Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим.

Вас-солату вас-саламу Iала набиййина Мухьаммад, ва Iала алихIи ва сахьбихIи аджмаIин.

 

Бер ца хиларан дарба.

(Къуръанаца а, Суннатца а.)

 

Божарийн агIор бер ца хилар. Иза шина тайпана ду.

1.      ДегIаца долу лазар бахьана долуш бер ца хилар. Цунна дарба лоьрашка дайта хьажа веза, нагахь санна цаьргахь цуьнан дарба делахь.

2.      Жинийн хьу хьакхадалар бахьана долуш (жин стагана чоьхьа даларца, йа кхечу агIор). ХIокхунна дарба хуьлу – АллахIан пурбанца – Къуръанаца а, доIанца а, азкарашца а (Дела хьахорца а).

Муха хуур ду вайна бер ца хилар ша-шах ду, йа жинаш бахьана долуш ду?

Бер ца хилар жин бахьана долуш хилча, цуьнан билгалонаш иштта хуьлу:

1.      Малхбуза хан хиллачул тIаьхьа са дукълуш хилар. Цхьайолчу хенахь иза буьйса юккъе йаххалц дахдала а мега.

2.      Тидамза хилар а, хьекъал гIийла хилар а (невнимательность).

3.      Букъа-тIехк чекхйолучу меттехь лазар хилар (и меттиг лазар).

4.      Наб ца кхетар, йа наб паргIат ца йар.

5.      Кхераме (долу) гIенаш гар.

 

Зударийн агIор бер ца хилар. Иза а шина тайпана ду.

1.      Дала и зуда кхуллучу хенахь бер ца хуьлуш кхоллар.

2.      Чу жин далар бахьана долуш бер ца хилар, зудчуьнан беран-цIа чура стен-зирх жино талхор бахьана долуш. Жино и хIума дича оплодотворени йа кхочуш ца хуьлу, йа иза кхочуш хиллалц Iад а юьтий, тIаккха и зуда берах хилла масийтта бутт баьлча цу шайтIано меттахбоккху зудчуьнан беран-цIа чохь болу пха (артери), тIаккха и бахьана долуш цIий а долалой, и бер дала а лей ара долу.

Масийтозза бер делла арадалар жин бахьана долуш хуьлу, и санна долчу хьолашна дуккхозза дарба хилла а ду.

Вайн Пайхамаран – Делера салам а, маршалла а хуьлда цунна – хьадисехь деана ду, шайтIа адамийн цIийца лелало аьлла. (Бухари, Фатхьул бáрú 4:282. Муслим, Нававий 14:155).

 

Бер ца хиларна долу дарба.

 

1.      Рукъйат [1] кассети тIехь яз а дина, ладогIийта деза, йа ша деша деза хIора дийнахь кхозза.

2.      Рукъйат дешначул тIаьхьа, цу стеган лерга чу лакхарчу озаца азан дан деза (моллакхайкха веза).

3.      ХIора Iуьйранна «Ас-соффат» олу Къуръанан сурат деша деза, йа цуьнга ла догIа деза.

4.      ДIавуьжчу хенахь «Ал-миIраж» олу Къуръанан сурат деша деза, йа цуьнга ла догIа деза.

5.      Iаьржа тмúнан даьттана тIехь доьшур ду «Ал-фатихьа» а, «Айатул-курсий» а, «Ал-бакъарат» суратан тIаьххьара ши айат а, «Áл-Iимран» суратан тIаьххьара ши айат а, «Ал-фалакъ» а, «Ан-нас» а олу ши сурат а. ТIаккха и даьтта ша  дIавижале шен некха тIе а (грудь), хьаж тIе а, букъан-тIехка (позвоночник) тIе а  хьокхур ду.

6.      И лакхахь дийцина долу айаташ доьшур ду цIенчу моз тIе, тIаккха хIора дийнахь мецчу чоьна тIе цхьацца Iайг кхоллуш и моз дуур ду.

Иштта и дарба лелош масийтта бутт баккха беза, дарба хиллалц, АллахIан омрунаш кхочуш а деш, Дала шайна дарба деш болчу баккъалла Делах тешаш болчерах ша хилийтархьама.

АллахIа аьлла: ×Оха доссадо Къуръанах (айаташ), Делах тешачарна дарба а, къинхетам а шайца болуш долуØ.

Оцу айатехь АллахIа къастийна шех тешаш берш, кхи берш а боцуш.

ТIаккха цу лазарна дарба хир ду – Дала мукъалахь – цунах тера долчу дуккха лазаршна дарба лелийна а ду, АллахIан къинхетамца.

 

Делера салават а, салам а хуьлда Делан Элчанна Мухьаммадна а, цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна а, массарна а.

 

 

(ХIара а, рукъйат а кечдеш соьца дакъалаьцна Мединатера IабдуллахIа. Дела реза хуьлда цунна).

_____________________________________________

 

 

Бозбунчаллийна доьхьал дан деза дарба дуьйцучу жайни тIехь хьуна кхин а дуккха пайданаш карор ду – Дала мукъалахь – цундела хIара цIе йолу жайна деша ахь вайн маттахь:
«Къуръанаца а, Суннатца а дарба дар».

 

 

Коьрта агIо    Жайнийн цIерш

 

 

 



[1] Ар-РукъйахI – Къуръан тIера билгал даьхна айаташ а, суннатера доIанаш а ду, цхьацца цамгаршна духьал доьшуш долу.