| Iелам-нах |
|
| Аудио |
Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!
● «Даим тешаме а, даим бакълуьш а хилла волу бусалба совдегархо (махлелорхо) гIазотехь кхелхинчаьрца хир ву къемат дийнахь». («Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб», Ал-Мунзирий – Ал-Албаний). ● «Даим бакълуьш а, даим тешаме а хилла волу совдегархо (махлелорхо) пайхамаршца а, уьш кхоччуш бакъбинчаьрца а, гIазотехь кхелхинчаьрца а хир ву». (Тирмизи). ● «Со а, буоберан доладеш, цуьнга хьожуш, иза лелош верг а ялсаманехь иштта хир ву» - иза а олуш, Пайхамара – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – шен хьажо-пIелг а, юкъара пIелг а хьалаайбира. (Бухари). ● Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Пайхамара – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Йиссина Iаш йолчу зудчуьнан а, мискачуьнан а гIуллакхе хьожуш лелаш верг тера ву АллахIан некъахь гIазот деш волчух». Кхин а цо иштта аьлча санна а хета суна: «кхин а иза тера ву кIад ца луш дуккха а ламаз деш волчух а, дастар доцуш марханаш кхобуш волчух а». (Бухари, Муслим). ● «Ма тамашийна ду-кх АллахIах тешачуьнан гIуллакх – дикачу агIор ду-кх цуьнан гIуллакх дерриг, АллахIах тешачунна бен кхечунна иштта дан а дац иза: шена хазахета хIума хилча АллахIана баркалла олу (шукр до) цо, тIаккха иза дика хуьлу цунна; шена халахета хIума хилча собаре хуьлу иза, тIаккха иза а дика хуьлу цунна». (Муслим). ● «Дуьненаца йолу ойла кIеззиг йолуш, эхартаца ерг алсам йолуш хила хьо – АллахIана везар ву хьо; нехан керахь долчу хIуманца а, церан даьхница а йолу ойла кIеззиг йолуш хила хьо – нахана везар ву хьо». (Ал-Албани, «Ас-Силсилатус-СохьихьахI»). ● «АллахI реза хилар да (нана) реза хиларехь ду, АллахIан оьгIазло а ден (ненан) оьгIазлонца ю». (Ал-Албани, «Ас-Силсилатус-СохьихьахI»). ● Цхьана стага, Пайхамарна – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – тIе а веъна, аьлла хилла: «ХIай АллахIан элча! Цхьа доккха къа латийна ас, тоба къобал хир дарий-те сан?» Пайхамара – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – хаьттина цуьнга: «Нана юй хьан?» Цо аьлла: «Яц». Цо – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – хаьттина тIаккха: «Ненайиша юй хьан?» «Ю» - аьлла жоп делла цо. ТIаккха Делан Элчано – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Делахь, цуьнца дика хила хьо массо агIор». (Тирмизи). ● Савбáна – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «(Рамадан беттан) марха даьстинчул тIаьхьа ялх дийнахь марха кхабар шарахь марха кхабар санна ду. Цхьа дика динчунна иза совдоккхур ду итт дика долуш санна». (Ибн МаджахI). ● «Рамадан баттахь а, Шаввал беттан ялх дийнахь а марха кхаьбначо цхьана шарахь марха кхаьбна». (Ибн Хьиббан). ● Абу Аййуба – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Рамадан баттахь марханаш а кхаьбна, тIаккха цул тIаьхьа Шаввал беттан ялх дийнахь марха кхаьбнарг дерриг дахарехь марханаш кхаьбнарг санна хир ву». (Муслим). ● «ИбрахIиман жайнаш рамадан беттан хьалхарчу буса диссийна, Таврат рамадан беттан ялх де дIадаьлча доссийна, Инжил рамадан беттан кхойттолгIачу дийнахь доссийна, Къуръан рамадан беттан ткъе доьалгIачу дийнахь доссийна». (Ахьмад). ● «Рамадан беттан доьххьара буьйсанна шайтIанаш а, хецаделла жинаш а дIадоьхку, жоьжахатин неIарш дIа а къовлу, цхьа а неI кхин хьа а ца йоьллу (цу баттахь), ялсаманин неIарш схьа а йоьллу, цхьа а неI кхин дIа а ца къовлу, кхайкхархочо кхойкху (цу буса): «ХIай дика дан луург, тIеверза диканна! ХIай вон дан луург, вухавала вочух!» (Цу беттан) хIора буьйсанна АллахIа жоьжахатин цIерах кIелхьара бохуш нах бу». (Бухари, Муслим). ● «Бакъдолуш, (рамадан беттан) хIора буьйсанна, хIора марха достучу хенахь АллахIа цIерах кIелхьарабохуш нах бу». (Ибн МаджахI). ● «Пхи ламаз а, цхьа рузба вукха рузбанна тIекхаччалц а, рамадан бутт а, шайна юкъахь дийлина къинош гечдаран бахьанаш ду, даккхийчу къинойх ларвелчахьана». (Муслим). ● «Рамадан баттахь, иза бакъ хиларх а, парз хиларх а теша а тешаш, шена мел хиларга дог а дохуш, цу беттан буьйсанашкахь ламазаш динчунна гечдийр ду цуьнан дIадаханчу къиношна». (Бухари, Муслим). ● Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шен асхьабашка олуш хилла, цаьрга кхаъ боккхуш, мархин баттахь Iамал йар цаьрга совдаккхийтархьама: «Рамадан бутт тIебеана шуна, беркате бутт. Нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа парз дина тIедиллина шуна хIокху баттахь марха кхабар. ХIокху баттахь дIайоьллу стигланийн неIарш, хIокху баттахь дIачIогIу жоьжахатин неIарш, дIадоьхку хецаделла шайтIанаш. ХIокху батта чохь буьйса ю, иза эзар баттал еза ю – цуьнан диканах ваьлларг массо диканах ваьлла». (Насаий, Ахьмад). ● «Рамадан баттахь, иза бакъ хиларх а, парз хиларх а теша а тешаш, шена мел хиларга дог а дохуш марханаш кхаьбначунна гечдийр ду цуьнан дIадаханчу къиношна». (Бухари, Муслим). ● «(Къемат дийнахь) терзан тIехь уггар деза (хир) долу хIума – хаза гIиллакх ду». (СуйутIи – Ал-Албани, «Сохьихьул-ДжамиIис-СогIир») ● «ХIора стаг (къемат дийнахь) шен сагIанан IиндагIехь хир ву, нахана юкъахь кхел йина яллалц». (Ахьмад, Хьаким, Ибн Хьиббан, Ибн ХузаймахI). ● «Бакъдолуш, сагIа луш хиллачарна сагIано дIайойъур ю кошан йовхо, ткъа, АллахIах тешаш хилларг къемат дийнахь шен сагIанан IиндагIехь хир ву». (ТIабараний, БайхIакъий). ● «ХIара дешнаш аьлларг: «АшхIаду ал-лáилáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахI, ва анна Мухьаммадан IабдухIу ва росýлухI, ва анна Iúсá IабдуллóхIи вабну аматихI, ва калиматухIу алкъóхIá илá Марйама ва рýхьун минхI, ва аннал-джанната хьаккъ, ва аннаннáра хьаккъ» - ялсаманин бархI неIарех шена луъучу чухула ялсамани чувохуьйтур ву иза АллахIа». Уьзза хьадис деана, и дешнаш аьлларг, АллахIа «цуьнан Iамале хьаьжжина ялсамани чувохуьйтур ву» аьлла. (Муслим) Дешнийн маьна: "Ас тешалла до АллахI воцург кхин дела ца хиларца – ша цхьаъ ву Иза, накъост а вац Цуьнан – Мухьаммад Цуьнан лай а, элча а хиларца, Iиса АллахIан лай а, Цуьнан лайн кIант а, Цо Марйаме делла долу дош а, Цуьнан омрунца чу са кхоьллина а хиларца, ялсамани а бакъ хиларца, жоьжахати а бакъ хиларца". ● «Бакъдолуш, лекха хинволчу АллахIана ца веза вон мотт болуш верг а, боьха мотт лиебеш верг а». (СуйутIи – Ал-Албани, «Сохьихьул-ДжамиIис-СогIир») ● «Цхьа бIе бусалба стага шена тIехь докъан ламаз динчунна (Дала) гечдийр ду». (Ибн МáджахI) ● «Ша Iуьйренга ваьлча сунна итт салават диллинчунна а, ша суьйренга ваьлча сунна итт салават диллинчунна а къемат дийнахь сан шафаIат хир ду». (ТIабараний) ● «Суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду». (Ахьмад, Муслим, Абу Давуд, Тирмизий, Насáий) ● «Суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду, цунна тIера итт гIалат а дIадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву». (Ахьмад, Бухарий «Ал-Адаб», Насаий, Хьаким) ● «Дийнахь а, буса а (деш долу) шийтта ракаIат суннат ламазаш динчунна Дала ялсамани чохь цIа дугIур ду». (Ахьмад, Муслим, Абу Давуд, Насаий, Ибн МаджахI) ● «Дийнахь а, буса а шийтта ракаIат (суннат ламазаш) динчунна Дала ялсамани чохь цIа дийр ду: делкъа ламазал хьалха диъ ракаIат а, цул тIаьхьа ши ракаIат а, маьркIижа ламазал тIаьхьа ши ракаIат а, пхьуьйра ламазал тIаьхьа ши ракаIат а, Iуьйра ламазал хьалха ши ракаIат а». (Тирмизий) ● «Делкъа ламазал хьалха а диъ ракаIат (суннат ши ламаз) динарг, цул тIаьхьа а диъ ракаIат (суннат ши ламаз) динарг Дала (жоьжахатин) цIарна хьарам вийр ву». (Ахьмад, Тирмизий, Насаий, Ибн МаджахI) ● «Делкъа ламазал хьалха долу диъ ракаIат (ши суннат ламаз) а, цул тIаьхьа долу диъ ракаIат (ши суннат ламаз) а лардеш (дита ца дуьтуш) динарг жоьжахатин цIарна хьарам вина ву». (Абу Давуд, Насаий, Тирмизий, Ибн МаджахI, Хьаким) ● «Делан доьхьа жамаIатца шовзткъа дийнахь ламаз ламаз динчунна – доьххьара такбир имамаца а деш – иза шина хIуманах цIанвалар яздийр ду цунна: (жоьжахатин) цIарах цIанвалар (кIелхьара валар) а, мунепакъаллех цIанвалар а». (Тирмизий) ● «Ламаз а дина, юха шолгIа ламаз тIекхаччалц собар деш хиъна Iаш верг ламаз деш волуш сана ву, шолгIа ламазан хан тIекхаччалц». (Насаий) ● «Халонашкахь а, сингаттамехь а Дала шена жоп далар хазахеташ волчо, ша паргIатонехь волуш Деле доIа дар совдоккхийла». (Тирмизий, Хьаким) ● «Дала шен рицкъ сов даккха лууш волчо а, шен хан яхйалийта лууш волчо а шен гергарлонаш чIагIдойла». (Ахьмад, Абу Давуд) ● «Ша дика дича хаза а хеташ, ша вон хIума дича хала а хеташ верг – иза муъмин (Делах тешаш стаг) ву». (ТIабараний) ● «Шена Дела а, Цуьнан Элча а веза лууш волчо Къуръанна тIе а хьожуш Къуръан доьшийла». (Абу НуIайм, БайхIакъий «ШуIабул-Ийман», Ал-Албани «Ас-Силсилатус-СохьихьахI») ● «Кхозза Деле ялсамане ехначунна ялсаманис олу: «Везан Дела, ялсамани чу ваийта Ахь иза»; кхозза жоьжахатин цIарах ларвеллачунна жоьжахато олу: «Везан Дела, жоьжахатах ларве Ахь иза». (Тирмизий, Насаий, Хьаким) ● «Некъа тIера тIулг дIаайъинчунна мел язбина, ткъа шен мел хилларг ялсамане вахана». (ТIабараний) ● «Къинхетам беш волчунах – цо жимчу хьозанна бен къинхетам ца бахь а – Дала къинхетам бийр бу цунах къемат дийнахь». (Бухарий [Ал-Адабул Муфрид], ТIабараний) ● «Шен (бусалба) вешин сий лардинарг – Дала къемат дийнахь цуьнан юьхьах цIе юхатухур ю». (Ахьмад, Тирмизий) ● «Шайна гергахь со хьахавахь (шайна со хьахош хазахь) суна салават диллалаш, бакъдолуш, суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду шуна». (Тирмизий) ● "Iуьйра ламаз а дина, малх хьалабаллалц Дела хьахош (маьждиг чохь) хиъна а Iийна, тIаккха ши ракаIат ламаз динчунна мел хир бу хьадж а, Iумрат а дича санна, кхачаме долу, кхачаме долу, кхачаме долу". (Тирмизий) ● "Iуьйра ламаз динарг Делан керахь хир ву суьйренга валлалц". (ТIабараний) ● "Пхьуьйра ламаз жамаIатца динарг – ах буьйсанна ламазаш динарг санна ву, Iуьйра ламаз жамаIатца динарг – ерриг буьйсанна ламазаш динарг сана ву". (Муслим, Ахьмад) ● Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – волчу веара цхьа бIаьрзе стаг. Цо элира: «ХIай Делан Элча! Со маьждиге вуьгуш цхьа а гIоьнча (вигархо) вац сан». ТIаккха цо дийхира Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шена шен цIахь ламаз дан магор. Цо магийра цунна тIаккха, ткъа иза дIаволавеллачу хенахь цо элира: «(Ламазе) кхайкхам хезий хьуна?» Цо элира: «ХIаъ». Цо элира тIаккха: «Делахь жоп ло». (Муслима дийцина иза). ● Iаишатера – Дела реза хуьлда цунна – схьа деана, Пайхамарера – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – схьа (цо аьлларг): «Вахош долу массо малар хьарам ду». (Барт хилла хьадис ду иза). ● Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «ХIокху сан маьждигехь дина ламаз дика ду кхечу маьждигехь динчу эзар ламазал, Хьарам маьждиг доцург». (Бухарис а, Муслима а дийцина иза). ● Ибн Iумара – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Шайн зударий маьждигах буха ма бетта аш; (делахь а) церан хIусамаш дикахо ю царна». (Абу Давуда дийцина иза). ● IабдуллахI ибн МасIуда – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Ас хаьттира Делан Элчане – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «АллахIана уггар дукха еза Iамал хIун ю?» Цо элира: «Шен хенахь дина ламаз ду». Ас элира: «ТIаккха муьлхур ю?» Цо элира: «Деца-ненаца дика хилар ду». Ас элира: «ТIаккха муьлхур ю?» Цо элира: «Делан некъахь гIазот дар ду». (Бухари, Муслим). ● Абу Марсад Ал-ГIанавийс – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Суна хезира Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – олуш: «Кешнашна тIедерзе ламаз а ма де, царна тIе охьа а ма ховша». (Муслима дийцина иза). ● Абу ТIолибан кIанта Iалийс – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Бакъдолуш, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дари схьа а эцна, иза шен аьтту куьйга диллира, деши схьа а эцна, иза шен аьрру куьйга диллира, тIаккха цо элира: «Бакъдолуш хIара шиъ хьарам ду сан умматан божаршна». (Ахьмада а, Абу Давуда а, Насаийс а дийцина иза). ● Iусмана – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «АллахIа доьхьа маьждиг диначунна АллахIа ялсамани чохь цIа дийр ду». (Муслима дийцина иза). ● «Делан доьхьа эсала хир вац цхьа а, Дала (массо агIор) иза лакхаваьккхиний бен». (Муслим). ● Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Сан цIенна а, сан минбарна а юкъахь йолу меттиг ялсаманин бошмашха цхьа беш ю». (Бухари, Муслим) ● Жабира аьлла – Дела реза хуьлда цунна: Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Аьрру куьйга яахIума ма яа аш, бакъдолуш шайтIано юу аьрру куьйга яахIума». (Муслима дийцина иза). ● «Шега чекхъяккхалушшехь шен оьгIазло юхатоьхнарг – кеъмат дийнахь АллахIа иза кхойкхур ву массо нахана юкъара: хьурул-Iийн мехкарех шена еззарг схьахоржуьйтур ю цуьнга». (Тирмизи). ● Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла Iаишате – Дела реза хуьлда цунна – : «ХIай IаишахI! Бакъдолуш АллахI кIеда-мерза ву Ша кхоьллинчу хIуманца, кIеда-мерза хилар деза а деза Цунна. КIеда-мерза хиларца Цо ло шогаллийца ца луш дерг а, кхечу хIуманца ца луш дерг а». («Сахьихьул-джамиIис-сагIир», СуйутIи – Ал-Албани). ● «Бакълер тIедуьллу ас шуна, бакъдолуш бакълеро дикаллийна тIе вуьгу, ткъа, дикалло ялсамане вуьгу». («Сахьихьул-джамиIис-сагIир», СуйутIи – Ал-Албани). ● «ВорхI хIума ду, стаг веллачул тIаьхьа иза шен каш чохь волчу хенахь а цунна мел хуьлуьйтуш: йа Iилма дIахьехар, йа татол (хи) далор, йа гIу яккхар, йа хурманан дитт дIадер, йа маьждиг дар, йа шел тIаьхьа (дешийта) Къуръан дитар, йа ша веллачул тIаьхьа шена гечдар доьхуш долу бер дитар». («Сахьихьул-джамиIис-сагIир», СуйутIи – Ал-Албани). ● «Цхьамма цхьа (стоьман) дитт дIадехь, цу тIера стом буур бац адамо а, йа Дала кхоьллинчу цхьа а кхечу хIумано а, и доьгIначунна цунах сагIа хилла бен». (Бухари). ● Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Ницкъ болу муъма стаг (АллахIах тешаш верг) АллахIана гергахь дика а, алсам везаш а ву гIийла муъма-стагал а…». (Муслима дийцина иза). ● Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Салам жимачо воккхачуьнга ло, тIехволучо хиъна Iачуьнга ло, кIеззиг болчара дукха болчаьрга ло». (Бухари, Муслим). ● Анаса – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Кхо хIума доьду веллачунна тIаьхьа: цуьнан охIлу а, цуьнан даьхни а, цуьнан Iамал а. Шиъ юхадоьрзу, цхьаъ дуьссу: цуьнан охIлу а, цуьнан даьхни а юхадоьрзу, цуьнан Iамал (цуьнца) юьссу». (Бухари, Муслим). ● «Къемат дийнахь шух уггар суна герга хир верг дуьненахь шух уггар хаза гIиллакх долуш хилларг ву». ("Сахьихьул-ДжамиIиссагIир", СуйутIи - Албани). ● «Бусалба нехан некъа тIера царна новкъарло ен хIума дIаяьккхинчунна Дала цунна и бахаьана долуш дика яздийр ду, ткъа Дала Шена гергахь дика яздинарг Цо ялсамане вохуьйтур ву». ("Сахьихьул-ДжамиIиссагIир", СуйутIи - Албани). ● «Нахана новкъарло йийр йолу хIума некъа тIера дIаяккха ахь, бакъдолуш иза - ахь сагIа далар ду хьуна». ("АссилсилатуссахьихьахI", Албани). ● «Хазчу гIиллакхал деза хIумма а дац терзана тIехь». ("Сахьихьул-ДжамиIиссагIир", СуйутIи - Албани). ● «Къемат дийнан баланех хьалха вала лууш волчо декхаран халоно лаьцнарг Iадвуьтийла (аттонга валлалц), я и декхар Iаддуьтийла цунна». (ХIара хьадис Муслима дийцина). ● «Бусалба стаге шозза декхар деллачунна мел хир бу цо и декхар цкъа сагIийна делча санна». (Ибн МаджахI). ● «Уггар езчу Iамалех ю ахь хьайн бусалба вешин дагчу хазахетар кхоллар, я цуьнан декхар дIадалар, я цунна юург ялар». ("Сахьихьул-ДжамиIиссагIир", СуйутIи - Албани). ● «Шен бусалба вешица ара а ваьлла, цуьнан хьашт кхочуш деш цуьнца леллачу бусалба стеган когаш Дала чIагIбийр бу когаш галдоьвр долчу (къемат) дийнахь». ("АссилсилатуссахьихьахI", Албани). ● «Сайн бусалба вешин хьашт кхочуш дан цуьнца вахар дукха деза суна, маьждиг чохь цхьана баттахь иIтикаф дарал а». ("АссилсилатуссахьихьахI", Албани). ● «Шен вешин хьашт кхочуш деш хиллачуьнан - Дала хьашташ кхочуш дийр ду». ("Сахьихьул-ДжамиIиссагIир", СуйутIи - Албани). ● «Шух уггар диканиг - шена а, кхечарна а Къуръан Iамийнарг ву». (Бухари) ● «Массо дика хIума сагIа ду, диканиг де олуш верг, диканиг гойтуш верг иза динарг санна ву». ("Сахьихьул-ДжамиIиссагIир", СуйутIи - Албани). ● Ибн Iумара - Дела реза хуьлда цунна - дийцина, Делан Элчано - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - элира аьлла: «Делан некъахь волчуьнан корта лаза баьлча, цо шена мел хиларга догдахахь, цул хьалха хилла долчу къиношна гечдийр ду цунна». (ХIара хьадис ТIабаранийс а, Ал-Баззара а дийцина). ● Абу Зарра - Дела реза хуьлда цунна - дийцина, Делан Элчано - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - элира аьлла: «Хьой миччахь велахь а Делах кхера хьо, айхьа динчу вуонал тIаьхьа иза дIадойъур долу дика де ахь, нахаца дика гIиллакх а леладе ахь». (ХIара хьадис Тирмизийс дийцина, "дика, нийса хьадис ду" а олуш). ● Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Делан Элчано - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - элира: «Имамо "гIойрил-магIдуби IалайхIим валаддоллин" аьлча, аш ала "Амин", бакъдолуш малайкаша олучуьнца шен алар цхьанадеанчунна гечдийр ду цуьнан дIадахана долчу къиношна». (ХIара хьадис Бухарис дийцина). ● Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Делан Элчано - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - элира: «Салам жимачо воккхачуьнга а, воьдуш волчо хиъна Iачуьнга а, кIеззиг болчара дукха болчаьрга а лойла». (ХIара хьадис Бухарис а, Муслима а дийцина). ● Ан-Наввас ибн СимIана - Дела реза хуьлда цунна - аьлла: «Ас Делан Элчане - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - хаьттира дикаллех а, воллех а лаьцна, тIаккха цо суна жоп делира: «Дикалла - хаза гIиллакх хилар ду; волла - хьан даго тIе ца лоцуш, хьуна синтем ца хуьлуьйтуш, хьуна нахана довзийта ца луург ду». (ХIара хьадис Муслима дийцина). ● Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Делан Элчано - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - элира: «Цхьана бусалба стага кхечу бусалба стеган лардан деза декхар ялх ду: хьайна иза гича цуьнга салам ло ахь, иза хьайга кхайкхича цунна жоп а ло ахь, цо хьайгара хьехар дехча хьехар а де ахь цунна, цо хьоршам тоьхча "АлхьамдулиллахI" алахь "ЙархьамукаллахI" ала ахь, иза цомгаш хилча цуьнга хьажа а гIо хьо, иза веллачул тIаьхьа дIавуллучу хенахь иза дIаволла а гIо хьо». (ХIара хьадис Муслима дийцина). ● Барáъ ибн Iáзиба – Дела реза хуьлда цунна – дийцина: «Цхьана дийнахь тхо Пайхамарца – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – кешнашка дахара, Ансарашна юкъара велла волу цхьа стаг дIаволла. ТIаккха цунна даьккхина долчу каш тIе дIакхечира тхо. Иза каш чу виллале хьалха Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – охьахиира, тхо а тIаккха охьахевшира цунна гонах. Тхо хевшина Iаш дара, тхешан кортош тIехь олхазарш долуш санна (дIатийна, меттах ца хьеш). Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – керахь цхьа гIаж йара, лаьттах Iуьттуш. ТIаккха корта хьала а айъина, цо элира: - «АллáхIаца ларло шу кошан Iазапах» - шозза йа кхозза элира цо иза. ТIаккха кхин дIа элира цо: «Бакъдолуш, Делах тешаш хилла волу Цуьнан лай хIокху дуьненах дIакъаста герга вахча, эхарта верза хан тIехIоьттича, стиглара малийкаш дуьссу цунна тIе, малх санна къегина кIайн яххьаш а йолуш, шайца цхьаьна ялсамани чура марчу а долуш, ялсамани чура марчуна тоха деана IатIарш а долуш. ТIаккха уьш охьаховшу, цуьнан бIаьрго лоццучул генахь. Цул тIаьхьа валаран малийк схьадогIу – Делера салам хуьлда цунна – цуьнан коьрте охьа а хуий, олу цо: «ХIай дика са! Арадала Делан гечдаре, Дела реза хиларе!» ТIаккха цуьнан са арадолу, гIумгIи чура хи арадолуш санна атта. Валаран малийко схьаоьцу цуьнан са. Цо иза схьаэцначул тIаьхьа, вукха малийкаша бIаьрга негIар тоххал юкъа хан ца йолуьйтуш цуьнгара иза схьа а оьций, шайца деанчу марчуна юкъахьарчадо иза, шайгарчу IатIаршна юкъадуьллу иза. ХIокху дуьнена тIехь йолу уггар хаза хьожа санна дика а, хаза а хьожа хуьлу цуьнан. ТIаккха уьш хьаладоьлху, хIора малийкийн тоба шайна дуьхьал мел-кхета цара хеттарш а деш: «ХIара хьенан дика цIена са ду?» - олий, тIаккха хIокхара жоп а луш: «ХIара хьенеха кIант хьенех ву» - олий, цуьнан дуьненахь йоккхуш хиллачу уггар дикчу цIерашца иза царна вовза а вовзуьйтуш. ТIаккха вайна уггар герга йолчу стигала хьалакхочу уьш иштта, и стигал дIаеллар доьху цара, иза дIайиллинчул тIаьхьа кхин дIа а хьала доьлху уьш ворхIолгIачу стигала кхаччалц, малийкашна и са хеста а деш. ТIаьххьара, Нуьцкъала а, Сийлахь а волчу АллахIана герга кхочу уьш, тIаккха Цо олу: «ДIаязде Сан лайн жайна лаккхарчу даржашкахь! ТIаккха дуьнена тIе охьа а дерза де цуьнан са, бакъдолуш Ас латтанах кхоьллина а бу уьш, цуьнга юхаберзор болуш а бу уьш, тIаккха кхин цкъа а цунах схьабохур болуш а бу уьш». ТIаккха цуьнан са цуьнан дегIе юхадерзадо. Цул тIаьхьа ши малийк догIу цунна, цаьршимма иза охьахааво. Цаьршимма хотту цуьнга: «Хьан Дела мила ву?» Цо олу: «Сан Дела АллахI ву!» Цаьршимма хотту: «Хьан дин хIун ду?» Цо олу: «Сан дин Ислам ду!» Цаьршимма хотту: «И шуна юкъахь ваийтина волу стаг мила ву?» Цо олу: «Иза Делан Элча ву – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –». Цаьршимма хотту цуьнга: «Хьуна муха хиъна иза?» Цо олу: «Ас АллахIан Жайна (Къуръан) дийшира, тIаккха со АллахIах тийшира, ас иза бакъ а дира!» ТIаккха стиглара схьа кхайкхар до: «Бакълуьйш ву Сан лай! Ялсаманин кузаш таса цунна буха, ялсаманин духар а духа цунна тIе, ялсаманин неI а елла цунна дIа!» ТIаккха ялсаманин хазчу хьожанех хьожа йогIу цунна, цуьнан бIаьрго лоццучул гена шор а до цуьнан каш. Цхьа хаза юьхь а йолуш, хаза духарш а долуш, йогIуш хаза хьожа а йолуш волу цхьа стаг вогIу цунна тIе тIаккха, цо олу: «Хьо воккхавийр волу кхаъ бу хьоьга! ХIара ду, хьуна хир ду аьлла долу де». ТIаккха цо хотту цу стаге: «Хьо мила ву? Хьан юьхь диканца вогIучуьнан юьхь ма ю!» Цо жоп ло: «Со хьан дика Iамал ю!» ТIаккха цо олу: «Сан Дела! Къемат дийнан сахьт тIехIоттадехьа, сайн доьзале а, сайн даьхни тIе а юхавоьрзур вара-кх со!» Бакъдолуш, керста хилла волчу Делан лайн хIокху дуьненах дIакъаьста герга вахча, эхарта верза цуьнан хан тIехIоьттича, стиглара малийкаш дуьссу цунна тIе, Iаьржа яххьаш а йолуш, шайца цхьаьна шога кIадеш а долуш. ТIаккха уьш охьаховшу, цуьнан бIаьрго лоццучул генахь, валаран малийк схьа а деана, цуьнан коьрте иза охьахаъалц. ТIаккха цо олу: «ХIай боьха са! Арадала Делан оьгIазлоне!» ТIаккха цуьнан са цуьнан дегIаца дIасадаьржа, тIаккха озадой арадоккху иза, тIеда тIаргIи юкъара хьабоккхуш болу баI санна. Валаран малийко схьаоьцу цуьнан са. Цо иза схьаэцначул тIаьхьа, вукха малийкаша бIаьрга негIар тоххал юкъа хан ца йолуьйтуш цуьнгара иза схьа а оьций, шайца деанчу шогачу кIадешна юкъахьарчадо иза. ХIокху дуьнена тIехь йолу уггар боьха хьожа санна хьожа хуьлу цуьнан. ТIаккха уьш хьаладоьлху, хIора малийкийн тоба шайна дуьхьал мел-кхета цара хеттарш а деш: «ХIара хьенан боьха са ду?» - олий, тIаккха хIокхара жоп а луш: «ХIара хьенеха кIант хьенех ву» - олий, цуьнан дуьненахь йоккхуш хиллачу уггар вочу цIерашца иза царна вовза а вовзуьйтуш. ТIаккха вайна уггар герга йолчу стигала хьалакхочу уьш иштта, и стигал дIаеллар доьху цара, делахь а, иза дIа ца йоьллу царна». И аьллачул тIаьхьа Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дийшира хIара айат: ×Стигланийн неIарш йеллане а дIайоьллур яц царна, механ Iуьргахулу эмкал чекхяьлча а ялсамани а бохуьйтур бац уьшØ. [Сурат «Ал-аIрóф» 40 айат]. Кхин дIа элира Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «ТIаккха Дала олу: «ДIаязде Сан лайн жайна уггар лахарчу дуьненахь уггар лахарчу даржашкахь!» ТIаккха цуьнан са охьакхуссу». Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – юха а дийшира айат: ×Делаца накъост веш верг – стиглара охьавоьжна стаг санна ву, олхазарша лоций дIахьо иза, йа мохо генарчу кIорге чувожаво изаØ. [Сурат «Алхьадж» 3I айат]. Кхин дIа элира цо: «ТIаккха цуьнан са цуьнан дегIа чу юхадерзадо, цул тIаьхьа ши малийк догIу цунна, цаьршимма иза охьахааво. Цаьршимма хотту цуьнга: «Хьан Дела мила ву?» Цо олу: «Аааъ… Ааааъ… ХIааъ… Ца хаьа суна». Цаьршимма хотту: «Хьан дин хIун ду?» Цо олу: «Аааъ… Ааааъ… ХIааъ… Ца хаьа суна». Цаьршимма хотту: «И шуна юкъахь ваийтина волу стаг мила ву?» Цо олу: «Иза… Аааъ… Ааааъ… ХIааъ… Ца хаьа суна». ТIаккха стиглара схьа кхайкхар до: «Харцлуьйш ву! ЦIеран кузаш таса цунна буха, жоьжахатин неI а елла цунна дIа!» ТIаккха жоьжахатин боьхачу хьожанех хьожа йогIу цунна, каш гатдо цунна, цуьнан меженийн хуттургаш чура йовллалц. Боьха юьхь а йолуш, боьха духарш а долуш, йогIуш боьха хьожа а йолуш волу цхьа стаг вогIу цунна тIе тIаккха, цо олу: «Ирча кхаъ бу хьоьга! ХIара ду, хьуна хир ду аьлла долу де». ТIаккха цо хотту цу стаге: «Хьо мила ву? Хьан юьхь вонца вогIучуьнан юьхь ма ю!» Цо жоп ло: «Со хьан вон Iамал ю!» ТIаккха доьху цо Деле: «Сан Дела! Къемат де ма хIоттийтахьа!». [Тирмизий, Ахьмад, и дешнаш Ахьмада дийцина ду]
|