|
Бусалба динан Iилманашкахь дукха хьехочу цхьадолчу бертадешнийн (терминийн)
маьIна
Ансараш – Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) Мединате хIижрат дича, иза тIе а лаьцна, цунна гIо дина болу Мединатан бахархой. БайIат - бусалба наха шайна хаьржина волчу мехкадена муьтIахьаллийца чIагIо яр. Бартхилла хьадис - Бухарийс а, Муслима а дийцина хьадис. И санна ду: "шина шайха дийцина хьадис" бохург а. Вакъф - цхьана дикачу гIуллакхана цIе тоьхна, бусалба стага Дела доьхьа луш долу даьхни ду, масала маьждигана а, хьуьжарна а луш долу латта санна, йа хьаьжошка, йа некъахошка пайда эцийта луш долу цIа санна. Дика хьадис – (Iаьрбийн маттара цIе "хьасан") нийса хьадисал цхьа дарж лахара хьадис. Хьукманна лело а, дийца а мегаш ду хIара тайпа хьадис. ЗахIид – Шегахь "зухIд" долуш верг. ЗухIд – дуьненан дахарца йолу ойла кIеззиг бен ца хилийтар, эхартан ойла а, Iамал а алсам хилийтар. Имам – нах шена тIаьхьабозуш волу Iелам-стаг, Iелам-нахана юкъахь къаьсттина верг. Ирджáъ-кхетам – иза мел доккха къа латорах а, мел вон дешнаш аларх а стагна хила зен дац, йа цо цкъа а керстаналла а ца до, нагахь санна иза дагчохь Делах тешаш велахь боху кхетам бу. Масала, ламаз дар тIедиллина дац, йа марха кхабар парз дац бохуш хилча а керста ца хуьлу стаг церан кхетамехь. Иснад – хьадис дийцаран зIе. Къадарий бохург – Делан кхела тIехь а, Цо массо хIума билгалдаьккхина лелош хиларна тIехь а, вай еш йолу Iамалш Делан лаамца еш хиларна тIехь а галбаьлла кхетам болчу стагах олуш ду. Къеда – кхелахо, Бусалба динца хьукм деш волу кхелахо. МакрухI – ца дича дика долу хIума; ца дича мел а болуш, дича къа а доцу хIума. Мурсал – табиIийчо “Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира” аьлла дийцина долу хьадис, шаьшшинна юкъахь волчу стеган цIе а ца йоккхуш. Муснад – Пайхамарна (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) тIе кхаччалц зIе йолу хьадис. Мустахьабб – дича дика долу хIума; дича мел а болуш, ца дича къа а доцу хIума. Мухьаддис – хьадисан Iелам-стаг, хьадисан Iилманаш девзаш верг, шен иснадаца хьадис кхечарна дIахьоьхуш верг. «мухьаддис» - бохург «дуьйцуш верг» бохург ду Iаьрбийн маттахь ма-дарра маьIна дича. Амма бусалба динан жайнашкахь а, кхетамехь а «мухьаддис» – хьадисан Iилманан Iелам-стаг ву, хьадис йа дийцарца, йа цуьнан гIийлаллаш йовзарца, йа и дийцина болу къонахий бовзарца, йа хьадисийн маьIна дарца болх беш волу. Масала, Такъиййуддúн Ибн Ассолáхь а, Нававий а, Бухарий а, Муслим а, Ибнул Мулаккъин а – уьш берриш мухьаддисаш хилла бу. Массарна юкъахь цIе яхана, уггар воккханиг вуй-те аьлла волу мухьаддис Хьáфиз Ибн Хьажар АлIаскъолáний ву – Дала къинхетам бойла цунах а, цул хьалха хилачерах а, цул тIаьхьа хилаччерах а, вайна хIара бусалба дин Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Суннатца лардина болчу –. Нийса хьадис – хьадис заьIап деш долчу бахьанех шеца цхьаьна цхьа а бахьана доцу хьадис. Рукн - бIогIам, бух, шена тIехь цхьа хIума лаьтташ болу бух. Дукхаллин терахь "арканаш". «Сахьихь» жайна – Имам Бухарин, я Имам Муслиман хьадисан жайна – Дала къинхетам боила царшинах. ТабиIий – асхьабаш – Дела реза хуьлда царна – дIабевлча хилла долу чIор., асхьабаш ган а гина, цаьрца лелларш. (Кхин а хьажа "ШолгIа табиIий") Тайаммум – тема дар; ламаз эца таро йоцучо цуьнан метта лаьттаца цIано яр. Тасаввуф-Iилма – тасаввуф-Iилмане нийсачу маьIнийца хьажча, цуьнан маьIна а, “зухIд” Iилманан маьIна а цхьаъ ду. Хьажа “зухIд” дешан маьIне жимма лакхахь. Тафсиран Iилма – Къуръанан маьIна дар Iамош долу Iилма. Тешалла (далил) – бух, шена тIе доьгIна хьукм хила тарлуш дерг. ТIагIут - Iибадат дарехь а, тIаьхьавазарехь а, муьтIахь хиларехь а Дала шена тоьхна долчу дозанал тIехволуш долу хIума. ТIагIуташ дукха ду, церан кортош пхиъ ду: Дала Шен къинхетамах гена даьккхина долу Иблис ду, ша реза а волуш шена Iибадат дайтинарг а ву, шена Iибадат даре нах кхайкхинарг а ву, къайлах дерг шена хаьа бохург а ву, АллахIа доссийна доцучуьнца хьукм деш верг а ву". Усулул-фикъхI - хьажа: ФикъхIан баххаш. ФакъихI – фикъхIан Iелам-стаг, хьанал-хьарам къасторан Iилма (фикъхI) девзаш верг. ФикъхI - Iибадат даран бакъонаш а, наха вовшашца лелош йолчу юкъаметтиган бакъонаш а толлу Iилма, хьанал-хьарам довзуьйту Iилма. ФикъхIан баххаш (Iаьрбийн маттахь «Усу́лул-фикъхI») – фикъхI Iилмангахь хьарам-хьанал шех схьадоккхуш долу баххаш довзуьйтуш долу Iилма ду. Муьлха, хIун хIума бух лоруш ду, лоруш дац а, бух лоручух хьукм схьа муха даккха деза а, хьукм схьадоккхуш волу Iеламстаг муха хила веза а дуьйцу цо, юкъарчу чулацамца аьлча. Хьафиз – Iелам-наха шайн жайнашкахь “хьафиз” аьлча царна лууш дерг: Iилманаш дагахь хаарехь къасттина хилла волу Iелам-стаг билгалваккхар ду; тахана цу дашца девзаш долу маьIна: Къуръан дагахь хуург ву. Хьурул-Iийн мехкарий - ялсаманин мехкарий. ШафиIийн мазхIаб – Имам ШафиIийс – Дала къинхетам бойла цунах – бусалба динан баххашкара хьукм даккхарна хIиттийначу бакъонашна тIебоьгIна болу “фикъхIан” некъ. ШахIадат – “Ас тешалла до АллахI воцург кхин Дела ца хиларца, ас тешалла до Мухьаммад АллахIан элча хиларца” аьлла тешалла дар. Шейх – Iелам-стаг, Iилманехь лаккхара дарже кхаьчнарг. ШолгIа табиIий – “табиIий” чIурал лахара чIор.
____________________________________________
|