Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Къинхетаме волчу АллахIан цIарца…

Иштта дIаболийра ас хIара жима болх…

Иштта дIадолийра ас доьххьара жайна а…

ХIара болх бан сой охIлу ву аьлла а ца хета суна, йа сайгахь кхоччуш говзалла ю аьлла а ца хета суна, делахь а…

Дукха хан яра хIокху гIулкхан ойланаш сан коьрте хьийза.

Доьххьара суна хIара болх бан безар дагадеара, Ибн Таймиййас – Дала къинхетам бойла цунах – яздина фатáвáш айса эцначул тIаьхьа, ас уьш сайн накъостана гайтича, «Да-виса, вайн маттахь делара хIорш» - аьлла цуьнан дагчура схьадаьлла дош сайна хезча. Баккъалла а дагчура схьадаьлла дош дара иза, Бусалба дин деза а дезаш, иза Iамо а, цуьнан марзо эца а йиш йоцучуьнгара схьадаьлла дош дара иза. Ткъа вайн олуш ду: «Даггара аьлла дош дагах кхетта».

Цул тIаьхьа, пхиъ-ялх шо хан йолуш, дуккха а бахьанаш гира суна и сайн дагчу хьийзарг тIаьххьара а дан дезар хиларна.

ТIаьххьара а, цхьана вайн къомах волчу меттан говзанчас яздина жайна доьшучу хенахь, цу тIехь вайн хьалхалера Iелам-нах а, вай долчахь хилла хьуьжарш а – цхьаерш таханлера институташ санна лара мегар йолуш хилла йолу – цара бина белхаш а сайна гича, кхечу пачхьалкхел а, кхечу къаьмнел а вай Iелам-нах – динан Iилманашкахь а, дуьненан Iилманашкахь а – тIаьхьабуьсуш хилла ца хилар сайна билггал хиъча…

ХIетахь цаьрга Iилман белхаш байтина болу синхаам хила а мега соьга доьххьара къолам кералацийтинарг.

Таханлерачу сихделла доьдучу дуьненахь вай а – нохчий – цхьа дакъа хила лаар хила а мега иза.

Цхьа юрт санна хилла дIахIоьттинчу хIокху дуьненахь, Иблисан лайш шайн кхетамаш а, ойланаш а яржош тIетаьIIина болх беш хилча, вайх хIоранне хIусам чу а, хIора доьзале а и кхетамаш ца кхочуш ца буьсуш хилча,  уггар хьалха сой а, тIаккха вайн кегий-нах а бусалба динна а, вайн къоман гIиллакхашна а гена бовлийта ца лаар хила а мега иза…

Iилма дезаран дика гIиллакх шайца долуш болчу нахе, дуьненахь а цIе яхана болчу хьалхалерачу Iелам-наха яздинарг царна довзийта лаар хила а мега иза …

ХIокху балхах цхьамма эцна а пайда эцча, цо диканиг дича, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ма-аллара, сайна а цунна санна мел хила лаар хила а мега иза…

ХIокху жимчу агIона тIехь хьуна карор ду ас гочдина долу цхьа масех жайна, уьш гочдан со Iеламча-м вац, йа говзалла а-м яц сан, делахь а, вайн маттахь кхин иштта белхаш хIинццалц дина доцу дела, дешначу стаге хатта таро йоцучунна а, шена хаархьама еша луучунна а пайда хир бацара-те аьлла яздина ас уьш.

Хьуна карор ду Бусалба динан кхетамех лаьцна жайна а, ФикъхI – ламаз, марха, закат, хьадж, нахана юкъахь йолу юкъаметтиг лелоран бакъонаш – юьйцу жайна а, Дела хьахорах лаьцна а, вирд даккхарх лаьцна а, доIа дарх лаьцна а жайна, хаза гIиллакхаш дуьйцу Делан Элчан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – къамел а, Бусалба динан баккхийчу Iелам-нахех лаьцна яздарш а, иштта кхин дерг а.

Ас дог доху, хIокху балхах бахьана а хилла, вайн дешначу наха – тIекхуьуш долу чIор делахь а, йа баккхийнаш белахь а – хIокху кепара долу белхаш алсам дахар, Iилман марзо вайн къома юкъахь яржайар, дуьненан а, эхартан а дикчу Iилманашкахь вай кхечарел хьалха довлар (тахана, йа кхана ца довлахь а, вайл тIаьхьа хир долу чIор даларе дог доху).

Бакъду, тIаьххьара хьоьга дан цхьа доккха дехар ду сан: хIара жайнаш деша а деше, нахана хьехам бан ца хIоттар доьху ас, йа адамаш нисдан а ца гIертар доьху ас, йа нахаца хIокху тIехь долчунца къийса а ца валар доьху ас, йа хIорш дешча ша Iелам-стаг ву а ца моттар доьху ас. ХIорш ас гочдаран бахьана и дац хьуна, коьрта кхетам а, юкъара хаам а хьан кхоллабалийтар ду хьуна, цул тIаьхьа йа Iелам-нахе хоттуш хьо хилийтар, йа кхин дIа а Бусалба динан Iилманаш а, дуьненан Iилманаш а Iамош хьо хилийтар ду хьуна.

Доккха баркалла ала лаьа суна, хIокху балха тIехь суна гIо мел-динчунна, цIерашца ас ца дийцича а, хIоранна а Дела реза хуьлда шуна, Дела доьхьа аш соьца къахьегарна.

 
Адама Султана Олхазар

_______________________________________________________________________

 

Коьрта агIо     Жайнийн цIерш