| Iелам-нах |
|
|
| Аудио |
|
Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца! Хастам бу АллахIана, Iаламийн эла волчу. Цуьнан салават а, салам а хуьлда Цуьнан элчанна Мухьаммад-пайхамарна а, цуьнан охIлунна а, цуьнан асхьабашна а. «Хьайн берриг бахам дIабохке а, «Ал-Азкар» жайна иэца» - иштта олуш хилла хьалха Iелам-наха. Баккъалла а бакъдолуш, берриге бахамах хийца мегар доцуш жайна ду Имам Нававийн – Дала къинхетам бойла цунах – «Ал-Азкáр» цIе йолу жайна. «Ал-Азкáр» а, «Рийáдус-Сóлихьúн» а ши жайна доцуш цхьа а маьждиг а, бусалба хIусам а юй-те аьлла, массо бусалба цхьатерра къобалдина, массарна а девзаш ду Имам Нававийн и ши жайна. Вайна а цу жайнах пайда хилийтархьама, вайн матте даккха долийна вай иза. Жим-жима доьшуш деша луучунна атталлийна, цу юкъара хIора доккха дакъа чекх мел-долу, иза сайта тIедоккхур ду вай, дерриге жайна Делан пурбанца кхочуш хиллалц. «Ал-Азкáр» бохург Iаьрбийн маттахь «зикр» бохучу дешан дукхаллин терахь ду, ткъа «зикр» бохург «хьахор» бохург ду, Дела хьахор бохург ду. ХIокху жайни тIехь Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – гулдина, бусалба стеган а, зудчуьнан а дахарехь цаьршинна тIехIотта а, нисдала а тарлуш долчу массо хьолана оьшуш долу зикр, даздина Къуръан тIера а, сийлахь Суннатера а, баккхийчу Iелам-нехан дешнашкара а. Дала мукъа лахь, бусалба стагана а, зудчунна а кху тIехь карор ду муьлхха хьолехь, массо хенахь оьшуш долу зикр. КхидIа шун таро ю, цу жайни юкъара чекхдевлла дакъош деша.
|
|
|
|
|
|
|