
Хьадис «Бакъдолуш, АллахI шун догIмашка а, шун куцошка а хьожуш вац, муххале а, шун дегнашка хьожуш ву». «Бакъдолуш, АллахIа дIаяздина диканаш а, вонаш а, тIаккха Шен Жайнахь билгал а дина Цо уьш. Ткъа цхьанна цхьа дика дан дага а деана, иза дар ца нисделлачунна АллахIа иза дIаяздийр ду Шена гергахь кхоччуш долу цхьа дика санна. Нагахь санна цхьанна цхьа дика дан дага деанчул тIаьхьа, цо и дика дахь, АллахIа иза дIаяздийр ду Шена гергахь иттанна тIера ворхI бIе диканна тIеккхаччалц санна дукха, йа кхин а дукха. Ткъа цхьанна цхьа вон хIума дан дагадеанчул тIаьхьа, цо иза ца дахь, АллахIа дIаяздийр ду иза Шена гергахь кхоччуш долу цхьа дика санна. ...». |
Видео: Деца дика хилар |
Нохчийн маттах лаьцна: |
|