Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Нисваларан юьхь

 

Имам ГIазали

- Дала къинхетам бойла цунах –

 

 

Гочдархо

Адама Султана Олхазар

- Дала гечдойла цуьнан къиношна -

 

_____________________________________

 

Сайн денанна Гуьмсетана…

Тахана ас «Ла илахIа иллаллахI»
аларан бахьана хиллачунна…

Кхин дукха Iилма ца деллехь а,
ламаз-марха а, бусалба дин дезар а,
бусалба динан марзо а суна
елла йолчунна…

 

Йа АллахI! Ша йаллалц шена хуучу кепара
Хьан дин лелош, Хьан дин дезаш,
Хьо а везаш, Хьайна дуьхьал
еана йолчу сан дененах
Гуьмсетах Хьайн
къинхетам
бе Ахь!

Адама Султана Олхазар

 

_____________________________________

 

 

Дешхьалхе

 

Хастам бу АллахIана, хIара дуьне а, хIокху дуьнена тIера адамаш а кхоьллина волчу. Хастам бу Цунна, Адам-пайхамар – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – кхолла а кхоьллина, цунах схьа Хьава а кхоьллина, тIаккха цунах пайхамар а вина, цуьнан тIаьхьенах схьа хIара дерриг адамаш даьхна волчу. Хастам бу Цунна, адамаш Ша кхуллучу хенахь, уггар хазчу, уггар дикчу куьцехь кхолларна, адамашна Цо хьекъал даларна. Хастам бу Цунна, адамашна Ша вовзийтарна, Ша кхоьллинчу хIуманашца царна Шен возалла а, сийлахьалла а, лакхалла а гайтарна. Хастам бу цунна, адамашна юкъахь Цо пайхамарш а, элчанаш а гIитторна, Ша вовза а, Шена Iибадат дан а некъ цаьрга кховдорна. Юха а хастам бу Цунна, уггар хьалхара пайхамар Адам варе терра, уггар тIаьххьара пайхамар вайн Пайхамар Мухьаммад варна – Делера салават а, салам а хуьлда цаьршинна шинненна а –. Цкъа а чекхбер боцу хастам бу Цунна, и пайхамарш беллачул тIаьхьа а Шен дин Шен лайшна юкъахь дисийтархьама Iелам-нахана Iилма а делла, церах пайхамарийн верасаш бина волчу. Хастам бу АллахIана, цу Iелам-нахе вайна Шен динан некъ Цо схьагайтийтарна, вай нисдаларга цаьрга дерзадайтарна, къемат-де кхаччалц цаьрца хIара дин Цо вайна лардарна.

Делера салават а, салам-маршалла а хуьлда Делан Элчанна Мухьаммад-пайхамарна, Делан лайна, элчанийн элана, пайхамарийн мохIурна, Делан уггар воккхачу эвлаяна. Цул тIаьхьа салам-маршалла хуьлда цуьнан цIенчу-дикчу охIлунна, цуьнан асхьабашна, къемат-де кхаччалц цунна тIаьхьа мел ваьзначунна.

   ХIара жайна – Дала хьуна а, суна а хIокхунах пайда бойла – Имам ГIазалис яздинчу дуккха а жайнех цхьаъ ду. Дуьххьала дIа ас хьоьга бакъдерг аьлча, хIара санна жайна ас хIинццалц схьа дешна дац. Дукха хан йара ас сайн синна а, дегIана а шинне цхьане некъ лоьху. Вайна ма-хаара, хIора стеган Ийман лахлуш а, хьаладолуш а ду. Ткъа иза лахделча хьаладаккха бахьанаш лело деза. Ишттачу бахьанех карийра суна хIара жайна. Кху тIехь долу Iилманан пайданаш дацара суна кухьнца коьрта гинарш. ХIокхо Iилманан пайданаш а, Ийман хьаладоккху бахьанаш а цхьаьнатоьхна хилар дара, хIокху жайни чохь синна даар а, синпаргIатонна тIевуьгу некъ а хилар дара. Хаац суна, Iаьрбийн маттара кхечу матте дехьадаьлча иштта мерза чам ца хила а мега кхуьнан, делахь а, цу марзонан цхьа дакъа доцуш ца дисарга дог доху ас.

ХIара жайна Имам ГIазалис мутаIеламана яздина ду, бусалба дин Iамо волалуш волчунна яздина ду. Делахь а, хIара жайна цхьана мутаIеламана бен пайденна хилла ца Iаш, дуьненан Iилма Iамош волчунна а, юкъарчу дахарца вехаш волчу хIора бусалба стагна а пайдане хир ду аьлла хета суна. Бусалба динан Iилманаш Iамош волчунна гойтур ду хIокхо, нахе диканиг ден алале а, вониг ма де алале а хьалха ша дан дезарг, ша Делаца нисйан еза юкъаметтиг. Дуьненан Iилманаш Iамош волчунна гIо дийр ду хIокхо Ийман лах ца далийта, хIокхо довзуьйтур ду цунна коьрта-коьрта цо лардан дезаш долу динан а, дуьненан а гIиллакхаш. Оццу кепара пайда бийр бу хIокхо – Дала мукъалахь – шен юкъарчу дахарца вехаш волчунна а.

Сайн ницкъ ма-кхоччу, хазчу мукъамца хIара жайна хьоьга кховдо хьаьжира со, кхачамбацаршна Деле гечдар а доьхуш. Имам ГIазалин «Нисваларан юьхь» жайна чекхдаьлча, ас сайгара тIетуьйхира ламаз оьцуш деш долчу доIанех лаьцна долчу хьадисийн таллам, Имам Ибнул Мулаккъина бина болу – Дала къинхетам бойла цунах –. Ас и тIетохаран бахьана хьуна карор ду цунна ас яздинчу дешхьалхе юкъахь. Сой ца кхетачу меттигашкахь со вирзира хIокху жайнин маьIна деш яздинчу жайнашка а, Имам ГIазалис – Дала къинхетам бойла цунах – яздинчу кхечу жайнашка а, Iаьрбийн меттан жайнашка а. Ас билгалдехира хIокху жайни юкъахь даьхкинчу айатийн сураташ а, лоьмарш а. Иштта ас билгалдехира хIокху юкъахь даьхкина хьадисаш дийцина долу жайнаш, сайн ницкъ ма-кхоччу, сайна доьвзачу жайнаш тIера. Суна уггар хала хилларг и хьадисаш лахар дара, цу тIехь уггар дукха хан дIаяхара сан. ХIокху тIехь болх бечу хенахь ас пайда ийцира хIокху жайнех:

  1. «Iуджáлатул Мухьтáж», Имам Ибнул Мулаккъин.
  2. «Iумдатуссáлик ва Iуддатуннáсик», Имам Ибн Аннакъúб.
  3. «Ал-Азкáр», Имам Нававий.
  4. «Албадрул мунúр фú тахрúж ахьáдисир-рóфиIиййил кабúр», Имам Ибнул Мулаккъин.
  5. «АлмаджмýI шархьул мухIаззаб», Имам Нававий.
  6. «Алмадхал илá мазхIабил Имам АшшáфиIий», Акрам Юсуф Iумар Алкъавáсимий.
  7. «АлмуIжамул ВасúтI», масийтта Iелам-стага яздина.
  8. «Алмункъиз минаддолáл», Имам ГIазали.
  9. «Алмустасфá», Имам ГIазали.
  10. «Алфутýхьáтур-роббáниййахI», Имам Ибн Iиллáн.
  11. «АттакърúрóтуссадúдахI фил масáилил муфúдахI», Хьасан бин Ахьмад Алкаф.
  12. «Аттахькъикъ», Имам Нававий.
  13. «Ашрхь Сахьихь Муслим», Имам Нававий.
  14. «Ихьйáу Iулýмиддúн», Имам ГIазали.
  15. «Имам ГIазали», Ахьмад Солихь Ашшами.
  16. «Кифáйатул Ахйáр», Абу Бакр Алхьисний.
  17. «Мукъоддимат Ибн Халдýн», Имам Ибн Халдýн.
  18. «Сохьúхьул ДжáмиIис-согIúр», Имам СуйутIий, Шейх Албáнú.
  19. «Субулуссалáм», Имам СонIáнú.
  20. «Талхúсул Хьабúр», Имам Ибн Хьаджар АлIаскъолáний.