олуш». (152) "Лá илáхIа иллаллóхIу валлóхIу акбар, лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахI, лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахI, лá илáхIа иллаллóхIу лахIулмулку ва лахIулхьамду, ла илáхIа иллаллóхIу ва лá хьавла ва лá къуввата иллá биллáхI" «АллахI воцург кхин Дела вац, АллахI массо хIумнал воккха а ву, АллахI воцург кхин Дела вац, ша Цхьаъ ву Иза, цхьа АллахI воцург кхин Дела вац, Цуьнца накъост а вац, АллахI воцург кхин Дела вац, паччахьалла а, берриг хастам а Цуьнан бу, АллахI воцург кхин Дела вац, Цуьнгара бен гIора а дац, ницкъ а бац». 52. Леш волчо тIаьххьара ала деза дош.(153) Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шен тIаьххьара дешнаш – АллахI воцург кхин дела вац – аьлла хилларг ялсамане вахана». 53. Цхьа бала, я бохам тIебеанчо дан деза доIа.(154) "Иннá лиллáхIи ва иннá илайхIи рóжиIýн. АллóхIуммаъжурнú фú мусúбати ва ахлиф лú хайран минхIá" «Бакъдолуш вай АллахIан (лайш) ду, вай Цуьнга доьрзур долуш а ду. Йа АллахI! ХIокху бохамах суна ял ло Ахь, хIокхул диканиг дала а ло Ахь суна». 54. Веллачу стеган ши бIаьрг дIакъовлуш деш долу доIа. (155) "АллóхIуммагIфир ли (веллачун цIе йоккхур ю шена хаахь) варфаI даражатахIý филмахIдиййúна, вахлуфхIу фú IакъибихIú фил гIóбирúна, вагIфир ланá ва лахIý йа роббал Iáламúна, вафсахь лахIу фú къабрихIú ва наввир лахIý фúхIи!" «Йа АллахI! Гечде Ахь (хьенехана – веллачун цIе йоккхур ю), нисбелла хиллачарна юкъахь цуьнан дарж сов а даккха Ахь, цуьнан тIаьхьенна гIоьнча а хила Хьо, тхуна а, цунна а геч а де Ахь, хIай Iаламийн Эла, цунна каш чохь меттиг а шор йе Ахь, цуьнан каш нуьре а де Ахь». 55. Докъа ламаз деш дан деза доIа.(156) "АллóхIуммагIфир лахIý ( зуда елахь иштта эр ду: лахIá), вархьамхIу(хIá), ва IáфихIú(хIá), ваIфу IанхIу(хIá), ва акрим нузулахIý(хIá), ва вассиI мудхалахIý(хIá), вагIсилхIу(хIá) бил мáи, вассалжи валбаради, ва наккъихIú(хIá) минал хотIóйá камá наккъайтассавбал абйада минадданас, ва абдилхIу(хIá) дáран хайран мин дáрихIи(хIá), ва ахIлан хайран мин ахIлихIú(хIá), ва завжан хайран мин завжихIú(хIá), ва адхилхIулжанната ва аIизхIу(хIá) мин Iазáбилкъабри ва Iазáбиннáр" «Йа АллахI! Гечде Ахь цунна, къинхетам а бе Ахь цунах, цунах къахете, къинтIера вала Хьо цунна, иза воьрзу меттиг сийлахь а йе Ахь, иза чохь хир волу меттиг шор а йе Ахь, догIунца а, лайца а, шаца а лийчийча санна къинош дIадаха Ахь цуьнан, цIена йоцучу хIумнах кIайн духар дIацIанлуш санна шен къинойх дIацIанве Ахь иза, цуьнан хиллачу хIусамал дика хIусам а ло Ахь цунна, цуьнан охIлунал дика охIлу а ло Ахь цунна, цуьнан хиллачу хIусамненал (зуда елахь: хIусамдел – эр ду) дика хIусамнана а ло Ахь цунна, ялсамане чу а вахийта Ахь иза, кошан Iазапах а, цIеран Iазапах а лар ве Ахь иза». (157) "АллóхIуммагIфир лихьаййинá, ва маййитинá, ва шáхIидинá, ва гIóибинá, ва сагIúринá, ва кабúринá, ва закаринá ва унсáнá! АллóхIумма ман ахьйайтахIý миннá, фаахьйихIú Iалал ислáми, ва ман таваффайтахIý миннá, фатаваффахIý Iалал имáни. АллóхIумма ла тахьримнá ажрахIý ва лá тудилланá баIдахI" «Йа АллахI! Тхан дийначарна а гечде Ахь, тхан беллачарна а гечде Ахь, кхузахь болчарна а гечде Ахь, кхузахь боцучарна а гечде Ахь, тхан кегийчарна а, баккхийчарна а гечде Ахь, божаршна а, зударшна а гечде Ахь. Йа АллахI! Айхьа тхох дийна вуьтуш верг, я керла дуьнен чу воккхуш верг Ислам-дин тIехь хилийта Ахь, Айхьа тхох волуьйтуш верг - Ийманна тIехь валар нисде Ахь цуьнан. Йа АллахI! ХIокхунна хилларг санна болчу мелах тхо ма даха Ахь, хIокхул тIаьхьа тхо тиларчу а ма дахийта Ахь». (158) "АллóхIумма инна (веллачун цIе йоккхур ю) фú зимматика ва хьабли живáрика, факъихIú мин фитнатил къабри ва Iазáбиннáри, ва анта ахIлулвафáи валхьаккъи, фагIфир лахIý вархьамхIу, иннака антал гIофýруррохьúм" «Йа АллахI! “Хьенехан кIант Хьенех” (веллачуьнан цIе йоккхур ю, стаг велахь а, я зуда елахь а) Хьан керахь а ву, Ахь ларвеш а ву, иза ларве Ахь кошан питанах а, цIеран Iазапах а. Бакъдолуш, Хьо тешаман да а, нийсонан да а ву, гечде Ахь цунна, къинхетам а бе Ахь цунах, баккъалла а Хьо ву Гечдеш верг а, Къинхетам беш верг а». (159) "АллóхIумма Iабдука вабну аматика, ихьтáжа илá рохьматика, ва анта гIаниййун Iан IазáбихI. Ин кáна мухьсинан фазид фú хьасанáтихI, ва ин кáна мусúан фатажáваз IанхIу" «Йа АллахI! Хьан лай а, Хьан лай йолчу зудчун кIант а Хьан къинхетам оьшуш ву, ткъа Хьо цунна Iазап ца дича а зен хуьлуш вац, нагахь санна иза дика стаг хиллехь цуьнан дика гIуллакхаш сов даха Ахь, нагахь санна иза вон стаг хиллехь цуьнан вон гIуллакхаш тидаме ма лаца Ахь». 56. Берана тIехь докъу ламаз деш дан деза доIа.(160) "АллóхIумма аIизхIу мин Iазáбил къабри!" «Йа АллахI! Кошан Iазапах лар де Ахь иза». "АллóхIуммаджъIалхIу фаратIан ва зухран ливáлидайхIи ва шафúIан мужáбан, аллóхIумма саккъил бихIú мавáзúнахIумá, ва аIзим бихIú ужýрахIумá, ва алхьикъхIу бисóлихьил муъминúна, ваджъIалхIу фú кафалати ИбрóхIúма, ва къихIú бирохьматика Iазáбал жахьúми, ва абдилхIу дáран хайран мин дáрихIи, ва ахIлан хайран мин ахлихIú. АллóхIуммагIфир лиаслáфинá, ва афрóтIинá ва ман сабакъонá бил úмáн" «Йа АллахI! Цунах цуьнан дена-нанна тIейогIучу хенахь цаьршинна карор йолу ял а, дIайиллина хазна а йе Ахь, шена жоп лур долу шафаIат дийр дерг а де Ахь цаьршинна цунах. Йа АллахI! Цаьршинан терзанаш цуьнца дазде Ахь, цаьршинан ял цуьнца йоккха йе Ахь, Хьайх тешаш хиллачу дикчу нахах дIа а тоха Ахь иза, ИбрахIим-пайхамара дола деш а хилийта Ахь иза, Хьайн къинхетамца жоьжахатин Iазапах лар а де Ахь иза, цуьнан хьалха хилла хIусам кхин а дикчуьнца хийца Ахь, цуьнан охIлу кхин а дикчу охIлунца хийца Ахь. Йа АллахI! Тхан хьалхалерачарна а гечде Ахь, тхан тIаьхьарчарна а гечде Ахь, Хьох тешарехь тхол хьалха боьвллачарна а гечде Ахь». (161) "АллóхIуммаджъIалхIу ланá фаратIан, ва салафан ва аджран" «Йа АллахI! Тхуна цунах ял йе Ахь, хьалха карор долу дика а де Ахь, мел а бе Ахь».
57. Тезетахь деш долу доIа.(162) "Инна лиллáхIи мá ахаза, ва лахIý мá аIтIó, ва куллу шайъин IиндахIý биажалин мусамман.., фалтасбир валтахьтасиб" «Бакъдолуш, Дала Шена дIаэцнарг Цуьнан ду, Цо делларг а Цуьнан ду, массо хIума Цунна гергахь хан тоьхна а ду. Собаре хила хьо, хьайна мел хиларга дог дохуш а хила хьо». "АIзамаллóхIу аджрака, ва ахьсана Iазáака, ва гIафара лимаййитик" «Дала хьан ял сов йоккхийла, хьан синтем хаз а бойла, хьан веллачунна геч а дойла». 58. Велларг каш чу вуьллуш деш долу доIа.(163) "БисмиллáхI, ва Iалá суннати расýлиллáхI". «АллахIан цIарца, АллахIан Элчан суннат тIехь». 59. Велларг дIавоьллинчул тIаьхьа деш долу доIа. (164) "АллóхIуммагIфир лахIу, аллóхIумма саббитхIу" «Йа АллахI! Гечде Ахь цунна. Йа АллахI! Хьайгара ницкъаца чIагIве Ахь иза».
60. Кешнашка зерате вахча деш долу доIа. (165) "Ассалáму Iалайкум, ахIладдийáри минал муъминúна валмуслимúна, ва иннá иншáаллóхIу бикум лáхьикъýна, ва йархьамуллóхIул мустакъдимúна миннá валмустаъхирúна, асъалуллóхIа ланá ва лакумул IáфийахI" «Делера маршалла хуьлда шуна, хIокху хIусамийн охIлу, АллахIах тешаш хиллачарах берш а, бусалба хиллачарах берш а. Дала мукъалахь, тхо а шух дIакхетар долуш ду. Дала вайх хьалхабоьвллачарна а, тIаьхьабогIурболчарна а гечдойла. Ас Деле тхайна а, шуна а къинхетам боьху». 61. Мох баьлча деш долу доIа.(166) "АллóхIумма иннú асъалука хайрахIá ва аIýзу бика мин шаррихIá" «Йа АллахI! Ас Хьоьга доьху цуьнан дика, со Хьоьца лар а ло цуьнан вонах». (167) "АллóхIумма иннú асъалука хайрахIá, ва хайра мá фúхIá, ва хайра мá урсилат бихIи, ва аIýзу бика мин шаррихIá, ва шарри ма фúхIá, ва шарри ма урсилат бихI" «Йа АллахI! Ас Хьоьга доьху цуьнан дика а, цуьнца долу дика а, и мох балийтина долчу бахьанин дика а, со Хьоьца лар а ло цуьнан вонах, цуьнца долчу вонах а, цуьнан бахьанин вонах а». 62. Стигал къевкъича деш долу доIа.(168) "Субхьáналлази йусаббихьурраIду бихьамдихI, валмалáикату мин хúфатихI" «Сийлахь ЦIена ву, Ша хестош тасбихь деш стигал къекъаш верг, малийкаш а Шех кхоьруш Шена тасбихь деш верг». 63. ДогIа дехаран доIанаш.(169) "АллóхIуммаскъинá гIайсан мугIúсан, марúан, марúIан, нáфиIан гIайра дóррин, Iáжилан гIайра áжил" «Йа АллахI! Ахь тхуна догIа даийта Ахь, тхуна гIо деш долу, тхуна дика деш долу, ораматаш кхиош долу, тхуна зене доцуш пайдане долу, сихонца даийта Ахь иза, тIаьхьа ца тоттуш». (170) "АллóхIумма агIиснá, аллóхIумма агIиснá, аллóхIумма агIиснá" «Йа АллахI! ГIо де ахь тхуна (догIа даийтарца), йа АллахI, гIо де Ахь тхуна, йа АллахI, гIо де Ахь тхуна». (171) "АллóхIуммаскъи Iибáдака ва бахIáимака, ваншур рахьматака, ва ахьйи баладакал маййит" «Йа АллахI! Хьайн лайшна а, Хьайн дийнаташна а догIа ло Ахь, Хьайн къинхетам баржа а бе Ахь, делла долу хIара Хьайн латта ден а де Ахь». 64. ДогIа догIуш гича деш долу доIа.(172) "АллóхIумма соййибан нáфиIан" «Йа АллахI! Пайдане дика догIа де Ахь цунах». 65. ДогIа деанчул тIаьхьа деш долу зикр.(173) "МутIирнá бифадлиллáхIи, ва рахьматихI" «АллахIан комаьршаллийца а, Цуьнан къинхетамца а догIа деана вайна». 66. Стигал мархех цIан яр доьхуш деш долу доIа.(174) "АллóхIумма хьавáлайна ва лá Iалайнá, аллóхIумма Iалал áкáми ваззирóби, ва бутIýнил авдийати ва манáбитишшажар" «Йа АллахI! Тхуна гонахьа даийта Ахь догIа, тхуна тIе ма даийта Ахь, (тхуна тIера дIа а дерза дей) гунаш тIе а, лаьмнийн баххьаш тIе а, тогIенаш чу а, диттийн орамаш тIе а даийта Ахь иза». 67. Бутт гича деш долу доIа.(175) "АллóхIу акбар! АллóхIумма ахIиллахIý Iалайнá бил амни, вал úмáни, вассалáмати вал ислами, ваттавфúкъи лимá тухьиббу роббанá ва тардó. Роббунá ва роббукаллóхIу!" «АллахI воккха ву массо хIумнал. Йа АллахI! Иза кхетар тхуна маршо а, Ийман а долуш де Ахь, паргIато а, Ислам а долуш де Ахь, Хьайна дезарг дан тхуна ницкъ луш – хIай тхан Эла – Хьой реза верг дан тавфикъ а луш. Тхан Дела а, хьан Дела а АллахI ву». 68. Суьйранна марха достуш деш долу доIа.(176) "3ахIабаззамау, вабталлатилIурýкъу ва сабатал ажру, иншáаллóхI" «Хьогалла а дIа ели, пхенаш а тIун дели, Дала мукъалахь мел а хили». (177) "АллóхIумма иннú асъалука бирахьматикаллатú васиIат кулла шайъин, ан тагIфира лú" «Йа АллахI! Массо хIума чулоцуш болчу Хьан къинхетамца доьху ас Хьоьга, гечде Ахь суна».
69. Яа хIума яале деш долу доIа. (178) Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шух цхьаъ яа хIума яа волалуш хилахь цо олийла: “АллахIан цIарца” ткъа нагахь санна иза доьххьара ала вицлахь, цо олийла: "БисмиллáхIи фú аввалихIú ва áхирихI" “АллахIан цIарца, доьххьара дуьйна схьа а, тIаьххьара хIара чекхйолуш а”». (179) Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шух цхьанна Дала рицкъа а дина яа хIума яайахь, цо олийла: "АллóхIумма бáрик ланá фúхIи, ва атIимнá хайран минхIу" “Йа АллахI! Беркат де Ахь тхуна цунах, цул диканиг а ло Ахь тхуна”». "АллóхIумма бáрик ланá фúхIи, ва зиднá минхIу" «Йа АллахI! Беркат де Ахь тхуна цунах, кхин а сов а яккха Ахь тхуна иза». 70. Яа хIума йиъна ваьлча деш долу доIа.(180) "Алхьамду лиллáхIиллазú атIIаманú хIáза, ва разакъанúхIи мин гIайри хьавлин миннú ва лá къуввахI" «Хастам бу АллахIана, суна хIара яийна волчу, суна цунах рицкъ дина волчу, сан цу тIехь гIора а дацара, ницкъ а бацара». (181) "Алхьамду лиллáхIи хьамдан касúран, тIаййибан, мубáракан фúхIи, гIайра макфиййин, ва ла муваддаIин, ва лá мустагIнан IанхIу, роббанá" «Хастам бу АллахIана дуккха а, дика а, беркате а болу, даим бан беза хастам бу Цунна, чекх бер боцу хастам бу Цунна, вай бан безаш болу, оьшуш болу хастам бу Цунна, хIай тхан Эла (доIина жоп ло Ахь)». 71. Хьешо, шена яа хIума елла волчу хIусамдена деш долу доIа.(182) "АллóхIумма бáрик лахIум фúмá разакътахIум, вагIфир лахIум, вархьамхIум" «Йа АллахI! ХIокхарна Айхьа деллачу рицкъанах беркат де Ахь, хIокхарна геч а де Ахь, кхерах къинхетам а бе Ахь».
72. Шена хи деллачунна деш долу доIа, я шега хи дехначо деш долу доIа. (183) "АллóхIумма атIIим ман атIIаманú, васкъи ман сакъóнú" «Йа АллахI! Суна яа хIума еллачунна яа хIума ло Ахь, суна хи малийначунна хи а мала де Ахь». 73. Шега марха дастийтинчарна деш долу доIа.(184) "АфтIара Iиндакумуссóимýна, ва акала тIоIáмакумулабрóру, ва соллат IалайкумулмалáикахI" «Марханаш кхобучара марха достийла шуьгахь, шун даар дикчу наха а дуийла, малийкаша къинхетам а, дика а доьхийла шуна». 74. Шена хьалха яа хIума йиллича, марха долчо дан дезарг.Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шух цхьаъ тойне кхайкхича жоп дала деза аш. Ткъа нагахь санна шен марха делахь, царна доIа дан деза, шен марха дацахь яа хIума яа еза».
75. Марха долчо, шега цхьамма вониг аьлча ала дезаш дерг. (186) "Иннú сóим, иннú сóим" «Бакъдолуш, сан марха ду, бакъдолуш, сан марха ду». 76. Доьххьара стом кхоллалучу хенахь шена стом гинчо деш долу доIа.(187) "АллóхIумма барик ланá фú самаринá, ва бáрик ланá фú мадúнатинá, ва бáрик ланá фú сóIинá, ва бáрик ланá фú муддинá" «Йа АллахI! Тхуна тхан стоьмашца беркат де Ахь, тхуна тхан шахьарехь беркат де Ахь, тхуна тхан саьхьашца беркат де Ахь, тхуна тхан кенашца беркат де Ахь».
77. Хьоршам тоьхча дан деза доIа.(188) Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шух цхьамма хьоршам тохахь, цо олийла: "Алхьамду лиллáхI" “Хастам бу АллахIана”тIаккха цо и аьлча, цуьнан вешо, я накъосто цуьнга олийла: "ЙархьамукаллóхI!" “Дала къинхетам бойла хьох”тIаккха шега “Дала къинхетам бойла хьох” аьлча, цо олийла: "ЙахIдúкумуллóхIу ва йуслихьу бáлакум" “Дала нийсачу некъа тIе нисдойла шу, шун хьал а то дойла Цо”».
78. Нагахь санна керста стага хьоршам а тоьхна, Далла хастам бахь, цуьнга ала дезаш дерг. (189) "ЙахIдúкумуллóхIу ва йуслихьу бáлакум" «Дала нийсачу некъа тIе нисдойла шу, шун хьал а нисдойла Цо». 79. Зуда ялийначунна деш долу доIа.(190) "БáракаллóхIу лака, ва бáрака Iалайка ва жамаIа байнакумá фú хайр" «Дала беркат дойла хьох, Дала беркат дойла хьуна, Дала диканна тIехь цхьана а тохийла шуьшиъ».
80. Зуда ялийначо, йа говр, йа эмкал эцначо деш долу доIа. (191) Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Нагахь санна шух цхьамма зуда яла яхь, я шена ялхо яла яхь, цо олийла: "АллóхIумма иннú асъалука хайрахIá ва хайра мá жабалтахIá IалайхIи, ва аIýзу бика мин шаррихIá ва шарри мá жабалтахIá IалайхI" “Йа АллахI! Ас хIокхун дика доьху Хьоьга, хIара Ахь кхуллучу хенахь Ахь кхуьнца кхоьллина долу дика а доьху Хьоьга. Со Хьоьца ларло хIокхун вонах, хIара Ахь кхуллучу хенахь Ахь кхуьнца кхоьллина долчу вонах а”. Нагахь санна шух цхьамма шена тIе хаа хIума эцахь а и санна доIа дойла цо». 81. Шен хIусамненаца гIулкх хилале хьалха дан деза доIа.(192) "БисмиллáхI, аллóхIумма жаннибнá ашшайтIóна, ва жаннибишшайтIóна мá разакътанá" «АллахIан цIарца. Йа АллахI! Тхойшиъ шайтIанах лар де Ахь, Айхьа тхойшинна лур долчу берах а шайтIа генадаккхе, иза а шайтIанах лар де Ахь».
82. ОьгIаз вахча дан деза доIа.(193) "АIýзу биллáхIи минашшайтIóниррожúм" «АллахIаца ларло со, Цо шена генадаьккхинчу шайтIанах». 83. Цхьа бала болуш верг шена гинчо деш долу доIа.(194) "Алхьамду лиллáхIиллазú Iáфáнú миммабталáка бихI, ва фаддалани Iалá касúрин мимман халакъа тафдúлан" «Хастам бу АллахIана, хьуна белла болчу баланах со хьалха витина волчу, Ша кхоьллинчу хIуманашна тIехь дуккха а хIуманца со гIоли вина волчу». 84. Цхьанхьа ша хиина Iаш велахь дан деза доIа.(195) Iумара кIанта IабдуллахIа – Дела реза хуьлда цаьршинна – дийцина: «Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьана “мажлисехь” хиъна Iаш волуш, оха дагар дора цо ша хьалагIаттале 100-зза олуш: "РоббигIфир лú ва туб Iалаййа, иннака антаттаввáбулгIофýр" “Сан Дела, суна гечде Ахь, сан тоба къобал а де Ахь, бакъдолуш, Хьо ву тоба къобал деш верг а, гечдеш верг а”». 85. Мажлисехь дийлинчу хIуманашна долу каффарат.(196) "СубхьáнакаллóхIумма ва бихьамдика, ашхIаду аллá илáхIа иллá анта, астагIфирука ва атýбу илайк" «ЦIена ву Хьо йа АллахI, хастам а бу Хьуна. Ас тешалла до Хьо воцург кхин Дела вац аьлла, Хьоьгара гечдар а доьху ас, Хьоьга тоба а до ас». 86. Шега «Дала гечдойла хьуна» аьллачунна деш долу доIа.(197) "Ва лака!"«Дала гечдойла Хьуна а». 87. Хьайна цхьа дика динчунна дан деза доIа.(198) "ДжазáкаллóхIу хайран" «Дала диканца бекхам бойла хьуна».
88. Дала шайца Даджалах лар веш долу хIумнаш.(199) Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Сурат “АлкахIф” тIера хьалхара итт аят Iамийнарг Даджалах лар вийр ву». Кхин а, ламаз дIадерзадале, аттахьиййат дешначул тIаьхьа Даджалан питанах лар ве аьлла Деле доIа дан деза.
89. Шега цхьамма «Суна Дела доьхьа дукха веза хьо» аьллачунна деш долу доIа. (200) "Ахьаббакаллазú ахьбабтанú лахI" «Шен доьхьа хьуна со везаш волчу АллахIана везийла хьо».
90. Шена даьхни кховдийначунна, а шена ахча кховдийначунна деш долу доIа. (201) "БаракаллóхIу лака фи ахIлика ва малика!" «Дала беркат дойла хьуна хьан доьзалах а, хьан даьхнех а».
91. Ша декхар духадерзош, шега декхар деллачунна деш долу доIа.(202) "БаракаллóхIу лака фú ахIлика ва мáлик, иннамá жазáуссалафил хьамду вал адáу" «Дала беркат дойла хьуна хьан доьзалах а, хьан даьхнах а. Декхар деллачун бекхам хастам а, иза юхадерзор а бу-кх». 92. АллахIаца накъост варх кхоьруш волчо дан деза доIа.(203) "АллóхIумма иннú аIýзу бика ан ушрика бика ва ана аIламу, ва астагIфирука лимá лá аIлам" «Йа АллахI! Со Хьоьца ларло Хьоьца накъост варх, сой хууш а волуш, сайна ца хуучунна гечдар а доьху ас Хьоьга».
93. Шега «Дала беркат дойла хьох» аьллачунна деш долу доIа. (204) "Ва фúка бáракаллóхI" «Хьох а, хьуна а Дала беркат дойла».
94. ХIара вон билгало ю, йа хIара дика ю бохуш долу хIума шена гича, я дага деъча, иза цадезаш деш долу доIа. (205) "АллóхIумма лá тIайра иллá тIайрука, ва лá хайра иллá хайрука, ва лá илáхIа гIайрук" «Йа АллахI! Цхьа а вон дац билгалонца хуьлуш, муххале а Хьох доьзна ду ша-дерг, Хьоьгара доцург дика а дац, Хьо воцург кхин Дела а вац». 95. Ша цхьана хIуманна (машенна, кеманна) тIехууш деш долу доIа.(206) "БисмиллáхIи, алхьамду лиллáхIи, ×Субхьáналлазú саххара ланá хIáза ва мá куннá лахIý мукъринúна, ва иннá илá роббинá ламункъолибýнØ Алхьамду лиллáхIи, Алхьамду лиллáхIи, Алхьамду лиллáхIи, АллóхIу акбару, АллóхIу акбару, АллóхIу акбару, СубхьáнакаллóхIумма, иннú заламту нафсú фагIфир лú, фаиннахIý лá йагIфируззунýба иллá анта" «АллахIан цIарца! Хастам бу АллахIана. ×ЦIена ву вайна хIара муьтIахь дина верг, вай и дан ницкъ болуш а дацара. Бакъдолуш вай вешан Деле доьрзур долуш а дуØ. Хастам бу АллахIана, Хастам бу АллахIана, Хастам бу АллахIана, воккха ву АллахI массо хIумнал, воккха ву АллахI массо хIумнал, воккха ву АллахI массо хIумнал. ЦIена ву Хьо, йа АллахI, ас айса сайна зулам дина йа АллахI (къинош леторца), ткъа Ахь гечдехьа суна, бакъдолуш Ахь бен къиношна геч ца до-кх цхьамма а». 96. Новкъа волуш деш долу доIа.(207) "АллóхIу акбару, АллóхIу акбару, АллóхIу акбару, ×Субхьáналлазú саххара ланá хIáза ва мá куннá лахIý мукъринúна, ва иннá илá роббинá ламункъолибýнØ АллóхIумма иннá насъалука фú сафаринá хIáзалбирра ваттакъвá, ва миналIамали мá тардó. АллóхIумма хIаввин Iалайнá сафаранá хIáзá, ватIви Iаннá буIдахI. АллóхIумма антассóхьибу фиссафари, вал халúфату фил ахIли, аллóхIумма иннú аIýзу бика мин ваIсáиссафари, ва каáбатил манзари, ва сýилмункъалаби фил мáли вал ахIл" «АллахI массо хIумнал воккха ву, АллахI массо хIумнал воккха ву, АллахI массо хIумнал воккха ву. ×ЦIена ву вайна хIара муьтIахь дина верг, вай и дан ницкъ болуш а дацара. Бакъдолуш, вай вешан Деле доьрзур долуш а дуØ. Йа АллахI! Оха доьху Хьоьга хIокху тхайн новкъа дахарехь дикалла а, Хьох кхерар а, Хьо реза волу Iамал а. Йа АллахI! ХIара тхан новкъа дахар тхуна атта де Ахь, хIара некъ тхуна бац а бе Ахь. Йа АллахI! Хьо ву тхан накъост хIокху новкъахь, оха тхешан охIлунца буха вуьтуш верг а. Йа АллахI! Со Хьоьца ларло новкъа вахаран халонех, дегнаш вочу агIор хийцадаларх а, вон хало тIехIоттарх а, сан даьхнина а, охIлунна а зен хиларх а». Ша шен цIентIе юхавирзича, и лакхахь дерг а аьлла, кхин а хIара тIетухур ду: "Áйибýна тáибýна, Iáбидýна лироббинá хьáмидýн" «Вай юха доьрзуш ду, Деле тоба деш долуш, Цунна Iибадат деш долуш, вешан Далла хастам беш а долуш». 97. Юьрта чу воьдуш, я шахьар чу воьдуш деш долу доIа.(208) "АллóхIумма роббассамáвáтиссабIи ва мá азлална, ва роббал арадúнассабIи ва мá акълална, ва роббашшайáтIúна ва мá адлална, ва роббаррийáхьи ва мá зарайна, асъалука хайра хIáзихIил къарйати, ва хайра ахIлихIá, ва хайра мá фúхIá, ва аIýзу бика мин шаррихIá, ва шарри ахIлихIá, ва шарри мá фúхIá" «Йа АллахI! ХIай ворхIе стигланийн а, церан IиндагI тIедужучу хIуманийн а Дела, ворхIе латтанан а, цара шайна тIехь лелош йолчу хIуманийн а Дела, шайтIанийн а, цара галбаьхначеран а Дела, механ а, цара дIасадаржийначун а Дела, ас доьху Хьоьга хIокху юьртан дика, цуьнан охIлунан дика, цунна чохь долчун а дика, со ларло Хьоьца цуьнан вонах, цуьнан охIлунан вонах, цунна чохь долчун вонах».
98. Базар юкъа воьдуш деш долу доIа. (209) "Ла илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду, йухьйú ва йумúту ва хIува хьаййун лá йамýту, бийадихIил хайру ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр" «АллахI воцург кхин Дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла а Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, (Шена луъург) ден во Цо, вала а волуьйту. Иза ша дийна ву, лийр волуш а вац, Цуьнан керахь ду ша-долу дика, массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш а ву Иза». 99. Ша тIехь дIавоьдуш долчу дийнато хьоршам тоьхча олуш дерг.(210) "БисмиллáхI" «АллахIан цIарца!»
100. Новкъа волучо буха вуьссучунна деш долу доIа. (211) "АставдиIукумуллóхIаллазú лá тадúIу вадáиIухI" «Ас Дела кера дIаделла Iад дуьту шу, Шен кера делла цхьа а хIума дан ца дайтуш волчу».
101. ЦIахь вуьссуш волчо новкъа волучунна деш долу доIа. (212) "АставдиIуллóхIа дúнака, ва амáнатака ва хавáтúма Iамалик" «Ас Дела керахь дуьту хьан дин а, хьан тешамалла а, хьан Iамалийн чаккхенаш а». (213) "ЗаввадакаллóхIуттакъвá, ва гIафара занбака, ва йассара лакалхайра хьайсумá кунта" «АллахIа Шех кхерар сов доккхийла хьан, хьан къиношна геч а дойла Цо, хьо стенггахь велахь а, дика дар атта а дойла Цо хьуна». 102. Новкъа воьдуш волуш тасбихь дар а, такбир дар а.(214) Жабира дийцина –Дела реза хуьлда цунна: «Оха тхаьш новкъа доьлхуш долуш, лекхачу метте хьаладовлуш хилча: "АллóхIу акбар" “АллахI массо хIумнал воккха ву” алара, тхаьш лохчу метте охьадуьссуш хилча: "СубхьáналлóхI" “АллахI цIена ву массо эшамах” алара».
103. Новкъа воьдуш волчо Iуьйкъанна деш долу доIа.(215) "СаммаIа сáмиIун бихьамдиллáхIи ва хьусни балáихIú Iалайнá. Роббанá сóхьибнá, ва афдил Iалайнá, Iáизан биллáхIи минаннáр" «Хезаш волчунна хези (шена хезначо дIа а кхача дойла) оха АллахIана беш болу хастам, Цо тхуна динчу ниIматашна а, цо тхоьга еллачу халонна а. ХIай тхан Эла! Тхуна некъан накъост хила Хьо, тхо цIарах лардай, тхох къинхетам а бе Ахь». 104. Цхьана хIусаме воьссинчо дан деза доIа, ша новкъа ваьлла волуш делахь а, я вуьшта делахь а.(216) "АIýзу бикалимáтиллáхIиттáммáти мин шарри мá халакъ" «Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца, Цо кхоьллинчу массо хIуманийн вонах». 105. Цхьанхьа ваханчара цIавеанчо деш долу доIа.(217) "Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува Iалá кулли шайъин къодúр. Áйибýна, тáибýна, Iáбидýна лироббинá хьáмидýн. СадакъаллóхIу ваIдахIу, ва насара IабдахIу ва хIазамал ахьзáба вахьдахI" «АллахI воцург кхин Дела вац, Цхьаъ ву Иза, Цуьнан накъост а вац. Паччахьалла а Цуьнан ду, хастам а Цунна бу. Иза массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш а ву. Вай юха доьрзуш ду, Деле тоба деш долуш, Цунна Iибадат деш долуш, вайн Далла хастам беш а долуш. АллахIа Шен ваIд кхочуш йина, Шен лайна гIо а дина, Ша цхьамма тобанаш эша а йина».
106. Шена хазахеташ долу хIума, я шена халахеташ долу хIума шега кхаьчначо ала дезарг. (218) Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шена хазахеташ долу хIума шега кхаьчча олуш хилла: "Алхьамду лиллáхIиллазú биниIматихIú татиммуссóлихьáт" «Хастам бу АллахIана, Шен ниIматца дика хIумнаш кхочуш хуьлуш волчу». Ткъа шена халахеташ долу хIума шега кхьачча цо олуш хилла: "Алхьамду лиллáхIи Iалá кулли хьáл" «АллахIана хастам бу муьлхха хьолехь а».
107. Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – салават дилларан дозалла. (219) Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Суна цхьа салават диллинчунна, АллахIа цунна итт салават дуьллур ду». (220) Кхин а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Сан кошах шаьш цхьа хIума даздеш йолу меттиг ма елаш, суна салават а диллалаш, бакъдолуш, шу миччахь делахь а, аш суна салават диллича иза соьга схьакхочу шуна». (221) Кхин а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «БIаьрмециг стаг ву, со шена гергахь хьахош хезча суна салават ца диллинарг». (222) Кхин а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Баккъалла а, Делан малийкаш ду дуьнен тIехь дIасалелаш, сан уммато соьга делла салам соьга схьакхачош». (223) Кхин а дош ду Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Соьга цхьамма а салам лур дац, АллахIа сан са суна юхаделла бен, соьга цунна салам юхадалийта».
108. Салам далар даржо дезар.(224) Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шу ялсамане гIур дац аш Ийман диллалц, шу кхоччуш Ийман долуш а хир дац, шу вовший деззалц. Ас шу вовший дезар долу хIума дийца шуна? Шайна юкъахь салам далар даржа де!» (225) Iаммара аьлла – Дела реза хуьлда цунна : «Шеца кхо хIума гулдинчо шеца Ийман гулдина: нийсонна тIехь хилар, массаьрга а салам далар, ша миска велахь а сагIа луш хилар». (226) Iумара кIанта IабдуллахIа – Дела реза хуьлда цаьршинна – дийцина, цхьана стага Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хаьттира аьлла: «Муьлха агIор лелийча хир ду Ислам уггар гIоли?» Цо тIаккха цунна жоп делира: «Нахана яа хIума яош сагIа а даккха ахь, хьайна воьвзачуьнга а, ца воьвзачуьнга а салам а ло ахь».
109. Керста стага шега салам делча, цунна юха дала дезан жоп. (227) Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Нагахь санна шуьга Жайнин охIлуно салам лахь аш ала: "Ва Iалайкум" «Шуна а хуьлда».
110. НIаьна (боргIал) кхойкхуш хезча, я вир Iехаш хезча деш долу доIа.(228) Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Нагахь санна шайна нIаьнеш кхойкхуш хазахь, АллахIе къинхетам а, комаьршалла а еха, бакъдолуш, царна малийк гина шуна. Ткъа нагахь санна шайна вир Iехаш хазахь, шайтIанах ларло АллахIаца, бакъдолуш цунна шайтIа гина шуна». 111. Буьйсанна жIаьлеш уьгIча, я летча дан деза доIа. (229) Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Нагахь санна шайна буьйсанна жIаьла леташ хазахь, я вир Iехаш хазахь, АллахIе шаьш царах лардар деха, бакъдолуш, царна шуна ца гуш дерг го шуна». 112. Айхьа цхьанна вониг аьллехь, цунна дан деза доIа.(230) "АллóхIумма фааййумá муъминин сабабтухIу, фаджъIал зáлика лахIý къурбатан илайка йавмал къийáмати" «Йа АллахI! Ас шена вониг аьлла волчу, Хьох тешаш волчу стагана иза къемат дийнахь Хьайна герга вуьгу бахьана де Ахь цунах». 113. Бусалба стаг хастош хилча ала дезарг. (231) Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Нагахь санна шух цхьаъ бусалба стаг ца хастийча ца волуш хилахь, цо олийла: “Суна иштта хета Хьенех (цIе яккха еза кхузахь), ткъа иза дика вевзаш верг АллахI ву, ас АллахIана хьалха цхьа а цIан ца во, суна иза иштта а, вуьшта а вуй хаьа” – ала деза цо, нагахь санна иза шена хууш делахь». 114. Шена цхьамма диканиг олуш хезначо ала дезаш дерг.(232) "АллóхIумма лá туáхизнú бимá йакъýлýна, вагIфир лú мá лá йаIламýна, ваджъIалнú хайран миммá йазуннýн" «Йа АллахI! Цара суна олуш долчунца соьгара бехк ма баккха Ахь, царна ца хууш дерг суна геч а де Ахь, со царна моьттучал гIоли а ве Ахь».
115. Хьадж деш а, Iумрат деш а дан дезаш долу «Талбийат» (Лаббайк). (233) "ЛаббайкаллóхIумма лаббайк, лаббайка лá шарúка лака лаббайк, инналхьамда, ванниIмата, лака валмулк, лá шарúка лак" «Со муьтIахь волуш ладугIуш ву Хьоьга йа АллахI, Со муьтIахь волуш ладугIуш ву Хьоьга, Хьуна муьтIахь волуш Хьоьга ладугIуш ву со, цхьа а накъост вац Хьоьца, Со муьтIахь волуш ладугIуш ву Хьоьга. Баккъалла а, хастам а, ниIмат а Хьан ду, паччахьалла а Хьан ду, цхьа а накъост вац Хьоьца». 116. ТIаваф деш волуш, Iаьржа тIулг болчу агIон тIе кхаьчча такбир дан дезар. (234) Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьана дийнахь тIаваф дина эмкална тIехь а волуш, ткъа ша оцу агIон тIе кхаьчча, шегара цхьа хIума цунна тIе а хьажа йой, «АллахIу акбар» олуш хилла цо.
117. Йамáний цIе йолчу агIонна а, Iаьржа тIулг болчу агIонна а юккъахь деша дезаш дерг.(235) ×Роббанá áтинá фиддунйá хьасанатан ва фил áхироти хьасанатан, ва къинá IазáбаннáрØ. ×Тхан Дела! Тхуна дуьненахь а дика ло Ахь, эхартахь а дика ло Ахь, цIаран Iазапах тхо лар а де АхьØ 118. Сафа а, Марва а цIе йолчу шина лома тIехь деш долу доIа.(236) Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша Сафа-ломана герга кхаьчча хIара аят а доьший, олуш хилла: ×Иннассофá валмарвата мин шаIáириллáхIØ ×Баккъалла а, Сафа а, Марват а АллахIан билгалонех буØ «Ас доладо Дала долийначунна тIера». ТIаккха Сафа тIе хьалаваьлла иза, шена Хьаьжин цIа гуче кхаччалц, тIаккха къилбехьа цIентIе а вирзина цо аьлла: "АллóхIу акбару, АллóхIу акбару, АллóхIу акбару. Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахI, лахIулмулку, ва лахIулхьамду ва хIува Iалá кулли шайъин къодúр. Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахI, анжаза ваIдахI, ва насара IабдахI, ва хIазамал ахьзáба вахьдахI" «АллахI массо хIумнал воккха ву, АллахI массо хIумнал воккха ву, АллахI массо хIумнал воккха ву. АллахI воцург кхин Дела вац, Цхьаъ ву Иза, Цуьнан накъост а вац. Паччахьалла а Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш а ву. Цхьа АллахI воцург кхин Дела вац, АллахIа Шен ваIд чекх а яьккхина, Шен лайна гIо а дина, Ша цхьамма тобанаш иэша а йина». ТIаккха доIа дина цо. Иштта иза кхозза дина цо. ТIаккха Марват тIе ваьлча а изза дина цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна . 119. Iарафатехь деш долу доIа. ( 9 Зул-ХьиджжахI).(237) Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Уггар дика доIа Iарафатехь дина доIа ду, ткъа ас а, сол хьалха хиллачу пайхамарша а аьлла уггар диканиг хIара ду: "Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува Iалá кулли шайъин къодúр" «АллахI воцург кхин Дела вац, Цхьаъ ву Иза, Цуьнан накъост а вац. Паччахьалла а Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш а ву» 120. Муздалифатехь МашIарул-Хьарам олучу меттехь деш долу зикр.(238) Вайн Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша хьаж дечу хенахь, ша Iарафатера араволуш, шен эмкална Къасвáана тIе а хиъна охьаволавелла. МашIарул-Хьараме кхаччалц охьа а веана, къилбехьа а вирзина доIа дина цо, тIаккха «АллахIу акбар» а, «ЛаилахIа иллаллахIу вахьдахIу ла шарийка лахI» а олуш, Iуьйра хан тIекхаччалц лаьттина иза, тIаккха малх хьалабала герга бахча, иза хьалабалале цигара араваьлла иза. 121. ТIулгаш кхуьссучу хенахь, хIора тIулг кхуссуш дан деза такбир.(239) Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «…тIаккха ша хIора тIулг мел кхуссу такбир дийр ду кхаа меттехь, тIаккха хьалха а ваьлла, къилбехьа а вирзина доIа дийр ду, ши куьг хьала а айдина, доьххьара а, шолгIа тIулгаш кхуьйсучу меттехь. КхоалгIа меттехь тIулгаш кхуьйсуш а такбир дийр ду, хIора тIулг мел кхуссу, ткъа ша ваьлча латта а ца лаьтташ дIагIур ву».
122. Цецваьлча, а хазахетча деш долу доIа. (240) "СубхьáналлóхI" «Сийлахь цIена ву АллахI». (241) "АллáхIу акбар" «АллахI массо хIумнал воккха ву». 123. Шена хазахеташ долу хIума шега кхаьчначо дан дезарг. (242) Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шега шена хазахеташ долу хIума кхаьчча, сужуд деш хилла, Беркате а, Лекха а волчу АллахIана шукр деш».
124. Шен дегIехь цхьа лазар хааделлачо деш долу доIа.(243) Хьайн лозуш йолчу метте хьайн куьг а дилле, кхозза хIара ала: "БисмиллáхI" «АллахIан цIарца». ТIаккха ворхIазза хIара ала: "АIýзу биллáхIи ва къудратихI, мин шарри мá ажиду ва ухьáзир" «Со ларло АллахIаца а, Цуьнан ницкъаца а, сайна сайн дегIехь карош долчун вонах а, со шех кхоьруш долчу вонах а». 125. Ша цхьанна бIаьрг хилийтарх кхоьруш волчо дан деза доIа.(244) Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Нагахь санна шух цхьанна ша цецвоккхуш долу хаза хIума гахь шен вешина тIехь, йа цуьнан дегIаца, йа цуьнан даьхнийца, цо цунна беркат хилар доьхуш доIа дойла, бакъдолуш, бIаьрг хилар бакъ ду шуна». 126. ЧIогIа кхерам болчу хенахь олуш дерг.(245) "Лá илáхIа иллаллóхI" «АллахI воцург кхин Дела вац». 127. ГIурба дуьйш, я вуьшта дийнатана урс хьокхуш а деш долу доIа.(246) "БисмиллáхIи валлóхIу акбару, аллóхIумма минка ва лака, аллóхIумма такъаббал миннú" «АллахIан цIарца хьокху ас, АллахI массо хIумнал воккха ву. Йа АллахI! Хьоьгара ду хIара, хIинца Хьан доьхьа а ду хIара. Йа АллахI! Къобал де Ахь соьгара».
128. Вочу жинийн мекарло юха тохар доьхуш дан деза доIа.(247) "АIýзу бикалимáтиллáхIиттáммáтиллатú лá йужáвизухIунна баррун ва лá фáжирун мин шарри мá халакъ, ва бараа ва зараа, ва мин шарри мá йанзилу минассамáи, ва мин шарри мá йаIружу фúхIá, ва мин шарри ма зараа фил арди, ва мин шарри мá йахружу минхIá, ва мин шарри фитаниллайли ваннахIáри, ва мин шарри кулли тIóрикъин иллá тIóрикъан йатIрукъу бихайрин, йá рохьмáн" «Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца, дика стаг а, вон стаг а шайл тIех валалур воцуш долчу, Цо кхоьллинчу а, динчу а массо хIуманийн вонах, стиглара охьадуссучу массо хIуманан вонах, стигала хьаладолучу массо хIуманан вонах, лаьтта тIехь дIасадаьржина долчу массо хIуманан вонах, лаьтта тIера хьаладолуш долчу массо хIуманан вонах, буьйсанан а, дийнан а питанийн вонах, буьйсанна адамашна тIеоьхуш долчеран а вонах, диканца тIедогIуш дерг доцург. ХIай Къинхетаме верг (ас доьху Хьоьга)». 129. Гечдар дехар а, тоба дар а.(248) Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «АллахIаца дуй буу ас, ас АллахIе гечдар а ма доьху, тоба а ма до хIора дийнахь кхузткъе иттаннал сов». (249) Кхин а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «ХIай нах! Тоба де Деле, баккъалла а ас Деле тоба до шуна хIора дийнахь бIозза». (250) Кхин а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: "АстагIфируллóхIал Iазúмаллазú лá илáхIа иллá хIувал хьаййул къаййýму, ва атýбу илайхI" «Воккхачу АллахIе гечдар доьху ас, Ша воцург кхин Дела воцуш волчу, Дийна волчу, даим волуш волчу, Цуьнга тоба а до ас» - и аьлла доIа динчунна АллахIа гечдийр ду, боьдучу тIама юкъара и аьлларг ведда хиллехь а». (251) Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Дела Шен лайна уггар герга хуьлу хан буьйса юкъал тIехъяллачул тIаьхьа йолу хан ю, ткъа нагахь санна хьой цу хенахь Дела хьахош болчерах хилалахь, хила хьажа хьо». (252) Кхин а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Лай шен Далла герга хуьлуш йолу хан иза Цунна сужуд деш волу хан ю, цу меттехь доIа дар сов даккха аш». (253) Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Бакъдолуш сан даг тIе вицвалар дуссу, бакъдолуш ас АллахIе хIора дийнахь бIозза гечдар а доьху». 130. Тасбихь дар, Далла хастам бар а, «ЛаилахIа иллаллахI» алар а, такбир дар а. (254) Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «ХIора дий нахь бIозза хIара аьллачунна: "СубхьáналлóхIи ва бихьамдихI" «ЦIена ву АллахI, хастам а бу Цунна» аьлла, цуьнан гIалатлонаш дIайохур ю, уьш хIурдан чопа санна елахь а». (255) Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Иттозза хIара аьлларг: "Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува Iалá кулли шайъин къодúр" “АллахI воцург кхин Дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш а ву” – аьлла, цунна мел хир бу, ИсмаIилан кIентех виъ стаг лай волчара кIелхьара ваьккхинчунна санна». (256) Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Ши дош ду маттана ала атта а долуш, терзан тIехь деза а долуш, Къинхетаме волчунна дезаш а долуш: "СубхьáналлóхIи ва бихьамдихIú, субхьáналлóхIил Iазúм" “ЦIена ву АллахI, хастам а бу Цунна, цIена ву Воккха АллахI”» (257) Кхин а аьлла вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «ХIара дешнаш алар дукха деза суна, шена тIе малх мел кхеташ долчу массо хIумнал: "СубхьáналлóхIи, валхьамду лиллáхIи, ва лá илáхIа иллаллóхIу валлóхIу акбар" «ЦIена ву АллахI, хастам а бу АллахIана, АллахI воцург кхин Дела а вац, АллахI массо хIумнал воккха а ву». (258) Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шух хьаьнга ца хилийтало шена хIора дийнахь эзар дика?» ТIаккха цуьнга ладугIуш болчарах цхьамма хаьттина: «Муха хилийталур ду тхоьга хIора дийнахь эзар дика?» Цо жоп делла тIаккха: «БIозза “СубхьаналлахI” аьллачунна, эзар дика яздо цунна, я эзар къа дIадойъу цуьнан». (259) Кхин а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: "СубхьáналлóхIил Iазúми ва бихьамдихI" “ЦIена ву воккха АллахI, хастам а бу цунна” – аьллачунна, ялсамани чохь хурман дитт дугIур ду цунна». (260) Кхин а аьлла вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «ХIай Къайса кIант IабдуллахI! Ялсаманин хазнашха цхьа хазна йовзийта ас хьуна?» Цо жоп делла: «Йовзийтахьа хIай Делан Элча». ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Ахь ала: "Лá хьавла ва лá къуввата иллá биллáхI" “ГIора а дац, ницкъ а бац АллахIера бен”» (261) Кхин а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «АллахIана уггар дукха дезаш долу дешнаш хIара диъ ду: "СубхьáналлóхIи, валхьамду лиллáхIи, ва лá илáхIа иллаллóхIу валлóхIу акбар" “ЦIена ву АллахI, хастам а бу АллахIана, АллахI воцург кхин Дела а вац, АллахI массо хIумнал воккха а ву” Церах ахь муьлххарчуьнца долийча а башхула яц хьуна». (262) Делан Элчанна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тIевеана хилла цхьа стаг, тIаккха цо аьлла Делан Элчане – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Суна дика дешнаш Iамадехьа, эр дара ас уьш даим». ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: "Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахI, аллóхIу акбару кабúран, валхьамду лиллáхIи касúран, субхьáналлóхIи роббилIалáмúна, лá хьавла ва лá къуввата иллá биллáхIил Iазúзил хьакúм" «АллахI воцург кхин Дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац. АллахI массо хIумнал сов воккха ву, АллахIана дуккха а хастам а бу. ЦIена ву АллахI, Iаламийн Эла верг. ГIора а дац, ницкъ а бац, Нуьцкъала а, Хьекъале а волчу АллахIера бен». ТIаккха оцу стага аьлла: «И дешнаш сан Дела хестош ду, ткъа суна хIун ду?» ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – жоп делла цунна: «Ахь ала: "АллóхIуммагIфир лú, вархьамнú, вахIдинú варзукънú" “Йа АллахI! Гечде Ахь суна, къинхетам а бе Ахь сох, нисве Ахь со, рицкъ а ло Ахь суна”». (263) Цхьана стага бусалба дин тIелаьцча, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ламаз Iамош хилла цунна, тIаккха хIара доIа де оле тIедуьллуш хилла: "АллóхIуммагIфир лú, вархьамнú, вахIдинú, ва Iáфинú варзукънú" «Йа АллахI! Гечде Ахь суна, къинхетам а бе Ахь сох, нисве Ахь со, могшалла а ло Ахь суна, рицкъ а ло Ахь суна». (264) Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Бакъдолуш, уггар деза доIа хIара ду: “Хастам бу АллахIана”. Ткъа уггар деза зикр хIара ду: “АллахI воцург кхин Дела вац ” (265) Кхин а аьлла Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Дуьсур долуш долу дика дешнаш хIорш ду: "СубхьáналлóхIи, валхьамду лиллáхIи, ва лáилáхIа иллаллóхIу валлóхIу акбар, ва лá хьавла ва лá къуввата иллá биллáхIи" «ЦIена ву АллахI, хастам а бу АллахIана, АллахI воцург кхин Дела а вац, АллахI массо хIумнал воккха а ву, АллахIера доцург гIора а дац, ницкъ а бац».
131. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – муха деш хилла тасбихь?(266) Iамра кIанта IабдуллахIа – Дела реза хуьлда цаьршинна – аьлла: «Суна Пайхамар гира – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тасбихь доккхуш, шен аьтту куьйгаца».
132. Шортта диканаш а, дика гIиллакхаш а дуьйцуш долу хьадис. (267) Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Буьйса йоьллачул тIаьхьа – йа шаьш суьйренга доьвлча – шайн бераш чу а дерзадей, шайна уллохь совцаде аш, бакъдолуш, шайтIанаш дIасадаьржа шуна цу хенахь. ТIаккха и хан дIаяьллачул тIаьхьа, шайн чохь паргIат дита аш уьш, шайн неIарш а дIакъовла аш, Делан цIе а йоккхуш, бакъдолуш, шайтIано ца йоьлла шуна дIакъоьвлина неI. Шайн хи чудутту пхьегIаш а дIакъовла аш, Делан цIе а йоккхуш, шайн кхечу пхьегIашна тIе цхьа хIума йилле а, уьш а дIакъовла аш, Делан цIе а йоккхуш, шайн тогарш а дIадайъа аш».
1 Кхузахь лууш дерг керста нахаца Дела некъахь тIом бар ду. 2 «Цунна Соьга шех къинхетам балур бу аьлла хетахь, и бан ницкъ болуш ву Со» - бохург ду цуьнан маьIна. 3 Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цIийнан уллохь хилла долу, жима, цIа санна гIишло ю иза. 4 Маккийна гонахьа йолу ши меттиг ю и шиъ. 5 Иза аьллачунна Дала гечдийр ду, цо доIадахь доIийна жоп а лур ду, тIаккха иза аьллачул тIаьхьа, Iуьйранна хьала а гIаьттина, ламаз а эцна, ламаз дахь иза къобал а дийр ду. 6 Тавратан а, Инжилан а охIлу бохург ду Жайнин охIлу бохург. 7 ХIокху доIанан маьIна: Дала хан ях йойла хьан бохург ду. 8 Ибн Маджас шен «Ассунан» жайни чохь далийна ФатIимас – Дела реза хуьлда цунна – дийцина хьадис: «Йа АллахI! Сан къиношна гечде Ахь, Хьайн къинхетаман неIарш дIа а елла Ахь». Албанис нийса ду аьлла иза. 9 АллахIана герга вуьгуш йолу Iамал а, ялсаманехь йолу еза меттиг а ю иза. 10 Кхечу халкъал веза хиларан дарж ду иза. 11 «Хьаниф» бохург цхьана АллахIана Iибадат деш верг бохург ду. 12 Ирс – кхузахь лууш долу цуьнан маьIна: дуьненан даьхни а, дуьненан паччахьалла а, бахам а бохург ду. Ткъа хIокху доIанан маьIна иштта ду: Далла гергахь, Цунна хьалха хIоьттича, хеттарш дан долийча цу дуьненан бахамах пайда хир бац, пайда бийр берг иза дика Iамал ю. 13 ХIара ала а мегаш ду кхузахь: «РоббигIфир лú вархьамнú». 14 Аттахьиййат масийтта кепара ду, ткъа вай долчахь доьшуш лелош дерг ШафиIи мазхIабехь къастийна дерг ду. Иза иштта ду: «Аттахьиййатул мубаракатуссалаватуттIаййибату лиллахIи, ассаламу Iалайка аййухIаннабиййу ва рахьматуллохIи ва баракатухIу, ассаламу Iалайна ва Iала IибадиллахIиссолихьина. АшхIаду ан лаилахIа иллаллахI ва ашхIаду анна Мухьаммадан расулуллохI». 15 «Курсийй» АллахIан Iаршан лахара дакъа ду. 16 Суьйре тIееъча «Асбахьна ва асбахьа…» бохучу дешнийн метта «Амсайна ва амсал мулку…» ала деза, иштта нохчийн маттахь а хийца деза, «вай суьйренга доьвли, хIокху суьйранна паччахьалла а …» аьлла. 17 Суьйранна иштта ала деза: «Суьйренга доьвли вай, хIокху суьйранна паччахьалла а…». 18 Суьйранна олуш хилча доьххьара «Асбахьна» долчахь «Амсайна» а аьлла, «Амсайна» долчахь «Асбахьна» ала деза. 19 Суьйранна цу дешан метта: «Амсайту» ала деза, цуьнан маьIна вай хьалха мааллара «Суьйренга вели со» бохург ду. 20 Кхузахь а суьйранна «ма амса» ала деза. 21 Суьйранна иштта ала деза: «Амсайна ва амсал мулку лиллахIи…» - «Тхо суьйренга доьвли, хIокху суьйранна паччахьалла а…». 22 Суьйранна «Амсайна» «Суьйренга доьвлла вай» ала деза. |