|
Лерам
беш хьалагIатта
мегаш хилар
Имам
Нававий
– Дала
къинхетам бойла цунах –
Къинхетаме
а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца
Сан Дела атта де Ахь суна хIара, гIо а де Ахь суна, хIай Комаьрша верг!
Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла:
ХIара жайна ду, Бусалба динан дикачу нехан лерам беш
хьалагIатта мегаш хилар дуьйцуш, уьш базбеш гIатта мегаш ца хилар дуьйцуш.
Хастам бу АллахIана, вай бусалба динна тIе нисдина волчу,
цул тIаьхьа вайна Шен комаьршаллийца дикаллаш а, даккхий ниIматаш а делла
волчу, Шен комаьршалла массарна а кхачийна волчу, адамийн лерам а бина,
кхечу кхолламна тIехь уьш даздина волчу, безчу нехан а, дикачу нехан а лерам
бар вайна тIедожийна волчу, хьекъале болчу нехан лерам бар а вайна
тIедиллина волчу, салам даларца ваьшна юкъахь маршалла даржор а вайна тIедожийна
волчу, массо бусалба нехан хьакъ даздар а, цаьрца кIеда хилар а, цаьрца
къамел мерза хилийтар а вайна тIедиллина волчу.
Ас хастам бо Цунна боккхачу хастамца, уггар цIенчу, уггар
кхачамечу хастамца. Ас тешалла до АллахI воцург кхин Дела вац аьлла, Цуьнан
элалла тIе а чIагIдеш, Иза цхьаъ хилар дIа а кхайкхош. Кхин а ас тешалла до
Мухьаммад Цуьнан лай а, Цуьнан элча а хиларца, Цуьнан везархо а, Цуьнан
доттагI а хиларца, Шен кхолламна юкъара Цо иза хаьржина хиларца; Цунна
гергахь уггар везаниг ву иза, Цунна уггар лераме верг ву иза, адамашна
юкъахь уггар кхачаме верг ву иза, уггар дукха Делах кхоьруш хилларг ву иза,
уггар дика лекха хинволу АллахI вевзаш хилларг ву иза, АллахIан къинхетамаш
а, Цуьнан маршаллаш а хуьлда-кх цунна а, массо пайхамаршна а, церан
охIлунашна а, церан асхьабашна а, бисинчу массо дикачу нахана а.
Цул тIаьхьа:
Бакъдолуш, Лекха хинволчу АллахIа омру дина бусалба нахаца
кIеда-мерза хиларца, Iилманан охIлун а, динан охIлун а лерам барца. Лекха хинволчо аьлла:
﴾АллахIах
тешаш болчаьрца кIеда-мерза хила хьо﴿
(Сурат "Ал-Хьиджр"
88 аят).
Цаьрца дика хиларх а, церан лерам барх а ду цаьрца вист
хилар кIеда-мерза хилийтар а, церан лерамана хьалагIаттар а, уьш базбарна а
доцуш, йа ша гайтарна а доцуш, муххале а, вай ма-аллара, церан лерам беш
хьалагIаттар. Оцу гIиллакх тIехь дIабахана хилла бу багарбина вер воцуш болу
бусалба динан Iелам-нах а, дикаллин охIлу а, иштта кхиболу гIарабоьвлла болу
нах а.
Ткъа, дикачу нахана хьалагIаттар - Iилманан охIлунна а, Iилма
лахаран охIлунна а, шен дена-нанна а, кхиболчу дикачу нахана а – цунах лаьцна
даьхкина ду дикка хьадисаш а, дIабаханчу дикачу нехан дешнаш а, Iелам-наха а,
дикачу наха а лелош хилларг а, мегаш доцучу массо хIуманах ларлуш хилла болчу
Iелам-наха лелош хиллачунах лаьцна дерг а.
Ас кхузахь хьахор ду лекха хинволчу Дала мукъа лахь –
комаьрша а, къинхетаме а, къинхетам беш а волчо мукъа лахь – сайга цунах
лаьцна кхаьчна хилларг, ас ца хьахош дитинчунна тешалла дан тоьар долччул.
Ас хьахор ду пайхамаран хьадисаш а, хьалхалерачу Iелам-нехан хьекъале, нуьре
дешнаш а. Ас хьахор ду цу дуккха а хьадисашца церан иснадаш, иштта
дийцича даго тIелацарна герга долу дела, хаттамийн охIлу болчу Iелам-нахана
дагахь Iамо атта а долу дела, делахь а ас дуккха а меттехь ца хьахош
Iаддуьтур ду иснад, жайна дукха деха ца хилийта а, доьшуш волчуьнан
кхидIа деша догдаийта а, юх-юха иснадаш дийцар бахьана долуш цуьнан
кхунах дог ца далийта а; айса иснад ца дуьйцуш Iаддуьтуш дерг ас
билгалдоккхур ду, иза дийцинарг мила ву а, массарна а доьвзаш долчу муьлхачу
жайнахь ду а.
ХIара жайна шина декъехь ду:
Хьалхара дакъа: ХьалагIатта мегаш хилар гойтуш долу хьадисаш
а дуьйцуш, Iелам-наха цунах лаьцна аьлларг а хьахош, цу хьадисех Iелам-наха
къобал а дина, тешаллийна дало магийнарг а хьахош.
ШолгIа дакъа: ХьалагIаттар мегаш ца хилар хетадолуьйтуш долу
хьадисаш а дуьйцуш, кхетаман охIлу болчу Iелам-наха церах лаьцна делла жоп а
дуьйцуш.
Цу шинне а дакъана юкъайогIур ю цхьацца Iилманан бакъонаш а,
тоьлла пайданаш а.
Комаьрша волчу АллахIера гIо лоху ас сайна, Цуьнгара аьтту
а, нийсо а, нисвалар а доьху ас, Иза Шена луург дан ницкъ кхочуш ву, Шега
дехначунна жоп дала паргIато йолуш ву. Комаьрша волчу АллахIана ду сан
тIетовжар а, Цуьнан керахь бу сан болх а. Хастам а, баркалла а ду Цунна,
аьтту Цуьнгара а бу суна, гIалатах ларвар а Цуьнгара ду.
ХЬАЛХАРА ДАКЪА
ХьалагIатта мегаш хилар гойтуш долу хьадисаш а дуьйцуш,
Iелам-наха цунах лаьцна аьлларг а хьахош
Суна дийцина, имам а, Iелам-стаг а волчу, шен Iилманца Iамал еш
хилла волчу, дуьненах ларлуш хилла волчу Абу Iамр Мухьаммад бин Ахьмад бин
Мухьаммад бин КъудамахI Ал-Макъдисийн – Лекха хинволу АллахI реза
хуьлда цунна – кIанта Шейх Абу Мухьаммад Iабдуррахьмана – имам
хиларна а, веза хиларна а, лараме хиларна а тIехь массеран а барт хилла
волчу къедано – (цо аьлла): суна дийцина Абул-Iаббас Ахьмад бин
IабдуллахI бин Iабдуссамад бин Iабдурраззакъ Ас-Суламий Ал-БагIдадийс а, Абу
IабдуллахI Ал-Хьусайн бин Аби Бакр Ал-Мубарак бин Мухьаммад бин Йахьйа
Аз-Забидийс а (цаьршима аьлла): тхойшинна дийцина дикачу стага, дуьненах
ларлуш хилла волчу Шейха Абул-Вакът Iабдул-Аввал бин Iийса бин ШуIайб
Ас-Сиджзий Ас-Суфийс, (цо аьлла:) суна дийцира Шейх Абул-Хьасан Iабдуррахьман
бин Мухьаммад Ал-Музаффар Ад-Давудийс, (цо аьлла:) суна дийцина Абу Мухьаммад
IабдуллахI бин Ахьмад бин ХьаммувайхI Ал-Хьамавий Ас-Сарахсийс, (цо аьлла:)
суна дийцира Абу IабдуллахI Мухьаммад бин Юсуф бин МатIар Ал-Фарбарийс, (цо
аьлла): суна дийцира Имам Абу IабдуллахI Мухьаммад бин ИсмаIил
Ал-Бухарийс, (цо аьлла): суна дийцина Мухьаммад бин IарIарас, (цо
аьлла): суна дийцина ШуIбас, СаIд бин ИбрахIимера схьа, Абу Умамат бин СахIл
бин Хьанифера схьа, Абу СаIид Ал-Худрийгара схьа – Дела реза хуьлда цунна –
цхьа нах реза хиллера аьлла, СаIд бин МуIаза – лекха хинволу АллахI реза
хуьлда цунна – шайна дийр долчу хьукманна муьтIахь хила. ТIаккха иза хьавало
бахийтинера, тIаккха иза схьавеара лергаш дехачунна тIехь. Маьждигана улло
иза кхаьчначу хенахь, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –
элира (цаьрга): «ХьалагIовтта шайх уггар дикачунна – йа (цо элира)
– шайн элана».
[Оцу
хьадисал тIаьхьа Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – кхин а, шега
кхаччалц долу шен ши иснад далийна Бухарин некъаца уьзза хьадис дуьйцуш.
ТIаккха Муслимехула а, Абу Давудехула а, Насаийгахула а уьзза хьадис дуьйцуш
диъ иснад далийна. Цул тIаьхьа аьлла Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла
цунах –:]
И хьадис нийса хьадис ду, нийса хиларна тIехь барт
хилла хьадис ду, хIокху виъ Iелам-стага дийцина а ду – Бухарис а, Муслима а,
Абу Давуда а, Насаийс а – шайн жайнашкахь, ас хьахийна долчу иснадашца. Цул
совнаха, цу жайнаш тIехь долчу иснадашца дийцина ца Iаш, суна кхечу дуккха а
иснадашца хезза и хьадис, ткъа ас хьахийначуьнца цхьаьна уьш хьахо кхин
оьшуш дац.
ХьалагIатта магарна тешалла карийна Iелам-нахана –
мухьаддисашна а, факъихIашна а, уьш боцучарна а – оцу хьадисехь.
Цуьнца тешалла а деш иза магийначерах ву Абу Давуд - шен «Ас-Сунан» жайни
тIехь и хьадис дуьйцучу хенахь цо аьлла: «ХьалагIаттарх лаьцна деана долчу
хьадисийн дакъа». Цуьнца тешалла а деш иза магийначерах ву Имам Абул-Хьусайн
Муслим бин Ал-Хьадджадж Ал-Къушайрий а, Абу Наср Бишр бин Ал-Хьарис
Ал-Хьафи а, Абу Бакр бин Аби Iасим а, Имам Абу Сулайман Ал-ХаттIобий а,
таллам барца а, билгал даккхарца а имам хиларна тIехь массеран а барт хилла
волу ши имам Абу Бакр Ал-БайхIакъий а, Ал-ХатIиб Ал-БагIдадий а, кхин а Абу
Мухьаммад Ал-БагIавий а, Хьафиз Абу Муса Ал-АсбахIаний а, иштта кхин а,
багарбина вер воцуш болу.
Имам Хьафиз Абу Бакр Ал-БайхIакъийс а, Абу Муса
Ал-АсбахIанийс а дийцина шаьшшиннан иснадашца, Имам Абул Хьусайн Муслим бин Ал-Хьадджаджера схьа – «Ас-Сахьихь» жайна яздина волчу, Дала
къинхетам бойла цунах – цо аьлларг: «Цхьа стаг кхечунна хьалагIаттарх лаьцна
оцу хьадисал чIогIа нийса хьадис ца девза суна. И хьалагIаттар лерамана
дерг ду, вазвеш дерг дац».
Ас (Имам Нававийс) бах: Имам Муслима чIогIа хаза кхачаме
схьааьлла оцу шен доцца долчу дешнашца, вайна цу хаттарх лаьцна хаа лууш
дерг, Дала Шен къинхетам бойла-кх цунах, Дела реза а хуьлда-кх цунна.
Имам Абу Сулайман Ал-ХаттIобийс
а, Имам Абу Мухьаммад Ал-БагIавийс а – Дала къинхетам бойла цаьршиннах –
аьлла, шаьшшимма и Абу СаIидан хьадис дийцинчул тIаьхьа: «Цу хьадисо гойтуш
ду нийсо еш волчу паччахьана хьалагIаттар а, мутаIелам Iелам-стагана
хьалагIаттар а дика хIума (мустахьабб) хилар, иза вон хIума (макрухI) ца
хилар. Хьадисашкахь деана долу, дика доцу хьалагIаттар и дика сифаташ шеца
доцучунна хьалагIаттар ду. Хьадисехь деана долу Делан Элчанан – Делера
салават а, салам а хуьлда цунна – хIара дешнаш: «Шена хьалха адамаш
могIанашкахь дIахIитта лууш волчунна...»[1]
- цуьнан маьIна – иштта лууш волчо нахана «дIахIийтта» аьлла омру дар ду,
куралла а, вазвалар а бахьана долуш цо иза царна тIедожор ду».
КаIб бин Малика – Дела реза хуьлда цунна – тоба дарх лаьцна
дуьйцучу дехачу хьадисехь деана ду, цо аьлларг: «...ТIаккха со Делан Элча
волчу вахара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна. Со маьждиг чуваьлча,
цу чохь хиъна Iаш Делан Элча вара, шена гонах нах а болуш. ТIаккха суна
доьхьал хьалагIаьттира ТIалхьахI бин IубайдиллахI. Сихонца тIе а веъна,
соьга куьг а делла, со декъал вира цо. АллахIаца дуй буу ас, мухIажирунаш
юкъара иза воцург цхьа а хьала ца гIаьттира суна, ТIалхьас сайна дина и
(дика) хIума ас диц а дийр ма дац». ХIара хьадис нийса хиларна тIехь барт
хилла хьадис ду, Бухарис а, Муслима а дийцина а ду, дуккха а кхечу некъашца
(иснадашца) соьга къаьчна а ду, делахь а кхузахь уьш хьахор хьашт
доцу дела ца хьахадо ас.
Делах тешаш болчу нехан нана йолчу Iаишата – Дела реза
хуьлда цунна – аьлла: «Делан Элчанан йоьIехь ФатIиматехь санна Делан Элчанан
оьздангаллех а, гIиллакхах а тера оьздангалла
а, гIиллакх а долуш цхьа а гина вац суна – Делера салават а,
салам а Пайхамарна, Дела реза а хуьлда ФатIиматана. Пайхамар волчу иза
чуяьлча, Пайхамара хьала а гIоттий, цунна барт а боккхий, шен метте
охьахаайора иза. Пайхамар иза йолчу чуваьлча, цо а хьала а гIоттий, цунна
барт а боккхий, шен метте охьахаавора иза». ХIара нийса хьадис ду, хIокху
имамаша дийцина а ду: Абу Давуда а, Тирмизийс а, Насаийс а. Имам Тирмизийс
аьлла: «ХIара
дика (хьасан) хьадис ду». Цхьацца жайнашкахь
цо аьлла долу иштта дешнаш а ду: «ХIара хьадис
дика а, нийса а (хьасан сахьихь) ду». Ткъа
хIара хьадис вай дуьйцучу хаттарехь уггар кхетаме тешалла (далил) ду.
Iумар ибн Ас-Саиба дийцина, шега иштта хьадис кхаьчна аьлла:
«Цхьана дийнахь Делан Элча вара хиъна Iаш, тIаккха цунна тIевеара вакхоран
хьесапца цуьнан хилла да. Цо шен духаран цхьа дакъа бухадиллира цунна,
тIаккха иза охьахиира. ТIаккха цуьнан нана тIееара цунна, тIаккха цо иза шен
духаран шолгIа дакъа буха а диллина, шен шолгIачу агIор охьахаийра. ТIаккха
вакхоран хьесапца волу цуьнан ваша тIевеара цунна, тIаккха Делан Элчано –
Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хьала а гIаьттина, иза шена хьалха
охьахаийра». ХIара хьадис иштта ша ма-дарра Абу Давуда дийцина, «мурсал»
долуш, шен «Ассунан» жайни юкъара «ГIиллакх» цIе йолчу дакъана юкъахь.
Ибн ШихIаба дийцина: «Хьарисан йоI Умм Хьаким Абу ДжахIлан
кIентан Iикриматан зуда хилла. Макка йоккхучу дийнахь бусалба дин тIелаьцна
хилла цо, ткъа цуьнан майра Йемене ведда хилла бусалба дин тIе ца лоцуш. Умм
Хьаким Йемене яхана тIаккха, шен майра бусалба дине кхайкха, тIаккха цо
бусалба дин тIелаьцна. ТIаккха иза веана Делан Элча волчу – Делера салават а,
салам а хуьлда цунна. Делан Элчанна иза вогIуш гича хазахетта, цунна доьхьал
хьалаиккхина иза, ур-атталла дегIа тIе кхоьллина коч а йоцуш. ТIаккха
Iикриматас «байIат» дина цунна». ХIара хьадис иштта дийцина Имам
Малика, мурсал долуш. ХIара хьадис а, хIокухл хаьлха долу хьадис а, и
шиъ мурсал делахь а, хIокху хаттарехь тешаллийна дало мегар долуш ши
хьадис ду, хIунда аьлча дукхах болчу «фикъхIан» Iелам-наха аьлла:
«Мурсал хьадис тешаллийна дало мегаш ду». Имам ШафиIийс – Дала къинхетам
бойла цунах – аьлла: «Дукхах болчу хьадисан Iелам-наха ца магадо
иштта хьадис тешаллийна далор, нагахь санна иза бен кхин тешалла дацахь».
Кхин а аьлла Имам ШафиIийс – Дала къинхетам бойла цунах – хIара маьIна долу
дешнаш: «Нагахь санна мурсал хьадис кхечу некъаца «муснад» долуш
дийцина хилахь, йа мурсал долуш дийцина хилахь, цу хьадисехь дерг цхьаболчу
асхьабаша аьлла а хилахь а, йа дукхах болчу Iелам-наха аьлла а хилахь, и
хьадис тешалла хила мегар ду». Ткъа хIокху шина хьадисаца тешалла хила
мегар долу бахьанаш долуш ду: вай хьалха дийцина долу хьадисаш а, жимма
тIаьхьа вай дуьйцур долу Iелам-нехан дешнаш а. Ткъа, гIолий хууш верг лекха
хинволу АллахI ву.
Абу Давуда а, Насаийс а дийцина иштта хьадис: Абу ХIурайрас
– Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Пайхамара – Делера салават а, салам а
хуьлда цунна – тхоьга къамел дора, тIаккха иза хьалагIаьттича тхо а
хьалагIовттара, иза шен зударийн хIусамех цхьана хIусам чу воьдуш а гора
тхуна». ХIара хьадис дикачу хьадисех ду.
Зайдан кIанта Хьаммада дийцина: «Тхо Айуб волчахь а долуш,
иза волчу Юнус веара. Хьаммада элира тхоьга тIаккха: «ХьалагIовтта шайн
элана» - йа цо элира - «... вайн элана».
Хьанбалан кIантера Имам Ахьмадера схьа деана, иза волчу Абу
ИбрахIим Аз-ЗухIрий веана хиллера аьлла, цуьнга салам дала. Ахьмад, шена иза
гича, хьалагIаьттина хилла, цуьнан лерам бина хилла цо. Иза дIаваханчул
тIаьхьа, Имам Ахьмадан кIанта IабдуллахIа хаьттина цуьнга: «Сан дада! Абу
ИбрахIим жима стаг ву, ахь иштта и болх а би цунна, цунна хьала а гIаьтти
хьо!?» Имам Ахьмада аьлла: «ХIай сан кIант! И санна долчу хIуманна тIехь
суна дуьхьало ма йе. Iабдуррахьман ибн Iавфан кIантана хьалагIоттур вацара
со?»
Ас бах: и Абу ИбрахIим – цуьнан цIе иштта ю: Ахьмад ибн
Хьусайн ибн ИбрахIим ибн СаIд ибн ИбрахIим ибн Iабдуррахьман ибн Iавф – Дела
реза хуьлда царна.
Абу ХIишам Ар-РифаIийс аьлла: «ВакиI хьалагIаьттинера
Суфйанна, тIаккха Суфйана инкарло йира цунна иза шена хьалагIаттарна.
ТIаккха ВакиIа элира: «Со хьалагIаттарна инкарло йо ахь? Ахь айхьа ма
дийцина суна, Iумар ибн Дийнарера схьа, Ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цунна
– Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Бакъдолуш, къежвеллачу бусалба стеган лерам бар лекха хинволчу
АллахIаца лерам хилар ду». ТIаккха Суфйана цуьнан куьг схьа а лаьцна, шена
юххе охьахаийра иза».
Мухьаммад ибн Ас-Солта дийцина: «Бишр ибн Ал-Хьарис волчахь
вара со цкъа – Дела реза хуьлда цунна. Цхьана стага ван а веана салам делира
цуьнга. Бишр цунна хьалагIаьттира, тIаккха со а хьалагIаьттира, делахь а цо
ца гIаттайтира со. И стаг араваьлча, Бишрас соьга элира: «ХIай сан кIант! Ас
хьо хьала хIунда ца гIаттийра хаьий хьуна?» Ас элира: «ХIан-хIа». Цо элира:
«Шуьшиъ вовший вевзаш воцу дела, хьо хьалагIаттар со хьалагIаттар бахьана
долуш хир долу дела. Хьайн цхьа а дегIан меже цхьана АллахIа доьхьа бен
хьоьга меттах ца яккхийта лиира суна».
Ахьмадан кIанта Iабдул-Муъмина аьлла: «Абу ЗурIахI Ар-Розий
– Дала къинхетам бойла цунах – Ибн ВарахI воцучунна цхьанна а хьала а ца
гIоттура, йа иза воцург цхьа а шен метте охьа а ца хаавора цо. Суна гира цо
цуьнца иштта гIиллакх лоцуш».
Имам Абу Iабдуррахьман Ас-Суламийс аьлла шен «Накъосталлин
гIиллакхаш» цIе йолчу жайни тIехь: «Шен вежарий тIебогIуш шена гича хьала а
гIотту иза (гIиллакхе бусалба стаг), уьш охьаховшшалц охьа а ца хуу иза».
ТIаккха иштта байташ ялийна цо:
Тхайн ваша тхайна тIевогIуш гича,
Хевшинчара сихонца хьалагIовтту тхо.
Ма ала ахь - «ма гIовтта цунна» -,
Сий долчара вовший дика лерам бо.
Хьафиз Абу Мусас дийцина шен
иснадаца, Имам Абу СаIид Ан-Наккъоша аьлларг: «Баккъалла а болчу
къонахошна а, Iелам-нахана а ца деза цхьа стаг шайна хьалагIаттар, Делан
Элчанна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – иза ца дезна дела. Делахь
а, мегаш хIума ду нах вовшашна юкъахь хьалагIовттар».
ДАКЪА
Уьш дара хIинцца вайга гулделла долу хьадисаш а, имамийн
дешнаш а, хьалагIатта мегар хилар гойтуш долу. Церан жамI дича вайна го,
хьалагIаттар Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша шен
сийлахьчу дегIаца лелийна хилар а, ансарашна цо цуьнца омру дина
хилар а, шена а гуш цхьаъ хьалагIаьттича иза цунна тIетар а, асхьабийн
тобанаша – Дела реза хуьлда царна – иза тайп-тайпана меттигашкахь а,
хьолашкахь а лелийна хилар а. Цул совнаха, иза лелийна хилла ду хIокху
Iелам-наха а, шайн заманашкахь нехан имамаш хилла болчу, хьадисан Iилманца
а, фикъхI Iилманца а, зухIдаца а гIарабевлла хилла болчу. Уьш бу:
Абу Бакр Аййуб ибн Аби ТамимахI Ас-Сахтайаний
– сийлахь табиIий, гIараваьлла волу имам;
Абу Суфйан ВакиI ибн Ал-Джаррахь Ар-Руасий – шолгIа табиIий, массеран а барт хилла волу сийлахь
имам, Iилманийн да, дагахь Iаморан да, Iибадатан да;
Абу IабдуллахI Ахьмад бин Хьанбал Аш-Шайбаний
– гIараваьлла волу имам, имам хиларца а, сийлахь а, оьзда а хиларца а
массера а барт хилла волу Iелам-стаг, шен Iамалшна а, дешнашна а, хьолашна а
тIехь чIогIа тидам беш хилла волу Iелам-стаг;
Абу Наср Бишр ибн Ал-Хьарис Ал-Хьафи
– зухIдан да, захIид хилар тIехь а, оьзда хилар тIехь а
массера а барт хилла верг, шен хенан уггар воккха захIид а, уггар воккха
Iибадатан да а хилла верг; хьехо ца оьшуш девзаш ду, дийца ца оьшуш
гIарадаьлла ду иза иштта хилла хилар;
Абул-Хьусайн Муслим ибн Ал-Хьадджадж Ал-Къушайрий;
Абу ЗурIахI IубайдуллахI ибн Iабдил-Карим Ар-Розий;
Абу Давуд Сулайман ибн Ал-АшIас Ас-Сиджистаний
– и лакхара кхоъ шайн заманахь хьадис-Iилманан уггар баккхий имамаш хилла бу,
хьадис дагахь хаар цу хенахь цаьргахь а, кхин а цхьа кIеззиг болчу
Iелам-нахехь а уггар лекхара хилла ду. Иштта хилла ца Iаш, Абу ЗурIахI шен
заманахь уггар дукха хьадисаш дагахь хууш хилла ву, иза массарна девзаш а,
хууш а хIума ду;
Абу Сулайман Хьамад ибн Мухьаммад Ал-ХаттIобий –
массеран а бирт хилла бу иза имам хиларна тIехь а, Iилманийн да иза хиларна
тIехь а, таллам чIогIа бар тIехь а, бакъдерг лелош хилар тIехь а – и ша-дерг
хууш, девзаш хIума ду;
Абу Iабдуррахьман Мухьаммад ибн Ал-Хьусайн Ас-Суламий
– тасаввуф-Iилманан да, ШафиIийн мазхIабан Iелам-стаг,
имамаллин да. Имам хиларна тIехь а, Iилманаш дукха хиларна тIехь а, оьзда а,
захIид а хиларна тIехь а, билггал Iилма шеца хиларна тIехь а массера а барт
хилла верг;
Абу СаIид Ан-Наккъош – шен
заманан имамех цхьа имам а, шен хенахь къаьстина хиллачерах цхьаъ а ву иза;
Абу Мухьаммад Ал-Хьусайн ибн МасIуд Ал-БагIавий
– тафсиран Iилманехь а, хьадисан Iилманехь а шеко йоцуш хилла оьзда
имам;
Ши Абу Бакр – Ахьмад ибн Ал-Хьусайн Ал-БайхIакъий а,
Ахьмад ибн Iалий Ал-ХатIиб Ал-БагIдадий а – ши хьафиз, массери а барт
хилла бу и шиъ имам хилар тIехь а, цаьршинан сийлахьаллийна тIехь а,
хьадисан Iилма а, кхидолу Iилманаш а цаьршинна сов чIогIа девзаш хилла
хиларна тIехь а, цаьршинан Iилманаш кхачаме хилла хиларна тIехь а;
Абу Муса Мухьаммад ибн Iумар Ал-АсфахIаний
– шен заманан хьафизех цхьаъ ву иза, церах цхьаъ хилла ца Iаш уггар
сийлахьчу хьафизех ву иза, церан имамех цхьаъ ву иза, билггал Iилма а,
къастам бар а, таллам бар а чIогIа долуш хилла ву иза.
Лекха хинволу АллахI реза хуьлда царна массарна а, бусалба
нехан массо Iелам-нахана а. Дала вай а, уьш а гулдойла Шен сийлаллин
хIусамехь – ялсаманехь – Шен комаьршаллийца, Шен къинхетамца.
ДАКЪА
ШариIато вайна гойтуш ду, адамийн хIоранне а шен-шен лерам
бан безаш хилар а, дикачу бусалба нехан лерам бан безаш хилар а, баккхийчу
нехан а, оьздангаллин дайн а, Iилманан а, динан а дайн а сий дан дезар а,
Iилма Iамош болчаьрца кIеда-мерза хила везар а, церан дола дан дезар а,
дикаллин дайн а, кхетаман дайн а сий деш ларам бан безар а, бусалба нехан
хьаккъаш а,
бакъонаш а йазйеш, Iаламийн Эла реза хиларга догдохуш. Ткъа и
ша-дерг дан дезар вай хIинццалц схьа дийцинчунна тешалла а ду, бух а бу.
Нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа аьлла:
﴾АллахIа
хIиттийна долу дозанаш а, хьаккъаш а даздинарг – дика ду иза цунна цуьнан
Далла гергахь﴿
[Сурат "Алхьадж" 3I аят].
Кхин а аьлла лекха хинволчу АллахIа:
﴾АллахIан
билгалонаш лерамца йазйар – бакъдолуш иза – дегнаш Делах кхерарх ду﴿.
[Сурат "Алхьадж" 33 аят]
Iамир ибн ИбрахIима аьлла: «Абу Дардаа – Дела реза хуьлда
цунна – Iилма Iамош болу мутаIеламаш шена гича, алара: «Марша догIийла
мутаIеламаш!» Кхин а цо алара: «Бакъдолуш, Делан Элчано дикаллийца весет
дина шух лаьцна».
Абу Давуда дийцина, Абу Муса Ал-АшIарийс – Дела реза хуьлда
цунна – аьлларг: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –
аьлла: «Бакъдолуш, лекха хинволчу АллахIаца лерам хиларх ду къежвеллачу
бусалба стеган лерам бар а, Къуръан хууш волчуьнан лерам бар а – дозанал
тIех а ца волуш, дукха иза дIатесна а ца дуьтуш иза велахь – нийсо еш волчу
паччахьан лерам бар а».
Кхин а хIара хьадис а дийцина цо: «Тхан жимачух
къинхетам ца бинарг а, тхан воккхачуьнан хьакъ ца девзинарг а тхох вац».
Iамр ибн ШуIайба дийцина шен дегара схьа, цо а шен дегара
схьа – Дела реза хуьлда цунна – Делан Элчано – Делера салават а, салам а
хуьлда цунна – элира аьлла: «Вайн жимачух къинхетам ца бинарг а, вайн
воккхачуьнан сий ца девзинарг а вайх вац». Тирмизийс аьлла: «ХIара дика,
нийса хьадис ду». Ас бах: Имам Тирмизийс и хьадис нийса хилар билгалдина,
иза цо ма-аллара дан а ду!
Имам Тирмизийс дийцина, Ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цунна
– аьлларг: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:
«Вайн жимачух къинхетам беш ца хилларг а, вайн воккхачуьнан лерам беш ца
хилларг а, диканиг де а олуш, вониг ма де а олуш ца хилларг а вайх вац».
Абу Давуда а, Муслима а дийцина Iаишата – Дела реза хуьлда
цунна – аьлларг: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –
аьлла: «ХIора адаман лерам бе цуьнан дозалле хьажже».
Шейх Абу Мухьаммада дийцина суна – лекха хинволу АллахI-Дела
реза хуьлда цунна – шен иснадаца, Исхьакъ Аш-ШахIидийс аьлларг: «Суна гора
Йахьйа Ал-КъаттIон – Дала къинхетам бойла цунах – малхбуза ламаз деш. Ша
ламаз дина ваьлча иза дIатевжара шен маьждиган момсуран бух тIе. ТIаккха
цунна хьалха дIахIоттара Iалий ибн Ал-Мадийний а, Аш-Шазакуний а, Iамр бин
Iалий а, Ахьмад бин Хьанбал а, Йахьйа бин МаIин а, иштта кхиберш а. Цара
цуьнга хеттарш дора хьадисах лаьцна, шайн когаш тIехь дIахIиттина а болуш,
маьркIижа хан кхаччалц. Цо церах цхьаьнга а ца алара – «охьахаа» – уьш йа
ховша а ца ховшара, цуьнан лерам беш, цуьнан дозалла бахьана долуш».
Имам Абу Мухьаммад Ал-БагIавийс аьлла: «... кхин а мегаш ду
паччахьо а, цуьнан метта волчо а шайн коьртехь, шайна уллохь цхьа стаг
дIахIоттор, тIом болчу меттехь а, кхерам болчу хенахь а, хIунда аьлча
ШуIбатан кIант МугIирахI хилла – Дела реза хуьлда цунна – Хьудайбийатехь
тIом болчу дийнахь Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –
коьрта тIехула, цунна уллохь хIоьттина Iаш, шеца цхьаьна тур а долуш, коьрта
тIехь гIем а йолуш». ХIара Ал-БагIавийс – Дала къинхетам бойла цунах –
аьлларг Iелам-нехан барт хилла хIума ду, и хьадис а «Сахьихь» жайни тIехь
гIарадаьлла девзаш ду.
ШОЛГIА ДАКЪА
ХьалагIатта мегар ца хиларна тешаллийна далош долу хьадисаш
а,
Iелам-наха церан маьIна деш делла жоп а.
Оцу хьадисех ду, Анаса – Дела реза хуьлда цунна – дийцина
хьадис. Цо аьлла: «Делан Элчанал дукха асхьабашна везаш цхьа а вацара. Шайна
иза гича цунна хьала ца гIовттара уьш, цунна иза ца дезий хууш». Имам
Тирмизийс аьлла: «ХIара хьадис дика, нийса хьадис ду».
Кхин а оцу хьадисех ду, Абу Миджлаза дийцинарг: «Цкъа
МуIавийа – Дела реза хуьлда цунна – аравелира Ибн Аз-Зубайр а, Ибн Iамир а
волчу. Ибн Iамир хьалагIаьттира, Ибн Аз-Зубайр хиъна Iийра. ТIаккха МуIавийас
элира Ибн Iамире: «Охьахаа! Бакъдолуш, суна хезна Делан Элчано – Делера
салават а, салам а хуьлда цунна – олуш: «Нах шена дIахIиттина латта лууш
волчо жоьжахати чохь шена меттиг дIалоцийла». Иштта деана ду хIара хьадис
Абу Давудан жайни тIехь. Тирмизийс дийцинчу хьадисехь иштта деана иза:
«МуIавийа аравелира, тIаккха IабдуллахI ибн Аз-Зубайр а, Ибн Сафван а
хьалагIаьттира шаьшшинна иза гича. ТIаккха цо элира: «Охьахаа ший а! Суна
хезна Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – олуш: «Нах
шена дIахIиттина латтар дезаш волчо жоьжахати чохь шен меттиг дIалоцийла».
Тирмизийс аьлла: «ХIара дика хьадис ду», цу хьадисан декъана цо цIе
тоьхна: "Ца магор бахьана долуш, хьалагIаттар дика ца
хиларан дакъа".
Кхин а оцу хьадисех ду Абу Умамата – Дела реза хуьлда цунна
– дийцинарг: «Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –
аравелира цкъа, Iасана тIе а тийжаш, тхо хьалагIевттира цунна. ТIаккха
цо элира: «Шу хьала ма гIитта, бусалба боцурш вовший базбеш хьалагIуьттуш
санна». Абу Давуда дийцина иза.
Абу Муса Ал-АсбахIанийс – Дала къинхетам бойла цунах –
дийцина шен иснадаца, Абу Бакрата – Дела реза хуьлда цунна – аьлларг:
«Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Цхьа стаг
ша хиъна Iачура кхечунна хьала ма гIоттийла».
ХIорш ду вайга кхаьчна долу хьалагIаттар ца магон
хьадисаш.
Доьххьаралерачу хьадисах лаьцна Iелам-наха делла жоп шина
агIор ду:
Хьалхара жоп: Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда
цунна – чIогIа кхоьруш хилла ша шен асхьабаша а, церал тIаьхьа богIу болчара
а дукха тIех сов вазварх, цхьана кхечу хьадисехь цо ма-аллара: «Аш со дукха
тIех ваз веш хеста ма ве, керста-наха Марйаман воI Iийса дукха тIех вазвина
хесторе терра». Цундела цунна ца дезна уьш шена хьалагIиттар, делахь а уьш
вовший хьалагIиттар ца дезаш ца хилла цунна, муххале а царна цхьаболчарна ша
а хьалагIаьттина иза, цунна хьалха уьш а гIиттина кхечунна хьала, цо иза
мегар дац аьлла духа а ца тоьхна, муххале а тIечIагIдина, омру дина –
«гIовтта» - аьлла, СаIдана хьалагIовттарх лаьцна долчу хьадисехь деана
ма-дарра. И ша-дерг ас довзийтира доьххьарчу дакъана юкъахь. Ткъа хIара жоп
билгал, кхетаме жоп ду, жехIил стаг а, духьалаваьлларг а бен шех шек хир
воцуш.
ШолгIа жоп: Пайхамарна а – Делера салават а, салам а хуьлда
цунна – цуьнан асхьабашна а – Дела реза хуьлда царна – юккъехь кхоччуш
тIекаралла а, вовший дезар а, догцIеналла а хилла, хьалагIаттарца лерам бича
сов дала хIума доцуш. Цундела, царна юкъахь хьалагIаттаран бахьана ца хилла,
кхечарна юкъахь санна. Ткъа нагахь санна цераниг санна чIогIа юкъаметтиг
йолуш ши стаг нислахь, цаьршинна хьашт дац вовший хьалагIатта.
Амма шолгIа хьадис – дукхах болчу нахана марзделла и хьадис
тешаллийна далор. Цу хьадисах делла долу жоп масийтта агIор ду:
Уггар нийса а, хьалхара а, уггар дика а долу жоп – кхидолу
жоьпаш ца хьахийча а тоаме долу жоп – иза цу хьадисехь хьалагIатта ца
магарна тешалла ца хилар ду. Вуьшта аьлча, цу хьадисан дуьххьала дIа билггал
гуш долу маьIна кхидолу адамаш шена хьалагIиттар дезарх стаг вухатохар а
ду, и хIума дезачунна боккха кхерам балар а ду. Цу хьадисехь хьахош дац
хьалагIаттар мегаш хилар а, йа мегаш ца хилар а. Ткъа цу хьадисо гайтина
долу дуьххьала дIа долу маьIна массера а барт хилла ду, и маьIна: чу вогIуш
волчуьнан даг чохь нах шена хьагIовттар дезар мегаш ца хилар ду. Цундела, ца
магийна дерг хьалагIовттар дезар ду, ткъа иза иштта хилча, цул тIаьхьа цунна
тIехь дац хьалагIовттарга ца безам хилар а, йа иза дагадар а. Цунна иза
дагахь а доцуш нах цунна хьалагIовттахь а, ца гIовттахь а, цхьа а къа дац
цунна тIехь, бехк а бац цуьнга баккха.
Оцу хьадисан маьIна и вай хьахийнарг хилча, стагана хьарам
ду кхиберш шена хьалагIовттар дезар, нагахь санна цунна иза дезахь – хьарам
дерг дина цо шен дагца, нах цунна хьалагIевттинехь а, ца гIевттинехь а цхьа
а башхалла а йоцуш. Цу хьадисо гойтуш долчу хьарамаллин гуо дезар тIе
боьгIна бу, гIоттуш верг гIаттаро цунна беш цхьа а Iаткъам бац, йа гIатта
мегар дац аьлла а дац цхьанне агIор. Цундела, хьалагIаттар мегаш дац аьлла,
и хьадис тешаллийна далор нийса дац. Ткъа нагахь санна шегахь билггал Iилма
доцучо алахь: «ХьалагIоттуш верг хьалагIаттар хIара стаг мегаш доцучунна
чувожош долу бахьана ду, цуьнан дагчу хьарам хIума доуьйтуш долу бахьана ду»
- вай цуьнга ала догIу: - «ХIара нийса хаттар дац, иза деллачунна жоп дала а
оьшуш дац». Ткъа нагахь санна вай цунна пайденна жоп делча, вай цуьнга эр ду
хьалха аьлларг: «Мегаш доцучунна чувожар цуьнга безам хиларца доьзна ду,
цхьа а кхечу хIуманца доьзна дац».
ШолгIа жоп: билггал болчу имамаша, шаьш
сийлахьаллин дай хилар тIехь хьекъаллалин дайн барт хилла болчу имамаша делла жоп ду – Абу
Наср Бишр ибн Ал-Хьарис Ал-Хьафис а, Абу Сулайман Хьамад ибн Мухьаммад ибн
Сулайман Ал-ХаттIобийс а, Абу Мухьаммад Ал-Хьусайн ибн МасIуд Ал-БагIавийс а,
Абу Муса Мухьаммад ибн Iумар Ал-АсбахIанийс а – Дела реза хуьлда царна. Амма
Абу Наср (Ал-Хьафис) делла жоп: суна дийцина Шейх Такъиййуддина – лекха
хинволу АллахI реза хуьлда цунна – Абу Наср Бишр ибн Ал-Хьариса элира аьлла,
ша цунна хьалха хIара хьадис дешча: - «Цхьа а стаг вацара царна Делан
Элчанал – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дукха везаш...» - :
«Цунна ца дезна долу хьалагIаттар кураллийца доьзна дерг ду, вовший дезарца
доьзна долу хьалагIаттар дац, хIунда аьлча Делан Элча – Делера салават а,
салам а хуьлда цунна – хьалагIаьттина хилла Абу ДжахIлан кIантана
Iикриматана, кхин а ша вакхийна йолчу шен ненан майрачунна хьалха шен бедар
а тесна аьлла а хилла цо: - «ХьалагIовтта шайн элана дуьхьал» - кхин а аьлла
а хилла цо: - «Адамаш шена хьалха нисделла латтар дезначо...» - хьадисехь
деана ма-дарра. Цундела, хьо шена хьалагIаттар дезаш волчунна цхьанна а
хьала ма гIатта хьо». Иза ду Абу Насран къамел, амма Ал-ХаттIобийс а,
Ал-БагIавийс а аьлларг вай дийцира цаьршингара схьа вешан иснадаца,
цаьршимма аьлла хиллера аьлла: «И хьадис, нахана хьалагIаттарца омру деш,
кураллийца иза царна тIедожош волчуьнах лаьцна ду». Амма Абу Муса – цо
аьлла: «Оцу хьадисан маьIна цуьнан коьртехь нах латтар ду, паччахьашна
хьалха а, гонах а латтар санна». Ткъа хIара Iелам-нах шайн заманийн
Iилман-дай бу, цу хьадисан маьIна деш цхьатерра ду церан дешнаш, ас
ма-дийццара. Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
Амма кхоалгIа хьадис – Абу Умаматан хьадис – цуьнан жоп
билггалчу, дикачу шина агIор ду:
Цу шиннах цхьаъ шина имаман Абу Бакр ибн Аби Iасиман а, Абу
Муса Ал-АсбахIанийн а жоп ду. Иза иштта ду: и хьадис тешаллийна далор нийса
дац. Абу Бакра аьлла: «И билгал хьадис дац, иза дийцинарш бевзаш нах бац».
Ас бах: иза дийцинарш бевзаш нах ца хиларна тIекхета цуьнан маьIнаш
тайп-тайпана хилар, ткъа цу шина хIумнах цхьаъ и хьадис заьIап хилийта тоьаш
хилча, и шиъ ший а цхьаьнакхетта хилча муха хила деза иза?!
ШолгIа жоп: Оцу хьадисо ша гойтуш ду шена чохь долу маьIна
а, кхечу хьадисийн маьIна а: бехке верг а, къа латош верг а вазварца
хьалагIоттуш верг ву, цундела аьлла ду цу хьадисехь: - «Шу хьала ма гIитта,
кхиберш вовший базбеш хьалагIиттар санна» - ткъа и хIума шеко йоцуш вон
хIума ду. Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
Амма Абу Бакратан хьадис – цуьнан жоп а уьзза ши агIо йолуш
ду: и хьадис дийцина волу Мавла Али Аби БурдахI вевзаш вац. КхоалгIа агIо
хила а йогIу цуьнан жоьпана – иза цуьнан маьIна иштта хилар ю: хьо хьала ма
гIатта хьайн ламазан меттара а, хьехаме ладогIа хьой охьахиинчу меттара а,
иштта и санна йолчу меттигашкара а, хIунда аьлча ишттачу меттигашкахь
кхечунна шен меттиг дIайалар а, кхиниг шел хьалхаваккхар а дика доцу дела,
шен меттиг кхечунна дIа а елла, хьалха хиъна Iачура тIехьа валар а дика доцу
дела. Оцу кеппара, и санна йолчу дикачу Iамалшкахь кхиниг шел хьалхаваккхар
дика хIума дац, иза дика ца хилар вайн барт хилла хIума ду. Амма
юучунна-молучунна а, иштта уьш санна кхийолчу дуьненан марзонаш тIехь а,
дуьненан гIуллакхаш тIехь а кхиверг шел хьалхаваккхар а, кхечуьнан шел
хьалхе йар а дика хIума ду, дикачу нехан билгало а ю иза, сий долчу нехан а,
кхетаман дайн а гIиллакх а ду иза, цунах лаьцна
доьссина а ду АллахIан дош:
﴾...(кхиберш)
шайл хьалха боху цара, шайгахь чIогIо хьашт доллушехь﴿
[Сурат "Алхьашр" 9 аят].
Цаьршинна юкъара башхалла хIара ю: АллахIана герга вуьгуш
йолчу Iамалан хьакъ лекха хинволчу АллахIан хьакъ ду, цундела и хьакъ
тIаьхьататта мегаш дац. Амма юург-мерг а, и санна дерг а иштта дац, хIунда
аьлча цуьнан хьакъ цунах шех доьзна ду, цхьайолчу хенахь АллахIан хьакъ цу
юкъа догIуш делахь а, цуьнан пайда а, цуьнан Iалашо а адаме йоьрзуш ю. И
башхалла ас кхетош билгалйина шен тешаллашца а, цунна доьхьал догIучу
хаттарца а – валар герга дахча елла хIума яарца кхоллалуш долчу – цуьнан жоп
а, «Шархьул-МухIаззаб» жайни тIехь, «Тайаммум» дар дуьйцучу дакъана
чохь. Ткъа хIара вай хьахийнарг тоьар ду кхузахь долчунна. Ткъа дика хууш
верг АллахI ву.
Иштта хIара дара Сийлахь АллахIа суна хьахо атта динарг,
яздан а, гулдан а суна Цо гIо динарг. ХIара яздеш сан Iалашо яцара хIокху
хаттарна тешалла долу массо хIума схьагулдар, хIунда аьлча цу юкъахь нийса
доцург а, кхетаме тешалла доцург а дуккха а долу дела, ткъа и санна долчунна
тIехь хан яйъа ца оьшу, ас хьахийна долчуьнца тешош долу жоп хилча; цу тIехь
Далла хастам бо ас.
ХIара дакъа дIадерзор ду вай шина байтаца, бакъболчу имамаша
дерзоре терра. Абу Мусас – лекха хинволчу Дала къинхетам бойла цунах – аьлла
хилла шен цхьаболчу бевзачаьрга:
Со хьуна гIаттар – вайн Делор – хьакъ ма ду,
Хьакъ дитар нийсонца ца догIург а ма ду,
Хир вуй-те цхьа а, хьекъал дерг, кхетам берг,
Хьо шена гича ца гIоттуш хьуна.
(ЧАККХЕ)
ХIара жайна дIадерзор ду вай, бакъболчу имамийн Iадатца,
хьадисан Iилма Iаморан дозаллех а, иза Iамош болчеран дозаллех а лаьцна
долчу цхьацца хьехаме, тамашийна дийцаршца.
Суна дийцина Имам Абул-Бакъоъ Халид ибн Юсуф Ад-Димашкъийс,
шен хенахь хьадис дийцинарш бовзарца ша саннарг кхин хилла воцучу
Iелам-стага – лекха хинволчу АллахIа къинхетам бойла цунах – Ахьмад
Ал-Муродийс аьлла хиллера аьлла: «Абу ЗурIахI Ар-Розий гира суна гIенах –
лекха хинволу АллахI реза хуьлда цунна – ас цуьнга элира: «ХIай Абу ЗурIахI!
ХIун дина хьох АллахIа?» Цо элира: «Суна сайн Дела гира – нуьцкъала а,
сийлахь а ву Иза – Цо соьга элира: «Абу ЗурIахI! Бакъдолуш Ас цхьа бер Сайна
хьалха хIоттийча, омру а дой ялсамани дохуьйту; ткъа Сан лайшна суннаташ (хьадисаш)
дагахьIамош лардина волчунна хIун дийр дара Ас?! ДIалаца ялсаманехь хьайна
луъу меттиг!».
Кхин а аьлла хилла цо: «Суна гира Абу ЗурIахI кхин цкъа а гIенах, йоьалгIачу
стиглахь малийкашца ламаз деш волуш санна, тIаккха ас хаьттира цуьнга: «ХIай
Абу ЗурIахI! Малийкашца ламаз дар хIун бахьана долуш хилла хьан?» Цо жоп
делира: «Ши куьг хьалаайдар бахьана долуш».[2]
Хьафиз Абул-Бакъоа элира соьга: «Суна дийцира Хьафиз Абу
Мухьаммада, олуш: «Суна дийцира Абу ТIохIир Ас-Силафийс, олуш: «Суна дийцира
Абу Iалий Ал-Бурданийс, цо элира: «Суна хезира ХIаннад ибн ИбрахIим
Ан-Насафийс олуш: «Суна хезира Абу Исхьакъ ИброхIим ибн Мухьаммад ибн Ахьмад
Ал-КъаттIона олуш: «Суна хезира Абу IабдуллахI Iумар ибн Ахьмад ибн Исхьакъ
Ал-IаттIора олуш: «Суна хезира Абу IабдуллахI Мухьаммад ибн Муслим ибн
ВарахI Ар-Розийс олуш: «Абу ЗурIахI Ар-Розий вала герга вахана меттахь а
волуш, иза волчахь вара со а, Абу Хьатим Мухьаммад ибн Идрис Ар-Розий а. Ас
элира Абу Хьатиме: «Схьаволахь, цуьнга шахIадат даладайта хьожур
вайшиъ». Абу Хьатима элира: «Абу ЗурIатах иэхь хета суна цуьнга шахIадат
даладе ала, делахь а валохьа хьадис дуьйцур ду вайшимма, тIаккха иза хезча
дага да а мега цунна шахIадат». ТIаккха со дIаволавелира, олуш: «Суна
дийцина Мухьаммад ибн Башшара, олуш: «Суна дийцина Абу Iасим Ан-Набийла,
олуш: «Суна дийцина Iабдул-Хьамид ибн ДжаIфара...» - эццахь тасавелира со
хьадис тIехь, кхидIа дийца ца луш, суна иза цкъа а хаза а ца хезча санна, йа
ас иза цкъа а деша а ца дешча санна. Абу Хьатим дIаволавелира тIаккха, олуш:
«Суна дийцина Мухьаммад ибн Башшара, олуш: «Суна дийцина Абу Iасим
Ан-Набийла, Iабдул-Хьамид ибн ДжаIфарера схьа...» - тIаккха тасавелира иза
а, шена иза цкъа а хаза ца хезча санна, деша а ца дешча санна. ТIаккха Абу
ЗурIахI дIаволавелира, олуш: «Суна дийцина Мухьаммад ибн Башшара, олуш: «Суна
дийцина Абу Iасим Ан-Набийла, олуш: «Суна дийцина Iабдул-Хьамид ибн
ДжаIфара, Солихь ибн Аби Iарибера схьа, Касир ибн Мурратера схьа, МуIаз ибн
Джабалера схьа – лекха хинволу АллахI реза хуьлда цунна – Делан Элчано –
Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Шен тIаьххьара дешнаш
иштта хилларг: «ЛаилахIа иллаллахI»...» - эццахь са араделира цуьнан, «хI»
элп аьлла иза валарца, «ялсамане гIур ву» - аьлла долу дешнаш чекхдахале
хьалха. Иза дара ши бIе кхузткъе шолгIачу шарахь».
Имам Нававийс -
Дала къинхетам бойла цунах - аьлла: "Хастам бу АллахIана,
Цуьнан ниIматашна бан беззачул, Цо совдоккхуш
долчунна хила беззачул. Цуьнан салават а, салам а хуьлда вайн элана
Мухьаммадна а, кхечу пайхамаршна а, церан охIлунашна
а, асхьабашна а, массарна а.
Жайна чекхдели,
алхьамдулиллахI!
ХIара
жайна гулдина (яздина) со велира шоьта де чекхдолуш, Джумада Ал-Ула беттан
22 терахьца, 665 шарахь".
ЖАЙНИ ЮКЪАХЬ ДАЬХКИНЧУ ЦХЬАДОЛЧУ ДЕШНИЙН МАЬIНА ДАР
Ансараш – Пайхамар – Делера салават а, салам а
хуьлда цунна – Мединате хIижрат дича, иза тIе а лаьцна, цунна гIо дина болу
Мединатан бахархой.
БайIат - бусалба наха шайна хаьржина волчу мехкадена
муьтIахьаллийца чагIо яр.
Дика хьадис – (Iаьрбийн маттара цIе “хьасан”) нийса
хьадисал цхьа дарж лахара хьадис. Хьукманна лело а, дийца а мегаш ду хIара
тайпа хьадис.
ЗахIид – “ЗухIд” долуш верг.
ЗухIд – дуьненан дахарца йолу ойла кIеззиг бен ца
хилийтар, эхартан ойла а, Iамал а алсам хилийтар.
Имам – нах шена тIаьхьабозуш волу
Iелам-стаг, Iелам-нахана
юкъахь къаьсттина верг.
Иснад – хьадис дийцаран зIе.
Къеда – кхелахо, бусалба динца хьукм деш волу кхелахо.
МакрухI – ца дича дика долу хIума; ца дича мел а
болуш, дича къа а доцу хIума.
Мурсал - табиIийчо “Пайхамара – Делера салават а,
салам а хуьлда цунна – элира” аьлла дийцина долу хьадис, шаьшшинна юкъахь
волчу стеган цIе а ца йоккхуш.
Муснад - Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда
цунна – тIе кхаччалц зIе йолу хьадис.
Мустахьабб – дича дика долу хIума; дича мел а болуш,
ца дича къа а доцу хIума.
Мухьаддис – хьадисан Iелам-стаг, хьадисан
Iилманаш
девзаш верг, шен иснадаца хьадис кхечарна дIахьоьхуш верг.
Нийса хьадис – хьадис заьIап деш долчу бахьанех шеца
цхьаьна цхьа а бахьана доцу хьадис.
«Сахьихь» жайна – Имам Бухарин, я Имам Муслиман
хьадисан жайна – Дала къинхетам боила царшинах.
ТабиIий – асхьабаш – Дела реза хуьлда царна –
дIабевлча хилла долу чIор., асхьабаш ган а гина, цаьрца лелларш. (Кхин а
хьажа "ШолгIа табиIий")
Тайаммум – тема дар; ламаз эца таро йоцучо цуьнан
метта лаьттаца цIано яр.
Тасаввуф-Iилма – тасаввуф-Iилмане нийсачу маьIнийца
хьажча, цуьнан маьIна а, “зухIд” Iилманан маьIна а цхьаъ ду. Хьажа “зухIд”
дешан маьIне жимма лакхахь.
Тафсиран Iилма – Къуръанан маьIна дар
Iамош долу
Iилма.
Тешалла (далил) – бух, шена тIе доьгIна хьукм хила
тарлуш дерг.
ФакъихI – фикъхIан Iелам-стаг, хьанал-хьарам къасторан
Iилма (фикъхI) девзаш верг.
ФикъхI - Iибадат даран бакъонаш а, наха вовшашца лелош
йолчу юкъаметтиган бакъонаш а толлу Iилма, хьанал-хьарам довзуьйту Iилма.
Хьафиз – Iелам-наха шайн жайнашкахь “хьафиз” аьлча
царна лууш дерг: Iилманаш дагахь хаарехь къасттина хилла волу Iелам-стаг
билгалваккхар ду; тахана цу дашца девзаш долу маьIна: Къуръан дагахь хуург
ву.
ШафиIийн мазхIаб – Имам ШафиIийс – Дала къинхетам
бойла цунах – бусалба динан баххашкара хьукм даккхарна хIиттийначу
бакъонашна тIебоьгIна болу “фикъхIан” некъ.
ШахIадат – “Ас тешалла до АллахI воцург кхин Дела ца
хиларца, ас тешалла до Мухьаммад АллахIан элча хиларца” аьлла тешалла дар.
Шейх – Iелам-стаг, Iилманехь лаккхара дарже кхаьчнарг.
ШолгIа табиIий – “табиIий” чIурал лахара чIор.
|