Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Имам ГIазали

– Дала къинхетам бойла цунах –

 

Имам ГIазалих лаьцна яздина дукха жайнаш ду. Хьалхалерачу баккхийчу Iелам-наха яздина а, тахана болчу Iелам-наха яздина а, таханлерачу университеташкахь бина талламаш а, иштта кхин дIа а. Имам ГIазали бусалба нахана массарна а воьвзина ца Iаш, дерриг дуьненна а воьвзаш Iелам-стаг ву. Цундела, бусалба наха шайн баккхийчу белхашкахь вийцина хиларал совнаха, дуккха а бусалба боцучара а яздина цунах лаьцна жайнаш: цуьнан дахарх лаьцна а, цуьнан цхьацца жайнех лаьцна а, динана Iилманехь а, философин Iилманехь а, бераш кхиоран Iилманехь а, хазаллин кхетамаш буьйцучу юкъахь а, политикин Iилманехь а, адамийн юкъараллин Iилманехь а, гIиллакхийн талламашкахь а, иштта кхин дIа а мел дукха ю агIонаш. Ткъа кхузахь и ша-дерг яздан ойла яц сан, йа и яздина вер а вацара со, йа яздалур а дацара соьга суна лиъча а, цундела хIара жайна жима хиларе терра, кхуьнан жималле а хьаьжна кIеззиг Имам ГIазалих лаьцна дийца а дийцина Iаддуьтур ду ас. КIорггера шена иза вовза луучо деша мегар ду ас лахахь хьахор долу жайнаш а, меттигаш а.

 

Имам ГIазалин цIе

  Цуьнан цIе Мухьаммад ибн Мухьаммад ибн Мухьаммад ибн Ахьмад АлгIазáлий АттIýсий ю. Ахьмадан кIента Мухьаммадан кIентан Мухьаммадан кIант Мухьаммад ву иза. Абу Хьáмид аьлча воьвзаш ву иза бусалба нахана. Бусалба наха цунна тиллина йолу кхоалгIа цIе Хьуджжатул Ислáм ю. Хьуджжатул Ислáм бохург – бусалба динан тешалла бохург ду, бусалба динца цхьаьна ца богIучарна доьхьал долу тешалла бохург ду, бусалба дин бакъхилар гучудоккху тешалла бохург ду. Хьуджжатул Ислáм аьлча бусалба Iелам-нахана воьвзаш верг цхьа ГIазали бен вац. Ткъа цунна и цIе тилларан шен бахьана ду. Ибн Таймийана а, Закариййа Ал-Ансóрийна а Шайхул Ислáм аьлла цIе тиллина Iелам-наха, цуьнан а шен бахьана ду. Амма Имам ГIазалина и цIе тилларан бахьана цо бусалба динна дина долу гIо ду, бусалба дин а, цуьнан нийса кхетам а цо кхечу харц кхетамашна тIехь тола бар ду, Къуръанан а, Суннатан а некъ цо кхечу некъашна тIехь лакхабоккхуш къахьегар ду. И муха хилла хьуна жимма лахахь хуур ду, Дала мукъа лахь.                           

Имам ГIазали вина хан а, меттиг а, цуьнан жималла а

Иза вина 450-чу шарахь, хIижратан терахьца, 1058-чу шарахь вукха терахьца. Цуьнан вар хилла ТIýс цIе йолгIу шахьарехь, таханлера Иран-пачхьалкхан Мешхад цIе йолчу гIалийна уллехь. Имам ГIазалин да шен доьзал кхаба гIерташ болх беш хилла, тIаргIа лелош. Делахь а и болх баро Iилма дезар а, шен шина кIанте – Имам ГIазалийга а, цуьнан вешига Ахьмаде а – Iилма Iамадайтар дIатосуш ца хилла цо. Цу хенахь ТIýс-гIалахь дуккха а Iелам-нах а, дика-нах а хилла, цундела Iелам-нахаца йоккха уьйр хилла ГIазалин ден. Церан доьзал бусалба дин чIогIа лелош доьзал хилла, доьзалан да ша а хилла Iилма долуш. Ша фикъхI-Iилманан Iелам-нахе ладогIа вахча доIа деш хилла Имам ГIазалин дас, шен шина кIантах цхьаъ «факъúхI»[1] вар доьхуш, ткъа ша хьехам бечу Iелам-нахе ладогIа вахча доIа деш хилла цо, шен шина кIантах цхьаъ хьехам барца говза Iелам-стаг хилийта олий. Цуьнан доIина Дала жоп делла – цхьа кIант воккха факъихI хилла, важа кIант чIогIа хьехамча а хилла. ГIазалин дас ша шен куьйга даьккхинарг бен хIумма а къобал деш ца хилла, цундела церан доьзал жимма къен хилла. ХIара ши кIант жима а волуш валар нисделла цуьнан, иштта и шиъ байлахь хьалакхиъна. Шена валар герга деъча, ГIазалин дас шен доттагI цхьа Iилманца схьа а кхайкхина, цуьнга аьлла: «Айса яздан ца Iаморна чIогIа дагахь баллам бу суна. Сайга дан ца делларг хIокху сайн шина кIантана хилийта лаьа суна. Ас даьхни дуьту хIинца сайл тIаьхьа, и даьхни дIа а эце цаьршинна Iилма Iамадар доьху ас хьоьга, и даьхни дерриг чекхдолуш хилахь а и шиъ Iамор Iад ца дуьтуш». Иштта дIавелла цо и шиъ шен доттагIчуьнга, ша дика да хиларе терра, дикчу дас шен берашна лур долу уггар дика хIума Iилма а хиларе терра. ГIазалин да велла – Дала къинхетам бойла цунах –, тIаккха хIара ши кIант Iамо волавелла цуьнан доттагI. Дикка хан яьлла цо цаьршинна шена хуург хьоьхуш. ТIаьххьар а, цаьршинан дас дитина даьхни чекхдаьлла дикка хан яьлча, цаьршима кхин дIа хьуьжарехь дешар гIолий а хетта, цо и шиъ хьуьжаре вахийтина. И бахьана долуш цаьршиннах тIаьхьа воккха ши Iелам-стаг хилла. Имам ГIазалис олуш хилла шаьшшиъ хьуьжаре вахарх лаьцна: «Iилма Iамо дIаволалучу хенахь Дела доьхьа а доцуш волавелира тхойшиъ, ткъа АллахIана ца лиира иза Шен доьхьа бен хилийта». Цу хенахь хьуьжаршкахь чоь а, даар-духар а, жиммачул ахча а луш хилла. Цу хьуьжарехь ешна Имам ГIазалис жимма фикъхI, Имам Ахьмад Аррáзакáнийца.

 

Имам ГIазалис Iилма Iамор а, иза лелла меттигаш а.

 Цу хьуьжарехь дерг дикка Iамийначул тIаьхьа, Имам ГIазали «Журжáн» цIе йолчу гIала вахна, цигарчу Iелам-стагца Имам Абу Наср Ал-ИсмáIúлийца кхин дIа а Iилма Iамо. Цуьнца дикка дешна цо, шена цуьнгара хезаш долу Iилманан пайданаш дIа а яздеш. Ша цуьнгара схьа яздина долчу пайданашна цо цIе тоьхна «АттаIлúкъахI» аьлла. Имам ГIазалис дуьйцу, ша Журжáнера шен гIала юха цIа вогIучу хенахь, новкъахь шеца хилларг: «Новкъахь тхуна доьхьал боьвлира талораш деш болу жуьйликаш. Соьгахь долу массо хIума дIа а даьккхина, дIабаха боьвлира уьш. Амма со царна тIаьхьа вахара. Цхьа хан яьлча со гира церан хьалхаваьллачунна. Цо соьга элира: «Ахь хIун леладо? ХIаллакьхила лаьа хьуна? Юхаверза!» Ас элира цуьнга: «Ахь хьайна маршо хилар доьхуш волчу Делаца доьху ас хьоьга, и сан яздарш «ТаIлúкъахI» схьалохьа, шуна цунах хила пайда а бацара». Цо хаьттира: «ХIун ю и хьан «ТаIлúкъахI»? Ас элира тIаккха: «ДIора тIоьрмиг чохь долу сан жайнаш ду. Цаьрга ладогIархьама, уьш дIаяздархьама, церан Iилма довзархьама хийра махка вахана вогIуш вара со». ТIаккха, цо вела а велла элира: «Ахь муха олу хьайна цу тIехь дерг хаа а хаьа, айхьа иза Iама а дина? Оха хьоьгара уьш схьадаьхча, Iилма а доцуш ма-висна хьо?» ТIаккха шен накъосташка уьш суна юхадалийтира цо. Дала со сайн гIуллакхехь нисвалийта, цуьнга алийтина хIума дара иза. Со сайн гIала «ТIýсе» дIакхаьчча, и айса яздинарг дагахь Iамош къахьийгира ас кхаа шарахь, тIаккха со хилира, жуьйликаша сан некъ хадийча а сан Iилма довр доцуш».[2] Иштта лаккхара лаамаш болуш хилла Имам ГIазали жималлехь дуьйна.

Цул тIаьхьа Имам ГIазали Нúсáбýре вахна, цигарчу НúзáмиййахI Университетехь деша. ХIетахь цу университетан коьрта Iелам-стаг Имамул Хьарамайн Абул МаIáлú Ал-Джувайнú[3] хилла. Цигахь чIогIа къахьегга Имам ГIазалис, масийтта Iилманехь доккха дакъа а схьаэцна цо: ФикъхI Iилманехь а (къаьсттина ШафиIийн мазхIабехь), бусалба динан баххашкахь а, фикъхIан баххашкахь а, логикехь а, философехь а, къовсаман Iилманехь а, иштта кхидолчу Iилманашкахь. Цу хIора Iилманехь жайнаш яздина цо цигахь волуш, массара тешалла а деш нийса а, дика а жайнаш а хилла уьш. Цигахь гучуяьлла цуьнан говзалла а, цуьнан хьекъал а, цунна Дала делла корматалла а. Хьафиз Iабдул-ГIóфир Алфáрисийс дуьйцу цуьнан хIетахьлера хьал: «Кхиберш санна дукха хан а ца йоккхуш, кIеззигчу хенахь чекхйаьккхира цо и университет, шен нийсархошна юкъахь генна хьалхаваьллера иза. Къуръанан охIлу хилира цунах, цу замангахь массара масал лоцура цунах. Дешархоша дукха пайда эцара цуьнгара, царна хьеха а хIоттийнера иза. Шена тIехь чIогIа дукха болх бора цо, кхечарна дукха пайда а лора цо. ТIаьххьара а, ша жайнаш яздан велира иза…»[4]  «Усулул ФикъхI»  - фикъIхан баххаш Iилмангахь жайна яздина хилла Имам ГIазалис, ша Имам Джувайница доьшуш волчу хенахь. Ткъа Имам Джувайни цу Iилманехь воккха Iелам-стаг лоруш ву, цо яздина «Алваракъóт» цIе йолу жайна тахана а массара доьшуш лелош ду. Цо хьоьхучу хенахь, цо дуьйцург дIа а яздеш, шегара шена хетарг тIе а тухуш яздина хилла Имам ГIазалис и жайна. ТIаьххьара, иза шен хьехархочунна цо дIагайтича, Имам Джувайнис аьлла: «Дийна воллушехь дIавоьлли-кх ахь со, со валлалц жимма собар дан ца мегара ахь?!» Кхин а аьлла Имам Джувайнис цунах лаьцна: «ГIазали бух боцу хIорд бу».[5]

Нúсáбýрехь итт шо хан яьккхина Имам ГIазалис, Имамул Хьарамайн Алджувайница доьшуш. Шен ткъе бархI шо кхаьчча, Имам Алджувайний веллачул тIаьхьа, ГIазали араваьлла Нúсáбýрера. Иза вахна Багдада уллохь йолчу Низóмул Мулк[6] Iаш волчу шахьаре. Имам ГIазали ша волчу вогIуш вуй а хууш, цо цунна ша волчара Iелам-нах схьагулбина хилла, цаьрга вовшийн Iилманан хаттарш дийцийта. Цигахь мел хиллачу Iелам-стагца хьалхе яьккхина ГIазалис. Низóмул Мулк цунах цецваьлла, цуьнан лерам а бина, цуьнан Iилма довза а доьвзина, иза Багдадехь йолчу НизáмиййахI университете хьеха хIоттийна цо. Цу шахьарехь кхин цхьа масех шо а даьккхина, шен ткъе-дейтта шо кхаьчча Багдаде веъна иза: хIетахь халифатан нана-гIала хилла Багдад. Ша Багдаде дIакхачарца, хьеха дIаволавелла иза. Цигарчу наха баккхийбеш тIелаьцна иза. Царна чIогIа дика хетта цуьнан къамелан хазалла а, цуьнан дозаллин кхачамалла а, цуьнан меттан цIоналла а, цуьнан кIорггера Iилма а. Цу университетехь иза хьоьхуш волчу хенахь шен Iилманан сийлаллин буьхье кхаьчна Имам ГIазали. Цо хьоьхучу хенахь цуьнга ладогIа вогIуш хилла баккхийчу Iелам-нахах виъ бIе стаг. Багдадехь цIе дIаяхна цуьнан, нахана гергахь дарж айделла цуьнан, цхьаболчу паччахьийн даржал а сов долуш. Массо агIор хIара дуьне цуьнан когаш хьалха дIахIоьттина. Шен мехкан Хорасанан имам хилла ца Iаш, Иракан а имам хилла цунах хIетахь. Цигахь волуш яздина ГIазалис фикъхI-жайнаш а, усýлул-фикъхI жайнаш а, хилпалонан жайнаш а, кхин масийтта Iилманан жайнаш а.  

ПаргIат хан боху хIума доьвзина хилла а дац Имам ГIазалина – Дала къинхетам бойла цунах –. Цуьнан дерриг дахар къахьоьгуш чекхдаьлла, хIора минотах пайда оьцуш чекхдаьлла. Бусалба динан Iилманаш Iамийна ца Iаш, Грецира схьакхаьчча йолу философи а Iамийна цо, ша волчу заманахь хьекъал долчу нахана юкъахь иза чIогIа яьржина хиларна. Хьоьхуш хьехархо а воцуш, ша церан жайнаш а доьшуш, шина шара юкъахь (485 хI/ш – 487 хI/ш) филóсофийн Iилманийн чаккхенга кхаьчча иза. Багдадехь йолчу НизáмиййахI университетехь ша хьоьхуш волчу хенахь, цу университетехь ша коьрта Iелам-стаг а волчу хенахь, кхо бIе дешархочунна хьеха дезарг дIа а хьоьхий, яздан деза жайна яз а дой, тIаккха шена оцу белхашна юкъахь паргIат хан карийча, оццу юкъахь Iамош хилла цо философи. Иштта бен Iамийна йоццушехь, шен заманахь шел чIогIа иза евзаш кхин стаг хир воцуш философи евзина цунна. Цо дуьйцу шен «Алмункъиз минаддолáл» жайни тIехь, ша иза муха Iамийна: «ТIаккха со тIевирзира и Iилма Iамо, жайнаш дешар бен кхин хьехархо а воцуш. Ас дешара уьш, ШарIан Iилманан жайна яздарх а, ШарIан Iилманаш дIахьехарх а сой паргIат вóлучу юкъахь – кхо бIе дешархочунна хьеха а, пайда бан а дезаш вара со хIетахь, Багдадехь. Сийлахь-цIена а, Лакха а волчу АллахIа суна йовзийтира церан Iилманан чаккхенаш, уггар лакхара агIонаш, оцу кIеззигчу хенахь жайнаш дешар бен ас кхин дукха и Iилма Iамийна доццушехь. Цул тIахьа, сой цунах кхеттачул тIаьхьа, ас цхьа шо гергга хан яьхьира цунна тIехь ойла а еш, иза карла а доккхуш, цуьнан вон агIонаш талла а толлуш, цу Iилманца долчу Iехаваларна сой тIекхиъалц, цуьнца долу харц хIума бакъ ду моттийтар а, бакъо гайтар а, доцург хетийтар а шеко йоцуш сайна довззалц».[7] ХIетахь, 484 хI. шарахь яздина цо шен «Макъóсидул ФалáсифахI»[8] цIе йолу жайна а, 485 хI. шарахь «ТахIáфутул ФалáсифахI» цIе йолу жайна а. Цу хенахь яздина цо «АлбáтIиниййахI»[9] - «къайлахошна» доьхьал яздина долу «Фадóихьул БáтIиниййахI» - «Къайлахойн боьхаллаш» цIе йолу жайна.

Диъ бIе дезткъе борхIалгIачу (488 хI.) шарахь Имам ГIазали Багдадера ара а волий, Шема-махка воьду. Цигахь Дамаскехь ши шо хан йоккху цо, ерриг хан Iибадатана дIа а хьажийна. Дамаскан маьждигехь Iаш хилла иза, цуьнан минбар чу хьала а волий, неI дIа а къовлий, дийно-сарралц Далла Iибадат деш, шен «са а нисдеш, гIиллакхаш а туодеш, Лекха хинволу АллахI хьехош дог а цIандеш».[10] Дамаскехь ши шо даьккхинчул тIаьхьа Къудсе (Иерусалиме) воьду иза – Дала къинхетам бойла цунах –. Цигахь а иштта хан йоккху цо, Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – стигала хьалавоккхучу хенахь тIехIоьттина лаьттина болу тIулг чохь болчу маьждигехь Iибадат деш хIора дийнахь. Цул тIаьхьа жимма хан яьлча хьадж дан воьду иза, Хьиджáзе, Макка а, Медината а. Цигара дукха цаIIаш юхавоьрзу иза, ша винчу махка, «ойланаша а, берийн дехарша а цига дIа а озавой, дерриг адам цига юхадирзича а вуьшта воьрзур воцуш волу».[11] Иштта хан йоккху Имам ГIазалис, Багдадера араваьлчахьана дуьйна итт шарахь, шен когашна хьалха лаьтташ хилла долу хIара дерриг дуьне Iадда а дуьте, доллучу даьхнех дIа а хеде, ша-шена тIехь болх а беш, шен са а, дог а цIан а деш, Далла Iибадат а деш, Дела хьехор алсам а деш, шен дагчохь цхьа АллахI бен хIума а ца дуьтуш. Оцу юкъахь яздо цо шен «Ихьйáъ Iулýмиддúн» жайна а, «Ал-АрбаIúн» жайна а, иштта кхидолу кегий жайнаш а. 499-чу шарахь Имам ГIазали волчу вогIу вазир Фахрул-Мулк (Низамул Мулкан кIант). Цо чIогIа дехарш до цуьнга, Нисабуре НизамиййахI университете хьеха юхавагIахьара олий. Цо ша кхин ца витча, шена гонахьарчу Iелам-нахах а, дикчу нахах а дага а волий, ГIазали Нисабуре воьду, цигахь бусалба дин хьеха. Адамаш шайн динна генадоьвлла а долуш, ша-шеца кхин дIа а болх беш Iайла дац олий, юха а хьехарна тIевоьрзу иза, шел хьалха хилла болу массо Iелам-нах а, Iилманчаш а берзаре терра. Цигахь волуш яздо цо шен «Алмустасфá» цIе йолу Усулул ФикъхI Iилманан уггар доккха жайна а, «Алмункъиз минаддолáл» цIе йолу, шен дахар дуьйцу жайна а. Делахь а, Нисабурехь хьоьхуш дукха хан ца йоккху цо. Цхьа жимма хан яьлча – ши-кхо шо даьлча – ша винчу метте юхавоьрзу иза, ша Iадда витале Нисабур Iадда а юьтий. Ша шен жималлехь кхиъначу метте юхавирзича, цхьа жима хьуьжар а йо цо, шайн дахар Далла Iибадат дарна дIаделла болчу мискачу нахана цхьа жима цIа а до цо. Цига юхавирзинчул тIаьхьа, ша валлалц йолу хан – кхо-диъ шо – шен жимчу хьуьжар чохь шегара Iилма дIа а хьохуш, шен махкахь а, бусалба нахана юкъахь а хIоьттина долу хьал шега нислуччу агIор – хьехарца а, жайнаш яздарца а – нисдан а хьожуш йоккху цо. Оцу юкъахь яздо цо «Илжáмул Iавáм Iан Iилмил калáм» цIе йолу жайна а, «Дурратул ФáхирохI фú Iулýмил áхирохI» а, «МинхIáжул Iáбидúн» а жайнаш а. Ша валале цхьа кIеззиг хан хьалха Имам ГIазали волало хьадисан Iилма Iамо, Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хьадисаш кIорггера Iамо. Шена уллера гIалара ша волчу кхайкхе цо валаво, хьадисан Iилманан да Хьáфиз Абул Футйáн Iумар бин Абил Хьасан Арруáсий, цуьнга шена хьадисан Iилма хьехийта. Цуьнгара «хезна»[12] цунна Бухарин а, Муслиман а «Сахьихь» ши жайна.[13] Сол хьалха дуккха а баккхийчу Iелам-наха ма-аллара ала лаьа суна кхузахь, и хьадисан Iилма цо жимма хьалхе Iамийна хиллехьара и саннарг цуьнан заманахь и Iилма доьвзаш хир вацара. Делахь а, цхьацца бахьанашна и Iилма Iамо тIаьххьарчу хенахь бен ца волавелла хилла иза, цундела цуьнан цхьадолчу жайнашкахь заьIап хьадисаш а, кхоьллина хьадисаш а даьхкина. Цо ша а олуш хилла - «хьадисан Iилма кхачаме дац соьца» - олий.[14]

Иштта хилла иза шен дерриге дахарехь. Цунах лаьцна яз мел динчара аларал сов, суна дагадогIу, со шолгIачу шарахь доьшуш волуш тхуна Тавхьид хьоьхуш хиллачу хьехархочо Iабдурраззакъ бин Iабдул-Мухьсина цунна дина тешалла: «Ша цхьа Iилма схьалаьцча, цу Iилманца ша уггар лакхара дарже хьалакхаччалц Iад дуьтуш ца хилла цо иза. Шел лакхара стаг цу Iилманехь кхин хир воццучул Iилма Iамош хилла цо. Хьекъал а, кхетам а, Iилма а чIогIа тамашийна долуш хилла иза… Имам Бухарин «Сахьихь» жайна шен накхана тIедиллина а долуш ваьлла иза кху дуьненара ара». Имам ГIазалис ша дуьйцу, шен дахарх лаьцна ша яздинчу «Алмункъиз минаддолáл» цIе йолчу жайни тIехь, ша Iилма Iамор муха хилара: «…Сайн доьххьарчу жималлехь дуьйна – сой кхиъна валарга герга вахчахьана, ткъа шо а кхачале хьалха, хIинца хIара шовзткъе-иттолгIа шераш тIекхаччалц – хIокху (Iилманан) хIурдан кIорге гIиртина со, майраллийца цуьнан тулгIенаш юкъавийлина со, кхоьруш волу пис санна а ца лелаш. ХIора бодана юкъаводара со (иза бовзархьама), цхьа а хало ца йитара ас тIаьхьа ца кхуьуш. Ерриг тобанийн кхетамаш теллира ас, хIора тобанан некъийн къайленаш лехира ас, нийса верг а воцург а сайна вовзийтархьама, суннатца верг а, бидIатца а верг сайна вовзийтархьама. Цхьа а «къайлахо» ца витара ас, цуьнан къайлахалла сайна йовза лиъна бен, цхьа а «тIехулахо» а ца витара ас, цуьнан тIехулаллин жамIаш сайна довзийтина бен, цхьа а философ а ца витара ас, цуьнан философин духе кхиъча бен, цхьа а «къамелан да» а ца витара ас, цуьнан къамелан а, къовсаман а чаккхе сайна йоьвзича бен, цхьа а суфий а ца витара ас, цуьнан цIеналлин къайле сайна йовззалц, цхьа а Далла дукха Iибадат деш верг а ца витара ас, цуьнан Iибадатах цуьнга доьрзуш дерг сайна довззалц, цхьа а динера араваьлла галваьлла стаг а ца витара ас, динера аравала а, галвала а цунна харц майралла елларг хIун ду сайна доьвзича бен. ХIора хIуманан бакъ долчу маьIне кхача лаар даим сан хилла гIиллакх дара, сан дахар дIадоладелчахьана дуьйна, ас хIара гIуллакх долийчахьана дуьйна. Дала сан синкхетам чу диллина гIиллакх дара иза, соьгара сайгара а, йа ас хаьржина а дацара. Иштта со кхечира цхьанна тIаьхьавазаран чаккхенга…»[15]

АзхIар университетан Шайх хилла волчу МустIофа АлмарóгIийс аьллачу дешнаша ма-дарра хьагойту Имам ГIазалис Iилма Iаморан жамIаш муха хилла а, цуьнан Iилманан барам мел дукха хилла а: «Iелам-нехан цIерш йохуш хезча, дага догIу уьш шайца гIарабоьвлла долу Iилманийн дакъош а, хаамийн генаш а. Масала, Ибн Сúнá, йа Фáрóбий хьахийча дага вогIу Бусалба философех воккха ши философ; йа Бухари а, Муслим а, Ахьмад а хьахош хезча дагабогIу къонахий, дагахьIаморца а, бакълерца а, тешамаллийца а, нийсонца а, хьадис дийцинарш бовзарца а хьалхе яьккхина болу. Амма ГIазали хьахош хезча, и агIонаш алсам йовлу, дагчу цхьа стаг ца вогIу, муххале а масийтта стеган сурт хIутту хьалха, хIоранне а шен-шен дарж а, мах а болуш… ДагавогIу динан а, фикъхIан а баххаш доьвзаш волу, цаьрца говза волу ГIазали а, маьрша факъихI ГIазали а, «къамелан да» ГIазали а, Суннатан имам а, иза лардархо а волу ГIазали а, юкъараллин Iилманча ГIазали а, адамийн хьолаш а, церан синойн къайленаш а, церан дегнийн хаамаш а боьвзаш волу ГIазали, философ волу ГIазали, йа философина дуьхьало а йина, цуьнца дерг гучудаьккхина волу ГIазали а… Вайна хьалха хIутту шен заманан Iилманаш шена чохь гулдина волчу стеган сурт, массо Iилма довзарга хьаьгна волчу стеган сурт, Iилманийн дакъошца кхиъна ваьлла волчу стеган сурт».[16]

 

Имам ГIазалис Бусалба дин дендеш, Уммат туо деш хьегна къа а, цо нахана бина Iаткъам а

Абу Давуда а, Хьакима а, БайхIакъийс а дийцина Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хIара хьадис: «Бакъдолуш, хIора бIе шеран коьртехь АллахIа хIокху уммат юкъара стаг гIаттор ву, умматан дин цунна дендеш хир волу». Цу хьадисан маьIна деш Iелам-нехан тайп-тайпана дешнаш ду, цу хьадисаца богIуш болу Iелам-нах билгалбахарехь. Делахь а, массо Iелам-нехан барт хилла хIума ду, хьалхарчу бIе шеран дин дендархо Имам Iумар бин Iабдул-Iазиз хилар, шолгIачу бIе шеран дин дендархо Имам ШафиIий хилар, пхоьалгIачу бIе шеран дин дендархо Имам ГIазали хилар – Дала Шен къинхетам бойла церах массерах.[17] Иштта йоккхачу меттигца лерина иза Бусалба динан Iелам-наха. Иза цара иштта лараран бахьана цуьнан догцIеналла а ю, ихлас а ду, цо хьегна къа а ду.

Имам ГIазалис хьегна къа дийца дуьйладалале хьалха довзийта деза цуьнан заманахь Бусалба динан хилла хьал а, Бусалба Умматан хилла хьал а. Имам ГIазали – Дала къинхетам бойла цунах – ваьхначу хенахь бусалба нехан дика хьал ца хилла. Галдаьлла хилла пачхьалкхан даьхнин хьал а, юкъараллин хьал а, паччахьийн хьал а, бусалба дин лелоран хьал а. Масала, нахана тIейожийна хилла хьакъ доцуш йоккхуш йолу ясакх. Мисрехь хилла болчу шииташа дIасабаха буьтуш ца хилла хьаьжой, шаьш аьлла болу мах дIа ца белча. Паччахьийн даьхни совдаьлла хилла, кхидолу адамаш мацалла а хIуттий леш хилла. Шина паччахьана юкъахь дов даьлча, вовший талораш деш хилла, эскарша нехан даьхни схьадохуш хилла, цIенош а, туьканаш а кара ерзош хилла. Махлелорхой а харцахьа лелабоьвлла, шайга хаттар дан стаг воций а хууш, цундела цара шайна луъучу хенахь мах тIетухуш хилла, шайна луъучу хенахь нахана коьрта оьшуш долу даар духкучара сацош хилла. И бахьана долуш цхьацца меттигашкахь хан йогIуш хилла цхьаьна наьрса мах цхьа деши динар болуш, цхьа гирда деман мах кхо бIе деши динар болуш. Адамаш иштта халонехь дохкучу хенахь, цхьаболчу паччахьашна кхечу мехкашкара Iежаш-кхораш дохьуш хилла, ша юкъа а дохкий. Масала, церах цхьаьнне «пхи бIе гIулкхчо стаг а хилла, пхи бIе гIулкхчо зуда а хилла, хIораннах пхи эзар деши динар а луш оьцуш вуно дукха эшарш-лекхархой хилла. Ша нахаца охьахуучу хенахь цо схьайоуьйтуш хилла пхьегIаш а, самукъа доккху гIирсаш а, ши бIе эзар деши динар мах хир болуш йолу».[18] Паччахьан йоI маре йоьдучу хенахь, бIеннашкахь говраш а, эмкалш а цхьаьна йолуш йоьдуш хилла, хIора говрана а, эмкална а тIехь дашо а, дато а горгалиш а, духарш а долуш. Паччахьех дIатарбала гIерташ галбоьвлла хилла цхьаболу къеданаш а, кхелахой а, пачхьалкхан белхалой а, харц даьхни гулдеш, нахера ахчанаш дохуш, чилланан кузаш а, эшарийн гIирсаш а оьцуш. Ткъа юкъара адамашна тIе мацаллаш хIуьттуш хилла, даарийн мехаш хьаладовлар бахьана долуш. Цхьана юкъахь, Мисрехь цхьа хан еана, новкъа йоьдуш йолу зуда ен а йоьй, тIаккха иза йара а йорий, цуьнан жижиг дууш. И хIума дан ца лууш болчара, ораматаш дууш хилла, кхин яа хIума йоцуш. Иракехь а, Iаьрбойн гIайре тIехь а Iаьржа ун даьржина хилла 440 хI. шарахь – Имам ГIазали дуьнена чу валале итт шо хьалха – и бахьана долуш кхо бIе эзар адам делла цигахь, цкъа докъа-ламаз дечу хенахь диъ бIе дакъа хьалха а дуьллий ламаз деш хилла. 470 хI. шарахь – Имам ГIазали вина ткъа шо даьлчи – дукха цамгарш яьржина Иракан йистошкахь а, Шеман махкахь а. 511 хI. шарахь юха а мехаш хьаладоьвлла хилла, даар жимделла хилла, дукха адамаш мацалла делла хилла, адамаша кхин дан хIума доцуш жIаьлеш дууш хилла.[19] И хIумнаш бахьана долуш дукхах долчу адамийн ойланаш шайн са кIелхьарадаккхар а, шаьш дузор а, шайн дегIан марзонаш кхочуш йар а бен ца хилла. ГIиллакхаш галдаьхна хилла цу халонаша, адамаш харцахьа доьвлла хилла, «диканиг а ца доьвзаш, вониг а ца доьвзаш». Маларш мийлар а, зинаш дар а даьржина хилла адамашна юкъахь, цундела совдоьвлла кхелахошна а, къеданашна а тIехкхоьхьуш хилла долу аьрзнаш.[20] 486 хI. шарахь Малик-шахI паччахь кхелхинчул тIаьхьа, цуьнан кIенташна юкъахь къовсам болабелла. И бахьана долуш, масех шо хьалха цхьаъ хилла йолу бусалба пачхьалкхе пхеа декъе екъаелла, кIенташа вовший паччахьалла къуьйсуш. Цул тIаьхьа кхин а масийтта «пачхьалкхе» кхоллаелла оцу пхеа пачхьалкха чохь. Халиф цIе йолуш стаг цхьана цIарна бен кхин пайда боцуш хилла, хIунда аьлча берриг ницкъ кегийчу паччахьашкаш болу дела, цундела цара къуьйсуш дерг «Халифан везираш» хилар хилла.  Церан вовшашна юкъахь болу къовсам хилла ца Iаш, хIетахь Мисрехь хилла йолчу шиитийн пачхьалкхаца а къовсам болабелла церан. ХIокху агIор Суннатан пачхьалкх а, вукху агIор Шиитийн пачхьалкх а хилла нехан хьекъалш а, латтанаш а къуьйсуш. 450 хI. шарахь Басáсúрийс доьхьал а ваьлла, Халиф шен Iарш тIера дIаваьккхина, Багдад Шиитийн пачхьалкх ю аьлла дIакхайкхийна, делахь а лакхара охьабаьхкинчу Сельджукаша юхаерзийна цаьргара Багдад. «Къайлахой» хилла цу хенахь шаьш Шииташ бу бохуш и питанаш кегош, шайга вен лург вуьйш, ца вен лучунна дуьхьал питанаш гIиттош. ЖаIарш-лелорхой Шема-махка а, Палестине а тIелеттачу хенахь, цхьана юкъана уьш церан кера яханчу хенахь, оцу «къайлахоша» цаьрга гIо доьхуш хилла, Суннатан охIлунна доьхьал тIом бархьама. Иштта хала а, чолхе а зама хилла Имам ГIазали дуьненчу ваьлла хан, иза ваьхна хан. Пайхамаран верас ша хиларе терра, Имам ГIазалина тIедоьжна хилла и хьал шега нислуччу агIор нисдан хьажар, бусалба нехан дегнаш айдан хьажар, Делах тешар а, Делах кхерар а, Дела везар а церан дегнаш чохь дендар. Дикка хан яьккхина Имам ГIазалис нахана юкъахь, Iилма а Iамош, тIаккха иза дIа а хьоьхуш. Делахь а, муьлхха агIо лехча а, синпаргIато карош ца хилла цунна. Ша шена синпаргIато карош а ца хилла цунна, йа ша нисдан гIертош долу хьал нислуш гуш а ца хилла цунна. Цу гIулкха тIехь ойла йаро халоне вожийна хилла иза, хьере вина хилла иза. Цунна тIе цхьа хан еана, юучу яахIуманан къурд ца балуш, йа хин къурд а ца балуш. ТIаьххьара, Дала Шен нур делла Имам ГIазалин дегна, и бахьана долуш метта ван волавелла иза, дог паргIат дала доладелла цуьнан. ТIаккха цо шена хьалха Iалашо хIоттийна: сан хьал а, бусалба нехан хьал а галдаьлла ду, лар тIехь дац, цундела ас и хьал галдаларан бахьанаш лаха деза! Иштта ойла а йолуш, Имам ГIазали нахана юкъара схьаваьлла. Вай лакхахь ма-аллара, цкъа доьххьара ша-шена тIехь болх бан волавелла иза, ша нисван волавелла иза, шен са туо дан волавелла иза, ша лелийнчунна тIехь а, шен некъа тIехь а керла ойла йан волавелла иза. Иштта и болх беш – ша нисвеш, шен са нисдеш, туо деш – масийтта шо хан яьлла цуьнан. Цунна доьвзина шайгахь болчу баланан бахьанаш а, уьш нисдаран некъаш а. Цкъа нахана юкъара схьа а ваьлла, шена тIехь болх а бина, тIаккха юха а нахана юкъаваьлла иза.

Имам ГIазалис шена хIиттийна йолу бакъонаш, хьал нисдеш цо лаьцна болу некъ иштта хилла:

Хьалхара бакъо: Бусалба уммат хIокху дуьнена тIехь хиларан коьрта бахьана – массо Iаламе Бусалба дин дIакхачор ду. Ткъа Бусалба наха Дала шайна тIедожийна долу и гIуллакх Iад дитар бахьана долуш, хIокху дуьнена тIехь бохамаш а, питанаш а даьржина. Ткъа, бусалба нах а, кхиберш а, и бохамаш а, питанаш а бахьана долуш хIаллакьхила буьйлабелла.

ШолгIа бакъо: Бусалба наха Бусалба дин нахе дIакхачо дезаш хилча, бусалба нах иза дIа ца кхачош хевшина Iаш хилча, билгалдаха деза уьш хевшина Iаран бахьанаш, Дала шайна тIедиллинарг цара кхочуш ца даран бахьанаш. Бусалба нахана юкъара кхачамбацарш билгалдаха деза.

КхоалгIа бакъо: И бахьанаш билгалдаха дезаш хилча, уьш билгалдахаран коьрта Iалашо уьш довза а доьвзина, уьш талла а теллина, тIаккха царна дарба лахар хила деза. Ма-дарра и бахьанаш довза а доьвзина, тIаккха уьш нисдаран агIонаш каро еза, дарбанаш каро деза, вовшийн цIераш а етташ, вовшийн бехкаш а дохуш Iадда а ца Iаш.[21]

 Имам ГIазалис, Уммат дендарехь шена хьалха хIоттийна болу некъ иштта хилар бахьана долуш, цуьнан жайнаш юкъахь коьрта кхо хIума кара до вайна:

1 – Арахьарчу мостагIца тIом бар ца кхийкхадо цо, йа цара лелош йолу къизаллаш а ца хьеха йо цо, йа коьрта Iалашо арахьара мостагI хила веза а ца олу цо.

2 – Дукхах долу хаттарш бусалба нахана юкъахь хуьлу цуьнан. Бехк арара схьабеана ца лору цо, бехк ша шен лору цо, бусалба нехан шайн лору цо, хIунда аьлча и арара тIебеана болу бала чоьхьара гIийлалла бахьана долуш болу дела, ткъа бусалба нах гIийла ца хиллехьара, царна юкъахь «цамгарш» ца хиллехьара, Дала шайна тIедиллинарг цара чекхдоккхуш хиллехьара и арара бала царна тIехь сецна хилла хир бацара.

3 – Цо уггар хьалха юьхьара лаьцнарг – кхетамаш нисбар ду, хьекъалш нисдар ду, синош нисдар ду. Политикан агIонна тIера а ца волавелла иза, йа герзаца йолчу агIонна тIера а ца волавелла иза. Цо иштта агIо лаьцна хилла, шена шен шина бIаьргаца гина долу дела, политкин агIонца дIадолийна долу нисдар хилла пайда боцуш дIа муха дайна. Ткъа Имам ГIазалис иштта дIадолор, Бусалба динан баххех уггар коьрта бух бу, Къуръано бовзийтина, Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шена тIехь чекхбаьккхина бух бу. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: Бакъдолуш, АллахIа ца хуьйцу цхьана адамийн хьал, цара шаьш шайн синошца дерг хийццалц﴿.[22] Имам ГIазалис доьххьара цкъа шена тIера дIадолийна нисдаран гIуллакх, цкъа ша нисвина цо, тIаккха кхечарна хьехар а дина цо.[23]

Имам ГIазалис Бусалба дин а, бусалба уммат а дендеш бина болу болх чулацаме гулбало хIокху агIонаш юкъахь:

Хьалхара агIо: Грекийн философи Iамийна цо, шен тидамечу хьекъалца, тIаккха иза шен бухера дуьйна харц хилар гайтина цо. Цу балхехь цо хьегна къа гойту цо яздинчу шина жайно: «Макъосидул ФаласифахI» а, «ТахIафутул ФаласифахI» а. Философин Бусалба динца юкъаметтиг дIайолайалар дукха хьалха хилла, хIижратан шолгIа бIе шо доладелча дуьйна. Бусалба пачхьалкхе – хилафат – хIетахь чIогIа хилла, онда хилла, пачхьалкха чохь тIемаш ца хилла, беш болу тIом а пачхьалкхан коьрта шахьаршна геннахь хилла, дахаран гIуллакх хIора денна кхуьуш хилла. Цуьнца цхьаьне кхуьуш хилла Iилма а. Бусалба дин Iилманан дин хиларе терра, Iилма Iамор цуьнан коьрта баххех хиларе терра, бусалба нах а хилла Iилма дезаш. Бусалба динан Iилманаш Iамийна ца Iаш, дукха-дукха хьалхалерчу Iилманчийн жайнаш латинийн маттара а, грекийн маттара а, иштта кхечу меттанашкара а гочдан долийна бусалба наха. Бусалба нехан паччахьо – халифо – шен кера лаьцна хилла Iилманан гIуллакхаш. ХIора жайнина дукха ахча а, кхидолу даьхни а луш хилла цо, массо меттера жайнаш оьцуш хилла цо. Иштта кхолладелла шен заманахь уггар доккха хилла долу Багдадера жайницIа. Цара хIетахь гочдеш долчу жайнаш юкъахь Сократан а, Платонан а, Аристотелан а, иштта церал хьалха хиллачеран а, тIаьхьа хиллачеран а жайнаш хилла. Ткъа вайна ма-хаъара, уьш бусалба нах ца хилла. Цу философех цхьаберш делацахиларан кхетамаш болуш хилла, цхьаберш Делах тешаш хилла, делахь а шайн хьекъалшна Иза ма вовззара кхеташ хилла Цунах, пайхамаршкахула а, элчанашкахула а вевзина ца хилла царна Дела. Цундела, уьш галбоьвлла хилла масийтта меттигашкахь (Имам ГIазалис ма-аллара, ткъа меттехь). Ткъа церан жайнаш гочдича, бусалба наха церан меттанаш а Iамийча, бусалба нахана а девзина церан Iилманаш. Бусалба нахана юкъара а философаш боьвлла тIаккха, цу кхаа керста философийн санна кхетамаш а, Iилманан некъаш а долуш. ХIетахьлера «философи» бохучу дешан бусалба нахана юкъахь болу кхетам таханлераниг санна ца хилла. ХIетахь математика а, инженери а, логика а, астрономи а, политика а, гIиллакхийн Iилма а, Делах лаьцна долу Iилма  а (метафизика)  – цу ша-долчунах философи олуш хилла, Имам ГIазалис иза билгал ма-даккхара.[24] Ткъа дукхах болчу бусалба наха церан и физика а, логика а, астрономи а, инженери а нийса хилар шайна гича, дисина долу церан Iилманаш а дерриг нийса хила деза моьттуш, къаста а ца деш тIелоцуш хилла. И бахьана долуш, динан Iилманашкахь цаьргара дерриг хIума къаста ца деш тIелацар бахьана долуш, уьш Iамош болчу бусалба нехан кхетамаш галбовла буьйлабелла. Цу философийн Iилманан коьрта гIирс хьекъал хилла, хаамийн бух а хьекъал хилла. Амма Бусалба дино хьекъал а, «вахьйу»[25] а цхьаьнатухуш ду. Дала «вахьйу» доссош хилла, хьекъал цунах кхеташ хилла, хьекъал тIаьхьа ца кхуьуш дерг духа а ца тухуш къобал деш хилла, цунах тешаш а хилла. Эццахь гал-морзах баьлла хаамийн ши некъ, Iилманийн ши некъ. Цхьа некъ берриг хьекъална тIебоьгIна хилла, важа Делера схьа хоьуьйтуш долчунна а, хьекъална а тIебоьгIна хилла. ШолгIачу некъахь, Делера схьа болу хаам а, хьекъало луш берг а цхьана ца беъча (тIехула дIа хьаьжча цхьадолу хIума иштта хетадала тарло, делахь а, Бусалба динехь хьекъалца догIуш доцуш хIумма а дац), Делера схьа берг хьалха боккхуш хилла, хьекъал цунах ца кхетара аьлла иза дIа а ца тоттуш, хIунда аьлча адамийн хьекъал кхачаме доцу дела, хьекъална массо хIума довзалур доцу дела, массо хIуманан духе хьекъал кхуьур доцу дела, иштта боккха ницкъ хьекъална белла боцу дела. Хьалхарчу некъах Iаткъам хилар бахьана долуш кхоллаелла «муIтазилахI» цIе йолу тоба. Иштта кхоллаелла и санна йолу кхийолу тобанаш а. «ТахIафутул ФаласифахI» жайни тIехь Имам ГIазалис – Дала къинхетам бойла цунах – билгалдоккху философийн коьрта баххаш вовший цхьаьнадогIуш ца хилар, уьш гал-морзах хилар. Философашна юкъахь хIетахь коьрта лоруш верг Аристотель хилла, цуьнан жайнаш Iаьрбийн матте а дохуш, маьIна дина хилла шина бусалба стага: Алфáрóбийс а, Ибн Сúнáс а. Ткъа Имам ГIазалис цу шимма яздинчунна тIе а доьгIна, цара дуьйцуш долу хьекъалан коьрта баххаш вовший галморзах хилар а, бусалба динан цхьадолчу баххашца церан цхьадолу хьекъалан баххаш цхьаьна догIуш ца хилар а гайтина цу жайни тIехь. Цо и болх бар бахьана долуш нехан дегнаш чура Философи боху дош деза хетар дIадаьлла, иза лара езачул а совнаха ларар дIадаьлла, цу юкъара харц дерг бусалба нахана доьвзина, философи Делера охьадоьссина долу бакъдерг санна хетар дIадаьлла. Имам ГIазалис иштта бинчу цу балхо цхьана бусалба нахана юкъахь Iаткъам бина ца Iаш, хIетахьлерачу Европина а боккха Iаткъам бина. Цо философина иштта дуьхьало ярца Европехь дIаболабелла бакъболу Iилманан таллам.[26]  

ШолгIа агIо: Бусалба динан кхетамаш а, цуьнан коьрта баххаш а Имам ГIазалис хьекъалан маттаца дIадовзийтина, хьекъалан Iилманийн агIор уьш нийса хилар гайтина, тIейогIучу хенахь цхьанна цу кхетамашна хьекъалан агIор йан духьало ца юьтуш. Кхин а цо довзийтина ШарIо хIиттийначу хьукманийн а, Iибадатийн а бахьанаш, хьекъале церан тидар, уьш цхьацца агIор пайданаш болуш хилар. Оцу цо бинчу балхо нахана Бусалба динах лаьцна нийса кхетам белла, цо церан дегнаш чу хIуьттуш хилла шеконаш дIаяьхна, Бусалба дин хьекъалан бустаме диллича чекх ца дала мега аьлла йолу.[27] Цу белхан цхьа масала ду Имам ГIазалис шен «Алмункъизу минаддолал» цIе йолчу жайни тIехь седарчийн Iилманчашка деш долу хабар.

КхоалгIа агIо: Бусалба нахана юкъахь хIетахь хилла йолу ерриг тобанаш теллина цо, кIоргге Iамийна цо церан аларш, кхетамаш, баххаш. ТIаккха бакъонца – далилаца – билгалдаьккхина цо бусалба стаг бусалба волчура валаран бакъонаш а, муьлхачу гIуллакхо стаг бусалба волчура воккху а. Кхин а цо билгалбаьхна Бусалба динан коьрта кхетамаш, арахьара царна юкъадеънарг цу юкъара доций а гойтуш. Имам ГIазалис бинчу цу Iилманан балхо шор дина нехан хIума гар а, цунах кхетам хилар а. Вовшийн керстаналлаш деш, чучча гIерташ йолчу тобанийн карара коьрта герз дожийна цо,[28] и бахьана долуш бусалба нахана юкъара дукха питанаш дIаайделла. Цу агIор Имам ГIазалис бинчу уггар ларамечу белхах ду цуьнан «ФайсалуттафрикъахI байнал ислами ваззандакъахI» цIе йолу жайна.

ЙоьалгIа агIо: Адамашкахь болу динан кхетам керлабаьккхина цо, даг чохь хаалуш хийцам а боцуш дин леладо бохуш берш и дин довза ма-дезза доьвзаш ца хилар гайтина цо. Элира-бахара бохучунна тIаьхьабозучарна чIогIа дуьхьало йина цо, нехан тIалам Къуръане а, Суннате а берзийна цо, Iелам-нахе иджтихIад дайтаран агIонаш нисйан гIерташ къахьегна цо. Шен заман чохь хилла йолчу хIора тобанан харцо а, гIийло а гучуяьккхина цо, уьш шайна юкъахь хийцамаш баре кхайкхина цо.[29]

ПхоьалгIа агIо: Хьехаран низам дикчу агIор хийцина цо. ХIетахьлерачу хьехаран низамана юкъахь доккха ши гIалат хилла, хила деза жамIаш цу низамца ца хуьлуьйтуш долу. Цу шиннах хьалхарниг – динан Iилманаш дуьненан Iилманех дIакъастийна хилла. Дуьненан Iилманаш динах дIакъасторо дин дуьненах дIакъасто тарло, ткъа, дин дуьненах къастор Бусалба динца цхьанне агIор а догIуш дац. Цу шиннах шолгIа хIума – бусалба динан Iилманаш ду аьлла юкъадаьхкина Iилманаш хилла хьехаран низамехь, уьш ца Iамийча бусалба динан Iилманаш кхочуш доцуш санна а хеташ. И санна долу Iилманаш бусалба динан Iилманаш ца хилла, уьш ца Iамийча галдолуш хIумма а ца хилла. И санна долу Iилманаш бахьанаш долуш бусалба нахана юкъахь тобаналла чIагIделла, вовшашца къийсам алсамбаьлла, бакъонах генабовлар совдаьлла. Имам ГIазалис и ший а хIума хадийна, керла хьехаран низам юкъадаьккхина. Цкъа доьххьара дуккха а нах дуьхьал хилла цо хьехаран низамехь бинчу хийцамашна, делахь а, иза дуьнена чура дIа а валале массара а тIелаьцна цара и низам нийса хилар, пайда алсам болу низам хилар. Цул тIаьхьа хIоттийна долу бусалба хьехаран низам дерриг Имам ГIазалис болийначу белхан бух тIехь дIахIуттуш хилла.[30]

ЯлхолгIа агIо: Массо кепара долчу адамийн гIиллакхаш кIорггера теллина цо, тIаккха церах Бусалба динца догIуш дерг билгал а дина, Бусалба динан гIиллакхийн кхетам хIоттийна цо. Шена гонахьарчу массо нехан – Iелам-нехан а, хьаькамийн а, паччахьийн а, кхечу нехан а – гIиллакхаш талла аьтту хилла Имам ГIазалин, массаьрца иза ваьхна хилар бахьана долуш. Цул совнаха, дукха дIасалелла а хилла иза. Цундела цунна гина ша юкъахь Iаш волчу юкъараллин вон гIиллакхаш а, дика гIиллакхаш а. ТIаьххьара а, и шен талламан жамI цо гулдина шен «Ихьйау Iулумиддин» жайни тIехь: тайп-тайпана долчу массо адамийн вон гIиллакхаш дуьйцу цо, церан бахьанаш а дуьйцу цо, уьш муха нисдан деза а дуьйцу цо.[31]  

ВорхIолгIа агIо: Шен заманахь хилла долу паччахьаллин низаман харцонашна дуьхьало йина цо, йоккхачу майраллица. Ша валлалц паччахьашка кехаташ яздеш, дIаолуш Iийна иза, дикчу агIор хийцамаш бан безаш хилар, зулам а, харцонаш а цара шайх дIакъасто езаш хилар. Адамашна юкъахь майралла гIаттийна цо зуламана дуьхьало йайта, кхера а ца кхоьруш харцонна хийцам байта. Масала, «Ихьйау Iулумиддин» тIехь бах цо: «ХIокху заманара паччахьийн дерриг даьхни, йа дукхах долу даьхни хьарам даьхни ду». Кхечу меттехь а бах цо: «Оцу паччахьашна шен юьхь гайта ца еза бусалба стага, йа церан юьхь ган а ца еза цунна. Церан зулам цадезар важиб ду цунна тIехь, уьш цу паччахьаллехь бисар ца дезар а важиб ду цунна тIехь. Церан гIуллакхех а, церан хьолех а воьзна хила ца веза бусалба стаг, церах шайх дIакъаьстина ца Iаш, царна тIелелаш болчу нахах а дIакъаста веза иза».[32] Имам ГIазалин цхьа а жайна дац и паччахьийн харцонаш а, уьш галбовлар а, церан зулам доккха хилар а ца хьахош. Имам ГIазалис шен заманан хьал теллича, цунна хиъна, юкъараллин хьал галдаларан бахьана паччахьаш галбовлар хилар, ткъа паччахьаш галбовларан бахьана Iелам-нах галбовлар хилар. Цундела, тахана а дуккха а пачхьалкхашкахь Имам ГIазали ца везаран бахьана иза ду дукхачу хьолехь, хIунда аьлча иза паччахьийн зуламана-харцонна дуьхьал уггар воккха къийсамхо хилла волу дела.

Имам ГIазалис Бусалба дин карладаккхарехь а, бусалба уммат дендарехь а хьегна долу къа а, цо бина болу белхаш хIара лакхахь берш хилла ца Iа. Цуьнан белхийн хIора балхах лаьцна къаьсттина талламаш бан мегар долуш а, беш болуш а даккхий белхаш дина цо. Цу хьокъехь бина талламаш а, яздина цхьадолу жайнаш а дезачунна карор ду хIокху сайта тIехь.  

 

Имам ГIазалис бусалба боцучу нахана юкъахь бина Iаткъам

Лакхахь хьахийна болу бусалба нахана юкъахь хийцамаш бина ца Iаш, Имам ГIазалис бинчу Iилманан белхаша а, жайнаша а яздина 50 шо а далале Iаткъам бина бусалба боцучу нахана юкъахь а. Цуьнан жайнийн доккха асар дисина Керста-Европина (христианашна) тIехь а, царначул кIоргге жуьгтийн динна тIехь а.[33] Грегорин терахьца 11-чу бIешарахь а, къаьсттина дукха 12-чу бIешарахь а Iарбийн маттара Iилманан жайнаш гчдан долийна латинийн матта. Хьесапан жайнаш а, астрономин а, химин а, лоьраллин а, филисофин а, динан а жайнаш гочдина хилла. Имам ГIзалин масийтта жайна а гочдина хилла латинийн матта, царна юкъахь къаьсташ хилла «Ихьйау Iулумиддин» а, «Макъосидул ФаласифахI» а, «ТахIафутул ФаласифахI» а, «Мúзáнул Iамал» а цIерш йолу жайнаш. Масийтта Европин баккхийчу ойланчашна Iаьрбийн мотт хууш а хилла, царна йоьвзина хилла Имам ГIазалин ойланаш цуьнан жайнаш тIера.[34] Латинан Iаламна Имам ГIазалис бина Iаткъам буьйцуш, Мануэль Алонсос цIе йоккху шовзткъе пхеа латинийн философийн а, динан Iилманчийн а, Имам ГIазалин дешанш дийцина болчу, цуьнан жайнашна тIетовжарш дина болчу.[35] Имам ГIазалин ойланийн а, кхетамийн а Iаткъам чIогIа дика къаьсташ бу Грегорин терахьца Юкъарчу заманан а, Керла заманан дуьххьаралерчу шерийн а философаша а, Iилманчаша а бинчу белхашкахь. Царна юкъахь уггар гIарабоьвлла хилла болу цхьаберш хIорш бу: Томас Аквинас (Thomas Aquinas 1225-1274), Данте (Dante 1265-1321), Давид ХIйум, Отрекуртера Николас (Nicholas of Autrecourt), Декарт (Descartes 1596-1650), Паскаль (Pascal).[36] Уггар чIогIа иза хаало Томас Аквинаса динчу яздаршкахь: «Макъосидул ФаласифахI» жайна 31-зза хаьахадо цо шен белхашкахь.[37] Цуьнан «Summa Theologiae» тIехь гуш бу Имам ГIазалин «Ихьйáу Iулýмиддúн» а, «КúмийассаIáдахI» а, «АррисалахI АлладуниййахI» а цIе йолчу жайнаш тIера кхетамаш.[38] Декарта динчу яздаршкахь а гуш ду чIогIа, Имам ГIазалин а, цуьнан яздарш а цхьатера хилар. Декарта шен Iилманан талламан некъ Имам ГIазалигара схьаэцца хилар гойту цуьнан шен жайницIа чохь, тIехь цо дина билгалдахарш а долуш карийначу латинийн матта даьккхина  долчу Имам ГIазалин «Алмункъизу Минаддолал» жайно.[39] Паскала динчу яздаршкахь къаьсташ бу Имам ГIазалин Iаткъам, Данте цIе йолчу философо динчу белхашкахь а къаьсташ бу бусалба Iаткъам, Имам ГIазалигара а, МаIаррийгара а хилла болу.[40]

Керста-Европин Iилманчашна бинарг санна Iаткъам бина Имам ГIазалис жуьгтийн Iилманчашна а. Юккъерачу заманан дуккха а жуьгтийн динан Iилманчаш Iаьрбийн мотт хууш хилла, цара гочдина Имам ГIазалин цхьадолу жайнаш Iибрин матта.[41] Имам ГIазалин «Мúзáнул Iамал» цIе йолу жайна дукха доьшуш хилла ду, Юккъерачу заманан жуьгташа. Масийтта гочдар дина хилла цунна, юкъара Къуръанан айаташ Товрат тIера аларшца хийца а хуьйцуш. Имам ГIазалигара Iаткъам хиллачу уггар гIарабоьвллачу жуьгтийн Iилманчех хилла Муса ибн Маймун (Iибрин маттахь: Моше бен Маймон, латинийн маттахь: Maimonides). Цуьнан Iаьрбийн маттахь дина долу яздар «Далáлáтул Хьáирúн» хIетахьлера жуьгтийн уггар коьрта долчу динан жайнех хилла.[42] Кхин а Имам ГIазалигара асар хиллачех бу жуьгтийн Iилманча ЙехIуда ХIалеви (Yehuda Halevi) а, Андалусера Раймонд Мартин (Raymond Martin of Spain) а.[43]

 

Имам ГIазалин жайнаш

Имам ГIазали жайнаш дукха яздинчу Iелам-нахах хилла ву, Ибн Жарúр АттIабарий а, Ибн Аннакъúб а, Нававий а, Субкий а, СуйýтIий а, Ибнул Къаййим а санна болчу. Ша волчу хенахь доьвзаш хилла долчу дукхах долчу Iилманашкахь жайнаш яздина цо. Хьалхалерачу Iелам-наха цуьнан жайнаш дийцина цуьнан дахарх лаьцна яздинчу жайнаш тIехь. Масала, Имам Субкийс шен «ТIабакъóт АшшáфиIиййахI» жайни тIехь, шовзткъе иттанал сов цуьнан жайни цIе яьккхина. ГIарабоьвллачу нехан дахарш дуьйцуш яздинчу шен «Ал-АIлáм» жайни тIехь Заркалийс цуьнан ши бIе гергга жайна ду аьлла. Таханлера цхьаболчу Iилманан талламхоша къастийна жайнаш яздина, Имам ГIазалин жайнех лаьцна. Цу жайнех уггар диканиг Iабдуррахьман Албадавийс яздина долу, «Муаллафáтул ГIазалий» цIе йолу жайна лору. Цо цу тIехь юьйцу Имам ГIазалин жайнийн цIерш а, церах тахана зорба тоьхна дерш а, зорба стенгахь–хьан тоьхна а, зорба тохаза долчу жайнийн куьйгаяздарш дуьненан муьлха жайницIа чохь ду а, баккъалла а ГIазалис яздинарг муьлха ду а, цо яздина а доцуш, цуьнан ду олуш долу жайнаш муьлха ду а. Кхузахь ас хьахор дерш Имам ГIазалин уггар чIогIа гIарадоьвлла доьвзаш долу, зорба тоьхна долу жайнаш ду, муьлха жайна муьлха Iилмангахь яздина ду билгал а доккхуш.

«Ихьйáу Iулýмиддúн». Массо нахана уггар дукха доьвзаш дерг а, Iелам-наха дукха хестийна а, дукха теллина а, дукха шена тIехь белхаш бина а долу Имам ГIазалин жайна «Ихьйáу Iулýмиддúн»[44]